Инфоурок Родной язык ПрезентацииНохчийн меттан 5-чу классехь йиллина урок

Нохчийн меттан 5-чу классехь йиллина урок

Скачать материал
библиотека
материалов

 

Нохчийн меттан 5-чу классехь  йиллина урок

 

 

Мотт -  адамийн уьйран угар мехала г1ирс.

МБОУ «Махкетинская СОШ им.Шайхи Хозуева"

 

Хьехархо Мугадиева Шовда Алашовна

 

 

 

                            

 

 

 

 

Нохчийн меттан, литературан хьехархо

__________________________________________________________

 

 

 

 

Урокан ц1е: Мотт – адамийн уьйран угар мехала г1ирс.

1алашо: Хаа хеза, ненан мотт 1амо безаш хилар а, цуьнан мел маь1на ду а. Маттаца доьзна адамийн дерриге дахар а хилар: уьйраш, гергарло,  сий, яхь, хьекъал, кхетам.

          Кхечу къоман мотт хаар сийлахь, пайдехь хилар. Амма шеен мотт д1а а  тетина, иза 1амор емалдеш  хилар.

         Шен ца безачунна, шен къам а, мохк а безарг цахиларх кхетор.

                          Урок д1аяхьар

I.                   хьехархочун дош. 

       Нохчийн мотт хаза а, исбаьхьа а, хьалдолуш а бу. Нохчийн х1инцалера литературни мотт кхуьуш бу шерачу аренгарчу нохчийн диалектан  буха т1ехь. Оцу диалектехьмотт буьйцуш берш бехаш бу Грозни – г1алахь а, цуна гонаха йолчу еа – пхеа районехь а.

                     Д1аязъе х1ара предложенеш:

1.     Мотт – иза муьлххачу а халкъан истори ю , цуьнан хиндерг ду.

2.     Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац

3.     Ненан маттал хаза а , сийлахь а х1умма дац.

4.     Кхечу къоман мотт хаар пайдехь а, амма шен мотт д1а а тесна 1амабе аьлла дац иза.

- Муха хадабо метан мах х1окху предложенешкахь?

- Вайн урокан ц1е муха ю? Цуьнца йог1уш хетий шуна уьш? Х1унда?

II. Урок йолаялале уьн т1ехь яздина:

     Шайна кхарех нийса хетарг билгалдаккха:

1.     Мотт адамийн уьйран г1ирс бу.

2.     Мотт адамашна ца оьшу, мотт ца хилча а кхетар бу уьш вовшех кхечу г1ирсашца (мимикица, тайп – тайпанчу кхечу х1уманийн г1оьнца, ша – тайпана аьзнашца.)

3.   Мотт школехь массо а классашкахь дика 1амо беза.

4.     Мотт массо а классашкахь ца 1амийча а мега. Мотт дика ца хиъча а дало стаге шен дахарехь оьшуш дерг.

5.     Дуьнен т1ехь 3000 ца кхочуш мотт бу. Царех 3-4 хаа беха х1оранна.

6.                     Шен къоман мотт хиъча а тоьар ду болх бан а, ваха а. Кхидолу меттанаш адамийн дахарехь йоккха меттиг д1алоцуш дац.

- Предложенеш д1аоьшу. Дешархоша шайна хетарг билгалдоккху.

 - Жам1 до хьехархочун г1оьнца: Мотт- адамийн уьйран уггаре а мехала г1ирс бу, аьлла.

- Уьн т1ера и жам1 деш г1о дина йолу предложенеш бераша тетрадаш т1е д1аязйо.

                        III. 1амийнарг т1еч1аг1ар.

1.     Кхочушдо 1 – ра шардар. Дешархошка хаам бо: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац» ц1е йолуш жима сочинении язъян кечам бан беза аьлла. Цунна лерина коьчал кечъе.

2.     Кхочушдо 2 – г1а шардар.

 

IV. Кхеторан диктант.

 

         Нохчийн мотт исбаьхьа, хаза, хьалдолуш, ира мотт бу. Дог – ойла ма – ярра ц1ена, нийса, юьззина д1айийца, билгалъяккха йиш ю вайн маттахь. «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах кхеташ боцу нах бу», - аьлла воккхачу 1илманчас П. К. Услара.

 

- Интонацица д1аеша. Шайн дешнашца схьайийца иза.

                  V. Дозуш долу къамел кхиор.

                          Кхоллараллин болх.

1.     Уьн т1ехь д1аязйина х1ара байташ:

    Малхо хь…стуш зезаг ду со,

    Ломахь сенчу бай т1е даьл…а.

   Вочу мат…о со ма дийца,

   Вочу куьйга со ма хьаде.    (Хь. Сатуев.)

- Т1адамийн мета элпаш а х1иттош, д1аеша байташ.

- Тетрадаш т1е схьаязъяле ц1е тилла царна («Зезаг»).

- Вай тахана 1амочуьнца уьйр юй оцу байтийн?

- Муха хила лаьа зезагна шех лаьцна буьйцу мотт?

-Х1инца оцу байташна чаккхе язъе, шина мог1анах а лаьтташ.

        Шайга и ши мог1а ца язлахь, ши предложении язъе, байтийн чулацамца йог1уш йолуш.

- Дешархошка йоьшуьйту шаьш язйина байтийн чаккхе я ши предложении.

Массара а язйиний уьш? Мотт к1орггера хууш хилчий бен язлой адамашка шайн дагахь дерг, х1уманан массо а аг1о гойтуш? Атта 1емий ненан мотт? Аша муха къахьега деза иза 1амош?

- Х1инца д1аязъел Сатуевс шеен байташ чекх муха яьхна:

          Лаьмнийн некхах ца дакхийтахь,

          Малхалдахна, лийр ду со.

- Иштта, кхоччуш шен дагахь дерг ала хаа, метан к1оргенеш евзаш хила веза. Вай кхушара боккха ницкъ т1ебахийтина 1амор бу исбаьхьа нохчийн мотт.

                VI. Ц1ахь бан болх.

1.     Кхочушдо 4 – г1а шардар.

2.     Кечло дийца, шаьш аьхка са муха даь1ира.

 

 

 

  • Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
    Пожаловаться на материал
Курс профессиональной переподготовки
Учитель русского языка и литературы
Скачать материал
Найдите материал к любому уроку,
указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
также Вы можете выбрать тип материала:
Краткое описание документа:
Хаа хеза, ненан мотт 1амо безаш хилар а, цуьнан мел маь1на ду а. Маттаца доьзна адамийн дерриге дахар а хилар: уьйраш, гергарло, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Кхечу къоман мотт хаар сийлахь, пайдехь хилар. Амма шеен мотт д1а а тетина, иза 1амор емалдеш хилар. Шен ца безачунна, шен къам а, мохк а безарг цахиларх кхетор.
Проверен экспертом
Общая информация
Учебник: «Нохчийн мотт (Чеченский язык) (на чеченском языке)», Овхадов М.Р., Махмаев Ж.М., Абдулкадырова Р.А.
Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Курс профессиональной переподготовки «Маркетинг: теория и методика обучения в образовательной организации»
Курс повышения квалификации «Методика написания учебной и научно-исследовательской работы в школе (доклад, реферат, эссе, статья) в процессе реализации метапредметных задач ФГОС ОО»
Курс повышения квалификации «Педагогическая риторика в условиях реализации ФГОС»
Курс повышения квалификации «Формирование компетенций межкультурной коммуникации в условиях реализации ФГОС»
Курс повышения квалификации «Введение в сетевые технологии»
Курс повышения квалификации «Управление финансами: как уйти от банкротства»
Курс профессиональной переподготовки «Организация деятельности по подбору и оценке персонала (рекрутинг)»
Курс повышения квалификации «Правовое регулирование рекламной и PR-деятельности»
Курс повышения квалификации «Разработка бизнес-плана и анализ инвестиционных проектов»
Курс профессиональной переподготовки «Метрология, стандартизация и сертификация»
Курс профессиональной переподготовки «Техническая диагностика и контроль технического состояния автотранспортных средств»
Курс профессиональной переподготовки «Организация и управление службой рекламы и PR»
Курс профессиональной переподготовки «Осуществление и координация продаж»
Курс профессиональной переподготовки «Информационная поддержка бизнес-процессов в организации»
Курс профессиональной переподготовки «Стандартизация и метрология»

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.