Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Другое / Другие методич. материалы / Общешкольное мероприятие "Нохчийн зуда - къоман байракх".

Общешкольное мероприятие "Нохчийн зуда - къоман байракх".


  • Другое

Поделитесь материалом с коллегами:

PowerPlusWaterMarkObject6660048



Нохчийн Зудчун лерина ерригешколан мероприяти.

«Нохчийн зуда-къоман байракх».

Экран т1ехь дешнаш ду: «Зударийн сий динчохь, къонахий ца эшна»,

«Эсалчу куьйгашна,къажаран з1аьнаршна,ахь мел дечу дезаршна,хьан ненан долана,баркалла даггара,сийлахь зуда- хьуна!»



Ведущий 1: Нохчийн зудчун Де —Вайн Республикехь х1ора шарахь сентябрь беттан кхозлаг1чу к1ирандийнахь даздеш ду. . 2009 шарахь и даздина дуьххьара.

И де деза кхайкхор лерина ду, Кавказски т1еман хенахь кхелхинчу 46 нохчийн йо1ан сийна. 1819 шарахь сентябрь баттахь инарла Ермоловн эскарша Дади-Юрт яга а йина, 46 нохчийн йо1 коьртехь Дадин Айбика а йолуш йисаре лаьцна .Шаьш Теркал дехьа дохуш хи чу кхийсаделла и зудабераш, «Шайн хьоме юрт ягийна ; дай, наной,вежарий, йижарий байинчийн куьйгаш ца хьакхадалийта».( Илли « Дадин Айбика» д1алокху Асет Абубукаровас).

Зударийн де даздар президент Рамзан Кадыровс д1акхайкхийна 2009 шеран февраль баттахь. Шен къамелехь президента элира,нохчийн зудчун Де даздар уггаре а коьртачех цхьаъ хилла д1ах1отта дезаш хилар. « Вайн къоман хийла а т1емийн, ц1ера арадахаран хьокъехь а т1ех1иттинчу халонех къонахчо санна шен белшаш т1ехь вон-дика д1акхехьначу Нохчийн зудчун сий-ларам бар ду иза». 18 сентябрехь 2009 шарахь Гуьмсин к1ошт1ахь Дадин-Юрт йоккхуш кхелхинчийн сийна чурт х1оттийна.

« Халкъан дахарехь нохчийн зудчун меттиг лаккхарчу т1ег1ан т1е яккхаран 1алашонца, и даздар лерина сентябрь беттан кхозлаг1чу к1ирандийнахь, х1ора шарахь»,ч1аг1дина НР Куьйгалхочун Указца. Къоман маршо ларъеш иэгначу к1ентийн дукха наной бу,доьлхучу б1аьргийн хи а кхачийна. Оцу кепара къонахий кхиийначу нанойх дозалла дан мегар ду вай. Везачу Дала ийманехь собар деллачех бу уьш. Божаршца нийсса меттах1оттош бохку зударий вайн Республика.Цара къахьоьгу г1ишлошъечохь,школашкахь,больницашкахь. Шен латта а, мохк а муха беза декхар ду гойту зударша.Лара еза вай вешан къоман нуьцкъала ах . Дош лур ду вай школан директоре Юсупова Марем Хамзатовнига.

Ведущий 1: маршала ду, шуьга хьоме наной, лераме йижарий!

Ведущий 2: тахана вай гулделла нохчийн зудчуьн деза де билгал даккха.

Ведущий 1: Нохчийн зуда- нохчийн нана, нохчий йиша, нохчийн йо1.


Хьехархо: уггаре довха дешнаш тахана шуна ала лаьа.Дехийла шу ирсе хилла!
Дала декъал дойла шу!

Ведущий 2:

Хьуна,сан йиша-нохчо,лору

Х1ара жима,амма даггара байт,

Хьан оьзда хьажар,девзар ду эзарнех
Хьан тайна хабар- олхазарийн йиш.


Ведущий 1:

Хьох дозалла дан к1ад ца ло со –Нохчийн йо1!

Хьоьца доьзна доллу «дика» сан.

Хьо лара а к1ордор дац-кха суна,

Дуьненан 1аламан - хазаллин васт.


Выступленеш :байташ йоьшу 7а кл. деш-ша.

1.Со йина нана,декъал хо хуьлда, (Висикаев С.)
Со кхиийна нана,ирсе ехийла.
Аганахь техка еш,б1аьргаш хьай белха беш,
Дог хьай делхийна йолу сан нана,
Даимна хьо суна могша ехийла,
Даимна Дала хьо суна латта йойла!

2.суьйре, аьхна суьйре, (Уздиева Р.)
хаза, маьрша йог1у.
нана, дийцахь туьйра,
со хьо йолчу вог1у.

стигла оьху 1ана
эзар ц1арах тховса.
хьаьгна ву со, нана,
цкъа хьан марахь тхьовса.

к1адвелла со ч1ог1а,
хьоь сатуьйсуш лела.
хийла дог ца дог1уш,
хьо ца гучохь вела.

3.амма и хьан йовхо (Тисаев М.)
даим даг чохь къуьйлуш,
веъна со сайн новкъа,
ирхонашца къуьйсуш.

эт1ош когийн айра,
гуш сайн ирсан кхане,
со чекхвийлла, майрра,
хьох дуй бууш, нана.

шир ца елла хьуна
сан кху кхерчан уьйраш.
нана, дийцахь сунна
хьайн къоьжаллин туьйра.







4.Массарел дукхаеза кхоьллина нана, (Абубакаров И.)

Дуьненан меха хета хьо, нана!

Оьгlазло яц хьан тlаьхье йолуш цкъа а,

Ехийла, ирс долуш, хьо даима суна.

Бlаьргаш чуьрчу йовхоно кийрара дог дохдо,

Буьйцучу матто дог ловзадоху.

Нанас йина чов лаза ца лозу,

Цуьнан сий динарг лорур ву махко!

 

5.Вайн вовшийн цкъа а вуон ма гойла, (Батыров М.)

Дахарехь замано хьо ирсе йойла,

Нагахь ас вас йинехь, къинтlераяла,

Декъала хила хьо, со йина нана.

 

6.Со вина кхиийна (Хакимова С.)



  Хьомсара Нана,

Хьоьл хьоме дуьненахь

      Х1ума ца хилла,

Генарчу махкахьа

      Хьо ган йиш йоцуш,

Сатийса висча бен,

      и хуур ца хилла.

 Къаналле лестинчохь

     Хьан шераш Нана,

Хьо юьтуш вахи со

     генарчу махка,

Ц1еначу дега хьан

    йовхонах хаьдда,

Висина Нана со,

     1уьналлех ваьлла...



7.Сан Нана, хIу ду кху дуьненчохь хьоьл деза тхуна, (Килоева Х.)
АллахIо совгIатна хьо елла тхуна,
Ховха хьан куьйгаш,
Оьзда ахь буьйцу мотт,
ГIиллакхах дуьзна ду кийрара жима дог,
Массамо Везачу Деле хьо ехна,
Массамо маьлхан дуьненахь хьо лехна,
Дуккха ду мукъамаш хьо хасто яздина,
Говзачу дешнаша хьан кхоллам базбина,
Амма и ницкъ болу нохчийн мотт тоьар бац,
Берриге безам хьоь дIабийца, Нана.

8.Дахарехь безам хьайн тхуна ца кхоийна,
(ЖалмурзаеваФ.)
Сирла хьайн гIайгIа тхоьх даима йина,
Халонаш, баланаш тхоьх чIогIа лачкъийна,
Дегайовхо, могашалла хьайн тхуна а лерина,
Хилла хьо АллахIо векал а йина.

9.Яхалахь сийдолу тхан хьоме Нана.
(Жалмурзаева Л.)
Хьайн хаза елар денна а тхуна луш,
Нурдолу бIаьргаш хьайн тхоьга а хьежадеш,
Ло санна кIайндолу оьзда хьайн куьйгашца,
Бераллехь санна тхо мара а къуьйлуш!


10.Мехка а сий ду хьо, (Бахаев 1.)
Доьзаллийн ирс ду хьо,
Тха дегнийн той ду хьо,
Хьомсара Нана!

Ведущий 2: Нохчийн йо1 иман долуш, тешаме, духарца – леларца оьзда, эхь – бехке, г1иллакхе, эсала, къинхетаме, комаьрша, собаре, доьналле, экаме,хьекъале, яхье, беркате, догц1ена хир ю. Дашна мерза, куьйгана-говза, дагна—ц1ена. «Хазалла саралц, дикала валлалц» олуш кица ду нохчийн. Жималла даим ца лаьтта. Ткъа йо1, зуда мел къанелча а цкъа а д1аер йоцуш, даим а цуьнца юьсуш йолу хазна- оьздангалла ю.
Ведущий 1: Т1улгех йоьттинчу, цхьана жимачу оти чохь,
Ахь кхиъна б1ешаршкахь тхан ден дай,наной.
Ахь хийла хьегна г1айг1анаш,бала

Хьан т1аьхье,тхо –хьуна декхарийлахь ду.



Хьехархо:Вайн къоман исторехь дукха масалш ду мостаг1ашна дуьхьал лаьттинчу нохчийн к1ентийн майраллех,доьналлех лаьцна .Царах лаьцна дукха иллеш а,эшарш а ю.Х1инца а церан ц1ераш дегнашкахь ю вайн.Амма цхьа к1еззигчарна бен ца хаьа оцу турпалхошна юкъахь нохчий зударий хиллийла,Маршонан ц1арах,халкъан парг1атон,харцон дуьхьал т1ом бинийла.

Кавказски т1амехь ц1е яьккхина евзаш хилла Гихтара Майлин Таймасха(Гихинская). 10 шарахь т1ом бина цо пачхьан эскаршна дуьхьал. Нохчийн муьридийн отрядан куьйгалхо хилла Таймасха. Т1еман г1уллакх ч1ог1а дика хууш хилла цунна, цуьнан т1емалой а майраллица къаьсттина хилла. Пачхьан инарлаш дукха г1иртина Таймасхин отряд х1аллакьян,амма дерриге а эрна хуьлура.10 шо даьлчий бен ка ца елира церан иза схьалаца.Цхьа дийцар ду оцу йо1ах лаьцна. Пачхьо хаьттина боху цуьнга: «Ас д1ахецахь т1ом сацабой ахьа? ». Таймасхас нийсса цуьнан б1аьргашчу а хьоьжуш жоп делла: –Т1ом лелош верг хьо ву,болийнарг а хьо ву. Ахь т1ом сацабахь,ас а дуьхьало йийр яц хьуна аьлла. Таймасхин хьекьалах хазаллех инзаре цецваьллера паччахь бохуш а дуьйцу.

Оцу майрачу зудчух лаьцна кехаташ д1адехкина ду

Тбилис г1алахь,1едалан исторически архивехь ду цуьнан доьналлех лаьцна кехаташ.

«Песня о Таймасхе» ц1е йолуш цхьа илли ду оьрсий маттахь,цу юкъара 4 мог1а балор бу аса:

Хьайн декхар кхочушдеш

Оцу т1еман к1уьрехь,

Хьо улло д1ах1оьттира

Дена,вешина, к1антана - къонаха Таймасха.


Ведущий 2: Дерриг диканиг ду, дуьненахь туьйра санна йийцина нохчийн зудчун оьздангалла. Цуьнан хьуьнар, доьналла бахьанехь хийлаза мацалех, къизаллин балех ларделира вайн къам. Оьздачу йо1ана хаа деза доллучу дуьненчохь нохчийн цхьанна а атта ца хетий.

Ведущий 1: Нохчийн йо1 – турпала Нана! Ахь кхиийна Даймехкан турпала к1ентий. Хьо еха хьайн дега лазам, дега к1орге биллина, б1аьргех 1ена хиш къайлаха д1адохуш, елар – къажар дайна, дуьнена самукъа доцуш.

Ведущий 2: Дуьненан муьлххачу маь11ехь ехаш хиларх, нохчийн йо1 кхечу къаьмнийн векалех къастош ерш вай тахана карла яьхна билгалонаш ю.

Ведущий 1: И дерриге хьайца долуш хьо еха дела, нохчийн йо1 цецдолу хьох дерриг дуьне.

Ведущий 2: Нохчийн къоман зударий! Оьзда маьхкарий! Дала декъал дойла шу Нохчийн зударийн дезачу денца.

Ведущий 1: Таханлера вайн цхьанакхетар чекх дала герга дахана , маьрша, къегина, ирсе дог1ийла шун дахарехь х1ора де.

Ведущий 2: Иманехь, беркатехь дала сов дохийла шу!

Хьехархо:Уггаре довха дешнаш тахана шуна ала лаьа! Дехийла шу ирсе хилла!

Дала декъала дойла шу!

Эшарийн совг1ат, д1алокху: Ашаханова Д.,Хакимова С. («Ирс»).



Автор
Дата добавления 17.05.2016
Раздел Другое
Подраздел Другие методич. материалы
Просмотров663
Номер материала ДБ-085253
Получить свидетельство о публикации

Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх