Инфоурок География КонспектыКонспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Т1,т1 яздар", (1-ра класс).

Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Т1,т1 яздар", (1-ра класс).

Скачать материал
библиотека
материалов

70-г1а урок.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш т1 , Т1 яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш т1 , Т1 довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а т1 , Т1. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду вовшийн кхиамех самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Хуур ду шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду ойлаяр , тидам бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна 1емар ду шайн ц1ахь дуьйна дешаран кхиамаш баха ойла т1е а ерзина , белхан кечам а болуш хила.

3. Личностни: берийн дозалла хир ду нохчийн матах , лаам хир бу и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.Берашна 1емар ду воккханиг лера , цуьнан сий дан.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Х1етал-металш».

Х1етал-метал хаийла хьуна:

Орам боцуш кхуьуш ерг? (Т1улг)


Цхьаъ 1уьллу, важа уьду, кхоалг1аниг леста.

Цхьамма боху: «Довдий вай

Вукхо боху:«1ахкий вай

Кхоалг1ачо: «Ластий вай?» (Тулг, хи, буц)

Массара а схьаийзошшехь, оьг1аз ца йоьдург? (Т1ам)


Коьртахь лелайо, амма таж дац я куй бац,цкъа а т1ера схьайоккхуша яц? (Т1илдиг)

Воккхачу дадин дуткъа доьхка? (Т1ай)

-Х1ун ю уьш? (Т1улг, т1ам , т1ай).

-Муьлха аз хеза царна юьххьехь? (Т1).

-Аз(Т1) муьлхачу элпаца билгалдоккху йозанехь? (Т1 т1 элпаца).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш аша шаьшша билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш т1, Т1 , 1емар ду и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш т1 , Т1 довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш т1 , Т1 довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу урокехь? (т1 , Т1).

-Схьагайта шайгарчу элпаш юккъехь зорбанан жима элп т1, доккха элп Т1.

-Хьанна девза йозанан жима элп т1? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Т1 ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду).

-Маса хьаьрках пайдаэцна элп Т1 яздеш? (Шина).

-Муьлханаш ю уьш? (Т, 1).

-Элп (Т1) цхьалха ду , я шалха ду? (Шалха).

-Хьан делира дика жоьпаш?

Фонетически зарядка.

Сахьт муха лела? («Т1ак-т1ик-т1ак»)

-Муьлха аз хеза ? (Т1).

-Аз (Т1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

  • Йозанан жима элп т1 яздар.

(Хьехархочо тептарш т1ехь яздина хила деза элп т1. Уьн т1ехь а гойту элп т1 муха яздан деза).

т1 т1 т1 т1 т1 т1 т1 т1 т1 т1

-Д1аязде и элпаш .Хазачу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Дешдакъошкахь йозанан жима элп т1 яздар.

(Уьн т1е д1аяздо дешдакъош )

т1а т1оь т1у т1и т1е

-Хьан карор дара дешдакъа Т1А хьалхахь долуш дош? (Т1арг1а).

-Хьан карор дара дешдакъа Т1ОЬ хьалхахь долуш дош?(Т1оьрмиг).

-Хьан карор дара дешдакъа Т1У хьалхахь долуш дош?(Т1ум).

-Хьан карор дара дешдакъа Т1Е хьалхахь долуш дош?(Т1емаш).

-Дика кхочуш ди аша и т1едиллар. Д1аязде и дешдакъош.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Т1АДАМ дешан схема х1оттор.

Ребус

Т1hello_html_m737c73c4.gif

(Жоп: т1адам).

- Мила ву суьрта т1ехь? (Берийн жоьпаш).

-Вуьшта аьлча , массо стаг , йо1 , бер зуда , кхечу дашца муха эр дара? (Адам)

-Т1 Элп адам дашна хьалха а олуш ала. (Т1адам).

-Х1ун ю т1адам. Дуккха хилча муха эр дара иза? (Т1адамаш).

-Маса дешдакъа ду Т1адам дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?.

-Муьлханиг ду хьалхара аз? (Т1).

-Аз (Т1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а аз? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду кхоалг1а аз ? (Д).

-Аз (Д) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду доьалг1а аз? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду пхоьалг1а аз ? (М).

-Аз (М) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов хила еза схемин?

-Х1отта е схема.(Доски т1ехь х1отта йо).

Ц1

С

Ц1

С


С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

Х1окху самукъанечу ловзаро бераш ритм ларъян 1амадо.

Массара а цхьаьний олу:

Тапар-тип, тапар-тип,

Эсан кит, эсан кит,

Тапар-тип, эсан кит.

Юха х1ораммо, ритм ларъеш, и байташ а йоьшуш (шайн дагахь) кера юккъе байн буй бетта. Оьшучу хенахь (цхьамма а хаам ца бо) массара а ч1огг1а ала деза: «Эсан кит

6. Йозанан жима элп т1 дешнашкахь , дешдакъошкахь яздар.


  • Дешнашкахь йозанан жима элп т1 яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Ч1ара, т1улг , Т1аус , т1оьрмиг , т1ай , т1арг1а.

-Д1адеша и дешнаш. Муьлха дош яздина доккхачу элпаца? (Т1аус).

-Х1унда яздина и дош доккхачу элпаца? (Иза адаман ц1е ю .Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца язйо).

-Д1аязде и дешнаш. Т1 элпана буха сиз хьакха.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Предложени язъяр.

Уьн т1е д1аязйо предложени.

Т1ехь стом боцчу дитта т1е г1орзалгаш ца кхуьйсу.

-Д1адеша кица. Муха кхета шу цунах? (Т1ехь стом ца хилча , т1е г1орзалгаш кхийсича пайда бац)

  • Кица таллар.

Автобус т1ехь воьдуш хила жима 1-чу классера дешархо. Цунна т1е х1оьттина вог1уш , 1аса а карахь воккха стаг хилла. Воккхачу стага хаьттина: «К1ант, хьо масолг1ачу классехь доьшуш ву?»-аьлла. К1анта жоп дела: «Со муьлххачу классехь доьшуш велахь а , воккхачу стагана меттиг ло олуш урок ца хилла тхан».

-Цунна дог1ий вай яздина кица?

-Мел дукха воккхачу стага , цунна «г1орзалгаш» (хьекъал) кийсарх , г1иллакх доцчуьнгара пайда бац.

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи вайна? (Т1).

-Т1 элпо муьлха аз билгалдо? (Т1).

-Аз (Т1) мукъа ду я мукъаза ду?

Муьлхачу дешнашкахь юьххьехь хеза и аз? Юккъехь ? Чаккхенгахь?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина шеен болх дика кхочуш?

-Кхана а дуьйла шайн белхан план а х1оттаяй , и кхочушбан г1ирс а хилийта шайгахь.



71-г1а урок.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш т1 , Т1 яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш т1 , Т1 кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а т1 , Т1. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду вовшийн кхиамех самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Хуур ду шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду ойлаяр , тидам бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна 1емар ду шайн ц1ахь дуьйна дешаран кхиамаш баха ойла т1е а ерзина , белхан кечам а болуш хила.

3. Личностни: берийн дозалла хир ду нохчийн матах , лаам хир бу и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.Берашна 1емар ду воккханиг леера , цуьнан сий дан.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Шарадаш.

Со хуьлуш ду татол т1ехь,

Суна т1ехула нах а лела.

Юххера г1аж охьа йожахь,

Тоьгур ю ас лелон бедар. (Т1ай - тай)


Уьстаг1 т1ехь со хуьлуш бу, -

Йо сох цхьацца х1ума.

Нагахь TI - нах ХЬ ахь дахь,

Къакъ-къикъ деш со ека. (TIapгIa - хьарг1а)

-Муьлха х1уманаш ю уьш? (Т1ай , тай , т1арг1а , хьарг1а).

-Муьлхачу дешнашкахь хеза аз (Т1)? (Т1ай, т1арг1а).

-Хьанна карор дара Т1АРГ1А дашна юккъе д1алевчкъина дешнаш? (Т1а , г1а, раг1, ара).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш аша шаьшша билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш т1, Т1 , 1емар ду и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш т1 , Т 1яздар.

  • Йозанан жима элпаш т1 яздар.

(Хьехархочо тептарш т1е д1аязбина хила беза мог1анаш).

  • Йозанан доккха элпаш Т1 яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха яздан деза йозанан доккха элп Т1).

Т1 Т1 Т1 Т1 Т1 Т1 Т1 Т1 Т1 Т1 Т1 Т1 Т1 Т1 Т1 Т1 Т1 -Д1аязде элп Т1 тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Йозанан доккха элп Т1 дешдакъошкахь яздан 1амор.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту йозанан доккха элп Т1 дешдакъошкахь муха хотта деза).

Т1а Т1о Т1у Т1и Т1е

-Д1адеша и дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Дешнашкахь йозанан жима а , доккха а элпаш т1, Т1 яздар.

Т1ам , т1ум , т1ус , т1ийриг, т1адам.

-Д1адеша и дешнаш. Маса дешдакъа ду Т1АМ дешан? Т1ум? Т1ийриг?

-Шина тобане декъа уьш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (Т1ам , т1ум , т1ус).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Цхьацца дешдакъа ду церан).

Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане?( Т1ийриг, т1адам).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Шишша дешдакъа ду церан).

-Д1аязде и дешнаш дешдакъошка а доькъуш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Т1ЕМАШ дешан схема х1оттор.

-Дог1у дош ала.

Аьрзу ду шен болх бан 1емаш,

Даржадина шуьйра .... (Т1емаш)

Маса дешдакъа ду Т1ЕМАШ дешан? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?

-Муьлха аз ду хьалхара? (Т1).

-Аз (Т1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлха аз ду шолг1а? (Э).

-Аз (Э) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлха аз ду кхоалг1а? (М).

-Аз (М) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлха аз ду доьалг1а? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлха аз ду пхоьалг1а? (Ш).

-Аз (Ш) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду Т1ЕМАШ дашехь? Маса элп ду?

-Маса еък1ов хила еза схемин? (Пхиъ).

-Муьлханаш ду аьзнийн цхьанаэдаларш? (Т1е, Ма).

-Муьлха аз билгалдо Е элпо цу дашехь? (Э).

-Х1унда? (Мукъаза элпана т1ехьа нисделча Е элпо цхьа аз билгалдо (Э).

-Муха билгалдоху уьш схеми т1ехь? (Ши бос болчу еък1овшца).

-Х1отта е схема.

Ц1

С

Ц1

С


С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Предложенеш язъяр.

Т1ай.

Тхо долчохь доккха хи ду. Цунна тиллина шуьйра т1ай ду. Дуккха а машинаш лела цунна т1ехула.

-Д1аеша и предложенеш. Стенах лаьцна ю уьш? (Т1айх).

-Маь1ница йозаелла ю ала мегар дуй царех лаьцна? (Ду).

-Х1ун олу ишттачу предложенех?(Берийн жоьпаш).

-И предложенеш маь1ница йозаелла ю. Царех текст олу. Текстана ц1е тилла йиш ю. Х1ун ц1е ю вайн текстана тиллинарг? (Т1ай).

-Х1унда тиллина иза? (Ерриге предложенеш т1айх лаьцна ю).

7. Жам1 дар.

-Чакхъяккха сан ойла:

Т1ус , Т1аус , т1ам дешнашкахь хеза аз ….(Т1).

-Аз (Т1) ца лакхало , цундела иза ду …(мукъаза).

-Аз (Т1) йозанехь билгалдо жима , доккха а элпашца..( т1 , Т1).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Шаьш кхана бен болу болх билгалбаккха.





  • Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
    Пожаловаться на материал
Скачать материал
Найдите материал к любому уроку,
указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
также Вы можете выбрать тип материала:
Проверен экспертом
Общая информация
Учебник: ««Абат (Букварь)»», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э.

Номер материала: ДБ-1375420

Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Курс повышения квалификации «Правовое обеспечение деятельности коммерческой организации и индивидуальных предпринимателей»
Курс повышения квалификации «Экономика и право: налоги и налогообложение»
Курс повышения квалификации «Этика делового общения»
Курс профессиональной переподготовки «Организация менеджмента в туризме»
Курс повышения квалификации «Финансы: управление структурой капитала»
Курс повышения квалификации «Методы и инструменты современного моделирования»
Курс повышения квалификации «Актуальные вопросы банковской деятельности»
Курс профессиональной переподготовки «Управление информационной средой на основе инноваций»
Курс профессиональной переподготовки «Метрология, стандартизация и сертификация»
Курс профессиональной переподготовки «Организация процесса страхования (перестрахования)»
Курс профессиональной переподготовки «Осуществление и координация продаж»
Курс профессиональной переподготовки «Организация и управление процессом по предоставлению услуг по кредитному брокериджу»
Курс профессиональной переподготовки «Стратегическое управление деятельностью по дистанционному информационно-справочному обслуживанию»

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.