Инфоурок География КонспектыКонспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Ж,ж яздар", (1-ра класс).

Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш Ж,ж яздар", (1-ра класс).

Скачать материал
библиотека
материалов

72-г1а урок.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш ж,Ж яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш ж,Ж довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а ж,Ж . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду вовшийн кхиамех самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Хуур ду шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду ойлаяр , тидам бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна 1емар ду шайн ц1ахь дуьйна дешаран кхиамаш баха ойла т1е а ерзина , белхан кечам а болуш хила.

3. Личностни: берийн дозалла хир ду нохчийн матах , лаам хир бу и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.Берашна 1емар ду воккханиг лера , цуьнан сий дан.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар: «Дог1у дош ала!»

Хьуна хаа дац-кха хала,

Х1усам ларъеш, лета (Ж1аьла).


1емаш ву со тилла тхов,

Хьостамна т1е етташ....(Ж1ов).


Ас хьуьнхара беа хьонка;

И бан ваха ю сан конка..

Эрна ца дай хьуьнха вахар,

-Яй чохь кхехкаш ма бу ....(Жахар).


Екашерг яц аьчкан бирг1а,

Тата деш ерг ю сан....(Жирг1а).

-Муьлха х1уманаш ю уьш? (Жирг1а, жахар ,ж1ов, ж1аьла).

-Х1ун ду церан юкъара? (Царна юьххьехь хеза аз (Ж).

-Муьлхачу элпаца билгалдо и аз йозанехь?

3.1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш аша шаьшша билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш ж,Ж 1емар ду и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш ж,Ж довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш ж,Ж довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу урокехь? (ж,Ж).

-Схьагайта шайгарчу элпаш юккъехь зорбанан жима элп ж, доккха элп Ж.

-Хьанна девза йозанан жима элп ж? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Ж ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду).

- -Хьан делира дика жоьпаш?

  • Фонетически зарядка.

Бумбарис «къамел» муха до? («Ж-ж-ж» - деш)

-Муьлха аз хеза ? (Ж).

-Аз (Ж) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

  • Йозанан жима элп ж яздар.

(Хьехархочо тептарш т1ехь яздина хила деза элп ж. Уьн т1ехь а гойту элп ж муха яздан деза).

ж ж ж ж ж ж ж ж ж ж ж ж ж ж ж ж ж ж ж ж

-Д1аязде и элпаш .Хазачу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Дешдакъошкахь йозанан жима элп ж яздар.

(Уьн т1е д1аяздо дешдакъош )

жа аж жо ож жу уж жи иж же еж

-Хьан карор дара дешдакъа ЖА хьалхахь долуш дош? (Жахар).

-Хьан карор дара дешдакъа ЖУ хьалхахь долуш дош?(Жуккар).

-Хьан карор дара дешдакъа ЖИ хьалхахь долуш дош?(Жижиг).

-Дика кхочуш ди аша и т1едиллар. Д1аязде и дешдакъош.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Дешнаш довзар.

-Бераш , вай декхарийлахь ду нохчийн мотт дика хаа.Цундела лерина хьовса деза :х1ун ю юьйцург?

1.Деха лаг а, беха когаш а болу дийнат? (Жираф)

2.Вайна гонах долу 1алам? (Жил1алам)

3.Кхо ког болу г1ант? (Ж1айг1ант)

4.Жима диг? (Жоммаг1а)

5.Коран ангали т1ехь шелоно диллина сурт? (Ж1амар)

  • ЖИЛ1АЛАМ дешан схема х1оттор.

(Яханчу урокашкахь сана д1ахьо и болх).

Ц1

С


С

Ц1

С

Ц1

С


С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

Накхармозий

Аз Ж т1еч1аг1деш пайдаэца мегар ду х1окху ловзарх.

Хьехархочо хотту: «Бераш, зезагашна а, варени т1ехула ахьийза накхармозий гиний шуна? Цара царна т1ера дургал схьагулдо, юха цунах моз доккху. Акхаройх уггаре а дукха моз дезарг муьлхарниг ду? Нийса боху. Ча ю. Накхармозий чохь долчу яьшки т1е йоьду иза, амма вукхара т1е ца юьту «ж - ж» деш (бераша т1аьхьара олу). Ча яьшки чуьра моз даккха г1ерта, амма вукхара ца ло шаыы къа а хьоьгуш даьккхина моз.

Дагардарца берашна юкъара ча хоржу:

Цхьаъ - шиъ - кхоъ, ча хир ю хьо!

Чаюьстах а йолий д1ах1утту.

Накхармозий ненан дешнаш (хьехархочун):

- Накхармозий т1емадевлла

Даха моз лахьо.

Чано кхуза схьаеъна халла

Дерриг моз д1ахьо.

Накхармозийн дешнаш (берийн):

- XIapa моз ду тхан кхача.

Яхийта ахь ц1ехьа, ча!

Ж-ж-ж-ж-ж!

Куьйгаш лестош, багахь «ж-ж-ж» деш бераш класса чухула уьду. Юха шайн ц1а чу доьлху (чоьнан соне). Ча цига йоьду, цара «т1емаш» лестошча эккхайо, цунах д1ауьду Ча уьш схьалаца г1ерта.

6. Йозанан жима элп ж дешнашкахь , дешдакъошкахь яздар.


  • Дешнашкахь йозанан жима элп ж яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Харж , жарж, ж1ов , жаг1а , жа1у, жам1ат.

-Маса дешдакъа ду ХАРЖ дешан? ЖАРЖ дешан? ЖАМ1АТ дешан?

-Д1аязде и дешнаш. Ж элпана буха сиз хьакха.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Предложени язъяр.

Уьн т1е д1аязйо предложении, цхьа дош ца яздеш.Берашна хаа деза и муьлха дош ду.

Тхо долчохь дуккха а уьстаг1ий ду. Уьш …. дажадо.

-Д1аеша предложенеш. Хьан дажадо уьстаг1ий? (Жа1уша).

-Муьлха дош дог1у т1адамийн метана? (Жа1уша).

-Д1аязъе предложенеш.

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи вайна? (Ж).

-Ж элпо муьлха аз билгалдо? (Ж).

-Аз (Ж) мукъа ду я мукъаза ду?

Муьлхачу дешнашкахь юьххьехь хеза и аз? Юккъехь ? Чаккхенгахь?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина шеен болх дика кхочуш?

-Кхана а дуьйла шайн белхан план а х1оттаяй , и кхочушбан г1ирс а хилийта шайгахь.



73-г1а урок.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш ж,Ж яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш ж,Ж кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а ж,Ж . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду вовшийн кхиамех самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Хуур ду шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду ойлаяр , тидам бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна 1емар ду шайн ц1ахь дуьйна дешаран кхиамаш баха ойла т1е а ерзина , белхан кечам а болуш хила.

3. Личностни: берийн дозалла хир ду нохчийн матах , лаам хир бу и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Кроссворд.

Суьрташ т1ехь долу дийнаташ а, олхазарш а девзий хьовса.Церан ц1ераш кроссвордаи еак1овш чу язъе. (Жоп: жарг1а, г1аз,алкханч, аттйокх, ж1аьла,г1ург1аз,акхтарг)



Г1

А

З

А

1

Л

У

Т

Р

З

АЬ

Кх

Р

Й

Г1


Л

А

Г1

О

А

А

Н

А

КХ



Ч

З


Жарг1а-хьакха

Алкханч- грач

Г1ург1аз-лебадь

Атйокх-кукушка.

Аг1аз-газанан тайпа.

-Муьлха дош хили шуна карийнарг? (Жаг1жаг1а-галка).

3.1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш аша шаьшша билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш ж,Ж 1емар ду и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш ж,Ж яздар.

  • Йозанан жима элпаш ж яздар.

(Хьехархочо тептарш т1е д1аязбина хила беза мог1анаш).

  • Йозанан доккха элпаш ж яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха яздан деза йозанан доккха элп Ж).

Ж Ж Ж Ж Ж Ж Ж Ж Ж Ж Ж Ж Ж Ж Ж Ж Ж Ж

-Д1аязде элп Ж тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Йозанан доккха элп Ж дешдакъошкахь яздан 1амор.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту йозанан доккха элп Ж дешдакъошкахь муха хотта деза).

жа жо жу жи же

-Д1адеша и дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Дешнашкахь йозанан жима а , доккха а элпаш ж,Ж яздар.

Маржан , Жалил , Межед, Жамалди , Жунид

-Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца?(Уьш адамийн ц1ерш ю . Адамийн ц1ерш даккхицчу элпашца язйо).

  • ЖАХАР дешан схема х1оттор.

-Ала оьшу дош.

Ас хьуьнхара беа хьонка;

И бан ваха ю сан конка..

Эрна ца дай хьуьнха вахар,

-Яй чохь кхехкаш ма бу ....(Жахар).


-Маса дешдакъа ду жахар дешан? Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? Шолг1а?

-Муьлха аз ду хьалхара? (Ж).

-Аз (Ж) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлха аз ду шолг1а? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлха аз ду кхоалг1а? (Х).

-Аз (Х) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлха аз ду доьалг1а? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлха аз ду пхоьалг1а? (Р).

-Аз (Р) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду ЖАХАР дашехь? Маса элп ду?

-Маса еък1ов хила еза схемин? (Пхиъ).

-Муьлханаш ду аьзнийн цхьанаэдаларш? (Жа , ха).

-Муха билгалдоху уьш схеми т1ехь? (Ши бос болчу еък1овшца).

-Х1отта е схема.

Ц1

С

Ц1

С


С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?



  • Предложенеш язъяр.

Жалил бежа1у ву. Маржана бежнаш узу.

-Д1аеша и предложенеш. Стенах лаьтта предложении? Маса дош ду хьалхарчу предложенехь? Шолг1ачу?

-Д1аязъе и предложенеш.

  • Кхоллараллин болх.

-Бераш , вай жима проект ян еза Жж элпах лаьцна. Беригге Жж элпах лаьцна болу г1ирс вай гулбан беза цхьана кехат т1е. Дуьххьара х1ун латуо ю вай т1е? (Ж1ов, жижиг).

-Х1унда ? (Царна хьалхахь хеза аз(Ж).

-Шолг1а х1ун латор ю? (Аз (Ж)).

-Муьлхачу элпашца билгалдо аз (Ж)? (Йозанан , зорбанан элпашца ).

-Х1ун латор ю х1инца? (Шина тайпана элпаш).

-Хьанна хаьа Ж элпах лаьцна байт? Х1ун дийр ду вай цунна? (Д1аязйийр ю).

-Хьанна хаьа фонетически зарядка? Д1аязъе иза.



7. Жам1 дар.

-Чакхъяккха сан ойла:

Жижиг , ж1ов ,ж1аьла дешнашкахь хеза аз ….(Ж).

-Аз (Ж) ца лакхало , цундела иза ду …(мукъаза).

-Аз (Ж) йозанехь билгалдо жима , доккха а элпашца..( ж,Ж).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Шаьш кхана бен болу болх билгалбаккха.



  • Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
    Пожаловаться на материал
Скачать материал
Найдите материал к любому уроку,
указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
также Вы можете выбрать тип материала:
Проверен экспертом
Общая информация
Учебник: ««Абат (Букварь)»», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э.

Номер материала: ДБ-1375423

Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Курс профессиональной переподготовки «Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе»
Курс повышения квалификации «Правовое обеспечение деятельности коммерческой организации и индивидуальных предпринимателей»
Курс повышения квалификации «Основы местного самоуправления и муниципальной службы»
Курс повышения квалификации «Организация научно-исследовательской работы студентов в соответствии с требованиями ФГОС»
Курс профессиональной переподготовки «Клиническая психология: теория и методика преподавания в образовательной организации»
Курс повышения квалификации «Специфика преподавания конституционного права с учетом реализации ФГОС»
Курс повышения квалификации «История и философия науки в условиях реализации ФГОС ВО»
Курс повышения квалификации «Управление финансами: как уйти от банкротства»
Курс профессиональной переподготовки «Организация деятельности по подбору и оценке персонала (рекрутинг)»
Курс повышения квалификации «Основы менеджмента в туризме»
Курс профессиональной переподготовки «Управление ресурсами информационных технологий»
Курс повышения квалификации «Методы и инструменты современного моделирования»
Курс профессиональной переподготовки «Методика организации, руководства и координации музейной деятельности»
Курс профессиональной переподготовки «Гостиничный менеджмент: организация управления текущей деятельностью»
Курс профессиональной переподготовки «Технический контроль и техническая подготовка сварочного процесса»

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.