Инфоурок География КонспектыКонспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Х1,х1 яздар", (1-ра класс).

Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Х1,х1 яздар", (1-ра класс).

Скачать материал
библиотека
материалов

74-г1а урок.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш х1 , Х1 яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш х1 , Х1 довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а х1 , Х1. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду вовшийн кхиамех самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Хуур ду шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду ойлаяр , тидам бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна 1емар ду шайн ц1ахь дуьйна дешаран кхиамаш баха ойла т1е а ерзина , белхан кечам а болуш хила.

3. Личностни: берийн дозалла хир ду нохчийн матах , лаам хир бу и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар: «Х1етал-металш».

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Х1етал-метал хаийла хьуна:

Чудотта бертиг а, лаца т1ам а боцург? (Xloa)

Цхьана черми чохь шина басахь хи? (Xloa)


Гобаьккхина хи ду, амма мала йиш яц? (Х1орд)


Хахкало - салаз яц, д1авуьгу - говр яц? (Х1ордкема)


Некъаца а ца доьду, шед а ца туху, шена т1аьхьа лар а ца юьту? (Х1ордкема)


Юза меттиг боцуш юьзнарг? (Xloa)

-Х1ун ю уьш? (Х1оа, х1ордкема, х1орд).

-Х1ун ду церан цхьатера? (Юьххьехь аз (Х1) ду).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Х1) йозанехь?

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш аша шаьшша билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш т1, Т1 , 1емар ду и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш х1 , Х1 довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш х1 , Х1 довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу урокехь? (х1 , Х1).

-Схьагайта шайгарчу элпаш юккъехь зорбанан жима элп х1, доккха элп Х1.

-Хьанна девза йозанан жима элп х1? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Х1 ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду).

-Маса хьаьрках пайдаэцна элп Х1 яздеш? (Шина).

-Муьлханаш ю уьш? (Х, 1).

-Элп (Х1) цхьалха ду , я шалха ду? (Шалха).

-Хьан делира дика жоьпаш?

Фонетически зарядка.

Цхьаьнга кхойкхуш х1ун олу вай? («Х1е-х1ей»)

-Муьлха аз хеза ? (Х1).

-Аз (Х1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

  • Йозанан жима элп х1 яздар.

(Хьехархочо тептарш т1ехь яздина хила деза элп х1. Уьн т1ехь а гойту элп х1 муха яздан деза).

х1 х1 х1 х1 х1 х1 х1 х1 х1 х1 х1 х1

-Д1аязде и элпаш .Хазачу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Дешдакъошкахь йозанан жима элп х1 яздар.

(Уьн т1е д1аяздо дешдакъош )

х1а х1о х1у х1и х1е

-Хьан карор дара дешдакъа Х1А хьалхахь долуш дош? (Х1аваъ).

-Хьан карор дара дешдакъа Х1О хьалхахь долуш дош?(Х1оа).

-Хьан карор дара дешдакъа Х1У хьалхахь долуш дош?(Х1усам).

-Дика кхочуш ди аша и т1едиллар. Д1аязде и дешдакъош.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Х1ОА дешан схема х1оттор.

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Чохь ду ши бос болу хи,

Х1ун шелиг ду хаал и:

Иоцуш бертиг, лаца т1ам,

Бух а боцуш ирахь 1ан? (Xloa)

(Ш. Хасаров)

-Х1ун ю иза? (Х1оа).

-Маса дешдакъа ду Х1ОА дешан? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?

-Муьлханиг ду хьалхара аз? (Х1).

-Аз (Х1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а аз? (О).

-Аз (О) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду кхоалг1а аз ? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Маса аз ду дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов хила еза схемин?

-Х1отта е схема.(Доски т1ехь х1отта йо).

Ц1

С


С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

Х1уттут

Хьехархочо цхьа дешархо г1анта охьахааво: иза х1уттут хир ю.

Хьуьнах екаш х1уттут ю.

Х1уттут, х1уттут, жима х1уттут.

Бераш дагардан ма xlyттy: -

Х1уттут, xlyттут , - боху цо.

Ялх шо цо дагар ма до.

Юха т1емайолий, йоьду,

Кхечу диттана т1ейоьду.

Х1уттут, х1уттут - хаза корта,

Гаьн т1е хиъна иза 1а,

Корта хьийзош д1а а, схьа,

Массо aгlop хьажа г1ерта.

Т1емаш тухий, ц1еххьана

Къайлайолу и ханна.

(Бераш х1угтутана гонах хьийза. Х1уттуто шен хаза корта гойту, д1ай-схьай хьийзабо, цхьана г1анта т1ера вукху г1анта хуу,

х1уттут бохуш, бераш дагардо).

6. Йозанан жима элп х1 дешнашкахь , дешдакъошкахь яздар.


  • Дешнашкахь йозанан жима элп х1 яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Бух1а , х1оа , х1орд, х1уттут , х1ума, х1усам.

-Д1адеша и дешнаш. Маса дешдекъах лаьтта БУХ1А дош? Х1орд?

-Муьлха дош ду совнаха? (Х1орд).

-Х1унда? (Цьнан цхьаъ бен дешдакъа дац, дисинчу дешнийн шиша дешдакъа ду).

  • Предложени язъяр.

Уьн т1е д1аязйо предложени.

Дуккха а ч1ерий хуьлу х1ордан хиш чохь.

-Д1аеша предложени. Муьлхачу элпаца яздо предложенехь хьалхара дош? Х1ун юьллу чаккхенгахь?

-Д1аязъе предложени.

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи вайна? (Х1).

-Х1 элпо муьлха аз билгалдо? (Х1).

-Аз (Х1) мукъа ду я мукъаза ду?

Муьлхачу дешнашкахь юьххьехь хеза и аз? Юккъехь ? Чаккхенгахь?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина шен болх дика кхочуш?

-Кхана а дуьйла шайн белхан план а х1оттаяй , и кхочушбан г1ирс а хилийта шайгахь.



75-г1а урок.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш х1 , Х1 яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш х1 , Х1 кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а х1 , Х1. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду вовшийн кхиамех самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Хуур ду шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду ойлаяр , тидам бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна 1емар ду шайн ц1ахь дуьйна дешаран кхиамаш баха ойла т1е а ерзина , белхан кечам а болуш хила.Берашна девзар ду керла дош-х1урц1алдиг.

3. Личностни: берийн дозалла хир ду нохчийн матах , лаам хир бу и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар: «Дог1у дош ала!».

-Бераш, аса д1айоьшур ю кегийра байташ , аша со сецча тетоха цхьа дош.

Аренашт1ехь вайна гуш

Лаьтта можа маьлхан .... (Х1уш).


Бохуш даим багахь «хур»

Баа х1оьтти хьеран .... (Х1ур).


Яц и ма1аш йолу бож.

Юи дечках йина .... (Х1ож).


Нана еа г1ала яхна,

Эцна шена коч ян боз,

Суна кертахь хехка... . (Х1оз).

-Муьлха дешнаш туьйхи аша т1е? Х1ун ду церан юкъара? (Юьххьехь (Х1) аз хеза).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш аша шаьшша билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш х1, Х1 , 1емар ду и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш х1 , Х 1яздар.

  • Йозанан жима элпаш х1 яздар.

(Хьехархочо тептарш т1е д1аязбина хила беза мог1анаш).

  • Йозанан доккха элпаш Х1 яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха яздан деза йозанан доккха элп Х1).

Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1

-Д1аязде элп Х1 тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Йозанан доккха элп Х1 дешдакъошкахь яздан 1амор.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту йозанан доккха элп Х1 дешдакъошкахь муха хотта деза).

Х1а Х1о Х1у Х1и Х1е

-Д1адеша и дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Дешнашкахь йозанан жима а , доккха а элпаш х1, Х1 яздар.

Х1усам , Х1ижан, х1аваъ ,х1ургон.

-Муьлха дош яздина доккхачу элпаца? Х1унда?

  • Предложенеш язъяр.

Стиглара седа сирла бара. Седа-дика лор ю.

-Д1аеша предложенеш. Стенах лаьцна ю хьалхара предложении? (Седанах).

-Хьанах лаьцна ю шолг1а предложени? (Седех).

-Х1унда яздина шолг1ачу предложенехь СЕДА дош доккхачу элпаца? (Иза адаман ц1ею. Адаман ц1ераш даккхийчу элпашца язйо).

  • Кроссворд.

Кроссворд аша нийса яхь, шуьга хьозанан ц1е ешалур ю, аьлчаа муьлха хьоза ду хуур ду шуна (лакхара охьа еша). (Жоп: xlyp-ц1алдиг).

hello_html_m7c3097a8.gif

1. Ц1а, чохь 1ен меттиг.

2.П1елгах юллу х1ума.

3. Ялсаманера мехкарий.

4.Шо кхаьчна Iaxap.

5. Ц1ийнан да.

6. Т1ам т1ехь беллачарна х1оттош ерг.

7. Доккхачу хи т1ехь лела кема.

8. Иоь1ан ц1е.

9. Ворданан тайпа.

(Жоп: 1. Х1усам. 2. Myxlap. 3. Х1уьрла1а. 4. Ц1инто. 5. Х1у-

самда. 6. Х1оллам. 7. Х1ордкема. 8. Х1ижан. 9. ХГургон.)

-Муьлха дош карий шуна? (Х1урц1алдиг).

  • Х1урц1алдиг дешан схема басаръяр.

(Берашка д1ало схеманаш. Цара шаьш бо болх).

Ц1

С


С

Ц1

С


С

Ц1

С


С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Чакхъяккха сан ойла:

Х1оа , х1уттут , х1усам дешнашкахь хеза аз ….(Х1).

-Аз (Х1) ца лакхало , цундела иза ду …(мукъаза).

-Аз (Х1) йозанехь билгалдо жима , доккха а элпашца..( х1 , Х1).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Шаьш кхана бен болу болх билгалбаккха.



  • Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
    Пожаловаться на материал
Скачать материал
Найдите материал к любому уроку,
указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
также Вы можете выбрать тип материала:
Проверен экспертом
Общая информация
Учебник: ««Абат (Букварь)»», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э.

Номер материала: ДБ-1375426

Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Курс профессиональной переподготовки «Организация и предоставление туристских услуг»
Курс повышения квалификации «Экономика и право: налоги и налогообложение»
Курс профессиональной переподготовки «Организация деятельности по подбору и оценке персонала (рекрутинг)»
Курс повышения квалификации «Этика делового общения»
Курс повышения квалификации «Психодинамический подход в консультировании»
Курс профессиональной переподготовки «Организация деятельности помощника-референта руководителя со знанием иностранных языков»
Курс профессиональной переподготовки «Риск-менеджмент организации: организация эффективной работы системы управления рисками»
Курс профессиональной переподготовки «Организация деятельности по водоотведению и очистке сточных вод»
Курс профессиональной переподготовки «Эксплуатация и обслуживание общего имущества многоквартирного дома»
Курс профессиональной переподготовки «Гостиничный менеджмент: организация управления текущей деятельностью»
Курс профессиональной переподготовки «Организация и управление процессом по предоставлению услуг по кредитному брокериджу»

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.