Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элп ы яздар", (1-ра класс).

Предпросмотр материала:

89-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  элп ы  яздар».

1алашо: йозанан   элп   ы  довзийтар. И ша  а  , дешнашкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  элп  ы.  1емар ду  и  нийса  а ,хаза а дешнашкахь  яздан.Берашна хуур ду дешнаш дешдакъошка  декъа а.

 2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  хуур ду  шайн белхан план  х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду  вовшийн кхиамех  самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна  хуур ду  шайн кхиамаш бовза  , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.Берашна хуур ду  буха сиз хьакхарца 1амийна элп билгалдаккха.

·        Коммуникативни: берашна  1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина  я доцца жоьпаш дала. Хуур ду  шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

·      Познавательни:  Берийн алсамдер ду  ойлаяр , тидам  бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам.Берашна хуур ду  ы  элп оьрсийн маттера т1еэцначу дешнашкахь бен ца лелар ,элп  дашна юьххьехь яздеш ца хилар, цундела доккха элп ы ца хилар.Берашна  1емар ду  шайн ц1ахь дуьйна  дешаран  кхиамаш баха  ойла т1е а  ерзина , белхан кечам  а болуш хила.

3. Личностни:берашна хуур ду шайн могашаллина пайдениг ган , лело.. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·         Муьлха элп ду совнаха?

Ё,Щ,Ф,Ы.

-Хун ду  цу элпийн юкъара? (Уьш оьрсийн матера т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела).

-Муьлханиг ду  совнаха? (Ы).

-Х1унда ? (И вайна яздан ца хаьа).

·       Муьлха элп дайна?

Грозн…ый, в…шка, л…жанаш.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха элп дайна? (Ы).

-Муьлха   аз билгалдо Ы элпо? (Ы).

-Аз (Ы) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш  аша шаьшша  билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун  кхиамаш баха дагахь ду  шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана  девзар ду  йозанан  элп  ы . 1емар ду  и элп ша дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан элп ы довзийтар , яздар.

·        Йозанан элпаш ы довзийтар.

- Бераш , муьлха элп девзира вайна яханчу  урокехь? (ы).

-Схьагайта  шайгарчу элпаш юккъехь  зорбанан  элп ы.

-Хьанна девза  йозанан элп  ы? Схьагайта и.

-Доккханиг хуьлий элп ы? (Ца хуьлу).

-Элп ы доккханиг ца хуьлу, дешнашна юьххьехь и яз ца до.

- -Хьан делира дика жоьпаш?

·        Йозанан  элп   ы яздар.

(Хьехархочо  тептарш  т1ехь яздина хила деза элп ы. Уьн т1ехь а гойту элп  ы  муха яздан  деза).

Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е. Билгалонна беллачу мог1ане терра охьавог1у . Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш , хьаьвзаш хьалавоьду мог1анна  юккъе кхаччалц ,т1екъовлу элп . Кхузахь генна лакха  к1егарвоьду, лечкъарг юьллуш. Лечкъарга  т1ехула охьавог1у лахарчу белхан мог1анна  т1е кхаччалц , юьллу техкарг, цу т1ера д1а  тасалуриг.

  ы ы ы  ы ы ы ы ы ы ы ы ы ы ы ы ы ы ы ы ы ы ы ы ы Д1аязде и элпаш . Хазачу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Дешнашкахь  йозанан элп ы  яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Грозный , вышка, лыжаш.

-Д1адеша дешнаш. Маса дешдакъа ду ГРОЗНЫЙ дашехь? (Шиъ).

-Х1унда ду шиъ дешдакъа? (Шиъ  мукъа аз ду).

-Д1аязде дешнаш , ы элпана буха сиз хьакха.

5. Сада1аран миноташ.

Вай яздира, яздира,

Куьйган п1елгаш  к1адделира.

Вай жима садо1ур ду,

Т1аккха юха а яздийр ду.

 

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

·        ВЫШКА  дешан схема х1оттор.

-Муьлха элп ду  дуьйцург?

…элпан г1иллакх а довзийти аса,

Дешнашна хьалха и ма леха аша.

-Муьлха дешнаш  девза шуна  ы элпаца?(Вышка, лыжанаш,Грозный).

-Маса дешдакъа ду  ВЫШКА   дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?

-Муьлханиг ду хьалхара  аз ?(В).

-Аз (В) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а аз? (Ы).

-Аз(Ы)  мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду кхоалг1а  аз? (Ш).

-Аз (Ш) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).

-Муьлханиг ду доьалг1а аз? (К).

-Аз (К) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду пхоьалг1а  аз? (А).

-Аз (А) мукъа ду я  мукъаза ду? (Мукъа).

-Маса  аз ду  ВЫШКА дашехь? (Пхиъ).

-Маса элп ду? (Пхиъ).

-Маса  еък1ов хила еза вайн  схемин? (Пхиъ).

-Йилла  схема.

     Ц1

С

 

С

     Ц1

С

·        Предложени язъяр.

Уьн т1е язйо предложении.

      Вайн махкахь дуккха а вышканаш ю.Цара схьаузу лаьтта бухара  мехкадаьтта.

-Д1аеша предложенеш. Муьлханиг ду т1еэцна дош? (Вышка).

-Д1аязъе и предложенеш.

7. Жам1 дар.

-Чакхъяккха  сан ойла:

Вышка, Грозный, лыжанаш  дешнашкахь хеза  аз ..(ы).

Аз (ы) йозанехь билгалодо …(ы) элпаца.

Аз (ы)   лакхало, цундела иза  ду  ….(мукъа  аз).

Элп ы  ца хуьлу нохчийн дешнашкахь , хуьлу т1еэцначу ….(т1еэцначу) дешнашкахь.

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина шен  болх дика кхочуш?

-Кхана  а дуьйла шайн белхан план а х1оттаяй , и кхочушбан г1ирс а хилийта шайгахь.

 

 

Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элп ы яздар", (1-ра класс).

5

(1 оценка)

    DOCX

Файл будет скачан в формате:

    DOCX

Автор материала

Батарова Зулпа Алиевна

Учитель

  • На сайте: 9 лет и 9 месяцев
  • Всего просмотров: 841001
  • Подписчики: 6
  • Всего материалов: 159
  • 841001
    просмотров
  • 159
    материалов
  • 6
    подписчиков

Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна.
Инфоурок является информационным посредником. Всю ответственность за опубликованные материалы несут пользователи, загрузившие материал на сайт. Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете на материал.

ИИ для создания материалов

Создавайте материалы с ИИ

Если готовые материалы не подошли — помогут нейросети

Конспекты, тесты, презентации, рабочие листы и другие материалы по ФГОС — под ваш урок, класс и цели занятия за пару минут.

Попробовать бесплатно

Выберите инструмент

~120

Нейросети могут ошибаться. Обязательно проверяйте ответы.

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы: