Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Другое / Конспекты / Поурочные разработки к урокам чеченского яз 6 класс
ВНИМАНИЮ ВСЕХ УЧИТЕЛЕЙ: согласно Федеральному закону № 313-ФЗ все педагоги должны пройти обучение навыкам оказания первой помощи.

Дистанционный курс "Оказание первой помощи детям и взрослым" от проекта "Инфоурок" даёт Вам возможность привести свои знания в соответствие с требованиями закона и получить удостоверение о повышении квалификации установленного образца (180 часов). Начало обучения новой группы: 26 апреля.

Подать заявку на курс
  • Другое

Поурочные разработки к урокам чеченского яз 6 класс

библиотека
материалов


1-ра урок.


Урокан ц1е: Ненан маттах лаьцна дош.


1алашо: Нохчийн мотт хьал долуш хилар хаийтар.

Х1инцалера нохчийн литература муха кхоллаелла хаийтар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.


а) хаттарш ло, 1амийнарг карла а доккхуш.

-Ненан маттах лаьцна муьлха стихотворенеш евза шуна?

-Д1аеша, хьан язйина уьш?


…Йист йоцу х1орд санна,

Бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна

Вайн нохчийн мотт.

(Арсанукаев Ш.)

б)хьехархочун дош.

Нохчийн мотт гуттар ширчу меттанех цхьаъ бу.Масийтта б1еннаш,эзарнаш шераш хьалха дуьйна долчу т1улгашна,чарташна,б1аьвнашна т1ехь х1инца а карадо нохчийн йозанца яздина элпаш,дешнаш,кхин цхьаьнца йоза хиларан билгалонаш. Мотт юкъараллин г1ирс бу х1унда аьлча, вай юкъараллехь дехаш ду: цхьаьна доьзалехь а, куьпахь а, школехь доьшуш болу дешархой а, балхахь цхьаьна болх беш болу белхалой а,юьртахой, гергарнаш,бовза-безарш.

Мотт г1иллакхе а, оьзда а, къинхетаме тарлуш а бу.

Мотт-ойлана дег1 ду.

«Мотт вай 1ама а бо, дахаран т1аьххьара де т1екхаччалц,и 1амо декхар а ду»,-аьлла яздина яздархочо К.Паустовскис


ΙΙΙ.Маттах лаьцна долу хаарш к1аргдар.


1)Дешархоша д1адоьшу 1-чу аг1он т1ера нохчийн маттах лаьцна яздинарг. Хаттаршна жоьпаш ло.Д1аязйо шайна дагайог1учех цхьа-ши байт,нохчийн маттахь йолчу масех книйгийн а,журналийн а,газетийн а ц1ераш.Юьйцу церан нийсаязъяран бакъонаш.

2)Кхочушдо 3-г1а шардар.


ΙV.Дозуш долу къамел кхиор.

Сочинени язъяран кечам .

1.Учебникан 2-чу аг1он т1ера хаттаршна жоп ло.

2.Дийцар д1аязйо тетрадаш т1е, ц1е а туьллу.


V.Жам1 дар.

1.хаттарш ло:

-Муха лору оьрсийн поэташа вайн нохчийн мотт?

-Вайн поэташа муха хестина нохчийн мотт?

-Маттах лаьцна кицанаш хьанна хаьа?


VΙ.Ц1ахь бан болх.


1)1амийнарг карладаккхар.

2)4-г1а шардар кхочуш яр




2-3- г1ий урокаш.


Урокан чулацам: Предложенин меженаш.


1алашо:Хаа деза,муха кхоллало предложенин бух, муьлхачу меженах лаьтта и.

Яьржина а,яржаза а предложенеш. Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш муьлхарш ю. Подлежащина а, сказуемина а юкъара уьйр. Къастае предложенин х1ора меже:подлежащи,

сказуеми, латам,къастам,кхачам.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

а) Дешархоша дуьйцу ненан маттах лаьцна. Даладо кицанаш, байташ а йоьшу.

б) Г1иллакхе аларш юкъахь долуш диалогаш х1иттайо бераша. Д1аязйо диалогехь сацаран хьаьркаш дахкарх лаьцна.

Диалоган кеп:

-Йиънарг а, мелларг а Дала саг1а йойла, беркат шорта латтийла ,1одика йойла.

-Дела реза хуьйла, некъ дика хуьлда шун.

в) Масех дешархочуьнга ,,Хазчу дашо лам башийна” ц1е йолу жима дийцар доьшуьйту.


ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

а)текст ешар,цунна ц1е тиллар.

-Керлачу дешаран шарца декъал во ас хьо!Т1аьхье беркате хуьлда! Дала аьтто бойла! Дела реза хуьлда хьуна. Дешархой самукъадаларца школе бахара.Аьхка цара дика са а даь1ира,дений-нанний г1о а дира,книгаш а йийшира. Тхайга хьехархочо ма-аллара, нохчийн маттахь кицанаш а, иллеш а, эшарш а д1язйира.Х1инца уьш пайде хир ю сочинени язъеш.

-Х1унда тиллина ю и ц1е цу текстан?

-Муха къастадо дешнийн цхьаьнакхетарш предложенехь?

-1-чуй,2-чуй предложенешна бе синтаксически къастам.

-Юй кхузахь коьрта меженаш? Уьш муьлхарш ю? Сизашца билгалъяха.

-Коьртаза меженаш юй х1окху предложенешкахь? Муьлхарш? Х1ун олу къастамах, латтамах, кхачамах?Нийса кхачам подлежащех къастош, муьлха бакъонаш хаа еза?

-Аларан 1алашоне хьаьжжина муха ю и предложенеш? Кхин муха хуьлу уьш?

-Шолг1чу предложенехь сацаран хьаьркаш дахкаран бакъонашйийца.

-Кхоалг1ачупредложенехь юй цхьанатайпанара меженаш? Билгалъяха уьш.Предложенин муьлха меженаш ю уьш? Иза муха къастий аша?

-Буха сизаш хьаькхначу дешнийн кхолладаларан некъаш билгалдаха.

-Тетрадаш т1е д1аязъе.


ΙV.Гайтаран диктант.

Вайн мотт бу 1аламал ч1ог1а

Хьекъале цо йоьг1на лард,

Къаьмнашлахь цо кхуллу барт.(М.Сулаев)

-Оьшучу интонацица д1аеша байташ.

-Муха мах хадабо воккхачу поэто нохчийн метан?Х1ун боху цо матах лаьцна?

-Маса предложении ю байт т1ехь? Муьлхарш ю уьш?

-Сацаран хьаьркаш х1унда дехкина?

Х1ора предложенина бе синтаксически къастам.

-Ч1ог1а(к1еда),хьекъале(1овдал,сонта),доккхо(жимо),къайленийн(нахаладаккха),барт(дов) бохучу дешнашна ялае антонимаш.

-Лард,дог1а,барт бохучу дешнашна ялае омонимаш.

-Цул т1аьхьа гайтаран диктант д1аязъе.




V.1амийнарг т1еч1аг1дар.


1)Кхочушде 4-г1а шардар.

2)Бийца чулацам.


Екхна аьхкенан буьйса Орган чуьра г1еттинчу т1уьначу дахкаро кхолий(туманная облачность) . Д1дай седарчий а, беттаса а. Лаьмнийн баххьаш ца го. Органан г1овг1а ю гуттар сана,дахкаран къаръян ницкъ боцуш,схьахезаш.(М.Ахмадов)


-Хьалхарчу предложенехь бе синтаксически къастам.

-Муха къастайо подлежащи нийсачу кхачамах?

-Хьалхарчу предложенехь буй нийса кхачам? Муха ду цуьнан хаттарш?

-Муьлхачу дашах бозуш бу иза?

-Шолг1а предложении яьржина ю я яржаза ю? Х1унда?

-Дахкаро, дахкаран бохучу дешнаша грамматически форма я лексически маь1на хуьйцу? Муха ю оцу дешан юьхьанцара кеп?

Шаьш аьлларг т1еч1аг1деш, язъе сочинении-ойлаяр (рассуждени).


VΙ.Урокан жам1 дар.

1)-Предложенехь коьрта меженаш муьлхарш ю?

-Коьрта маса меже ю? Коьртаза?

-Доьххьара муьлха меже лоху предложенехь?

2)Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.


1)Предложенех а, коьртачу а, коьртазачу а меженех 1амийнарг карладаккха.

2)Кхочушде 5-г1а шардар

3)Учебникан 2-чу аг1он т1ера хаттаршна жоьпаш ло. Кечам бе сочинени язъян, х1окху ц1ерех цхьаъ харжа а харжий:


,,Нохчийн мотт-йист йоцу хазна

,,Нохчийн мотт-г1иллакхийн хьоста”

,.Хазчу дашо лам башийна

























4-г1а урок.


Урокан ц1е: Нохчийн маттах лаьцна сочинени язъяр.


1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.Ненан матте болу безам лаккхабаккхар.

Предложени нийса х1отто хаар,пунктационни бакъонаш карлаяхар, уьш т1еч1аг1ъяр.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Сочинени язъян кечам бар.

1)дешархошна тетрадаш декъар

2)уьн т1ехь д1аязйина сочиненин ц1ераш:


,,Нохчийн мотт-йист йоцу хазна

,,Нохчийн мотт-г1иллакхийн хьоста”

,.Хазчу дашо лам башийна

Дешархоша шайна къастайо церех цхьаъ


ΙΙΙ.Хьехархочун дош.


-Нохчийн мотт исбаьхьа, хаза, хьалдолуш, ира мотт бу. Дог-ойла ма-ярра ц1ена, нийса,юьззина д1айийца,билгалъяккха йиш ю вайн маттахь.,,Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах кхеташ боцу нах бу”,-аьлла воккхачу 1илманчас П.К.Услара.Дуьнен т1ехь 3000 ца кхоччуш мотт бу. Царех 3-4 хаа беза х1оранна. Нохчийн мотт хаза а, исбаьхьа а, хьалдолуш а,дазалла а гайтана дукхах болу яздархоша шайн произведенешкахь,стихотворенешкахь. Нохчийн х1инцалера литературни мотт кхуьуш бу шерачу аренгарчу нохчийн диалектан буха т1ехь. Оцу диалектехь мотт буьйцуш берш бехаш бу Грозни-г1алахь а, цунна гонаха йолчу еа-пхеа районехь а.

-Х1инца, аша шайн тетрадаш т1ехь схьаязйийръю шаьш ц1ахь кечйина йолу сочинени.

ΙV.Дешархоша сочинении язъяр.


V. Тетрадаш схьалахьдар.


VΙ.Ц1ахь бан болх:

1амийнарг карладаккхар.























5-г1а урок.


Урокан чулацам;Шалха элпаш а,церан нийсаяздар а.


1алашо:Шалха элпаш нийсаяздаран хаарш к1аргдар,шардар.

Урок д1аяхьар

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Дика язйина сочинени йоьшу хьехархочо.


ΙΙΙ.Шалха элпаш,церан нийсаяздар карладаккхар.


а) Хьехархочун дош.

Вайн йоза гуттара хилла дац оьрсийн алфавитан бух т1ехь.

1920-24-чуй шерашкахь иза хилла 1аьрбийн графикан бух т1ехь, цул т1аьхьа 1925-37-чуй шерашкахь латински графикан бух болуш х1оттийна нохчийн йоза. Вайн х1инца а бу баккхий нах латински графикан бух т1ехь хиллачу йозанна школехь 1амийнарш. Царна дика хаьа латински элпашца яздан. 1938-чу шарахь дуьйна тахханалц вайн йоза ду оьрсийн графикан бух т1ехь. Вайн меттан аьзнийн х1оттам чолхе бу.Оьрсийн маттера элпаш ца тоьу царна ц1е тилла.Цундела ду вайн алфавитехь шалха мукъа а, мукъаза а элпаш. Вай уьш 5-чу классехь 1амийра. Церан нийсаяздаран бакъонаш шуна хууш ю.

б) -Маса шалха мукъа элп ду нохчийн маттахь?Мукъазниш?

-Тетрадашна а, уьна а т1е д1аязде уьш.

-Муха ду церан кхолладалар?

-Дешархочо х1окху дешнийн диктант т1ехь дина г1алаташ нисде:

Дуккха, аьккхийн, ашкал, б1ег1иг, дакъаш (даккъаш), делкъалц(делккъалц), опа(оьпа),алха, арга, баккхал (бакалея),бахьаш,ц1къоц1къам, юкъкъехь.


ΙV.Дозуш долу къамел кхиор.


Уьн т1ехь хьалххе язйина байташ ю. Церан чаккхе хьехархочо книги т1ера йоьшу:

Юрт хадош цхьа бере хаьхкина воьду,

Х1ораммо куьг ластош, иза чувоьху,

Амма, йорт ца малъеш,т1ехтуьлу и…

Еха к1айн цуьнан маж мохо юхатуьйсу,

Цецбевлла, ларарца нах т1аьхьа хьуьйсу.

(М.Сулаев)

-Оьшучу интонацица д1аеша байташ.

-Муьлха ц1е туьллур яра аша цунна?

-Шу цецдевлла х1умма а дуй церан чулацам т1ехь?

-Шаьш кегий хетий шуна иштта г1иллакхе хила?

-Цхьанна гуш хила дезий г1иллакх?Гуттара ларъян езий оьздангалла?


V.Дешархошка шаьшка болх байтар.

1.Кхочушде 6-г1а шардар.

2.Предложенеш х1иттае.


VΙ.Жам1 дар.

-Муха хуьлу шалха элпаш?

-Маца кхолладелла йоза?

-Маса ду шалха элп?


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Шалха элпийн нийсаяздар карладаккха.

2.Кхочушде 7-г1а шардар.



6-7-г1ий урокаш.


Урокан чулацам:Омонимаш,синонимаш,антонимаш.

Дешан лард, орам, дешхьалхе, суффикс.


1алашо:Омонимех а,синонимех а, антонимех а долу хаарш т1еч1аг1дар,уьш

юкъахь йолуш предло-женеш х1итто хаар. Дешан лард, орам, дешхьалхе, суффикс

билгалъяхаран хаарш карладахар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан кечам бар.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.


ΙΙΙ.Хьалххе- хаийтаран диктант.


Т1екхечира гуьйре. Стенна делахь а,оьпано санна латта ахка йолаелира сурок(экха).Раг1у к1елахь лаьттачу сайри к1ел а, цунна жимма сехьа а аракхоьхьучу лаьттан боккха барз х1оттийра цо. Дукха хан ялале т1улг а, жаг1а а болийра аракхехьа.Уьйт1арчу жимчу ц1ийнан лард а яра цо охкуш.

Боккха т1улг нисбелча, тоьттуш хьалабоьхьура цо иза.К1оргга лаьтта буха яхана, 1аьнна д1айижа кечлуш яра сурок.(Х-А.Берсанов.)

-Оьшучу интонацица д1аеша дийцаран кийсак.

-Шайн дешнашца схьайийца.

-Билгалдаьхначу дешнашна ялае антонимаш.

-Муха ду антонимийн лексически маь1на?

-Вайн маттахь дукхахдолчу дешнашна ялалур ярий антонимаш?

-Лардбохучу дешан лексически маь1на нийса я т1едеана ду?Муьлхачу шина маь1нехь лела и дош? Х1оттае цунна дошаман статья.

Кеп: лард[лардан,лардана,лардо,ларде,й; дукх.тер. лардаш,й].

1)Ц1ийнан бух (фундамент). Лард йог1а вуьйлира х1усамда.

2)Грамматически лард. Дешан лард билгалъяьккхира дешархочо.

-Латта-лаьттан-лаьтта буха-х1окху ц1ердешнашна лексически маь1на я кеп хуьйцу?

-Хан бохучу дашна ялае синоним.Муха хуьлу церан алар а, лексически маь1на а ?

Кхин дешнаш дуй кийсак т1ехь синоним яло мегар долуш?(Т1улг-чхар)

-Билгалдаьхначу дешнашна бе дошкхолладаларан къастам.


ΙV.Карладаьккхинарг т1еч1аг1дар.


1)Кхочушдо 11-г1ий,12-г1ий,14-г1ий шардаш кхаа кепехь, дешархой кхаа тобане а боькъий.

2)Дешархошка кхочушдайтина шардарш доьшуьйту,г1алаташ тодо.

3)Кхочушдо 15-г1а шардар.Дешархошка доьшуьйту,г1алаташ нисдо.


V.Дозуш долу къамел кхиор.


1)Нохчаша шайна юккъехь лелочу оьздангаллех лаьцна дуьйцу дешархоша,учебникан 11-чу аг1он т1ерачу плане а хьовсуш.

2)Муьлха эпиграф ялор яра аша иштта чулацам болчу сочиненина?

3)Оьздангалла ца хилча, сий хир дуй стеган?

4)Оьзда бохучу дашна х1оттае дошаман статья.


Кеп: оьзда (билгалдош)- г1иллакхе,к1еда-мерза,бакъахьара стаг.Тхан да г1иллакхе,к1еда-мерза, бакъахьара стаг ву.

5).Учебникан т1ехь йолчу планах пайда а оьцуш, цхьана кехат т1е язъе сочинени ,х1окхарах цхьа ц1е а харжий:




1),,Оьздангалла стеган сий ду”

2),,Хьо оьзда хилалахь, х1ай къона нохчо!”

3),,Уггаре хьалха оьздаверг х1унда лерина вайн дайша?”

4),,Оьзда мотт- оьзданчун г1иллакх”.



VΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу омонимаш,синонимаш, антонимаш?

-Произведенешна юкъахь лелайой уьш?

-Дукха маь1наш хуьлий церан?


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1)15-г1а шардар кхочушдо
2)Бакъо дагахь 1амо.











































8-г1а урок.

Урокан ц1е:Ц1ердош легор.Къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам.


1алашо:Ц1ердешан грамматически билгалонех долу хаарш карладахар,к1аргдар.Ц1ердашо предложенехь до синтаксически г1уллакх къастор.Къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам балар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)Масийттамо ц1ахь язйина сочинени д1айоьшу.Дешархошка хаттарш а долуьйтуш, сочиненеш ешначарна оценкаш йохку.

2)Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь:

а)17-чу шардарна бухахь долчу хаттаршна йозанца жоьпаш ло.Даладо масалш.

б) Кхочушдо 17-г1а шардар.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1)Дешархоша жоьпаш ло учебникан 12-чу аг1он т1ехь долчу хаттаршна.Даладо масалш.

2) Х1окху мог1анашкара ца оьшу дешнаш д1адайа:

а)ц1ердош,билгалдош,дош,хандош.

б)таллархочуьнца,ахархочуьнца.

в)пхиъ,ялхитта,б1е,дукха.

г)исс,етт,бутт,латта.

3)Кхочушде 19-г1а шардар.

4)Муьлха къамелан дакъош ду а хьажий,х1окху кепа нисде дешнаш:

Ц1ердош

Билгалдош

Терахьдош

Ц1ерметдош

Хандош











а) соцу,охьахьажа,къайладевлла,д1ахьедо.

б)езткъа,борх1азза,кхоалг1а,итт,эзар.

в)маха,къинхетам,стунваша,Ахьъяд,гуьйре.

г) х1ара, иза,со,тхо,вай,шу,массо а.

д)онда, къаьхьа,еак1ов,г1орг1а,букара.

-Х1ора дашна х1оттаде хаттар,йийца грамматически билгалонаш.

5)Муха къастор дара х1окху дешнаийн цхьаьнакхетаршна юккъера къаелан дакъош?

Х1ун? муха?

Говран оьзда - оьзда стаг

Чехка болар-чехка вог1ура

Латта ахка-арахь латта

-Муьлха къамелан дакъа ду къасталуш ца хилча, хуур дуй шуна цуьнан грамматически билгалонаш а,синтаксически г1уллакх а билгалдаккха?

-Вайн талламо х1ун гайти? Муха хуур ду къамелан дакъа нийса билгалдаккха?

-Дешархошца цхьаьна х1окху предложенеш т1ера къамелан дакъош билгалдаккху:

Стагана говза пхьпр хила дуккха хан а, ницкъ а беза.Цуьнан 1еминчу куьйгаша говза юьйцира юткъа бой.

-Хьалхарчу предложенехь говза боху дош муьлха къамелан дакъа ду?Муьлхачу дашца уьйр ю цуьнан?

Говза боху дош ц1ердашца уьйр а йолуш, цунах лозуш хилча, муьлха къамелан дакъа хуьлий лела?(билгалдош).

-Шолг1ачу предложенехь долчу говза бохучу дашна иштта таллам а бой къастадо иза хандашах дозуш хилар а, иза куцдош хилар а.Куцдош х1инца а 1амош дацахь а, иштта кхетам оцу къамелан декъах белча, дешархоша предложенина синтакически къастам беш атта билгалдоккхур ду:говза боху дош ц1ердашца уьйр йолуш делахь-иза къастам бу,ткъа хандешнашца уьйр йолуш делахь-латтам бу(хаттар цхьаъ делахь а)


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.


1)Кхочушдо 24-г1а шардар.Билгалдаха къамелан дакъош.


2)Кхеторан диктант.

Асмарт Доккмал цхьа шой биъ бутт жима яра.Цхьайтталг1а шо дара цуьнан.Тойсам цул цхьа шой ах шой жима вара.Уггар жимачу Сацитин ши шо дара.Човка бераш дийшинчуьра г1овттале йоьдура балха.Сатоссуш оза доладора хьелий. Бажа д1абаханчул т1аьхьа ц1а а йог1ий,ц1ахь г1уллакх а дой, балха юхайоьдура иза.Ткъа шаьш дисинчу бераша чоь юха а кегайора.(Х-А.Берасанов)

-Терахьдешнаш,ц1ерметдешнаш билгалдаха.

-Долахь долчу ц1ердешнашна буха сизаш хьакха.

-Бераша бохучу дашна морфологически къастам бе.

-Кегайора бохучу дашна дешх1оттаман къастам бе.

-Жима,жимачу,бераш,бераша бохучу дешнаша лексически маь1на я грамматически кеп хийцина?

-Антонимаш юй х1окху кийсак т1ехь?


V.Ц1ахь бан болх.


1.Кечам бе талламан диктантана.

2.Кхочушде 25-г1а шардар.










































9-г1а урок.


Урокан ц1е:Талламан диктант


1алашо:1амийнарг т1еч1аг1дар.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Текст д1айоьшу.

Хьаьмц.

Хьаьмц колл ларахь а,стомма а долуш, масийтта дитт ду. Хьаьмцо заза т1аьхьа доккху. Цо заза даьккхича,гота охучуьра сацош ю.Иза аьхке юлуш хиларан билгало ю.

Хьаьмцаш гурахь шело х1оьттича хуьлу.Уьш мадбелча,сискалца бууш мерза хета. Хи чу буллий, 1алаш а бо вайнаха хьаьмцаш,царех варени а йо.

Хьаьмца к1елахь хиъна 1аш хьан тидам хуьлу, дийнахь х1аваэхь лакхахула лелаш хилла ч1ег1ардигаш,лаьттах хьакхалуш ца хьакхалуш,лахахула леларан.И х1ун ду? И дера ду дог1а дан тохаделча лакхара т1унделла сагалматаш: чуьркаш, мозий лаьттана гергга охьадаьхкина хилар.

(Хь.Хасаев)

ΙΙΙ.Текст т1ехь болх.

1)Дешархоша шайн г1алаташ нисдо.

2)Билгалдаха ц1ердешнаш, билгалдаха ц1ердешнаш.

3)Шолаг1а предложени синтаксически талла.


ΙV.Жам1 дар


V.Ц1ахь бан болх


Ц1ердашах лаьцна карладаккхар.





10-г1а урок.

Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.


1алашо:Даьхначу г1алаташна т1ехь болх бар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Тетрадаш д1асадекъар.


ΙΙΙ.Дукха даьхна г1алаташ дийцаре дар.

Дешархошка шайн г1алаташь болх бо1ту.Бакъонаш карлайоху.


ΙV.Ун т1ехь болх бар.

Ц1ердешнаш схьаяздар.


V.Схьаязъе г1алаташ даьхна предложенеш.





11-г1а урок.

Урокан ц1е:Къамелан дакъош(юкъара кхетам)


1алашо:Ц1ердош,билгалдош,хандош,куцдош а карладаккхар а,

церан синтаксически г1уллакх довзийтар а.1амийнарг

т1еч1аг1дар.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.


ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

-Маца яздо вай дешан чаккхенгахь н элп?Даладе масалш.

-Къамелехь олий вай н элп?

-Муьлха къамелан дакъош 1амийна вай?

-Х1ун гойту цара?Даладе масалш.

-Кху предложенина бе морфологически къастам.

Ц1.дош. хан.д. хуттург. Ц1.д. хан.д. ц1ер.дощ.

Книгаш яхьар ю аьлла, дош делира ас цунна.

-Кхин муьлха къамелан дакъа девза вайна?

ΙΙΙ.Дешнаш т1ехь болх.


Ч1ана ю (билг.)-еда,питьё.

1адам бу(ц1ердош)- ужас.


ΙV.1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар.


1)билгалдаха къамелан дакъош.

Стаг,аьхна,ц1ен, вахара,инкарло,болх,меллаша,еара,стохка,хаза,зезаг,стела1ад,ийцира,журнал.

а)Бераша гурахь синтарш дуьйг1ира.

б) Геннара гора йог1у сийна машен.

в) Асет а, Разет а, Ровзан а дика доьшуш ю

-Дуьйцу къамелан дакъойх лаьцна.

-Предложенехь церан синтаксически г1уллакх.


V.1амийнарг т1еч1г1дар.


-Кхочушде 27-г1а шардар.

-Предложенина бо синтаксически къастам.

-Т1аххьарчу предложенина бе морфологически къастам.


VΙ.Жам1 дар.

-Муьлха къамелан дакъош девза вайна?

-Меран н маца яздо дешан чаккхенгахь?

-Муьлхачу дожаре даккха деза дош н элп дуй хьажа?


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.


1. Бакъо карлаяккха.

2.Кхочушде 28-г1а шардар.




12-г1а урок.

Урокан ц1е:Билгалдош,цуьнан маь1на а,морфологически билгалонаш а.

1алашо:Билгалдешан морфологически билгалонаш йовзар,церан синтаксически г1уллакх къастор.Билгалдош кхечу къамелан декъех къасто хаар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Кхочушдо 22-г1а шардар(4 предложени язйо)

-Билгалдаха къамелан дакъош.

-Ц1ердешнашна бе морфологи къастам кхаа кепехь.

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Атта некъ, аьрха говр, аьчкан маьнга, башха йоза, бес-бесара къоламаш, бецан н1аьна, боьмаша мачаш, боьрша эса, букъан даь1ахк, довха дог, довха куьг, готта урам, гергара к1ант ,дайн стака,еак1ов керт, зене болх, ингалсан мотт,деден шаьлта,вешин сахьт.

-дийца , х1ун олу оцу дешнех.(Дешнийн цхьаьнакхетарш).

-Муьлха къамелан дакъош ду уьш?

-Коьрта дешнаш муьлхарш ду?Дозуш дерш а билгалдаха.

-Муьлхачу а дешнийн цхьаьнакхетарна бе къастам.

муха?

Кеп: дайн стака

↓ ↓

Билгалдош ц1ердош

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Х1унда оьшу билгалдош?

2.Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу цуьнан?

3.Билгалдош ша лелий, цхьаьна а дошца уьйр йоцуш.

4.Х1ун гойту билгалдашо?Даладе масалш дешнийн диктантана т1ера.

5.И билгало муьлхачу къамелан декъан гойту цо?

6.Т1аккха билгалдашо ц1ердешан билгало гойту ала мегар дуй?

7.Бес-бесара зезагаш дара бешахь.


-Билгалдош муьлхачу дашах дозуш ду?Муха хии иза?(Хаттар х1оттийча).

Зезагаш муха ду?-бес-бесара.

-Муьлхачу а ц1ердашца лелий бес-бесара боху билгалдош?Бес-бесара бошмаш ала мегар дуй?(Дац.Билгалдош муьлхачу а ц1ердашца ца лела)

8.Кхин билгалдешнаш хир дарий те зезагийн кхин а билгалонаш гойтуш?

Даккхий зезагаш,хаза зезагаш,арара зезагаш,бешара зезагаш,лекха зезагаш.

-Зезагийн билгало гойтий оцу дешнаша массара а?

-Х1унда аьлла царех билгалдешнаш?Муха ду церан хаттарш?

-Терахьашца а,дожаршца а хийцалой билгалдешнаш?

-Легаде йоккха к1удал,яккхий к1удалш боху дешнийн цхьаьнакхетарш классан уьна а, тетрадаш т1ехь а.

-Х1ун гойту х1окху билгалдешнаша:ц1еран серло,арахьара стаг,аьхкенан денош,дашо сахьт, мерза кхор.


9.Дешархошка йоьшуьйту 1-ра §,ца кхетачух кхета а беш.

V.1амийнарг тё1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 27-г1а шардар.

2.Кхочушдо28-г1а шардар.

VΙ.Урокан жам1 дар.

-Стенах олу билгалдош?

-Муха кхета шу билгалдашах?

-Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу?


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 1-ра §

2.Кхочушде 29-г1а шардар.


13-14-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Мухаллин а, юкъаметтигаллин а, доладерзоран а билгалдешнаш.


1алашо:Билгадешнийн тайпанаш довзар.Хаа деза уьш вовшех къасто,муьлхачух олу

Юкъаметтигаллин?Доладерзоран?Цра х1ун гойту?

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.шардар барта толлу.

2.бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.Хаьржина диктант.

Сихха хьалахьаьжира аса б1аьргаш ,Лекхачу екхначу стиглахула тийна нека деш къилбехьа оьланаш йина д1ашершара к1айн кегийн,яйн мархаш.Ц1еххьана сан коьрта т1ехула хьаьвзира кегийчу чуьркийн дийнна цхьа ж1уга.Царех масех чуьрк хааелира суна сайн метта т1ехь.

-Билгалдешна буха сиз хьакха ,дийца церан тайпанаш.

-Муьлхачу къамелан деъкна уьйр ю церан.

Кеп: Лекхачу екхначу стиглахула-билгалдашо гойту мухалла.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьн т1ехь хьалххе кечйина кеп:

Билгалдешнийн тайпанаш.

мухаллин

юкъаметтигаллин

доладерзоран

Мухалла гойту.

Муха? Муьлха?

Х1уманний, цуьнан билгалоний юккъехь йолу юкьаметтиг гойту.

Х1ума хьенан я стенан ю.

1)(доладер-н) аьттан шура,йишин бер, Эдалханан некъаш, цхьогалан ц1ока, г1умкийн мотт;

2)(юкъам-н) аьчкан ков, таханлера де,лулара нах,хьалхалера зама,дененан туьйра;

3)(мухаллин)хала хьесап, дуткъа к1ади, дера хьаьким,токхе гуьйре,лекха дег1.

2.-Маса тайпа ду билгалдешнийн ?

-Муьлха билгалдешнаш нисдина хьалхара кепа чу?

3.Дешархошка йошуьйту 2-г1а§.

-Муьлха билгалдешнаш яздо доккхачу элпаца?


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 32-г1а шардар.

2.Гуьйре ,стигал,мархаш,мох, латта, аренаш,хьаннаш,акхарой,олхазарш,г1аш,дитташ,хи, зезагаш, буц,дог1а-бохучу ц1ердешнашна уллохь язде билгалдешнаш,шайн оьшучу терахье а, дожаре а х1иттош .Билгалдешнийн тайпанаш билгалдаха.

Кеп:Хаза гуьйре,дашо гуьйре,шийла гуьйре.


VΙ.Жам1 дар.

1.Муха къастадо билгалдешнийн тайпанаш?

2.Мухаллин билгалдешнаша х1ун го1ту муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?Даладе масалш.

3.Юкъаметтигаллин билгалдешнаш.Даладе масалш.

4.Доладерзоран билгалдешнаша муьлхачу хаттаршна жоп ло.Х1ун гойту цара?Муха яздо долахь йолчу ц1арах кхолладелларг?

Даладе масалш.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 2-г1а §.

2.Кхочушде 33-г1а шардар.



15-г1а урок.


Урокан ц1е:Лааме а,лаамаза а билгалдешнаш.


1алашо:Лааме а,лаамаза а билгалдешнаш довзийтар,

Уьш вовшех къасто хаар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.


1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу мухаллин а, доладерзоран а тайпанаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Хаттарш.

-Стенах олу билгалдош?

-Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу билгалдешни?

-Билгалдашо х1ун гойту?

-Маса тайпа ду билгалдешан ? Муьлхарш?


2.Беснеш т1ехь богура хилла баьллачу 1ожан ц1ен бос,сема хьоьжура 1аьржа даккхий б1аьргаш.Аснарта нохчийн маттахь ч1ог1а дика байташ язйо.

-Предложенеш д1аязйо ,мухаллин билгалдешнаш схьакъастадо.

3.Легаде дешнийн схьанакхетарш.:

Чехка говр, ненан коч, жима к1ант.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Билгалдешнаш лаамаза а, лааме а хуьлу.

Лаамаза билгалдош ц1ердашца уьйр йолуш хуьлу.Масала:Хаза коч, дика йо1, сийна стигал.

Лааме билгалдош билгалдешан а,ц1ердешан а метта лела.Масала:жиманиг,хазаниг,эсалниг.



лаамаза

лааме

Хаза йо1,воккха стаг,эсала нус,шийла 1а.

Хазаниг,воккханиг,эсалниг,шийланиг.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 35-г1а шардар.

2.Кхочушдо 36-г1а шардар.

-Лаамаза а, лааме а .


VΙ.Урокан жам1 дар.

-Лаамаза билгалдешнаш муха лела?

-Лааменаш билгалдешнашна х1ун т1е кхета?

-Лаамерчаьрца лелий ц1ердешнаш?


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 37-г1а шардар.

2.1амае 3-г1а §.






16-г1а урок.


Урокан ц1е:Билгалдешан синтаксически билгалонаш.


1алашо:Лаамазчу, лаамечуй билгалдешнийн предложенехь

синтаксически г1уллакх муха ду хаар.Предложенехь

муьлха меже хуьлий лела.



Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.


1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2.Бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Цабезаман билгалонаш, Адаман дахар, олхазарийн г1овг1а, адамийн г1иллакх,оьздачу куьцах, стиглара седа, ч1ог1ачу тулг1ено,нехан юкъаметтиг,х1уманан кхачам,ирсе де, паччахьан 1едалх, коьмаршачу нехан, дарбане бецаш,вешин куй.


--Билгалдешнийн тайпа билгалдаккха:лааме билгалдешнаш кхолла, царна суффиксаш кхолло т1етохарца.


ΙV.1амийнарг карладаккхар.

1.Кхочушде 38 -г1а шардар.

2.бакъо ешар.


V.Керла коьчал йовзийтар.

Хьалххе уьн т1ехь язйина ю предложенеш.


1.Масане тамашийна(муха?) сурт х1оттийна хир ду тхан юьртахь.

2.Хьамидг1еран доьзалехь воккханиг( мила?) ц1ахь вацара.

3.Зайнаа т1оьрмигех боккаханиг ( муьлхарниг?) д1абихкира.

4.Хьомениг, ас декъал во хьо винчу денца!

- Дешархоша х1ора предложенехь билгалдоккху билгалдешнийн синтаксически г1уллакх.


VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.4-чу параграф т1ехь йолчу предложеница т1едилларе хьаьжжина болх бе.

2.Кхочушде 38-г1а шардар.


VΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.39-40-г1ий шардарш кхочуш де.

2.Ши предложени синтаксически къастае.


VΙΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Тахана муьлха тема 1амий вай?

-Предложенехь муха лела билгалдешнаш лаамаза а,лааме а.

-Т1едерзар хуьлий лаамечу билгалдешнах.


ΙX.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 4-г1а§

2.Кхочушде 41-г1а шардар.




17-18-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Изложени:«Ча а, зударий а.»


1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.

Нийса предложенеш х1итто хаар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Текс ешар.

Текст хьехархочо йоьшу, барта чулацам бовзуьйту.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьту.


ΙΙΙ.Текст дешархоша д1аязйо.

Ча а, зударий а.

Кабехий,Бикатуй яхара хьуьнах хи чу бохка кхораш лахьо.Лекха а, буьрса а яра хьун. Ширчу некъашкахула, хьуьнан кхораш лоьхуш, генна д1аяхара и шиъ. Ирзу тайпа цхьана майдана кхаьчча,саттийна охьабан боллуш кхор карийра цу шинна.Маьлхан серлонгахь, лоппаргаш санна, лепара ношбелла кхораш.Кхуран к1ело хьешна яра. Наггахь а кхор ца битинера охьаэгначех. Лохо кондарш д1а а, схьа а кегош, леррина лехча ши кхоъ ношбелла кхор карийра Бикатуна.Церг а тоьхна хьаьжча, чам тайра цунна.

-Эх1 , х1орш ч1ог1а дика чам болуш кхораш бу! - кхура т1е хьалахьаьжира Кабеха.

-Х1ара х1ун ду? Цхьа адамаш леллачух тера ма ду кху к1елхула. Т1ехь саттийна кхораш а бу.

-Же,шимма а т1е яьлла,массо а га ластош, кхораш охьаэго беза вайшимма,-аьлла, хьалаелира и ши зуда.

К1ело юьззина кхораш охьаэгийра цу шиммо.

Ши зуда охьа а йоьссина, кхораш лахьо йолаелча, юьстах хьуьн чохь татанаш хезира цу шинна.Ладуьйг1ира шина зудчо.Я ча, я нал , я бежна- цхьаъ хила еза-кх и татанаш дийриг аьлла хеттачу хенахь, т1аьхьарчу когаш т1е ира а х1оьттина, чуьхьаьдда йог1ура ча.

-Ва-а, орца дала!!!...-маьхьарий а хьоькхуш, кхин х1ун чохь ца соцуш,едда ц1а еара и ши зуда.

Едда ши зуда кхин тергал а ца еш, адамо санна, меллаша схьа а лехьош, кхораш баа охьахиира ча.


ΙV.Изложенин т1едиллар.

Билгалдешнаш билгалдаха.


V.Тетрадаш т1е д1аязйо изложени.


VΙ.Г1алаташ т1ехь болх.


















19-г1а урок.


Урокан ц1е:Билгалдешнаш терахьашца хийцадалар.


1алашо:Хаа деза,билгалдешнийн терахьашца хийцадалар муха хуьлу,

массо а билгалдош хийцалой терахьашца, стенах доьзна ду и.

Дешархой кхето беза, юкъаметтигаллин билгалдешнаш терахьехь

Ц1ердашца уьйр йолуш цахиларх.



Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.


1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу мухаллин а, доладерзоран а тайпанаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Уьн т1ехь хьалххе кечйина ю схемаш. Цаьрга а хьожуш, предложенеш х1иттае, уьш д1аязъе.

hello_html_m70711f27.gifhello_html_2e49579c.gifhello_html_m5c87868.gif

  1. ? !



hello_html_4c650d72.gifhello_html_19b6748a.gifhello_html_7ba4b929.gifhello_html_m552dfad8.gif2) ткъа ● амма






-Предложенешна юкъа лааме, лаамаза билгалдешнаш даладе.

2.Д1аязде лааме билгалдешнаш.Суффиксаш сизахца гайта:

Халкъаниг,майраниг,цхьогалниг,осалниг,юьзнарг,к1органиг,онданиг,к1езганиг,мерзаниг,гондархьаниг,декъазниг,чехканиг,дераниг,селханлераниг,ломарниг,к1айниг,т1ерг1аниг,хьомсарниг,оьзданиг.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1аязйо х1ара кеп:

билгалдешнаш

Х1ун гойту цара

Терахьашца хийцалой?

1

2

3

Йоккха юрт

Йоккхалла, лаамаза,мухаллин билгалдош

Яккхий ярташ

Жима йо1

Жималла гойту,мухаллин билгалдош

Кегий мехкарий

Деха дег1

Локхалла гойту мухаллин билгалдош

Деха дог1маш

Ломара хьаша

Юкъаметтигаллин билгалдош

Ломара хьеший.

Малхбузу ламаз

Юкъаметтигаллин билгалдош

Малхбузу ламазаш

Чехканиг,декъазниг,гергарниг,воккханиг

Лааме билгалдош

Чехканаш,декъазнаш,гергарнаш,

Баккхийнаш


-Стенга хьаьжжина хийцало билгалдешнаш терахьашца?

-Йоккхалий, жималлий, бараммий гойтуш долу лаамаза мухаллин билгалдешнаш муха хийцало терахьашца?

-Юкъаметтигаллин билгалдешнаш?

-Лааме билгалдешнаш деррриге а хийцалой терахьашца?

-Хьехархочун г1оьнца жам1 до билгалдешнийн терахьашца хийцадаларх лаьцна.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 42-43-г1ий шардарш.

2.«Г1иллакхийн хазна» аьлла болх болор бу вай тахана,г1иллакхах лаьцна хьехамаш а,кицанаш а яздеш:

1)Мархийн бутт базбеш, марханаш кхабар,нагахь шен марха дацахь, нахана юккъехь бага х1ума ца 1иттар.

2)Воккханиг т1евог1уш кевне я не1аре кхочуш велахь, жимчо воккханиг чувохуьйту.

3)Кхо стаг д1авоьдуш,воккханиг юккъехь а волуш,цул жиманиг аьрру аг1ор а волуш,уггаре жиманиг аьтту аг1ор а волуш хуьлу.

4)Эрна дош цаалар, аьлла дош лардар.

5)Дина кост а, дина весет а д1аалар.

6)Хьайна хууш долу хаза г1иллакхаш нахана 1амор Далла хьалха деза ду.

7)Шен къоман мотт ца безаш, цуьнан сий ца деш волу стаг-стаг вац.(С.Цугаев)

Д1абеша хьехамаш.

-Лексически маь1нех ца кхеташ дуй дешнаш?

-Шайн дешнашца схьабийца церан чулацам.

К1оргера буй и-Шаьш кегий хетий шуна царех кхета а,уьш кхочуш бан а?

-Билгалдешнаш дукхаллин терахье а х1иттош, схьаязде.Дийца,муха кхоллало церан дуккхаллин терахь.


VΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.



VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 45-г1а шардар.

2.1амае 5-г1а §.

3.Г1иллакхах лаьцна долу ши- кхо кица язде.























20-г1а урок.


Урокан ц1е:Билгалдош классашца хийцадалар.


1алашо:Хаа деза, муьлха билгалдешнаш хийцало классашца,

Иштта билгалдаккха деза,церан хийцадалар шайца

долчу ц1ердешнашца хьаьжжина хилар.

Юкъаметтигаллин билгалдешнаш классашца ца хийцало;

хаа деза , х1унда ца хийцало.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Фронтальни хаттарш:

-Муха кхоллало лаамазчу мухаллин билгалдешнийн дуккхаллин терахь?

-Муха хийцало юкъаметтигаллин билгалдешнаш дуккхаллин терахьехь?

-Лааме билгалдешнаш хийцалой дукхаллин терахьехь?Даладе масалш.

2.Дешархошка доьшуьйту ц1ахь кхочушдина 45-г1а шардар.Ц1ердешнийн дожар,терахь,класс, легар билгалдаккха.


ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 44-г1а шардар.

2.Билаглдаха ц1ердешнийн терахь а, дожар а, класс а, легар а.
Дикачу ойланца, тхевне хьоьжура, д1адаханчу к1иранах,асфальтан некъаш, хазачу йо1ана,къонахчун дешнаш.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1аязйо х1ара кеп:

Классашца хийцало

Классашца ца хийцало

1.Шайца классни гайтамаш болу мухаллин билгалдешнаш:йоккха,воккха,доккха,боккха.

Церан хийцадалар ц1ердешнашка хьаьжжина

хуьлу:йоккха дечиг, боккха етт, доккха хи, воккха хьаьким.

1.юкъаметтигаллин билгалдешнаш:оршотан де, баьллийн мутт,б1арийн т1амарш.

2.Х1уманан бос, чам гойтуш долу билгалдешнаш:

Можа лимон, теза берам, баьццара аре, муьста шура.









-Х1окху кепе а хьожуш, дешархоша билгалдоккху, муха ду билгалдешнийн классашца хийцадалар.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 46-г1а шардар.

2.Учебникан дошам т1ера схьаязде аграрни,айпе боху билгалдешнаш.Дийца церан лексически маь1на,тайпа.Классашца хийцалой уьш?

-Уьш юкъахь долуш ши предложени язъе.Схемаш х1иттае царна.

3.Доца,боца,йоца,воца бохучу билгалдешнашна улло маь1ница дог1у ц1ердешнаш язде.

Барта предложенеш х1иттае цаьрца.Дийца билгалдешнийн классашца хийцадаларх лаций.


VΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 48-г1а шардар.

2.1амае 6-г1а §.

3.1аламах сочинени ц1ахь язйо тетрадаш т1ехь.



21-г1а урок.

Урокан ц1е:Мухаллин билгалдешнийн даржаш, церан кхолладалар,суффиксаш.


1алашо:Мухаллин билгалдешнийн даржаш муха кхолладелла хаар,церан суффиксаш.

Муха кхоллало т1ехдаларан дарж, и кхоллалуш г1оьналлин дешнаш:

сов,т1ех, вуно, 1аламат, инзаре, уггаре а.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархоша дуьйцу ц1ердешнийн классашца хийцадаларх лаьцна.

2.Доьшу ц1ахь кхочушдина 48-г1а шардар.

3.Шина-кхаа дешархочуьнга йоьшуьйту 1аламах сочиненеш.Г1алаташ тодо.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Уьн т1ехь хьалххе кечйина ю схемаш. Цаьрга а хьожуш, предложенеш х1иттае, уьш д1аязъе.

А: «М» . «М!»-а.

«М!»-а. «М»,-а.

-Дуьйцу ма-дарра къамелехь дохкучу сацаран хьаьркех лаьцна.

2.Лаамазчу билгалдешнех кхолла лааменаш.Суффиксаш сизашца билгалъяха.

Хьаг1ан к1ур, хьавлин мах,ц1евнийн мог1а,к1езан г1овг1а,хьомсара накъост, боккха мохк.

-Терахьашца хийцалой уьш? Классашца хийцалой лааме билгалдешнаш? Даладе масалш.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1аязйо х1ара кеп:

Юхьанцара дарж.

Дустаран дарж

Т1ехдаларан дарж.

Мухалла кхечу дешан мухаллех юсту.

Х1уманан мухалла кхечу х1уманан мухаллех юсту

Шина дашах лаьтта,х1уманан мухалла лакхаялар гойту.

К1айн,дика, к1еда,оьзда,сийна,буьрса, оьг1азе.

К1айхо,дико,к1едо.сийно,оьздо, буьрсо, оьг1азо.

Сов к1айн,т1ех к1еда, 1аламат сийна,вуно буьрса,уггаре оьг1азе.


-Муха ду мухаллин билгалдешнийн даржаш?

-Ц1е яккхал церан.

-Муха кхоллало уьш?

-Т1ехдаларан дарж маа дашах латта тарло? Жам1 до билгалдешнийн даржийн кхолладаларх лаьцна.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 50-51-г1ий шардарш.

VΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь:


Ι

ΙΙ

1.Кхочушдо 47-г1а шардар.

2.Кхочушдо 52-г1а шардар.

3.52-чу шардар т1ера 3-чу предложенина бе синтаксически къастам.

4.Вог1ург бохучу дашна бе дешх1оттаман къастам.

1.Кхочушдо 49-г1а шардар.

2.Кхочушдо 53-г1а шардар.

3.Дешх1оттаман къастам бе къинхетам ,аьхкенан бохучу дешнашна.

4.Буьйса бохучу дашна бе фонетически къастам.

VΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Х1ора билгалдешан даржана даладе пхиппа масал.

2.1амае 7-г1а §.



22-г1а урок.

Урокан ц1е: Билгалдешнийн легарш, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр.

1алашо:. Билгалдешнийн дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр, уьш муьлхарш ю хаар.

Билгалъяха еза лаамечу билгалдешнийн лач дожаршкахь йолу чаккхенаш.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан кечам бар.

ΙΙ.Хьалххе хаийтаран диктант.

Цхьа исбаьхьа гора хьаннийн аьрцнаш. Мерзачу набарна йийшича санна хеталора цхьаццанхьа стиглахь гулъелла к1айн мархаш. Б1аьстенан т1аьххьара денош дара хазделла лаьттарш.

-Ишттачу цхьана дийнахь хьаьвда дан ж1олмаш ян воьдучу шен воккхачу вешина Салман гонаха хьаьвзира.

-1усман, со а ваийтахь, ас г1о дийр ду хьуна…,-элира Салмана.(Д.Кагерманов.)

-Билгалдешнийн терахь, тайпа билгалдаккха.

-Мерзачу бохучу билгалдашах дустаран,т1ехдаларан даржаш кхолла.

-Исбаьхьа бохучу дашна синонимаш ялае;к1айн,мерза бохучу дешнашна антонимаш ялае.

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Билгалдешнаш дустаран а, т1ехдаларан а даржашкахь д1аязде.

-Дийца,муха кхолладелла уьш.


1аьржа буьйса,лекхачу дег1ахь,векъана стаг,еха коч,жима йо1,к1орга г1у,чехка ойла,хала болх,ондий кевнаш,чолхе зама,сирла б1аьргаш,кхоьллина де.

-Барта даха билгалдешнаш дукхаллин терахье.Муха кхоллало иза?

2.Буткъа,вуткъа,дуткъа,юткъа, бохучу билгалдешнаша улло язде цаьрца маь1ница дог1уш долу ц1ердешнаш.

-Лааме билгалдешнаш кхолла царех.

-Шинца х1оттае предложенеш а,царна схемаш а.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Легадо тешаме накъост,тешамениг боху лаамаза а,лааме а билгалдешнаш.

-Муьлха билгалдош дара хьалха легийнарг?Шолг1а?

-Муьлха билгалдешнаш чудог1у 1-чу легарна?Шолг1ачунна?

-Чаккхенаш сизашца билгалъяха,муха хуьлу уьш лаамазчу мухаллин билгалдешнийн?Лаамечеран?

2.Йоьшу 8-г1а§.

3.Жам1 до:1)Мухаллин лаамазчу билгалдешнийн(1 легар) лач дожаршкахь чу чаккхе хуьлу.

2)Лааме билгалдешнаш(2легар) хийцало 4-чу легаран чудог1у ц1ердешнаш санна.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 55-г1а шардар.

2.Кхочушдо 57-г1а шардар.

3.35-чу аг1он т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш ло.Масалш даладе шардарш т1ера.

VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

«Г1ИЛЛАКХИЙН ХАЗНА»

1)Стагана вон болх хилча-халахетар, дика болх хилча-халахетар.

2)Гиллакхан мах ахчанца хадалуш бац.

3)К1оршаме стаг нахана везаш вац.

4)Хазачу духарцатодина стеган куц,оьздангалла цуьнца яцахь, доьхна ду.

5)Стаг вовза лаахь,цуьнан ойланийн к1оргенашка кхиа веза(С.Цугаев)

-Легаде билгалдаьхначу дешнийн цхьаьнакхетарш.

-Йийца церан легаран бакъонаш .Чаккхенаш сизашца билгаляха.

-Схьаязъе антонимаш.Царех шинца барта х1иттае предложенш.

-Билгалдешнийн терахьаш, тайпанаш, дражаш,легарш къастаде.

-Г1иллакхе,к1оршаме,хаза бохучу билгалдешнашна ялае синонимаш.

-Морфологически къастам бе 5-чу предложнерчу ц1ердешнашна.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 8-г1а §.

2.Кхочушде 54-г1а шардар.Билгалдешнийн дожарш къастаде,дийца церан легар.



23-г1а урок.

Урокан ц1е: Билгалдешнийн кхолладалар, церан суффиксаш.

1алашо:Хаа деза, муха кхоллало билгалдешнаш.

Маса некъ бу уьш кхолладаларан.

Муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан кечам бар.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Дешархошка уьн т1ехь кехаташца болх байтар.

1 –ра кехат

1.Дийца билгалдешан классашца хийцадаларх лаций.

2.Легаде болатан эчиг,кхоран синтар,букара сиз боху дешнийн цхьаьнакхетарш, букарниг-лааме билгалдош.Чаккхенаш сизашца билгалъяха,церан нийсаязъяран бакъонаш йийца.

3.Масех г1иллакхе хьехам д1аязбе.

2-г1а кехат

1.Дийца мухаллин билгалдешнийн даржаш.Даладе масалш.

2.Бекъана,декъана ,екъана, векъана бохучу билгалдешнашна уллохь язде цаьрца дог1у цё1ердош.Лааме билгалдешнаш кхолла царех ,шиъ легаде,Чаккхенаш билгалъяха.

3-г1а кехат

1.Билгалдешнийн легарш,дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр.

2.Билгалдешнийн тайпа,терахь, класс,дарж,дожар, легар билгалдаккха:

1алавдин говзалла, даккхийчу лаьмнийн , нохчийн лаьттан маь1данашна, Орган тулг1енех, цхьогалан к1орнешца.


ΙΙΙ.Кхеторан диктат.

Сай, бодий къастале Мелимата Деле шен доьзалан некъ дика хилийтар доьхуш ламазана кечамаш беш тассий,г1уммаг1ий хьадина, самабаьккхира ховхачу набарха боьлла доьзал.Мелимата дешначу аятан вахана шайн говраш а,стерчий а 1алашдеш хьаьвзира 1аба.(Ш.Окуев)

-Билгалдаха билгалдешнйн дожарш,йийца церан чаккхенаш нийсаязъяран бакъонаш.

-Предложенийн цхьанатайпанарчу меженашна буха сиз хьакха , дийца царна ехкинчу сацаран хьаьркех лаций.

-Антонимаш билгалъяха

-Дешнаш бохучу ц1ердашна бе морфологически къастам.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1аязйо х1ара кеп:


Билгалдешнийн кхолладаларан некъаш:

Суффиксийн г1оьнца кхоллало:

Масалш:

1-ра

-ан,-нан,-анан,-ран,-ман.

Не1аран т1ам,кучан нуьйда,к1айн к1ади,дог1анан т1адамаш.

2-г1а

-ар,-ер.

Г1алара совг1ат,1умарера кехат.

3-г1а

-за,-аз

Оьг1аза,дегаза,сийсаза,эвхьаза.



-Ц1ердешнаш доланиг дожарехь билгалдешнийн маь1нехь лелий?Муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш?И муьлха некъ бу?

-Ц1ердешнех кхоллалой билгалдешнаш?Муьлхачу суффиксийн г1оьнца?Иза муьлха некъ бу?

-Муха кхоллало дацаран маь1нехь долу билгалдешнаш?Муьлхачу суффиксийн г1оьнца? Цунах муьлха некъ олу?

-Жам1 до,билгалдешнийн кхолладаларан некъаш а дуьйцуш.



V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 58-г1а шардар.

2.Учебникан дошам т1ера схьаязде билгалдешнаш; дийца, уьш муха кхолладелла(доланиг дожарехь ц1ердешнашна уллохь яздан мегар цу ц1ердешнаш).

Кеп:башламан бохь, басе, болатан диг, мангал.


VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

Учебник т1ехь ду сочинени язъяран г1оьнна х1иттийна хаттарш.Сочиненин ц1е ю:«Нохчаша эхье,сийсаза лоруш дерг».

Сочиненина у балхана юкъаяло мегар долуш.

Хьехархочун г1оьнца дешархоша кечам бо сочинени язъян.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 9-г1а §.

2.Кхочушде 59-г1а шардар












































24-г1а урок

Урокан ц1е:Т1еэцна билгалдешнаш. Церан легар а,суффиксийн нийсаяздар а.


1алашо:Хаа деза,муьлхачех олу т1еэцна билгалдешнаш,

Церан нийсаязъяран бакъонаш.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан кечам бар.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу.

2.Бакъонаш схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Яккхий хьаннаш, Кавказан курорташ,шуьйра хи,къаьхкинчу говро, коган айраш, дуткъачу орамел, дог1анан хиш, 1аламан хьелашка,к1изигчу ханна, нехан даьхнех, хьуьнан стоьмашца, чен к1орнеш,

сирлачу батто.


-Билгалдешнийн терахь, тайпа, дожар,класс, легар билгалдаккха.

-Лаамазачу билгалдешнех лааменаш кхолла.

-Легаде кхерам, ваша боху дешнаш.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязйо кеп:


Ца хийцало.

Т1эцна лаамаза билгалдешнаш:

аграрни хьесап

Хийцало

Т1еэцна лааме билгалдешнаш:

альпийскинчун

аграрни хьесапах

аграрни хьесапца

альпийскинчунна

альпийскичунна


V.1амийнарг карладаккхар.

1.Кхочушдо 60-г1а шардар.

2.Легадо электрически лампа ,спутниковиниг, экономически дахар .

Тест.

1.билгалдешнийн маса кеп ю?

1)3, 2)2; 3)8.

2.билгалдешнийн маса дарж ду?

1)4; 2)5; 3) 3.

3.Лаамазнаш схьакъастаде.

1)церан арц,буьйса;

2)расханиг,оьзданиг.

3)можа 1аж,сийна коч.


-Чаккхенаш суффиксаш билгалъяха.

-Йийца церан нийсаяздаран бакъонаш.


VΙ.Жам1 дар.

-Т1еэцна лаамаза билгалдешнаш муха лела?

-Дожаршца хийцалой лааме билгалдешнш?


VΙΙ.Ц1ахь бан болх

1.1амае 10-г1а §

2Кхочушде 62-г1а шардар.



25-г1а урок.

Урокан ц1е:Билгалдош морфологически къастор.


1алашо:Хаа деза, билгалдош морфологически къастор бохург х1ун ду.

Иза къасторан кеп х1отто хаар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.фронтальни хаттарш.

-Х1ун гойту билгалдашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Дийца билгалдешнийн тайпанаш.

-Муха хийцало лаамаза билгалдешнаш?Лааменаш?

-Маса дарж ду билгалдешнийн?

-Муха хийцало т1еэцна билгалдешнаш


ΙV.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушде 62-г1а,61-ра шардарш.

2.Морфологически къастам бе билгалдаьккхиначу дешнашна:

К1ант ша йиллинчу хенахь Мусаг1аьрга схьавеара.Яхина хаьара шена т1едиллина декхар.


V.Билгалдош морфологически къастор.

Болх бо предложени т1ехь долчу билгалдешгнашца:


1.Т1аххьара а Сулиманан б1аьрг кхийтира т1орказна юххерчу г1анта т1ехь 1уьллучу Асмартан тишчу кучах йинчу тайнигах.

Билгалдош.

Предложени юкъара схьакъастадо морфологически толлуш долу билгалдош.


Юьхь.кеп:-Муха? Тиша;мух. Цхьал. Тер.юьхьанцара дарж.,хот.д.1-легар.Лаамаза.

2.Лай т1ехь цхьогалан лар гира таллархочунна

-Морфологически къастам бе.


VΙ. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 63-г1а шардар.

2.Легаде билгалдешнаш а,дешнийн цхьаьнакхетарш а:лекха,можа малх, дашо гуьйре.


VΙΙ.Урокан жам1 дар.

1.-Вай тахана 1амийначу коьчалан ц1е х1ун ю?Билгалдош стенах олу?

2.Комментировать еш оценкаш ду.


VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 11-г1а§.

2.Кхочушде 64-г1а шардар.










26-г1а урок.

Урокан ц1е:Билгалдош карладаккхар.


1алашо:Билгалдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар,

и юкъехь а долуш предложенеш х1итто хаар.

Билгалдашан терахь, классан гайтам ,цуьнан даржаш.


Урок д1аяхьар.


1.Урокан кечам бар.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу.

2.Бакъонаш схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Легаде 1аьржа буьйса, диканиг, дашо сахьт,воккханиг.

2.Дешархоша кхочушдо 65-г1а шардар

3.К1едачу куьйгаца хьаьстира цо бер.Белхалой бовхачу кхачанах кхетаза дукха хан яра.

4.Легаде сиха говр, говза пхьар


ΙV.Фронтальни хаттарш.

-Билгалдашо х1ун гойту?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Дийца билгалдешнийн тайпанаш.

-Муха хийцало лаамаза билгалдешнаш?Лааменаш?

-Маса дарж ду билгалдешнийн?

-Муха хийцало т1еэцна билгалдешнаш

-Т1еэцна лаамаза билгалдешнаш муха лела?

-Дожаршца хийцалой лааме билгалдешнш?


V.Урокан жам1 дар.

1.-Вай тахана 1амийначу коьчалан ц1е х1ун ю?

2.Комментировать еш оценкаш ду.


VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае байташ 69-г1а шардар.

2.Кхочушде 70-г1а шардар.

3.Бакъонаш карлаяха.



















27-г1а урок.

Урокан ц1е:Талламан диктант«Воккха стаг Бисолтий, жима Хьамзатий.»


1алашо:1амийнарг карладаккхар,

т1еч1аг1дар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Текст язъяр.

Бераш а доцуш, ш аьшшиъ 1аш дара доккха ши стаг: Бисолтий, Салехьаттий.

Дечке ваха тохавеллера воккха стаг Бисолта. Цуьнан лулахочун Дудин Хьамзат ц1е йолуш к1ант вара 6-чу классехь доьшуш.Хьамзат а вахара Бисолтица хьуьнах.

Доккхачу хи йисте д1акхечира и шиъ. Башха кхерам боцуш дехьавелира Бисолтий, Хьамзаттий.

Бисолтас дечкийн баххьаш ц1андора.Ткъа Хьамзата ц1андина генаш цхьана метте т1ек1ел дохкура.

Дашаза дисинчу лайн майданаш т1ехь йолу олхазарийн ларш къестайора Хьамзата.

-Х1ара хьаьжой байинчу ч1ег1аган ю, х1ара къоьзачу ч1ег1аган ю, х1ара мошанан ю, -бохуш, воккхачу стагана гойтура цо уьш.

-Хьуна стенах , муха евза уьш?

-Ас тидам бина церан, д1адаханчу экханан,олхазаран лоре а хьоьжуш.Ж1аьлин ,цхьогалан, берзан, кхидолчу акхаройн,олхазарийн а лараш къастало соьга.(Х-А. Берсанов)


Грамматически т1едиллар.

1)Билгалдешнаш буха тулг1ене сиз а хьокхуш билгалдаха.

2)Мухаллин билгалдешнаш схьаязде.Дийца церан терахь,дожар,тайпа,класс,легар.


ΙΙΙ.Жам1 дар


ΙV.Ц1ахь бан болх

Билгалдешнах лаьцна карладаккхар.



28-г1а урок.

Урокан ц1е: Г1алаташ т1ехь болх.

1алашо: Дешархоша г1алаташ т1ехь

болх бар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан кечам бар.

ΙΙ.Оценкаш д1адохку коментировать еш.

ΙΙΙ.Тетрадаш т1ехь г1алаташна т1ехь болх байтар дешархошна.


ΙV. Бакъонаш карлайоху.

V.Кхочушдо 64-г1а шардар.


-Билгалдешна буха сиз а хьокхуш билгалдоху.

-Морфологически толлу билгалдешнаш.



VΙ.Урокан жам1 дар.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.§§1-9 карлаяха.

2.Жима дийцар язде.





29-г1а урок


Урокан ц1е:Лаамаза а, лааме а билгалдешнащ дожаршца хийцадалар.


1алашо:Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш къасто хаар.

Уьш дожаршца хийца хаар.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан кечам бар.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.


1)Фронтальни хаттарш.

-Билгалдашо х1ун гойту?

-Лаамаза билгалдешнаш муха хуьлу? Лааменаш?

-Маса дарж ду билгалдешан?

-Маса тайпа ду билгалдешан?

-Классашца а, терахьашца а хийцалой билгалдешнаш?

2)Барта толу лаамаза а, лааме а билгалдешнаш.


ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.


1)Легаде лекха лам, сирла хи,воккханиг,хьомениг боху лаамаза а, лааме а билгалдешнаш,чаккхенаш билгалъяха.

2)Кхочушде 77-г1а шардар.

3).Х1ора дешархочунна тайп-тайпана заданиш ло.Уьш кхочуш йина ваьллачу пхеанна оценкаш йохку.

4).Кхочушдо 78-г1а шардар.

-Билгалдаьхначу билгалдешнашна уллохь къовларшкахь язде муьлхачу дожарехь ду.


ΙV.Урокан жам1 дар.

-Хьалхарчу легарна чу муьлха билгалдешнаш дог1у.

-Лааменаш муьлхачу легарна чу дог1у.



V.Ц1ахь бан болх.

1)Бакъонаш карлаяха.

2)Кхочушде 79-г1а шардар.




















30-г1а урок


Урокан ц1е:Къамелехь билгалдешнехь-синонимех нийса пайдаэца хаар.


1алашо:Синонимех кхетам балар .

Къамелехь синонимаша муха г1о до.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)Барта толлу 79-г1а шардар.

2)Бакъонаш карлайоху


ΙΙΙ.Дешнийн диктант.


К1айн эчиг,ц1ен коч, вешин куй, сийнаниг,воккханиг,йишин тетрадь, деден котар, ненан йовлакх, хазаниг,оьзданиг,тешаме доттаг1,тешамениг, оьзда к1ант, сирланиг.

-Лаамаза а,лааме билгалдешнаш билгалдаха .

-Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш легаде.Церан чаккхенаш схьакастае.

-Итт билгалдош язде.Уьш юьхьанцара,т1ехдаларан дарже х1иттаде.


ΙV.Фронтальни хаттарш.

-Т1еэцна билгалдешнаш муха яздо?

-Маса легар ду билгалдешан?

-Билгалдашо х1ун гойту ?

-Маса дарж ду билгалдешан?


V.Дешархошка шайга болх байтар.

1)Кхочушдо 8о-г1а шардар.

-Синонимашка буха сиз хьакха.


VΙ.Урокан жам1 дар.

-Стенах олу синоним?

-Къамелехь синонимаш муха г1о до?


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1) 5 предложени х1оттае синонимаш юкъадалош.





















31-урок.

Урокан ц1е:Лаамечу билгалдешан доланиг дожаран чаккхенгахь а, цхьана дешдекъахь лаьттачу билгалдешан


1алашо:Лааме билгалдешна доланиг дожарехь чаккхенгахь мукъа аз.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Предложенеш х1оранга а йоьшуьйту г1алаташ нисдо


ΙΙΙ.Хьалххе хаийтаран диктант.


Цхьа исбаьхьа гора хьаннийн аьрцанаш.Мерзачу набарна йийшича санна хеталора цхьаццанхьа стиглахь гулъелла к1айн мархаш. Б1аьстенан т1аьххьара денош дара хазделла лаьтташ.

Ишттачу цхьана дийнахь хьаьвда дан(стойло,кормушка для скота)ж1олмаш(валежник) ян воьдучу шен воккхачу вешина гонаха хьаьвзира.

-Билгалдешнаш билгалдаха.


ΙV.Дешархошка 1амийнарг карла а доккхуьйтуш, шайга болх бойту.


1)Ц1.сирла де, сирланиг, вешин кетар

Дл.сирлачу дийне, сирлачун, вешичу кетаран

Л.сирлачу денна, сирлачунна,вешичу кетарна

Др.сирлачу дийно, сирлачо, вешичу кетаро

К.сирлачу денца, сирлачуьнца, вешичу кетарца

Х.сирлачу дийнах, сирлачух, вешичу кетарах

М.сирлачу дийне, сирлачуьнга, вешичу кетаре
Дс.сирлачу дийнал, сирлачул, вешичу кетарал


2) Мерза,дуьра,муьста, лекха, лоха,1аьржа,сийна, веха,беха,оьзда,чехка,нийса,йовха, сирла.дика,воккха.

-И билгалдешнаш дустаран а, т1ехдаларан дарже даха.

(Мерзо,дуьро,муьсто,лекхо,лохо,1аьржо,сийно, вехо, бехо, оьздо, чехко, нийсо, йовхо, сирло, дико, воккхо;

сов мерза,т1ех дуьра, вуно муьста,уггаре лекха,вуно лоха,уггаре 1аьржа, инзаре сийна, уггаре веха,1аламат беха, вуно оьзда, сов чехка,уггаре нийса, т1ех йовха, уггаре сирла, т1ех дика,уггаре воккха.


3.Билгалдеш юкъа а далош предложенеш х1иттае.


V.Керла коьчал йовзийтар.

Лаамечу билгалдешан доланиг дожар чаккхенгахь а, цхьа дешдекъах лаьттачу билгалдешан чаккхенгахь а мукъа аз. Лаамечу билгалдешнийн чаккхенаш.


VΙ.Урокан жам1 дар.

1.-Вай тахана 1амийначу коьчалан ц1е х1ун ю?

Лаамечу билгалдешан доланиг дожар чаккхенгахь а, цхьа дешдекъах лаьттачу билгалдешан чаккхенгахь а мукъа аз.

2.Комментировать еш оценкаш ду.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

Шардар 85-г1а кхочушде.




32-г1а урок.


Урокан ц1е: Сочинени«Дашо гуьйре..»


1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.

Предложенеш х1итто хаар

Предложенеш вовшех нийса таса хаар.



Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Дешархошца болх бо хьехархочо.

Хаттарш ло г1оьнна:

-Г1уьйре муьлхачу баттахь йолало?

-Кхин х1ун хуьлу оцу баттахь?

-Денош а, буьйсанаш а, муха хийца ло гуьйранна?

-Наха ялтанаш чудерзош хьоьжуш долу к1а а язде сочиненехь.

-1алам хийцалой гуьйранна?

-Кхин х1ун хийцамийн тидам бина аш?

-Гуьйре еаъча хазахетий шуна?Х1унда?

-Олхазарша х1ун до гуьйре т1ееача?

-Бераша царна дина баннаш а дуьтий д1адоьлху уьш.


ΙΙΙ.Дешархошка д1аязйойту сочинени .

Хьехархочо г1алаташ нисдо, д1аязйойту тетрадаш т1е


ΙV.Ц1ахь бан болх.

1.Бакъонаш карлаяха.






























33-г1а урок.


Урокан ц1е: Билгалдешан чаккхенгахь Н яздар.



1алашо: Билгалдешнашна чаккхенгахь Н яздан хаар.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан кечам бар.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)Барта толлу 85-г1а шардар.

2)Бакъонаш карлайоху.


ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Легаде лаамаза а, лааме а билгалдешнаш:оьзда хьаша, майра к1ант, оьзданиг,1аьржаниг.

2.Предложенеш х1иттае х1ара билгалдешнаш юкъахь а долуш:

Стоьмийн беш, сирла шовда, воккха стаг, оьзда йо1.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.


1.Хьехархочун дош.

Билгалдешнашна чаккхенгахь н яздар дукха хьолехь хьенан я стенан хаттаршна жоп лучу билгалдешнашкахь хуьлу.Масала: хьенан?- вешин; стенан? Цхьогалан.

Яздечу хенахь нагахь и ши хаттар делахь луш, т1аккха чаккхенгахь н яздийр ду.Билгалдешан кхечу хаттаршна жоп луш долчу билгалдешнашца н ца яздо.

Ц1ердош. Мила? Билгалдош. Хьенан?

Ваша,йиша. Вешин, йишин.

Олучу хенахь халла хеза нэлп чаккхенгахь.


V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.кхочушде 84-86-г1а шардарш.

-Чаккхенгахь н долу билгалдешнаш билгалдаккха хаттаршца.


VΙ.Урокан жам1 дар.

1.-Вай тахана 1амийначу коьчалан ц1е х1ун ю?

-Чаккхенгахь н маца яздо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп дала деза?

-Билгалдешнаш муьлхарш ду?

2.Комментировать еш оценкаш ду.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Шардар 89-г1а кхочушде.

2.Карлаяха бакъонаш.














34 –г1а урок.


Урокан ц1е: Карладаккхар.Билгалдешнийн дожарийн чаккхенаш.



1алашо:Дожаршца билгалдешнаш лего хаар,

Церан чаккхенаш схьакъасто хаар.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан кечам бар.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)Барта толлу 89-г1а шардар.

2)Бакъонаш схьаюьйцу.


ΙΙΙ. 1амийнаргкарладаккхар.

Хаттарш:

-Билгалдашо х1ун гойту?

-Лаамаза билгалдешнаш муха хуьлу? Лааменаш?

-Маса дарж ду билгалдешан?

-Маса тайпа ду билгалдешан?

-Классашца а, терахьашца а хийцалой билгалдешнаш?

-Чаккхенгахь н маца яздо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп дала деза?



ΙV.Дешархошка болх бойту уьн т1ехь.

1.Х1ара ц1ердешнаш билгалдешнашка а дохуш хьенан? Стенан? хаттарш а х1иттош:цхьогал,хьехархо, етт, лулахо, говр, таллархо, олхазар, аьхке, хехо, дарий, ваша, нана, к1ант.

2.Легаде таллархо, олхазар, хьомениг, диканиг, к1айн мархаш, хаза йо1.



V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.кхочушде 91-г1а шардар.

-Чаккхенгахь н элп х1унда диллина дуьйцу, билгала доккху иза..


VΙ.Жима дийцар яздойту билгалдешнаш юкъа а далош.


VΙΙ.Урокан жам1 дар.


1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

-Маса тайпа ду билгалдешан?Муьлхарш?

-Уьш дожаршца хийцалой?

-Маса легар ду билгалдешан?


2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.




VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Шардар 89-г1а кхочушде.

2.Карлаяха бакъонаш.







35-г1а урок.

Урокан ц1е:Карладаккхар.Билгалдешнийн тайпанаш карладаккхар.


1алашо: Билгалдешан тайпанаш билгалдахар.

Билгалдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар,

и юкъехь а долуш предложенеш х1итто хаар.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан кечам бар.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)Барта толлу 93-г1а шардар.


2)Бакъонаш карлайоху.


ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Мерза 1аж,сийна стигал, йовха бедар, шийла 1а, 1аьржа буьйса, ховха суьйре, муьстаниг, мерзаниг, йоккханиг,маьттазниг, ирчаниг, сутурниг, оьзда, хьаша, ненан сий, нохчийн мотт,дарин коч.


ΙV.1амийнарг карладаккхар.

1)Цхьа хаза коч эцалахь суна.

Дика йо1 лаха еза вай хьуна сан,доттаг1.

-Предложенешкара юьхьанцара дарж кепера билгалдешнаш дустаран дарже даха.

2)Мухаллин а,юкъаметтигаллина, доладерзоран а тайпанашка д1анисде х1ара дешнийн цхьаьнакхетарш: дашо гуьйре, стохкалера духар, баьццара буц,1аьнан де.

3)Х1ара дешнаш билгалдешка х1иттаде: стаг, к1ант, нана, цициг, ж1аьла, дечиг, эчиг,гуьйре.


V.Дешархошка уьн т1ехь болх байтар.


Ц1.сирла шовда,дашо гуьйре

Дл.сирлачу шовдан,дашочу гуьйренан
Л.сирлачу шовданна,дашочу гуьйренна

Др.сирлачу шовдо,дашочу гуьйрено
К.сирлачу шовданца,дашочу гуьйренца

Х.сирлачу шовдех,дашочугуьйренах

М.сирлачу шовде,дашочу гуьйре

Дс.сирлачу шовдал.дашочу гуьйрел

-Лаамаза дешнаш легадойту дешархошка.


VΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

-Маса тайпа ду билгалдешан?Муьлхарш?

-Уьш дожаршца хийцалой?

-Маса легар ду билгалдешан?


2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1)Бакъонаш карлаяха.

2.Кхочушде 96-г1а шардар.







36-г1а урок.

Урокан ц1е:Талламан диктант.

1алашо:Билгалдашах 1амийнарг

карладаккхар.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Текст д1аязйо.

Гуьйре.

Т1екхечи дашо гуьйре.Сийна стигал 1аьржачу мархаша д1алаьцна.Дог1анаш оьху.Олхазарш бовхачу махка д1адахна.

Бес бесара басарш а карахь, уггаре а хьалха хьуьнан юьйлира Товзанга-Гуьйре.Шегарчу басарца доккха сурт дилла долийра цигахь.

Цхьадолчу диттийн г1аш, лимонаш санна маждира.Важадерш хилла кхозучу калакойн 1ежаш санна,ц1ечу басе дерзийра.Юкъ-юкъарнаш-м ц1арах догуш санна хеталучу дашо басе дерзийра.

Хьуьнан юккъера схьа а яьлла,ирзу т1е кхаьчча ,наьрт санна лаьттачу къеначу ножа т1е 1оттаелира иза курра лаьтташ бара и наж, шен боккхачу куьра т1ера дуькъа г1аш а дегош.

Оцу наьртана т1е а „йоьзанан духарˮ духа дагадеара цунна.Шена дага ма-дарра исбаьхьа кеч а вира цо и къена наж- дада(99 дош.)

ΙΙΙ.Т1едиллар:

Билгалдешнашна к1ел сиз хьакха.

ΙV.Ц1ахь бан болх.

Бакъонаш карлаяха.



37-г1а урок.

Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.

1алашо:Г1алаташ бакъонашца нисдар.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Г1алаташ т1ехь болх.(Хьех.дош:Дика а, вон а бина белхаш.)

ΙΙΙ.Кхочушдо шардар 97-г1а тайпанашка а дерзош.

ΙV.Бакъонаш карлайоху.

Хаттарш:

-Стенах олу билгалдош?

-Билгалдашо х1ун гойту?

-Билгалдешан маса тайпа ду?

-Билгалдешан маса дарж ду?

-Билгалдешан лаамаза а, лааме а муха билгалдоху?

V.Г1алаташ т1ехь балхана лерина шардар кхочуш дойту.

1.Шардар 94-г1а.

а) Билгалдаха билгалдешнаш.

б)Легаде билгалдешнаш: исбаьхьа сурт, жима хи, хаза концерт.

2.Буьззина синтаксически къастам бе предложенина.

Исбаьхьа сурт дара цунна хьалха х1уьттург.

Самаяьккхи олхазарша сирла 1уьйре.


VΙ.Дешархоша шаьш болх бар.

Кхочушдо 66-г1а шардар.


VΙΙ.Жам1 дар.

а)Бакъонаш карлайоху.

б)Хьехархочо дика а, ледара а блх бина дешархой билгалбоху оценкаш олуш.

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1)Карлаяха бакъонаш.

2)Кхочушде шардар 67-г1а.



38-39-г1ий урокаш.


Урокан ц1е: Терахьдош а, цуьнан маь1на а, морфологически билгалонаш.


1алашо: Хаа деза терахьдош стенах олу, муьлхачу хаттаршна жоп ло.

Лааме а, лаамаза а долчу терахьдешнех кхетам балар.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Дешнаш т1ехь болх бар.

Мациевн нохчийн-оьрсийн дошамна т1ех язйина ю иштта дошаман статья терахь бохучу дешна.

Терахь( терахьан,терахьна,терахьо,терахье,д;терахьаш,д)-1)дата;2)математичес.грам. число; цхьаллин терахь-единственное число,дукхаллин терахь-множественное число.


ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

-Тахана 1амош йолчу коьчалан ц1е х1ун ю?

-Муха кхолладелла терахьдош боху дош? Муьлха къамелан дакъа ду иза? Х1унда?

-Кхин муьлха къамелан дакъа 1амийна аша?(билгалдош)Муха ю цуьнан грамматически билгалонаш?

-Ц1ердош,билгалдош,терахьдош бохучу къамелан дакъоша х1ун гойту?

-Кхочушде 58-г1а аг1он т1ера 2,3,4-г1ий т1едилларш.

-Х1ун гойту терахьдашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?

-Т1едиллар т1ера билгалдаьхначу дешнийн масалла я рог1алла гойтий?

-Лааме я лаамаза ду уьш?

-Дешархошка йоьшуьйту 13-г1а §, ца кхеташ диснарг билгалдоккхуш, жам1 дойту.


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)Кхочушдо 98-г1а шардар.

-Терахьдешнаш билгалдоху.

2)Кхочушдо 100-г1а шардар.


V.Дозуш долу къамел кхиор.

-Хьайн фамилий, ц1ей, ден ц1ей д1аязъе.

-Маца, мичахь вина хьо?

-Маца вахана школе?

-Х1инца муьлхачу классехь доьшуш ву хьо?

-Школан номер х1ун ю?


-Оцу кепара х1иттийначу хаттаршна жоьпаш луш, яздинчух терахьдош олу.


VΙ.Урокан жам1 дар.

-Муьлха къамелан дакъа дув ай тахана 1амийнарг?

-Цо х1ун гойту?

-Лаамаза а, лааме а хуьлий терахьдешнаш?


Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 13-г1а §.

2.Кхочушде 99-100г1а шардарш.







40-41-г1ий урокаш


Урокан ц1е:Масаллин терахьдешнаш.


1алашо:Хаа деза , муьлха тайпанашка декъало терахь.

Масаллин терахьан хаттарш муха ду.

Уьш лааме а, лаамаза а хуьлий.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан кечам бар.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1).Бакъо схьаюьйцуьйту.

2)Барта толлу шаьш х1иттийна предложенеш.


ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1)Кхочушдо 102-г1а шардар

-Терахьдешнаш буха сиз а хьокхуш схьакъастадо.

2)Йозанца д1аязде х1ара терахьдешнаш:5,12,17,19,20,23,25,40,41,45,49.

3)Предложенеш х1иттае терахьдешнаш юкъахь а долуш 5 массалин терахьдешнаш, 5 рог1аллин терахьдешнаш.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьна а, тетрадаш т1ехь а х1оттайо х1ара кеп:

Терахьдешнийн тайпанаш:

Масаллин-кхоъ,шиъ,кхузткъа.

Декъаран-цхьацца,исс-исс.

Гулдаран- ворх1е а,ший а,ялхе а.

Билгалза-масаллин- кхо-диъ,пхи-ялх.

Рог1аллин-ворх1алг1а ,шолг1а.

-Доьшу терахьдешнийн тайпанаш.Дьйцу х1ун гойту цара.


2.Легаде х1ара дешнаш:ши етт,диъ б1ар боху дешнийн цхьанакхетарш.

Ц1.ши етт,диъ бер

Дл.шина аьттан,деа беран

Л.шина аттана,деа берана

Др.шина атто,деа беро

К.шина аттаца,деа бераца

Х.шина аттах,деа берах

М.шина атте,деа бере

Дс.шина аттал,деа берал

-Терахьдашца долу ц1ердош ц1ерниг дожарехь муьлхачу терахьехь лела?


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)Кхочушдо 10-г1а шардар. Билгалдаха терахьдешнаш.

2)Дешнийн диктант.

Исс, йо1, ваша, бераш, йоккха, мерза, шийтта,ткъа эзар, жимантг, сирла, дешархо,дешнаш,вуьрх1итталг1а, шолг1а, барх1 б1е,нана.


VΙ.Урокан жам1 дар.

-Терахьдош стенах олу?

-Терахьдешнийн маса тайпа ду?

-Лаамаза а, лааме а хуьлий терахьдешнаш?

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 14-г1а§,терахьдешнийн тайпанаш а.

2.Кхочушде 103104-г1а шардарш.



42-43-г1ий урокаш


Урокан ц1е:Масаллин терахьдешнийн легар а,церан нийсаяздар а.


1алашо:Хаа еза масаллин терахьдешнаш легаран бакъонаш.

Масаллин терахьдешнаш нийсаяздан 1амор.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархоша,вовшкара схьа а оьцуш,ц1ахь бина болх толлу.Уьн т1е д1аязбо ц1ахь кхочушбина фонетически къастам.

2.Бакъонца цхьана ца дог1у дош д1адаккха;

1)ялх,б1е,дейтта,шовзткъе а;

2)шишша,барх1-барх1,ши-кхо;

3)шолг1а,пхийтта,пхоьалг1а;

4)пхеа а,итте а, кхо-виъ,ялхе а;

5)ялх-ворх1,пхийтта,кхо-диъ.


ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьн т1ехь а, тетрадаш т1ехь а легадо кхарех масийтта масаллин терахьдешнаш юкъахь долу дешнийн цхьаьнакхетарх:цхьа сахьт,ши стаг,кхо дитт,диъ ведар,везткъа лор,ткъа синтар,ткъе исс,цхьаъ,шиъ,ткъа,барх1.

1)-Муьлха ду царех лаамазниш, лаамениш?Х1унда?


Дож.

лаамаза

лааме

Ц1.

Цхьа сахьт

цхьаъ

Дл.

Цхьана сахьтан

цхьаннан

Л.

Цхьана сахьтана

цхьанна

Др.

Цхьана сахьто

цхьамма(ммо)

К.

Цхьана сахьтаца

цхьаьнца

Х.

Цхьана сахьтах

цхьаннах

М.

Цхьана сахьте

цхьаьнга

Дс.

Цхьана сахьтал

цхьаннал


-Муха яздо лааме масаллин терахьдош 1? (цхьа бохучу орамна т1е туху йиш хадоран хьаьрк-ъ-цхьаъ).

-Муьлха орам хуьлу оцу терахьдешан(лаамазначун а,лаамечун а)легочу хенахь?билгалдаккха иза.Муха легадо уьш?

-Муьлха гергара дешнаш кхоллало и орам болуш?(ц1ердош-цхьалхо,билгалдош-цхьалха, терахьдош-цхьацца).

2)

Ц1.

Ши стаг

Кхо дитт

Дл.

Шина стеган

Кхаа диттан

Л.

Шина стагана

Кхаа диттана

Др.

Шина стага

Кхаа дитто

К.

Шина стагаца

Кхаа диттаца

Х.

Шина стагах

Кхаа диттах

М.

Шина стаге

Кхаа дитте

Дс.

Шина стагал

Кхаа диттал



-Муха хийцало дожаршца кхо дитт бохучу дешнийн цхьаьнакхетарна т1ера терахьдош?муьлха орам бу цунна?




3)

Ц1.

Диъ ведар

везткъа лор

Безткъа

Дл.

Деа ведаран

везткъа лоьран

Безткъанан

Л.

Деа ведарна

везткъа лоьрана

Безткъана

Др.

Деа ведаро

везткъа лоьро

Безткъаммо

К.

Деа ведарца

везткъа лоьраца

Безткъанца

Х.

Деа ведарах

везткъа лоьрах

Безткъаннах

М.

Деа ведаре

везткъа лоьре

Безткъане

Дс.

Деа ведарал

везткъа лоьрал

Безткъанал


-Муха легадо диъ а,деаннах а схьадевлла терахьдешнаш?Классашца хийцалой уьш?

4)

Ц1.

Ткъа синтар

ткъа

Барх1

Дл.

Ткъа синтаран

ткъаннан

Барх1анан

Л.

Ткъа синтарна

ткъанна

Барх1анна

Др.

Ткъа синтаро

ткъамма

Барх1аммо

К.

Ткъа синтарца

ткъанца

Барх1анца

Х.

Ткъа синтарх

ткъаннах

Барх1аннах

М.

Ткъа синтаре

ткъанга

Барх1анне

Дс.

Ткъа синтарал

ткъаннал

Барх1аннал

-Муха легадо лаамаза масаллин ткъа синтар, лааме ткъа, барх1 боху терахьдешнаш?Билгалъяха церан чаккхенаш.


ΙΙΙ.Гайтаран диктант.

Шовзткъа,кхузткъа,дезткъа,б1е,эзар,ткъайоьсна.

Цхьаъ,шиъ,кхоъ,диъ,пхиъ.

Ялх,ворх1,барх1,исс,итт.

Цхьайтта,шийтта,кхойтта,дейтта,пхийтта,ялхитта,вуьрх1итта,берх1итта.


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Кхочушде 104-г1а шардар.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 14-г1а§,терахьдешнийн тайпанаш а.

2.Кхочушде 103104-г1а шардарш.























44-г1а урок.


Урокан ц1е:Декъаран терахьдешнаш.


1алашо:Муьлхачух олу декъаран терахьдош,

цо х1ун гойту хаар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.


1)Барта ц1ахь бина болх толлу.

2)Бакъонаш схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.Дешнийн диктант.


Барх1,исс,ткъа,цхьаъ,пхийтта,ялх,шийтта,кхоъ,шовзткъа,кхуткъа,вуьрх1итта,дезткъа,

дейтта,ткъе итт,ткъе шийтта,берх1итта,ткъайоьсна.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Еша 15-г1а§.


-Муха маь1на ду декъаран терахьдешнаш?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?

-Муьлхачу терахьдешнех олу декъаран терахьдешнаш?


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.


1.Кхочушде 106-г1а шардар.

2.Легаде пхиъ,цхьайтта боху терахьдешнаш.Чаккхенаш билгалъяха

3.Кхочушде 107-г1а шардар.

4.Легаде цхьаьнакхетарш терахьдешнийн: цхьа сахьт,цхьаъ,ши стаг, диъ ведар,ткъа синтар.


VΙ.Жам1 дар.


1.Хаттарш ло коьчалх.

-Терахьдош стенах олу?

-Терахьдешнийн маса тайпа ду?

-Лаамаза а, лааме а хуьлий терахьдешнаш?


2.Вон а, дика а дина белхаш комментировать дар, оценкаш яхкар.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.


1.1амае 15-г1а §

2.Кхочушде 107-108г1а шардарш.












45-г1а урок.


Урокан ц1е:Дакъойн терахьдешнаш.


1алашо:Муьлхачух олу дакъойн терахьдош,

цо х1ун гойту, цуьнан хаттар хаар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.


1)Барта ц1ахь бина болх толлу.

2)Бакъонаш схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.Гпйтаран диктант.

1уьйранна шайн кора к1елахь шилделла, г1орийна ши хьоза гира Рамзанна. Цо х1ора 1ай шен кора т1ехь кхобура 14-15 хьоза. Х1инца а кечйира Рамзана хьозашна таса х1ума меттиг. Т1аккха баьпкан цуьргаш а, жимма к1а а доьхкина цо ша кечйинчу стоьл т1е.Цхьа хан яьлча,хьозийн г1овг1а а хезна, арахьаьжча, цунна гира пхи-ялх хьоза.Царех шиъ дара к1енбуьртиг къуьйсуш, г1овг1а еш.Цаьрга хьоьжучу Рамзанан самукъаделира.

-Терахьдешнийн тайпанаш билгалдаха, буха сиз а хьоькхуш.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Хьехархочун дош.

Мас-масалг1а? бохучу хаттарна жоп лучарах дакъойн терахьдешнаш олу.Масала: пхиъ-уьссалг1а, цхьаъ-шолг1а, ялх-вуьрх1итталг1а.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.


1.Кхочушде 106-г1а шардар.

2.Х1ара терахьдешнаш йозанца яздо.5/6,7/9,5/2,4\8,5\10,17/18,7/8.


VΙ.Жам1 дар.


1.Хаттарш ло коьчалх.

-Маса тайпа 1амийна вай терахьдешнийн?

-Декъаран а, дакъойн хаттарш муха ду?

-Декъаран а, дакъойн терахьдешнаш муха къастало вовшах?


Комментировать еш оценкаш д1айохку.



VΙΙ.Ц1ахь бан болх.


1.1амае 15-г1а §

2.Терахьдешнаш юкъахь а долуш предложенеш х1иттае.











46-47-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Гулдаран а, билгалза –масаллин а терахьдешнаш.


1алашо:Х1ун олу гулдаран терахьдашах,муьлхачун билгалза масаллин терахьдош олу хаа деза. Билгалза-масаллин терахьдешнаш ц1ердешнашца нийсаяздар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Барта дуьйцу шардар т1ера терахьдешнаш.

2.Бакъо схьаюьйцу дешархоша.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар д1ахьо х1окху хаттаршна жоьпаш луш.

-Стенах олу терахьдош?Даладе масалш.

-Муьлхачу тайпанашка декъало уьш?

-Дожаршца хийцалой терахьдешнаш?

-Маса тайпа 1амийна вай терахьдешнаш?


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Хьехархочун дош.

Вай тахана 1амош долу шина тайпана ц1е гулдаран а,билгалза-масаллин атерахьдешнаш ду.

Юьйцуш йолу х1уманаш ерриге юкъа а лоцуш,хуттургаца лелаш долчу терахьдашах гулдаран терахьдош олу.Масала:пхий а,вейтте,ший а.

Билгал маса я мел ду ца гойтучух билгалза-масаллин терахьдош олу.Масала: цхьа-ши коч,пхи –ялх к1ант,ши-кхо 1аж.

2.Ешуьйту 16 бакъо дешархошка.Ца кхеташ дерг хьехархочо дуьйцу масалш даладо,масалшца дешархой дика кхета.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 110-г1а шардар.Ялх бохучу дашна бе фонетически къастам.

2.Кхочушде 112-г1а шардар.

-Бийца оцу кицанийн чулацам.


VΙ.Дешархошка уьн т1ехь болх байтар.

1.Д1аязде дешнашца:20,26,30,35,37,40,1/10.2/8,11-11,7-7,3-3,3/4,8/11.(ткъа,ткъе ялх,ткъе итт,ткъе пхийтта,ткъе вуьрх1итта,шовзткъа,цхьаъ-уьтталг1а,шиъ-барх1алг1а,цхьайтта-цхьайтта,ворх1-ворх1,кхоъ-кхоъ,кхоъ-доьалг1а,барх1-цхьайтталг1а).Дийца ,уьш муьлха терахьдешнаш.

-Йозанца язде и терахьдешнаш.


VΙΙ.Жам1 дар.

-Вайн урокан ц1е?Муьлха тайпанаш 1амийна вай тахана?

-Муха къасталур ду и ши тайпа?

-Маса тайпа девза вайна?

Комментировать еш оценкаш д1айохку.


VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 16-г1а§

2.Кхочушде 11-г1а шардар










48-49-г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Рог1аллин терахьденаш


1алашо:Хаа деза,рог1аллин терахьдешнийн маь1на,х1ун гойту цара, муьлхачу хаттаршна жоп ло.

Лаамечу рог1аллин терахьдешнийн дожарийн чакхенаш ниса ала хаар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка доьшуьйту ц1ахь кхочушдина шардар.

2.Бакъо схьаюьйцу.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар а,т1еч1аг1дар.

1.Предложении х1иттайо терахьдешнаш юкъахь а долуш дийцаран,хаттаран , айдаран.

2.Х1ара терахьдешнаш декъа шина б1ог1амалге,шайн тайпанашка хьаьжжина :кхузткъа, кхоъ-кхоъ, шиъ-шиъ,кхо-диъ,исс-цхьйталг1а,эзар,пхийтта,ворх1е а, ткъайоьсне а, б1е-б1е,шиъ-кхоалг1а,диъ-уьтталг1а.


ΙV.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 114-г1а шардар.

2.Шаьш язйинчу предложенешна схемаш х1иттае (ши-кхоъ)


V.Керла коьчал йовзийтар.

1.Хьехархочун дош.

Дешнаш т1ехь болх бар.

Рог1ера,рог1ераниг-прил. Очередной;рог1ера хаттар-очередной вопрос.-Муьлхачу ц1ердашах кхолладелла рог1ера боху билгалдош?

-Муха кхолладелла иза?

2.Пхоьалг1а,йолг1алг1а,пхоьазлаг1а,уьтталг1а бохучу терахьдешнашнаша х1ун гойту,Муьлхачу хаттарна жоп ло цара?

3.Уьш кхолладелла масаллин терахьдешан орамера аз хийца а луш -лг1а,-алг1а,-азлаг1а суффиксийн г1оьнца: пхиъ- пхоьалг1а,диъ- доьалг1а,пхиъ-хоьазлаг1а.


VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 115-г1а шардар.

-Терахьдешнаш йозанца язде,нийсачу тайпане а х1оттош.

2.Хаттарш.

-Стенах олу терахьдош?

-Маса тайпа 1амийна вай терахьдешан?

-Декъаран а,дакъойн а терахьдешнаша х1унт гойту?

-Гулдаран а,билгалза-масаллин а терахьдешнаш х1ун гойту?


VΙΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу рог1аллин терахьдешнаш?

-Муьлха суффиксаш т1е кхета рог1аллин?

-Лааме терахьдешнашна т1е –ниг суффикс?

Комментировать оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙΙ.Ц1ахь болх бан.

1амае 17-г1а§

2.Кхочушде 117-г1а шардар.







50-51-г1ий урокаш.

Урокан ц1е: Изложени«Гоцин шовда».


1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.Предложени нийса х1отто хаар, пунктационни бакъонаш карлаяхар, уьш т1еч1аг1ъяр.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Изложени язъян кечам бар.

1)дешархошна тетрадаш декъар.


2)д1айоьшу изложенин текст.

Аьхка хи дохделлера. Цу т1е руьйта (водопой) беъна бажа а лаьттара хи чохь. Муж(горячий источник) санна мела а,г1езаша бехдина мала дегаза а дара хи.

-Эх1,ма хьагвелла со,- аьлла , хийисте д1ахьаьдира кхуран 1индаг1ехь садо1уш 1ачех цхьаъ.

-Ма малахь и боьха хи. Аса шийла шовда малор ду хьуна,-аьлла,сацийра иза Гоцис.

-Мичахь ду шовда?

-Суна карор ду.

К1ант т1аьхьа а х1оттийна, хин йистошца волавелира Гоци.

-Х1оккхузахь ду шовда, - аьлла, когаш к1ел охьа ахьоьжуш,сецира Гоци.

-Мичахь ду шовда?

-Гоцис дагахь а доцург ма олу, - бохуш, т1егулделира бераш.

Гоци, кхин цара дуьйцург тергал а ца деш, сихвелла куьйгашца жаг1а а, г1ум а д1ай-схьай хьоькхуш,к1аг боккхуш воллура. Жаг1ий, г1ум хьалаяккха а кхиале, к1аг буззий хи х1уттура…

Хи дукха хан ялале хьаьира. Ша санна, шийла, седа санна, хьаъна дара иза.1аббалц хи мелира бераша.

-Гоци, хьуна муха карийра шовда? – бохуш, хоьттура бераш.

-Когаш а берзина хи йистехула дуьйладелла шаьш лелачу хенахь шан экъан т1е баьккхича санна хеташ, шийлачу метте ког баьккхича совца.Цигахь хьаьъначу хин карсолаш гур ду шуна. Гой шуна, г1амарш(песчанный) а сийсош, и хьала кхуьйсу хи? – бохуш, д1агайтира Гоцис.

Цул т1аьхьа, урана гондахьа баккхий т1улгаш а бохкуш, и шовда тодира бераша.Гуь1ранна шовданна кхо-йиъ г1улч хиллал юьстахо берда т1е ножан синтар дуьйг1ира Гоцис.И наж х1инца кхиъна.Г1алара а, юьртара а сада1а хийисте мел оьхучу наха молуш ду и шовда.

Х1етахь дуьйна Гоцин шовда олу цунах.(Х-А. Берсанов)


ΙΙΙ.Изложенин план йовзийтар.

1.Боьха хи мала дегаза ду.

2.Гоцин лаам.

3.Гоцина карийна шийла шовда.

4.Гоцис а,наха а лардо шовда.


ΙV.Оцу плане хьоьжуш,схьайийца изложенин текст.

Муьлха предложенеш ю 1аламан сурт х1оттош?

Муьлха къамел тодаран г1ирсаш бу кхузахь?Даладе масалш.


V.Изложенин текст кхин цкъа а ешар.


VΙΙ.Изложени язъяр.

Т1едиллар:Терахьдешнаш билгалдаха.


VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

Болх чекхбаккхар






52-53-г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Цхьалхе а,чолхе а х1оттаман а терахьдешнаш.


1алашо:Хаа деза,муьлхачух олу цхьалхе а ,чолхе а терахьдош.

Муьлхарг ду х1оттаман терахьдош.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Изложенех дош.Оценкаш д1аяхкар.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

Хаттарш:

-терахьдош стенах олу?

-Терахьдашо х1ун гойту?

-Маса тайпа ду терахьдешнийн?

-Масаллин а,рог1аллин терахьдашо муьлххачу хаттаршна жоп ло?

-Декъаран а,дакъойн терахьдашо х1ун гойту?

-Гулдаран а,билгалза-масаллин а терахьдешнаша х1ун гойту?


ΙV.Керал коьчал йовзийтар.

1.Ц1е тилла х1окху декъана,терахьдешнашка хьажжий.

Диъ,исс,б1е, кхойтта ткъе цхьаъ

Ткъа,эзар, берх1итта б1е кхоъ,

Ворх1,итт. дезткъа эзар исс б1е исс

-Маса орам бу дуьххьарлерачу декъана чудог1учу терахьдешнийн?Х1унда тиллина цунна цхьалхе терахьдешнаш аьлла ц1е?

-Шолг1ачарех х1унда аьлла чолхе терахьдешнаш? Х1ун башхалла ю царна юкъахь?

-Х1оттаман хандешнашна чу маса терахьдош дог1у?


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 118-г1а шардар.

2.Барта кхочуш де 119-г1а шардар.

3.Бакъонца ца дог1у дешнаш д1адаха.

1)кхоъ,йиъ,дейтта.шиъ.

2)берх1итта,ткъе шиъ,кхойтта.

3)ши б1е цхьайтта,б1е итт,исс.


VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

1.Жима дийцар яздойту терахьдешнаш юкъахь а долу.

2.Терахьдешнашна буха сиз а хьокхуш, билгалдоху.


VΙΙ.Жам1 дар.

-Маса кепара хуьлу терахьдешнаш?

-Уьш муха къастало?(орамца)

-Чолхе а,х1оттаман а хила маса орам хила беза?

-цхьалхечу терахьдешан маса орам бу?

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 18-г1а§

2.Кхочушде 121-г1а шардар.






54-55-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Цхьалхе а,чолхе а х1оттаман а терахьдешнаш легор.


1алашо:Хаа деза,муьлхачух олу цхьалхе а ,чолхе а терахьдош.

Цхьалхе а,чолхе а х1оттаман а терахьдешнаш лего хаар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Бакъо схьаюьйцу.

2.Кхочушдина шардар барта толлу,цхьа терахьдош уьн т1ехь легадо.


ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Ворх1-ворх1, исс-уьтталг1а, шиъ, кхузткъа, дейтта, ткъе пхиъ, ялх-исс,шовзткъе исс,эзар ворх1 б1е, шиъ, ткъе пхийтта,пхи б1е кхоъ,итт, иссе а,, цхьа-шиъ,пхийтталг1а.

-Терахьдешнийн тайпанаш схьакъастаде.


ΙV.Керал коьчал йовзийтар.

1.Хьехархочун дош.

Цхьалхе а, чолхе а терахьдешнийн дожаршца хийцадалар.Ц1ердешнийн санна хуьлу, ткъа х1оттаман терахьдешнийн т1аьххьара дош бен ца хийцало дожаршца.

Дешархошна терахьашца хийцадаларан кепаш йовзуьйту.

Ц1.б1е, кхотта

Дл.б1еннан, кхоттаннан

Л.б1енна, кхойтанна

Др.б1енно, кхойтанно

К.б1енца, кхойттанца

Х.б1еннах,кхойттаннах

М.б1енне,кхойттанне

Дс.б1еннал,кхойттаннал.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 122-г1а шардар.Легаде терахьдешнаш.Дийца церан чаккхена муха ю.

2.Барта кхочуш де 123-г1а шардар.Терахьдешнаш йозанца язде.

3.Фонетически къастам бе шийтта бохучу терахьдашна.


VΙΙ.Жам1 дар.

-Тераьдешнаш хийцалой дожаршца?

-Терахьдешнийн кепаш хийцалой дожаршца?

-Церан чаккхенаш схьакъасто хаьий шуна?


Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 19-г1а§

2.Кхочушде 124-г1а шардар.










56-57-г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Рог1аллин терахьдешнийн кхолладалар а,церан суффиксаш.


1алашо: Рог1аллин терахьдешнаш довзийтар

Муьлха суффиксаш т1етуху хаар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Бакъо схьаюьйцу.

2.Кхочушдина шардар барта толлу,цхьа терахьдош уьн т1ехь легадо.


ΙΙΙ. 1амийнарг карладаккхар.

1.Х1ара терахьдешнаш йозанца язде:15,16,156,708,1003,245,367,808,909.

2.Легаде цхьаъ,пхиъ,ялх,кхойтта,вуьрх1итта,дезткъа,ши эзар ворх1,диъ б1е кхоъ,ворх1 эзар исс.

3.Фонетически къастам бе пхийтталг1а бохучу терахьдашна.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Хьехархочун дош.

Рог1аллин терахьдешнийн кхолладалар а,церан суффиксаш а йовзуьйтур ю тахана,Масаллин терахьдешнашна т1е-лг1а,-алг1а,-лаг1 суффиксаш кхетарца кхоллало рог1аллин терахьдешнаш.Масала:б1е-б1олг1а,шиъ-шолг1а,пхийтта-пхийтталг1а.

Дешархошка масалш а даладойту,церана хаттарш х1иттадо.


V.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 127-г1а шардар.

-Суффиксаш схьакъастайо.


2.Кхочушдо 128-г1а шардар.

-Терахьдешнаш йозанца язде, хаттар а х1оттош,оьшучу тайпане а х1оттош.


3.Легаде 35 боху терахьдош.

Ц1.ткъе пхиъ

Дл.ткъе пхеаннан

Л.ткъе пхеанна

Др.ткъе пхеанно

К.ткъе пхеанца

Х.ткъе пхеаннах

М.ткъе пхеанне

Дс.ткъе пхеаннал.


VΙ.Жам1 дар.

-Муха кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?

Дожаршца хийцалой терахьдешнаш?

-Маса кепара хуьлу терахьдешнаш?

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 19-г1а §.

2.Кхочушде 129-г1а шардар.







58-г1а урок.


Урокан ц1е:Талламан диктант:«Ши к1ант тилар».


1алашо:Терахьдашах 1амийнарг

т1еч1аг1дар.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Текст д1аязйо.

Деъна са хилира.Гобаьккхина хьун яра лаьтташ.Цхьана а меттехь некъан лар яцара гуш.

Ши к1ант ц1ехьа верза лууш вара.Амма муьлхачу аг1ор ваха веза ца хууш, тиллера и шиъ. Мацвелла кийра 1ийжара.

Делкъана хиллера. Бажа лелла некъаш карийча, жимма сапарг1ат даьллера шина к1ентан.Ламанахь дежийлашкахь гуш дара жа а, бежнаш а.Дукха гена валале, бетта мохь хезира шина к1антана.

Ц1ера т1аьхьа даьлла орца, сахиллалц маьхьарий детташ, 1аьннаш цоьстуш леллера.Лечий, 1алхий царна карор вара, и шиъ цхьана аг1ор д1аихна гена ваьлла ца хиллехь.

Шаьш 1ачу к1отарара вуьрх1итта –берх1итта километр хиллал д1аихна хиллера и шиъ.


ΙΙΙ.Т1едиллар.

1.Терахьдешнаш билгалдаха.Церан тайпанаш къастаде.

2.Хьалхарчу предложенин бе синтаксически къастам.


V.Ц1ахь бан болх.

1.бакъонаш карлаяха.































59-г1а урок.


Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.


1алашо:Г1алаташ бакъонашца нисдар.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Г1алаташ т1ехь болх.(Хьех.дош:Дика а, вон а бина белхаш.)


ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо шардар.

2.Легаде терахьдешнаш:шийтта, ткъе пхиъ,ши эзар ворх1.

-Цхьалхечу а, чолхечу а,х1оттаман а терахьдешнаш.Церан чаккхенаш схьакъастае.

3.Синтаксически къастам бе х1окху предложенина.

Селхана шина к1антана хьехархочо совг1ат делира.

а) терахьдашна бе морфологически къастам.

б)шина бохучу дашна бе фонетически къастам.


ΙV.Бакъонаш карлайоху.

Хаттарш:

-Терахьдош стенах олу?

-Терахьдешнийн маса тайпа ду?

-Лаамаза а, лааме а хуьлий терахьдешнаш?

-Муьлхачу тайпанашка декъало уьш?

-Дожаршца хийцалой терахьдешнаш?

-Тераьдешнаш хийцалой дожаршца?

-Терахьдешнийн кепаш хийцалой дожаршца?

-Церан чаккхенаш схьакъасто хаьий шуна?

-Муха кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?

-Дожаршца хийцалой терахьдешнаш?

-Маса кепара хуьлу терахьдешнаш?

-Декъаран а,дакъойн а терахьдешнаша х1унт гойту?

-Гулдаран а,билгалза-масаллин а терахьдешнаш х1ун гойту?


VΙ.Жам1 дар.

Диктантехь яьхна оценкаш д1а а йохкуш, дика а, вон а бина белхаш билгалдоху.

Оценкаш д1айохку.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Бакъонаш карлаяха.

2.Кхочушде шардар.
















60-г1а урок.



Урокан ц1е: 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.


1алашо: Билгалдашах а , терахьдашах а йолу бакъонаш карлаяхар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Бакъонаш карла а йохуш, хаттарш х1иттадо:


-Билгалдош стенах олу?

-Билгалдешан маса тайпа ду?Муьлхарш?

-Дожаршйа хийцалой билгалдешнаш?

-Терахьдешнаш стенах олу?

-Терахьдешнаш маса тайпа ду? Муьлхарш?

-Терахьдешан маса кеп ю?Муьлхарш?

-Терахьдешнаш дожаршца хийцалой?

-Классан гайтамца хийцалуш дерг муьлха терахьдош ду?


ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.


а)Легаде х1ара билгалдешнаш, уьш шайн легаре а х1иттаде.Чаккхенаш схьакъастае.

Можа хьоза,баьццара бай,жиманиг.

б)легаде терахьдешнаш:

Кхоъ,пхийтта,ши эзар ворх1.

в) предложенеш х1иттае х1окху дешнийн цхьаьнакхетарх: тийна аре, шийла буьйса, сийна стигал, пхийтта шо,шовзткъа бере,кхо ваша, дейтта б1ар, кхоккха,шолг1а.


ΙV.Жам1 дар.


-Муьлха ши тайпа дув ай тахана карладоккхург.

-Билгалдешнаш а, терахьдешнаш а муха карладоху? Церан хаттарш?

Дика а, вон а бина белхаш билгалбоху.


V.Ц1ахь бан болх.


1.бакъонаш карлайоху.

2.Жима дийцар язде билгалдешнаш а, терахьдешнаш а юкъахь долуш

















61- г1а урок.

Урокан ц1е:Лаамазчу а, лаамечу а рог1аллин терахьдешнех предложенин меженаш хилар.


1алашо: Предложенешкахь терахьдош муьлха меже хуьлу хаар а,

и схьакъасто хаар а.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Ц1ахь легийна дош уьн т1ехь а легадо.

2.Фронтальни хаттарш.:

-Массалин терахьдош стенах олу?

-Рог1аллин терахьдош стенах олу?

Масалш а далош барта предложенеш х1иттае.

3.Легаде масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш: цхьаъ,пхиъ,диЪ,шолг1а,кхоалг1а.


ΙΙΙ.Терахьдашах 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

-Муха ду терахьдешан маь1на а морфологически билгалонаш а?


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.


Уьн т1ехь хьалххе язйина кеп:

Рог1аллин терахьдешнаш:

Лаамаза я лааме

Муьлхачу хаттаршна жоп ло?

Предложенешкахь муьлха меже ю?

Шийтталг1а шо(лаамаза)

Масалг1а?


Пхоьалг1ачу дийнахь(лаамаза)

Масалг1ачу?


Уьтталг1аниг(лааме)

Масалг1аниг?


Доьалг1аниг(лааме)

Масалг1аниг?


-Х1окху кепехь пайда оьцуш , берашка дуьйцуьйту, предложенехь рог1аллин лаамаза а,лааме а терахьдешнаш муьлха меженаш хуьлий лела?

-Муха билгалдоккху рог1аллин терахьдешнаш?Предложенин муьлха меженаш хуьлий лела?Даладе масалш.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 130-г1а шардар.1-чу предложенина х1оттае схема.

2.Кхочушде 131-г1а шардар.2-чу предложени т1ера къамелан дакъош билгалдаха.

3.Легаде лааме а,лаамаза а терахьдешнаш:кхоалг1а шо,дейтталг1аниг.


VΙ.Жам1 дар.

-Муха кхоллало лааме терахьдешнаш?

-Муьлха суффиксаш т1екхета терахьдешнаш?

-Терахьдешнаш дожаршца хийцалой?


Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.



VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 21-г1а §.

2.Кхочушде 132-г1а шардар.








62-г1а урок.

Урокан ц1е: Рог1аллин терахьденаш легар


1алашо: Хаа деза,муьлха къамелан дакъа санна хийцало рог1аллин терахьдош дожаршца,

муьлха чаккхенаш хуьлу церан.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка доьшуьйту ц1ахь кхочушдина шардар.

2.Бакъо схьаюьйцу.


ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 133-г1а шардар.

-Оцу шардар т1ера кхаа предложенина( шаьш язйинчарна) синтаксически къастам бе.

-Дийца, рог1аллин терахьдешнаш предложенехь муьлха меженаш ю .


ΙV.Дешнийн диктант

Кхаа корана, кхаа-еа не1арна, пхиппа линейка,шишша совг1ат,вейтталг1а,к1ант,ейтталг1а аг1о,бейтталг1а, пондар, дейтталг1а терахь, цхьайтталг1а , шуьйтталг1аниг,шиммо ахьешо, кхоъ-барх1алг1а,кхоъ-доьалг1а,пхи-ялх,иссе а,вуьрх1итте а,эзар,ший а,ялх-ворх1.

-Йийца терахьдешнийн нийсаяздаран бакъонаш.

-Декъа уьш дакъошка, шайн тайпанашка хьаьжжина.

-Масаллин ши-кхо терахьдош легаде, чаккхенаш билгалъяха.


V.Керла коьчал йовзийтар.

1.Д1аеша 22-г1а§.

-Муха хийцало дожаршца лаамаза рог1аллин терахьдешнаш? Муьлха чаккхенаш хуьлу церан?

-Лааме билгалдешнаш санна хийцалой лааме рог1аллин терахьдешнаш? Тидам бе церан чаккхенийн . -Уьш муха ю?


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 134-г1а шардар.

2.Кхочушде 135-г1а шардар.

3.Хё1ара лааме терахьдешнаш доланиг дожаре х1иттаде, цул т1аьхьа нийса, дика хозуьйтуш, ала:кхоъ,диъ,пхиъ,ткъе кхоъ, ткъе ялх,цхьаъ,шиъ,шовзткъа,кхузткъа,дезткъа,хьалхарниг,хьалхарниш,ворх1-ворх1,пхиппа,пхоьалг1аниг,ворх1алг1а,эзар(эзарнан),миллионнан,б1еннан,хьалхарчеран.


VΙΙ.Жам1 дар.

-Муьлхачу терахьдешнех олу рог1аллинаш?

-Муха кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?

-Муха къастадо лаааме а,лаамазе а терахьдешнаш?


Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 22-г1а §.

2.Кхочушде 138-г1а шардар.









63-г1а урок.


Урокан ц1е:Терахьдешнийн кхолладалар,церан легор.


1алашо:Хаа деза,муха кхоллало терахьдешнийн тайпанаш,

Дожарийн чаккхенаш муха хуьлу церан.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Уьн т1ехь шина дешархочо легадо ц1ахь кхочушдинчу 138-г1а шардар т1ера терахьдешнаш а, билгалдешнаш а.Кхечу бераша шайн г1алаташ нисдо.

2.Бакъо схьаюьйцу дешархоша.


ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.


1.Фронтальни хаттарш:

-Стенах олу терахьдош?

-Муьлха тайпанаш 1амийна вай терахьдешан?

-Маса кеп ю терахьдешан?

-Стенах олу декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш?

-Стенах олу билгал-масаллин а,гулдаран а терахьдешнаш ?

2.Легаде х1ара терахьдешнаш:ворх1-ворх1,кхоккха;диъ-пхоьалг1а;ворх1е а, кхо-диъ.

Дийца, уьш муьлха тайпана чу дог1у.

-Билгалъяха терахьдешнийн чаккхенаш.


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1Кхочушде 140-139-г1ий шардарш.

2.Легаде лаамаза а, лааме а терахьдешнаш.


ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.


1.Шина дешархочунга цхьа терахьдош легадойту.

Хьалха а ваьлла нийса йинчунна «5».


ΙV.Жам1 дар.

Дика а, вон а урокахь болх бина бераш билгалдоху.

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.



VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 23-г1а §.

2.Кхочушде 136-137г1ий шардарш.














64-65- г1ий урокаш.

Урокан ц1е: Терахьдешнийн нийсаяздар.


1алашо: Хаа деза, масаллин терахьдешнаш.

Масаллин терахьдешнаш рог1аллийнчаьрга доьрзуш,церан орамера мукъа аьзнаш

хийцалой хаар.Хаа деза, дефисца яздеш дерш муьлха терахьдешнаш ду.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шина дешархочуьнга легадойту ц1ахь кхочушдинчу шардар т1ера терахьдешнаш.Берашка г1алаташ нисдойту.

2.24-г1а § т1ера хаттаршна жоьпаш ло дешархоша.


ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Ворх1е а бер,ши-кхо к1ант,ворх1 б1е,диъ-диъ сом,ворх1алг1а де,уьссалг1аниг,ялх ц1а, дезткъа, ши эзар,цхьа-ши де,диъ-пхоьалг1аниг,пхийтте а,ялх-ворх1алг1а, исс-исс,шиъ-доьалг1а.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Дешнашца д1аязде 40,60,80,100,1000,19 боху масаллин терахьдешнаш.

2.Хьехархочо хьалхе кечйина х1ара кеп:Масаллин терахьдешнаш рог1аллинчаьрга доьрзуш,церан орамера аьзнаш(элпаш) хийцало кхузахь ма-гайттара:

а/я/о ткъа-ткъолг1а-ткъолг1аниг

а/о б1е-б1олг1а-б1олг1аниг

и/уь исс-уьссалг1а-уьссалг1аниг

ий/уьй шиъ-шолг1а- шолг1аниг

и/оь диъ- доьалг1а-доьалг1аниг

е/оь дезткъа-доьзткъа-доьзткъалг1аниг.

Оцу кепа тера терахьдешнийн орамера аьзнаш хийцадалар дагахь 1амо деза.

3.Чолхе декъаран терахьдешнаш а,чолхе билгалза масаллин терахьдешнаш а дефисца яздийр дарий аш?

-Исс-исс 1аж,диъ-диъ кор боху чолхе декъаран терахьдешнаш легаде.

-Цхьа-ши стаг,пхи-ялх юрт боху дешнийн цхьаьнакхетарш юкъа а далош,предложенеш х1иттае.

-Д1аязде терахьдешнаш 11-19 т1екхаччалц.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 151-г1а шардар.

2.Легаде терахьдешнаш,чаккхенаш билгалъяха:пхийтта,йоьалг1а класс ,пхоьалг1а ц1а.

3.Д1аязде терахьдешнаш дешнашца:17,18,16,19,22,21,30,1,4,8,28,20,40,13,11,10,60,90.


VΙ.Жам1 дар.

-Муха яздо 11-15 т1е кхаччалц терахьдешнаш?

-Маса тайпа 1амийна вай?


Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.



VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 24-г1а §.

2.Кхочушде 150-151г1ий шардарш.







66-урок.

Урокан ц1е: Талламан диктант.

1алашо:Терахьдош карладаккхар,т1еч1аг1дар.

Дешархойн хаарш таллар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Текст ешар.

Эзар исс б1е пхоьалг1ачу шеран 1аьнан шийлачу буса Яьсс-хи йистерчу жимчу юьрта чувуьйлура

цхьа некъахо.Сан кхузткъе кхойтта ш оду.Сан дейтта шо кхаьчча, кара герз а эцна,шун харцо, аш дохьу 1азап т1е ца лаца г1ертош,ялхитта шарахь т1ом бина ас.

Цхьана шарахь турцехь1ожаллица къийсина, ткъе берх1итта шо Сибрехь даьккхина.Нохчийн г1араваьлла яздархо Мамакаев Мохьмад вина эзар исс б1е уьтталг1ачу шарахь.Айдамиров Абузара язйина «Еха буьйсанаш» ц1е йолу башха книга араелира эзар исс б1е кхузткъе шийтталг1ачу шарахь.

Разжаб бусулба динехь шеран ворх1алг1а бутт бу. Оцу баттахьлоцу кхаа беттан марханаш.Бусулба динехь шеран шийтталг1а бутт бу,Зуль Хьидна, г1урбанан бутт.Оцу беттан уьссалг1ачуй,уьтталг1ачуй деношкахь марха кхабар ч1ог1а мелехь ду.


ΙΙΙ.Грамматически т1едиллар:

-Текст юкъахь долчу терахьдешнашна буха сиз хьакха..

-Легаде шийтта боху терахьдош.


ΙV.Тетрадаш схьалехьадо.


V.Ц1ахь бан болх.

Терахьдош карладаккха.
































67-г1а урок.


Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.


1алашо:Дешархоша г1алаташ т1ехь болх бар.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.


ΙΙ.Хьехархочун болх д1аболало язбина белхаш дийцарца .Дика а,вон а язйина диктанташ,муьлха бакъо ледара хаьа дешархошна. Цу бакъонашца долу дешнашца болх бо.


ΙΙΙ.Дешархошка болх байтар

1.Кхочушдо 15-г1а шардар.

Терахьдешнашна буха сиз хьакха.

-Легаде 14 терахьдош.


ΙV.1амийна бакъонаш карлайоху хаттарш а х1итташ.

-Терахьдешнаш стенах олу?

-Терахьдешнаш маса тайпа ду? Муьлхарш?

-Терахьдешан маса кеп ю?Муьлхарш?

-Терахьдешнаш дожаршца хийцалой?

-Классан гайтамца хийцалуш дерг муьлха терахьдош ду?

-Стенах олу декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш?

-Стенах олу билгал-масаллин а,гулдаран а терахьдешнаш ?


V.Жам1 дар.

Оценкаш д1айохку вон а, дика а бина белхаш комментировать бо.


VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Бакъонаш карлайоху.

2.Шардар 154-г1а кхочуш до.



























68-г1а урок.



Урокан ц1е: Терахьдешнийн карладаккхар,т1еч1аг1дар.


1алашо: Терахьдешан тайпанаш а,кепаш а хаар.Уьш лего хаар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ. 1амийнарг карладаккхар.


1.фронатальни хаттарш.

-Стенах олу терахьдош?

-Муьлха тайпанаш 1амийна вай терахьдешан?

-Маса кеп ю терахьдешан?

-Стенах олу декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш?

-Стенах олу билгал-масаллин а,гулдаран а терахьдешнаш ?


2.Дешнийн диктант

Вуьрх1итта ,ткъа,цхьйтта,пхиппа,ткъе итт, шиъ,ялх,ткъе шиъ.


ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар

1)Кхочушдо 162-г1а шардар.

2)Кхочушдо 161 –г1а шардар.Йозанца язде терахьдешнаш.

3)Легаде терахьдешнаш шиъ,шолг1а,кхоъ,кхоалг1а,ворх1,исс,ткъолг1а.


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 163-г1а шардар.


V.Жам1 дар.


-Терахьдешнаш стенах олу?

-Терахьдешнаш маса тайпа ду? Муьлхарш?

-Терахьдешан маса кеп ю?Муьлхарш?

-Терахьдешнаш дожаршца хийцалой?

-Классан гайтамца хийцалуш дерг муьлха терахьдош ду?

-Стенах олу декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш?

-Стенах олу билгал-масаллин а,гулдаран а терахьдешнаш ?


VΙ.Ц1ахь бан болх.


1.1амае 13-24г1ий §§.

2.Кхочушде 157-г1а шардар.













69-г1а урок.



Урокан ц1е: Сочинени«Ас хаьржина корматалла.»


1алашо: Дозуш долу къамел кхиор.

Предложенеш нийса вовшах таса хаар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Хьехархочун дош.


Массо а адам хьанала къахьега дезаш ду.Шена безаш болу болх бан атта хуьлу адамана. Стеган самукъадолу шена беза болх беш хилча .Шена еза корматалла караерзо дика деша а,къахьега а деза.Адамо дукха хьалхе къастайо шена корматалла.

Тахана вай язйийр йолу сочинени аш хаьржинчу корматаллех хир ю.Х1инца дуьйна аш шайна цхьа корматалла къастийча, дика доьшуш кечам бича, болх бан атта хир ду.


ΙΙΙ.Дешархошна г1оьнна хаттарш ло:


1.Ас хаьржина корматалла.

2.Х1унда хаьржина иза?

3.Муха къахьега деза и лаам кхочуш беш?Деша дезий дика?

4.Хьенан дуьхьа доьшур ду ахь?

5.Хьан г1о дийр ду хьуна?

6.Болх муха бан дагахь ву хьо?

7.Вайн махкахь бан дагахь вуй хьо болх?

8.Нахана пайдехьа хир буй хьан болх?

9.Хьуна луур дуй кхечу махка д1аваха а,цигахь къахьега а?

10.Дений,нанний х1ун эр ду ахь,хьо цу дикачу новкъа ваьккхинчу?

11.Хьайн дахарехь халонаш 1итталахь а д1ахьур буй ахь хаьржина некъ?

12.Сочинени,кица дахарца я байтаца чеккъяккха.


ΙV.Оцу хаттаршна жоьпаш луш д1аязйо дешархоша сочинени,дуьххьар листокаш т1ехь язйо,шайн предложенеш вовшах нийса а тосуш г1алаташ нисдо.


V.Ц1ахь бан болх.


Болх чекхбаккха.


















70-г1а урок.


Урокан ц1е:Ц1ерметдош а,цуьнан грамматически билгалонаш а.


1алашо:Ц1ерметдош а,цуьнан грамматически билгалонаш а йовзийтар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

Дешнийн цхьаьнакхетаршна бе къастам,царех кхоъ легаде.

Цхьа буьйса,иссе а чоь,ворх1-ворх1 совг1ат,ткъайоьсна стаг,берх1итта урок,цхьйтталг1а шо,

ткъе шийтта урам.

-Барта дийца церан тайпанаш.

-Легаде цхьа буьйса ,берх1итта урок,иссе а чоь.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Хьехархочун дош:

Ц1ердешан,билгалдешан,терахьдешан метта лелачу къамелан декъах ц1ерметдош олу.

Ц1ерметдешан итт тайпа ду.Уьш дожаршца хийцало.


2.Д1аеша 25-г1а§.

-Стенах олу ц1ерметдош?Кхин муьлхачу къамелан дакъойн метта лела иза.

-Муьлха ц1ерметдешнаш девза шуна?

-Муьлхачу къамелан дакъойх метта лела уьш?

-Предложенехь муьлха меженаш хуьлий лела?


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 167-г1а шардар.

Ц1ерметдешнаш схьаязде ,юхь,терахь,дожар,билгалдаккха.

2.Кхочушде 168-г1а шарадар.

1-чу предложенина бе синтаксически къастам.

3.Легаде со,уьш боху ц1ерметдешнаш.

4.Дешнаш т1ехь болх:

Ц1ерметдош- местоимение


VΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу ц1ерметдош?

-Хаттарш дуй ц1ерметдешан?

-Муьлхачу къамелан дакъойн метта лела ц1ерметдешнаш?


Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 25- г1а§.

2.Кхочушде 169-г1а шардар.









71-г1а урок.


Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн тайпанаш.


1алашо:Ц1ерметдешнийн тайпанаш довзийтар,

уьш шайн маь1ница хьаьжжина муьлхачу

тайпанашка декъало хаийтар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу,ц1ерметдешнаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцу.


ΙΙΙ. Карладаккхар.

Дешнийн диктант.

Кхоъ,к1ант,жима,иза,ткъа,коч,йовлакх,тептар,баьццара,дейтта, суна,уьш,оьзда,лекха,доттаг1,эзар,накъост,цунна,х1ара,бераш,куй.


-Шайн къамелан дакъошка а х1иттош, бог1ама д1аязде.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьн т1ехь хьалххе кечйина ю кеп:

Ц1ерметдешан тайпанаш.

1

Яххьийн

Со,тхо,хьо

2

Дерзоран

Суо,со-су0,шу-шаьш

3

Доладерзоран

Сан,хьан.шун

4

Дерзоран-доладерзоран

Сан-сайн,тхан-тхайн

5

Гайтаран

Х1ара,д1ора,цигара

6

Къстаман

Х1арра,изза,муьлхха

7

Къастамза

Хьенех,минех,масех

8

Дацаран

Цхьа а, аддам а

9

Хаттаран

Мел?маса?х1ун?

10

Юкъаметтигаллин

Х1ун,мила,хьенан


-Тетрадаш т1е кеп д1аязъеш, дешархоша дуьйцу,муьлха ц1ерметдешнаш дохку х1ора тайпанна юккъе.

-Х1ора тайпанна ц1ерметдешнаш дуьйцуьйту дешархошка.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 171-г1а шардар.

2.Церан бохучу ц1ерметдешнех бе фонетически

3.Суна делира,тхьоьга веара,хьо гира,шух дагавелира,цаьрца карийра,кхуьнца веара.

-Предложенеш х1иттае дешнийн цхьанакхетарх.
-Муьлхачу тайпана чу дог1у.

VΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу ц1ерметдош?

-Маса тайпа ду ц1ерметдешан?

-Муьлхачу къамелан дакъойн метта лела ц1ерметдешнаш?

Масалш даладе.

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 26- г1а§.

2.Кхочушде 173-г1а шардар.




72-г1а урок.


Урокан ц1е:Яххьийн ц1ерметдешнаш а, церан легар а.


1алашо:Яххьийн ц1ерметдешнаш муьлхарш ду хаийтар.

Уьш лего хаар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу,ц1ерметдешнаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцу.


ΙΙΙ. 1амийнрг карладаккхар.

-Стенах олу ц1ердош?

-Билаглдош стенах олу?

-Стенах олу терахьдош?

-Муьлхачу къамелан метта лела ц1ерметдош?

-Маса тайпа ду ц1ерметдешнийн?


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Еша 27-г1а§ бакъо.

-Муьлхачу юьхьо билгалво къамел деш верг я иза юкъавог1у аг1о?

-Къамел хьаьнца до гойтуш долу ц1ерметдешнаш муьлхарш ду?

-Кхоалг1ачу юьхьо хьанах лаьцна дуьйцу

2.Кхочушдо 174-г1а шардар.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Тхо, вай боху ц1ерметдешнаш легадо.

Нанас аьлларг дан гуттара реза дара тхо.Вайн махкахь хаза меттигаш дуккха а ю.Тхойшиъ талла вахара.

2.Кхочушде 183-г1а шардар.


VΙ.Дешнаш т1ехь болх.

Тхо+шиъ ц1ерметдешнех а,терахьдешнех а кхолладелла и ц1ерметдош, ишшта вай+шиъ


VΙΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу ц1ерметдош?

-Маса тайпа ду ц1ерметдешан?

-Муьлхачу къамелан дакъойн метта лела ц1ерметдешнаш?Масалш даладе.

-Тахана вай 1амийнарг муьлха тайпа ду?


Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 27- г1а§.

2.Кхочушде 180-г1а шардар.









73-г1а урок.


Урокан ц1е:Талламан диктант.«Бух1анан,маьлхан къовсам»


1алашо: 1амийнарг карладаккхар.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Текст д1аязйо.

Цхьана д1аяханчу хенахь бух1а хилла шен доттаг1ашна гергахь дозаллаш деш дерриге дуьне серладоккхуш берг шен ши б1аьрг бу бохуш.И хааделла малхана.Цо бух1ане аьлла:„Ма г1ерта сан сий хьайна дерзо.”Бух1а яша а ца яьшна цо бохучух:„Хьо бу и сан сий хьайна дерзо г1ерташ.”

Иштта церан къовсам баьлча,схьагулделла дерриге а дийнаташ,Цхьадолу акхарой,олхазарш бух1ано бохучух теснаш хилла,вуьйш малхехьа хилла.

Со цхьана ханна д1алечкъар бу,ткъа шу бух1ано сирла муха доккху хьовсуш хила,”-аьлло малхо.

Д1алечкъина малх.Т1ебеана бода.Къерзош хилла бух1ано б1аьргаш,амма дуьне серладолуш ца хилла.Схьакхетта малх.Дуьне серладаьлла.Хаьттина малхо:„Х1ун олу аш?”

ΙΙΙ.Грамматически т1едиллар.

1.Яржазчу предложенина бе синтаксически къастам.

2.Ц1ерметдешнашна буха сиз хьакха.

ΙV.Жам1 дар.

V.Ц1ахь бан болх.

1.бакъонаш карлаяха


74-г1а урок.

Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.


1алашо:Дукха г1алаташ девлла дешнаш схьа а яздеш, церан бакъонаш юьйцу.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Хьехархочун дош.

1.Дика диктанташ а, вон язйинарш а билгабоху белхаш.Дукха г1алаташ дина дешнех предложенеш х1иттайо:

Д1алечкъина малх гучубелира.Бух1анна буьйсанна бен са ца го.Цхьана денний бен ца хийцинера урокаш.Адамо, даима а лардан дезарг сий ду.1уьйранна дуьне сердаьллера.Доттаг1ий вовше ларам болуш хила беза.

2.Дешархошка шайга болх байтар.

Кхочушдо 178-г1а шардар.

-Ц1ерметдешнака буха сиз хьакха.

Легаде яххьийн ц1ерметдешнаш цхьаллин а,дуккхаллин а терахьехь.

ΙΙΙ. Хьалха 1амийнрг карладаккхар.

Фронтальни хаттарш.

-Стенах олу ц1ердош?

-Билаглдош стенах олу?

-Стенах олу терахьдош?

-Муьлхачу къамелан метта лела ц1ерметдош?

-Маса тайпа ду ц1ерметдешнийн?

-Муьлха ц1ерметдешнаш девза шуна?

-Предложенехь муьлха меженаш хуьлий лела?

VΙΙ.Жам1 дар.

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.бакъонаш карлаяха

2.Кхочушде 177-г1а шардар.



75-г1а урок.


Урокан ц1е:Хьалхарчу юьхьан дуккхаллин терахьан ц1ерметдешнаш.


1алашо:Цхаллин а, дуккхаллин а ц1ерметдешнаш къасто хаар

Яххьаш билгалъяхар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу,ц1ерметдешнаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцу.


ΙΙΙ. Дешнийн диктант.

Можа малх,сийна стигал, ц1ен 1аж, говза стаг, вейтта дешархо,хьехархочун болх,жима йо1, оьзда зуда,шийтталг1а де,хьомениг,кхоалг1аниг,пхи шо.

-К1амелан дакъош билгалдаха дешнийн цхьаьнакхетаран.

-Лаамечарна цхьа сиз,лаамазчарна ши сиз хьакха.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.


Уьн т1ехь хьалххе йина х1ара кеп ю:


Хьалхара юьхь

Шолг1а юьхь

Кхоалг1а юьхь

Цхьаллин терахь

Со,тхо,вай

Хьо,шу

И, иза,уьш



Кхочушде 179-г1а шардар.

Ц1ерметдешнашна буха сиз хьакха

-Дийца церан яххьаш.



V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Легаде яххьийн ц1ерметдешнаш:со,тхо,вай.

2.Кхочушде 183 –г1а шардар.

-Билгалъяха яххьаш.


VΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу ц1ерметдош?

-Маса тайпа ду ц1ерметдешан?

-Муьлхачу къамелан дакъойн метта лела ц1ерметдешнаш?Масалш даладе.

-Тахана вай урокан ц1е х1ун ю?


Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Бакъонаш карлаяха.

2.Кхочушде 180-г1а шардар.









76-г1а урок.


Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн дуккхаллин терахь..


1алашо: Ц1ерметдешнийн дуккхаллийн терахь довзийтар .

Уьш легор.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.


1.Кхочушдина шардар барта толлу,ц1ерметдешнаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцу.


ΙΙΙ. Дешнийн диктант.

Со вахара,ваша вог1у,цо элира,иза,цуьнан йо1,вайн даьхни,церан даьхни,тхо,вай,вешан бахам,

оцу шарахь.


-Ц1ерметдешнаш билгалдаха, церан яххьаш а йийца.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.


Ц1ерметдешан цхьаллин а,дукхаллин терахь ду.Цхьаллин терахьна чу дог1у:со,хьо,и,иза.

Дукхаллин теранехь ду:тхо ,шу,уьш,вай.Ц1ерметдешнаш дожаршца а хийцало:со,суна,соьца,сох,сол,сан и д1.кх.Ц1ерметдош цхьаллин а,дукхаллин терахьехь долу ц1ерметдешнаш къастадо,адам шиъ къамел деш хилча,дукха адамаш вовше къамел дарца.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.


1.Дукхаллин терахьехь долчу ц1ерметдешнех предложенеш х1иттае.

2.Легаде тхо,уьш,вай,шу боху ц1ерметдешнаш.

-Чаккхенаш хуьлий ц1ерметдешнийн?

-Муха хийцаделла уьш?

3.Кхочушде 177-г1а шардар.

-Дукхаллин ц1ерметдешнаш буха сиз хьакха.


VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

Ц1ерметдешнаш юкъахь а долуш жима дийцар язде.


VΙ.Жам1 дар.

-Тахана вай урокан ц1е х1ун ю?

-Стенах олу ц1ерметдош?

-Маса тайпа ду ц1ерметдешан?

-Яххьийн ц1ерметдешнаш маса юьхь ю?



Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.бакъонаш карлаяха.

2.Кхочушде 182-г1а шардар.







77-78-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Дерзоран ц1ерметдешнаш а,церан легар а.



1алашо: Муьлхачу ц1ерметдешнех олу дерзоран ц1ерметдешнаш,

Уьш муха кхоллало.


Урок д1аяхьар.



Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ. Ц1ахь бина болх таллар.

1.Ц1ахь х1иттийна предложенеш уьн т1е д1а а язйойтуш,

дуккхаллин терахьехь долу ц1ерметдешнаш билгалдоху.


ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.


1.Д1айоьшу 187-чу шардар т1ера предложени.

-Аларан 1алашоне хьаьжжина , муьлха предложени ю иза?

-Билгалдаха ц1ерметдешнаш а, церан тайпанаш а.

-Дар я хилар цхьаьна юьхьа т1ехь соцуш хилар гойтуш дуй дерзоран ц1ерметдешнаш?

Айса, сайна боху ц1ерметдешнаш ц1ерниг дожарехь муха хуьлу? Цхьалхе я чолхе дуй уьш?

-Шолг1ачу предложени т1ера ц1ерметдешнаш цхьалхе я чолхе ду?Чолхенаш маса декъах лаьтта?

Уьш муха яздо? Маь1на муха ду оцу ц1ерметдешнийн?Ц1ерниг дожарехь муха хуьлу уьш?

-Муьлхачу ц1ерметдешнех кхоллало дерзоран ц1ерметдешнаш?

-Муха яздо чолхе дерзоран ц1ерметдешнаш?


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар. Тобанашца болх бар.


1.Кхочушде 188-г1а шардар.

2.Кхочушде 192-г1а шардар.Синтаксически къастам бе 7-чу предложенина.Билгалдаха ц1ерметдешнийн тайпанаш а,дожарш а.Дийца,муха яздина чолхе дерзоран ц1ерметдешнаш.

3.Легадехьо,иза,шу-шаьш боху ц1ерметдешнаш.


V.Дозуш долу къамел кхиор.


1.196-чу шардар кхочушде т1едиллар хьаьжжина, жима дийцар яздан кечам бе.

2.Цхьаьна кехат т1е д1аязде жима дийцар . Ц1ерметдешнаш билгалдаха.


VΙ.Рефлекси.


-Муха кхоллало дерзоран ц1ерметдешнаш?

-Шайн х1оттаме хьаьжжина муха хуьлу уьш?

-Церан легоран кепаш хийцалой?Уьш йийца.


Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.


1.1амае 28-29 г1и駧.

2.Кхочушде 194-г1а шардар.





79-80-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Чолхе-дерзоран ц1ерметдешнаша.



1алашо: Муьлхачу ц1ерметдешнех олу чолхе-дерзоран ц1ерметдешнаш,

Уьш нисаяздаран бакъонаш.


Урок д1аяхьар.



Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ. Ц1ахь бина болх таллар.

1.Ц1ахь х1иттийна предложенеш уьн т1е д1а а язйойтуш дуккхаллин терахьехь долу ц1ерметдешнаш билгалдолу.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Фронтальный хаттарш.

-Стенах олу ц1ердош?

-Билгалдош стенах олу?

-Терахьдашо х1ун гойту?

-Ц1ерметдош стенах олу?

-Маса тайпа ду ц1ерметдешан?

2.Къолам,со,пхиъ,ваьш,иза,ваша,дада,ц1енош, мох,можа,цхьайтталг1а,сийна,тхойшиъ,суна,айса.

-Къамелан дакъош билгалдаха.

-Ц1ерметдешнаш тайпанашка нисде.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Дерзоран ц1ерметдешнаш цхьалхе а,чолхе а хуьлу.Чолхе дерзоран ц1ерметдешнаш юккъехь дефис а йолуш яздо.Масала:со-суо,и-ша,вай-ваьш.Ши тайпа ду вовшен кхеташ яххьийн а,дерзоран а.Уьш дожаршца хийцало.Хуьйцучу хенан ший дакъа а хийцало.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 189-г1а шардар.

-Чолхе-дерзоран ц1ерметдешнаш билгалдаха.

2.Легаде со-иза,и-ша,хьо-хьуо боху ц1ерметдешнаш.

Ц1.со-суо

Дл.сан-сйан

Л.суна-сайна

Др.ас-айса

К.соьца-сайца

Х.сох-сайх

М.соьга-сайга.

Дс.сол-сайл

3.Кхочушде 191-г1а шардар.


VΙ.Жам1 дар.

-Маса тайпа ду ц1ерметдешнаш?

-Дерзоран ц1ерметдешнаш чолхе а,цхьалхе а хуьлий?


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 30-г1а§

2.Кхочушде 194-г1а шардар.




81-82-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Доладерзоран ц1ерметдешнаш а , церан легар а.



1алашо: Доладерзоран ц1ерметдешнаш довзийтар, уьш лего 1амор,

Кхечу ц1ерметдешнех схьакъасто хаар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.


1.Кхочушдина шардар барта толлу,ц1ерметдешнаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцу.


ΙΙΙ. Дешнийн диктант.

Г1ант,к1ант,къолам,кхокха,хьарамло,гома,ц1ен,мотт,хьекъал,цхьогал,т1оьрмиг,п1елг,къонах,вуьрх1итта,ткъе итт, тхо,суо,и-ша,хьайниг.

-Къамелан дакъош билгалдаха.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

-Муьлхачу дожарехь ду и ц1ерметдешнаш?

-Доланиг дожарехь долу ц1ерметдешнаш муьлхачу маь1нехь лела?

-Шайн кхечу дешнашца йолчу уьйре хьаьжжина,муха ду вай яздина ц1ерметдешнаш?(лааме а, лаамаза).

-Лаамазниш хийцалой дожаршца?(ца хийцало)

-Лааменаш муха кхолладелла?Муьлхачу дожарехь долчу ц1ерметдешнашна тоха еза суффикс –иг, муьлхачунна-аш?


шайниг

Цхьаллин терахь

шайнаш

Дукхаллин терахь

сайниг

Цхьаллин терахь

сайнаш

Дукхаллин терахь




V.Дозуш долу къамел кхиор.

Х1ара дешнаш юкъахь а долуш предложенеш х1иттае:сайниг,тхайниг,хьайниг,шайнаш,хьайнаш,вайниг,вайнаш.


VΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 199-г1а шардар.

2.1амае 31-г1а §.










83-84-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш а , церан легар а.



1алашо:Дерзоран-доладерзоран тайпанаш вовшахкхетарца кхолладелла

цхьа тайпа муха ду хаар.Уьш лего хаар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.


1.Кхочушдина шардар барта толлу,ц1ерметдешнаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцу.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Легаде х1ар ц1ерметдешнаш:тхаьш,хьо-хьуо,хьайниг,тхайниг.

2.Фронтальни хаттарш:

-Ц1ерметдешнаш стенах олу?

-Маса тайпа ц1ерметдешнаш ду?

-Х1унда тиллина ц1ерметдешна иштта ц1е?


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Д1айоьшу 32-г1а§.

-Муьлхачу ц1ерметдешнех олу дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш?

-Муьлха тайпанаш вовшахкхетта?

-Легаде шун-шайн,шун-шайнаш боху ц1ерметдешнаш.


Ц1.шун-шайн,шун-шайнаш

Дл. шун-шайчун,шун-шайчеран

Л. шун- шайчунна,шун-шайчарна

Др. шун- шайчо,шун-шайчара

К. шун- шайчуьнца,шун-шайчаьрца

Х. шун- шайчух,шун-шайчарех

М. шун- шайчуьнга,шун-шайчаьрга

Дс. шун- шайчул,шун-шайчарел


-Билгалъяха церан чаккхенаш.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 202-г1а шардар.

-Ц1ерметдешан тайпа, терахь,дожар билагалдаккха.


VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

Предложенеш х1иттае х1окху ц1ерметдешнех.Суна,ас-айса,цо,хьо-хьуо,и-ша.


VΙΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.


VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 203-г1а шардар.

2.1амае 32-г1а §.






85-87г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Гайтаран ц1ерметдешнаш а, церан легар а, т1еч1аг1дар.


1алашо: Муьлхачарех ц1ерметдешнех олу гайтаран ц1ерметдешнаш,

Гайтаран ц1ерметдешнаш легадаран кепаш йовзийтар,

дожарийн чаккхенаш билгалъяха 1амор.


Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ. Ц1ахь бина болх таллар.

1.Ц1ахь х1иттийна предложенеш уьн т1е д1а а язйойтуш дуккхаллин терахьехь долу ц1ерметдешнаш билгалдолу.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Фронтальный хаттарш.

-Ц1ерметдешнаш стенах олу?

-Маса тайпа ц1ерметдешнаш ду?

-Яххьийн ц1ерметдешнийн маса юьхь ю?

-Доладерзоран ц1ерметдешнаш стенах олу?


ΙV.Дешнийн диктант.

Со,хьо,шайн,шайниг,со-суо,шаьш,тхаьш,шу,ша,уьш,и-ша,суна,вайх,соьга-сайга,вай,сайца,шух-шайх.

-Тайпанаш билгалдаха ц1ерметдешнийн.


V.Керла коьчал йовзийтар.


Дешархошка йоьшуьйту 33-г1а§.

-Стенах олу гайтаран ц1ерметдешнаш? Цара х1ун гойту?

-Х1ара,д1ора,кхузара,цигара,хьуьллара бохучу ц1ерметдешнаша х1ун гойту?

-Легаде д1ора хьун,кхузарниг,цигарнаш боху ц1ерметдешнаш.Хьуьллара,д1ора,х1ара,х1орш,кхузара,цигара.

Ц1.д1ора хьун ,кхузарниг,цигарниг

Дл.д1орачу хьуьнан,кхузарчун,цигарчеран

Л.д1орачу хьуьнна,кхузарчунна,цигарчарна

Др.д1орачу хьуьно,кхузарчо,цигарчара

К.д1орачу хьуьнца,кхузарчуьнца, цигарчаьрца

Х.д1орачу хьуьнах,кхузарчух,цигарчарех

М.д1орачу хьуьне,кхузарчуьнга,цигарчаьрга

Дс.д1орачу хьуьнал,кхузарчул,цигарчарел.

-Муьлха ц1ерметдош ду юкъара долуш?(х1ара)


VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 212-г1а шардар.

-Гайтаран ц1ерметдешнашна буха сиз хьакха.

2.Легаде цигара йо1,хьуьлларниг

Ц1.цигара йо1,хьуьлларниг.

Дл.цигарчу йо1ан,хьуьлларчеран

Л. Цигарчу йо1анна,хьуьлларчарна

Др. цигарчу йо1о,хьуьлларчара

К. цигарчу йо1аца,хьуьлларчаьрца

Х. цигарчу йо1ех,хьуьлларчарех

М. цигарчу йо1е,хьуьлларчаьрга

Дс. Цигарчуйо1ал,хьуьлларчарел




VΙΙ.Жам1 дар.

-Гайтаран ц1ерметдешнаш стенах олу?

-Лааме а,лаамаза а хуьлий гайтаран ц1ерметдешнаш?

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 41-г1а§

2.Кхочушде 214-г1а шардар.




















































88-89-г1ий урокаш


Урокан ц1е: Изложени«Наний,к1анттий.».


1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.Предложени нийса х1отто хаар, пунктационни бакъонаш карлаяхар, уьш т1еч1аг1ъяр.Ц1ерметдешнаш а, кхидолу къамелан дакъош а предложенина нийса юкъадалор,шардар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

1)дешархошна тетрадаш декъар.


ΙΙ.Изложени язъян кечам бар.


1.Кхочушдо 215-г1а шардар.

2.шардар т1ера кицанаш схьаяздо

3.кхин а яздо кицанаш.

а)Шен ненан сий лардечо Даймехкан сий а лардийр ду.

б)Доьзал дика-беркат дукха.

в)Нанас йина чов лаза а ца лозу.

г)Дечиган елахь а тоьлу нана.

д)Нана елча беран даг т1ера доьжна зезаг кхин т1е ца долу.

ΙΙΙ.Изложенин текст.

1уьранна н1аьнеш кхойкху хан хилале г1еттина хьийзаш яра нана.Дукха тишъяларна,зарзъелла йолу басмин мокха коч,1аьржа шолан йовлакх,тиша ши пошмакх юьйхина ,,кечъеллера” иза.И йовлакх цо лело х1ара ткъех шо дара,кхин духар цунна т1ехь ца гинера я цуьнан и дан а дацара.

Меллаша д1атеттира цо тишачу ц1ийнан не1, йижина нус самаяларна кхоьруш.Ехха лаьттира иза самаваккха ца х1уттуш.

Цхьана кертахь дара к1ентан,ненан ц1енош.Нана чохь 1ачарех тера-м дацара хьасанан ц1енош.Еттинчу кибарчигех, вуно куьцехь т1ек1ел йина х1усамаш яра уьш.Ткъа нана чохь ерг цхьа тиша лаппаг1а яра ,хьалха халчу хенахь , кхуо шен ц1ийндеца йина,керлачу ц1енош чу велира Хьасан шен къена нана а йитина.Нене цхьа а дош ца элира цо.Ша йисча, худаелла,лазаро лаьцна,д1аелира Хьулимат.Т1ехь да а воцуш.Оццул хало кхийначу к1анта динарг лалун х1ума дацара.Ненаца цхьаьна кертахь-м ву х1ара.

-Хьасан!Къинт1ера валахь суна.Тахана кха т1е картолаш схьаяха йоьдуш ю со.Хьо балхара ц1а веъча,суна т1аьхьа вог1ур вуй хьо?

-Ца веъча волий со? Цкъа а дера ца вуьту ахь со сайн накъосташца охьахаа,-нанна реза вацара к1ант.

Ваха везачу хенахь нанна т1аьхьа ца вахара Хьасан.Иза шен хьешашца самукъадоккхуш вара.

ΙV.Изложенин текст т1ехь болх бар.

Кицанех муьлхарг хоржур дара аш х1окху изложенина ц1е тилла?(Дика во1-г1ала,вон во1-бала.Дений, нанний муьт1ахь воцу доьзалхо-гергара мостаг1)

-Маца хьалаг1еттина нана картолаш схьаяха яха?

-Иза чохь 1ен ц1енош дина дуй?Ткъа к1ентанаш?

-Худалой цомгаш х1унда хуьлу иза?

-Шен к1антаца къамел оьзда дой цо?

-К1антан х1ун эр дара аш?

-Шу муха хир ду шайн ненаца?

-Шуна бевзий иштта к1ентий?

-Х1ун эр дара аш царех лаьцна.

V.Изложени язъяр.









90-91-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Къастаман ц1ерметдешнаш а, церан легар а.



1алашо: Муьлхачарех ц1ерметдешнех олу гайтаран ц1ерметдешнаш,

. Гайтаран ц1ерметдешнаш легадаран кепаш йовзийтар,

дожарийн чаккхенаш билгалъяха 1амор.


Урок д1аяхьар.



Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ. Язйинчу изложенех хьехархочун дош.

Оценкаш д1ах1иттайо.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Дешнийн диктант.

Ахь-айхьа,со-со,тхо-тхаьш,и-а,х1ара,вай, тхо,оццул, милла а,уьзаш,сайниг,сан-сайниг,шуьниг,хьоьца,соьца,и.

-Тайпанаш схьа а къастош, билгал а дохуш ц1ерметдешнаш.

2.Со-со,тхо,сайниг боху дешнаш легадо ,чаккхенаш схьакъастайо.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.


Къастаман ц1ерметдешнаш а церан легор а.

Мухха а цхьана билгалонца х1уманан къастам беш я кхечцуьнца юстуш хилар гойтучу ц1ерметдешан къастаман ц1ерметдешнаш олу.Масала:оццул,х1оккхул,иштта, кхиверг,кхиерг,кхиберш,изза х1арра муьлхха а,милла а.

Уьш терахьшца а,дожаршца а ц1ердешнаш санна хийцало.

Цхьал. терахь. Дук.терахь.

Ц1. Иштта,ишттанаш

Дл.ишттачун,ишттачеран

Л.ишттачунна,ишттачарна

Др.ишттачо,ишттачара

К.ишттачуьнца,ишттачаьрца

Х.ишттачух,ишттачарах

М.ишттачуьнга,ишттачаьрга

Дс.ишттачо,ишттачарел

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 222-г1а шардар.

2.224-г1а шардар т1ера схьаязде къастаман ц1ерметдешнаш.

3.Кхиверг, иза ц1ерметдешнаш легаде.

VΙ.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Дожаршкахь, терахьшкахь хийцалой къастаман ц1ерметдешнаш?

Оценкаш д1айохку .


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 34-г1а§

2.Кхочушде 226-г1а шардар.







92-93-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Къастамза ц1ерметдешнаш а, церан легар а.



1алашо: Муьлхачарех ц1ерметдешнех олу къастамза ц1ерметдешнаш,

. къастамза ц1ерметдешнаш легадаран кепаш йовзийтар,

дожарийн чаккхенаш билгалъяха 1амор.


Урок д1аяхьар.



Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Цхьана дийнахь со хьуьнах вахара.Цигахь суна гира хьуьнана акхарой.Уьш ижу лаха араевллера. Цхьаерш тебна 1ара,вуьйш каде хьийдара.Акхарой шайн к1орниш юзо г1ерташ,царна т1аьхьа а евлла лелара.!а д1а а даьлла массо а экха меца дара.

-Ц1ердешнийн тайпанаш барта билгалдаха.

-Къастаман ц1ерметдешнаш дуй текста т1ехь?


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Шех лаьцна дуьйцуш долу адам я кхийолу х1ума къастош билгал ца йоккхучу ц1ерметдешнех къастамза ц1ерметдешнаш олу.

Масала:Лахахь ,цу хийистехь,масех машен лаьттара.


Легаде ц1ерметдешнаш.

Лаамаза кеп лааме кеп

Ц1.цхьаволу стаг,цхьаверг

Дл.цхьаволчу стеган,цхьаболчеран

Л. цхьаволчу стагана, цхьаболчарна

Др. цхьаволчу стага, цхьаболчара

К. цхьаволчу стагаца, цхьаболчарца

Х. цхьаволчу стагах, цхьаболчарех

М. цхьаволчу стаге, цхьаболчаьрга

Дс. цхьаволчу стагал, цхьаболчарел


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 227-г1а шардар легадо хьенех боху ц1ерметдош.

2.Кхочушдо 228-г1а шардар къастамза ц1ерметдешнаш билгалдоху.


VΙ.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Дожаршкахь, терахьшкахь хийцалой къастамза ц1ерметдешнаш?

Оценкаш д1айохку .


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 35-г1а§

2.Кхочушде 230-г1а шардар.





94-95-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Дацаран ц1ерметдешнаш а, церан легар а.



1алашо: Муьлхачарех ц1ерметдешнех олу къастамза ц1ерметдешнаш,

къастамза ц1ерметдешнаш легадаран кепаш йовзийтар,

дожарийн чаккхенаш билгалъяха 1амор.


Урок д1аяхьар.



Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар-230 толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.1амийнарг карладоккхуш кхочушдо 228-г1а шардар.

2.Хьенех,минех,цхьаверг ц1ерметдешнаш къастамза легаран т1едуьллу дешархошна.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Дацаран ц1ерметдешнаш х1ума я адам ца хилар гойту.Уьш дукха дац.Цхьа а(цхьаъа а,аддам а,х1умма а.) Уьш дукхаллин терахьехь ц алела.Дацаран ц1ерметдешнаш лааме а,лаамаза а хуьлу.

Лаамаза кеп

Ц1.цхьа а к1ант

Дл.цхьана а к1ентан

Л. цхьана а к1антана

Др. цхьана а к1анта

К. цхьана а к1антаца

Х. цхьана а к1антах

М. цхьана а к1анте

Дс. цхьана а к1антал



V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 232-г1а шардар

2.Легадо уьн т1ехь дацаран ц1ерметдешнаш х1умма а,аддам а,цхьа а нана.


VΙ.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Дацаран ц1ерметдешнаш муьлхарш ду?

-Лаамаза а,лааме а хуьлий ц1ерметдешнаш?

-Дожаршца легалой дацаран ц1ерметдешнаш?


Оценкаш д1айохку .


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 36-г1а§

2.Кхочушде 234-г1а шардар.







96-97-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнаш а, церан легар а.


1алашо:Х1ун олу хаттаран ,юкъаметтигаллин ц1ерметдешнех,муьлхачу хаттаршна жоп ло, уьш муха кхоллало хаар:церан дожаршца хийцадалар.Предложенехь хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнеш вовшех къасто хаар, церан башхалла йовзар.

Урок д1аяхьар.



Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Д1аязде ц1ерметдешнаш, тайпанашка а доькъуш:

Со-суо,масех,сайниг,х1умма а,кхиберш,цхьадерш,хьенех, д1ора,уьш,шу-шайн,иштта, х1окхул,х1ара, тхо, тхаьш,оццул,айса-сайх,церан-шайн,важа, иза, цхьа а,шу,хьо,цигара,сан-сайчо.


ΙV.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 217-г1а шардар.

2.Легаде ц1ерметдешнаш.


V.Керла коьчал йовзийтар.

Муха?мила?муьлш?х1ун?мел?маца?муьлха? и хаттарш хаттаран а,юкъаметтигаллин а хуьлу.

Мила ву яздина ваьлларг?Мила ву боданашкахь верг ца гора.Х1ун боху ахь нана?Нанас х1ун боху ца хаьара.Х1ун боху ахь?Цомгашчо х1ун боху ца кхетара со.Мила ву классехь уггаре а дика доьшуш.Массарна а хаьа, мила ву классехь уггаре дика доьшуш.


V1.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 236-г1а шардар

2.Хаттаран ц1ерметдешнаш юкъа а далош, ши предложени х1оттае.Цул т1аьхьа уьш юкъаметтигаллин ц1ердешнийн маь1не яха.

3.Кхочушде 240-г1а шардар.


V1Ι.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха тайпа ду?

-Хаттаран а,юкъ аметтигаллин а хаттарш муха къасто деза?

-Дожаршца а, терахьашца а хийцалойц1ерметдешнаш?


Оценкаш д1айохку .


VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 37-г1а§

2.Кхочушде 237-г1а шардар.










98-99-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн нийсаяздар


1алашо:Ц1ерметдешнийн нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар,к1аргъяр.

Ц1ерметдешнаш юкъахь а долуш,предложенеш х1иттор.

Урок д1аяхьар.



Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Стенах олу дешан лард,орам,дешхьалхе,суффикс?

2Дешх1оттаман таллам бо:гергарло,синкъерам,таллархо,цабезам,сизалг.

3.Х1окху дешнашца х1иттае предложенеш:со,иза,х1ара,со-суо,хьайниг.

ΙV.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 239-г1а шардар.

2.Дешх1оттаман къастам бо дешнашна:зедаллачо,къинхетам,лулахо.

V.Керла коьчал йовзийтар.

Уьн т1е хьалххе язйина кеп:

1.Чолхе(со-суо,ша-шега)




2.Яххьийн:со,тхо,хьо,шу




3.Шу





Х. Дс.




К. М.

Юкъахь дефис х1оттош яздо:айса-сайх,церан-шайн,айхьа-хьайна.



Орамера аьзнаш лардеш яздо:сох-сол,тхох-тхол,хьох-хьол,шух-шул.



Шуьца,шуьга яздан деза.


V1.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 243-г1а шардар

1)шина предложенешна синтаксически къастам бе.

2)тайпанаш билгалдаха.

2.Легаде :вайша,шу,цуьнан,шун,муьлхнаш,цераниг,хьйниг.

3.Кхочушде 247-г1а шардар.

-Ц1ерметдешнийн тайпанаш схьакъастаде.

V1Ι.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха тайпа ду?

-Хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнаш муха къасто деза?

-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?


Оценкаш д1айохку .


VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 38-г1а§

2.Кхочушде 250-г1а шардар.







100-г1а урок.


Урокан ц1е:Талламан диктант.«Дай,к1антий.»


1алашо: 1амийнарг карладаккхар.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Текст д1аязйо.

Иза дара ткъа шо хьалха.Шийла 1а дара лаьтташ.Юьрта ваханчуьра иза вог1уш вара со сайн деца.Доккха диллинчу лайх сакъералуш, лайла лелхаш вог1учу суна цкъа вулий дов деш,т1аккха велалуш, хьалха д1аоьхура дада.Г1алара жимма схьаваьлча,гуш хуьлура г1ала а.Дуьхьала вог1уш цхьа стаг хилча ,иза геннара гора.

-Хьуьлла йог1у зуда гой хьуна?-хаьттира дадас.

-Цо хьайна эр ду?-дена юххе х1оьттира со.

-Хьо вон лелаш ву эр ду,д1ахьажал хьайга,хьоьх верриг лайх вуьзна .Куьг тохий д1адаккха иза,вашор ву хьо-реза воцуш корта ластийна,д1аволавелира да.


ΙΙΙ.Грамматически т1едиллар.

1.ц1ерметдешна буха сиз хьакха.

2.Легаде:хьо,сайниг









101-г1а урок.


Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.


1алашо:Дешархоша г1алаташ т1ехь болх бар.

Урок д1аяхьар.



1.Урокан кечам бар.


2.Тетрадаш д1асадекъар.


3.Дукха даьхна г1алаташ дийцаре дар.


4.Ун т1ехь болх бар.

5.Схьаязъе г1алаташ даьхна предложенеш.


6.Ун т1ехь болх болх

Ц1ерметдешнашна буха сиз хьакха.








102-г1а урок.

Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн синтаксически г1уллакхаш.

1алашо:Муьлха меже хуьлий лела ц1ерметдош предложенехь,цо х1ун

синтаксически г1уллакх до 1амор.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙФронтальни хеттарш

-Ц1ерметдешнаш стенах олу?

-Маса тайпа ц1ерметдешнаш ду?

-Яххьийн ц1ерметдешнийн маса юьхь ю?

-Доладерзоран ц1ерметдешнаш стенах олу?

-Хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнаш муха къасто деза?

-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?

ΙV.1амийнарг карладаккхар.

Со,иза,тхоьга,суна,х1орш,уьш,и,кхузара,вайша,вайн,ваьш,со-суо,хьуо,ша,хьох.

-Ц1ерметдешнийн тайпанашка а доькъуш д1аязъде ц1ерметдешнаш.

-Дийца муьлхачу дожарехь лаьтташ ду ц1ерметдешнаш.

V.Керла коьчал йовзийтар.


Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязъе предложенешщ,ц1ерметдешнаш синтаксически г1уллакхаш билгалдаха.

1.Хьо соьгу кхойкху-со къора ву.

2.Со-суо ларор ву беш д1аен.

3.Вашас цаьрга-шайга хаийтира уьш-шаьш бехке хилар.

4.Иза а аьлла, ненан дог юхардерзийра Лечас.

5.Амма кхераниг тохкура дешна ваьлла.

6.Д1орачуьнга д1аелира ас хьан книга.

7.Цигарчу хьешан г1иллакхаш шатайпана дара.

8.Кхузарчу нехан комаьрша хиларх цецваьлла со.

9.Муьлххачу х1усамехь везаш т1еоьцура майра к1ант.

10.Церан ойла яцара шайн стеган сийдала.

11.Шун иштта 1ойла ду,дикачу балхахь хиларна.

12.Х1ара ц1енош тхан ду.

13.Новкъа ваьлларг хьо –хьуо ву.Хьан ю х1инца дика 1ойла.

-Предложенин муьлха меже хуьлий лела ц1ерметдешнаш.


V1.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 253-г1а шардар

1)шина предложенешна синтаксически къастам бе.

2)тайпанаш билгалдаха.

2.Легаде :вайша,шу,цуьнан,шун,муьлхнаш,цераниг,хьйниг.

3.Кхочушде 254-г1а шардар.

-Ц1ерметдешнийн тайпанаш схьакъастаде.

V1Ι.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха тайпа ду?

- Ц1ерметдешнаш муха къасто деза?

-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?

Оценкаш д1айохку .

VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 39-г1а§

2.Кхочушде 255-г1а шардар.


103-г1а урок.


Урокан ц1е:Ц1ерметдош морфологически къастор.


1алашо:Ц1ерметдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар,к1аргдар.

иза морфологически къасторан некъ гайтар.


Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка уьн т1ехь болх бойту кехаташца:

1-ра кехат.

1.Яххьийн а,дерзоран а ц1ерметдешнех,маь1не хьаьжжина, подлежащи я кхачам юкъахь болу предложени х1оттайо.

2.Хьенан ю х1ара книга7

-Кхуьнан ю иза.

Синтаксически къастам бе предложенешна.Дийца, ц1ерметдешнаш предложени муьлха меже ю?

3.Ц1ерметдешнаш юкъадалош,диалог х1оттае(кхо-йиъ предложени я реплика).

-Диалогехь х1итточу сацаран хьаьркех лаций дийца.



2-г1а кехат

1.Лаамазчу гайтаран а, къастаман а, доладерзоран а ц1ерметдешнех къастам хилар.

2.Х1ара беш тхан ю.Тхо ду болх беш.Синтаксически къастам бе предложенешна.

3.Масех маь1нехь лелаш долу корта боху дош юкъадалош, предложенеш х1иттае:1)шен дуьххьарлерачу маь1нехь:адаман корта;2)тайпанан корта;3)хин корта;4)повестан корта(коьрттера еша повесть)


ΙΙΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.


1.Синтаксически къастам бе 254-г1а шардар т1ерачу предложенешна.

-Ц1ерметдешнаш предложенин муьлха меженаш хуьлий лела?

-Мискачу нанна,доккха г1о бохучу дешнийн цхьаьнакхетаршна юкъахь долчу дешнашна бе морфологически къастам.

2.255-чу шардар т1ехь долчу ц1ерметдешнийн тайпана,терахь,дожар билгалдаккха.Цхьалхе я чолхе ду уьш?


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.


1.Вайна морфологически къасто хууш маса къамелан дакъаду?

-Стенна т1ера болабо церан морфологически къастам?

-Ткъа ц1ерметдешан ду1 хаттарш?Юй цуьнан юьхьанцара кеп?

-Ц1ерметдешан муьлха морфологически билгалонаш евза шуна?

-Ткъа цуьнан синтаксически г1уллакхаш дийца хуур дарий,морфологически къастам беш?

2.Ц1ерметдош морфологически къасторан некъ иштта билгалбаккха мегар ду:

1)къамелан дакъа;

2)морфологически билаглонаш:юьхьанцара кеп (цхьаллин терахь,ц1ерниг дожар);тайпа,терахь,юьхь(елахь),дожар.

3)Синтаксически г1уллакх.

Цхьа х1ума элира ас цуьнга.

Ι.Ас(хьан?)-ц1ерметдош.ΙΙ.Юхьанцара кеп-со(мила?);яххьийн,хьалхара юьхь,цхьаллин терахь,Др.д.

ΙΙΙ(хьан?)ас.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 257-г1а шардар.



V1.Дозуш долу къамел кхиор.

1.Кхочушдо259-г1а шардар.

-Кехат яздеш,муха доло деза иза?

-Хьйна ала луург цхьа мог1аралла а йолуш ала дезий,коьртаниг хьалха а доккхуш?

-Айхьа яздеш дерг оьздачу,г1иллакхечу маттаца яздича муха хета хьуна?

-Х1ун аларца чекхдаккха мегар ду доттаг1чуьнга яздина кехат?

2.Цхьана кехат т1ехь язде иза.


V1Ι.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

- Ц1ерметдешнаш муха къасто деза?

-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?

-Ц1ерметдош маса тайпа ду?

-Ц1ерметдешан морфологически къастам муха бо?

-Муьлхачу къамелан дакъош метта лела ц1ерметдош?


Оценкаш д1айохку .


VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 40-г1а§

2.Кхочушде 260-г1а шардар.

3.Доттаг1чуьнга кехат классехь яздан ца кхиънехь,ц1ахь чекхдаккха.






































104-г1а урок.


Урокан ц1е:Ц1ерметдош карладаккхар

1алашо:Ц1ерметдешан тайпанаш карладоху,уьш т1еч1аг1дарца болх бо.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Учебник т1ерачу хаттаршна жоьпаш ло,масалш даладе.

2.266-г1а шардар кхочуш де.

3.Ц1ерметдешнийн тайпанаш карладахар 1алашонна ешийтта 41-г1а§ т1ера кеп.

-Муьлха ц1ерметдешнаш ду дефисца яздеш?

-Муха хийцало дожаршца яххьийн,доладерзоран,гайтаран ц1ерметдешнаш?

-Массо а ц1ерметдешнийн юй яххьаш?

4.Кхочушде 261-г1а шардар.


ΙV.Дешнийн диктант.

Цуьнан-шен,шун-шайн,сан-сайн,вайн-вешан,хьо-хьуо,тхо-тхаьш,вай-ваьш,уьзаш,и-ша,шун,шуьга,д1ора,изза,х1окхул,милла а,хьенех,х1умма а,минех.

-Елахь,ц1ерметдешан юьхь язъе.


V.Дешархошка шайга болх байтар.

Х1окху кепара язде х1ора къамелан декъана пхиппа масал.

Къамелан дакъош.

Ц1ердош билгалдош терахьдош ц1ерметдош

1.

2.

3.

4.

5.

-Х1ора къамелан декъан морфологически билгалонаш йийцар.

V1.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 262-г1а шардар.10-чу предложенина бе синтаксически къастам х1ара,кхуьнан бохучу дешнашна бе морфологически къастам.

2.Уьна а,тетрадаш т1е а яздеш,кхочушдо 253-г1а шардар.


V1Ι.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха тайпа ду?

- Ц1ерметдешнаш муха къасто деза?

-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?

-Ц1ерметдош маса тайпа ду?

-Яххьийн ц1ерметдешнаш маса юьхь ю?

-Муьлхачу къамелан дакъош метта лела ц1ерметдош?


Оценкаш д1айохку .


VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 41-г1а§

2.Кхочушде 262-г1а шардар.Шина-кхаа ц1ерметдашна бе морфологически къастам


105-г1а урок.

Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн тайпанаш карладахар.

1алашо:Муьлха меже хуьлий лела ц1ерметдош предложенехь,

тайпанашах лаьцна 1амийнарг карладаккхар

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙФронтальни хеттарш

-Ц1ерметдешнаш стенах олу?

-Маса тайпа ц1ерметдешнаш ду?

-Яххьийн ц1ерметдешнийн маса юьхь ю?

-Доладерзоран ц1ерметдешнаш стенах олу?

-Хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнаш муха къасто деза?

-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?

ΙV.1амийнарг карладаккхар.

Со,иза,тхоьга,суна,х1орш,уьш,и,кхузара,вайша,вайн,ваьш,со-суо,хьуо,ша,хьох.

-Ц1ерметдешнийн тайпанашка а доькъуш д1аязъде ц1ерметдешнаш.

-Дийца муьлхачу дожарехь лаьтташ ду ц1ерметдешнаш.

Ц1ерметдешнийн тайпанаш

масалш

1

Яххьийн:1-ра юьхь

2-г1а юьхь

3-г1а юьхь

Со,тхо,вай,вайша,тхойша

Хьо ,шу,шуьшшиъ

И,иза,уьш,уьзаш

2

Дерзоран: 1-ра юьхь

2-г1а юьхь

3-г1а юьхь

Суо,со-суо,тхо-тхаьш,вай-ваьш,

Хьуо,хьо-хьуо,шу-шаьш

И-ша,уьш-шаьш

3

Дерзоран-доладерзоран: 1-ра юьхь

2-г1а юьхь

3-г1а юьхь

Сан,тхан,вайн

Хьан,шун

Цуьнан,церан

4

Гайтаран

Х1ара,иза,д1ора,цигара.


5

Къастаман

х1арра,изза,оццул,х1оккхул,муьлхха а,милла а.

6

Къастамза

Хьнех,минех,цхьаверг,цхьаццаверг

7

Дацаран

Х1умма а,цхьа а,адам а.

8

Хаттаран

Мел?маса?х1ун? мила?

9

Юкъаметтигаллин

Х1ун,мила,хьенан

V1.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 265-г1а шардар.

Мила ву яздина ваьлларг?Мила ву боданашкахь верг ца гора.Х1ун боху ахь нана?Нанас х1ун боху ца хаьара.Х1ун боху ахь?Цомгашчо х1ун боху ца кхетара со.Мила ву классехь уггаре а дика доьшуш?Массарна а хаьа, мила ву классехь уггаре дика доьшуш.

V1Ι.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха тайпа ду?

- Ц1ерметдешнаш муха къасто деза?

-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?

-Ц1ерметдош маса тайпа ду?

-Яххьийн ц1ерметдешнаш маса юьхь ю?

-Муьлхачу къамелан дакъош метта лела ц1ерметдош?

Оценкаш д1айохку .

VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 41-г1а§

2.Кхочушде 262-г1а шардар.Шина-кхаа ц1ерметдашна бе морфологически къастам


106-г1а урок.


Урокан ц1е:Хандош а,цуьнан маь1на а.


1алашо:.Хандош билгалдаккха деза къамелан дакъа хиларе терра.

Цо х1ун гойту а,муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло а хаа деза.

Предложенехь хандош сказуеми хуьлий лелий хаар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Фронтальни хаттарш:

-Стенах олу ц1ердош?

-Билгалдашо х1ун гойту?

-Терахьдош стенах олу ?

-Стенах олу ц1ерметдош?

2.Дешнийн диктант.

Ц1ен къолам,ц1ийина шура,сийна папка,б1аьста сенъелира,хьалххе 1аржъелла,можа г1аш,гуьйранна мажделла,ч1ог1а к1айина,к1айн аренаш,1аьржа латта.

-Х1окху цхьаьнакхетаршна юкъара цхьа орам болу дешнаш муьлхха къамелан дакъош ду.Билгалдаха уьш,дешнийн цхьаьнакхетаршна толлам а беш.


ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош:

1.Х1уманан дар я хилар гойтучу къамелан декъахь хандош олу.Цо жопЛОх1ун до?х1ун дан?х1ун хила? Х1ун хуьлу?бохучу а,хенашца хийцадаларца царех схаьдевллачу а хаттаршна.Х1ун дан?яздан,деша,хьажа.Х1ун до?яздо,доьшу,хьожу.Х1ун хила?шелъяла.йохъяла.Х1ун хуьлу? шелло,йохло.

2.Х1окху предложенеш юкъра хандешнашна буха сиз хьакха.

Бераш дахара ц1азамаш даха эвлан йисте.Цаьрца Казбек вара.Ц1азамаш карадора берашна. Ц1еххьана кхоьлира.

-Хандешнашна буха сиз хьакха.Хаттаршх1иттаде.

-Аларан 1алашоне хьаьжжина,муьлха предложенеш ю уьш?

-Хандешнашна хаттарш х1иттаде.


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 272-г1а шардар.

Цхьана предложенина бе синтаксически къастам.

2.Уьна а,тетрадаш т1е а яздеш,кхочушдо 273-г1а шардар.


V.Жам1 дар.

-Х1ун гойту хандашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела иза?Даладе масалш.


Комментировать еш оценкаш д1айохку.


VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 42-г1а§

2.Кхочушде 275-г1а шардар.





107-108-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Хандешан билгалза кеп.


1алашо:.Хаа деза ,хандешан билгалза кеп-иза юьхьанцарчу

хандешан форма юста,цо цхьа а хан билгал ца йой а.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Кхоьру,мала,вог1у,сенло,хила,олу.лаьара,т1екхечира,йоллура,хьалхавелира,эца,кечлора,ган,ван,деша,оьцура,кечвала,хиънера,ваха,ала,хьожур ву,ида,кхехка,1аржъяла,лийхи.

-Муьлха къамелан дакъа дув ай цара?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?

-Массо а хандешнаша билгалйой хан?Билгалза кепан хаттарш:х1ун дан?х1ун хила? эца,ваха,деша,кхехка.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Йоьшу 43-г1а§.

2.Кхочушдо 277-г1а шардар.

3.Цхьана дешдекъах лаьттачу билгалзачу кепан хандешнийн масалш даладо церан чаккхенгахь н яздеш хилар билгал а доккхуш.


V.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 278-г1а шардар.

-Хандешнашна хаттарш а х1иттош буха ши сиз хьакха.


VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.


1.Кхочушдо 279-г1а шардар.Лаьттан бохучу дашна бе дешх1оттаман къастам.

2.Кхочушде 281-г1а шардар.Г1еттира бохучу дашна бе фонетически къастам.


V1Ι.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха кеп ю?

- Хандешан билгалза кеп муха къасто еза?

-Х1ун гойту хандашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела иза?Даладе масалш.


Комментировать еш оценкаш д1айохку.


VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 43-г1а§

2.Кхочушде 380-г1а шардар.4-чу предложенина бе синтаксически къастам.








109-110-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Хандешан билгалзачу кепан нийсаяздар..


1алашо:.Билгалзачу кепан хандешнийн чаккхенгахь –н яздар,

дифтонгаш маца язйо довзийтар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.Даладойту масалш.


ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 284-г1а шардар.

-Муха яздо цхьана дешдекъах лаьтта билгалзачу кепан хандешнаш?


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.


1.Дешархошка йоьшуьйту 44-г1а §.

2.Билгалзачу кепан хандешнийн суффиксаш тетрадаш т1е д1аязйойту.Масалш даладойту.

3.Нийсаяздаран бакъонаш кхин цкъа а билгалйоху.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 295-г1а шардар.

-Дийца, муха яздо цхьана дешдекъах лаьттачу билгалзачу кепан хандешнаш.Шардар т1ехь дуй уьш?

-1алашдан,сагатдан,сада1а,лахка,ч1аг1бан бохучу дешнийн чаккхенгахь –н яздой?Х1унда?


2.Бакъонца ца дог1у дош д1адаккха

.а)ала, хадо,сацо,ган;

.б)сецира,элира,ведира,вог1у;

.в)бан,ван,дан.аха.


VΙ.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха кеп ю?

- Хандешан билгалза кеп муха къасто еза?

-Х1ун гойту хандашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела иза? Даладе масалш.


Комментировать еш оценкаш д1айохку.


V1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 44-г1а§

2.Кхочушде 296-г1а шардар.













111-г1а урок.


Урокан ц1е:Талламан диктант.«1умхин накъост.»


1алашо: 1амийнарг карладаккхар.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Хьехархочо текст йоьшу, ца кхеташ долу дешнаш уьн т1е д1аяздо.

ΙΙΙТекст аларца д1аязъяр.

Боккха аьтту хетара 1умхина ша зайндица цхьаьна нисвелла.Зайндица атта ду.Цунна шера оьрсийн мотт хаьа.Дика накъост а ву.Осал вац.Борз санна,майра ву.Дуккха а х1уманаш хууш ву:иллеш,дийцарш,хилларш.

Ткъа наггахь кадаьллачохь уьш дуьйцу цо 1умхина.Х1ара-м,г1амаро хи санна,Зайндин къамелан массо а дош д1ахудуш 1а,Ширчу иллеша,дайшца нисделчара ц1а а вуьгу х1ара.Хьалха х1уьтту лаьмнаш,юрт,юьртахой.Дайн кхерчан ойланаш еттало ойланех.

-Зайнди вацахьара-м ас х1ун дийр дара…-И ойланаш еш окопа чохь 1ачу 1умхина т1ех1утту Борис.

-Маршалла хьоьга,ламанан леча,-олий,кхунна улло охьалахло.Оьрсийн мотт ца хуучу 1умхина ца хаьа,Зайнди уллохь ца хилча,Борисо х1ун дуьйцу.

ΙV.Грамматически т1едиллар.

1.Хандешнашна буха сиз хьакха.

2.Шина предложенина бе синтаксически къастам.

Кхин цкъа а йоьшу тетрадаш схьалахьдо.


V.Ц1ахь бан болх.

1.Бакъонаш карлаяха.
































112-г1а урок.


Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.


1алашо:Г1алаташ бакъонашца нисдар.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Г1алаташ т1ехь болх.(Хьех.дош:Дика а, вон а бина белхаш.)


ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 283-г1а шардар.

2.Кхочушдо 281-г1а шардар.

.а)Хандешан хенашкара билгалзачу кепе даха хандешнаш хаттарш а х1иттош.

.б)Билгалзачу кепера карарчу хене х1иттаде хандешнаш.

.в)Цхьана дашна бе фонетически къастам.


ΙV.Бакъонаш карлайоху.

Хаттарш:

-Х1ун гойту хандашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела иза?Даладе масалш.

-Стенах олу билгалза кеп?

-Билгалзачу кепан х1ун хаттарш ду?

-Билгалзачу кепехь меран аз н маца яздо?

V.Дешархошка шайга болх байтар.

Х1ара предложенеш язйо дешархоша уьн т1ера схьа.


Со селхана школе вахара.Ас селхана школехь пхиъ даьккхира.Со хьехархочо хастийра.Нанас суна аьлбом ийцира. Со а,сан йиша а хьошалг1а дахара.Сан йишас дика доьшу.Йоза хаза леладо цо.


-Хандешнашна буха сиз хьакха ,хаттарш х1иттаде.


VΙ.Жам1 дар.

Диктантехь яьхна оценкаш д1а а йохкуш, дика а, вон а бина белхаш билгалдоху.


Оценкаш д1айохку.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Хандош карладаккха.

2.Кхочушде 283-г1а шардар.
















113-114-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Хандешан хенаш.Карара хан.


1алашо:.Хандешан хан билгалъяккха хаар.

Билгалдаьхна хандешнаш карарчу хене х1итто 1амар.

Хандешан коьрта кхо хан йовзийтар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.


1.Фронтальни хаттар:

-Муьлха къамелан дакъош девза шу?Дийца уьш.

-Х1инца вай 1амош долчу къамелан декъан ц1е х1ун ю?(хандош)

-Стенах олу хандош?

-Билгалза кеп стенах олу?


2.Дешнийн диктант.

Юьрта воьду,ган лаьа,деша воьду,дика яздо,сиха дуьйцу,ван мега,яздан деза,ала,вахара,вала веза.

-Х1ара дешнийн цхьаьнакхетаршна бе къастам.

-Коьрта а,дозуш а долу дешнаш хаттарш а х1иттош схьакъастаде.


ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязйо кеп:

Хандешан хан

Х1ун гойту,хаттарш

масалш

Чаккхенаш хуьлу.

1.Карара хан

Х1уманан дар я хилар къамел дечу хенахь

Кхочушхилар гойту.Х1ун до?

Х1ун хуьлу?

Охку,кхоьху,сихло,

лоь,вов,лов,лиэ,хеза

-у,-о,-оь,-ов,-а,-е.

-Муьлха хан ю кепахь гойтуш ерг?

-Х1ун гойту цо?Муьлхачу хаттаршна жоп ло?

-Масалш д1адеша,чаккхенаш билгалъяха.Муха ю уьш?

-Оцу кепа чу язде кхин а масалш.


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 291-г1а шардар.

2.Кхочушдойту уьн т1ехь карарчу хенан хандешнашна буха сиз а хьокхуш.

3.Д1аязъе предложенеш,карарчу хенан хандешнийн чаккхенаш нийсаязъяран бакъонаш йийца.

Делкъенахьмангалхоша садо1у.И дов стенна т1ехула доладелира суна х1инца дицделла.Амма цхьа х1ума дагадог1у суна.

-Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къастам.


V.Жам1 дар.

-Стенах олу хандош?

-Билгалза кеп стенах олу?

-Муха хуьлу хандешан карара хан?


Комментировать еш оценкаш д1айохку.


VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 45-г1а§.

2.Кхочушде 294-г1а шардар.



115-116-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Хандешан яхана хан.


1алашо:.Х1ун гойту хандешан яханчу хено хаар а,

цуьнан пхи кеп йовзар а.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина карарчу ханна хаттарш х1иттадо.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.Даладойту масалш.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.


1.Иза,х1ара,пхиъ,со,к1ант,яздан,ваша,можа,диг,сийна,1уьйре,шиъ,шишша,муьста,мотт,хан,аьхке.

-Оцу дешнашна хаттарш х1иттаде.

-Къамелан дакъош билгалдаха.

2.Легаде со,ваша,сийна,пхиъ боху дешнаш.Чаккхенаш билгалъяха.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Барта кхочушдо 296-г1а шардар.

2.Хьехархочо берашна хоуьйту:«Яханчу хенан хандешнашна дар я хилар къамел дечу хенал хьалха хилар гойту.Масала:вахийти,вахийтира,вахийтина,вахийтинера,вохуьйтура.»

3.Дешархошка йоьшуьйту 46-г1а§.

-Маса кепехь хуьлу яханчу хенан хандешнаш?

-Х1ун дин?Х1ун хили?бохучу хаттаршна муьлхачу яханчу хенан хандешнаша жоп ло ?Даладе масалш.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 298-г1а шардар.Охьахиира,д1аваха,д1авоьдура бохучу дешнашна ялае антонимаш,дешх1оттаман къастам бе царех цхьанна.

2.Кхочушде 302-г1а шардар.Шаьш хийинчу массо а яханчу хенийн хандешнийн чаккхенаш билгалъяха сизашца.Кхосса бохучу дашна бе фонетически къастам.


VΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 299-г1а шардар.

-Яханчу хенашна буха сиз а хьокхуш билгалдоху.

2.Дешнийн цхьанакхетарш х1иттадо10-15


VΙΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу яхана хан?

-Яханчу хенан маса хан ю?

-Хаттарш дийца яханчу хенан.


Комментировать еш оценкаш д1айохку.


VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 46-г1а§.

2.Кхочушде 300-г1а шардар.6-чу предложенина бе синтаксически къастам.









117-г1а урок.

Урокан ц1е:Яханчу хенан хандешнийн чаккхенаш нийсаязъяр.

1алашо:.Х1ора кепана чудог1учу хандешан чаккхе муха ю хаар.

Цхьаьна хенера хандош вукху хене доккха хаар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина карарчу ханна хаттарш х1иттадо.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.Даладойту масалш.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Кхочушдо 297-г1а шардар.Яханчу хенан хандешнаш муха кхолладелла дийца.Церан чаккхенаш билгалъяха.

2.Кхочушде 299-г1а шардар.9-чу предложенина бе синтаксически къастам.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош.

Яханчу хенан хандешан кепаш:

Церан хаттарш

Орамера хийцало аьзнаш

Т1екхеташ йолу чаккхенаш

Масалш:

1.Х1инца яхана хан

Х1ун дин?

Х1ун хили?

а//е

а-аь

-и,-ий

Вада-веди,хьаьжи, саций

2.Гуш яхан хан

Х1ун дира?

Х1ун хилира?


Х1инцца яхана хенанан хандешнашна т1е -ра кхетарца

Лехи,лехира,вахара

3.Яхана яьлла хан

Х1ун дина? Х1ун хилла?

Орамара мукъаза аз шалха долу:т//тт, л//лл,д//дд

Яханчу хенан хандашна т1е –на кхетарца.

Хаьтти-хаьттина,эли-аьлла

4.Хьалха яхана хан

Х1ун динера? Х1ун хиллера?

Яхана яьллачу

Яхана яьллачу хандешан чаккхенгахь а д1адолу –ера х1утту.

Хезнера,гайтинера

5.Яхана ялаза хан

Х1ун дора?

Х1ун хуьлура?



Карарчу хенан хандешнашна т1е –а кхетарца

Кхочура,хьокхура,оьцура

V.Дешнийн диктант.

Веди,кхечи,хьаьжи,сеци,лехира,вахара,хаьттира,аьлла,ведда,хезнера,дешнера,гатинера,кхочура,

хьокхура,оьцура,толлура,гира.

-Хандешнаш шай-шайн хенашка,х1иттаде,хаттарш,д1анисде.

VΙ.Керла дешнаш довзийтар.

Хевсур-гуьржехера къам.

Хьекхорг-1аь1на доккха г1а.

Хьаьхьамч-х1ума вовшах латон г1ирс.

VΙΙ.Жам1 дар.

-Таханлерачу урок ц1е х1ун ю?

-Маса хан ю яханчу хенан?

-Дийца церан хаттарш.

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 47-г1а§.

2.Кхочушде 305-г1а шардар.


118-г1а урок.

Урокан ц1е:Сочинени«Сан доттаг1чун ц1а.»


1алашо:Дозуш долу къамел кхиорна.Чолхе план х1отто хаар а,1аламан сурт х1отто 1амор а.

Йоца а,яьржина а йолчу сочиненина оьшуш йолу коьчал гулъяр цхьана кепе ялор.

Г1ишлонах бинчу тидамийн а,суртх1отторан а бух т1ехь дийцар кхоллар.

Шен текстан чулацам а,меттан говзалла а шаръеш,тоеш кхочушъяр,ша хаьржинчу ц1арна . сочинени язъяр.Предложенеш нийса вовшах таса хаар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Хьехархочо йоьшу сочинени«Сан доттаг1чун ц1а.» ц1е йолу :

1. Со 6-чу классехь доьшуш ву.Ткъа сан доттаг1 Лема уьссалг1ачохь ву.Иза сол воккха велахь а, тхойшинан дов ца долу.Лоьмас, со жима велахь а, соьца къамел воккхачуьнца санна до.

Цкъа а цаьргахь ц1ахь хилла вацара со.Амма вахча, цец а ваьллера-кх.

Итт-цхьайтта сахьт даьлла хан яра иза.Лема раг1у к1елахь хьозанна бен беш воллура.Массо а оьшу х1ума ишкап чохь д1анисйина яра:воттана,херхаш,дагарш,ж1аьвнаш,хьостамий,клей… .Кхин а дуккха а г1ирсаш.Иза ваьлча,тхойшиъ чувахара.

Йоккхачу,ехачу сенийна аьтту аг1ор цуьнан шен жима чоь яра, доккха кор а долуш.Чукхеттачу малхо массо х1ума къагийнера:книгаш т1ехь лаьтта полканаш а,пенна а,тхевнна а т1еч1аг1йина спортивни снарядаш,стоьлана а,полканаш т1ехь а мог1араллехь нисйисна охьаехкина книгаш,тетрадаш,справочникаш,дошамаш.Корана аьтту аг1ора лаьттара диван,цунна уллохь тумбочкина т1ехь яра телефон,магнитофон, дуккха а кассеташ а.Диван т1ехула тоьхна суна ца гина 1аламах лаьцна доккха сурт а дара,календарь а яра.

Не1арна аьрру аг1ор журнальни столик т1ехь компьютеряра.Суна-м иза телевизор ю моьттура.Лаьттахь боккха куз бара.Кхин цхьа г1ант бен,чохь х1умма а дацара.

Суна оьшу книга сиха карийра Лоьмина.Т1аккха цхьана минотана араваьлла,чувеара иза.Цуьнан карахь долчу шуьнахь яах1ума яра.Х1ума юуш цхьажимма 1ийра тхойшиъ,вист а хуьлуш,эшаршка ла а дуг1уш.Амма суна гора,доттаг1чо цхьана х1уманна гатден са.Суна дагабеара цо беш хилла хьозана бен.Тхойшинна а дан г1уллакх карийра иза д1атухуш.

Ц1а вог1учу хенахь ч1аг1о йира ас:сайн ц1а чохь а ца йита оьшуш йоцу х1уманаш.Ч1ог1а лаьара суна Лоьмин санна чоь кечъян а,цунна санна массо х1ума дан хаа а!

2.-Х1инца массара а ойла ей, дагалаца,шаьш сочинени муьлхачу х1усамах язйийр яра алий.

-Оцу х1усамах лаьцна дийца а мегар ду х1окху хаттаршна жоп луш:

-Хьенан ю и х1усам?

-Йоккхо сирла,жима 1аьржа?

-Хьайна муха хийтира дийца?

-Шен чохь муха 1ан веза?

ΙΙΙ.Хьехархочо дешархошца план кечйо.

ПЛАН:

1.Мичхьа яра чоь?

2.Доллучу т1ехь дешархочунна аьтту болу чоь:

.а)могушалла а,нуьцкъалла а,лакхаяккхаран г1ирсаш:

.б)дешаран литература;

.в)оьшу йийбар,кечдина пенаш,ц1енкъа;

.г)технически г1ирсаш.

3.Мел пайдехь ду иштта чоь г1уллакхан хилар.


ΙV.Оцу хаттаршна жоьпаш луш д1аязйо дешархоша сочинени,дуьххьар листокаш т1ехь язйо,шайн предложенеш вовшах нийса а тосуш г1алаташ нисдо.


V.Ц1ахь бан болх.


1амийнарг карладаккхар.





119-120-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Хандешан йог1у хан.


1алашо:.Х1ун гойту хандешан йог1учу хено хаар а,

цуьнан ши кеп йовзар а.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Сочинени йийцаре яр.

Сочинени язъяран белхаш муха язбина бовзийтар.


ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Дешнийн диктант.

Сий,яхь,хорсам,к1ац,седа.хьонка,ц1озк1ади.х1аваъ,моз,чуьйраш,т1о,ха,к1ора,эхь,з1аьнарш,налха.

-Билгалдаккха,шина а терахьехь лелий и ц1ердешнаш.

-Уьш юкъа а далош,х1иттаде дешнийн цхьаьнакхетарш;толлам бе царна.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Д1аеша 49-г1а§.

-Маса кеп ю хандешан йог1учу хенан?

-Х1ун гойту, муьлхачу хаттаршна жоп ло хьалхарчу кепа чу дог1учу хандешнаша?

2.Д1аеша 306-чу шардар т1ера предложенеш.Дийца,муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло билгалдаьхначу хандешнаша?

-Вай 1амийна юй оцу хандешнийн хан?

-Тидам бе,т1ейог1учу хенахь кхочушхиндолу я хила мега дар я хилар гойтий шардар т1ехь билгалдаьхначу хандешнаша?Даладе масалш

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 308-г1а шардар.

2.Х1ара хандешнаш д1анисде кхаа декъе шайн хенашка хьаьжжина:карара хан,яхана хан,йог1у хан.


Хьожу,элира,яздина,кхаьбна,лехнера,олура,вог1ур ву,довдур ду,аьлла,сетта,хиънера, диънера, дуьйцура,хьовсур,ловзу,левзу,левзира,саций,вахара,ведда,вайнера,вовр ву,дуьйцура,дуьйцу,хьаьдда,висна,вуьсур ву,ехар ю.


VΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 304-г1а шардар.

-Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къастам.

-Яханчу хенан хандешнийн чаккхенаш билгалъяха;дийца,муха кхолладелла уьш.

2.Дешнийн цхьанакхетарш х1иттадо10-15


VΙΙ.Жам1 дар.

- Йог1учу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Яханчу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Хаттарш дийца йог1учу хенан.


Комментировать еш оценкаш д1айохку.


VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 49-г1а§.

2.Кхочушде 310-г1а шардар.





121-122-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Йог1учу хенан хандешнаш нийсаяздар.


1алашо:Хаа деза,йог1учу хенан хандешнаш нийсаяздаран бакъонаш.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту. Даладойту масалш.


ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Дешнийн диктант.

Воьду,доьшур,доьшур ду,хазло,вада,г1ур ву,ваха,саца,сеци,аьллера,дийцина,яздинера,йоьттинера,эшира,хаьржи,хьоьжура,соцур ву,соьцура,гира,ведира,аьллера,уллр,хьожур.

-Уьш шайн хенашка а дерзош,хаттар х1оттош д1аяздо.

2.Легаде х1ара дешнаш,чаккхенаш схьакъастае.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьн т1ехь хьалххе яздина:

1.Йог1у хан-до,во,бо,йо-чаккхенгара о хила мегачу хенахь е-не,хинйолчу хенан ий-не доьрзу.

Йо-ер,йийр ю,марзво-марзвер,марзвер ву.

-До,ло,во,бо боху хандешнаш а,церан г1оьнца кхолладелла карарчу хенан хандешнаш а йог1учу хене муха доху дийца.

2.Йог1учу хене дохуш—карарчу хенахь чаккхенга ло х1уттуш долу а,цхьана дешдекъах лаьтта а хандешнийн чаккхенгара о-у,оь-уь-не доьрзу:хазло-хазлур-хазлур ду,зоь-зуьр-зуьйр ду.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 315-г1а шардар.Дийца , муха кхолладелла йог1учу хенан хандешнаш.

2.Кхочушдо 316-г1а шардар.

-Массийтта маь1на долу хандешнаш дуй кхузахь?

-Дийца кечло бохучу дешан лексически маь1на,иза юкъахь долуш предложенеш х1иттае.



VΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 317-г1а шардар.


VΙΙ.Жам1 дар.

- Йог1учу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Яханчу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Хаттарш дийца йог1учу хенан.

-Хандешан коьрта маса хан ю?


Комментировать еш оценкаш д1айохку.


VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 50-г1а§.

2.Кхочушде 317-г1а шардар.







123-124-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Хандешнийн цхьаллин а,дукхазаллин а кепаш.


1алашо:Хаа деза ,муха хуьлу хандешан цхьаллин а,дукхазаллин а кепаш.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту. Даладойту масалш.


ΙΙΙ. 1амийнарг карладаккхар.

  1. Д1аязде дешнашца:1,3,11,13,18,19,22,314,517,100-г1а,1000.


  1. 1.Стенах олу хандош?Цо х1ун гойту?

2.Коьрта маса хан ю хандешан?

3.Яханчу хенан маса кеп ю?

4.Йог1учу хандешан маса кеп?

5.Предложенехь муьлха меже хуьлий лела хандош?


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Д1аязде хандешнаш,дийца,х1ун гойту хьалхарчу хандашо.Шолг1ачо?

Хьехо-хьоьху,ловза-ловзу,кхаба-кхобу,вог1у-оьху,го-гора,дийца-дуьйцура,лен-лоьра,лийча-луьйчу,къийса-къуьйсу,лаха-лоьху.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 318-319-г1ий шардарш.

2.Кхеторан диктант.


Мехаш кху б1аьста цхьа къаьсттина ч1ог1а хьоькхура Дадалов Азамата д1адиллинчу корах чуиккхинчу мохо стол т1ера чан г1аьттира,кехаташ довдийра.Кабинет попан а,бецан а хьожанех юьзнера.Д1о корал арахь,туьнкалгаш т1ехула хьерчаш,керчаш беший д1аболура к1ур.Цул дехьа,орцан акъарийн басеш денйина,жа лелара,ткъа цу лекхачу мокхазан басеш т1ехь жа1у лаьттара.

-Хандешнийн хенаш билгалъяха.

-3-чу предложенина бе синтаксически къастам.


VΙ.Жам1 дар.

-Цхьаллин кепо а, дукхазаллин кепо а х1ун гойту?

-Массо а хенашкахь лелий и ши кеп?

-Дукхазаллин кепах муха кхета шу?


Комментировать еш оценкаш д1айохку.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 51-г1а§.

2.Кхочушде 320-г1а шардар.












125-126-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Цхьадолчу хандешнийн терахьашца а,классашца а хийцадалар.


1алашо: Хаа деза,цхьадолу хандешнаш терахьашца а,классашца а хийцалуш хилар.

Барта а,йозанан а къамелехь хандашах нийса пайда эца а, церан хенаш билгалъяха а хаар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Ган,дан,лан,доьшу,веха,сихло,х1утту,кхуьйсу,йолаелира,гучуйовлу,сакъерало,яздер,вог1ур ву,дити,веа,эли,кхоьсси,хьаьжи.

-Марсадуьйлу бохучу дешан дийца лексически маь1на.Х1оттае цунна дошаман статья.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1)Цхьадолу хандешнаш,шайца уьйр йолчу ц1ердешнашка хьожжий,классашца а,

терахьашца а хийцало:к1ант вог1у,йо1 йог1у,стаг вог1у,бер дог1у;говр едира-говраш-евдира.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 322-г1а шардар.

-Классашца а,терахьашца а хийцинарш билгалдоху.

2.Кхочушде 323-г1а шардар.


VΙ.Дозуш долу къамел кхиорна.

1.Х1оттабе жима хаам, х1ара ц1е а йолуш:«Вайн школера керланаш» Пенан газета т1е тоха я школьни радио чухула дийца.

-Хаамна юкъа даладе хандешнаш.

2.Муха кечбо иштта хаам?

Хьалхара ,массаьрга ладог1ийта,хаьржина дешнаш хила деза«Ладог1алаш,ладог1алаш.ладог1алаш! Х1инца ца хазахь,цкъа а хезар дац шуна цхьа тамашийна х1ума!»

Шолг1а,д1аболо беза хаамаш ч1ог1а тидаме ладуг1уьйту дешнаш олу:«Тахана школе хьаша вог1у.Мила ву-берийн дика доттаг1а ву!Вон ма лела.Дика 1амаде!Уггар дика класс телевизор чохь гойтур ю!

Массо а кечло ,урокехь болх бе ,охьа мадийша!Сема хила!»

Кхоалг1а, хаам беш долу х1ума массарна пайденна хила деза.

Доьалг1а,дуьйцуш дерг ч1ог1а доца,боккха чулацам болуш,дика олуш хила деза.

3.Шайна хуучу кепара хаамаш х1иттабе.

VΙΙ.Жам1 дар.

-Тахана вай 1амийначу урокан ц1е х1ун ю?

-Муха кхийти шу цунах?

-Классашца хийцадалар стенах олу?


Комментировать еш оценкаш д1айохку.


VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 52-г1а§.

2.Кхочушде 325-г1а шардар.



128-г1а урок.


Урокан ц1е:Хандашах 1амийнарг карладаккхар.


1алашо:Хандашах 1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.Хандашах 1амийнарг карладоккху учебник т1ерачу хаттаршна жоьпаш а луш,масалш а далош.

ΙV.Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь:

1-ра кеп:

2-г1а кеп:

1.Кхочушде 327-г1а шардар.

2.331-чу шардарна т1ера хьалхара 5 хандош, хаттарш а х1иттош,массо а хенаш а хуьйцуш, д1аязде.

3.Стеган дахарехь тайп-тайпана нисло ц1еран дийнаташ довзар а,цаьрца доттаг1алла тасадалар а.

-Предложенина бе синтаксически къастам.

-Доттаг1алла бохучу дашна ялае синоним.

-Цаьрца бохучу дашна бе морфологически къастам

1.Кхочушде 329-г1а шардар.

2.331-чу шардар т1ера т1аьххьара 5 хандош,хаттарш а х1иттош,массо а хенахь д1аязде.

3.Г1аш дегош хьоькхура гуьйренан шийла мох.

-Предложенина бе синтаксически къастам.

-Шийла бохучу дашна ялае антоним.

-Гуьйренан мох бохучу дешнийн цхьаьнакхетар т1ерачу дешнашна бе морфологически къастам.

V.Хьалххе-хаийтаран диктант.

Тамашийна хуьлу Дег1астан 1аьнан т1аххьара мур.Цуьнан аматаш цадевзарг атта 1ехор ву цо. Цхьадолу денош хуьлу б1аьстенан денош санна довха.Ишттачу деношкахь малх а хуьлу,б1аьста санна,доллу х1ума серла а доккхий.Цуьнан йовхачу з1аьнарша массо а садолчу х1уман са парг1ат а доккху, церан са а къерадолуьйту.Иштта денош даьхкича,дукхах болчу х1усам-наноша эсий к1аранаш чуьра уьйт1а а дохий, уьш уьйт1ахула уьдуьйту.Кегий бераш а хуьлу, царех ч1ог1а самукъадолий,царна т1аьхьадевдда лелаш. (М.Юнусов)

-Оьшучу интонацица д1аеша дийцаран кийсак.

-Муха ду авторо 1аьнан т1аьххьарчу денойн х1оттийна сурт?

-Хандешнийн хан,терахь,класс билгалъяккха.Дийца,муха кхоллало карарчу хенан хандешнаш?

-Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къастам.Схема х1оттае цунна.

-Сказуеми муьлха къамелан дакъа ду?

-4-чу предложени т1ерачу ц1ерметдешнашна бе синтаксически къастам.

VΙ.Гайтаран диктант.

Мотт

Вайн мотт бу 1аламал ч1ог1а,

Хьекъале цо йоьг1на лард.

Доккху цо къайленин дог1а,

Къаьмнашлахь цо кхуллу барт.


Халкъашна цкъа бакъдерг кховдош,

Цкъа делхош харцонан дерз,

Ду иза-бакъдолчун шовда,

Ду иза- къинойна а герз.(М.Сулаев.)

-Вай 1амийнчарех муьлха орфограммаш ю байташ т1ехь?Билгалъяха уьш.

-Дагахь 1амае байташ, цул т1аьхьа д1аязъе.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Хандешах 1амийнарг карладаккха.Талламан диктантана кечам бе.

2.Кхочушде 334-г1а шардар.




128-г1а урок.


Урокан ц1е:Талламан диктант.«Шемал.»


1алашо: 1амийнарг карладаккхар.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Хьехархочо текст йоьшу, ца кхеташ долу дешнаш уьн т1е д1аяздо.

ΙΙΙТекст аларца д1аязъяр.

Эзар барх1 б1е шовзткъе барх1алг1ачу шарахь йолхитталг1ачу июлехь Шела улло гулбира Шемала Нохчийн наибаш а,1еламнах а. Итт де хьалха Шуьйта а гулбинера цо уьш.Йохийна, ягийна,ерзина яьхначу хьаннаш юккъехь,шуьйрачу арахь тийна д1ах1иттина лаьтта нохчийн эскарш.Имамна т1евеанчу нохчийн коьртачу наиба шелахойн Т1елхига кхуза муьлха наибаш баьхкина а,цаьрца мел б1аьхой бу а дийцира цунна доцца.Шемала б1аьрг туьйхира б1аьхошка.Дуккха а т1емашкахь зийначу,х1оккху Шемалх дуьненахь а ц1е яхана турпалхо винчу нохчийн хьалхалерачу майрачу гвардех бисина цхьа кана т1емалой.Царна хьалха лаьттара ц1арна а ц1е яхана шелахойн Т1елхаг, шотойн Ботукъ а, гиххойн Сайдулла,бенойн Бойсг1ар,аьккхойн Гойтмар,гендаргенойн 1иса кхин болу г1арабевлла наибаш а.

-Ладог1ал,майра нохчий,-мохь туьйхира Шемала.

Аре д1алаьцна долчу эскаро тапъаьлла ладуьйг1ира.

Грамматически т1едиллар.

1)Хандешнашна буха сиз хьакха.

2)Шолг1ачу предложенина бе синтаксически къастам


ΙΙΙ.Жам1 дар

Кхин цкъа а йоьшу тет радаш схьалахьдо.


ΙV.Ц1ахь бан болх

Хандешнех лаьцна карладаккхар.



























129-г1а урок.


Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.


1алашо:Г1алаташ бакъонашца нисдар.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Г1алаташ т1ехь болх.(Хьех.дош:Дика а, вон а бина белхаш.)


ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 333-г1а шардар.

2.Кхочушдо 335-г1а шардар.

.а)Хандешан хенашкара билгалзачу кепе даха хандешнаш хаттарш а х1иттош.

.б)Билгалзачу кепера карарчу хене х1иттаде хандешнаш.

.в)Цхьана дашна бе фонетически къастам.


ΙV.Бакъонаш карлайоху.

Хаттарш:

-Х1ун гойту хандашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела иза?Даладе масалш.

-Стенах олу билгалза кеп?

-Билгалзачу кепан х1ун хаттарш ду?

-Билгалзачу кепехь меран аз н маца яздо?

V.Дешархошка шайга болх байтар.

Х1ара предложенеш язйо дешархоша уьн т1ера схьа.

Дикка хало лов зударша буракашна асар дечу меттехь хи доцуш .Дуккха а хан йов церан генна и хи дан оьхуш.„Шовда дара гена доццуш,ˮ - олу Яхьъяс. Т1аккха вов, шега дина декхарш кхочушдан йиш а ца х1уттуш. Атта дац дайна д1адаьлла шовда юха каро. Иза лардан дезаш хиллера массара а.


-Хандешнашна буха сиз хьакха ,хаттарш х1иттаде.


VΙ.Жам1 дар.

Диктантехь яьхна оценкаш д1а а йохкуш, дика а, вон а бина белхаш билгалдоху.


Оценкаш д1айохку.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Хандош карладаккха.

2.Кхочушде 334-г1а шардар.
















130-г1а урок.


Урокан ц1е:Билгалдош, цуьнан синтаксически г1уллакх.


1алашо: Билгалдашах 1амийнарг карладаккхар.

Къамелехь билгалдешнех нийса пайда эца хаар к1аргдар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

Хандашах 1амийнарг карладоккху учебник т1ерачу хаттаршна жоьпаш а луш,масалш а далош.


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1даран шардарш.

1.Барта кхочушде 335-г1а шардар.

2.Кхочушде 336-г1а шардар.

-Стенах олу лаамаза билгалдош?Лааме?Муха хийцало уьш?

3.Легаде к1айн кхокха,к1айниг боху дешнаш.Чаккхенаш сизашца билгалъяха.

4.Т1ехдаларан дарж кхуллуш долу дешнаш дог1учохь улло язде билгалдешнашна(сов, т1ех,вуно, 1аламат,инзаре,уггаре а.)


1аьржа тиша

яккхий декъаза

генара гергара

сонта сийна

къен шийла

къона тийна

5.Билгалдаха билгалдешан тайпанаш(къовларшна юкъахь):

Дарин бос,г1алара кхаъ,кибарчиган ц1енош,эсийн ж1уганаш,куьзган б1аьрг,1ожан 1индаг1,Адаман говр, хьуьнан ц1азам,болатан тур,ненан безам,цхьогалан лар,чанан бен,берийн беш,башха йо1.

V.Комментированни яздар.

Ч1ог1а хаза еара оцу дийнан 1уьйре.Май беттан байчу,мелачу мохо хьоьстура юьхь а,корта а.

Нускалан духар дуьйхича санна лаьттара ураман шина а аг1ор, дайн г1аш а дегош,гуш долу стоьмийн дитташ .Мел чуийзарх кийра ца 1ебаш,ц1ена а,дайн а дара х1аваъ.Цхьа тамашийна исбаьхьа мукъам бекара даг чохь.Цхьацца долчу ков-керташца уллохь гучу бархат санна к1едачу,семсачу бацахула керча лаьара.(М.Мусаев)

-Шолг1ачу предложенина бе синтаксически къастам.

-Предложенин муьлха меженаш ю билгалдешнаш?

-Муха кхолладелла дийцаран кийсак т1ера билгалдешнаш?


VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

Къамелехь билгалдешнех-синонимех пайда эца хаар доккха маь1на долуш ду.Синонимаша мотт бийцар тодо,х1уманан тайп-тайпана аг1онаш,амалш гайта таро хуьлуьйту;цхьанатайпана дешнаш къамелехь далорах ларво.

-Маса,чехка,сиха,каде,т1ах-аьлла,х1айт-аьлла;г1иллакхе,к1еда-мерза;товш-безамехь бохучу синонимашца предложенеш а х1иттош,д1аязъе.Г1иллакхе бохучу дашна бе фонетически къастам.



VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Хандош карладаккха.

2.Хандош юкъахь долуш 6 предложенеш язъе.


131-г1а урок.


Урокан ц1е:Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.


1алашо:Терахьдашах 1амийнарг карладаккхар.

Лаамечу масаллин а, рог1аллин а терахьдешнийн дожарийн чаккхенаш нийса ала хаар.


Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш скъастадо.

2.Фронтальни хаттарш:

-Стенах олу билгалдош?

-Маса тайпа ду билгалдешан?

-Лааме а, лаамаза билгалдешанш муха лела?

-Дожаршца а, терахьашца а, классашца а хийцалой билгалдешанш?

-Цхьалхе а,чолхе а,х1оттаман а хуьлий терахьдешнаш?


ΙΙΙ.Терахьдашах 1амийнарг карладаккхар.


Терахьдош къамелан дакъа ду, цо терахь билгалдо маса? масалг1а? бохучу хаттаршна жоп ло.Терахьдешан 10 тайпа ду.Уьш лааме а, лаамаза хуьлу.Дожаршца а,классашца а хийцало.

1.Билгалдаха терахьдешнийн тайпа: кхоъ,цхьайтта,ткъолг1а,пхиппа,ялх-ялх,итт-цхьайтта,ворх1е а,ший а,эзар,ворх1-уьссалг1а,шиъ-кхоалг1а.

2.Легаде барх1 сахьт, дейтта кор.

-Терахьдешнийн чаккхенаш билгалъяха.


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 338-г1а шардар.

2.Кхочушде 340-г1а шардар.

-Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнашна буха сиз хьакха.

3.Терахьдешнаш юкъах адолуш 10 дешнийн цхьанакхетарш язъе.


VΙ.Жам1 дар.

-Терахьдош стенах олу?

-Терахьдешнийн маса тайпа ду?

-Лаамаза а, лааме а хуьлий терахьдешнаш?

Комментировать еш оценкаш д1айохку.



VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.§§13-24 –г1ий карлаяха.

2.Кхочушде 342-г1а шардар.













132-г1а урок.


Урокан ц1е:Доладерзоран,дерзоран-доладеозоран,гайтаран,хаттаран,юкъаметтигаллин ц1ерметдешнаш.


1алашо:Ц1ерметдашах 1амийнарг карладаккхар.

Къамелехь тайп-тайпанчу ц1ерметдешнех а, церан дожарийн чаккхенех а нийса пайда эца

хаар к1аргдар.

Урок д1аяхьар.


Ι.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка дуьйцуьйту терахьдашах лаьцна 1амийнарг, хаттарш а х1иттош.

2.Доьшуьйту 339-чу шардар т1ера рог1аллин терахьдешнаш.

-Царалахь билгалдаьхна х1оттаман а,чолхе а терахьдешнаш муьлхарш ду?

ΙΙΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархоша жоьпаш ло учебник т1ехь 1амийнарг карладаккхарна деллачу 7-чуй,10-чуй хаттаршна.

2.Кхочушдо 344-г1а шардар.

3.Кхочушдо 343-г1а шардар.

-Дийца,х1ун башхалло хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнашна юкъахь?

-Шина ц1ерметдашна бе морфологически къастам.

ΙV.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Легаде со-су0,уьш-шаьш,сайниг,цуьннаш боху ц1ерметдешнаш.Билгалъяха церан дожарийн чаккхенаш.

2.Тхо-тхаьш,хьо-хьуо,шуьниг,тхайниг боху ц1ерметдешнаш юкъа а далош,предложенеш х1иттае.

-Предложенин муьлха меженаш хуьлий лела и ц1ерметдешанш?

V.Гайтаран диктант.

ДОЗАНХО.

Даймехкан малх,ирс,маршо,

Сой ,сан мамий,вай массо,

Тхан школа,хьоме беш-

Вайн берриге а мохк ларбеш

Ву сан ваша дозанхо.

Дерриг цунна хеза ,го.

Т1аккха парг1ат 1уьллу со,

Мерза набъеш,сайн меттакхь.(Ж.Махмаев)

-Оьшучу интонацица д1аеша байташ.

-Муьлха ц1ерметдешнаш далийна авторо байташ т1ехь?

-Муха тобина цара байтин чулацам?Дика кхетий вай цунна ала луучух?

-Билгалдаха оцу ц1ерметдешнийн дожарш, йийца церан нийсаяздаран бакъонаш.


VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

Дешархошка кехат яздойту шайн гергарчаьрга(дедега,денене,девеше,дейише,кхечаьрга а), шаьш аьхкенан денош цаьргахь даха дагахь хиларх лаьцна.

Кехат яздаран кеп берашка хьалха а йийцина.

Т1едиллар:Шаьш яздечу кехатна юкъа ц1ерметдешнаш даладе.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1Ц1ерметдашах 1амийнарг карладаккха.

2.Кхочушде 345-г1а шардар.








133-134-г1ий урокаш.


Урокан ц1е:Хандош,цуьнан билгалонаш.


1алашо: Карлаяха хандешан грамматически билгалонаш,

церан нийсаяздаран бакъонаш,хенаш.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Хьехархочун дош.

Хандош 1амочу хенахь вайна гучуделира цуьнан билгалзачу кепах кхета хало хилар а, яханчу хенан хандош масдарх а, причастех атта къаста цадалар а.Иштта хала дара шуна хандешнийн хенаш билгалъяха а, церан чаккхенаш нийсаязъян а.

Х1инца 1амийнарг к1аргдеш, хандош 1амор д1ахьур ду вай ворх1алг1ачу классехь а.Нохчийн мотт 1аморехь доккха дакъа д1алоцу хандашо.И къамелан дакъа кхачам боллуш талла а,1амо а деза вай.Х1инца вай 1амийнарг карладаккху.

ΙΙΙ.Хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккхар.

1.Д1аязъе предложенеш.Морфологически къастам бе царна.

1)Дайн г1иллакхаша хьалхе яьккхира…

2)Догдика,къонах стаг яра Шахмирзин ненайиша.

3)Дахар а ца нисделлера цуьнан.

4)Цундела берашца бекъаза безам шен йишин к1антана д1алора цо.

5)Неайиша шолг1а нана хилла д1ах1оьттинена цунна.

-Муьлха къамелан дакъош ду предложенешкахь?Шуна ца девзаш къамелан дакъа дуй кхузахь?Муьлхарг?

-Схьаязде хандешнаш,йийца церан грамматически билгалонаш;предложенехь муьлха меже хуьлий лела уьш?

-2-чуй,5-чуй предложенешна синтаксичечки къастам бе.

2.Муьлхачу хаттаршна жоп ло билгалзачу кепехь долчу хандешнаша?Х1ара хандешнаш билгалзачу кепе х1иттаде.Цхьа а хан гойтий цара?

Хетара,веанера,цецваьлла,ладоьг1на,резахуьлу,ихна,т1елаьцнера,лаьара,дора,мажделла,гулло, дан, зен, лен, шарйина,д1аоьхура,сецавора.

Кеп:яздо-яздан.

ΙV.Дешнийн диктант.

Ган лиира,сацо вуьйлира,серлаяла йолаелла, арахь шелъелла.хьаннаш серлайовлу,гонаха хьаьвзи,гена кхоьссина, майданахь гинера,кхуза ваийтинера,йоуьйтур ю,кхеталур ву.

-Дагадаийтий дийца,муха яздо цхьана дешдекъах лаьтташ долу хандош билгалзачу кепехь.Даладе масалш.

-Дешнийнцхьаьнакхетарехь долчу хандешнийн хенаш билгалъяха, барта йийца церан суффиксаш; морфологически къастам бе хандешнашна.

V.Орфографически 5 минот.

1)Билгалзачу хандешан орамера а карарчу хенахь о-не доьрзу,чаккхенгахь у х1утту:саца-соцу.Даладе масалш.Уьш д1аязде.

2)Х1ара хандешнаш карарчу хене х1иттаде:

Ваха ,хьажа,акха,ала, вада, лахка, арахьакха,ата,аха,мала, даа, лалла,дахка,таса,баккха,кхалла.

-Орамера а,чаккхенера а аьзнаш билгалдаха.

VΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1)Кхочушдо 348-г1а шардар.

2)Дуьйцура,мелира бохучу хандешнашна хенаш къовларш юкъахь язъе.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккха.

2.Кхочушде 349-г1а шардар.








135-г1а урок.


Урокан ц1е:Шеран талламан диктант.«Б1аьсте.»


1алашо: 1амийнарг карладаккхар.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.


ΙΙ.Хьехархочо текст йоьшу, ца кхеташ долу дешнаш уьн т1е д1аяздо.

ΙΙΙТекст аларца д1аязъяр.

Шолг1ачу дийнахь, кхунна г1о дан ц1ахь сецначу 1абдуллас г1о а деш,нехан бежнаш дажо дигира Ахьмада.Малх дикка лакхабаллалц кхунна г1о деш а 1ийна,шен керт-кехь г1уллакхаш дан д1авахара 1абдулла.Стовн колл олучу меттехь бажа а бажош,б1аьстенна х1инцца самадолуш доллучу 1аламан хазалле а хьоьжуш,гуш долчу суьрто б1аьрганна там хуьлуьйтуш,сапарг1ат даьккхина стеш а,сенъелла йог1у буц а,доллу х1ума серла даьккхина,дох а дина болу къегина схьакхетта малх а.«Кестта хьун а сенлур ю,буц лакха а ер ю,стоьмаша заза а доккхур ду»,- ойла йора к1анта. Ахьмад х1ума йиъна воллушшехь,кхуьнан б1аьрг кхийтира схьайог1учу шина зудчух.Кхунна девзира шен ненан болар.(М.Юнусов)

Грамматически т1едиллар.

1)Хандешнашна буха сиз хьакха.

2)Т1аьххьарлерачу предложенина бе синтаксически къастам


ΙΙΙ.Жам1 дар

Кхин цкъа а йоьшу тетрадаш схьалахьдо.


ΙV.Ц1ахь бан болх

Хандешах лаьцна карладаккхар.






























136-г1а урок.

Урокан ц1е:Жам1 дар

1алашо: Шеран 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу.

2.Бакъо схьаюьйцу.

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

-Терахьдош стенах олу?

-Терахьдешнийн маса тайпа ду?

-Лаамаза а, лааме а хуьлий терахьдешнаш?

-Муьлхачу тайпанашка декъало уьш?

-Дожаршца хийцалой терахьдешнаш?

-Тераьдешнаш хийцалой дожаршца?

-Терахьдешнийн кепаш хийцалой дожаршца?

-Церан чаккхенаш схьакъасто хаьий шуна?

-Муха кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?

-Дожаршца хийцалой терахьдешнаш?

-Маса кепара хуьлу терахьдешнаш?

-Декъаран а,дакъойн а терахьдешнаша х1унт гойту?

-Гулдаран а,билгалза-масаллин а терахьдешнаш х1ун гойту?

- Йог1учу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Яханчу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Хаттарш дийца йог1учу хенан.

-Хандешан коьрта маса хан ю?

-Стенах олу билгалдош?

-Маса тайпа ду билгалдешан?

-Лааме а, лаамаза билгалдешанш муха лела?

-Дожаршца а, терахьашца а, классашца а хийцалой билгалдешанш?

-Цхьалхе а,чолхе а,х1оттаман а хуьлий терахьдешнаш?


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Дешархошка кхочушйо шардар.


VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Х1ун 1амийна 6-чу классехь?


Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар.


Автор
Дата добавления 29.11.2015
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров4016
Номер материала ДВ-210512
Получить свидетельство о публикации

"Инфоурок" приглашает всех педагогов и детей к участию в самой массовой интернет-олимпиаде «Весна 2017» с рекордно низкой оплатой за одного ученика - всего 45 рублей

В олимпиадах "Инфоурок" лучшие условия для учителей и учеников:

1. невероятно низкий размер орг.взноса — всего 58 рублей, из которых 13 рублей остаётся учителю на компенсацию расходов;
2. подходящие по сложности для большинства учеников задания;
3. призовой фонд 1.000.000 рублей для самых активных учителей;
4. официальные наградные документы для учителей бесплатно(от организатора - ООО "Инфоурок" - имеющего образовательную лицензию и свидетельство СМИ) - при участии от 10 учеников
5. бесплатный доступ ко всем видеоурокам проекта "Инфоурок";
6. легко подать заявку, не нужно отправлять ответы в бумажном виде;
7. родителям всех учеников - благодарственные письма от «Инфоурок».
и многое другое...

Подайте заявку сейчас - https://infourok.ru/konkurs


Выберите специальность, которую Вы хотите получить:

Обучение проходит дистанционно на сайте проекта "Инфоурок".
По итогам обучения слушателям выдаются печатные дипломы установленного образца.

ПЕРЕЙТИ В КАТАЛОГ КУРСОВ


Идёт приём заявок на международный конкурс по математике "Весенний марафон" для учеников 1-11 классов и дошкольников

Уникальность конкурса в преимуществах для учителей и учеников:

1. Задания подходят для учеников с любым уровнем знаний;
2. Бесплатные наградные документы для учителей;
3. Невероятно низкий орг.взнос - всего 38 рублей;
4. Публикация рейтинга классов по итогам конкурса;
и многое другое...

Подайте заявку сейчас - https://urokimatematiki.ru

Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх