Инфоурок География КонспектыКонспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Яь,яь яздар", (1-ра класс).

Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Яь,яь яздар", (1-ра класс).

Скачать материал

80-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  яь,Яь  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  яь,Яь  довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а яь,Яь  .  1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а дешнашкахь  яздан.Берашна  девзар ду  я элпо лелош  долу  г1ууллакх(ши аз билгалдо  дешан юьххьехь а , мукъачу элпана  т1ехьа  нисделча ).

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  хуур ду  шайн белхан план  х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду  вовшийн кхиамех  самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна  хуур ду  шайн кхиамаш бовза  , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.

·        Коммуникативни: берашна  1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина  я доцца жоьпаш дала. Хуур ду  шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

·      Познавательни:  Берийн алсамдер ду  ойлаяр , тидам  бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду  адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна  1емар ду  шайн ц1ахь дуьйна  дешаран  кхиамаш баха  ойла т1е а  ерзина , белхан кечам  а болуш хила.

3. Личностни: берийн дозалла  хир ду нохчийн матах , лаам хир бу  и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Х1етал-метал.

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Са а бу-кх  йижарий,

Нохчийн абат стам а еш.

Уьш бу шуна :  хьоме Е,

Комаьрша Ю, цуьнца д1а  Юь.

Ялсаманера йиша Я,

Уггара хьоме ю-кха сан.

Я сан  угара  гергара ю,

Соьх тера ю , къасталур яц.

Амма леррина хьо   хьаьжча

Со цул а шуьйра ю ,

Шалха со хиларна,

К1едачу хьаьркаца леларна.

 

-Муьлха элп ду иза? (Яь).

-Муьлханиг ду  цуьнан  йиша?(Я).

-Х1ун башхаллаш ю Я элпан? (Я элпо шиъ аз билгалдо : дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьахь хилча).

-Даладе масалаш элп Яь хьалхахь долуш? (Яьшка).

·        ЯЬШКА  дош фонетически таллар. Схема йиллар.

 

-Маса дешдакъа ду ЯЬШКА  дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?

-Ала ЙЙАЬШКА . Муьлха  аз хеза дешан  юьххьехь? (Й).

-Аз (Й)  мукъа ду  я  мукъаза  ду? (Мукъаза).

-Ала ЙАЬАЬШКА. Муьлханиг ду шолг1а  аз? (АЬ).

-Аз (АЬ)  мукъа ду   я  мукъаза ду? (Мукъа).

-Ала ЙАЬШШКА. Муьлханиг ду кхоалг1а аз? (Ш).

-Аз (Ш)  мукъа ду  я  мукъаза  ду? (Мукъаза).

-Ала ЙАЬШККА. Муьлханиг ду  доьалг1а аз? (К).

-Аз (К)  мукъа ду  я  мукъаза  ду? (Мукъаза).

-Ала ЙАЬШКА. Муьлханиг ду  пхоьалг1а аз? (А).

-Аз (А)  мукъа ду  я  мукъаза  ду? (Мукъа).

-Маса  аз ду  ЯЬШКА дашехь? (Пхиъ).

-Маса элп ду? (Диъ).

-Х1унда ду  пхиъ аз  , диъ элп?  (Берийн жоьпаш).

-Яь элпо шиъ аз билгалдо дешан юьххьехь  хилча , мукъачу элпана  т1ехьа хилча а.

-Маса  еък1ов хила еза вайн  схемин? (Пхиъ).

-Йилла  схема.

Ц1

С

    Ц1

С

 

 

-Х1ун керланиг хии шуна? (Яь элпо шиъ  аз билгалдо  дешан юьххьехь , мукъачу элпана  т1ехьахь хилча).

-Муьлха  аьзнаш ду  уьш? (Й,Аь).

-Кхин муьлхачу элпаша билгалдо ши аз?

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш  аша шаьшша  билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун  кхиамаш баха дагахь ду  шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана  девзар ду  йозанан  жима а , доккха а элпаш яь, Яь. 1емар ду  и элпаш ша-ша дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш яь, Яь довзийтар , яздар.

·        Йозанан жима а , доккха а элпаш яь, Яь довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу  урокехь? (яь, Яь).

-Схьагайта  шайгарчу элпаш юккъехь  зорбанан  жима элп яь, доккха  элп Яь.

-Хьанна девза  йозанан жима элп  яь? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Яь ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду  я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду).

-Хьан делира дика жоьпаш?

·        Йозанан  жима элп яь яздар.

(Хьехархочо  тептарш  т1ехь яздина хила деза элп яь. Уьн т1ехь а гойту элп  яь  муха яздан  деза).

яь яь яь яь яь яь яь яь яь яь яь яь яь яь яь яь яь яь яь

-Д1аязде и элпаш . Хазачу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Дешнашкахь  йозанан жима элп яь яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Яха , етт, яьшка , яьсса, яьхна , яьстина, яьржина.

-Д1адеша дешнаш. Муьлханаш ду гергара дешнаш? –

 -Д1аязде и дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

Юкъ

Мор буззий ас дечиг дохьу,

Туьллу иза пеша тхайн.

Пешо тхуна йовхо йохьу,

Серладоху дегнаш дайн.

Яга ц1е хьо, сирла яга,

Дечиг дага, сиха дага,

Алу тхуна алсам луо,

Цуьнца цхьаьна йовхо луо.

Кхерчахь дечиг даьгна дели,

Цунах алсам юкъ ма ели.

Кха т1еюхкур ю и оха,

Хьо ца  оьшу, дада, воха.

                                                          

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

·        Я,ЯЬ Ю,ЮЬ элпаш нохчийн  маттахь мукъаза  элпашна т1ехьа яздеш ца хилар таллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Д…тта , л…йчу , л…а,  х…а.

-Д1адеша хьалхара дош. Муьлха элп яздо т1адамийн метана ЛАЬА дашехь? (Аь).

(Иштта толлу важа дешнаш).

-Муьлха  элпаш дехки аша  т1адамийн метана? (Аь, уь, аь).

-Х1унда? (берийн жоьпаш).

-ДАЬТТА ,дашехь элп АЬ  мукъаза элпана т1ехьа ду. Нохчийн маттахь  мукъаза элпашна  т1ехьа элпаш Я,ЯЬ,Ю,ЮЬ ца яздо. Яздо А,АЬ,У,УЬ.

-Х1ун керланиг хии шуна? (Нохчийн маттахь мукъаза элпашна т1ехьа ца яздо элпаш Я ,Яь ,Ю,Юь).

·        Предложенеш язъяр.

Уьн т1е д1аязйо предложенеш.

Нанас  юург кечйо. Йишас суьрташ дохку.

-Д1аеша предложенеш. Маса дашах лаьтта хьалхара предложени? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп  девзи вайна? (Яь).

-Маса билгалдо Яь элпо ши аз?(Дашна юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьахь хилча).

-Яь элпо  муьлха  аьзнаш билгалдо? (Й,Аь).

-Аз (Й)  мукъа ду  я мукъаза  ду?Аз (Аь)?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина шен  болх дика кхочуш?

-Кхана  а дуьйла шайн белхан план а х1оттаяй , и кхочушбан г1ирс а хилийта шайгахь.

 

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал
Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 111 445 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 840
    • DOCX 27 кбайт
    • 55 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 6 лет и 3 месяца
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 523608
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой