Нохчийн
литература
Тема:
Б. Чалаев. «Кхоллараллин лехамехь» .
1алашо:
Б. Чалаевн «Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а , кхеташ
а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Дешархошна керл корматталла йовзийтар.
Иза караерзо лаам кхоллар.Нохчийн шайн кхиамехь г1арабевлла нах бовзуьйтар,
царех дозалла дан 1амор.Царех тарбала лаам кхиор.
Билгалбаьхна
кхиамаш: берашна 1емар ду меллашачу озана т1
ера ч1ог1ачу озана т1е а воьрзуш дийцаран тексташ еша 1амор. Дийцаран
чулацамах кхета а 1емар ду бераш. Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна
жоьпаш дала. Берашна евзар ю керла корматалла иза йовза а , караерзо лаам
кхоллалур бу.
Урок
д1аяхьар
1
. Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллера
шуна шуна ц1ахь 1амо? ( «Со а хир ву г1ишлоярхо» ц1е йолу дийцар)
-Д1адеша
дийцар.
-Схьагайта
шаьш дехкина суьрташ. Х1ун хаьа шуна цу г1ишлойх лаьцна?
2.
Мотт шарбар.
Бекъа-ц1ок
Ц1ок-ц1ок,
ц1ок-ц1ок!
Бекъа
ю со, къорза ц1ок.
Когийн
бергаш ас туху,
Лаахь,
хьо а хохкур ву.
Хьажал,
со мел хаза ю:
Мел
тамехь ду ц1ога, кхес,
Ц1ок-ц1ок,
ц1ок-ц1ок
Йодур
ю со хилла ткъес!
-Д1аеша
меллаша массара цхьана меллашачу олзаца
-Д1аеша
ч1ог1ачу озаца массара цхьана ч1ог1ачу озаца.
-Муха ю бекъа ?
Хьуна езий ишттаниг?
3.
1алашо йовзийтар.
-Муьлха
произведени евзар ю шуна тахана? («Кхоллараллин лехамехь»)
-Мила ву
цуьнан автор? (Б. Чалаев)
-Х1ун болх
д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш бахалур бу шуга тахана?
-Вайна тахана
евзар ю Б. Чалаевн «Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцар. Вайна 1емар ду
нийса а , шера а , кхеташ а нийса а дийцаран тексташ еша. Шуна евзар ю керла
корматалла.
4.
Керла тема хьехар.
а)
Кагделле дош х1оттар.
-Хьовсал х1ара
кагделла дош ду. И хоьттича шуна хуур ду: вайна муьлха корматалла евзар ю.
тер,
ак
-Муьлха дош ду
аша хоьттинарг? (Актер)
-Мила ву
актер?
-Муьлха
актераш бевса шуна?
аь)Хьехархочо
д1адоьшу Б. Чалаевн « Кхоллара ллин лехамехь» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.
б)Чулацамах
къамел дар.
-Мила ву Дудаев
Муса? (Актер ву)
-Иза юккъахь
волуш муьлха кино гина шуна?)
5.
Сада1аран миноташ.
6.
Керла тема кхин д1а а хьехар.
а)Бераша
меллаша д1адоьшу меллаша массара цхьана Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь»
ц1е йолу дийцаран 1-ра .
аь)Бераша
ч1ог1а д1адоьшу меллаша массара цхьана Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь»
ц1е йолу дийцаран 1-ра дакъа .
б) Къастош ешар.
-Мила ву Дудаев
Муса? Д1аеша цунах лаьцна.
-Мусана хаарий
артисташ кечбеш йолу институташ юй? Д1аеша цунах лаций.
-Муха
тасавелира Муса деша ? Д1адеша цунах лаций.
-Х1ун боху
автора Мусан дешаран шерах? Д1адеша цунах лаций.
-Маца
чакхйоккху Дудаевс институт? Д1адеша цунах лаьцна.
-Хьан до г1о
Мусана? Д1адеша цунах лаций.
-Хьанна лаьа
шуна актер хила?
7.
Рефлекси.
-Муха кхиамаш
бехи аша тахана? Хьайн белхан мах хадош сурт дилла маьлхан?
8.
Жам1 дар.
-Муьлха дийцар
девзира шуна?
-Мила ву цуьнан
автор?
-Хьанах лаьцна
ду иза?
9.
Ц1ахь бан болх балар.
Б. Чалаевн «
Кхоллараллин лехамехь» 1-ра дакъа д1адеша.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.