Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Свидетельство о публикации

Автоматическая выдача свидетельства о публикации в официальном СМИ сразу после добавления материала на сайт - Бесплатно

Добавить свой материал

За каждый опубликованный материал Вы получите бесплатное свидетельство о публикации от проекта «Инфоурок»

(Свидетельство о регистрации СМИ: Эл №ФС77-60625 от 20.01.2015)

Инфоурок / Начальные классы / Другие методич. материалы / Конспект урока с презентацией по чеченскому языку в 7 классе по теме « Хуттургаш» ( «Союзы»)
ВНИМАНИЮ ВСЕХ УЧИТЕЛЕЙ: согласно Федеральному закону № 313-ФЗ все педагоги должны пройти обучение навыкам оказания первой помощи.

Дистанционный курс "Оказание первой помощи детям и взрослым" от проекта "Инфоурок" даёт Вам возможность привести свои знания в соответствие с требованиями закона и получить удостоверение о повышении квалификации установленного образца (180 часов). Начало обучения новой группы: 28 июня.

Подать заявку на курс
  • Начальные классы

Конспект урока с презентацией по чеченскому языку в 7 классе по теме « Хуттургаш» ( «Союзы»)

Выберите документ из архива для просмотра:

Выбранный для просмотра документ Зарета.ppt

библиотека
материалов
МОУ «Фрунзенская СОШ» Нохчийн меттан урок 7 класс Хьехархо : Мачаева Зарета С...
Ткъолг1а апрель Классера болх.
Урокан ц1е: «Хуттургех 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а». Урокан чулац...
Маьлха - Аьзнин кехат 	« Хьоме дешархой! Маршаллица яздо ас шуьга даггара кех...
«Хазна» 1апказ- океан К1удал - кувшин
IV.Д1аеша текст. Д1аязъе оьрсийн маттера дешнаш нохчийн матте гочдеш.Хуттурга...
Талла 	Уггар деза совг1ат Дала адамашна делла долу – иза дахар ду, ткъа цу да...
 	 1.Хьийза а хьийзаш, хелха а дуьйлуш оьгу лайн чимаш.
 Дуккха а заза даьккхинехь а, бакъду, стоьмаш к1езга бара кхушара
 Б1аьстенан баца юкъахь лепара ц1ен а, к1айн а, можа а зезагаш.
 Мохо, и бун кху йист йоцчу арахула д1асахьур ю аьлла, хоьтуьйтура
 Инзаре хаза ду кхузахь!
 И оьзда йо1 ялоза 1ийр ма вац ша аьлла , ч1аг1о йинера к1анта
 Х1окху беттан денош йочана йоцуш хир ду бохуш, хезнера суна.
 Г1а долчу дитташа а, коьллаша а, баганан дечигаша а охьадожийна г1аш
 Дийначу 1аламехь дерриге а кийча ду 1а т1еэца.
 Мархашлахь лечкъа дашо малх санна,кирхьан к1ел лечкъара нускал
Талла №	1	2	3	4	5	6	7	8	9	10 А	x	x	x		-		x	x	x	 Б				x	-	x	x			x
Ц1ахь бан болх а).Хуттургех 1амийнарг карладаккха . б). «Ненан мотт» жима соч...
30 1

Подайте заявку сейчас на любой интересующий Вас курс переподготовки, чтобы получить диплом со скидкой 50% уже осенью 2017 года.


Выберите специальность, которую Вы хотите получить:

Обучение проходит дистанционно на сайте проекта "Инфоурок".
По итогам обучения слушателям выдаются печатные дипломы установленного образца.

ПЕРЕЙТИ В КАТАЛОГ КУРСОВ

Описание презентации по отдельным слайдам:

№ слайда 1 МОУ «Фрунзенская СОШ» Нохчийн меттан урок 7 класс Хьехархо : Мачаева Зарета С
Описание слайда:

МОУ «Фрунзенская СОШ» Нохчийн меттан урок 7 класс Хьехархо : Мачаева Зарета Сайдиевна

№ слайда 2 Ткъолг1а апрель Классера болх.
Описание слайда:

Ткъолг1а апрель Классера болх.

№ слайда 3 Урокан ц1е: «Хуттургех 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а». Урокан чулац
Описание слайда:

Урокан ц1е: «Хуттургех 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а». Урокан чулацаман 1алашонаш: 1аморан : Хандешнех 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар. Кхиоран : Йозанехь а, барта къамелехь а хуттургех нийса пайдаэца хаар. Кхетош -кхиоран : Ненан матте болу безам совбаккхар.

№ слайда 4 Маьлха - Аьзнин кехат 	« Хьоме дешархой! Маршаллица яздо ас шуьга даггара кех
Описание слайда:

Маьлха - Аьзнин кехат « Хьоме дешархой! Маршаллица яздо ас шуьга даггара кехат! Шун долчу ян лууш йолу дукха хан ю со, амма яр ца нислуш хьеелла . Делахь а, дешаран новкъахь шу доггах къахьоьгуш , ненан мотт аша ц1енчу безамца 1амош хиларх тешна ду сан, шуьга болчу безамах а, лерамах а дуьзна долу дог. Ткъа цкъачунна хьалхе дуьйна вай дузуш долчу «Хазна» ц1е йолчу т1орказ чу кхин а ненан меттан жовх1арш доуьйта аса.Дика дешалаш, дений-нанний муьт1ахь хилалаш, сан кегий доттаг1ий!»

№ слайда 5 «Хазна» 1апказ- океан К1удал - кувшин
Описание слайда:

«Хазна» 1апказ- океан К1удал - кувшин

№ слайда 6
Описание слайда:

№ слайда 7
Описание слайда:

№ слайда 8
Описание слайда:

№ слайда 9
Описание слайда:

№ слайда 10
Описание слайда:

№ слайда 11
Описание слайда:

№ слайда 12
Описание слайда:

№ слайда 13 IV.Д1аеша текст. Д1аязъе оьрсийн маттера дешнаш нохчийн матте гочдеш.Хуттурга
Описание слайда:

IV.Д1аеша текст. Д1аязъе оьрсийн маттера дешнаш нохчийн матте гочдеш.Хуттургаш а, церан тайпанаш а билгалдаха. Уггар деза подарок Дала адамашна делла долу – это жизнь ду, ткъа цу дахарца вместе Цо делла нам природу, религию, культуру, къинхьегаман корматалла. Ткъа оцу шадолчуьнца цхьаьна массо а народу шен-шен язык белла Дала. Одинаковый дег1ан меженаш йолчу адамашна тайп-тайпана звуки долу языки делла Сийлахьчо. Ненан мотт!Мел много красивый дешнаш аьлла хьох лаьцна!Дикка ойлане а ваьлла, они д1адешча, понимаешь цхьана х1уманах: ма боккха сила бу-кх хьоьца ненан мотт!  

№ слайда 14 Талла 	Уггар деза совг1ат Дала адамашна делла долу – иза дахар ду, ткъа цу да
Описание слайда:

Талла Уггар деза совг1ат Дала адамашна делла долу – иза дахар ду, ткъа цу дахарца цхьаьна Цо делла вайна 1алам, дин, оьздангалла, къинхьегаман корматалла. Ткъа оцу шадолчуьнца цхьаьна массо а халкъана шен-шен мотт белла Дала. Цхьатерра дег1ан меженаш йолчу адамашна тайп-тайпана аьзнаш долу меттанаш делла Сийлахьчо. Ненан мотт!Мел дукха хаза дешнаш аьлла хьох лаьцна!Дикка ойлане а ваьлла, уьш д1адешча, кхета цхьана х1уманах: ма боккха ницкъ бу-кх хьоьца ненан мотт!  

№ слайда 15  	 1.Хьийза а хьийзаш, хелха а дуьйлуш оьгу лайн чимаш.
Описание слайда:

1.Хьийза а хьийзаш, хелха а дуьйлуш оьгу лайн чимаш.

№ слайда 16  Дуккха а заза даьккхинехь а, бакъду, стоьмаш к1езга бара кхушара
Описание слайда:

Дуккха а заза даьккхинехь а, бакъду, стоьмаш к1езга бара кхушара

№ слайда 17  Б1аьстенан баца юкъахь лепара ц1ен а, к1айн а, можа а зезагаш.
Описание слайда:

Б1аьстенан баца юкъахь лепара ц1ен а, к1айн а, можа а зезагаш.

№ слайда 18  Мохо, и бун кху йист йоцчу арахула д1асахьур ю аьлла, хоьтуьйтура
Описание слайда:

Мохо, и бун кху йист йоцчу арахула д1асахьур ю аьлла, хоьтуьйтура

№ слайда 19  Инзаре хаза ду кхузахь!
Описание слайда:

Инзаре хаза ду кхузахь!

№ слайда 20  И оьзда йо1 ялоза 1ийр ма вац ша аьлла , ч1аг1о йинера к1анта
Описание слайда:

И оьзда йо1 ялоза 1ийр ма вац ша аьлла , ч1аг1о йинера к1анта

№ слайда 21  Х1окху беттан денош йочана йоцуш хир ду бохуш, хезнера суна.
Описание слайда:

Х1окху беттан денош йочана йоцуш хир ду бохуш, хезнера суна.

№ слайда 22  Г1а долчу дитташа а, коьллаша а, баганан дечигаша а охьадожийна г1аш
Описание слайда:

Г1а долчу дитташа а, коьллаша а, баганан дечигаша а охьадожийна г1аш

№ слайда 23  Дийначу 1аламехь дерриге а кийча ду 1а т1еэца.
Описание слайда:

Дийначу 1аламехь дерриге а кийча ду 1а т1еэца.

№ слайда 24  Мархашлахь лечкъа дашо малх санна,кирхьан к1ел лечкъара нускал
Описание слайда:

Мархашлахь лечкъа дашо малх санна,кирхьан к1ел лечкъара нускал

№ слайда 25 Талла №	1	2	3	4	5	6	7	8	9	10 А	x	x	x		-		x	x	x	 Б				x	-	x	x			x
Описание слайда:

Талла № 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 А x x x - x x x Б x - x x x

№ слайда 26
Описание слайда:

№ слайда 27
Описание слайда:

№ слайда 28
Описание слайда:

№ слайда 29 Ц1ахь бан болх а).Хуттургех 1амийнарг карладаккха . б). «Ненан мотт» жима соч
Описание слайда:

Ц1ахь бан болх а).Хуттургех 1амийнарг карладаккха . б). «Ненан мотт» жима сочинении язъе, сочинехь хуттургаш хилийта хьовса Admin - null

№ слайда 30
Описание слайда:

Выбранный для просмотра документ МОУ.docx

библиотека
материалов

hello_html_m18eefdb.gifМБОУ «Фрунзенская СОШ»







Ненан меттан

йиллина

урок

«Хуттургех 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1дар а.»

7 класс.

















Урокан чулацам : «Хуттургех 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а».



Урокан чулацаман 1алашонаш:

  • 1аморан: Хуттургех 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

  • Кхиоран: Йозанехь а, барта къамелехь а хуттургех нийса пайдаэца хаар.

  • Кхетош - кхиоран: Ненан матте болу безам совбаккхар.



Урокан г1ирс: компьютер, презентаци, карточкаш.



Урок д1аяхьар.

I.Орг.момент.

II.Маьлха- Аьзнин кехат.

1.« Хьоме дешархой! Маршаллица яздо ас шуьга даггара кехат! Шун долчу ян лууш йолу дукха хан яра со, амма яр ца нислуш хьеелла . Делахь а дешаран новкъахь шу доггах къахьоьгуш , ненан мотт аша ц1енчу безамца 1амош хиларх тешна ду сан, шуьга болчу безамах а, лерамах а дуьзна долу дог. Ткъа цкъачунна хьалхе дуьйна вай дузуш долчу «Хазна» ц1е йолчу т1орказ чу кхин а ненан меттан жовх1арш дохкуьйта аса. Дика дешалаш, дений-нанний муьт1ахь хилалаш, сан кегий доттаг1ий!»

2.Дешнаш т1ехь болх. (Дешнаш т1ехь болх бар д1ахьо проекторца экран т1ехь цкъа хьалха суьрташ а гойтуш).

1апказ - океан к1удал – кувшин

Цу дешнашца барта предложенеш ялайо.

III.1амийнарг карладаккхар.

1.Фронтальни хаттарш.

1.Стенах олу хуттург?

2.Муьлха синтаксически г1уллакх кхочушдо хуттурго?

3.Хуттургийн муьлха тайпанаш девза шуна?

4.Шайн синтаксически маь1не хьаьжжина муьлха тайпана хуьлу хуттургаш?

5.Карарчу хуттургийн масса тайпа ду? Даладе масалш.

6.Цхьаьнакхетаран хуттургийн маса тайпа ду? Даладе масалш.

7.Муха язйо хуттургаш кхечу дешнашца?



2.Тесташ .(дешархоша болх бечу юкъана г1ийла мукъам бу хезаш).

1.Амма, ткъа бохучу хуттургийн тайпа ду:

а) къаторан

б) дозоран

в) дуьхьаларан

2.Бакъонца цадог1ург д1адаккха.

Хуттургаш хуьлу:

а) меттиган

б) карара

в) цхьаьнакхетаран

3.Г1уллакхийн къамелан дакъош ду:

а) ц1ердош, ц1ерметдош, куцдош.

б) хандош, терахьдош,билгалдош.

в) дешт1аьхье, хуттург.

4.Г1алат караде:

а) Хьоьга дукха дийцира, амма хьо шек ца велира.

б) Арахь шийла ю амма хьоькхуш мох бац.

в)Набарна йийшина 1аьхкина хилла ораматаш а, дерзина дитташ а самадохуш т1ееара хаза б1аьсте.

5.Х1орш цхьанакхетаран тайпанан хуттургаш ю :

а) амма, ткъа, я;

б) х1унда аьлча, санна, аьлла;

в) бакъ ду , дийцина;

6.Карарчу хуттургийн тайпанаш ду:

а) бахьанин, бехкаман, дустаран, кхеторан ;

б ) лааран, т1едожоран, гайтаран;

в) меттиган, хенан, сацаран ;



7.Хуттургаш предложенехь кхечу дешнашца:

а) цхьаьна язйо;

б) къаьстина язйо;

в) тире йилларца язйо;

Дешархошо болх бечу хенахь г1ийла хезаш нохчийн халкъан иллин мукъам.

Хаарш лакхара долчу дешархочо жимма чолхечу тесташца болх бо компьютер т1ехь.

Цуьнан белхан жам1 компьютеро до.



IV.Д1аеша текст. Д1аязъе оьрсийн маттера дешнаш нохчийн матте гочдеш.Хуттургаш а, церан тайпанаш а билгалдаха.

Уггар деза подарок Дала адамашна делла долу – это жизнь ду, ткъа цу дахарца вместе Цо делла нам природу, религию, культуру, къинхьегаман корматалла. Ткъа оцу шадолчуьнца цхьаьна массо а народу шен-шен язык белла Дала.Одинаковый дег1ан меженаш йолчу адамашна тайп-тайпана звуки долу языки делла Сийлахьчо.

Ненан мотт!Мел много красивый дешнаш аьлла хьох лаьцна!Дикка ойлане а ваьлла, они д1адешча, понимаешь цхьана х1уманах: ма боккха сила бу-кх хьоьца ненан мотт!



Дешархошка шайга таллам бойту, проекторца экран т1ехь нийсаниг схьа а гойтуш.



1.Стенах лаьцна дуьйцу текстехь?

2.Муха кхоьллина Дала массо а адам?

3.Цхьатерра меженаш йолуш ша коьллинчу массо а халкъана башхаллаш йолуш х1ун елла Сийлахьчо?

4.Вайна х1ун мотт белла Дала?

5.Х1унда аьлла цуьнах ненан мотт?



V.Ц1ера болх таллар.

Ц1ахь ненан маттах байташ еша а ешна,цу юккъара хуттургаш шайца йолу б1ог1малгаш тетрадаш т1е д1а а язйина,хуттургийн тайпанаш билгалдаха дезаш дара.



Ненан мотт язло сан ц1ийца,

Ненан мотт бека сан сица.

Сан бакъо ю иза бийца ,

Амма яц бакъо и хийца.

/Кусумов с./



Хазнашлахь хазна ю

Ненан мотт къоман

Ненан мотт мел беха,

Къам дуьсу даха.

Ткъа нагахь мотт шен лахь

Къам, лей д1адолу

Ненан мотт бицбинарг

Сийсазво наха.

/Арсанукаев Ш. «Весет»/.



Башха дац со кхалхарх

Ломахь я арахь,

Тезетахь 1аьржа-к1айн

Къеста ма ве.

Амма сох кадам бе

Сан нохчийн маттахь,

И безаш ца хиллехь,

Геч а ма де.

/Сулейманов Ю. «Ненан мотт»/.



Диканехь я вонехь

Дош ала дезча,

К1орггера ян воьлча

Хиллачийн чот ,

Эхь, иман я доьналла эшча,

Хьекъал лург хиллера

Сан ненан мотт.

/Ш.Рашидов «Ненан мотт»/.



Сан ч1ог1а дог лозу

Хьо ца хууш волчух,

Амма эхь ца хетта

1амо ца г1ертачух.

Суна сайн ца хетта

Ненан мотт бицбинарг.

Б1аьрга ванн ца веза

Кхечух и хийцинарг.

/Саидов Б. «Ненан мотт»/.



Ладог1а цкъа соьга

«Хьекъале корта»

Ладог1а, яккхий д1а

Лергара потт.

Йист йоцу х1орд санна,

Бу хьуна шортта

Ша хууш волчунна

Вайн нохчийн мотт.

/Арсанукаев Ш. «Ненан мотт»/.



VI.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Хьехархочо предложении д1айоьшу.Дешархоша карточкаш т1ехь цу предложенера хуттургийн тайпанаш билгалдоху.

А- цхьанакхетаран хуттургаш,

Б- карара хуттургаш.

1.Хьийза а хьийзаш, хелха а дуьйлуш оьгу лайн чимаш.

2.Дуккха а заза даьккхинехь а, бакъду, стоьмаш к1езга бара кхушара.

3.Б1аьстенан баца юкъахь лепара ц1ен а, к1айн а, можа а зезагаш.

4.Мохо, и бун кху йист йоцчу арахула д1асахьур ю аьлла, хоьтуьйтура.

5.Инзаре хаза ду кхузахь!

6.И оьзда йо1 ялоза 1ийр ма вац ша аьлла , ч1аг1о йинера к1анта.

7.Х1окху беттан денош йочана йоцуш хир ду бохуш, хезнера суна.

8.Г1а долчу дитташа а, коьллаша а, баганан дечигаша а охьадожийна г1аш.

9.Дийначу 1аламехь дерриге а кийча ду 1а т1еэца.

10.Мархашлахь лечкъа дашо малх санна, кирхьан к1ел лечкъара нускал.

1

2

3

4

5

6

7

8

9

10

А











Б













Хьехархочо проекторца нийсаниг гойту экран т1ехь, дешархоша шаьш толлу шайн болх.

2.Проектарца суьрташ гойту. Оцу суьрташ т1ехь гуш долчух лаьцна дешархоша предложенеш х1иттайо, шайна чохь хуттургаш а йолуш.



VII.Жам1.

1. Мотт, хуттург, дахар дешнашна синквейн язйо.

Масала:

Хуттург Мотт

Цхьалхе, чолхе ц1ена,хаза

Хутту, кхетаво, 1амаво Буьйцу,1амабо,1алашбо

Г1уллакхан къамелан дакъа. Адамийн уьйран г1ирс.

Уьйр Хазна.

Дахар

Ирсе, хаза

Лардо, хаздо, деза

Дала адамашна делла совг1ат.

Кхоллам.


2.Ц1ахь бан болх:


«Ненан мотт» жима сочинени язъе, сочинехь хуттургаш хилийта хьовса.


3.Оценкаш.( Дешархоша шаьш хадабо шайн белхан мах)




9




Подайте заявку сейчас на любой интересующий Вас курс переподготовки, чтобы получить диплом со скидкой 50% уже осенью 2017 года.


Выберите специальность, которую Вы хотите получить:

Обучение проходит дистанционно на сайте проекта "Инфоурок".
По итогам обучения слушателям выдаются печатные дипломы установленного образца.

ПЕРЕЙТИ В КАТАЛОГ КУРСОВ

Краткое описание документа:

Конспект урока по чеченскому языку + презентация, урок разработан для учащихся 7 класса.Урок разработан по новым стандартам, содержит новые технологии: компьютерное тестирование, межпредметная связь( русского с чеченским), рефлексия, синквейн, инфомационные технологии.урок начинается с письма Солнечной красавицы, в катором она приветствует участников данного урока, и присылает им задания, чтоб освободить ее друга из плена.Так урок и проходит в форме игры.Дополнительную красочность урока придает презентация.
Автор
Дата добавления 29.03.2014
Раздел Начальные классы
Подраздел Другие методич. материалы
Просмотров7376
Номер материала 45203032937
Получить свидетельство о публикации

Комментарии:

2 месяца назад

Зарета Сайдиевна спасибо Вам огромное за предоставленный материал.

Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх