Инфоурок География КонспектыКонспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Ч1,ч1 яздар", (1-ра класс).

Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Ч1,ч1 яздар", (1-ра класс).

Скачать материал
библиотека
материалов

67-г1а урок.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш ч1 , Ч1 яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш ч1 , Ч1 довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а ч1 , Ч1 . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала , болх бан.

  • Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берийн кхуьур ю меттан говзалла.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу . Берашан девзар ду цхьаллин а дукхаллин а терахьаш.

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , дешар шайн дахарехь коьрта г1уллакх дина т1еберза. Берашна 1емар ду шайн амалехь диканиг кхио .

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар: “Дош кагделла».

-Бераш , аса шуна довзийта яздинера адамашна уггаре а дика хила олхазар. Вай дукхачунна декхарийлахь ду оцу олхазарна.

ДИГ Ч1Е Г1АР

-Муьлха олхазар ду иза? (Ч1ег1ардиг).

-Х1ун хаьа шуна ч1ег1ардигах лаьцна?

Бумбарий, ч1ег1ардиггий

Дукхе-дукха зама хьалха ч1ог1а ши доттаг1 хилла, боху, 1аьржачхьаьвриггии, текхарггии. Шен ямарт ойла дагаеанчу текхаргоомра дина чхьаьвригна: «Хьада яло, са мел долчу х1уманан:ч1еран, ч1обан, ч1евнен, ч!ег1аган, ч1ег1ардиган, кхийолчийн ц1ий молуш чекх а ялий, хьенаниг мерза ду хьажий, йола». Цо бохург кхочушдан ч1аг1о йина чхьаьвриг, бежанашна, олхазаршна, акхарошна юнаш етташ, церан ц1ий муьйлуш чекхъяьлла.Массо ч1ажашкахула а хьаьжна, эххар а адамана а тоьхна. Массерачул а мерза хетта цунна адаман ц1ий. Йоккхаеш, текхаргна кхаъ бохьуш йог1уш хилла иза, диц ца далийта, хаддаза багахьАдаман ц1ий мерза ду!» - бохуш.Мичара дели ца хууш, деана дуьхьалъиккхина ч1ег1ардиг

-Ванах, ма хаза йиш ю ахьа лоькхург! Суна а 1амаехьа иза, -дехар дина цуьнга ч1ег1ардиго.

- Йиш яц, сиха ю со! - жоп делла 1аьржачу чхьаьвриго.

- Вайша т1ома даьлла доьддушехь, ахь хьайн маттах мотт 1оттийтича, 1емар яра суна, - аьлла, хьасталуш дехар дина ч1ег1ардиго.

- Х1ан, - аьлла, мотт арабаьккхина чхьаьвриго.

Ч1ег1ардиго з1ок тоьхна, и мотт схьабаьккхина цуьнан.Кхелли т1ехь йижина 1уьллучу текхаргана т1екхаьчча, «бу-м,б-у-м» бохуш, х1умма а дийца ца луш, йисина чхьаьвриг. Цо текхарге х1ун дуьйцу хьажа т1аьхьадахна ч1ег1ардиг. Ч1ег1ардиг т1ехула хьаьвзича, шена вон болх бинарг и дуй хаийтина чхьаьвриго текхаргана.

- Со т1екхочехь хьан бен буьтур бац аса, - аьлла, чаг1о йина оьг1азъяханчу текхарго.

- Хьан мостаг1чун коьртехь бен бийр бац аса сайн бен, -жоп луш, д1адаха чухахкаделла ч1ег1ардиг. Цунах кхераелла, «бу-м» аьлла яхана кхеллех йоьлла чхьаьвриг. Х1етахь дуьйна «Бумбари» олу, боху, цу чхьаьвригах, х1етахь дуьйна ч1ег1ардигах кхоьруш, кхелли юккъехь ехаш ю и х1инца а. Ткъа ч1ег1ардиг адам дехачохь бен ца деха.

(Халкъан хабар)

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш, тахана вайгара г1о оьшуш деана ч1ег1ардиг. Текхарго схьалецна цуьнан к1орнеш . Схьа ца ло уьш цо , ша юур ю бохуш. Вайн таро ю цунна г1о дан. Хьекъало моссо а х1ума эшадо. Ворх1 ломал дехьахь 1аьржа –хожа ву , цуьнан ду дашо тур , и тур гича текхарг лийр ю. 1аьржа –хижа реза ву вайна г1о дахь . Амма цо и г1о шеен цхьацца декхарш кхочушдича бен дийр дац вайна. Шу реза дуй цуьнан декхарш кхочушдан. Цунна ч1ог1а дукхадеза дика доьшуш долу бераш. Вай мА ду дика доьшуш дуй? Цо т1едахкарш даийтина уьйриган суьрташ чохь. Аша мосса т1едилларна уьйригаш бахахь , вайга цо тур лур ду , и тур гича текхарг кхераелла лийр ю , вай к1орнеш схьадохур ду.Цхьацца сурт схьа а оьцуш , билгалбаккха вай таханлера болх. Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш ч1 , Ч1 . 1емар ду нийса а , хаза а элпаш ч1 , Ч1 ша-ша , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш ч1 , Ч1 довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш ч1 , Ч1 довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу урокехь? (ч1 , Ч1).

-Схьагайта шайгарчу элпаш юккъехь зорбанан жима элп ч1, доккха элп Ч1.

-Хьанна девза йозанан жима элп ч1? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Ч1 ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду).

-Маса хьаьрках пайдаэцна элп Ч1 яздеш? (Шина).

-Муьлханаш ю уьш? (Ч, 1).

-Элп (Ч1) цхьалха ду , я шалха ду? (Шалха).

-Хьан делира дика жоьпаш? Хьан бехи дашо уьйригаш?

  • Фонетически зарядка.

Хьозано йиш муха локху? («Ч1ир-ч1ир-ч1ир»)

-Муьлха аз хеза ? (Ч1).

-Аз (Ч1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

  • Йозанан жима элп ч1 яздар.

(Хьехархочо тептарш т1ехь яздина хила деза элп ч1. Уьн т1ехь а гойту элп ч1 муха яздан деза).

ч1 ч1 ч1 ч1 ч1 ч1 ч1 ч1 ч1 ч1 ч1 ч1

-Д1аязде и элпаш .Хазачу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан баьккхи дашо уьйриг?

  • Ч1ЕГАРДИГ дешан схема х1оттор.

-Бераш х1иналера т1едиллар 1аьржа –хожас х1етал-металшкахь даийтина вайна. Шуна кхочушдалур дуй иза?

Х1етал-метал хаьийла шуна:

Куьйгаш а дац, бел а яц, поппарх х1усам йо? (Ч1ег1ардиг)

Юхьалха ю, уьйриг юккъехь бу, ту кар т1ехьа? (Ч1ег1ардиг)



-Х1ун ю иза?( Ч1егардиг)

-Вай х1отто еза Ч1ЕГ1АРДИГ дешан схема. Маса дешдакъа ду Ч1ЕГ1АРДИГ дешан? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а? Кхоалг1а?

-Муьлханиг ду хьалхара аз ? (Ч1).

-Аз (Ч1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а аз? (Э).

-Аз (Э) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду кхоалг1а аз ? (Г1).

-Аз (Г1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду доьалг1а аз? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду пхоьалг1а аз ? (Р).

-Аз (Р) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду йолхалг1а аз? (Д).

-Аз (Д) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду ворх1алг1а аз ? (И).

-Аз (И) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду Борх1алхалг1а аз? (Г).

-Аз (Г) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов хила еза схемин?

-Х1отта е схема.(Доски т1ехь х1отта йо).

Ц1

С

Ц1

С


С

Ц1

С


С

-Хьан би уггара дика болх? Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Х1инца вай 1аьржа-хожа волу кхача дукха меттиг ца йисна. Цундела садо1ур ду вай.

5. Сада1аран миноташ.

Ч1ерий

Хи йистехь ду,

Диттду даьлла.

Хина цошен 1индаг1 делла.

Боккхур бу ас

Цунах сара,

Ловза баккха

Хи чуьра ч1ара.

Мекхаш хьийзош,

Сеттош дайн,

Маса хьийза

Ч1ара ...(яй).

6. Йозанан жима элп ч1 дешнашкахь , дешдакъошкахь яздар.


  • Дешдакъошкахь йозанан жима элп ч1 яздар.


-Бераш , х1ара т1едиллар дика кхочушдан дезаш ду вай. Цкъа хьалха д1адеша дешдакъош.


ч1а ч1о ч1у ч1и ч1е

-Хьан карор дара дешдакъа Ч1А хьалхахь долуш дош? (Ч1ара).

-Хьан карор дара дешдакъа Ч1О хьалхахь долуш дош?(Ч1ог1а).

-Хьан карор дара дешдакъа Ч1У хьалхахь долуш дош?(Ч1урам).

-Хьан карор дара дешдакъа Ч1Е хьалхахь долуш дош?(Ч1еш).

-Дика кхочуш ди аша и т1едиллар. Д1аязде и дешдакъош.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Дешнашкахь йозанан жима элп ч1 яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

-Юха а новкъадовлу вай дашо тур дан. 1аьржачу -хожина хазахета хаза яздина йоза. Цундела цо т1едиллина шуна дешдакхош нийса яздар. Кхочуш хьаьнга далур ду вайга?

Ча , ч1ара , ч1аба, ч1еш , ч1ениг, к1ажар.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха дош ду совнаха? (К1ажар).

-Х1унда ду и дош совнаха? (Цунна хьалхахь ду элп к1, вайна иза яздан ца хаьа).

-Хьан эр дара К1АЖАР , кхечу дашца муха олу? (Ч1аба).

-Д1аязде и дешнаш. Ч1 элпана буха сиз хьакха.

-Хьан яздина гуттара хаза? Хьанна бог1у дашо уьйрагаш?

-Дика ларош ду шу-м.

7. Жам1 дар.

-Муьлха элпдевзи вайна? (Ч1).

-Ч1 элпо муьлха аз билгалдо? (Ч1).

-Аз (Ч1) мукъа ду я мукъаза ду?

8. Рефлекси.

-Бераш схьакхечи вай 1аьржа –хожа волчу. Х1инца схьадийца х1ораммо аша муьлхачо дика кхочуш дина цо т1едиллина г1уллакх? Х1ун кхиамаш бехи аша?

67-г1а урок.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш ч1 , Ч1 яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш ч1 , Ч1 кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а ч1 , Ч1 . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала , болх бан.

  • Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берийн кхуьур ю метан говзалла.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу . Берашан девзар ду цхьаллин а дукхаллин а терахьаш.

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , дешар шайн дахарехь коьрта г1уллакх дина т1еберза. Берашна 1емар ду шайн амалехь диканиг кхио .

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар: «Х1етал-метарш».

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Когаш а бац, т1емаш ду, хьоза сана бодуш бац? (Ч1ара)


Мотт бу, къамел ца до,т1емашду, т1ема ца болу? (Ч1ара)


Ц1ога ду - экха дац, пелагаш ду - хьоза дац? (Ч1ара)


Ю хьалха ю, уьйриг юккъехь бу, ту кар -т1ехьа? (Ч1ег1ардиг)


Б1ог1ам санна лаьтта, ц1е летта богу:йовхо ло, чим ца буьту? (Ч1урам)


Юьхь а, чаккхе а йоцург? (Ч1уг)

-Х1ун ю юьйцурш? (Ч1уг, ч1ара, ч1ег1ардиг , ч1урам).

-Х1ун ду церан юкъара? (Царна юьххьехь хеза аз (Ч1).

-Кхин муьлхачу дешнашна юьххьехь ду аз (Ч1)? (Ч1аг1о, ч1ениг).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Ч1) йозанехь? (Ч1 ч1).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вайн таханлера т1едахкарш ду кхораш чу яздина . Х1ораммо шена балур болу болх схьа а оьцуш , дийца , х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Вайна тахана кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш ч1 , Ч1 . 1емар ду нийса а , хаза а элпаш ч1 , Ч1 ша-ша , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш ч1 , Ч 1яздар.

  • Йозанан жима элпаш ч1 яздар.

(Хьехархочо тептарш т1е д1аязбина хила беза мог1анаш).

  • Йозанан доккха элпаш Ч1 яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха яздан деза йозанан доккха элп Ч1).

Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 Ч1

-Д1аязде элп Ч 1 тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Йозанан доккха элп Ч1 дешдакъошкахь яздан 1амор.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту йозанан доккха элп Ч1 дешдакъошкахь муха хотта деза).

Ч1а Ч1о Ч1у Ч1и Ч1е

-Д1адеша и дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Дешнашкахь йозанан жима а , доккха а элпаш ч1, Ч1 яздар.

Ч1ама , ч1епалг , ч1ениг, ч1уг, ч1ана.

-Д1адеша и дешнаш. Муьлха дош яздина доккхачу элпаца? (Ч1ама).

-Х1унда? (Иза дийнатан ц1е ю. Дийнатан ц1ераш даккхийчу элпашца яздо).

-Маса дешдакъа ду Ч1АМА дешан? Муьлханаш ду уьш?

-Маса дешдакъа ду Ч1ЕПАЛГ дешан?Муьлханаш ду уьш?

(Иштта толлу важа дешнаш).

-Муьлха дош ду совнаха? (Ч1уг).

-Х1унда ду Ч1УГ дош совнаха? (Цуьнан цхьаъ бен дешдакъа дац, дисинчу дешнийн шиша дешдакъа ду).

-Д1аязде и дешнаш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Ч1АРА дешан схема х1оттор.

1. Охьанехьа:

Даь1ахкаш ю, ц1ий а ду,

Олийла дац дийнат ду. (Ч1ара)

Пурхнехьа:

К1оранал 1аьржа, лайл к1айн,

Ц1енол лекха, бецал лоха? (Ч1ег1аг)


Б1ог1ам лаьтта серло луш,

Бухахь к1ора ма бац гуш. (Ч1урам)



-Муьлха дешнаш карий шуна? Маса дешдакъа ду Ч1АРА дешан? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?

-Муьлха аз ду хьалхара? (Ч1).

-Аз (Ч1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлха аз ду шолг1а? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлха аз ду кхоалг1а? (Р).

-Аз (Р) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлха аз ду доьалг1а? (А).

-Маса аз ду Ч1АРА дашехь? Маса элп ду?

-Маса еък1ов хила еза схемин? (Йиъ).

-Муьлханаш ду аьзнийн цхьанаэдаларш? (Ч1а, ра).

-Муха билгалдоху уьш схеми т1ехь? (Ши бос болчу еък1овшца).

-Х1отта е схема.

Ц1

С

Ц1

С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Предложенеш язъяр.

(Уьн т1е д1аязйо предложенеш).

Хьасана дика доьшу. Цунна хаза сурт дилла хаьа.

-Д1аеша хьалхара предложени. Маса дош ду цу предложенехь? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а? Кхоалг1а?

-Д1аязъе предложенеш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Чакхъяккха сан ойла:

Ч1ара , ч1аба, ч1уг дешнашкахь хеза аз ….(Ч1).

-Аз (Ч1) ца лакхало , цундела иза ду …(мукъаза).

-Аз (Ч1) йозанехь билгалдо жима , доккха а элпашца..( ч1 , Ч1).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Шаьш кхана бен болу болх билгалбаккха.



  • Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
    Пожаловаться на материал
Скачать материал
Найдите материал к любому уроку,
указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
также Вы можете выбрать тип материала:
Проверен экспертом
Общая информация
Учебник: ««Абат (Букварь)»», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э.

Номер материала: ДБ-1375416

Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Курс повышения квалификации «Основы местного самоуправления и муниципальной службы»
Курс профессиональной переподготовки «Клиническая психология: организация реабилитационной работы в социальной сфере»
Курс повышения квалификации «Основы построения коммуникаций в организации»
Курс повышения квалификации «Экономика: инструменты контроллинга»
Курс повышения квалификации «Финансы: управление структурой капитала»
Курс повышения квалификации «Финансы предприятия: актуальные аспекты в оценке стоимости бизнеса»
Курс профессиональной переподготовки «Управление ресурсами информационных технологий»
Курс повышения квалификации «Финансовые инструменты»
Курс профессиональной переподготовки «Методика организации, руководства и координации музейной деятельности»
Курс профессиональной переподготовки «Метрология, стандартизация и сертификация»
Курс профессиональной переподготовки «Организация деятельности по водоотведению и очистке сточных вод»
Курс профессиональной переподготовки «Эксплуатация и обслуживание общего имущества многоквартирного дома»
Курс повышения квалификации «Информационная этика и право»

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.