84-г1а
урок.
Урокан ц1е: «
Йозанан жима а , доккха а элпаш п1 , П1
яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха
а элпаш п1 , П1 довзийтар.
Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1
.Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп
а п1 , П1 . 1емар
ду уьш нийса а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни: берашна
хуур ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша.
Берашна 1емар ду вовшийн кхиамех самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна
хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш
д1адаха а 1емар ду.
·
Комуникативни: берашна
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Хуур ду шайна
оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.
·
Познавательни: Берийн
алсамдер ду ойлаяр , тидам бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически
кхиам. Берашна хуур ду адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна
1емар ду шайн ц1ахь дуьйна дешаран кхиамаш баха ойла т1е а ерзина , белхан
кечам а болуш хила.
3.
Личностни: берийн дозалла хир ду нохчийн матах , лаам хир
бу и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш
дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
·
Ловзар : «Х1етал-металш».
Цхьана
шерара а волуш, дег1ана тайп-тайпана волу пхи
ваша? (Ц1елгаш)
Виъ
ваша ву, пхоьалг1аниг - деваша? (П1елгаш)
Шина
ненан цхьатера ц1е йолу пхиппа к1ант? (П1елгаш)
Аьчкан
а яц, дечкан а яц, амма шена чохь
массо х1ума а сацайо: екъа елахь а,коча елахь а? (П1аьлдиг)
-Х1ун
ю уьш? (П1аьлдиг, п1елгаш).
-Х1ун
ду церан юкъара? (Юьххьехь хеза аз (П1).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш , таханлера т1едилларш аша шаьшша
билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун кхиамаш баха
дагахь ду шу?
(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).
-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха
а элпаш п1, П1 , 1емар ду и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь а ,
дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш п1 , П1 довзийтар
, яздар.
·
Йозанан жима а , доккха а элпаш п1 , П1 довзийтар.
-
Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу урокехь? (п1 , П1).
-Схьагайта
шайгарчу элпаш юккъехь зорбанан жима элп п1, доккха элп П1.
-Хьанна
девза йозанан жима элп п1? Схьагайта и. Йозанан доккха элп П1
? Схьагайта.
-И
ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду).
-Маса
хьаьрках пайдаэцна элп П1 яздеш? (Шина).
-Муьлханаш
ю уьш? (П, 1).
-Элп
(П1) цхьалха ду , я шалха ду? (Шалха).
-Хьан
делира дика жоьпаш?
·
Фонетически зарядка.
Машено
сигнал муха туху ?
(«Шап1»)
-Муьлха
аз хеза ? (П1).
-Аз
(П1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
·
Йозанан жима элп п1 яздар.
(Хьехархочо
тептарш т1ехь яздина хила деза элп п1. Уьн т1ехь а гойту элп п1
муха яздан деза).
п1 п1 п1 п1 п1 п1
п1 п1 п1 п1 п1 п1 п1 п1 п1 п1 п1
-Д1аязде и элпаш .Хазачу элпашна т1ехула
т1адамаш дахка.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
·
Дешдакъошкахь йозанан жима элп п1 яздар.
(Уьн т1е д1аяздо дешдакъош )
п1а п1о п1у
п1и п1е
Д1аязде
и дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
·
П1елгаш дешан
схема х1оттор.
-Х1етал-метал хаьийла шуна:
Цхьана г1айби т1е вижина пхи ваша.(П1елгаш)
-Маса дешдакъа ду П1ЕЛГАШ дешан? Муьлханиг ду
хьалхара? Шолг1а?
-Муьлханиг ду хьалхара аз? (П1).
-Аз
(П1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Муьлханиг
ду шолг1а аз? (Э).
-Аз
(Э) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).
Муьлханиг ду кхоалг1а аз? (Л).
-Аз (Л) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Муьлханиг
ду доьалг1а аз ? (Г).
-Аз
(Г) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Муьлханиг
ду пхоьалг1а аз ? (А).
-Аз
(А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Муьлханиг
ду йолхалг1а аз ? (Ш).
-Аз
(Ш) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Маса
аз ду дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов хила еза схемин?
-Х1отта
е схема.(Доски т1ехь х1отта йо).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
5. Сада1аран миноташ.
П1елгаш
Оха
язди,
дукха
язди,
Йозано
тхан п1елгашк1адди.
П1елгаш, 1адда ма 1елаш,
Хьалхий- т1аьхьий идалаш.
Кхийса-кхийса-кхийсалуш,
Ида, ида, к1ад ца луш.
Мохо
бецаш лестайо,
Д1а а,схьа а техкайо.
П1елгаш, мохах шу ма кхера,
Ловза
лелхаш,шайн сакъера.
6. Йозанан
жима элп п1 дешнашкахь , дешдакъошкахь яздар.
·
Дешнашкахь йозанан жима элп п1 яздар.
Уьн т1е д1аяздо дешнаш.
Пелхьо, п1елг, п1енда, п1ераска,
х1умп1ар , хьуьжар, пиллиг.
-Д1адеша и дешнаш. Маса дешдекъах лаьтта ХЬУЬЖАР
дош? П1ЕНДА?
-Д1аязде и дешнаш дешдакъошка а доькъуш.
·
Предложенеш
язъяр.
Уьн
т1е д1аязйо предложенеш.
Исмаь1ала шеен п1елг хадийра. Лайлаа д1абихкира иза.
-Д1аеша
хьалхара предложении. Стенах лаьцна ю иза? Шолг1аниг?
-Д1аязъе
и предложенеш тептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
7. Жам1 дар.
-Муьлха элп девзи вайна? (П1).
-П1 элпо муьлха аз билгалдо? (П1).
-Аз (П1) мукъа ду я мукъаза ду?
Муьлхачу дешнашкахь юьххьехь хеза и аз? Юккъехь ? Чаккхенгахь?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина шен болх дика
кхочуш?
-Кхана а дуьйла шайн белхан план а х1оттаяй , и
кхочушбан г1ирс а хилийта шайгахь.
85-г1а
урок.
Урокан ц1е: «
Йозанан жима а , доккха а элпаш п1 , П1
яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха
а элпаш п1 , П1 кхин
д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1
.Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а ,
доккха а элп а п1 , П1
. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешдакъошкахь а ,
дешнашкахь а яздан.
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни: берашна
хуур ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша.
Берашна 1емар ду вовшийн кхиамех самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна
хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш
д1адаха а 1емар ду.
·
Комуникативни: берашна
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Хуур ду шайна
оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.
·
Познавательни: Берийн
алсамдер ду ойлаяр , тидам бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически
кхиам. Берашна хуур ду адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна
1емар ду шайн ц1ахь дуьйна дешаран кхиамаш баха ойла т1е а ерзина , белхан
кечам а болуш хила.
3.
Личностни: берийн дозалла хир ду нохчийн матах , лаам хир
бу и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш
дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
·
Ловзар:
«Караде дош».
-Уггаре
йоккхачу б1аьвна т1ера д1адеша дош.Муьлха дош ду иза? (П1ендаг1а).
-Муьлха
аз хеза п1ендаг1а дашна хьалхахь? (П).
-Кхин
даладе масалаш аз (П1) юьххьехь долуш? (П1елг, п1аьлдиг).
3.
1алашо йовзийтар.
Бераш , таханлера т1едилларш аша шаьшша
билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун кхиамаш баха
дагахь ду шу?
(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).
-Вайна тахана кхин д1а а девзар ду йозанан жима
а , доккха а элпаш п1, П1 , 1емар ду и элпаш ша-ша ,
дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш п1 , П1яздар.
·
Йозанан жима элпаш п1 яздар.
(Хьехархочо тептарш т1е д1аязбина хила беза
мог1анаш).
·
Йозанан доккха элпаш П1 яздар.
(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха яздан деза
йозанан доккха элп П1).
П1 П1 П1 П1 П1 П1
П1 П1 П1 П1 П1 П1 П1 П1 П1 П1
-Д1аязде элп П1 тептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
·
Йозанан доккха элп П1 дешдакъошкахь яздан
1амор.
П1а П1о П1у
П1и П1е
-Д1адеша и дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш
т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
5. Сада1аран миноташ.
(П1елгаш метах
дохуш йоьшу xlapa
байташ)
Х1оршма бу сан г1оьнчий:
Кегий
к1ентий, йо1арий.
Хьайна
лаахь,
шина
декъе
Берзош, уьш ахь бекъа:
Лаахь - иштта, лаахь - вуьшта, (
Куьйгашхьала
а дохуьйтий,
0ьг1аз гlyp бац цкъа а! п1елгаш шина декъе
доькъуш, байташ
йоьшу).
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
·
Дешнашкахь йозанан жима а , доккха а элпаш п1,
П1 яздар.
П1ераска,
х1уттут , к1ант , ц1азам , ч1ара, т1ам.
-Д1адеша
дешнаш. Маса дешдакъа ду Т1АМ дашехь? (Цхьаъ).
-Х1унда?
(Цхьаъ мукъа аз ду , цундела цхьаъ дешдакъа ду).
-П1ЕРАСКА
дашехь масса мукъа элп ду? (Кхоъ).
-Маса
дешдакъа хир ду? (Кхоъ).
-Д1аязде
массо а дашера хьалхара элпаш.
П1 х1 к1
ц1 ч1 т1.
-Х1ун ду
церан цхьатера? (Шолг1а меже ю элп 1).
·
Предложенеш
язъяр.
Сан
куьйган пхи п1елг бу. Нана п1елг. Хьажо п1елг.
Юккъера
п1елг. Маза п1елг. Ц1аза п1елг.
-Д1аязъе
предложенеш.
7. Жам1 дар.
-Чакхъяккха сан ойла:
П1елг , п1енда , п1аьлдиг дешнашкахь хеза аз
….(П1).
-Аз (П1) ца лакхало , цундела иза ду
…(мукъаза).
-Аз (П1) йозанехь билгалдо жима , доккха а
элпашца..( п1 , П1).
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
-Шаьш
кхана бен болу болх билгалбаккха
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.