Инфоурок Начальные классы КонспектыКонспект урока по чеченской литературе на тему " Пасха" С. Яшуркаев

Конспект урока по чеченской литературе на тему " Пасха" С. Яшуркаев

Скачать материал

Урокан ц1е: С. Яшуркаев : «Пасха»

1алашо: С. Яшуркаевн дахар, кхолларалла , цуьнан «Пасха»ц1е йолу дийцар довзийтар . Нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: дешархойн дийцаран чулацамах лаьцна шайн кхетама хир бу. 1емар ду меллаша а, хезаш а , аз хийцош а еша. Берашна хуур дую ха ешарца шайн г1алаташ нисдан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: дешархошна хуур ду шайн болх кхиамаш дика хир болчу кепара д1анисбан. 1емар ду учебника т1ехь билгалбинчу г1ирсан рог1алла а х1оттийна урокан 1алашоне кхача.

  • Коммуникативни: дешархошна 1емар ду къамелехь дакъалаца. Хьехархочун хаттаршна бух болуш жоьпаш дала. 1емар ду шайна оьшург хата, шайна хиънарг накъосташна д1адийца.

  • Познавательни: дешархошна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшу г1ирс каро. Дешархой т1екхуьур бу дийцаран коьртачу маь1нина, девзар ду керла дешнаш. Берашна т1екхуьур бу нохчийн халкъо лайна бала бовза.Берийн алсамдер ду х1ума довза лаар.

3. Личностни: берийн амалехь кхуьур ю дика аг1онаш: хьалкъах дозалла дар, ваккхийвер. Шен халкъан д1адаханчуьнга леерам хилар.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2. Ц1ера болх таллар.

3. 1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.

-Д1аелла учебникан 53-62-г1а аг1о. Муьлха дийцар девзар ду вайна тахана? («Пасха»).

-Мила ву цуьнан автор? (С. Яшуркаев).

-Стенах лаьцна хир бу цуьнан чулацам?Х1ун ю пасха? Нохчаша муха олу цунах лаьцна?

-Бераш, вайна девзар ду нохчийн яздархочун С. Яшуркаевн дахар, кхолларалла. Д1евзар ду цо яздина дийцар «Пасха». Шуна бевзар бу махках баьхначохь вайн дайша лайна бала.

4. Керла тема хьехар.

  • Хьехархочун дош.

Яшуркаев Султан Сайдалалиевич-нохчийн яздархо , прозаик ву.

Иза вина 1942 шарахь Эшилхатойхь, Веданан районерчу Нохчийчохь.

Яшуркаевс чакхъяьккхина хьехархойн институт , юридически факультет Московски пачхьалкхан университетан Ломоносовн ц1арах йолу.Цо белхаш бина хьехархочун, прокуроран,следователан даржашкахь.

Цо язйо шен произведенеш шина маттахь: нохчийн, оьрсийн.Цо язйина произведенеш : «Картолаш», «Зина», «Напса» и. кх. д.

Яшуркаевн произведенеш гочйина ю немцойн , французийн, чехин, полякин меттанашка

Суна шуна йовзийта лаьа С. Яшуркаевн угар а сайна хазъелла стихотворении «Дайн боцчу махкахь»

Самах ду, гIенах ду,

Амма вай генахь ду -

Дайн боцчу махкахь.

ДогIанаш шийла ду,

Дог-ойла гIийла ю -

Дайн боцчу махкахь.

Дика а вон а дац,

Даймехка хIо а дац -

Дайн боцчу махкахь.

Малхаца йовхо яц,

ХIусамех овхо яц-

Дайн боцчу махкахь.

ТIе вогIуш хьаша вац,

Дог Iабош кхача бац -

Дайн боцчу махкахь.

Юхь а яц, дош а дац

Кечваларх товш а вац -

Дайн боцчу махкахь.

Кийра шах боьттина,

Логе шад хIоьттина -

Дайн боцчу махкахь.

Хир ду мел моьттинарг

Ца хилла хIоьттина -

Дайн боцчу махкахь.

ЧIара шен хичохь бу -

Шен хIордо хьаьстина,

Хууш дац мичахь ву,

Даймахках къаьстинарг.







F:\АЙНА\yashurkaev-sultan.jpg



Хьехархочо д1айоьшу С. Яшуркаевн «Пасха». (Цхьа дакъа «Юха цкъа а коменданта д1авигира….» т1е кхаччалц. Аг1о 58).

  • Чулацамах лаьцна къамел дар

-Хьанна хаьа шуна , муха досту оьрсаша марха?

-Мила ву дийцаран коьрта турпалхо? (Жима к1ант ву)

-Хьенан ц1арах ду дийцар? (К1ентан).

-Х1ун йохьуш вог1уш ву к1ант? (Гали ду).

-Муха ду цуьнан духар? (Цунна т1ехь басмин коч ,хеча бен х1умма а дац).

-Стенгара даьлла дара уьш тегна к1ади? (Иза наха деллера. Х1окхунан дешичас ,кхин цхьаммо юьртара туьканна къола дина лачкъина дара иза. Цара иза нахана д1адекънера. Цунах тегна яра и бедарш).

-Х1унда ца дуьллура к1анта гали охьа? (Юха хьала айбалур дацара цуьнга иза).

-Х1ун хир ю аьлла хетта шуна цу чохь?

-Стенна сихвелла к1ант? (Иза 1уьранна беже ваха кхиа везаш ву).

-Муха вохлора к1ант беже вахача? (Цо шеен когаш кхон юкъа бохкура).

-Муха хилара бажа балош бог1у зударий ?(Йовха бедарш а юхий хуьлура).

-Х1ун олура цара к1антан хьокъехь? («Бедный мальчик» -олура).

-Хьанна т1екхачо г1ерта гали? (Цуьнан нана ю мацалла йоьжна. Ваша ву меца лаьтташ. Х1оаш диъча уьш толур бу бохург дара к1ентан дагахь).

-Х1ун хеззера цунна лулахойн чу вахача? (Хьава лийр ю олуш).

-Х1унда олура цара и иштта? (Царна моьттура х1ара ца кхета).

-К1антана хаьарий валар х1ун ду? (К1антана хаьара валар х1ун ду. Цунна гинера шеен ненайиша леш).

-Х1унда вара х1ара ненахошца 1аш? (Цига хьошалг1а ваханчохь нохчий бохийнера. Х1ара цаьрца висира).

-Мила веара х1ара д1авига? (Да. Амма кхунна да ца вовзара).

-Муха хилира нана йовзар? (Ц1а веъча ц1а чохь кхо зуда яра . Уьш тишбелла бар. Цхьаъ мара кхетта йоьлхура. Иза кхуьнан нана яра).

-Нохчин бохорах х1ун хии шуна? Х1ун хезнера шуна цара дуьйцуш?

5. Сада1аран миноташ.

6. Керла тема хьехар.

  • Бераша д1адоьшу С. Яшуркаевс яздина «Пасха» дийцар.

  • Къастош ешар.

  • 7. Рефлекси.

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар девзира шуна? Мила ву цуьнан автор? Стенан ойлайойту шуьга оцу дийцаро?

9. Ц1ахь бан болх балар.

1. С. Яшуркаев н« Пасха» дийцаран цхьа дакъа д1адеша.





Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока по чеченской литературе на тему " Пасха" С. Яшуркаев"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 6 месяцев

Ректор

Получите профессию

Няня

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 655 033 материала в базе

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 27.02.2016 8962
    • DOCX 57.6 кбайт
    • 217 скачиваний
    • Рейтинг: 2 из 5
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Умалатова Айна Вахаевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Умалатова Айна Вахаевна
    Умалатова Айна Вахаевна
    • На сайте: 8 лет и 1 месяц
    • Подписчики: 2
    • Всего просмотров: 24786
    • Всего материалов: 5

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Методист-разработчик онлайн-курсов

Методист-разработчик онлайн-курсов

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 120 человек из 43 регионов

Курс повышения квалификации

Программа работы с неуспевающими и слабоуспевающими учащимися старшего дошкольного и младшего школьного возраста

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 131 человек из 37 регионов
  • Этот курс уже прошли 259 человек

Курс профессиональной переподготовки

Математика: теория и методика преподавания в сфере начального общего образования

Учитель математики в начальной школе

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3950 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 127 человек из 45 регионов
  • Этот курс уже прошли 178 человек

Курс повышения квалификации

Возрастные особенности детей младшего школьного возраста

36 ч.

1700 руб. 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 127 человек из 50 регионов
  • Этот курс уже прошли 2 091 человек

Мини-курс

Современные тенденции в архитектуре

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Педагогические аспекты работы с баснями Эзопа

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Психологические механизмы и стратегии: сохранения психологического равновесия

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 24 человека из 12 регионов
  • Этот курс уже прошли 12 человек