Для всех учителей из 37 347 образовательных учреждений по всей стране

Скидка до 75% на все 778 курсов

Выбрать курс
Получите деньги за публикацию своих
разработок в библиотеке «Инфоурок»
Добавить авторскую разработку
и получить бесплатное свидетельство о размещении материала на сайте infourok.ru
Инфоурок Астрономия ПрезентацииПоурочное по русскому языку

Поурочное по русскому языку

библиотека
материалов

32-г1а урок

Урокан ц1е: «Сан республика Нохчийчоь» декъана т1еч1аг1дар.

1алашо: д1адаьллачу декъехь баьхна хаамаш т1еч1аг1бар. «Сан республика Нохчийчоь» декъа т1ехь 1амийна произведенеш йовзар таллар. Ойлаяр, хьекъал, тидам , къамел кхиор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: дешархошна хуур ду шаьш 1амийна произведенеш цхьацца билгалонашца йовза. Хуур ду оьшу к1айдарг произведенехь каро, д1аеша.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: дешархошна 1емар ду шайн урокан 1алашоне терра , и кхочушъян некъаш билгалбаха. 1емар ду тобанашкахь болх бан.

  • Коммуникативни: дешархошна хуур ду хьехархочун хаттарна жоп дала, вовшашца къамеле бовла. Шаьш луш долу жоп вовшех дагабевлла дала хуур ду.

  • Познавательни: дешархошна хуур ду учебникаца болх бан , оьшу г1ирс каро. Берийн алсамдер ду х1ума лаха, довза лаам

3. Личностни: берийн амалехь кхуьур бу мехалла аг1онаш: доттаг1лла, леерам ,даймахках дозалла дар.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2. Ц1ера болх таллар.

(Б. Дикаевн «Ас стеган ирс лору» стохотворени схьайуьйцу)..

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вайн таханлера урок ша-тайпана . Вай ловзаран кепехь карлабохур бу кху декъа т1ехь гулдина хаарш.

Вай шина тобане декъалур ду. Х1ора тобано шайн тобанна ц1е тилла.

4. Керла темица болх бар.

  • Къовсам «Йовза нохчичуьра хазалла».

-Бераш , аса д1агойту нохчийчуьра цхьацца хаза меттигаш. Шуна иш йовза еза.

(Хьехархочо д1агойту презентации т1ехь : Къоьзан -1ам, маьждигаш «Аймани Кадырова» ц1арах дерг, «Нохчийчоьнан дог», шайн юьртара хаза меттигаш, б1аьвнаш , зияраташ, Терк, Соьлжа).

  • Къовсам «Йовза произведени».

-Аса д1абешначу цхьана мог1анца йовза еза произведении , цуьнан автор.

Дериш цхьа вежарий дув ай,-дерзира цо. («Декалахь сан илли» Т.Ахмадова, 1. Алиева).

Христоса елла х1уманаш яра х1орш-м. («Пасха» С. Яшуркаев).

Т1ом безаш г1еттинарг сацо ницкъакхачар

Ас стеган ирс лору вахарехь. («Ас стеган ирс лору» Б. Дикаев).

  • Къовсам «Карабе д1аловчкъийна яздархой».

(Берашка д1ало карточкаш , т1ехь еък1овш йолуш. Цу чохь язйина ю яздархойн фамилеш).

Къовсам «Йовза произведени»

-Аса г1оьнна деллачу дешнашца йовза произведении , цуьнан автор.

Х1оаш, бажа , Миколай, Морфа,Христос («Пасха» С. Яшуркаев).

Гуьржи, нохчий, илли («Декалахь сан илли» Т. Ахмадова, 1. Алиев)

  • Сада1аран миноташ.

Мархаш дог1анах яссало:

- Дола, дог1а, дола!

Чуьппалгаш а кхиссало,

- Мала, к1а, ахь мала.

К1ено охьатаъ1ий,

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у,дог1у, дог1у.

  • Къовсам «Хаза стихотворении йийцар».

(Иза ц1ахь 1амае аьлла д1акхайкхина хила еза)

-Х1инца со хьожур ю ,хьанна хаьа Даймахках лаьцна стихотворени йийца.

(Дешархоша схьаюьйцу).

  • Къовсам «Х1етал-металш».

Стигалхула уьш д1айоьлху:

Латга т1адош цкъа -цкъа йоьлху.

Малх бу царна оьг1азбахна,

Ган йиш йоцуш бераш тахна. (Марха)

Этт1а х1умнаш т1ехь ю цунна, -

Бешахь лаьтта тентак санна,

Де-буьйса цо доккху арахь,

Д1а ца йолушдог1а дарах. (Мунда)


1уьйранна дог1у ц1ен куьйра,

Суьйранна дог1у к1айн леча? (Малх, беттаса)


Дийнахь сарралц юьзна,

Сахиллалц - мецанаш? (Мачаш)


Малх санна къега, лаьхьа санна шерша? (Мангал)


Биъког ираха бо луштхо вх кхозур г? (Моза)

К1айн т1улг бешна бели, уьнт1ехь лараш юьтуш? (Мел)


Сийначу бошхепа чухула беда боьду дашо 1аж? (Малх а, стигал а)


Мера к1елхула а хьийзаш, кара цайоггург? (Моза)

Ц1инц1алг такхийна йоьду минц1алг? (Махий, тай)



Буса доттаг1ш, дийнахь - тесна гуьллург? (Мотт-г1айба)

  • Къовсам «Кицанаш».

(Дешархошка карточкаш ло).

-Бераш, шоьгара карточкаш т1ехь ду доьхна кицанаш, аша уьш нисдан деза.

Нанас йина чов ... (лаза ца лозу).

Хьайга дог1ург аьлла 1ийча, ... (нахана цкъа а к1ордор вац хьо).

Нехан динара ... (хотталахь вуссу).

Нах лелхара бохуш,... (бердах ма лелха).

Ойла йоцуш динарг…(г1айг1а йоцуш ца дирзина). Орам боцу хутал….(котамаша ядийна)

. Орам хадийча, …(синтар дакъаделла). , .

Охуш аьлларг…( оруш карийна).



  • Къовсам «Суртдиллархо».

-Цъьацца схьа а вог1уш , кху конверта суьра схьаэца т1едиллар. Цу т1ехь яздина хир ду аша дан дезаш дерг.

(Карточкаш т1ехь хуьлу т1едахкарш, царех шайна хаьарг яздан деза . Масала , юьллу б1ов, яздо цунах шайна хаьарг).

  • Къовсам «Кегделла дешнаш».

-Бераш , аса уьн т1е д1аяздинера дешна , уьш доьхна . Нисдан деза вай уьш.

ЛЛАВОША, МОХКДАЙ,РКТЕ, ЖАСОЬЛ, ЧОЬНОХЧИЙ

5. Жам1 дар.

(Тоьлла тоба билгалйо, царна соаг1аташ ло)

6. Рефлекси.

Чакхъяха сан предложенеш

Суна хии….

Сан ницкъ кхечи …

Сан самукъадели…

7. Ц1ахь бан болх балар.

1. Ша винчу юьртах лаьцна жима дийцар язде.







Найдите материал к любому уроку,
указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
также Вы можете выбрать тип материала:
Общая информация
Учебник: «Астрономия», Галузо И.В., Голубев В.А., Шимбалев А.А.
Тема: § 2. Звездное небо

Номер материала: ДБ-1578552

Вам будут интересны эти курсы:

Курс профессиональной переподготовки «Организация деятельности экономиста-аналитика производственно-хозяйственной деятельности организации»
Курс профессиональной переподготовки «Логистика: теория и методика преподавания в образовательной организации»
Курс повышения квалификации «Маркетинг в организации, как средство привлечения новых клиентов»
Курс повышения квалификации «Специфика преподавания астрономии в средней школе»
Курс профессиональной переподготовки «Астрономия: теория и методика преподавания в образовательной организации»
Курс профессиональной переподготовки «Управление ресурсами информационных технологий»
Курс повышения квалификации «Психодинамический подход в консультировании»
Курс профессиональной переподготовки «Организация деятельности помощника-референта руководителя со знанием иностранных языков»
Курс профессиональной переподготовки «Организация и управление процессом по предоставлению услуг по кредитному брокериджу»
Курс профессиональной переподготовки «Стандартизация и метрология»

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

Репетиторы онлайн

✅ Подготовка к ЕГЭ/ГИА
✅ По школьным предметам

✅ На балансе занятий — 1

Подробнее