- 01.10.2020
- 1907
- 47
Курсы
Другое
79-г1а урок.
Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш юь,Юь яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш юь,Юь довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а юь,Юь. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешнашкахь яздан.Берашна девзар ду я элпо лелош долу г1ууллакх(ши аз билгалдо дешан юьххьехь а , мукъачу элпана т1ехьа нисделча ).
2. Метапредметни:
· Регулятивни: берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду вовшийн кхиамех самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Хуур ду шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.
· Познавательни: Берийн алсамдер ду ойлаяр , тидам бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна 1емар ду шайн ц1ахь дуьйна дешаран кхиамаш баха ойла т1е а ерзина , белхан кечам а болуш хила.
3. Личностни: берийн дозалла хир ду нохчийн матах , лаам хир бу и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
· Х1етал-метал хаьийла шуна:
Абатехь со оьшуш ду,
Цунна дукха дезаш ду.
Абатехь сан йиша ю,
Сох и ч1ог1а тера ю.
Амма хьайна довза лаахь
Ган а , довза аьтту бу хьан.
Деша дешнаш : юьхьиг,
Юькъа , юьртахь , юьхьк1ам
-Билгалдаккха хьалхахь дерг.
Ала бераш: девзий шуна,
Юьхьк1ам дешча гуш а дерг? (Юь).
-Муьлха элп ду цуьнан йиша? (Ю).
-Х1ун хаьа шуна Ю элпах лаьцна? (Ю элпо ши аз билгалдо дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьахь хилча).
-Юь элп цуьнан йиша хилча , Юь элпан хир юй иштта башхаллаш? (Берийн жоьпаш).
· ЮЬХЬ дош фонетически таллар, схема х1оттор.
-Маса дешдакъа ду ЮЬХЬ дешан?
-ала ЙЙУЬХЬ. Муьлха аз хеза хьалхахь? (Й).
-Аз (Й) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Ала ЙУЬУЬХЬ .Муьлха аз хеза шолг1а? (Уь).
-Аз (Уь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).
-Ала ЙУЬХЬХЬ. Муьлха аз хеза кхоалг1а? (Хь).
-Аз (Хь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Маса элп ду ЮЬХЬ дашехь? (Шиъ).
-Маса аз ду? (Кхоъ).
-Х1унда ду ЮЬХЬ дашехь ши аз , кхо элп? (Берийн жоьпаш).
-Юь элпо ши аз билгалдо дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьа.
-Йилла схема.
Ц1 С |
С |
-Х1ун керланиг хии шуна? (Юь элпо шиъ аз билгалдо дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьахь хилча).
-Муьлха аьзнаш ду уьш? (Й,Уь).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш , таханлера т1едилларш аша шаьшша билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?
(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).
-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш юь ,Юь. 1емар ду и элпаш ша-ша дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш юь,Юь довзийтар , яздар.
· Йозанан жима а , доккха а элпаш юь,Юь довзийтар.
- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу урокехь? (юь,Юь).
-Схьагайта шайгарчу элпаш юккъехь зорбанан жима элп юь, доккха элп Юь.
-Хьанна девза йозанан жима элп юь ? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Юь ? Схьагайта.
-И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду).
-Юь элп яздеш масса хьаьрках пайдаэцна? (Шина).
-Муьлханаш ю уьш? (Й, Уь).
-Элп Юь цхьалха ду я шалха ду? (Шалха).
-Хьан делира дика жоьпаш?
Йозанан жима элп юь яздар.
юь юь юь юь юь юь юь юь юь юь юь юь
-Д1аязде и элпаш . Хазачу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Дешнашкахь йозанан жима элп юь яздар.
(Уьн т1е д1аяздо дешнаш).
Юьхк , юькъа , юьхь, юьхьиг , юьртахь ,юьстаха ,юьхьк1ам.
-Д1адеша и дешнаш. Маса дешдекъах лаьтта ЮЬСТАХА дош?
ЮЬСТАХА дашехь мича меттехь ду элп Ю?(Юьххьехь).
-Дешан юьххьехь хилча х1ун г1уллакх леладо Ю элпо? (Ши аз билгалдо).
-Муьлха аьзнаш ду уьш? (Й,Уь).
-Маса элп ду ЮЬСТАХА дашехь? (Ялх).
-Маса аз ду? (Ворх1).
-Д1аязде и дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
5. Сада1аран миноташ.
Вай яздира, яздира,
Куьйган п1елгаш к1адделира.
Вай жиммасадо1ур ду,
Т1аккха юха а яздийр ду.
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
· Предложенеш язъяр.
(Уьн т1е д1аязйо предложенеш).
1уьйранна хьалххе хьалаг1отту Юсуп. Ша д1атабо цо
шен мотт . Сабанца юьхь юьлу.
-Д1аеша предложенеш. Маса дош ду хьалхарчу предложенехь? (Диъ).
-Муьлханиг ду хьалхара ? Шолг1а? Кхоалг1а? Доьалг1а? Муха къастайо предложенеш йозанехь вовшех? Муьлхачу элпаца яздо предложенехь хьалхара дош?
· Ловзар : «Де-буьйса».
-Бераш , аса д1аэр ду тайп-тайпана дешнаш. Аса Юэлп хьалхахь долуш дош алахь д1адийша. Юь долуш дош алахь хьалаг1овтта.
Юьхь, юкъарло, юза, юьхьк1ам, юькъа , Юшаъ, Юнади, юьстаха, юьхк, юххе , юрт, юьртахь ,юкъара.
· Кхоллараллин болх.
-Бераш вай ян еза жима проект Юь элпах лаьцна.
-Вай кечбина г1ирс берриге Юь элпах лаьцна бу. Иза вай цхьана кехат т1е д1анисбан беза. Х1ун латор ю цу т1е дуьххьара? (Юьхкан сурт)
-Х1унда латош ду и сурт дуьххьара? (Элп Юь юьхк дашехь ду).
-Х1ун латор ю шолг1а? (Элаш яздийр ду : зорбанан а , йозанан а).
-Муьлха аьзнаш билгалдо Юь элпо? (Й,УЬ).
-Х1ун дийр ду царна? (Д1аяздийр ду).
-Хьанна хаьа байт Юь элпах лаьцна? Д1аязъе.
-Дешнаш а яздан мегар ду цу т1е.
-Схьадийца шайн проектах лаций.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
7. Жам1 дар.
-Муьлха элп девзи вайна? (Юь).
-Маса билгалдо Юь элпо ши аз?(Дашна юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьахь хилча).
-Юь элпо муьлха аьзнаш билгалдо? (Й,Уь).
-Аз (Й) мукъа ду я мукъаза ду?Аз (Уь)?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина шен болх дика кхочуш?
-Кхана а дуьйла шайн белхан план а х1оттаяй , и кхочушбан г1ирс а хилийта шайгахь.
Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Удалить материалУчитель
Файл будет скачан в форматах:
Материал разработан автором:
учитель начальных классов
Об авторе
Настоящая методическая разработка опубликована пользователем Акуева Раяна Мухидовна. Инфоурок является информационным посредником
Конспект урока по чеченскому языку "Аз а, элп а Вв" предназначен для учителей первого класса. Цель составления конспекта помочь учителям и сделать так, чтобы они тратили меньше времени на поиски действительно полезного материала.
Курс повышения квалификации
36/72/108 ч.
Курс повышения квалификации
36 ч. — 180 ч.
Курс повышения квалификации
72 ч. — 180 ч.
Курс повышения квалификации
36/72 ч.
Еще материалы по этой теме
Смотреть
Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
7 366 740 материалов в базе
««Абат (Букварь)»», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э.
Больше материалов по этому УМКВам будут доступны для скачивания все 361 277 материалов из нашего маркетплейса.
Мини-курс
2 ч.
Мини-курс
3 ч.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.