Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Другое / Конспекты / Нохчийн литературан 8 чу классехь йиллина урок "Безаман декхар"

Нохчийн литературан 8 чу классехь йиллина урок "Безаман декхар"


До 7 декабря продлён приём заявок на
Международный конкурс "Мириады открытий"
(конкурс сразу по 24 предметам за один оргвзнос)

  • Другое

Поделитесь материалом с коллегами:

Урокан ц1е: Шайхиев 1.Х. «Безаман декхар»

(вайнехан дийцар)

1алашо: 1.Предметни. Б1ешарашкахь вай дайша схьадеана низаман ламаст лардан дезаш хилар ч1аг1дар. Къонахчун ц1е еза а,сийлахь а ларар.

2.Метапредметни. Тема схьаеллар, шайна хьалха декхарш х1иттор; дошамех пайда а оьцуш, ца кхетачу дешнийн маь1на дастар; вовше бертахь болх д1абахьар.

3.Личностни. Вайн дайн 1адаташка а,цара лелош хиллачу низаме безам кхиор.

Тайпа: дуьххьара довзийтаран урок

Г1ирс: ноутбук,экран,проектор,суьрташ.

Урок д1аяхьар

1.Орг-мотивационни момент

Шуьга ду маршалла, хьомсара дешархой.

Дехийла ирс долуш,ховшалаш шу охьа.

Могаш-маьрша шу гар-дийнан беркат ду,

1илмане шу кхийдар – мах боцу совг1ат ду.



2.Ц1ахь елларг таллар

-Х1инца аша дийцийша ц1ахь елларг х1ун яра а,муьлхачу кхиамашца аша иза кхочушбина?



3.Актуализаци яр

-Муха гойту произведенехь къоман г1иллакхаш лардаран мехалла?

-Мича ойланца кхиош хилла къона чкъор наноша?

-Муьлха ламасташ девза шуна? Вай 1амийначу произведенех.

(«Генарчу денойн туьйра», «Ч1аг1о», «Куйнах дош»)



-Дагайог1ий шуна Шайхиев 1. цхьа а произведени?

-Цу т1ехь дуьйцург муьлха ламаст ду?

( «Ч1аг1о»-деца-ненаца хилаеза юкъаметтиг,царна муьт1ахь хилар; «Куйнах дош»-коьртара куй баккхар осалалла лоруш хилла).



Тахана а кхойкху вайга Шайхиев 1.ширачу замане хьошалг1а. Стенах лаьцна дуьйцур ду те вайна оцу замано? (ламастех)

4.Целеполагани

-Декхарш муьлха х1иттадо вай вайна хьалха?

-Х1ун хаа деза вайна: «Муьлха ламаст ду оцу произведени т1ехь дуьйцург.Къонах ц1е еза а, сийлахь ларар».



5.Керла тема йовзар. Мотиваци яр.

Тахана вай йоьшучу произведенин ц1е «Безаман декхар» ю. «Безаман декхар»х1унда тиллина техьа авторо шен произведенин ц1е. Безаман х1ун хуьлу хаьий шуна?

-Ц1еналла, лазам,тешам

-Ткъа декхар мичара даьлла?

-Цхьамма юхалург бехна хилла -те?

-Х1ун хета шуна?

Иза вайна хоуьйтур ду вайнехан дийцаро



6.З1еца ешар

-Х1инца вай и з1еца д1айоьшур ю, ладог1а йоьшучуьнга,ца кхеташ дешнаш нислахь,д1аязъе шайн тетрадаш т1е,дошамах пайда а оьцуш, маь1на даста церан.

Дешнаш т1ехь болх

Низам-порядок,дисциплина

Зил-грань (оьздангаллин гур)

Хьукхма -кхиэл

Кхеташо-совещание

Чабол-болар





7.1амийнарг т1еч1аг1дар. Тобанашца болх

-Муьлха 1адаташ ду произведенехь дуьйцурш?

-Къона т1екхуьуш йолу т1аьхье муха кхиош хилла халкъо?



1-ра: шаьш кхиэлахой метта хилча аша муха йийр яра кхиэл?

2-г1а: шен лаамца т1аьхьависинчу жимчу стеган васт х1оттаде?

3-г1а: х1окху произведенин мехала муха хийтира шуна?

4-г1а: и санна долу вайн дайн 1адат таханлерчу дийнахь оьшурий те?

(тобанаша шайн болх бовзийтар)



8.Рефлекси

Аша алийша

-Ширачу заманна хьошалг1ахь х1ун керланиг девзи вайна?

-Х1ун схьаийци вай таханлерчу дахаре?

-Шайхиев 1. произведенеш мел мехала хета шуна, шайна а, т1екхуьучу т1аьхьенна а?



Ша1хиев 1. поэзехь дуккха а ю вайнехан ламастех а,г1иллакхех лаьцна дуьйцуш язйина произведенеш.Царех цхьаерш вайн школьни программехь 1амош а,толлуш а ю,ткъа кхиерш журналаш т1ехь а, дополнительни литература ешча карор ю.

-Вайна хьалха х1оьттина хилла проблема кхочуш йиний вай.

-Хиъний вайна безаман декхар хуьлуш хиллий?

-Вай х1иттийна хилла вайна хьалха декхарш кхочуш хилла аьлла хетий шуна?

9.Мах хадор

Тобанаша вовше а,шаьш-шайна мах хадабо.

10.Харжаман ц1ера болх

-Шайн даго къобалйина кийсак дагахь 1амае.

-Суьрташ дахка.

-Сочинени-ойлаяр «Муха хила беза ц1ена безам»







Йиллина урок



Шайхиев 1алвади Х.

«Безаман декхар»

(вайнехан дийцар)

8 -г1а класса









Хьехархо: Батиева Тоита Вахаевна


57 вебинаров для учителей на разные темы
ПЕРЕЙТИ к бесплатному просмотру
(заказ свидетельства о просмотре - только до 11 декабря)

Автор
Дата добавления 04.03.2016
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров458
Номер материала ДВ-503733
Получить свидетельство о публикации
Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх