Выдаём удостоверения и дипломы установленного образца

Получите 5% кэшбэк!

Запишитесь на один из 793 курсов и получите 5% кэшбэк стоимости курса на карту

Выбрать курс
Инфоурок Астрономия ПрезентацииПоурочное по русскому языку

Поурочное по русскому языку

Скачать материал
библиотека
материалов

17-г1а урок

Урокан ц1е: М.Мамакаев : “Узархин х1аллакьхилар».

1алашо: М. Мамакаевс яздина дийцар : «Узархин х1аллакьхилар» довзийтар. Нийса а , шера а, кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор.Чулацам схьабийца 1амор. Берийн ойлаяр , тидамбар ,къамел кхиор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: дицаран чулацаман хьокъехь кхетам хир бу дешархойн. Хуур ду юх-юха произведени ешарца шайн г1алаташ нисдан. 1емар ду ешарехь авторан дог-ойла билгалъяккха. Ешаран сихалла алсамъяккха, ша хьалха йоьшуш даьхна г1алаташ нисдеш еша.

2. Метапредметни:.

  • Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь балийначу г1ирсах пайда а оьцуш, белхан план х1отто. Дешархошна хуур ду шайн кхиамаийн мах хадо, царех пайдаэца.

  • Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, книги т1ерачу хаттаршна жоьпаш дала. Шайна хетарг д1аала, накъосташа дуьйцучунга ладог1а а 1емар ду.

  • Познавательни: берашна хуур ду шайна оьшу г1ирс лаха, цунах пайдаэца. Учебникаца болх бан , карийначу хаамашца болх бан хуур ду.Нохчийн д1адаханчунна т1ера цхьацца шира г1иллакхаш девзар ду.

3. Личностни: берийн амалехь дика аг1онаш кхоллалур ю: вовшашка леерам, г1иллакх. М. Мамакаевн кхолларалле безам г1ур бу.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2. Ц1ера болх таллар.

(Бераша д1адоьшу «Эла Мусост тий, Адин Сурхой» дийцаран шолг1а дакъа).

3. Мотт шарбар.

Уьн т1е д1аяздо.

Поп, поп, лекха поп,

Лекхчу поп т1ехь - эзар га,

Эзар гаьн т1ехь - шийтта бен,

Шийтта бен чохь - ши xloa.



-Д1адеша дагардар массара цхьана. Д1адеша меллаша.Ч1ог1а деша.

4. 1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.

-Д1аелла учебникан 27-29-г1а аг1онаш. Муьлха дийцар девзар ду вайна тахана? ( «Узархин х1аллакьхилар»).

-Мила ву цуьнан автор? (М. Мамакаев).

-Хьанах лаьцна хир ду и дийцар? Шайна хетарг ала.

-Муха болх бийр бу аша и дика 1амо? Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Вайна тахана девзар ду нохчийн г1араваьллачу яздархочо М. Мамакаевс яздина дийцар : «Узархин х1аллакьхилар». Вайна девзар ду ширачу заманчохь нохчийн хила 1адаташ , г1иллакхаш.

5.Керла тема хьехар.

  • Хьехархочо д1адоьшу «Узархин х1аллакьхилар» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

  • Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Мила ву дийцаран коьрта турпалхо? (Узарха).

-Муха боху автора цунах лаьцна? (Хьалдолуш ,оьзда стаг ву боху).

-Муха хила Узархин юьртахошца йолу юкъаметтиг? (Узарха нийсо езаш,хьекъал долуш хиларна наха лоьруш хила иза.Шаьш кхел еш бакхий нах дагабовлуш хила Узархех).

-Муха зуда ялийна Узархина юьртахоша?(М1айстахь уггара хаза а , куц долуш,дикачу ден Пхьежин йо1 Зулай ялийна цунна).

-Муха хийцделла Узархин дахар? (Кхин хьал долуш ваха хиъна иза).

-Х1ун хийцамаш хила Узархин амалехь? (Узарха хийцавелла амалехь.Шен хьолах вуьзна, хьал дерг бен ца везаш д1ах1оьттина иза).

-Юьртахошна муха хетта и иштта хийцавелча? (Уьш узарха ца везаш ч1аг1белла).

-И хиъча Узарханна х1ун дан дагадеана? (И хиъча Узархина дагадеана парг1ат беха м1айстхой нуьцкъала шен кога к1ел совцо г1оьртина иза).

-Муха хиъна нахана Узарха шайн эла хила г1ертар? (Цхьана дийнахь к1оштахь мел волу стах «Барт хуьлчу лам т1е кхайкхина , схьагулвина Узархас. Цуьнан стундас Пхьежас д1ахаийтина лакхарчу тхьамдийн кхелехь Узарха м1айстхойн эла харжа магор).

-Муха т1еэцна и м1айтхоша? (Адам дист ца хила).

6. Сада1аран миноташ.

7.Керла тема кхин д1а а хьехар.

  • Бераша д1адоьшу «Узархин х1аллакьхилар» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

  • Къастош йоьшуьйту хьехархочо. Чулацаман анализ йо.

-Муха лоьруш хила Узарха? Д1аеша и меттиг.

-Яздархочунна муха хета оцу муьрехь Узарха? (Цунна дукхавеза оцу муьрехь Узарха).

-Муха дешнаша гойту яздархо Узархина реза хилар? (Цхьа хьалдолу оьзда ста голу цо Узарха вайна вовзуьйтуш. Хьекъал долуш , нийсо езаш ву боху цо Узарха).

-Муха зуда ялийна Узархина? Д1аеша и меттиг.

-Муха хийцавелла Узарха зуда ялийначул т1аьхьа? Д1аеша и к1айдарг.

-Муха ю яздархочун х1инца Узархийца йолу аг1о? (Автор реза вац цунна).

-Муьлхачу дешнашца гойту цо иза? (Шен хьолах вуьзна шех дозалла деш д1ах1оьттина иза,г1иллакхах воьхна , оьздангалла йицйина).

-Наха муха т1еэцна Узархин хийцавалар? Д1аеша и к1айдарг.

-Х1ун дан дагадеана Узархина ? Д1аеша к1айдарг.

-Д1адеша Пхьежин къамел.

-Х1ун эр дара аша Пхьежин мискачу нахаца болу лерамах? (Цуьнан нахе леерам бац. Ц онах бусту бажица. Адамаш бажа болуш сана къамел до цо).

8. Рефлекси.

-Муха хетта шуна вайн таханлера урок?Х1ун ду шун дика нисделларг? Стенах даккхийдуьй шу?

9. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира аша тахана?

-Хьанах лаьцна дара иза?

-Хаза дарий дийцар? Кхин произведенеш еша лаам буй шу М. Мамакаевн?

10. Ц1ахь бан болх балар.

1. М. Мамакаевн «Узархин х1аллакьхилар» ц1е йолу дийцаран 1-чу декъан чулацам схьабийца кечам бар



Урок д1аяхьар 2.

1.Маршалла хаттар.

2. Ц1ера болх таллар.

(Бераша схьадуьйцу М. Мамакаевн «Узархин х1аллакьхилар» ц1е йолу дийцаран 1-чу декъан чулацам ).

3. Мотт шарбар.

Уьн т1е д1аяздо.

Апельсин тхо йоькъуш ду:

И цхьаъю - тхо ду кха ду.

Xlapa дакъа - котамна,

XIapa дакъа- москална,

Xlapa дакъа -бедана,

XIapa дакъа -борг1ална,

Xlapa дакъа -пхьагална,

XIapa дакъа -Борзикна,

Чкъор вай лурду... барзана.

Иза оьг1азъяхана,

Д1асадовдалаш сиха.

-Д1адеша дагардар массара цхьана. Д1адеша меллаша.Ч1ог1а деша.

4. 1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.

-Д1аелла учебникан 27-29-г1а аг1онаш. Муьлха дийцар девзар ду вайна тахана? ( «Узархин х1аллакьхилар»).

-Мила ву цуьнан автор? (М. Мамакаев).

-Муха хир ю дийцаран чаккхе? Шайна хетарг ала.

-Муха болх бийр бу аша и дика 1амо? Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Вайна тахана кхин д1а а девзар ду нохчийн г1араваьллачу яздархочо М. Мамакаевс яздина дийцар : «Узархин х1аллакьхилар» 2-г1а дакъа . Вайна девзар ду ширачу заманчохь нохчийн хила 1адаташ , г1иллакхаш.

5.Керла тема хьехар.

  • Хьехархочо д1адоьшу «Узархин х1аллакьхилар» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.

  • Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Реза хиллий м1айстхой Узарха шайн эла харжа? (Ца хилла).

-Муха гайтина цара шаьш реза ца хилар? (Уьш бист ца хилла).

-Муха т1еэцна Узархас нах шена реза ца хилар? (Цо уьш бист ца хилар ,шена реза хилар ду аьлла ц1а хьовсийна уьш).

-Мухачу дог-ойланца ц1а бирзина м1айстхой? (Шай чохь цхьацца веллача санна дог доьхна ц1а бирзина м1айсихой).

-Х1ун хила Узархин дагахь? (Иштта лело беза 1аьржа бажа бохург хила цуьнан дагахь).

-Муха эла хила Узархех? (Оцу дийнахь дуьйна массеран даьхни шеен дола дерзийна цо. Сутаралло б1арзвина Узархас Г1овдигара вир схьаяьккхина боху).

-Х1унда бевлла м1айстхой Узархина дуьхьал? (Г1овда хила г1айг1ане ц1а вог1уш. Наха цуьнга хаьттина ,х1ун хила аьлла. Х1ораммо шега-шегара схьаяьхна х1уманаш дагалаьцна ,собар кхачийна г1оьвттина уьш).

-Мила ваьлла царна хьалха? (Элса)

-Х1ун дира м1айстхоша шайн элана? (Ши ах йина).

6. Сада1аран миноташ.

7. Керла тема кхин д1а ахьехар.

  • Бераша д1адоьшу «Узархин х1аллакьхилар» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.

  • Къастош ешар.

-Муха къамел дина Узархас нах бист ца хилча? Д1аеша к1айдарг.

-Муха хетта яздархочун Узарха? Муха дешнаш карийна цунна и д1аала? (Цо къамел долира , ямарт къежаш , бохуш дуьйцу автора).

-Д1аеша Узархас нах ц1ахьовсорах лаьцна к1айдарг. Муха ю Узархин мискачу нахах лаьцна ойла? (Иза ца веша царех, царех олу «1аьржа бажа», ша божор бу шун лама бохург ду цуьнан коьртехь. Цавашар, оьздангалла ца хилар гойту цо).

-Мегар дуй адаман иштта ойла хилар? Х1унда мегар дац?

-Д1аеша Узархас динчу куьйгаллех лаьцна йолу к1айдарг. Муьлхачу аг1ор гайтина иза автора? (Иза тоам хуьлуш вац дохнах , бахамах. Сутаралло б1арзвина бохуш дуьйцу автора).

-Д1аеша м1айтхой г1овттврх йолу к1айдарг. Мегар дуй адам ца лера, къизалла яло? (Берийн жоьпаш).

8. Рефлекси.

-Муха хетта шуна вайн таханлера урок?Х1ун ду шун дика нисделларг? Стенах даккхийдуьй шу?

9. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира аша тахана?

-Хьанах лаьцна дара иза?

-Хаза дарий дийцар? Реза дуй шу чаккхена?

10. Ц1ахь бан болх балар.

1. М. Мамакаевн «Узархин х1аллакьхилар» ц1е йолу дийцаран 2-чу декъан чулацам схьабийца кечам бар



  • Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
    Пожаловаться на материал
Скачать материал
Найдите материал к любому уроку,
указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
также Вы можете выбрать тип материала:
Общая информация
Учебник: «Астрономия», Галузо И.В., Голубев В.А., Шимбалев А.А.
Тема: § 2. Звездное небо

Номер материала: ДБ-1578551

Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Курс повышения квалификации «Правовое обеспечение деятельности коммерческой организации и индивидуальных предпринимателей»
Курс повышения квалификации «Педагогическая риторика в условиях реализации ФГОС»
Курс повышения квалификации «Организация научно-исследовательской работы студентов в соответствии с требованиями ФГОС»
Курс профессиональной переподготовки «Организация и предоставление туристских услуг»
Курс повышения квалификации «Формирование компетенций межкультурной коммуникации в условиях реализации ФГОС»
Курс повышения квалификации «Введение в сетевые технологии»
Курс повышения квалификации «Экономика: инструменты контроллинга»
Курс повышения квалификации «Специфика преподавания астрономии в средней школе»
Курс профессиональной переподготовки «Организация менеджмента в туризме»
Курс повышения квалификации «Организация маркетинга в туризме»
Курс профессиональной переподготовки «Астрономия: теория и методика преподавания в образовательной организации»
Курс профессиональной переподготовки «Организация технической поддержки клиентов при установке и эксплуатации информационно-коммуникационных систем»
Курс повышения квалификации «Международные валютно-кредитные отношения»
Курс профессиональной переподготовки «Теория и методика музейного дела и охраны исторических памятников»
Курс профессиональной переподготовки «Стандартизация и метрология»

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.