Ненан
мотт-сан дозалла!
Шен
ненан мотт халкъо, сий ойбуш, 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц!
(Мамакаев М.)
Мотт-иза
къоман юьхь ю, къоман са ду, дуьненахь къам хилла даха ницкъ луш долу. Иза
кхетаман а, хьекъалан а хазна ю. Ткъа ненан мотт–иза Дала х1ора къомана делла
совг1ат ду. Цу маттахь кхуьуш ю къоман культура, 1илма, литература, искусство
а. Буьйцучу маттаций бен цхьа х1ума хила йиш яц, х1унда аьлча вайн ойланийн,
кхетаман дахарехь уггаре ца хилча йиш йоцу г1ирс бу и.
Ненан мотт бу
адамашна а, Даймахкана а юкъахь уьйр латтош берг: цу маттахь ду вайн и безар а,
иллешкахь хестор а.
Нохчийн мотт
шен сийлаллица, хьал долуш хиларца къаьсташ бу кхечу Къилбаседа кавказхойн
меттанех. И къийса йиш йоцуш, бакъ долуш ду. Гоьваьлла оьрсийн яздархочо Лев
Николаевич Толстойс иштта аьлла нохчийн маттах лаьцна: «Нохчийн мотт уггаре
хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо
велахь». Иштта хьежамаш бу вайн матте кхечу баккхийчу 1илманчийн а, яздархойн
а.
Нохчийн меттан
истори листа вай доьлча, дукха халонаш лайна вайн матто а, къомо а. Хийла чолхе
мур беана, къам шен маттаца цхьаьна х1аллакьхила герга долуш. Масала,
дагадоуьйтур вай цкъа дицлун доцу 1944 шеран 23 февраль-вайн къам махках
даьккхина бодане де. Дуккха а нах х1аллакьхуьлуш, бухабисинарш маь1-маь1нехула
баьржина, декъаделира вайн халкъ. Х1етте а, оццул бохам шайна т1ех1оьттича,
вайн мотт ларбеш, нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ ца дицдеш баьхна вайн дай
хийрачу махкахь. Мацах иштта Россин империн куьйга к1ел ца совцуш дуьхьал
даьлла хилла убыхийн къам лар йоцуш дайра шен маттаца цхьаьна, маь1-маь1нехула
махках даьлла даржар бахьана долуш. Вайна а герга дара изза хила, нагахь вайн
дайн Даймахке, матте болчу безамо, Ахьмад Сулеймановс ма-аллара, сийлахь кхо
х1ума вовшех ца тоьхнехь-моттий, Даймохкий, халккъий. Тахана вайна х1ун хала ду
кху хьелашкахь мотт кхио а, и беза а. Х1ора шарахь 25 апрелехь вайн паччахьан
омраца указ делла даздеш ду нохчийн меттан де. Боккха кхаъ, доккха дозалла а,
хазахетар а ду иза вайн нохчийн къомана. Дала диканца бекхам бойла вайна х1ара
маршо яьккхина волчу вайн куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.
Нохчийн мотт
вайн дозалла ду, вайн дуьненан бахам бу. Вай нохчий ду, вай нохчий мотт мел
буьйцу а, вай и денна мел бо а. Цундела вайх х1ораннан декхар ду ворх1е
дайшкахь дуьйна ларбеш, сийдеш схьакховдина болчу вайн ненан меттан доладар а,
безар а, иза кхиор а, нагахь ша нохчи велахь. И бийца дола а хеташ, бицбеш
лелаш велахь милла а, башха дац, бийца бух боцуш, орамах хаьдда вуьсур ву:
цуьнан тахне а яц, т1аьхье х1ета а хир яц.
Аганахь дуьйна
наноша иллешца, туьйранашца марзбина, дег1ах, сих, ц1ийх, т1амарх эбийна болу
ненан мотт вай бицбан а, д1атаса а йиш яц, аьлча а, дагадан а йиш яц. Х1ора
стеган дахар цуьнца доьзна ду. И иштта дацахьара цунах ненан мотт эр дацара.
Вайн синкхача ма бу и, х1окху нана-доккха дуьненахь къеггина кхетта сирла малх
ма бу и. Хьо уггаре г1аддайна, дог доьхна висча, хьан дог оьцург и ненан мотт
ма бу. Цхьа безамехь, хаза, зевне, эшаре бекаш хезча, дагана ма хьаам хуьлу, ма
парг1ат доккху цо и дог. Ма дозалла дан хьакъ бу хьо, сан ненан мотт!
Нохчийн мотт,
бекалахь вайн Нана-Дег1аста серлайоккхуш гуттар а. Къанойн, къонахийн,
мехкарийн дегнаш иркара х1иттош бекалахь. Хьо ца буьйцуш, хьо ца лоруш болчу
вайн мостаг1ийн х1уьттаренна бекалахь, сан нохчийн мотт! Хьо сан дозалла ду
хьуна. Суна охьата1а меттиг ма биталахь!
Автор: Шовхалова
Х.Н.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.