Инфоурок География КонспектыКонспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Уь,уь яздар", (1-ра класс).

Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Уь,уь яздар", (1-ра класс).

Скачать материал

63-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  уь , Уь  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш   уь , Уь  довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а уь , Уь  .  1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  хуур ду  шайн белхан  план х1отто , оцу планан  рог1алла а ларъеш йозанан  кхиамаш баха. Берашна 1емар ду  шайн дешар кхиамаш дика хуьлучу аг1ор д1адахьа. 1емар  ду  шайн кхиамаш ган , царех пайдаэеца , кхачамбацарш д1ататта.

·      Коммуникативни: берашна  1емар ду  хьехархочун хаттаршна  дуьззина   я доца жоьпаш дала. 1емар ду шайна оьшург хата, луург д1аала. Берашна 1емар ду шайн кхиамех лаьцна дериг д1аала.

·      Познавательни:  берийн алсамдер  ду  дешнаш довзар , тидаме хилар , меттан  говзалла. Берашна  девзар ду керла дешнаш.

3. Личностни: берашна  луур ду нохчийн мотт дика 1амо. Шайн амалехь диканиг ,  г1иллакхениг  кхиор ду бераша.

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар: «Дог1у дош ала!».

-Бераш, аса д1айоьшу кегира байташ , со сецча аша т1етоха маь1ница дог1уш долу дош.

Ма даий вай маьлхан х1уш,

Школа ц1анъеш ма дац ....(Уьш)

 

То мел йи ас говран нуьйр,

              Ч1аг1луш ю  тхойшиннан ....(Уьйр).

 

Юьстах бели, те1аш  астаг1,

Жаюкъаражима .... (Уьстаг1)

 

Баьккхина ши б1аьрг   шен хьет1е

Хьоькху  мохь цо, екош .... (Уьйт1е)

 

Пеша тесна йоккха гуьйриг

Луьстур бу ас т1ерг1ан .... (Уьйриг)

 

 -Муьлха дешнаш  туьйхи аша  т1е? (Уьйт1е, уьйриг , уьш, уьйр).

-Х1ун ду церан юкъара? (Царна  юьххьехь хеза  аз (Уь).

-Аз (Уь) муьлхачу элпашца билгалдо йозанехь? (уь,Уь).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едахкарш ду  туьркийн  суьрташ  ч1охь. Шуна дукха езий  туьркаш? Цхьацца туьрк   схьа а оьцуш шаьш бен болу болх билгал баккха. Х1ун кхиамаш бохур бу  аша  тахана?

-Вайна  тахана  девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш уь , Уь. 1емар ду  и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу  элпашца хоьттина яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш  уь , Уь довзийтар , яздар.

·        Йозанан жима а , доккха а элпаш уь , Уь довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу  урокехь?( уь , Уь).

-Схьагайта  шайгарчу элпаш юккъехь  зорбанан  жима элп  уь, доккха  элп  Уь.

-Хьанна девза  йозанан жима элп  уь? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Уь ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду  я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду)

-Маса хьаьрках пайдаэцна элп Уь яздеш? (Шина хьаьрках).

-Муьлханаш ю уьш? (У , ь).

-Элп  Уь цхьалха ду  я шалха ду? (Шалха ду).

·        Фонетически зарядка.

-Н1аьна муха кхойкху? («1уь-1а-ре-1уь»)

-Муьлха аз хеза ? (Уь).

-Аз (Уь) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъа).

·        Йозанан  жима элп уь  яздар.

(Хьехархочо  тептарш  т1ехь яздина хила деза элп уь. Уьн т1ехь а гойту элп  уь  муха яздан  деза).

уь  уь  уь  уь  уь  уь уь уь уь у

-Д1аязде элпаш шайн  тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

 

·        Йозанан  жима элп уь  яздар.

туь  дуь  буь куьй  суьй

-Хьан т1едузар дара дешдакъа  ТУЬ? (ТУЬХА).

-Дешдакъа ДУЬ? (ДУЬРА).

-Дешдакъа ОЬЗ? (Оьзда).

-Дешдакъа  БУЬ? (БУЬЙРА).

-Дешдакъа  СУЬЙ? (СУЬЙРЕ).

-Д1адеша дешдакъош. Д1аязде  уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехира аша?

·        УЬСТАГ1  дешан  схема х1оттор.

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Хьуьнчохь а, арахь а кетар лелош? (Уьстаг1)

TIapгIa къажбеш а, к1ади деш а яц,

амма адамна т1е бедар юху? (Уьстаг1).

-Х1ун  ю иза? (Уьстаг1).

-Маса дешдакъа ду  УЬСТАГ1 дешан? (Шиъ).

-Муьлахниг ду хьалхара? (Уьс).

-Шолг1а? (Таг1).

-Муьлханиг ду хьалхара аз? (Уь).

-Аз (Уь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг  ду шолг1а  аз? (С).

-Аз (С) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг  ду кхоалг1а  аз? (Т).

-Аз (Т) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду  доьалг1а   аз ?(А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг  ду пхоьалг1а  аз? (Г1).

-Аз (Г1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду УЬСТАГ1  дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов  хила еза схемин? Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй дашехь? Муха билгалдоху  уьш  схеми т1ехь?Йилла схема.

 

Ц1

 

С

   Ц1

С

 

С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

                                                                       Бераш:      

- Уьнт1епхьид, уьнт1епхьид,

Т1улган ц1а т1ехь лелон пхьид,

Мичахь лелаш хьо яра,

Ловза ма ца еара?

Уьнт1епхьид:

- Х1орда чохь со лелара,

К1орнеш хи чу сайн яьхна:

Нека дан уьш 1амийра,

Куьйгаш, когаш детташ,

Хи чохь даим сетташ:

Аркъал, бертал, пел доьрзуш,

Нека дора хих ца 1ебаш.

Уьнт1епхьид а хоржий, бераш класса чухула дуьилало цунна т1аьххье, цо дийриг а деш: нека до мотгуьйтуш, куьйгаш д1аса алестош, аркъал сетташ, охьате1аш, aгlop доьрзуш.

6. Йозанан жима элп уь дешнашкахь яздар.

·        Дешнаш  йозанан жима элп уь яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Куьзга , уьстаг1 , буьрка,туька , туьха, уьйриг.

-Д1адеша  и дешнаш. Маса дешдакъа  ду БУЬРКА  дашехь? Муьлханиг ду хьалхара ? Шолг1а? (Иштта  толлу  важа дешнаш).

-Д1аязде  и дешнаш  тептарш т1е  дешдакъошка а доькъуш.

-Шина тобане декъа  и дешнаш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане?(Куьзга, туька, туьха, буьрка).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша  уьш цхьана  тобане? (Царна юккъехь элп   уь  ду).

-Муьлха дешнаш далийна аша  шолг1ачу чу тобане?(Уьйриг, уьстаг1).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша  уьш цхьана  тобане? (Царна хьалхахь элп   уь  ду).

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Предложенеш язъяр.

 

Уьн т1е язйо  предложенеш.

 

         Хьуьнахула едда йоьдура пхьагал. Цунна гира цхьогал.

 

-Д1аеша хьалхара предложени. Маса дашах лаьтта иза? Муьлханиг ду хьалхара дош? Шолг1а? Кхоалг1а? Доьалг1а?Муха къастайо предложенеш вовшех йозанехь? Муьлхачу элпаца яздо предложенехь хьалхара дош?

7. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш  девзира шуна?  (Йозанан жима а , доккха а элпаш  уь, Уь).

-Уь элпо муьха аз билгалдо? (Уь)

-Аз (Уь) мукъа  ду  я мукъаза ду?(Мукъа ду).

-Муьлхачу дешнашкахь хеза аз (Уь).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш  бехира аша?

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

64-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  уь , Уь  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш   уь , Уь  кхин д1а а довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а уь , Уь  .  1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  хуур ду  шайн белхан  план х1отто , оцу планан  рог1алла а ларъеш йозанан  кхиамаш баха. Берашна 1емар ду  шайн дешар кхиамаш дика хуьлучу аг1ор д1адахьа. 1емар  ду  шайн кхиамаш ган , царех пайдаэеца , кхачамбацарш д1ататта.

·      Коммуникативни: берашна  1емар ду  хьехархочун хаттаршна  дуьззина   я доца жоьпаш дала. 1емар ду шайна оьшург хата, луург д1аала.

·      Познавательни:  берийн алсамдер  ду  дешнаш довзар , тидаме хилар , меттан  говзалла. Берашна  девзар ду керла дешнаш.

3. Личностни: берашна  луур ду нохчийн мотт дика 1амо. Шайн амалехь диканиг ,  г1иллакхениг  кхиор ду бераша.

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Х1ои чуьра схьайолушшехь хи

чу йоьдург? (Уьнт1епхьидан к1орни)

 

Шена т1ехь т1улган ц1а лелошерг? (Уьштепхьид)

-Х1ун ю иза? (Уьнт1е пхьид).

-Х1ун ю уьнт1епхьид? (Берийн жоьпаш).

-Муьлха аз хеза УЬНТ1ЕПХЬИД  дешан юьххьехь? (Уь).

-Кхин хьан далор дара аз (Уь) хьалхахь долуш масалаш? (Уьйриг).

 

3. 1алашо  йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едахкарш ду  туьркийн  суьрташ  ч1охь. Шуна дукха езий  туьркаш? Цхьацца туьркаш   схьа а оьцуш шаьш бен болу болх билгалбаккха. Х1ун кхиамаш бохур бу  аша  тахана?

-Вайна  тахана  кхин д1а адевзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш уь , Уь. 1емар ду  и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу  элпашца хоьттина яздан.

4. Йозанан  жима а , доккха а элпаш уь , Уь яздар.

·        Йозанан жима  элп  уь д1аяздо тептарш  т1е.

уь уь уь уь уь

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Йозанан доккха элпаш Уь  яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха яздан деза  йозанан доккха элп Уь ).

Уь Уь Уь Уь Уь Уь Уь Уь Уь Уь Уь Уь Уь Уь

-Д1аязде элп Уь  тептарш  т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Харжаман диктант.

-Бераш , уьн т1ехь долчу дешнашна  юкъара схьаязде  Уь шайна юьххьехь дерш.

1уьйре, суьйре , гуьйре, Куьйра, аьхке ,  оьзда, дуьра , туьха.

-Уь элпана буха сиз хьакха.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        УЬЙРИГ дешан схема х1оттор.

        Шарадаш

Массарна а со девзаш ду:

Урчакх т1ехь со хьовзадой,

Юха, луьстуш, авгол бой,

Т1ерг1ан пасаташ а йой,

Берийн кога уьш юху.

Вай йийцинчу х1уманна

Хьалха Г ахь диллахь,

Диттах яьлларг сох хир ю. (Уьйриг - гуьйриг)

 

Адамаш вовшехдетташ, барт беш

Даим лелаш со ма ю,

Нагахь хьалха Н ахь диллахь,

Говран г1ирс а хир ма бу(Уьйр –нуьйр).

-Х1ун ю юйцург? (Уьйриг , гуьйриг, уьйр , нуьйр).       

-Маса дешдакъа ду  УЬЙРИГ   дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (УЬЙ)

-Шолг1а? (РИГ).

-Муьлханиг ду хьалхара  аз ?(Уь).

-Аз (Уь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг  ду шолг1а  аз? (Й).

-Аз (Й) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду  кхоалг1а   аз ?(Р).

-Аз (Р) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду  доьалг1а   аз ?(И).

-Аз (И) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду  пхоьалг1а   аз ?(Г).

-Аз (Г) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду УЬЙРИГ  дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов  хила еза схемин? Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй дашехь? Муха билгалдоху  уьш  схеми т1ехь?Йилла схема.

 

Ц1

 

С

     Ц1

С

 

С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

П1елгаш

Оха язди, дукха язди,

Йозанотхан п1елгаш к1адди.

П1елгаш, 1адда ма 1елаш,

Хьалхий-т1аьхьий идалаш.

Кхийса-кхийса-кхийсалуш,

Ида,ида, к1ад ца луш.

Мохо бецаш лестайо,

Д1а а,схьа а техкайо.

П1елгаш, мохах шу ма кхера,

Ловза лелхаш, шайн сакъера.

(П1елгаш метах дохуш йоьшу xlapa байташ)

Х1орш  ма бу сан г1оьнчий:

Кегий к1ентий, йо1арий.

Хьайна лаахь, шина декъе

Берзош, уьш ахь бекъа:

Лаахь - иштта, лаахь - вуьшта,

(Куьйгашхьала а дохуьйтий,

0ьг1аз гlyp бац цкъа а!

п1елгаш шина декъедоькъуш, байташ йоьшу).

6. 1амийнарг  т1еч1аг1дар.

·        Предложенеш язъяр.

Уьн т1е  д1аязйо предложенеш.

Хьавас хьелий 1алашдо. Куьйра 1у ву.

-Д1аеша хьалхара  предложении. Шолг1аниг, кхоалг1аниг. Маса дашах лаьтта хьалхара предложени?Муьлханиг ду хьалхара дош? Шолг1а? Кхоалг1а?

-Д1аязъе предложенеш  шайн тептарш т1е.

·        Жима проект  яр.

Бераш, вай х1инца жима проект йийр ю. Аша  шайна Уь элпах лаьцна хаьарг  шаьш урокехь болх ма бара  д1анисде кехат т1ехь.

-Дуьххьара  муха девзира вайна  аз (Уь)? (Суьрташца болх беш).

-Муьлха суьрташ оьшу вайна ? (Уьстаг1 , уьйриг).

-Д1алата де уьш.  УЬСТАГ1 , УЬЙРИГ аьлча муьлха  аз хеза ? Аз буха яздо? (Къовларш юккъе).

-Д1аязде. Х1ун бос хила беза цуьнан? (Ц1ен).

-Х1унда? (Мукъа  аз ду).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Уь) ? (Уь элпаца).

-Муьлха элпаш яздо книги т1ехь? (Зорбанан).

-Тептарш т1ехь? (Йозанан).

-Д1аязде уьш проект т1е.

-Хьанна  евза байт Уь элпах лаьцна? Д1аязъе .

-Хьанна хаьа х1етал-металш, кроссвордаш? Х1итта е уьш.

-Хьан дуьйцур дара  шеен балхах лаьцна?

7. Жам1 дар.

-Чакхъяккха  сан ойла:

 Уьстаг1, уьйриг дешнашкахь хеза аз ….(Уь).

-Аз (Уь)   олуш багахула х1аваъ парг1ат арадолу, цундела иза  ду  …(мукъа).

-Аз (Уь) йозанехь билгалдо жима  , доккха а элпашца..( уь, Уь).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Уь,уь яздар", (1-ра класс)."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Электронный архивариус

Получите профессию

Интернет-маркетолог

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 660 119 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 1502
    • DOCX 32.9 кбайт
    • 124 скачивания
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 7 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 661526
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Бухгалтер

Бухгалтер

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 22 человека из 16 регионов

Курс повышения квалификации

Педагогика и методика преподавания географии в условиях реализации ФГОС

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 284 человека из 69 регионов
  • Этот курс уже прошли 2 728 человек

Курс повышения квалификации

Организация проектно-исследовательской деятельности в ходе изучения географии в условиях реализации ФГОС

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 39 человек из 25 регионов
  • Этот курс уже прошли 430 человек

Курс повышения квалификации

Особенности подготовки к сдаче ЕГЭ по географии в условиях реализации ФГОС СОО

36 ч. — 180 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 26 человек из 20 регионов
  • Этот курс уже прошли 294 человека

Мини-курс

Техники визуализации в учебном процессе

3 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 34 человека из 17 регионов
  • Этот курс уже прошли 19 человек

Мини-курс

Основы теоретической механики

5 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Современные тенденции в управлении и бизнесе

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 21 человек из 16 регионов