Инфоурок Начальные классы Другие методич. материалыКъовсаман сочинени «Мерза дош-Нана»

Къовсаман сочинени «Мерза дош-Нана»

Скачать материал

 

 

 

Къовсаман сочинени

«Мерза дош-Нана»

 

 

 

 

 

Соьлжа-Г1аларчу №35 йолчу

юккъерчу юкъарадешаран

школан 9б классан дешархо

 Салманова Макка

 

Хьехархо: Чемирзаева Яха Сайпудиновна

Мерза дош – Нана!

 

 

«…  Ма хаза дош ду хьо-Нана.

Ма мерза чам бу хьо – Нана.

Дуьххьара долу дош багара,

Даккхийдеш олу вай даггара.

                                                                                             Шийлачохь йовхо ю-Нана.

                                                                                           1аьржачохь серло ю –Нана.

Мел дукха адам ду хаза,

Массарел Нана ю хаза!… »

 

            Ч1ог1а мехала ду Дуьнена юкъара зударийн де доллушехь - 8-г1а март, нохчийн къоман куьйгалхочо Кадырова Рамзана, шен указаца, нохчинй зудчун де билгалдаккхар. Берриге а нохчийн къоман зударийн де и делахь а хьан ойланца, кхетамца, безамца хьалха х1утту ненан сибат.

            Кху дезачу денца суна  декъалбан лаьа массо наной, къаьсттина, дерриге а къоман нана, сий долу Аймани. Шен деган аьхна йовхо, доьзалшна а, йиша –вешина а кховдийна ца 1аш, нохчийн халкъана д1акхийдош ехаш йолу.

            Дала уггаре а еза леринарг нана ю.

«Нана, сан хьоме нана» - сайн дагахь дуьйцу ас и дешнаш , наггахь меллаша а, наггахь жимма ч1ог1а а, х1ора хенахь со кхета а кхета: «Сайн ненал хьоме сан  цхьа а вац». И дешнаш сан кийрахь цхьа хазачу эшарца дека. Иштта ала а лаьа : «Сан уггар дика, сан хьоме нана».  Суна хаало, сайца цхьаъ хуьлуш санна, суна сайн нанна юххе хила лаьа, и ч1ог1а марайолла лаьа, цуьнга цхьа хаза дешнаш  ала лаьа иза сайн жоьпана дуьхьала елаялийта а лаьа , цуьнга  сайна алийта а лаьа: «Суна хьо ч1ог1а дукха еза!»  Оцу хенахь суна дика хаало  сан ирс, суна хетало, тхойшина цхьана дог деттадалар хезаш санна. Соьга дагара а со сайн нанна юххара д1а ца яккхало. Со теша иштта даима хир ду!

            Массо а синкхетамехь волчу стеган уггаре а дагна уллера адам ду-кх нана. Заь1ап, б1аьрзе, Дала шена синкхетам к1езиг белла долу бер а ша-тайпа хьаьвза-кха нанас шех ховха куьг тоьхча, б1аьрзечунна а девза-кх ненан куьйгаш.

            Оцу ненан дагах дог, дилхах дилха, ц1ийх ц1ий цхьаьна уьйш, дуьненчу дог1уш ду бер. Цундела юй те и ша-тайпа, башха марзо цаьршинна юккъехь  олий хетало.

            Со йоккхае сайн дикачу ненах. Цо со 1амайо  оьзда хила. Бусалбачу динехь уггаре а ца магийнарг стагаца хьаг1 лелор ду олу цо. Цо суна даима а г1о до, цо сан дахар хаздо. Нана бахьанехь суна уггаре а коьрта ирс кхаьчча «Дахар».

           

Дуьненчохь мел веха шен ненан сий дан деза. Нана къинт1ера ца ялахь эхарте даха дог дац, вижа каш дац. Исс баттахь шен кийрахь а леладой, цул т1аьхьа и бер дуьненчу даьлча хийлаза набарха йолий ага техкош 1а нана. Г1ийлачу узамца цо Деле доьху «Массо а вочу х1уманах ларвелахь, ийманехь беркате доьзалхо велахь, халкъана, махкана пайдехьа велахь!» бохуш.

Нана, хьан сийлалла юьйцуш,

Къур1анчохь аят ду дуьйцуш…

Дуьненахь хаза лар юьтуш,

Сибат хьан диц ца ло, Нана!

                   Пешхоев 1абдулла

 

Массо а хенахь ца лаьтта наной, уьш мел беха церан сий дан деза. Бер дукха жима долуш дуьйна шен маьршачу т1ома к1ел хьулдо нанас, хьо мел воккха хиларх, дуьненчохь уггаре тешаме меттиг хьуна цу т1ома келахь бен карор яц. Мел генахь хьо хиларх ненан безамо дог токхе до. Дерриг а шен са хьуна делла дахарехь мел халонаш т1ехоттарх хьан  доттаг1 хуьлий лела нана. Шен берриг а безам, ца кхоош, хазачу з1аьнаршца схьакховдабо.  Муьлххачу а дарбанел дика ду ненан довха дош, к1еда куьг. Сингаттамо б1арзвина коьрте бода хьаьдча, нанна бен ца кародо  цуьнан дарба.

Дикачу нанна бер- уггаре а хьоме х1ума ду дахарехь. Берана хьалхара шен дахар, шен са д1адала кийча ю нана.

Дуккха а яздина, иллеш а даьхна яздархоша, халкъо нана хестош, цуьнан дикалла а,цуьнга болу шайн безам а буьйцуш, амма дуьне дозуш мел ду, мел дукха дийцарх кхачалур йолуш яц исбаьхьаллин кхоллараллехь нанойх лаьцна йолу тема. Х1унда аьлча, нана бохург ша долу дела дийнна Дуьне. Эрна олуш ма дац вайн «Нана –Дуьне», олий. Х1окху дуьненчохь мел хилла дов-т1ом, дика-вуо нанойн дегнашкахула чекхдолуш уьш лазош ду. Къаьсттина дукха баланаш лайна нохчийн наноша кху т1аьхьарчу хенахь.

 

Тхан хьоме,наной! Дала тхуна ма эшадойла шу! Дала дог хьостийла шун! Дала шайн доьзалийн кхиамех даккхийдеш дуккха а дахадойла шу! Дала декъал дойла шу, Нанойн денца!!!

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Къовсаман сочинени «Мерза дош-Нана»"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Портной

Получите профессию

Менеджер по туризму

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Краткое описание документа:

Мерза дош – Нана!

 

 

«…  Ма хаза дош ду хьо-Нана.

Ма мерза чам бу хьо – Нана.

Дуьххьара долу дош багара,

Даккхийдеш олу вай даггара.

                                                                                             Шийлачохь йовхо ю-Нана.

                                                                                           1аьржачохь серло ю –Нана.

Мел дукха адам ду хаза,

Массарел Нана ю хаза!… »

 

            Ч1ог1а мехала ду Дуьнена юкъара зударийн де доллушехь - 8-г1а март, нохчийн къоман куьйгалхочо Кадырова Рамзана, шен указаца, нохчинй зудчун де билгалдаккхар. Берриге а нохчийн къоман зударийн де и делахь а хьан ойланца, кхетамца, безамца хьалха х1утту ненан сибат.

            Кху дезачу денца суна  декъалбан лаьа массо наной, къаьсттина, дерриге а къоман нана, сий долу Аймани. Шен деган аьхна йовхо, доьзалшна а, йиша –вешина а кховдийна ца 1аш, нохчийн халкъана д1акхийдош ехаш йолу.

            Дала уггаре а еза леринарг нана ю.

«Нана, сан хьоме нана» - сайн дагахь дуьйцу ас и дешнаш , наггахь меллаша а, наггахь жимма ч1ог1а а, х1ора хенахь со кхета а кхета: «Сайн ненал хьоме сан  цхьа а вац». И дешнаш сан кийрахь цхьа хазачу эшарца дека. Иштта ала а лаьа : «Сан уггар дика, сан хьоме нана».  Суна хаало, сайца цхьаъ хуьлуш санна, суна сайн нанна юххе хила лаьа, и ч1ог1а марайолла лаьа, цуьнга цхьа хаза дешнаш  ала лаьа иза сайн жоьпана дуьхьала елаялийта а лаьа , цуьнга  сайна алийта а лаьа: «Суна хьо ч1ог1а дукха еза!»  Оцу хенахь суна дика хаало  сан ирс, суна хетало, тхойшина цхьана дог деттадалар хезаш санна. Соьга дагара а со сайн нанна юххара д1а ца яккхало. Со теша иштта даима хир ду!

            Массо а синкхетамехь волчу стеган уггаре а дагна уллера адам ду-кх нана. Заь1ап, б1аьрзе, Дала шена синкхетам к1езиг белла долу бер а ша-тайпа хьаьвза-кха нанас шех ховха куьг тоьхча, б1аьрзечунна а девза-кх ненан куьйгаш.

            Оцу ненан дагах дог, дилхах дилха, ц1ийх ц1ий цхьаьна уьйш, дуьненчу дог1уш ду бер. Цундела юй те и ша-тайпа, башха марзо цаьршинна юккъехь  олий хетало.

            Со йоккхае сайн дикачу ненах. Цо со 1амайо  оьзда хила. Бусалбачу динехь уггаре а ца магийнарг стагаца хьаг1 лелор ду олу цо. Цо суна даима а г1о до, цо сан дахар хаздо. Нана бахьанехь суна уггаре а коьрта ирс кхаьчча «Дахар».

           

Дуьненчохь мел веха шен ненан сий дан деза. Нана къинт1ера ца ялахь эхарте даха дог дац, вижа каш дац. Исс баттахь шен кийрахь а леладой, цул т1аьхьа и бер дуьненчу даьлча хийлаза набарха йолий ага техкош 1а нана. Г1ийлачу узамца цо Деле доьху «Массо а вочу х1уманах ларвелахь, ийманехь беркате доьзалхо велахь, халкъана, махкана пайдехьа велахь!» бохуш.

Нана, хьан сийлалла юьйцуш,

Къур1анчохь аят ду дуьйцуш…

Дуьненахь хаза лар юьтуш,

Сибат хьан диц ца ло, Нана!

                   Пешхоев 1абдулла

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 661 650 материалов в базе

Скачать материал

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 06.04.2015 22048
    • DOCX 19.6 кбайт
    • 29 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Чемирзаева Яха Сайпудиновна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Чемирзаева Яха Сайпудиновна
    Чемирзаева Яха Сайпудиновна
    • На сайте: 9 лет
    • Подписчики: 0
    • Всего просмотров: 370390
    • Всего материалов: 38

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Секретарь-администратор

Секретарь-администратор (делопроизводитель)

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс профессиональной переподготовки

Подготовка детей к школьному обучению в условиях вариативного дошкольного образования и реализации ФГОС НОО

Учитель по подготовке к школе (педагог)

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 304 человека из 59 регионов
  • Этот курс уже прошли 611 человек

Курс повышения квалификации

Система диагностики предметных и метапредметных результатов в начальной школе

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 136 человек из 46 регионов
  • Этот курс уже прошли 2 117 человек

Курс повышения квалификации

Использование элементов театрализации на уроках литературного чтения в начальной школе

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 62 человека из 27 регионов
  • Этот курс уже прошли 492 человека

Мини-курс

Мозг и психотерапия: влияние, методы и направления

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 61 человек из 29 регионов
  • Этот курс уже прошли 27 человек

Мини-курс

Эмоциональная связь между родителями и детьми

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 44 человека из 27 регионов
  • Этот курс уже прошли 18 человек

Мини-курс

Принципы эффективного использования аграрных ландшафтов

8 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе