Инфоурок География КонспектыКонспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Ч,ч яздар", (1-ра класс).

Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Ч,ч яздар", (1-ра класс).

Скачать материал

65-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  ч , Ч  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  ч , Ч  довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а ч , Ч1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан  рог1алла а  ларъеш йозанан корматалла  караерзо. Берашна  1емар ду  коллективехь эбала , болх бан.

·        Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду  шайна  хетарг маь1ница нийса  д1аала. Берийн кхуьур ю меттан  говзалла.

·      Познавательни:  берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду  аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн  алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу . Берашан   девзар ду  цхьаллин а дукхаллин а терахьаш.

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , дешар шайн дахарехь коьрта г1уллакх дина т1еберза. Берашна  1емар ду шайн  амалехь диканиг кхио .

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар: «Х1етал-металш».

Х1етал-метал хаийла хьуна:

 

Хьарг1а санна 1аьржа ю, ма1а ю - ша сту бац, ялх ког бу - бергаш яц?(Чхьаьвриг)

 

 «Б1у-у» боху - буг1а яц, латта охку -хьакха а яц? (Чхьаьвриг).

 

Экха а дац, олхазар а дац, мара цамза  санна бу? (Чуьрк).

 

Экха а дац, ч1ара а бац, олхазар а дац,и йийначо шен ц1ий 1анадо? (Чуьрк).

-Х1ун ю уьш? (Чхьаьвриг, чуьрк).

-Х1ун ду церан юкъара? (Оцу дешнашна юьххьехь хеза  аз (Ч)).

-Муьлхачу элпаца билгалдо и аз йозанехь? 

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш, тахана хьошалг1ахь  вай долчохь чайта1  ю. Цо деана шуна т1едахкарш. Цхьацца чайта1 схьаэца, цо д1аяздинчу т1едахкаршна юкъара  билгалдаккха  шайна кхочушдалур дерш. (Чайта1ан  суьртаца  д1аяздина хила деза т1едахкарш , бераша шайна кхочушдалун долчарна буха сиз хьакха деза). Х1ун  кхиамаш бохур бу аша?

-Бераш, вайна тахана  девзар ду  йозанан жима а , доккха а элпаш ч,Ч. Шуна 1емар ду  и элпаш хаза а , нийса а д1аяздан ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а. Вай х1иттор ю дешан схеманаш а.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш ч , Ч довзийтар , яздар.

·        Йозанан жима а , доккха а элпаш ч , Ч довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу  урокехь? (ч , Ч).

-Схьагайта  шайгарчу элпаш юккъехь  зорбанан  жима элп ч, доккха  элп Ч.

-Хьанна девза  йозанан жима элп  ч? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Ч ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду  я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду)

·        Фонетически зарядка.

Ц1ерпошт д1а муха йолало? («Чу-чу-чу»)

-Муьлха аз хеза ? (Ч).

-Аз (Ч) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

·        Йозанан  жима элп ч яздар.

 

(Хьехархочо  тептарш  т1ехь яздина хила деза элп ч. Уьн т1ехь а гойту элп  ч  муха яздан  деза).

-Т1адам буьллу  лакхарчу белхан мог1ане кхачале кхоалг1а дакъа дисинчохь, хьалавоьду билгалонна деллачу сизе терра  лакхарчу белхан мог1анна  т1е кхаччалц, кхузахь хьаьвзина  сиз дуьллу. Охьавог1у билгалонна деллачу сизе терра  белхан мог1ане кхаччалц. Кхузахь техкарг юьллу , цу т1ера тасалуриг юьллу.

ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч ч

-Д1аязде  и элпаш  .

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Дешдакъохкахь  элп  ч  яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту  йозанан  жима элп ч  муха хота деза кхечу элпех  дешнашкахь).

ча  чо чу чи че

-Хьан т1едузар дара дешдакъа ЧА? (Чай).

-Дешдакъа ЧО? (Чорпа).

-Дешдакъа ЧУ? (Чуда).

-Дешдакъа ЧЕ? (Чехка).

-Д1адеша дешдакъош. Д1аязде  уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехира аша?

·        Ловзар : «Цхьаъ-дуккха».

Бераш аса  йоккхур ю цхьана х1уманан  ц1е, аша  уьш дуккха хилча хиларе терра ала деза.

Ча- …(чарх).

Ча- …(черчий).

Човка-… (човкарчий).

Чада-…(чаданаш).

·        ЧА дешан схема х1оттор.

-Х1етал-метал хаьийла  шуна:

 

1ежаш, кхораш дуу цо,

Дукха деза цунна моз. -

Яц и 1ебаш мел диъча,

Ю и хьуьнах лела ...(Ча).

-Х1ун ю иза? (Ча).

-Маса дешдакъа ду ЧА дешан? (Цхьаъ).

-Муьлханиг ду хьалхара  аз ? (Ч).

-Аз (Ч) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а  аз? (А).

-Аз (А)  мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Маса  аз ду ЧА дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов хила еза схемин?

            Ц1

С

-Х1отта е схема.

 

 

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

Чхьаьвриг

Бос сийначу бацалахь,

Можачу цу зезаг т1ехь,

Къорза коч а юьйхина,

Хаза чхьаьвриг, жима чхьаьвриг

Т1емаяьлла лелара.

- Жу-жу-жу, жу-жу-жу

Зезаг ашт1ехь со ловзу.

Махца тайна ю со лесташ,

Цуьнца цхьаьна д1асалесташ.

(Бераш д1асатехка).

Суна карий зезаг т1ехь

Йоккха 1аьржа чхьаьвриг.

Карахь латто ца лаьа,

Кисна юьллу ас иза. (Бераша гойту)

Ой, охьаюьйжи, лаьтта юьйжи,

(Охьатаь1а)

Ченех юзуш сан чхьаьвриг.

Т1емаяьлла д1аяха, д1аяха,

Т1емашлестош, генна д1а.

(Куьйгаш лестадо).

6. Йозанан жима элп ч дешнашкахь яздар.

·        Дешнашкахь  йозанан жима элп ч яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Дечиг , эчиг , ча , чада, чамда, чилла.

-Маса дешдакъа ду  ЧАМДА  дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (Чам).

-Шолг1аниг? (Да).

(Иштта толлу важа дешнаш).

-Муьлха дош ду  совнаха? (Ча).

-Х1унда ду  и дош совнаха? (Иза цхьана дешдекъах  лаьтта).

-Д1аязде и дешнаш шайн тептарш  т1е дешдакъошка а доькъуш.

·        Ц1енааларш.

Ча-ча-ча - моз дууш ю йоккха ча.

Чо-чо-чо - суна девза хинан гечо.

Ач-ач-ач - аса кхоллу мерза хьач.

7.Жам1 дар.

·        Ч  элпах лаьцна байт 1амор.

Шу бакъ ма ду,

Дера ду:

Ч деаннах тера ду.

Вайн элпаш а, терахьаш

Иэ ма делаш, варийлаш.

-Муьлха элп ду  дуьйцург? (Ч).

-Ч элпо  муьлха  аз билгалдо? (Ч).

-Аз (Ч)  мукъа ду  я мукъаза  ду?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

 

66-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  ч , Ч  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  ч , Ч  довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а ч , Ч1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан  рог1алла а  ларъеш йозанан корматалла  караерзо. Берашна  1емар ду  коллективехь эбала , болх бан.

·        Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду  шайна  хетарг маь1ница нийса  д1аала. Берийн кхуьур ю етан  говзалла.

·      Познавательни:  берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду  аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн  алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу . Берашан   девзар ду  цхьаллин а дукхаллин а терахьаш.

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , дешар шайн дахарехь коьрта г1уллакх дина т1еберза. Берашна  1емар ду шайн  амалехь диканиг кхио .

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар : «Х1етал-металш».

Дирша етт, шуьйра хьаж, готтий б1аьргаш,

бажаюккъахь ца бежа, кара а ца бог1у? (Ча)

 

Коьрта т1ехь нуьйда ю, мера чохь - цаца,

цхьа куьг ду, иза а - букъ т1ехь? (Чайник)

 

Ч1ара хи чохь бу, ц1ога - лаьтта т1ехь? (Чами)

Аса боху «пуф - пуф - пуф»

кхин йохъяла к1ордийна.

Heгlap зевне декаш ду:

Мала чай, хи кхихкина. (Чайник)

 

Буйнал бен яц - ц1а серла доккху? (Чиркх)

Гома, стаммий, баккхий когаш...

Лелайо т1ехь месал кетар.

Къилба седан полюсехь

Цо и к1айниг лелайо.

 

Г1алит1ахь хьо вахнехь цирке,

Хир ю хьуна гина иза.

Буьрка ловзош, г1удалкх хоьхкуш,

Вайна хетац и ирча.

Кхузахь юьйцуш ерг ю.... (Ча)

-Х1ун ю уьш? (Чиркх , чайник ,ча, чами).

-Х1ун ду церан юкъара? (Царна  массарна а юьххьхь  аз (Ч) хеза).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Ч)  йозанехь? 

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш, тахана хьошалг1ахь  вай долчохь човка  ю.Човка иза хаза олхазар ду. Цо деана шуна т1едахкарш. Цхьацца човка схьаэца, цо д1аяздинчу т1едахкаршна юкъара  билгалдаккха  шайна кхочушдалур дерш. (Човканан  суьртаца  д1аяздина хила деза т1едахкарш , бераша шайна кхочушдалун долчарна буха сиз хьакха деза). Х1ун  кхиамаш бохур бу аша?

-Бераш, вайна тахана  девзар ду  йозанан жима а , доккха а элпаш ч,Ч. Шуна 1емар ду  и элпаш хаза а , нийса а д1аяздан ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а. Вай х1иттор ю дешан схеманаш а.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш ч , Ч яздар.

·        Йозанан жима элпаш ч яздар.

(Хьехархочо тептарш  т1е д1аязбина  хила беза  мог1анаш).

·         Йозанан доккха элпаш Ч яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха яздан деза  йозанан доккха элп Ч).

-Тадам буьллу лакхарчу  белхан мог1анна т1е, билгалонна деллачу сизе терра гу буьллу, охьавог1у  лакхарчу белхан мог1анна т1е, юха а хьала а воьдуш гу буьллу. Охьавог1у лечкхарг т1ехула . Лахарчу белхан мог1анна  т1е кхочуш техкарг юьллу , цу т1ера д1а  тасалуриг юьллу.

ЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧЧ

-Д1аязде элп  Ч  тептарш  т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Йозанан доккха элп Ч  дешдакъошкахь яздан 1амор.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту   йозанан доккха элп  Ч дешдакъошкахь муха хотта  деза).

Ча Чо Чу Чи Че

-Д1адеша  и дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

5. Сада1аран  миноташ.    

6. 1амийнарг  т1еч1аг1дар.

·        Дешнашкахь  йозанан жима а , доккха  а элпаш  ч, Ч яздар.

Чамда, Леча , коч , хеча.

-Муьлха дош  яздина даккхийчу  элпашца? Х1унда?

-Маса дешдакъа  ду  ХЕЧА дешан? Муьлханиг  ду хьалхара? Шолг1а ? (Иштта  толлу  важа дешнаш).

-Д1аязде дешнаш дешдакъошка а доькъуш.

-Х1ун кхиамаш бехира аша?

·        Гергара  дешнаш таллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Пондар-

Вота-

Зурма-

-Мила ву пондар локхуш верг? (Пондарча)

-Мила ву  вота  тухуш верг? (Вотанча).

-Мила ву  зурма локхуш вверг? (Зурманча).

-Д1аязде и дешнаш. Муьлханаг ду  ПОНДАР-ПОНДАРЧА дешнашкахь  юкъара  дакъа? (Пондар).

·        Самукъане байт.

-Бераш , яах1ума шена оьшучул совнаха йиъча х1ун хуьлу? Х1инца хуур ду  шуна  чайта1ана  хилларг.

                   Чайта1

Миска чайта1 цомгаш хилла,

Дукха моз цо хьалха диъна.

Йоьлху чайта1, мохь хьоькху: -

Яла йоллу, чуо лозу.

 

Хьег1а чайта1, б1аьрхиш 1енош

Чуо лозуш ю и, ца туьйш:

Б1аьрмецигчу чайта1о

Комаршйиъна ца 1ебаш.

 

-Мегар дуй совнаха  х1ума яа? Х1ун хила чайта1ана? Шуна хиллий ишттаниг?

·        ЧАЙТА1  дешан  схема х1оттор.

-Маса  дешдакъа  ду  ЧАЙТА1 дешан? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?

-Муьлха аз ду хьалхара? (Ч).

-Аз (Ч)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлха аз ду  шолг1а? (А).

-Аз (А)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлха аз ду кхоалг1а? (Й).

-Аз (Й)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлха аз ду доьалг1а? (Т).

-Аз (Т)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлха аз ду  пхоьалг1а? (А).

-Аз (А)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлха аз ду йохалг1а? (1).

-Аз (1)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду ЧАЙТА1дашехь? Маса элп ду?

-Маса еък1ов хила еза  схемин? (Ялх).

-Муьлханаш ду аьзнийн цхьанаэдаларш? (Ча, та).

-Муха билгалдоху уьш  схеми т1ехь? (Ши бос болчу  еък1овшца).

    Ц1

С

 

С

     Ц1

С

 

С

 

-Караде оцу схемина  кхин а  дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Чакхъяккха  сан ойла:

Ча , чайта1, чарх  дешнашкахь хеза аз ….(Ч).

-Аз (Ч)  ца лакхало , цундела иза  ду  …(мукъаза).

-Аз (Ч) йозанехь билгалдо жима  , доккха а элпашца..( ч , Ч).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Ч,ч яздар", (1-ра класс)."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Системный аналитик

Получите профессию

Няня

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 656 299 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 1225
    • DOCX 32.9 кбайт
    • 141 скачивание
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 7 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 660315
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

HR-менеджер

Специалист по управлению персоналом (HR- менеджер)

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Организация проектно-исследовательской деятельности в ходе изучения географии в условиях реализации ФГОС

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 38 человек из 25 регионов
  • Этот курс уже прошли 430 человек

Курс повышения квалификации

Актуальные вопросы методики преподавания географии в условиях реализации ФГОС

72 ч.

2200 руб. 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 66 человек из 42 регионов
  • Этот курс уже прошли 245 человек

Курс профессиональной переподготовки

География: теория и методика преподавания в образовательной организации

Учитель географии

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3950 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 982 человека из 81 региона
  • Этот курс уже прошли 3 371 человек

Мини-курс

Музыкальная культура: от истории до современности

10 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Эмоциональная связь между родителями и детьми

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 45 человек из 28 регионов
  • Этот курс уже прошли 17 человек

Мини-курс

Стратегии антикризисных коммуникаций и управление репутацией в современном бизнесе

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе