Инфоурок География КонспектыКонспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Ю,ю яздар", (1-ра класс).

Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Ю,ю яздар", (1-ра класс).

Скачать материал

78-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  ю,Ю яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  ю,Ю довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а  ю,Ю.  1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а дешнашкахь  яздан.Берашна  девзар ду  я элпо лелош  долу  г1ууллакх(ши аз билгалдо  дешан юьххьехь а , мукъачу элпана  т1ехьа  нисделча ).

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  хуур ду  шайн белхан план  х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду  вовшийн кхиамех  самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна  хуур ду  шайн кхиамаш бовза  , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.

·        Коммуникативни: берашна  1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина  я доцца жоьпаш дала. Хуур ду  шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

·      Познавательни:  Берийн алсамдер ду  ойлаяр , тидам  бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду  адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна  1емар ду  шайн ц1ахь дуьйна  дешаран  кхиамаш баха  ойла т1е а  ерзина , белхан кечам  а болуш хила.

3. Личностни: берийн дозалла  хир ду нохчийн матах , лаам хир бу  и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар: «Х1етал-металш».

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Мачаш тоьгуш оьшуш ю

Тай-механа некъ боккху (Ю)

 

Дечигах йолу – дама дац

                                                   Сира ю , я борз а яц

                                                  Лиъча  хесахь  яржайо

 Я басах чу  ластайо (юкъ)

-Х1ун ю  уьш? (Ю , юкъ).

·        ЮКЪ дош фонетически таллар , схема  х1оттор.

-Ала ЙЙУКЪ. Муьлха  аз хеза  хьалхахь? (Й).

-Аз (Й)  мукъа ду  я мукъаза  ду? (Мукъаза).

-Ала ЙУУКЪ  муьлханиг ду шолг1а  аз? (У).

-Аз(У)  мукъа ду  я  мукъаза ду? (Мукъа).

-Ала ЙУКЪКЪ. Муьлха  аз хеза кхооалг1а? (Къ).

-Маса элп ду ЮКЪ дашехь? (Шиъ).

-Маса  аз ду? (Кхоъ).

-Х1унда ду  шиъ элп , кхоъ аз?  (Берийн жоьпаш).

-Ю элпо шиъ аз билгалдо дешан юьххьехь  хилча , мукъачу элпана  т1ехьа хилча а.

-Маса  еък1ов хила еза вайн  схемин? (Кхоъ).

-Йилла  схема.

        Ц1

С

 

С

-Х1ун керланиг хии шуна? (Ю элпо шиъ  аз билгалдо  дешан юьххьехь , мукъачу элпана  т1ехьахь хилча).

-Муьлха  аьзнаш ду  уьш? (Й,У).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш  аша шаьшша  билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун  кхиамаш баха дагахь ду  шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана  девзар ду  йозанан  жима а , доккха а элпаш ю ,Ю. 1емар ду  и элпаш ша-ша дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш ю,Ю довзийтар , яздар.

·        Йозанан жима а , доккха а элпаш ю,Ю довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу  урокехь? (ю,Ю).

-Схьагайта  шайгарчу элпаш юккъехь  зорбанан  жима элп ю, доккха  элп Ю.

-Хьанна девза  йозанан жима элп  ю ? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Ю ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду  я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду).

-Хьан делира дика жоьпаш?

·        Йозанан  жима элп ю яздар.

(Хьехархочо  тептарш  т1ехь яздина хила деза элп ю. Уьн т1ехь а гойту элп  ю  муха яздан  деза).

-Т1адам  буьллу  лакхарчу белхан мог1ане  терра. Билгалонна  деллачу сизе терра  охьавог1у. Хьалавоьду хьаькхначу сиза т1ехула  юккъе  кхаччалц, аьтту аг1ор воьрзу, хьалавоьду . Лакхарчу белхан мог1анна  т1е кхочуш хьаьвзаш  охьавог1у аьтту аг1ор. Лахарчу белхан мог1анна  т1екхочуш ,хьаьвзаш хьалавоьду ,д1акъовлу элп.

ю ю ю ю ю ю ю ю ю ю ю ю ю ю ю ю ю ю ю

-Д1аязде и элпаш . Хазачу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Дешнашкахь  йозанан жима элп ю яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

К1еза, юста , юза, юххе, юрт, юрг1а, юххехь.

-Д1адеша и дешнаш. Маса дешдекъах лаьтта  К1ЕЗА дош?  ЮЗА?

-ЮСТА дашехь мича меттехь ду элп Ю?(Юьххьехь).

-Дешан юьххьехь хилча х1ун г1уллакх леладо Ю элпо? (Ши аз билгалдо).

-Муьлха  аьзнаш ду  уьш? (Й,У).

-Маса  элп ду ЮСТА дашехь? (Диъ).

-Маса  аз ду? (Пхиъ).

-Д1аязде  и дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5.Сада1аран миноташ.

               Юкъ

Мор буззий ас дечиг дохьу,

Туьллу иза пеша тхайн.

 Пешо  тхуна йовхо йохьу,

Серла доху дегнаш дайн.

Яга ц1е хьо, сирла яга,

Дечиг   дага, сиха дага,

Алу тхуна  алсам луо,

 Цуьнца цхьаьна  йовхо луо.

Кхерчахь дечиг даьгна дели,

Цунах алсам юкъ ма ели.

Кха   т1еюхкур ю и оха,

Хьо ца  оьш у, дада, воха.

6. 1амийнарг  т1еч1аг1дар.

·        Йозанан доккха элп Ю яздар.

(Хьехархочо дуьйцу  , муха яздан деза йозанан  доккха элп Ю).

-Т1адам буьллу  лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан  мог1анн  юккъе. Ира  тасалуриг юьллуш , билгалонна беллачу мог1ане терра  охьавог1у . Лахарчу белхан мог1анехь шад а беш хьалавоьду  юккъе кхочуш аьтту  аг1ор воьрзу к1езиг хьала а воьрхуш . Кхузахь ша волччохь охьавог1у билгалонна беллачу мог1ане терра. Хьаьвзаш хьалавоьду ,лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна  юккъе кхочуш аьрру аг1ор хьаьвзаш , охьавог1у элп  къовлуш.

Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю Ю

-Д1аязде  Ю элп шайн тептарш т1е.

·        Ловзар : «Дог1у дош ала!».

-Бераш , аса  кегийра байташ д1айоьшур ю . Со сецча аша т1етоха  цхьа дош.

Буц хьакха со воьдуш ву,

Цундела ас мангал тусу.

Буьрка ловзош со уьду,

Юьзна яцахь ас и (юсу)

 

  Арахь тахна ч1ог1а ков туху

                                               Араволуш ас  палш …..(юху)

 

Накхармозий дера ду
 Шаьш 1е ца дитча

Тухуш ….(Ю)

 

                                            Юлу буса борз ша уг1у

Кхоьруш ас т1етосу …(юрг1а)

 

-Муьлха дешнаш туьйхира аша  т1е? (Юрг1а , ю, юху, юсу).

·        Дешнашкахь  йозанан жима элп Ю яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Юнус, Юсуп, Юшаъ, Юнади.

-Д1адеша и дешнаш. Муьлхачу элпаца яздина уьш? Х1унда?

-Д1аязде и дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп  девзи вайна? (Ю).

-Маса билгалдо Ю элпо ши аз?(Дашна юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьахь хилча).

-Ю элпо  муьлха  аьзнаш билгалдо? (Й,У).

-Аз (Й)  мукъа ду  я мукъаза  ду?Аз (У)?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина шен  болх дика кхочуш?

-Кхана  а дуьйла шайн белхан план а х1оттаяй , и кхочушбан г1ирс а хилийта шайгахь.

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал
Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 177 465 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 1180
    • DOCX 28.4 кбайт
    • 46 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 6 лет и 4 месяца
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 538947
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой