Нохчийн
мотт
Сочинени: «Гуьйре»
1алашо: суьрта т1ехь гушдерг
йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор;
суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла
хаттар
2. 1алашо
йовзийтар.
-Бераш вай тахана язйийр ю суьртех лаьцна
сочинении «Гуьйре»
3. Сурт довзийтар (аг1о 24)
-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш? (Гуьйре)
-Стенгахь гойтуш ю гуьйре? (Гуьйре лаьмнашкахь
ю)
-Муьлхачу басаршца гайтина суртдиллархочо
гуьйре? (Кхоьлинчу суьрташца)
-Муха хетало дагна и сурт гича? (Синаттаме
хетта)
-Муха де ду гайтинарг? (Шийла )
-Х1ун ю хьоькхуш? (Шийла мох бу хьоькхуш)
-Стенах хаьа иза? (Диттийн гаьннаш ду метах
хьуьйш сана)
-Муха гуш ду гаьннаш т1ехь г1аш? (Гаьннаш
т1ера г1аш ду можа а , ц1ен а беснаш долуш)
-Муха ю басеш? Басеш цхьаццанхьа баьццара ю ,
цхьаццанхьа мокха ю)
-Х1унда? (Малх хьожучу аг1ор баьццара ю,
1индаг1 долчу аг1ор мокха ю )
-Муха ду лаьмнийн баххьаш? (Лаьмнийн баххьаш
к1айделла ду)
-Х1унда? (Лаьмнашка ло тесна)
-Стенга оьху г1арг1улеш? (Г1арг1улеш бовхачу
махкашка д1аоьху)
-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)
-Х1ун ю 1аламехь курра лаьтташ? (1аламехь
лаьтташ ю кагъелла б1оов)
-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю,
адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)
-Х1ун хилла хир ю кху меттехьшира заманчохь?
(Шира заманчохь нохчийн юрт хилла хир ю цигах.?)
-Стенах хиир шуна? (1аламехь лаьтташ ю б1ов)
-Муха ю и ? (Кагъелла)
-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю,
адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)
-Муха ойла кхоллало суьрте хьаьжча? (Г1айг1ане )
-Х1унда? (Гуьйренан 1алам , йоьхна юрт иза
г1айгане ойла кхуллуш сурт ду)
4.Сочинени язъян кечам бар.
План
язйо уьн т1е.
1
Гуьйренан 1алам
2.Олхазарш
д1аоьху.
4. Шира
б1ов.
5. Суна
хетарг.
-Муха йолор ю сочинении? (Т1екхаьчна дашо
гуьйре)
-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)
-Х1ун эр яздийр ду 1аламах лаьцна? (1аламех бу
хийцамаш. Дитташ т1ера г1аш мажделла. Басешкахь йолу бецаш макхъелла. )
-Х1ун ю д1о т1ехьа гуш? (Д1о т1ехьа гуш лаьмнаш
ду. Церан баххьаш к1айдина тесначу лайно)
-Х1ун эр ду г1арг1улех лаьцна? (Г1арг1улеш
д1аоьху бовхачу махкашка)
- Х1ун эр дара аша гуш йолчу б1авнах лаьцна? (Цу
г1айгачу суьтехь гуш ю шира б1ов. Иза йоьхна ю)
-Муха дог ойла кхоллало шун суьрте хаьвсича?
(Сурте хьаьжча г1айгане хуьлу.
а) Сочиненин х1оттам таллар.
-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Диъ)
-Х1ун яздийр ду хьалхарчу декъе? (Гуьйренан
1аламах лаьцна)
-Х1ун яздийр ду шолг1ачу декъе? (Ораматехь ,
олхазарех лаьцна)
-Х1ун яздийр ду кхоалг1ачу декъе? (Ширачу б1овх
лаьцна)
-Йоьалг1ачу? (Шена хетарг суьртах лаьцна)
-Муха доло деза х1ора дакъа? (Доккхачу элпаца)
5. Сада1аран миноташ.
6.Сочинени язъяр.
(Бераша шаьш язйо сочинении)
7. Жам1 дар.
-Х1ун керланиг хии шуна?
8. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 46.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.