Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Начальные классы / Другие методич. материалы / Контрольные диктанты по чеченскому языку за 1 полугодие в 2,3,4 классах

Контрольные диктанты по чеченскому языку за 1 полугодие в 2,3,4 классах

  • Начальные классы

Поделитесь материалом с коллегами:

Талламан диктант

4 класс



Пхьагал.

Дитташ т1ера г1аш охьаэгнера. Тайп – тайпанчу басаршца кечдина санна, хаза дара дитташна к1еллахь 1охку г1аш. Хьунан стоьмаш а хиллера. Оцу хазачу дийнахь сой, хьунан хехо волу Илессий хьуьнахула вог1уш вара. Жимма д1анехьо тхойша ваьлча, цхьана кулла юккъера схьаиккхира сира пхьагал басехьа едда д1аяхара. Цуьнан чук1ело к1айелла йог1ура. «Иза 1аьнна кечам беш, туьлуш ю», - бохура Илеса. Пхьагал рег1а буьххьехь йолчу коканан коьллаш юккъе д1алечкъира.



(63 дош) Хь. Хасаев



Т1едиллар:

1) билгалдина дешнаш хIоттамца къастаде.

2) шала мукъаза элпашна буха сиз хьакха























Талламан диктант

3 класс



Динберг.

Динберг дукхашерийн асаран орамат ду. Динберган нийса ирах яхана Iаьрче хуьлу, буьххьехь зазадоккху кан а болуш, шена тIехь дуккха а луьста кегийра хIуш а долуш. Дарбанна лелош молханийн орамат ю иза. Динберган дарбане дерг гIа а, хIуш а ду.

Динбергаш гулъян йолайо заза даккха долийчахьана цуьнан гIа маргIалдала доладаллалц. Динбергаца дарба лелош, цунах хила дарба дацахь а, лоьрах дагаволуш лелийча, нийса хир ду.

(Хь. Хасаев) 54 дош



ТIедилларш:

1) динберг дешан массо форма схьаязъе.

2) схьаяздина дешнаш хIоттамца къастаде.





















Талламан диктант

2 класс



Берийн ловзар.

Бераш ловза арадевлира. Лечкъаргехь ловза дагадеара царна. Некха т1е куьг а тухуш, дагардира Мохьмада. Иза ша б1аьргаш хьаббан висира. Берриге д1алевчкъира. Самукъадолуш левзира бераш.

23 дош.

Т1едиллар:

1) долара ц1е, дешдакъошка а йоькъуш, д1аязъе;

2) шайн хазахетачу ловзарех лаьцна предложени д1аязъе.

Автор
Дата добавления 20.04.2016
Раздел Начальные классы
Подраздел Другие методич. материалы
Просмотров1432
Номер материала ДБ-043738
Получить свидетельство о публикации

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх