Инфоурок Русский язык ВидеоурокиПоурочное по чеченскому языку "Предложение коьртаза меженаш"

Поурочное по чеченскому языку "Предложение коьртаза меженаш"

Скачать материал

50-г1а урок

Урокан  ц1е:1.Э. Гайсултанов «Диканиг».

1алашо:  1.Э.Гайсултановн дахар, кхолларалла, цуьнан «Диканиг» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а , шера а дийцаран тексташ еша , чулацам схьабийца , коьртачу маь1нех кхета 1амор. Къамел,ойлаяр,тидамбар кхиор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: дешархойн хир бу дийцаран чулацамах лаьцна шайн хаамаш.1емар ду шайн дагахь ,хезаш, къастош еша. Дешархошна 1емар дую ха ешарца хьалха даьхна г1алаташ нисдан.

2. Метапредметни:

·        Регулятивни: дешархошна хуур ду хьехархочун г1оьнца 1алашо билгалъяккха. Хуур ду и 1алашо кхочушъян оьшу г1ирс каро. Шайн кхиамех, кхачамбацарех лаьцна дерг ала хуур ду дешархошна.

·         Коммуникативни: дешархошна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала,накъосташца къамеле бовла. 1емар ду шайна хетарг чулацамах лаьцна д1аала.

·      Познавательни: дешрахошна хуур ду учебникаца болх бан, оьшу г1ирс лаха. Хуур ду шайн г1уллакхаш юкъахь кхачамбацарш ган,уьш д1адаха. Х1ума лаха , талла лаам хир бу.

3. Личностни: дешархошн амалехь кхуьур бу дика аг1онаш : да-нана лерар, ц1ент1ехь г1уллакх дар. 1.Э.Гайсултановн кхолларалле безам хир бу , и дика йовза лаам хир бу берийн.

 

                               Урок  д1аяхьар 1.

1.Маршалла хаттар.

2. Ц1ера болх таллар.

(Дешархоша схьаюьйцу 1.Ш.Мамакаевс язйина «Даймохк» ц1е йолу стихотворени).

3. Мотт шарбар.

1уьйре, суьйре маьлхан хьаж,

Вайн буьйсанан къорза таж.

Ахьмийн уьйт1ахь дечкан барз.

Хьо хилла-кх и динарг арз.

Хьийши, бохуш, уьйт1ахь ло,

Аьхки, бохуш, дечкан гуо,

Лаьцна, бохуш, г1езан з1ок,

Тохал т1аккха х1инца шок!

(Ш. Хасаров)

-Д1аеша байт. Маса оьцу цунах пайда? (Ловзуш).

-Д1аеша меллаша, парг1ат. Д1аеша чехка.

4. 1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор

-Д1аелла  учебникан 99-103-г1а аг1онаш. Муьлха произведении йоьшур ю вай тахана? («Диканиг»).

-Мила ву цуьнан автор? (1.Э.Гайсултанов).

-Стенах лаьцна хир ю иза? Шайна хетарг ала.

-Х1ун болх бийр бу аша и дийцар дика 1амийта?

-Бераш, вайна тахана евзар ю 1. Э.Гайсултановн дахар, кхолларалла, цуьнан дийцар «Диканиг» довзийтар. Шуна девзар ду шайн цхьацца долу аматаш,хуур ду  царех вониш ган, дикачеран тидам бан а.

5. Керла тема хьехар.

·        Хьехархочун дош.

            1умар Эдилсултанович Гайсултанов-нохчийн сийлахьцу яздархойх цхьаъ ву.

              Гайсултанов 1умар вина  1920 шарахь  Шелахь, ахархочун доьзалехь. Гайсултановс шен произведенеш  леррина берашна язйина, цундела ву иза берийн яздархо.

               Юьртара школа чекхъяьккхина Гайсултановс доьшу рабфакехь.

              1941  шарахь эскаре  воьду Гайсултанов. Цу хенахь  цо  дакъа лоцу луьрачу т1амехь.1943 шарахь ч1ог1а чов а хуьлий эскарера мокъавуьту 1умар.Иза д1ахьажаво  Сибрех, кхузахь бара  цуьнан доьзал. Болх бан волало Киргизийн  финансови органшкахь.

                 Гайсултанов яздан волавелла 1950 шарахь.Дуьххьара араяьлла цуьнан книга «Болат –Г1ала йожор».Иза ч1ог1а хазахеташ т1еийцира  массара а.Цу т1ехь цо гойту ширачу заманахь нохчийн г1иллакхаш , 1адаташ.

               Гайсултановн коьрта теманаш –берийн дахар, церан г1уллакхаш, царна хазделларг.Уьш ешча вайна шуьйра гучудолу цо берийн амалаш дика 1амийна хилар.Берашна лерина дукха пьесаш а язйина Гайсултановс. Уьш ю : «Турпал», «Дашо б1араш» иштта кхин д1а а.

·        Хьехархочо д1адоьшу 1.Э.Гайсултановн «Диканиг» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

·        Чулацамах къамел дар.

-Дицарехь долу къамел хаьнах лаьцна яздина ду? (Диканиг олучу к1ентан къамелаца яздина ду).

-Муха йоккхура нанас цуьнан ц1е? (Нанас цунах диканиг олуш хилла).

-Х1ун боху к1анта шех лаьцна? («Хьалха-м вацара со диканиг.Суна сайна-м гучуделира иза»-боху к1анта).

-Стенгахь йоккхура х1ора аьхке к1анта? (Х1ора аьхке аса юьртахь йоккхура,сайн шичица).

-Х1ун ю цуьнан шичин ц1е? (Лабза).

-Муха д1аделира хьалхара де? (Хьалхарчу дийнахь сунна Лабзас бовзийтира юьртах хилла хийцамаш).

-Х1унда висира ши к1ант шаьшшиъ ц1ахь? (Цхьана дийнахь нана совещане яхара, тхойшинна юург ,кхаллар эца ахча а дитина).

-Муха д1адаьхьира шина к1анта и де? (Х1ума а йиъналовзавелира тхойшиъ, малх лекхабаьлча лийча вахара.Иштта динна  де д1аделира .Тхойши ц1а вирзича малх д1абуьзнера).

-Х1ун дагадеара цу шинна? (Цу шина дагадеара шаьш кхаллар эцна ца хилар.Туька д1ач1ог1у хан хилар).

-Х1ун дан дагадеара Дикачунна? (Дикачунна дагадеара локъамаш ян).

-Х1унда лира цунна уьш ян? (Лабзас  нека дика дора цочул,дитта т1е дика волура, цунна хьалхахь дозалла дан дагадеара).

-Муха кечйира цу шимма чорпа? (Лабзас хи а дуттуш,Дикачо дама а кегош чорпа кечйира цаьршимма).

-Хир ю оцу чорпех локъамаш?Дица шайна хетарг?

-Муха кечйо локъамашна чорпа ?Шуна хаьий уьш ян?

6.Сада1аран миноташ.

Чхьаьвриг

Бос сийначу бацалахь,

Можачу цу зезаг т1ехь,

Къорза коч а юьйхина,

Хаза чхьаьвриг, жима чхьаьвриг

Т1емаяьлла лелара.

- Жу-жу-жу, жу-жу-жу

Зезаг ашт1ехь со ловзу.

Махца тайна ю со лесташ,

Цуьнца цхьаьна д1асалесташ. (Берашд1асатехка).

Суна карий зезаг т1ехь

Йоккха 1аьржа чхьаьвриг.

Карахь латто ца лаьа,

Кисна юьллу ас иза. (Бераша гойту)

Ой, охьаюьйжи, лаьтта юьйжи, (Охьатаь1а)

Ченех юзуш сан чхьаьвриг.

Т1емаяьлла д1аяха, д1аяха,

Т1емашлестош, генна д1а. (Куьйгаш лестадо)

7.Керла тема кхин д1а а хьехар.

·        Дешархоша д1адоьшу 1.Э.Гайсултановс яздина «Диканиг» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

·        Къастош ешар.

-Д1аеша к1анта ша вовзуьйтуш йолу к1айдарг.

-Муха д1ахьора цо аьхке?Д1аеша к1айдарг.

-Муха д1адаьхьира цу шимма шаьшшиъ ц1ахь висина де?Д1аеша к1айдарг.

-Д1адеша шина к1анта сарахь ц1а кхаьчча дина къамел.

-Х1унда лира Дикачунна локъамаш ян? Д1аеша к1айдарг.

-Муха йира цу шимма чорпа?Д1аеша к1айдарг.

-Схьабийца чулацам шайн ц1арах.

(Дешархоша схьабуьйцу ).

·        Кхоллараллин болх.

-Шайна хазъеллачу к1айдаргана сурт дилла. Цунна йог1у к1айдарг шайн дешнашца д1аязъе.

8.Рефлекси.

-Чакхъяха сан предложенеш:

Суна вевзира…

Аса дийшира…

Со кхийтира…

Сан самукъаделира…

Суна хетта…

9.Жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира вай? Мила ву цуьнан автор? Стенах лаьцна яра иза?

10.Ц1ахь бан болх балар.

1. 1.Э.Гайсултановн «Диканиг» ц1е йолу дийцаран хьалхара дакъа дешар.

Урок  д1аяхьар 2.

1.Маршалла хаттар.

2. Ц1ера болх таллар.

(Дешархоша схьаюьйцу 1.Ш.Мамакаевс язйина «Даймохк» ц1е йолу стихотворени).

3. Мотт шарбар.

Чехкааларш

Цуцушцацийна цу чохь беана чуо т1ехь пхьолдиг.

Цеца чохь цу ца соцу.

Бацалахь цаьпцалгийн цхар деца, цаци чохь Бицацин цу беца. '

 

-Д1адеша чехкааларш меллаша. Д1адеша чехка. Дагахь 1амаде.

 

4. 1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор

-Д1аелла  учебникан 99-103-г1а аг1онаш. Муьлха произведении йоьшур ю вай тахана? («Диканиг»).

-Мила ву цуьнан автор? (1.Э.Гайсултанов).

-Х1ун болх бийр бу аша и дийцар дика 1амийта?

-Стенах лаьцна хир ду шолг1а дакъа?Муха хир ду керла де?Локъамаш мерза хир юй?

-Бераш, вайна тахана кхин д1а  евзар ю 1. Э.Гайсултановн дахар, кхолларалла, цуьнан дийцар «Диканиг» довзийтар. Вай тахана доьшур ду дийцаран шолг1а дакъа. Шуна девзар ду шайн цхьацца долу аматаш,хуур ду  царех вониш ган, дикачеран тидам бан а.

5. Керла тема хьехар.

·        Хьехархочо д1адоьшу 1.Э.Гайсултановн «Диканиг» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.

·        Чулацамах къамел дар.

-Х1ун де шву ши к1ант? (Маьхкадаьттан чиркх а латийна, пеш лато г1оьртира со).

-Муха латош яра Дикачо пеш? (Пеш юьззина дечигаш чу йоьхкина , стоммачу дечигана т1е сирникаш 1уьттура ас. Ц1е ца латара).

-Х1унда йиира Борзико чорпа? (Саррал тергал ца деш дитина мацделла хилла Борзик. Иза кху шиммо кечйина чорпа юууш 1аш карийра).

-Муха хиира цу шинна маьхкдаьтта доций лампи чохь?( Бода х1уттуш бара.Лампи т1е  а вахана хьаьжча маьхкдаьтта чакх а даьлла йогуш милта гира).

-Х1унда ца делира Дикачо Лабзин хаттарна жоп? (Цуьнан ала х1умма дацара).

-Муха элира Лабзас? (Таккха элира Лабзас «Тахана ахьа динчо гойту ,хьо йорт етташ лелаш хилар. Нанна г1о деш вац хьо»).

-Х1ун йиира шина к1анта? (Лабзас худар дира. И диира цу шимма).

-Х1ун диканиг схьаийцира к1анта Лобзин амалера? (Нанна г1о дан дезар).

-Муьлханиг ду дийцаран коьрта маь1на?Муха хила веза боьрша стаг?Д1абеша мог1анаш.

6. Сада1аран миноташ.

Хьехархочо цхьа дешархо г1анта охьахааво: иза х1уттут хир ю.

Хьуьнах екаш х1уттут ю.

Х1уттут, х1уттут, жима х1уттут.

Бераш дагардан ма xlттy: -

Х1уттут, xlуттут, - боху цо.

Ялх шо цо дагар ма до.

Юха т1емайолий, йоьду,

Кхечу диттана т1ейоьду.

Х1уттут,х1уттут - хаза корта,

 Гаьн т1ехиъна иза 1а,

Корта хьийзош д1а а, схьа,

Массо arlop хьажа г1ерта.

 Т1емаш тухий, ц1еххьана

Къайлайолу и ханна.

(Бераш х1угтутана гонах хьийза. Х1уттуто шен хаза корта гойту, д1ай-схьай хьийзабо, цхьана г1анта т1ера вукху г1анта хуу,х1уттут бохуш, бераш дагардо)

7.Керла тема кхин д1а а хьехар.

·        Дешархоша д1адоьшу 1.Э.Гайсултановн «Диканиг» ц1е йолчу дийцаран шолг1а дакъа.

·        Къастош ешар.

-Д1аеша ц1е латорах лаьцна йолу к1айдарг. К1ентан муьлха кхачамбацар гойту цо? (К1ентан бала бац ц1ен т1ехь долчу г1уллакхца)

-Х1ун дира Барзас? Д1аеша к1айдарг. Хьенан бехк бу и мацдаларан.

-Д1аеша лампанах лаьцна к1айдарг. К1ентан муьлха кхачамбацар гойту цо? (К1ентан бала ца хилла цуьриг долу х1уманна т1ехь нанна г1о дан)

-Д1аеша Лабзас аьлла дешнаш. Муха кхета шу царех.

-Д1адеша Лабзас динчу хударх лаций.Лабзин муьлха кхиамаш бевзи шуна? (Лабза ц1ен т1ехь долу г1уллакх де шву).

-Д1аеша к1анта йина ойла. Шу реза дуй цунна.

·        Кхоллараллин болх

-Лабзин ц1арах,Дикачун ц1арах шайн дешнашца д1аязде цу шимма дина г1уллакхаш.

Сарралц  ловзуш а лелла ц1в веара со а, сан шича. Ц1ахь яа х1ума яцара. Со локъамаш ян х1оьттира , сайна цу хуушшехь…..

 

8.Рефлекси.

-Чакхъяха сан предложенеш:

Суна вевзира…

Аса дийшира…

Со кхийтира…

Сан самукъаделира…

Суна хетта…

9.Жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира вай? Мила ву цуьнан автор? Стенах лаьцна яра иза?

10.Ц1ахь бан болх балар.

1. 1.Э.Гайсултановн «Диканиг» ц1е йолу дийцар схьадийцар.

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Поурочное по чеченскому языку "Предложение коьртаза меженаш""

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Специалист по ипотечному кредитованию

Получите профессию

Бухгалтер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 663 131 материал в базе

Материал подходит для УМК

  • «Русский язык», Под ред. Разумовской М.М., Леканта П.А.

    «Русский язык», Под ред. Разумовской М.М., Леканта П.А.

    Тема

    § 4. Речь монологическая и диалогическая. Речь устная и письменная

    Больше материалов по этой теме
Скачать материал

Другие материалы

Контрольная работа для учащихся 5 классов по теме "Правописание корней с чередованием"
  • Учебник: «Русский язык», Под ред. Разумовской М.М., Леканта П.А.
  • Тема: § 38. Правописание чередующихся гласных а—о в корнях -лаг / лож-, -рос /-раст- (ращ)
Рейтинг: 4 из 5
  • 07.05.2018
  • 12274
  • 539
«Русский язык», Под ред. Разумовской М.М., Леканта П.А.
Конспект урока по русскому языку на тему "Имена существительные собственные и нарицателбные".
  • Учебник: «Русский язык», Под ред. Разумовской М.М., Леканта П.А.
  • Тема: § 93. Собственные и нарицательные имена существительные
  • 05.05.2018
  • 387
  • 1
«Русский язык», Под ред. Разумовской М.М., Леканта П.А.

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 11.05.2018 1977
    • DOCX 35.5 кбайт
    • 32 скачивания
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Матагова Maлика Ибрагимовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Матагова Maлика Ибрагимовна
    Матагова Maлика Ибрагимовна
    • На сайте: 7 лет и 4 месяца
    • Подписчики: 1
    • Всего просмотров: 178074
    • Всего материалов: 132

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Копирайтер

Копирайтер

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Родной (русский) язык и родная литература: теория и методика преподавания в образовательной организации

72/180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 57 человек из 24 регионов
  • Этот курс уже прошли 314 человек

Курс профессиональной переподготовки

Русский язык и культура речи: теория и методика преподавания в профессиональном образовании

Преподаватель русского языка и культуры речи

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 59 человек из 34 регионов
  • Этот курс уже прошли 183 человека

Курс повышения квалификации

Теория и методика преподавания родного (русского) языка и родной литературы

72/144/180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 30 человек из 17 регионов
  • Этот курс уже прошли 200 человек

Мини-курс

Создание и продвижение сайтов для достижения максимальных результатов

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 31 человек из 15 регионов

Мини-курс

Индустриальный туризм

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Мастерство PowerPoint: систематизация, интерактивность и эффективность

10 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 1707 человек из 84 регионов
  • Этот курс уже прошли 161 человек