Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Начальные классы / Конспекты / Поурочные разработки по чеченскому языку 3 класс

Поурочные разработки по чеченскому языку 3 класс

  • Начальные классы

Документы в архиве:

13.83 КБ УРОК 4 изложени Дешархочун де.docx
16.45 КБ УРОК 7 СОЧИНЕИ ГУЬЙРЕ .docx
16.89 КБ УРОК 8 СОЧИНЕНИ б1аьсте .docx
14.86 КБ УРОК 9 ДИКТАНТ БОШМИЙН ДОТТАГ1ИЙ .docx
16.16 КБ УРОК сочинени 1а..docx
13.12 КБ УРОК (9 Диктант Хьайбанаш .docx
16.18 КБ УРОК 1. Изложени Бух1анан к1орни.docx
15.85 КБ УРОК 2 изложени Ч1ерий дахар. .docx
17.29 КБ УРОК 5 изложени Цициган к1орни.docx
18.16 КБ УРОК 6 сочинени Гуьйре..docx
16.37 КБ УРОК № 3 изложени ШИ ГАЗА.docx
17.97 КБ Урок 12 Шалхачу элпаца билгалдеш долу аьзнаш .docx
23.49 КБ Урок 13-14 .Мукъаза шиъ шалха элпааш .docx
32.51 КБ Урок 21-23 .Дийцаран ,хаттаран предложенеш..docx
33.54 КБ Урок 29-30 .Предложени а , дешнийн цхьанакхетарш а.docx
27.18 КБ Урок 34- 35 Чаккхе.docx
28.58 КБ Урок 49 Мила муьлш х1ун хаттаршан жоьпаш лун дешнаш..docx
17.04 КБ Урок 50 Долара , юкъара ц1ераш .docx
31.94 КБ Урок 54- 57 .Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар (Легар).docx
26.21 КБ Урок 58-59 .Билгалдош .docx
24.6 КБ Урок 61-62. Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш..docx
33.05 КБ Урок 63-65. Хандош ..docx
26.1 КБ Урок 66 .Хандешнийн хенашца хийцадалар .docx
18.54 КБ Урок 67. Хандешан карара хан .docx
18.24 КБ Урок 73 Хандешан билгалза кеп ..docx
25.86 КБ Урок 1. Къамел. Текст. Предложени.(Карладаккхар).docx
17.21 КБ Урок 10 Мукъа аьзнаш..docx
21.3 КБ Урок 11деха а , доца а муъа аьзнаш..docx
20.42 КБ Урок 15-16 Къасторан хьаьркаш..docx
26.41 КБ Урок 17-18 .Доца шеконан мукъа аьзнаш..docx
23.32 КБ Урок 19-20 Дешан чаккхенгахь -Н яздар .docx
21.72 КБ Урок 2. Къамел. Текст. Предложени..docx
31.31 КБ Урок 24-25 Айдаран предложенеш.docx
18.01 КБ Урок 3.Къамел . Текст. Предложени. Дош.(Карладаккхар).docx
20.81 КБ Урок 4.Х1уманаш билгалъен а, церан дар а, билгало а гойту дешнаш..docx
20.56 КБ Урок 41 Дешхьалхе ормца кхьаьстина яздар..docx
18.27 КБ Урок 41- 43 .Суффикс..docx
19.15 КБ Урок 44.Орамехь шала мукъазнаш яздар..docx
20.03 КБ Урок 5 .Х1уманаш билгалъен а, церан дар а, билгало а гойту дешнаш.docx
17.96 КБ Урок 51 Ц1ердешнийн терахьашца хийцадалар..docx
24.07 КБ Урок 52-53 .Ц1ердешнийн классаш .docx
20.56 КБ Урок 6. Х1уманаш билгалъен а, церан дар а, билгало а гойту дешнаш.docx
16.08 КБ Урок 60. Гергара а , дуьхьал а маь1на долу билгалдешнаш .docx
29.95 КБ Урок 68-70 . Хандешан яхана хан..docx
19.57 КБ Урок 7.Доккха элп ц1ерашкахь , ден ц1ерашкахь, фамилешкахь (Карладаккхар).docx
18.96 КБ Урок 74 Хаандешнашца ЦА МА нийсаяздар..docx
17.71 КБ Урок 8 .Доккха элп .docx
17.68 КБ Урок 9. Алфавит.docx
19 КБ Урока 36 .Дешан чаккхенга шала мукъаза элпаш яздар..docx
34.29 КБ Урока 27-28 преложенин коьрта а, коьртаза а меженаш. меженаш.docx
31.09 КБ Уроки 37-38. Дешхьалхе.docx
22.12 КБ Уроки 39-40 .Дешхьалхе , дешт1аьхье.docx
34.19 КБ Уроки 45-47 КЪамелан дакъош.docx
20.82 КБ Уроки 26 Предложенин коьртамеженаш.docx
33.45 КБ Уроки 31-32 Дешан х1оттам . Орам..docx
24.95 КБ Уроки 41-43 Суффикс .docx
27.4 КБ Уроки 48 Ц1ердош .docx
9.73 КБ Уроки 71-72 Хандешан йог1у хан ..docx
81.5 КБ чеч.яз..doc

Название документа УРОК 4 изложени Дешархочун де.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : изложени «Дешархочун де»

1алашо: дийцаран чулацам йозанца схьабала хаар кхиор, кийчачу планах пайда а оьцуш ; цхьалхе предложенеш х1итто уьш йозанехь билгалъяха 1амор; къамел кхиор, дешнаш хаарш довзийтар.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

  2. 1алашо йовзийтар.

Бераш , вай тахана язйийр ю изложении «Дешархочун де»

  1. «Дешархочун де» суьртах лаьцна къамел дар

Хьовсал суьрташка. Мила ва суьрта т1ехь?Ц1е тилла цунна? (Адам)

-Суьрта т1ехь далийнар Адаман дахарера цхьа де ду. Адам дешархо ву. Цундела ала мегар ду оцу дийнахь массо а дешархочу де.

-Маца хьалаг1отту Адам? (Адам 1уьйранна хьалххе хьалаг1отту)

-Хьалаг1еттинчул т1аьхьа х1ун до цо? (Хьалаг1еттиначул т1аьхьа зарядка йо цо)

-Х1ун г1уллакх до Адама шеен чохь? (Адама ша д1абоккху шеен мотт)

-Х1ун эр дара аша цо ечу ц1анонах лаьцна? (Шийлачу хица йуьлу цо шеен юьхь куьг, лергаш, цергаш а ц1анйо)

-Маца воьду адам школе? (1уьйранна х1ума йиъначул т1ехьа школе воьду Адам)

-Школера ваьлча х1ун до цо? (Школера ваьлча ловзу Адам)

-Дений , нанний г1о дой канта? (Дений нанний г1о до Адама )

-Х1ун эр дара аша кхин д1а дечух лаьцна? (Урокаш кечйо , берашца ловзу , т1аккха д1а вуьжу)

-Муха к1ант ву Адам?

3. Текстаца болх бар.

Шардар № 278, аг1о 132-133.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза? (Дешархочух)

-Цхьатера ду Адаман де , кху дийцар т1ехь вуьйцучу дешархочун де?(Ду)

-Маса декъах лаьтта дешархочун де? (Кхаа декъах)

-Муьлханаш ду уьш? (1уьйре яр, школа, ц1ахь деш дерг)

-Цхьатера хила дезий дешархочун де? (Деза)

-Х1унда ? (Доьшуш хилча , берийн раж цхьатера хуьлу)

4. Изложенин текстан х1оттам таллар, язъян кечам бар.

План йовзийтар.

Уьн т1е д1аязйо план.

1.1уьйранна хьалаг1аттар.

2.Школе вар.

3.Ц1ахь.

-Маса декъах лаьцна хир юу текст? (Кхаа)

-Х1унда ?(Планан кхоъ дакъа ду)

-Муха долор ду х1ора дакъа? (Ц1ецу мог1анчура)

-Д1аеша хьалхарчу декъана йолу предложенеш. Х1ун эр дара аша 1уьйренах лаьцна? (Ас х1ора 1уьйранна зарядка йо. Аса д1атабо сайн мотт. Юьх-куьг , церг, лерг , ворта а ц1анйо аса х1ора 1уьйранна)

-Маца воьду дешархо школе. Д1аеша цунах лаьцна йолу предложенеш? Шайн дешнашца муха эр дара аша школе вахарх лаьцна? (Х1ума а йиъна 1уьйранна воьду о школе)

-Х1ун до дешархочо ц1ахь? Д1абеша цунах лаьцна болу мог1анаш? Муха эр дара шайн дешнашца ц1ахь лелочух? (Школера ваьлча, жима ловзу со. Дена, нанна г1о а до аса, урокаш кечйо , книжкаш йоьшу, д1авуьжу )

Дешнаш таллар

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Хьалаг1отту, юьхь, д1авуьжу.

5. Сада1аран миноташ.

6.Изложениязъяр.

(Бераша шаьш д1аяйо изложении)

7.Жам1 дар.

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар №280 , аг1о 132.

Название документа УРОК 7 СОЧИНЕИ ГУЬЙРЕ .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Сочинени: «Гуьйре»

1алашо: суьрта т1ехь гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар

  2. 1алашо йовзийтар.

-Бераш вай тахана язйийр ю суьртех лаьцна сочинении «Гуьйре»

3. Сурт довзийтар (аг1о 24)

-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш? (Г1уьйре)

-Стенгахь гойтуш ю гуьйре? (Гуьйре лаьмнашкахь ю)

-Муьлхачу басаршца гайтина суртдиллархочо гуьйре? (Кхоьлинчу суьрташца)

-Муха хетало дагна и сурт гича? (Синаттаме хетта)

-Муха де ду гайтинарг? (Шийла )

-Х1ун ю хьоькхуш? (Шийла мох бу хьоькхуш)

-Стенах хаьа иза? (Диттийн гаьннаш ду метах хьуьйш сана)

-Муха гуш ду гаьннаш т1ехь г1аш? (Гаьннаш т1ера г1аш ду можа а , ц1ен а беснаш долуш)

-Муха ю басеш? Басеш цхьаццанхьа баьццара ю , цхьаццанхьа мокха ю)

-Х1унда? (Малх хьожучу аг1ор баьццара ю, 1индаг1 долчу аг1ор мокха ю )

-Муха ду лаьмнийн баххьаш? (Лаьмнийн баххьаш к1айделла ду)

-Х1унда? (Лаьмнашка ло тесна)

-Стенга оьху г1арг1улеш? (Г1арг1улеш бовхачу махкашка д1аоьху)

-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)

-Х1ун ю 1аламехь курра лаьтташ? (1аламехь лаьтташ ю кагъелла б1оов)

-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю, адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)

-Х1ун хилла хир ю кху меттехьшира заманчохь? (Шира заманчохь нохчийн юрт хилла хир ю цигах.?)

-Стенах хиир шуна? (1аламехь лаьтташ ю б1ов)

-Муха ю и ? (Кагъелла)

-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю, адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)

-Муха ойла кхоллало суьрте хьаьжча? (Г1айг1ане )

-Х1унда? (Гуьйренан 1алам , йоьхна юрт иза г1айгане ойла кхуллуш сурт ду)

4.Сочинени язъян кечам бар.

План язйо уьн т1е.

1 Гуьйренан 1алам

2.Олхазарш д1аоьху.

4. Шира б1ов.

5. Суна хетарг.

-Муха йолор ю сочинении? (Т1екхаьчна дашо гуьйре)

-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)

-Х1ун эр яздийр ду 1аламах лаьцна? (1аламех бу хийцамаш. Дитташ т1ера г1аш мажделла. Басешкахь йолу бецаш макхъелла. )

-Х1ун ю д1о т1ехьа гуш? (Д1о т1ехьа гуш лаьмнаш ду. Церан баххьаш к1айдина тесначу лайно)

-Х1ун эр ду г1арг1улех лаьцна? (Г1арг1улеш д1аоьху бовхачу махкашка)

- Х1ун эр дара аша гуш йолчу б1авнах лаьцна? (Цу г1айгачу суьтехь гуш ю шира б1ов. Иза йоьхна ю)

-Муха дог ойла кхоллало шун суьрте хаьвсича? (Сурте хьаьжча г1айгане хуьлу.

а) Сочиненин х1оттам таллар.

-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Диъ)

-Х1ун яздийр ду хьалхарчу декъе? (Гуьйренан 1аламах лаьцна)

-Х1ун яздийр ду шолг1ачу декъе? (Ораматехь , олхазарех лаьцна)

-Х1ун яздийр ду кхоалг1ачу декъе? (Ширачу б1овх лаьцна)

-Йоьалг1ачу? (Шена хетарг суьртах лаьцна)

-Муха доло деза х1ора дакъа? (Доккхачу элпаца)

5. Сада1аран миноташ.

6.Сочинени язъяр.

(Бераша шаьш язйо сочинении)

7. Жам1 дар.

-Х1ун керланиг хии шуна?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 46.



Название документа УРОК 8 СОЧИНЕНИ б1аьсте .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Сочинени: «Аьхке»

1алашо: суьрта т1ехь гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.1аламе безам кхоллар

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

  2. 1алашо йовзийтар.

-Бераш вай тахана язйийр ю сочинении «Аьхке»

3. Керла тема д1аяхьар.

а)Суьртах лаьцна къамел дар.

Хьехархочо д1агойт 178 аг1он т1ера сурт «Аьхке»

-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш ерг? (Аьхке)

-Муха ду 1алам? (1алам тайп-тайпана беснаш эцна ду)

-Муха хетта шуна аьхке т1ееача? (Аьхке т1ееача берашна ч1ог1а хазахета)

-Х1унда? (Аьхка каникулаш юьйлало)

-Суьрте а хьовсуш дийца муха д1ахьо бераша каникулаш? (Каникулаш ч1ог1а хаза д1ахьо оха)

-Х1ун ю школан? (Школан беш ю)

-Х1ун ю бешахь? (Бешахь бу стоьмаш: 1ежаш, кхораш)

-Х1ун до аша царна? (Оха уьш чуберзабо)

-Муха хеташуна бешахь болх беш? (Бешахь ч1ог1а самукъане хуьлу)

-Стенга оьху шу мокъачу хенахь? (Мокъачу хенахь тхо хуьнах оьху)

-Х1ун ю хьуьнхахь? (Хьуьнхахь ду ц1азамий)

-Х1ун до аша царна? (Оха ц1азамий лахьадо, 1аламан тидам бо)

-Шун юртана уллохь муьлха хи ду? (Тхан юртана уллохь Гумс ду)

-Х1ун ю цу чохь? (Цу чохь ч1ерий ду)

-Аша лоьций ч1ерий? (Оха ч1ерий лоьцу)

-Кхин х1ун до аша? (Тхо буьрканах ловзу)

-Шуна х1ун аьлла хетта: пайденна дуй аьхка сада1ар? (Аьхка иштта сда1ар пайде ду. Ц1енчу х1аваэхь г1уллакх дар , ловзар могашаллина пайдехь ду)

аь)Сочиненин кийча план таллар

1Аьхкенан 1алам.

2.Берийн сада1ар.

3.Могашаллина пайда гар.

-Маца дакъа хир ду вайн сочиненин? (Кхоъ)

-Х1унда ? (Планан кхоъ дакъа ду)

-Муха долор ду х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анчура)

-Х1ун яздийр ду хьалхарчу декъе? Х1ун эр дара аьхкенан 1аламах лаьцна? (Т1екхечи хаза аьхке. Стиглахь лепа дашо малх. Х1аваъ кхоччуш дохделла. Денош дахделла , буьйсанаш яцъелла)

-Х1ун эр дара берийн сада1арх? Маца юьйлало аьхкенан каникулаш? Муха хетта шуна ? (Аьхка юьйлало канийкулаш. Оха уьш ч1ог1а хаза д1ахьо)

-Х1ун эр дара аша берийн сада1арх лаьцна? Дийца стоьмийн бешах лаций. (Тхан школан беш ю. Бешахь кхуьу 1ежаш. Оха уьш схьабоху. Ч1ог1а самукхане хуьлу бешахь)

-Кхин х1ун эр дара аьхка сада1арх? (Тхо сих-сиха хуьнах оьху. Оха хьуьнхахь ц1азамий лахьадо, 1аламан тидам бо. Тхан юртана уллохь жима татол ду . Оха цу чура ч1ерий лоьцу. Тхо буьрканах ловзу)

-Могшаллина пайде дуй иштт сада1ар? (Могушаллина ч1ог1а пайдехь ду иштта сада1ар)

б) Дешнаш таллар.

Т1екхечира, лепа, дохделла, дацделла, юйлало , д1ахьо,лоьцу

-Д1адеша дешнаш. Муха яздийр ду уьш?

4. Сада1аран миноташ.

5. Сочинени язъяр.

(Бераша кхочушбо болх)

6. Жам1 дар.

7.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 394 , аг1о 179





Название документа УРОК 9 ДИКТАНТ БОШМИЙН ДОТТАГ1ИЙ .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : диктант «Бошмийн доттаг1ий»

1алашо: Предложенех , дешнийн цхьанакхетарех болу хаамаш таллр. Нийса дешнаш язъян а , ала харр таллар.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

  2. 1алашо йовзийтар.

-Стенах олу предложении?

-Муьлханаг ю дийцаран предложении?

-Муьлханаг ю ха ттаран предложении?

-Муьлханиг ю айдаран предложении?

-Х1ун ю дешнийн цхьанакхетарш.

-Вай тахана язйийр ю диктант «Бошмийн дотта1гий»

3.Керла урок д1аяхьар.

а) Текстан чулацам бовзийтар.

Бошмийн доттаг1ий.

Дитта т1ехь д1атоьхна бен бу. Цу чохь олхазарш дека. Олхазарш бошмийн доттаг1ий дуйла хаьа сунна.

Ас уьш къехка ца до. Цундела тхан дитташ т1е стоьмаш дуккха а латабо.

аь) Диктант язъяр.

БИЛГАЛОННА ДЕШНАШ : д1атоьхна.

б) Грамматически т1едилларш.

1. Шолг1а предложении меженашца талла.

2. Схьаязде хьалхарчу предложенера дешнийн цхьанакхетарш.

3. Йоьхна предложенинисъе.

Хуьлу, ахьхка , мА , хаза.

  1. Жам1 дар.

  2. Ц1ахь бан болх балар

Бакъонаш карлаяха.



Название документа УРОК сочинени 1а..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Сочинени: «Гуьйре»

1алашо: суьрта т1ехь гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.1аламе безам кхоллар

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

  2. 1алашо йовзийтар.

-Бераш вай тахана язйийр ю сочинении «1а»

3. Суьртах лаьцна къамел дар.

(Хьехархочо гойту сутр «1а»)

-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш ерг? (1а)

-Муха эр дара 1аьнах лаьцна? (Т1едеана шийла 1а)

-Муха ду денош, буьйсанаш? ( Денош дацъелла, буьйсанаш яхъелла)

-Муха ду арахь?( Арахь диллина л оду)

-Х1ун эга стигла охьа? (Стиглара охьаэга лайн чимаш)

-Стенгахь ду л о? Цо х1ун хьулйина? (Лайно хьулдина латта, тхевнаш , дитташ)

-Бераш кхоьруш дуй шелонах? (Амма бераш ца кхоьру шелонах)

- Х1ун до цара?(Арахь ловзу бераш).

-Ц1ераш тахка царна. Х1ун до Аминас? (Аминас Лайн-баба йо)

-Х1ун до Индарбис? (Индарбис конькеш хохку)

-Х1ун доМовлида? (Мовлида салаз хохку)

-Х1ун до Рукъета, хадижата, Линдас ? (Рукъет , хадижат, Линда лайн мижаргех ловзу)

-Муха хетта берашна 1ай? (Берашна 1ай ч1ог1а хазахета)

-Муха ду могашаллина берийн ловзарш? (Берийн ловзарш ч1ог1а пайде ду могашаллина)

-Х1унда? (Х1аваэхь левзича иммунитет ч1аг1ло, цамгарш ца лехьайо)

-Шуна муха хетта 1ай?

а)Сочиненин х1оттам таллар

План йовзийтар.

  1. 1аьнан 1алам.

  2. Берийн ловзарш.

  3. Церан пайда

  4. Суна хетарг

-Маса декъах хир ю сочинении? (Кхаа)

-Х1ун яздийр ду аша хьалхарчу декъе? (Т1екхечи шийла 1а. Стиглара охьаэга лайн чимаш. Лайнохьулдина дитташ, аренаш, тхевнаш)

-Муха ду денош, буьйсанаш?(Денош дацделла, буьйсанаш яхъелла)

-Берашна муха хетта 1ай? Х1ун яздийр ду аша шолг1ачу декъе? (Берашна хазахетта 1а деана. Уьш арахь ловзуш ду. 1умара салаз хохку. Мовлида конькеш хохку. Индарби, Хадижат , Рукъет лайн мижаргех ловзу)

-Муха ду и ловзарш могашаллина? (Ц1енчу х1аваэхь ловзар могашаллина пайдехь ду. Цара иммунитет ч1аг1йо, цамгарш ца лехьайо цара)

-Муха ерзор ю сочинении? (Суна хазахета 1ай)

-Маса декъах хир ю сочинении? Муха яздан деза х1ора дакъа?

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

(Бераша язйо сочинении)

6.Жам1 дар.

7. Ц1ахь бан болх балар

Бакъонаш карлаяха.

Название документа УРОК (9 Диктант Хьайбанаш .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : диктант «Хьайбанаш»

1алашо: кхасторан хаьркаш язъяран бакъонех кхетар таллар, къасторан хьаьркаш йолу дешнаш нийса ала а , яздан а хаар таллар.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

  2. 1алашо йовзийтар.

-Маца яздо дашехь къасторан Ъ?

-Маца яздо дашехь къасторан Ь?

-Вай тахана язйийр ю диктант «Хьайбанаш»

3. Керла урок д1аяхьар

а)Диктантан текст йовзийтар.

Хьайбанаш.

Гуьйре йоьлча , арахь шелъелира. Дитташ т1ехь мажъелла хьайбанаш кхозу. Хьайба стоьмех массарел т1аьхьа кхуьу. Дуьххьара ло тесча схьаяьхна хьайбанаш мерза хуьлу. Мадъелла хьайбанаш догдог1уш юу жимчу Хьамида.

аь) Диктант д1аязъяр.

б) Т1едилларш.

1. Къасторан хьаьркаш йолу дешнаш схьаязде.

2.Сехьадаха мА деззара декъа дешнаш: дитташ, дуьххьара, жимчу.

3.Хьалхарчу предложенерчу дешнашкара мукъачу элпашна буха сиз хьакха.

4. Жам1 дар.



Название документа УРОК 1. Изложени Бух1анан к1орни.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : изложени «Бух1анан к1орни»

1алашо: дийцаран чулацам йозанца схьабала хаар кхиор, кийчачу планах пайда а оьцуш ; цхьалхе предложенеш х1итто уьш йозанехь билгалъяха 1амор; къамел кхиор, дешнаш хаарш довзийтар.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

  2. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 59 , аг1онаш 29-30.

(Хьехархочо ладуху масех берийн дийцаре)

3.Керла тема хьехар.

а) Изложенин текста т1ехь юха а болх бар.

Шардар№ 59, 29-30.

-Д1аеша ю массара .

-Стенга вахара к1ант? Муха дуьйцу цо шех лаьцна? (Со хьуьнах вахара)

-Мичахь дара хьуьнхочун ц1а? (Хьунна гена доцуш хьуьнхочун ц1а дара)

-Х1ун хезира к1антана? (К1антана бух1анан шок хезира)

-Х1ун карийра царна? Муха боху цара бух1анан бен карорах лаьцна?(Тхуна дитта т1ехь бух1анан бен карийра)

-Х1ун яра бена чохь? (Бена чохь бух1анан к1орни яра)

-Цунна х1ун хиллера? (Цуьнан т1ам бойнера)

-Х1ун дира бераша бух1анан к1орнина? (Оха бух1анан к1орни ц1аялийра)

-Х1ун дира бухано ? (Бух1а дитта т1е еара)

-Х1ун дора бух1анша суьйранна? (Суьранна бух1ано , цуьнан к1орнино г1овг1а йора)

-Х1унда йора бух1анаша г1ара? (Цара вовшашна сагатдора)

-Маца хийцира оха бераша бух1анан к1орни д1а? (Бух1анан к1орни тоелира. Оха иза д1ахийцира)

-Стенца д1аяхара бух1анан к1орни? (Бух1анан к1орни шеен ненаца д1аяхара)

-Муха бераш ду уьш?(Уьш дика адамаш ду)

- Х1унда?(Цара бух1анан бохам хилча цунна г1о дина, царна 1алам дукхадеза)

-Маса абзац ю дийцаран? Муха йолийна х1ора ?(Ц1ечу мог1анчура)

аь) Планаца болх барг .Планан х1ора хаттарна гергара жоп нисдар.

-Х1ун ала хьуьнхо волу вахарх?Х1ун коьртаниг аьлла хьалхарчу абзацехь ?

(Со аьхка хьуьнхо волчу вахара. Суна дитта т1ехь бух1анан бен карийра)

-Мичахь карийра бух1анан к1орни? (Бена чохь яра бух1анан к1орни)

-Х1унда ялийра цара и ц1а? (Бух1анан к1орни т1ам бойна яра. Оха иза ц1а ялийра)

-Х1унда йора шина бух1ано г1овг1а? (Бух1ано , цуьнан к1орнино г1овг1а йора. Цара вовшашна сагатдора)

-Х1унда хийцира к1орни д1а? (К1орни тоделира. Оха и д1ахийцира. К1орни шеен ненаца д1аяхара)

б) Изложени язъян кечам бар.

-Маса абзац хир ю вайн изложенин? (Кхоъ)

-Муха йоло еза х1ора абзац? (Ц1ечу мог1анчура)

-Х1ун яздир ду аша хьалхарчу абзацехь? Схьадийца.

-Х1ун яздир ду аша шолг1ачу абзацехь? Схьадийца.

-Х1ун яздир ду аша кхоалг1ачу абзацехь? Схьадийца.

в) Дешнаш т1ехь болх бар.

-Муха яздир ду аша КАРИЙРА,ДИЙНАХЬ, СХЬАИЙЦИРА дешнаш?

-Муха яздан деза Д1АЯХА дош?

3. Сада1аран миноташ.

4. Изложени язъяр.

5. Жам1 дар.

-Х1ун дара хала? Х1ун нисдели шун дика?

6.Ц1ахь бан болх балар

Бакъонаш карлаяха.

Название документа УРОК 2 изложени Ч1ерий дахар. .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : изложени «Ч1ерий дахар»

1алашо: дийцаран чулацам йозанца схьабала хаар кхиор, кийчачу планах пайда а оьцуш ; цхьалхе предложенеш х1итто уьш йозанехь билгалъяха 1амор; къамел кхиор, дешнаш хаарш довзийтар.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

  2. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 129 , аг1о 65.

(Бераша схьадуьйцу дийцар)

  1. 1алашо йовзийтар.

-Бераш, вай тахана изложении язйийр ю.

4. Изложенин текстах лаьцна къамел дар.

-Д1аеша текст.

-Стенга оьхура бераш? (Орган т1е ч1ерий даха оьхура бераш)

-Муха ду органан хи? (Ррганан хи чехка ду)

-Муьлха меттигаш . м1ара бог1а дика? (Органо голатухучохь к1орга а , тийна а меттигаш ю. Уьш м1ара бог1а дика ю)

-Муха иеттин карийна к1антана? (Дика меттиг карийна к1антана)

-Х1ун дира к1анта? (М1ера т1е н1аьна а боьллина хичу тесира к1анта)

-Х1ун яьккхира цо? (Цо ч1ара баьккхира)

-Стенга хьора к1анта ч1ерий? (Хи йистехь айма йора ас. Цу чу ч1ерий хецара)

-Муха метин карийра цунна? (Дика меттиг хиллера цунна карийнарг)

аь) Планаца болх барг .Планан х1ора хаттарна гергара жоп нисдар.

-Х1ун боху Органна т1е ч1ерий даха эхарх? Коьрта х1ун ала г1оьртина автор? Жоп ло шайна хетачу кепара.

-Тхо Органа т1е ч1ерий даха оьхура. Органа хи чехка ду.

-Мичахь хуьлу Органца м1ара бог1а тамехь мети? )(Органо голатухучохь хуьлу ч1ерий леца томехь меттиг)

-Х1унда дехира к1анта дукха ч1ерий? (Иштта меттиг карийра сунна. Цудела аса дукха ч1ерий дехира)

-Стенга хьора к1анта шеен ч1ерий? (Жима айма йира аса. Цу чу хийцира аса ч1ерий.)

-Маца хуьлура ч1ерий айми чохь шера? (Айми чохь нека дора ч1ераша. Хи хьаьъча , уьш шера гора айми уьш чохь)

-Муха меттиг хиллера к1антана карийнарг? (Дика меттиг хиллера сунна карийнарг)

Б) Текст х1оттамца таллар.

-Маса абзац хир ю вайн текстан?

-Муха йолор ю х1ора абзац.? (Ц1ечу мог1анчура)

-Х1ун яздийр ду хьалхарчу абзацехь? Шолг1ачу ? Кхоалг1ачу.

в) Дешнаш таллар.

Ч1ерий, лоьцура, карийра, хийцира , боьллира.

-Муха яздир ду аша дешнаш?

4. Сада1арар миноташ.

5. Изложени язъяр.

6. Жам1 дар.

-Х1ун хили шуна хала? Х1ун дара дика нисделларг?

7. Ц1ахь бан болх балар.

Бакъонаш карлаяха.



Название документа УРОК 5 изложени Цициган к1орни.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : изложени «Цициган к1орни»

1алашо: дийцаран чулацам йозанца схьабала хаар кхиор, кийчачу планах пайда а оьцуш ; цхьалхе предложенеш х1итто уьш йозанехь билгалъяха 1амор; къамел кхиор, дешнаш хаарш довзийтар.Дийнаташка безам кхиор, амалехь диканиг алсамдаккхар.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

  2. 1алашо йовзийтар.

Бераш , вай тахана язйийр ю изложении «Цициган к1орни»

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар №395 , аг1онаш 179-180.

(Хьехархочо схьадуьйцуьйту дешархошка дийцар)

  1. Текста т1ехь болх бар.

А)Текстан чулацам таллар.

-Д1аеша текст.

-Стенга даханера бераш? (Бераш ловза даханера)

-Х1ун яьхьира цара шайца? (Цара шайца цициган к1орни яьхьира)

-Стенца ловзура цициган к1орни? (Цициган к1орни бецашца ловзура)

-Берашна х1унда йицъелира к1орни ? (Бераш муьстаргаш яа дахара.Царна цициган к1орни йицъелира)

-Мила вара вог1уш? (Таллархао вара гуш)

-Х1ун яра цуьнца? (Цуьнца ж1аьла дара)

-Х1ун дира ж1аьло? (Ж1аьла цицигана т1ехьаьдира)

-Х1ун дира к1анта? (К1ант а хьаьдира цициган к1орнина т1е)

-Х1ун дан г1ертара ж1аьла? (Ж1аьла цициган к1орни схьалаца г1ертара)

-Муха д1алачкъийра к1анта к1орни? (К1анта маара а йоьллина , д1алачкъийра к1орни)

-Хьан д1ачовхийра ж1аьла? (Таллархочо ж1аьла д1ачовхийра)

-Х1ун дира к1анта? (К1анта цициган к1орни шеца ц1аеара)

-Кхин х1ун ц1е тилла мегар дара дийцарна ? (Майра к1ант)

Аь) Текст планан дакъошка терра д1анисъяр.

Уьн т1е д1аязйо план.

  1. Бераша цициган к1орни ехьира.

  2. Новкъахула схьадог1у ж1аьла.

  3. К1анта цициган к1орни к1елхьарйоккху.

-Муха йолор ю аша изложении? (Бераш ловза дахара. Цаьрца цициган к1орни яра)

-Д1абеша бераша цициган к1орни яхьарх лаьцна мог1анаш.Х1ун ду цу юкъахь кьрта? (Берашна цициган к1орнии цицъялар)

-Дийца х1унда йицъелира берашна цициган к1орни.(Берашна муьстаргаш карийра. Царна цициган к1орни йицъелира)

-Д1абеша новкъахула схьадог1учу ж1аьлех лаьцна болу мог1анаш. Х1ун ду цу юкъахь коьрта? (Ж1аьла цицигана чухьаьдира)

-Х1унда хьаьдира ж1аьла цицигана чу? (Ж1аьлина цициг гира. Ж1аьла цициг схьалаца чухьаьдира)

-Д1абеша к1анта цициг к1елхьардаккхарх болу хаамаш? Х1ун ду цигахь коьртаниг? (К1анта к1елхьарайоккху шеен цициган к1орни.Таллархочо ж1аьла д1ачовхадо)

-Муха к1елхьаръяьккхира к1орни? (К1антана гира деда дог1у ж1аьла. Цо цициган к1орни марайоьллира. Таллархочо ж1аьла д1ачовхийра)

-Муха ерзор яра изложении? (К1анта цициган к1орни цул т1аьхьа ца хьора шеца)

-Муха к1ант хетта шуна иза?

Б) Изложени дакъошца схьайийца.

-Х1ун яздир ду аша хьалхарчу декъана?Схьадийца и дакъа.

-Х1ун яздир ду аша шолг1ачу декъана?Схьадийца и дакъа.

-Х1ун яздир ду аша кхоалг1ачу декъана?Схьадийца и дакъа.

В) Дешнаш таллар.

Ехьира, йицъелира, т1ехьаьдира, маара йоьллира, д1ачовхийра.

-Муха яздан деза лакхара дешнаш? Д1адеша уьш шера.

4.Изложени язъяр.

(бераша болх бо шаьш)

5.Жам1 дар.

6.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар№ 393 , аг1о 178.

Название документа УРОК 6 сочинени Гуьйре..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Сочинени: «Гуьйре»

1алашо: суьрта т1ехь гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар

  2. 1алашо йовзийтар.

-Бераш вай тахана язйийр ю суьртех лаьцна сочинении «Гуьйре»

3. Сурт довзийтар (аг1о 24)

-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш? (Г1уьйре)

-Стенгахь гойтуш ю гуьйре? (Гуьйре лаьмнашкахь ю)

-Муьлхачу басаршца гайтина суртдиллархочо гуьйре? (Кхоьлинчу суьрташца)

-Муха хетало дагна и сурт гича? (Синаттаме хетта)

-Муха де ду гайтинарг? (Шийла )

-Х1ун ю хьоькхуш? (Шийла мох бу хьоькхуш)

-Стенах хаьа иза? (Диттийн гаьннаш ду метах хьуьйш сана)

-Муха гуш ду гаьннаш т1ехь г1аш? (Гаьннаш т1ера г1аш ду можа а , ц1ен а беснаш долуш)

-Муха ю басеш? Басеш цхьаццанхьа баьццара ю , цхьаццанхьа мокха ю)

-Х1унда? (Малх хьожучу аг1ор баьццара ю, 1индаг1 долчу аг1ор мокха ю )

-Муха ду лаьмнийн баххьаш? (Лаьмнийн баххьаш к1айделла ду)

-Х1унда? (Лаьмнашка ло тесна)

-Стенга оьху г1арг1улеш? (Г1арг1улеш бовхачу махкашка д1аоьху)

-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)

-Х1ун ю 1аламехь курра лаьтташ? (1аламехь лаьтташ ю кагъелла б1оов)

-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю, адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)

-Х1ун хилла хир ю кху меттехьшира заманчохь? (Шира заманчохь нохчийн юрт хилла хир ю цигах.?)

-Стенах хиир шуна? (1аламехь лаьтташ ю б1ов)

-Муха ю и ? (Кагъелла)

-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю, адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)

-Муха ойла кхоллало суьрте хьаьжча? (Г1айг1ане )

-Х1унда? (Гуьйренан 1алам , йоьхна юрт иза г1айгане ойла кхуллуш сурт ду)

4.Сочинени язъян кечам бар.

План язйо уьн т1е.

1 Гуьйренан 1алам

2.Олхазарш д1аоьху.

4. Шира б1ов.

5. Суна хетарг.

-Муха йолор ю сочинении? (Т1екхаьчна дашо гуьйре)

-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)

-Х1ун эр яздийр ду 1аламах лаьцна? (1аламех бу хийцамаш. Дитташ т1ера г1аш мажделла. Басешкахь йолу бецаш макхъелла. )

-Х1ун ю д1о т1ехьа гуш? (Д1о т1ехьа гуш лаьмнаш ду. Церан баххьаш к1айдина тесначу лайно)

-Х1ун эр ду г1арг1улех лаьцна? (Г1арг1улеш д1аоьху бовхачу махкашка)

- Х1ун эр дара аша гуш йолчу б1авнах лаьцна? (Цу г1айгачу суьтехь гуш ю шира б1ов. Иза йоьхна ю)

-Муха дог ойла кхоллало шун суьрте хаьвсича? (Сурте хьаьжча г1айгане хуьлу.

а) Сочиненин х1оттам таллар.

-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Диъ)

-Х1ун яздийр ду хьалхарчу декъе? (Гуьйренан 1аламах лаьцна)

-Х1ун яздийр ду шолг1ачу декъе? (Ораматехь , олхазарех лаьцна)

-Х1ун яздийр ду кхоалг1ачу декъе? (Ширачу б1овх лаьцна)

-Йоьалг1ачу? (Шена хетарг суьртах лаьцна)

-Муха доло деза х1ора дакъа? (Доккхачу элпаца)

5. Сада1аран миноташ.

6.Сочинени язъяр.

(Бераша шаьш язйо сочинении)

7. Жам1 дар.

-Х1ун керланиг хии шуна?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 46.

Название документа УРОК № 3 изложени ШИ ГАЗА.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : изложени «Ч1ерий дахар»

1алашо: дийцаран чулацам йозанца схьабала хаар кхиор, кийчачу планах пайда а оьцуш ; цхьалхе предложенеш х1итто уьш йозанехь билгалъяха 1амор; къамел кхиор, дешнаш хаарш довзийтар.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

  2. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 204, аг1о 97.

(Хьехархочо ладуг1у берийн масех дийцаре)

3.1алашо йовзийтар.

-Бераш вай тахана язйийр ю изложении «Ши газа» ц1е а йолуш.

4. Текстах лаьцна къамел дар. Чулацамах бераш кхетор.

-Д1аеша текст.

-Стенах лаьцна ю текст ? (Текст шина газанах лаьцна ю)

-Муха хила ши газа? (Ши газа хьекъал долуш хила)

-Мичахь дуьхь-дуьхьала 1оттаелла и шиъ? (Ламанан басахь готтачу г1ашлойн новкъахь дуьхь-дуьхьала кхетта ши газа)

-Муха хила и некъ? (Цу некъана цхьана аг1ор к1орга 1ин хила, вукха аг1ор ламанан берд хила)

-Морзахъялалуш хиллий и шиъ? (Вовшашца морзахъялалуш ца хила и шиъ)

-Х1ун дина цу шина газано? (Цхьа газа гор йижна, бердах д1атаь1на. Важа газа дехьаяьлла. Йижна йолу газа д1аяхана.

-Х1ун хир дара и шиъ ши цхьани дуьхь-дуьхьал г1оьртинехьара? (Бердах г1ур яра и шиъ)

-Муха кхета шу «Ницкъал хьекъал тоьлу» бохучу кицанах?

Аь)Суьртах лаьцна къамел дар.

-Х1ун го шуна суьрта т1ехь? (Ши газа)

-Муьлха киртиг ю цу т1ехь гайтинарг? Д1аеша иза.

Б) Изложенин язъян кечам бар

-Х1ун боху автора шина газанах лаьцна дийцар долош? (Ши газа хьекъал долуш хила)

-Х1ун яздийр ду аша гезарийн вовшахкхетарх лаьцна? (Ламанан готтачу новкъахь дуьхь-дуьхьал кхетта ши газа)

-Дийца муха хила и некъ? (И некъ хила цхьана аг1ор берд болуш , вукху аг1ор 1ин долуш)

-Х1ун эр дара аша гезарийн ойланах лаьцна? (Гезарша ойла йира. Цхьа газа лаьтта охьайижира. Шолг1а газа цунна т1ехула дехьа а яьлла д1аяхара)

-Х1ун дира д1айижначо? (Д1айижнарг хьала а г1еттина д1аяхара)

Б) Изложенин текстан х1оттам таллар.

План

1.Гезарех лаьцна.

2.Шина газанан вовшахкхетар.

3.Хьекъале газа

-Маса дакъа хир ду вайн изложенин? (Кхоъ)

-Х1унда? (Планан кхоъ дакъа ду)

-Муха йолор аша х1ора абзац? (Ц1ечу мог1анчура)

-Маса предложенихир ю хьалхарчу декъан? (Цхьаъ)

-Муха йолор ю аша иза? (Ши газа хьекъал долуш хила)

-Маса предложенихир ю шолг1ачу декъан? (Кхоъ)

-Муьлханаш хир ю уьш?

-Маса предложенихир ю кхоалг1ачу декъан? (Шиъ)

-Муьлханаш хир ю уьш?

В) Дешнийн талларш.Уьн т1е д1аяздо хала дешнаш.

Дуьхь-дуьхьал , кхетта, д1айижна, дехьаяьлла, к1орга 1ин, лекха берд, морзахъялалурйоцуш.

-Д1адеша дешнаш. Муха яздийр ду аша уьш?

4. Сада1аран миноташ.

5. Изложени язъяр.

(Бераша шаьш бо болх)

6.Жам1 дар.

-Х1ун дира аша урокехь?

-Стенах самукъадели шун?

7.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар №

Название документа Урок 12 Шалхачу элпаца билгалдеш долу аьзнаш .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : «Шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш»

1алашо: шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш довзийтар, царех йозвнехь пайдаэца 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду шалха элпаш , 1емар ду царех йозанехь пайдаэца. Берашна 1емар ду уьш буха сиз хьакхарца билгалдаха. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх толлар.

Шардар № 52, бакъо 25 аг1он т1ера.

  1. Дешаре шовкъ кхоллар. 1алашо йовзийтар.

Дешнаш тобанашка декъар.

Ахка , аьхке, говр , г1ант, кад, кхакха, къам, к1а,тата, т1ам, паста, п1елг, урс, уьстаг1, орам, оьпа, човка, ч1ара, ялг1у, яьшка.

-Х1адеша и дешнаш. Шина тобане декъа и дешнаш.

-Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (аьхке, г1ант, кхакха,къам,к1а,п1елг, уьстаг1, оьпа, ч1ара, яьшка)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша и дешнаш цхьана тобане?( Уьш шалхачу элпашца долало)

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (Ахка, кад, тата, паста, урс, орам, човка, ялг1у)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша и дешнаш цхьана тобане?( Уьш шалхачу элпашца ца долало)

-Д1аязде хьалхарчу тобанера дешнаш. Шалхачу элпашна буха хьакха сиз. Д1аеша урокан ц1е. Х1ун 1амор дув ай тахана.

-Вай тахана 1амор ду шалг1ачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш. Вай 1амор ду царех йозанехь билгалдаха.

3. Керла тема хьехар.

а) 28 аг1он т1ера бакъон т1ехь болх бар.

-Муьлха аьзнаш доху йозанехь шалхачу элпашца?

-Царах х1ун олу?

аь) Шалхачу элпийн тидам бар.

Шардар № 55 , аг1о 28.

-Д1адеша хьалхара дош? (Аьхка)

-Муьлха элп ду дашна юьххьехь? (АЬ)

-(АЬ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа)

-Муха сиз хьокху вай ? (Цхьа сиз)

(Иштт кхочушдо шардар)

б) Шардар № 54 , аг1о 27.

-Д1адеша шардар. Муьлхачу дешнашкахь ду шалха элпаш? (Стиглахь, малхбузехьа, д1алоьхку, цаьрга , хьоьжуш , лаьтта, хьажахьа, аг1ор, хьожур)

-Муьлханаш да царехь мукъа шалха элпаш? Мукъазанаш?

в) Шалха элпаш долу дешнаш схьаязъяр.

Шардар № 56 , аг1о 28.

-Муьлхачу дешнашкахь ду шалха элпаш? (Юьртана, охьадог1уш, къилбаседа, юьртабахаман, цигахь , боккха, ч1ерий)

-Муьлхачу шалхачу элпо билгалдо ши аз? (Юь)

-Муьлханаш ду уьш? (Й,УЬ)

4. Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало йоцуш хьала.

Мел хан яьлла, хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а кхиссало,

Цхьана меттехь воду,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи,

Дег1е «зузз» доуьйтуш,

Хиларх шийла и.

Цергаш, юьхь-куьг дила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза вакъало.

(Хь. Саракаев)

(Бераша Вахас дийрриг до)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 58 , аг1о 29.

-Муьлхачу дешнашна буха сиз хьаькхира аша? Х1унда?

Шардар № 57 , аг1о 29.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дашехь ду шалха элпаш ? (Новкъахула)

-Муьлханаш ду уьш? (Къ)

-Элп КЪ ду мукъа я мукъаза? Муха билгалдоккху иза? (Ши сиз хьакхарца)

6. Жам1 дар.

-Х1ун керланиг 1еми шуна?

7. Шам1 дар.

-Муьлха аьзнаш доху йозанехь шалг1ачу элпашца билгалдоху?

-Муьлха элпаш ду уьш?

8. Ц1ахь бен болх балар.

Шардар № 61 , аг1о 30 . 28 аг1он т1ера бакъо.



Название документа Урок 13-14 .Мукъаза шиъ шалха элпааш .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Мукъаза шалха элпаш»

1алашо : мукъаза шалхачу элпех болу хаамаш т1еч1аг1бар. Мукъаза шиъ шалаха элпаш т1аьхьа- хьалха нисделча нийсаязъяран бакъонаш йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна хуур ду мукъаза шиъ шалха элп т1аьхьий – хьалхий нисделча уьш нийсаязъяран бакъонаш йовза , 1емар ду царех пайдаэца. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 61 , аг1о 30 . 28 аг1он т1ера бакъо.

-Муьлха дешнаш яздина аша хьалхарчу тобане? Х1ун ду церан юкъара ? (Царна юьххьехь мукъа шалха элпаш ду)

-Шолг1ачу тобане? Х1ун ду церан юкъара? (Царна юьххьехь мукъаза шалха элпаш ду)

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ коллар.

Дешнийн диктант.

Яххьаш, баххьаш, яккъаш , т1етт1а , доккха.

-Д1аязде дешнаш. Х1ун ду церан юкъара? (Дешнашкахь мукъаза шиъ шалха элп ду т1аьхье-хьалхе)

-Х1ун 1амор ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

-Вай тахана евзар юмукъаза шиъ шалха элп т1аьхье- хьалхе нисделча ниясаяздаран бакъонаш, . Шуна 1емар ду уьш йозанехь билгалдаха.

3. Керла тема хьехар.

а) Бакъон т1ехь болх бар.

-Д1аеша бакъо.

-Муха кхета шу цунах ? Масалаш даладе вай язйинчу диктанта юкъара.

-Д1адеша дешнаш ткъес, ткъолг1а. Цу дешнашкахь дуй мукъаза шалха элпаш ? Муьлханаш ду уьш? (Т1 , КЪ)

-Х1ун эр дара аша церан нийсаязъярах лаьцна.

аь)Мукъаза шиъ шалха элпийн тидам бар.

Шардар № 62 , аг1о 30-31.

-Д1аеша предложенеш. Билгалдаьхначу мукъазчу элпаша мукъа аьзнаш билгалдоху? (Мукъаза)

Шардар № 63 , аг1о 31.

-Муьлхачу дешнашкахь ду мукъаза шиъ шалха элп т1аьхье хьалхе нисдина? (Дуккха , йоккха)

-Х1ун эр дара аша церан нийсаяздар лаьцна?

4. Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало йоцуш хьала.

Мел хан яьлла, хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а кхиссало,

Цхьана меттехь воду,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи,

Дег1е «зузз» доуьйтуш,

Хиларх шийла и.

Цергаш, юьхь-куьг дила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза вакъало.

(Хь. Саракаев)

(Бераша Вахас дийрриг до)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 65 , аг1о 32.

6. Рефлекси.

Кегийрхой баккхийбеш буьйлу,

Парг1атчу безам мутт муьйлуш,

Аренаш баккхийбеш толу,

Мехкан ирс даим цара лоьху.

-Х1ун эр дара аша билгалдаьхначу дешнах лаьцна?

8. Жам1 дар.

-Муха язйо мукъаза шиъ шалха элп т1аьхьий –хьалхий нисделча?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 66, аг1о 32 . Бакъо 31-чу аг1он т1ера.

Нохчийн мотт

Тема: «Мукъаза шалха элпаш»

1алашо : мукъаза шалхачу элпех болу хаамаш т1еч1аг1бар. Мукъаза шиъ шалаха элпаш т1аьхьа- хьалха нисделча нийсаязъяран бакъонаш йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна хуур ду мукъаза шиъ шалха элп т1аьхьий – хьалхий нисделча уьш нийсаязъяран бакъонаш йовза , 1емар ду царех пайдаэца. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 66, аг1о 32 . Бакъо 31-чу аг1он т1ера.

-Муьлхачу элпашна буха сиз хьаькхна аша? Муьлханаш ду царех мукъа? Мукъаза?

2. 1алашо йовзийтар.

Луьйчу, юьжу бедарца,

TIepa и ца йоккхуш.

Дийнахь-буса лела и

Щен эткаш а гойтуш. (Г1аз)



Хууш хилча даьхни кхаба,

Шурех юьзна хир ю .... (Кхаба)

Йоза 1амош баккха толам,

Караэций боккха... . (Къолам)

-Муьлха дешнаш хили шун ? (Г1аз , кхаба, къолам)

-Х1ун ду цу дешнийн юкъара? (Уьш мукъаза шалха элпаш ду)

-Х1ун 1амор ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

-Вай тахана евзар юмукъаза шиъ шалха элп т1аьхье- хьалхе нисделча ниясаяздаран бакъонаш, . Шуна 1емар ду уьш йозанехь билгалдаха.

3. Керла тема хьехар.

а) Дешнийн диктант.

Баккъаш , баххьаш , яххьаш, яккъаш, ткъес, ткъаткъа, йоккха.

-Д1аязде и дешнаш дешдакъошка а доькъуш.

-Муха дийкъи аша дош баккъаш? (Бак-къаш )

-Дош баххьаш? (Бах-хьаш)

аь)Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 67 аг1о 32-33.

-Х1ун лору поэта сийлахь?

-Хьан хьогу зовкх?

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Т1еч1аг1дар.

Шардар № 68 , аг1о 33.

-Хьуьнан х1ун къайленаш гучуйовлу текст ешча?

-Ораматаш бохучух муха кхета шу?

6. Рефлекси.

-Язъе жима сочинении.

Мукъаза шиъ шалха элп т1аьхьий –хьалхий нисделча хьалхарчу элпаш шолг1а хьаьрк ца яздо, ткъа шолг1а элп дуьззина яздо. Масала :…..,…..,…..,

7. Жам1 дар.

Х1ун керланиг 1еми шуна?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Бакъонаш карлаяха.

Название документа Урок 21-23 .Дийцаран ,хаттаран предложенеш..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : «Дийцаран , хаттаран предложенеш»

1алашо: предложении кхочушхилла ойла гойтуш долу дешнаш хилар хаийтар ; предложенин тайпанаш (дийцаран, хаттаран) довзийтар. Церан башхаллех кхетор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду предложенеш вовшех къасто , 1емар ду церан чаккхенга оьшу хьаьрк х1отто. Берашна хуур ду йоьхна предложенеш тоян, чаккъенга оьшу хьаьрк х1отто. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшург лаха, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 91 , аг1о 44.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Беза, машар, вайна. Тарсал , сунна , хьуьнхахь , гира.

-Х1орш х1ун ю ? (Дешнаш)

-Х1ун билгалйо дашо? (Х1ума , цуьнан двр, цуьнан билгало)

-Д1адеша дешнаш. Х1оттае царех предложении.

Вайна машар беза. Суна хьунхахь тарсал гира.

-Х1ун маь1на ду предложенин? (Кхочушхилла ойла гойту)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана ? (Берийн жоьпаш)

-Вай тахана дуьйцур ду предложенех лаьцна. Аша карлабохур бу предложенех болу хама. 1емар ду предложенин тайпанаш къасто, церан чаккхенга оьшу хьаьрк дилла.

3. Керла тема хьехар.

а) Дийцаран ,хаттаран предложенин тидам бар.

Сурт «Бешахь»

-Стенга дахана бераш? (Бераш беша дахана)

-Аса х1ун элира ? (Предложени)

-Х1ун гойту предложенино? (Кхочуш хилла ойла гойту)

-Х1ун 1алашо йолуш ялийра аса предложении? (Х1ума хаттархьама)

-Иза хаттаран предложении ю. Цуьнан чаккхенга хаттаран хьаьрк дуьллу.

-Аша муха делира жоп? (Бераш беша дахана)

-Иза х1ун ю ?(Предложении)

-Х1ун 1алашо йолуш ялийра аша и предложении? (Тхайна гуш дерг дийцархьама)

-Иза дийцаран предложении ю. Цуьнан чаккхенга т1адам буьллу.

Кхин д1а а дийцар х1оттадо , шаьш ялийна предложенеш толлуш)

-Х1ун ю цаьргахь? (Цаьргахь тускарш, лами бу)

-Бераша х1ун до бешахь? (Бераша 1ежаш схьадоху)

-Муха бераш ду уьш? (Уьш дика бераш ду)

-Х1ун йо 1ежех? (1ежех йо варениш , компоташ)

-Х1ун пайда бу цаьрца? (Цаьрца ду витаминаш, цара могашалла тойо)

аь) Йозанан болх бар.

Шардар № 93, аг1о 46.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Юьртах лаьцна)

-Маса предложении ю кхузахь? (Йиъ предложении ю)

-Муха хиира шуна? (Предложени чаккхенгахь т1адам буьллу , предложении доккхачу элпаца йолайо)

-Караде ХЬЕНАН? СТЕНАН? хаттаршна жоьпаш ло дешнаш. Х1ун элп дуьллу цуьнан чаккхенгахь?

Шардар № 94, аг1о 46.

-Д1аеша муьлхачу б1ог1амалгеранаш ю предложенеш?Х1унда ю уьш предложенеш? (Цара кхочушхилла ойла гойту)

-Муьлхачу б1ог1амалгеранаш предложенеш хир яц? Х1унда?( Цара кхочушхилла ойла гойту)

4. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)





5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Предложенин тидам бар.

Шардар № 95 , аг1о 47.

-Д1адеша дийцар. Стенан тидам бира аша? (Предложенеш къастийна яц)

-Хьанах лаьцна ду дийцар? (Мовсарх)

-Х1ун боху Мовсарх лаьцна? (Мовсар кхоалг1ачу классехь доьшуш ву)

-Иза х1ун ю ?(Предложени)

-Х1унда ? (Цо кхочушхилла ойла гойту)

-Предложенин чаккхенга х1ун юьллу? (Т1адам)

-Муьлхача дашана т1ехьа буьллу т1адам? (Доьшуш ву)

-Иза муха лела? (Иза гуттар а ц1ена лела)

-И х1ун ю? (Предложени)

-Х1ун юллу цуьнан чаккхенга? (Т1адам)

-Муьлхачу дашана т1ехьа буьллу иза? (Лела)

(Иштта толу текст)

-ИЗА дешан хьалхара дешдакъа муха ала деза? (Доца)

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Х1ун ю предложении?Муьлха тайпана предложенеш евзи шуна?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 96 , аг1о 47.









Нохчийн мотт

Тема : «Дийцаран , хаттаран предложенеш»

1алашо: предложении кхочушхилла ойла гойтуш долу дешнаш хилар хаийтар ; предложенин тайпанаш (дийцаран, хаттаран) довзийтар. Церан башхаллех кхетор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду тайп-тайпана предложенеш х1унда хуьлу , царна иштта ц1ераш х1унда техкина .Берашна 1емар ду предложенеш вовшех къасто , 1емар ду церан чаккхенга оьшу хьаьрк х1отто. Берашна хуур ду йоьхна предложенеш тоян, чаккъенга оьшу хьаьрк х1отто. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшург лаха, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар

1.Ц1ера болх таллар

Шардар № 96 , аг1о 47.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Хьехархочо берашка шайна гучух лаьцна предложениш х1иттайойту. Бераша шаьш лелочух лаьцна предложенеш х1иттайо.



Со футболе оьхуш ву. Аса хаза суьрташ дохку. Мархас хаза йиш локху. Рукъет хаза хелхайолу.

-Х1ун ю аша ялийнарш? (Предложенеш)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

-Вай тахана дуьйцур ду предложенех лаьцна. Аша карлабохур бу предложенех болу хама. 1емар ду предложенин тайпанаш къасто, церан чаккхенга оьшу хьаьрк дилла.

3. Керла тема хьехар.

а) Бакъо таллар.

-Д1аеша 49 аг1он т1ера бакъо.

-Стенна оьшу предложенеш? (Предложенш цхьа 1алашонца олу. Наха вовшашца т1екаре хуьлуш, хоту , цхьа хаам бо я цхьана х1уманах лаьцна дуьйцу)

-Муьлханиг ю дийцаран предложении? (Цхьа хаам бечу я цхана х1уманах лаьцна дуьйцучу предложенех дийцаран предложении олу)

-Х1ун юллу цуьнан чаккхенга? (Цуьнан чаккхенга т1адам буьллу)

-Даладе масалаш.

-Муьлханиг ю хаттаран предложении? (Шена чохь муьлха цхьа хаттар долчу предложенех хаттаран предложении олу)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Хаттаран хьаьрк дуьллу)

-Даладе масалаш.

аь) Йоьхна предложенеш нисъяр.

Шардар № 99 , аг1о 49.

-Х1ун ют хан школан? (Тхан школан беш ю)

-И муьлха предложению ? (Дийцаран)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Т1адам)

-Х1ун ю бешахь? (Бешахь синтарш ду)

-И муьлха предложению ? (Дийцаран)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Т1адам)

-Оха х1ун йийг1ина? (Оха дийг1ина и синтарш)

-Муьлш хьовсу школан беше? (Тхо хьовсу школан беше)

-Караде ХЬЕНАН? СТЕНАН? хаттарша жоьпаш луш долу дешнаш?(Тхан, школан)

-Муьлха элп яздина церан чаккхенга? (-Н)

б) Дийцаран, хаттаран предложенин тидам бар.

Шардар № 100, аг1о 50.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха предложении ю иза? (Хаттаран)

--Д1аеша шолг1а предложении. Муьлха предложении ю иза?(Дийцаран)

(Иштта толу важа предложенеш)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина Ч1ЕГ1АРДИГ дош? (-ДИГ дешдекъехь доца шеконан мукъа аз И ду. Доца шеконан аз Г-ний, К-ний хьалха делахь элп И яздо)

4. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)





5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Предложенин тидам бар.

Шардар № 101 , аг1о 50-51.

-Д1аеша текст. Д1адеша бераша вовшашка дела хаттарш, церан жоьпаш.

-Муьлха хьаьркаш дехкина хаттаран предложенин чаккхенга?Дийцаран?

-Д1аязъе.

6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1еми шуна урокехь?

7. Жам1 дар.

-Х1ун ю предложении?Муьлха тайпана предложенеш евзи шуна?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 104 , аг1о 52.

Нохчийн мотт

Тема : «Дийцаран , хаттаран предложенеш»

1алашо: предложении кхочушхилла ойла гойтуш долу дешнаш хилар хаийтар ; предложенин тайпанаш (дийцаран, хаттаран) довзийтар. Церан башхаллех кхетор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду тайп-тайпана предложенеш х1унда хуьлу , царна иштта ц1ераш х1унда техкина .Берашна 1емар ду предложенеш вовшех къасто , 1емар ду церан чаккхенга оьшу хьаьрк х1отто. Берашна хуур ду йоьхна предложенеш тоян, чаккъенга оьшу хьаьрк х1отто. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшург лаха, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар

1.Ц1ера болх таллар

Шардар № 104 , аг1о 52.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Шардар № 103, аг1о 51.

Х1ора а 1уьйранна сан коре дог1ий,

Хьо х1унда дека , х1ай хьоха?

Мерзачу набарха сов хьалхе воккхий,

Г1аттаво хьан хазчу озо.

Алахьа, сан жима доттаг1а , хьоза,

Со х1унда воьху ахь ара?

Доллий хьо со 1амо, хьо сана говза,

Бакъ илли, дог г1аттош , ала?

-Д1аеша и стихотворении. Стенах лаьцна ю иза? (Хьозанах лаьцна)

-Х1ун хоьтту автора хьозане? (Х1ора а 1уьйранна сан коре дог1ий,Хьо х1унда дека , х1ай хьоха?)

-Муьлха предложении ю иза? (Хаттаран)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Хаттаран)

-Д1аеша шолг1а предложени. Муьлха предложении ю иза? (Дийцаран)

-Х1ун юллу цуьнан чаккхенгахь? (Т1адам)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

-Вай тахана дуьйцур ду предложенех лаьцна. Аша карлабохур бу предложенех болу хама. 1емар ду предложенин тайпанаш къасто, церан чаккхенга оьшу хьаьрк дилла.

3. Керла тема хьехар.

а) Предлошенешна чаккхенгахь оьшу хьаьркаш х1иттор.

Шардар № 105, аг1о 52.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха предложении ю иза? Х1унда? (И предложении ялийна берех лаьцна дийцархьама)

-Х1ун хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенгахь? (Т1адам)

-Д1аеша шолг1а предложении. Муьлха предложении ю иза? Х1унда? (И предложении ялийна цхьа х1ума хаттархьама)

-Х1ун хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенгахь? (Хаттаран хьаьрк)

(Иштта толу важа предложенеш)

Шардар №106 , аг1о 53.

-Д1аеша текст. Х1ун х1илла дина хилла авторна цу хьозано?

-Кара е дийцаран предлошенеш. Каран хаттаран предложенеш.

  1. Сада1аран миноташ.

  2. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Дийцаран , хаттаран предложенех лаьцна болу хаамаш т1еч1аг1бар.

Шардар № 107, аг1о 53.

-Д1аеша хьалхара предложении. Иза муьлха 1алашонца ялийна? (Цхьа х1ума алархьама, дийцархьама)

-Иза муьлха предложении ю? (Дийцаран)

-Х1ун хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенгахь? (Т1адам)

-Д1аеша шолг1а предложении. Х1ун 1алашонца ялийна иза? (Цхьа х1ума хаттархьама)

-И муьлха предложении ю? (Хаттаран)

Х1ун юьллу цуьнан чаккхенга? (Хаттаран хьаьрк)

  1. Рефлекси.

Тобанашкахь болх.

1-ра тоба –Х1иттае 5 дийцаран предложении.

2.-г1а тоба –Хиттае 5 хаттаран предложении.

8.Жам1 дар.

-Муьлханаш ю дийцаран предложенеш? Хаттаран?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 103, аг1о 51





Название документа Урок 29-30 .Предложени а , дешнийн цхьанакхетарш а.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Предложени а, дешнийн цхьанакхетарш а»

1алашо: предложенех лаьцна болу хаамаш т1еч1аг1бар,Предложенехь дешнийн цхьанакхетарш довза а , схьакъасто а 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карлабохур бу предложенех лаьцна болу хаамаш . Берашна хуур ду дешнийн цхьанакхетарш х1ун ю, уьш предложенина юкъара схьакъасто а 1емар д берашна.Берашна хуур ду дешнийн цхьанакхетаршкахь дешнаш коьрта , дозуш хуьлий , царна юкъара уьйр хаттарца билгалйоккхий. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Шардар № 134 , аг1о 68.

-Д1аеша предложенеш.Маца предложени ю текстехь?(Кхоъ)

-Муьлха предложенеш ю уьш? (Хаттаран)

-Муьлха хьаьркаш дохку церан чаккхенга? (Хаттаран хьаьркаш дохку)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина ДЕЧИГ дош? (Дашехь доца шеконан мукъа аьзнаш далахь Г-ний , К-ний хьалха элп И яздо)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина ХЬОСТАМ дош? (Доца шеконан мукъа аьзна А,И,У хезаш хилча элп А яздо)

2.1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Меллаша охьаоьгу лайн чимаш. Лайн чимаш. Меллаша охьаоьгу.

-Д1аеша уьн т1е язйинарг. Муьлханиг ю предложен?(Меллаша охьаоьгу лайн чимаш)

-Муьлханаш яц предложенеш? (Лайн чимаш. Меллаша охьаоьгу)

-Х1унда? (Цара кхочушхилла ойла гойту)

-Д1аеша вайн тема. Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

а) Предложенешкахь дешнийн цхьанакхетарийн тидам бар.

Шардар № 135 , аг1о 68.

Д1аеша хьалхара предложени. Карае коьрта меженаш. (Охьаэга –сказуеми, чимаш –подлежащи)

-Х1инца хьовсур вай цу шинна меженан муьлхачу дешнашца уьйр ю.

-Кхин муьлха меженаш ю цу предложенешкахь? (Коьртаза меженаш: меллаша, лайн)

-Меллаша дешан муьлхачу дашца ю уьйр ? (Охьаоьгу дашаца)

-Муьлханиг ду цу шиннах коьрта? (Охьаоьгу)

-Коьртачу дашна т1ера хаттар ло дозуш долчу дашна т1е? (Охьаэга муха ?меллаша)

-Цхьани ала и ши дош. (Меллаша охьаэга)

-Уьш дешнийн цхьанакхетарш ду. Дешнийн цхьанакхеташна юкъахь цхьа дош коьрта хуьлу , важа дозуш хуьлу. Коьртачу дашана т1ера д1а хаттар дала деза дозуш долчу дашана)

-Муьлхачу дашаца уьйр ю ЛАЙН дешан? (Чима дашац ю)

-Цхьана д1аала и дешнаш.(Лайн чимаш)

-Муьлханиг ду цу шиннах коьрта? (Чимаш)

-Коьртачу дашана т1ера д1а хаттар ло дозуш долчу дашна. (Чимаш стенан? лайн)

-Уьш дешнийн цхьана кхетарш ду.

(Иштта талла а толлуш , кхочушдо шардар)

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша 69 аг1он т1ера баъо.

-Дешнийн уьйр предложенехь муха евза? (Хаттарийн г1оьнца)

б)Дешнийн цхьанакхетарша предложенеш юзар.

Шардар № 136 , аг1о 69.

-Д1адеша хьалхарчу мог1анера дешнийн цхьанакхетарш. Предложени кхолла царех. (Хазачу б1аьстенал юьзна гуьйре тоьлу)

-Д1адеша шолг1ачу мог1анера дешнийн цхьанакхетарш. Предложениикхолла царех (Хиндолу хьоза , бенахь дека.

(Иштта толлуш кхоччушдо шардар)

-Д1аязъе предложенеш.

4. Сада1аран миноташ.

Цаьпцалгаш

Цаьпцалгаш, цаьпцалгаш,

Лелашюшу кхийсалуш:

Кхосса-кхосса-кхоссалой,

Бацалахь цкъа д1атарлой,

Жимма бецаш кхаллий,

Тийналле ладог1ий,

Меллашашу юьйлало,

Юха хьалакхоссало.

(Бераша цаьпцалгаша дийрриг до.)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

А)Предложенера дешнийн уьйр билгалъяккхар.

Шардар № 137 , аг1о 69.

-Д1аеша предложени. Кара е коьрта меженаш. Муьлхачу дашо гойту дар? (Хоьхку)

-Цо муьлхачу хаттарна жоп ло? (Х1ун до?)

-И муьлха меже ю? (Сказуеми)

-Караде подлежащи. (Стенах лаьцна дуьйцу сказуемино? (берех)

-Хаттар ло цу дашана? (Хоьхку ХЬАН? бераша)

-И муьлха меже ю? (Подлежащи)

-Схьаязде шайн хаттаршца шишша дош.

Бераша (х1ун до?) хоьхку.

-Уьш предложенин коьрта меженаш ю. Цара гойту предложенин маь1на.Предложенин коьртачу меженех дешнийн цхьанакхетарш ца хуьлу)

-Сказуемина т1ера хаттар даларца караде цуьнца дозуш долу дош. (Хоьхку х1ун? салазаш)

-Уьш х1ун ю? (Дешнийн цхьанакхетарш ду)

-Муьлхачу дашаца ю ша т1ехь дешан? (Сказуемица хоьхку)

-Хоьхку дашана т1ера д1а хаттар лой уьйр таса. (Хоьхку мичахь? ша т1ехь)

Шардар № 138 , аг1о 70

-Д1аеша предложени.Карае коьрта меженаш.(З1аьнарша –подлежащи, хазйо- сказуеми)

--Кхин муьлха дешнаш диси предложенехь? (Маьлхан, 1уьйре)

-Муьлхачу дашца ю МАЬЛХН дешан уьйр? (З1аьнарша дашца)

-Цхьани д1аала и ши дош. (Маьлхан з1аьнарша)

-Муьлханиг ду дозуш долу дош? Коьртаниг?(Коьртаниг-з1аьнарша, дозуш дерг- маьлхан)

-Коьртачу дашана т1ера д1а хаттар ло дозуш долчу дашана? (З1аьнарш СТЕНАН? маьлхан)

-Муьлхачу дашца ю 1УЬЙРЕ дешан? (Хазйо дашца)

-Цхьани д1аала и дешнаш? (Хазйо 1уьйре)

-Муьлха дош ду коьрта?Дозуш? (Хазйо-коьрта, 1уьйре дозуш ду)

6. Рефлекси.

-Муха кхасто йиш ю предложенина юкъара дешнийн цхьанакхетарш.

  • Билгалйоху коьрта меженаш.

  • Хаттарша ло царан т1ера дозуш долчу дешнашна

7. Жам1 дар.

-Муха карор ю предложенехь дешнийн уьйр?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 139 , аг1о 70. Бакъо. аг1о 69.





































Нохчийн мотт

Тема: «Предложени а, дешнийн цхьанакхетарш а»

1алашо: предложенех лаьцна болу хаамаш т1еч1аг1бар,Предложенехь дешнийн цхьанакхетарш довза а , схьакъасто а 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карлабохур бу предложенех лаьцна болу хаамаш . Берашна хуур ду дешнийн цхьанакхетарш х1ун ю, уьш предложенина юкъара схьакъасто а 1емар д берашна.Берашна хуур ду дешнийн цхьанакхетаршкахь дешнаш коьрта , дозуш хуьлий , царна юкъара уьйр хаттарца билгалйоккхий. Берашна 1емар ду предложенин таллам бан. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Шардар № 139 , аг1о 70.

-Маса предложению цу текста юкъахь? (Ялх)

-Муха хиира шуна? (Предложени доккхачу элпаца йолайо, чаккхенгахь т1адам буьллу)

-Схьайийца бакъо.

2. 1алашо йовзийтар.Дешаре шовкъ кхоллар.

А) Тобанашкахь болх.

Бераша урокашна кечам бира.Ахьмадан месала к1еза ду.

Кечам бира. Урокашна кечам.Месала к1еза. Ахьмадан к1еза.

-Хьалхара тоба- д1аязде дешнийн цхьанакхетар.

-Шолг1а тоба- д1аязъе предложенеш.

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

а) Предложенехь коьрата а, коьртаза а меженин тидам бар.

Шардар № 140, аг1о 70.

-Стенах воккхаве поэт? (Хуьлуш болчу хийцамех)

-Х1ун хийцамаш бу вайн юьртахь? (Маьждиг доьг1на, керла школа .)

-Д1абеша т1аьххьара биъ мог1а. Д1аеша царех берах лаьцна предложени.Муьлхачу дашо гойту дар яхилар? (Кхуьу)

- И муьлха меже ю? (Сказуеми)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цо? (Х1ун хуьлу? кхуьу)

-Кхуьу дашна т1ера хаттар х1оттадей караде подлежащи. (Кхуьу муьлш? бераш)

-Муьлха дешанаш диси вайн? (Заза санна, вайн)

-Заза санна дешнаийн муьлхачу дешнашца уьйр ю? (Кхуьу дашца ю)

-Хаттар ло КХУЬУ дашна т1ера д1а. (Кхуьу муха? заза санна)

-И муьлха меже ю? (КОьртаза)

-Вайн дешан муьлхачу дашаца уьйр ю? (Бераш)

-Бераш дашна т1ера хаттар ло цунна? (бераш хьенан? вайн)

-Шишша цхьана схьала и дешнаш , шайн уьйр йолчу дешнашца.(Вайн бераш, заза санна кхуьу)

-Уьш х1ун ю? (Дешнийн цхьанакхетарш)

(Иштта толлу важа предложенеш)

Д1аязбе т1аьххьра биъ мог1а.

4. Сада1аран миноташ

Цаьпцалгаш

Цаьпцалгаш, цаьпцалгаш,

Лелашюшу кхийсалуш:

Кхосса-кхосса-кхоссалой,

Бацалахь цкъа д1атарлой,

Жимма бецаш кхаллий,

Тийналле ладог1ий,

Меллашашу юьйлало,

Юха хьалакхоссало.

(Бераша цаьпцалгаша дийрриг до.)

5.Керла тема хьехар.

а)Предложенеш таллар.

Шардар № 143, аг1о 72.

-Хаттаршна жоьпаш ло

АЬ)Предложенеш х1иттор , уьш таллар.

-Суьлраш гойту хьехархочо.Шайна гучух лаций предложенеш х1иттае.

Хьуьнхахь олхазарш дека.Хедас к1орнешна х1оъ тосу. Адама книжка йоьшу.

-Д1аеша тредложенин талларна дагалацам.

-Х1ун дан деза дуьххьара предложенитоллуш? (Д1аеша)

-Д1аеша предложени.Бераша йоьшу.

-Шолг1а?(Билгалъяккха эшран кепехь аларца муха ю предложени)

-Х1ара предложенидийцараню .И ялийна цхьа хаам бан, цхьа х1ум дийца. Цуьнан чаккхега т1адам буьллу)

-Кхоалг1а?(Предложенин коьрта а , коьртаза а меженаш карае)

-Предложенехь ОЛХАЗАРЕХ лаьцна х1ун дуьйцу? (Дека- сказуеми)

-Х1ун боху подлежащих лаьцна? (Дека х1ун ? олхазарш-подлежащи)

-Олхазарш дека –предложенин коьрта меженаш ю.

-Карае коьртаза меженаш.Дека мичахь? (Хьуьнхахь-иза предложенин коьрта меже ю)

-Доьалг1а х1ун до? (Дешнийн цхьанакхетарш толлу)

-Хьуьнхахь дека- дешнийн цхьанакхетарш ду.

6. Рефлекси.

Чакхъяккха сан ойла.

  • Предложенино гойту кхочушхилла…..

  • Предложенеш хуьлу ….,….,……

  • Шеначохь цхьа хаам болуш , цхьа х1ума дийца 1алашо ерг …….предложени.

  • Цхьа х1ума хаттархьама , хаархьама ялош ерг……предложени.

  • Хазахетарца , ваккхийверца , кхайкхамбарца олуш ерг….предложени ю.

  • Предложенин коьрта меженаш ю…..,……

  • Предложенехь хьанах я стенах лаьцна дуьйцу гойтуш ерг …..ю

  • Подлежащинах лаьцна дуьйцург…..ду.

8. Жам1 дар.

-Х1ун 1еми шуна керла?

9.Ц1ахь бан болх балар

Шардар № 142, аг1о 72.

Название документа Урок 34- 35 Чаккхе.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Чаккхе»

1алашо: дешан чаккхе йовзийтра. Чаккхе дешан хийцалуш долу дакъа хилар хаийтар. Чаккхено дешнашна юкъахь уьйр латтор хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду чаккхе х1ун ю, 1емар ду дешнашкахь чаккхе каро , билгалъяккха. Берашна хуур ду предложенахь дешнашна юкъахь уьйр чаккхено латтош хилар. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург лаха , цунах пайдаэца 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 164 , аг1о 82.

-Муьлха дешнаш яздина аша схьа? Муьлханаш бу церан орамаш?

-Схьайийца бакъо.

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а) Чаккхенан тидам бар.

Шардар № 165 , аг1о 82.

1ахар (Стенан?) 1ахаран ма1а

к1ант (хьанна? ) к1антана хаьа

йо1 (хьан?) йо1а боху

къолам (стенца?) къоламца яздо

кор (стенах?) корах кхетта.

-Д1адеша дешнаш. Билгалбаха шиша дешан орам. (1ахар-1ахаран орам 1ахар бу)

-Ораман т1ехь кхин муьлха дакъа ду? (-АН)

-К1ант –к1антана орам к1ант бу.

-Орамна т1ехьа х1ун дакъа ду? (-ана)

-Йо1-йо1а -орам йо1 бу.

--Ораман т1ехь кхин муьлха дакъа ду?(-А)

-Къолам- къоламца –орам къолам бу .

-Ораман т1ехь кхин муьлха дакъа ду? (-ца)

-Кор-корах –орам кор бу.

-Ораман т1ехь кхин муьлха дакъа ду? (-ах)

-Д1аязде вайна карийна дешан дакъош.

-АН, _АНА, АХ, -А, -ЦА.

-Уьш чаккхенаш ю. Х1ун ю чаккхе ?(Дешан дакъа ду)

-Мича меттехь лаьтта чаккхе? (Дешан чаккхенгахь)

-Чаккхенаш йоцуш деша и дешнийн цхьанакхетарш.

1ахар ма1а , к1ант хаьа, йо1 боху , къолам яздо , кор кхетта.

-Стенан тидам хили шун? (Дешнийн вовшвшца уьйр яц, маь1на телхина)

-Стенна оьшу чаккхе? (Чаккхено дешнашна юкъахь уьйр латтайо)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

а) Бакъо таллар.

Д1аеша 83 аг1он т1ера бакъо. Х1ун ю чаккхе?

-Стенна оьшу чаккхе?

аь) Йозанан болх бар

Шардар № 165, аг1о 82-83.

б) Йоьхна предложенеш нисъяр.

-Х1ун до Халида дика? (Халид дика доьшу)

-Халид дика доьшу аьлча нийса хуьлий и предложении? Х1унда? (Дешнийн уьйр ца хуьлу)

-Муьлха дош хийцо деза? (Хаалид дош Халида аьлла хийца деза дешнийн уьйр хилийта)

-Хьаьнга хоту дешархоша шаьш ца кхеташ дерг? (Шаьш ца кхеташ дерг Халиде хоту дешархоша)

-Хьан г1о до бершна? (Халид г1о до шеен накъосташна)

-Нийса хуьлий иштта? Х1унда?( Халид дешан уьйр яц вукху дешнашца)

-Муха ала деза Халид дош цу предложенехь? (Халида г1о до шеен накъосташна)

4. Сада1аран миноташ.

Зезаг долу-уш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Г1ийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емаш лестош, лакхабели.

(Байташ т1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голаш т1е хевшина 1а,

кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, мет-

тахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Хаттарийн г1оьнца дешнаш хийцар.

Шардар № 167 , аг1о 83-84.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муха хийца деза КЛУБ дош шолг1ачу предложенехь? (Боьлхура стенага? клубе)

-Кхоалг1ачу предложенехь? (Стенан? коран)

-Йоьалг1ачу? (Стенгахь клубехь)

-Стенна оьшу чаккхе? (Предложенехь дешнашна юкъа уьйр тосу )

Схьаязде клуб дош хаттаршца , чаккхенаш къастош.

Х1ун ? клуб стенца? клубаца

стенан? клубан стенах? клубах

стена? клубана стенга? клубе

стен? клубо стенал?клубал

аь) Дешнийн цхьанакхетарш схьаяздар.

Шардар № 168, аг1о 84.

Динберг х1ун? орамат

Стенан ? динберган 1аьрче

Стенан? динберган г1а а , х1у а

Х1ун? динберган гулъян йолайо

Стенца? динбергаца дарба лелош

6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1еми шуна?

7. Жам1 дар?

-Х1ун ю чаккхе?

-Стенна оьшу чаккхе?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 169, аг1о наш 84-85. Бакъо аг1о 83.





Нохчийн мотт

Тема: «Чаккхе»

1алашо: дешан чаккхе йовзийтра. Чаккхе дешан хийцалуш долу дакъа хилар хаийтар. Чаккхено дешнашна юкъахь уьйр латтор хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду чаккхе х1ун ю, 1емар ду дешнашкахь чаккхе каро , билгалъяккха. Берашна хуур ду предложенахь дешнашна юкъахь уьйр чаккхено латтош хилар. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург лаха , цунах пайдаэца 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 169, аг1о наш 84-85. Бакъо аг1о 83.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Дашна т1еххьа даим лаьтта,

Сайна лиъча хийца а ло.

Дешнийн уьйр ас шуна гойту

Х1ун дешдакъа хир ду?...ЧАККХЕ

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

а) Предложенехь чаккхенийн тидам бар.

Шардар № 170 ,аг1о 85.

-Д1аеша предложенеш. Стенан тидам би аша? (Дешнийн вовшвшца уьйр яц, цундела предложенин маь1на нийса дац)

-Муьлха дош хийца деза? (Йиша)

-Муха хила деза йиша шолг1ачу предложенехь? (Дукхаеза хьанна? йишина)

-Кхоалг1ачу ? (Вахара хьаьнца ? йишица)

-Йоьалг1ачу? (Ийцира хьанна? йишина)

-Пхоьалг1ачу? (Хазахета хьанна? йишина)

-Стенна оьшу чаккхе? (Предложенехь дешнийн уьйр латтайо чаккхено)

аь) Дешнаш х1оттамца таллар.

Шардар № 171, аг1о 85.

-Д1аеша предложенеш. Муьлханаш ду гергара дешнаш? (Экскурсе, экскурсехь, экскурсера)

-Мулханиг бу орам? (Экскурсе)

-Кхин муьлха дакъа ду цу дешнашкахь? ЦУнах х1ун олу?

-Д1аязде шардар.

4. Сада1аран миноташ.

Зезаг долу-уш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Г1ийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емаш лестош, лакхабели.

(Байташ т1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голаш т1е хевшина 1а,

кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, мет-

тахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)



5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 175, аг1о наш 86-87.

аь)Доца шеконан мукъа аьзнех болу хаамаш карлабахар.

Шардар № 173, аг1о 86.

-Д1аязде дешнаш. Т1адамийн метана оьшу элпаш дохкуш.

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина аша и дешнаш?

б) Йьхха предложенеш хоттар.

Шардар № 177, аг1о 87.

-Шеран муьлха зама т1екхаьчна? (Т1екхаьчна шийла 1а)

-Х1ун до лайно? (Тхевнаш , аренаш , дитташ а лайнок1ййо)

-Стенах ловзура бераш? (Кегий бераш лайн межаргех ловзура)

-Цара х1ун хоьхкура? (Цара салазаш хоьхкура)

-Д1аеш а хьалхара предложении. Караде коьрта меженаш.(Т1екхечира –сакзуеми, 1а- подлежащи)

-Муьлхачу дашаца ю уьйр 1А дешан?( Шийла)

-Уьйр билгалъяккха цу дешнийн.

(Иштта толу йоьалг1а предложении)

-Д1адеша дешнаш. (Тхевнашна, дитташа, мижаргех, бераш)

-Х1ун дан деза церан чаккхенаш каро? (Орам билгалбаккха беза)

-Муха каро йиш ю орам? (Гергара дешнаш каро деза)

-Тхевнашна дашана караде гергара дешнаш. Тхов цхьаъ хилча муха эр дара? (Тхов)

-Муьлханиг бу цу дешнийн орам? (Тхов)

-Муьлханиг ю чаккхе? (_ШНА)

(Иштта толу важа дешнаш)

6. Рефлекси.

-Чакхъяккха сан ойла.

  • Гергарчу дешнийн юкъарчу декъах ….олу.

  • Дешан орам каро …. дешнаш лаха деза

  • Дешан хийцалуш долу декъах … олу.

  • Чаккхено предложенерчу дешнашна юкъа ….. тосу

7. Жам1 дар.

-Х1ун 1еми шуна тахана?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 174, аг1о 86



Название документа Урок 49 Мила муьлш х1ун хаттаршан жоьпаш лун дешнаш..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Адамашна , кхийолчу х1уманашна хаттарш х1иттор.

1алашо : берашан адамаш билгалдечу ц1ердешнаша МИЛА? МУЬЛШ? хаттаршна жоьпаш луш хилар , массо а кхийолчу х1уманаша Х1УН ? хаттарна жоп луш хилар хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1хуур ду адамаш билгалдечу ц1ердешнашна хаттарш х1итто, кхийолу х1уманаш билгалъечу ц1ердешнашна хаттарш х1итто.Берашна хуур ду ц1ердешнаш тобанашка декъа. Берашан хуур ду къамелан дакъош предложенин муьлха меженаш хуьлу. Б1ерашна 1емар ду учебникаца болхбан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 245, аг1о 115. Бакъо

-Д1адеша дешнаш.Муьлхачу дешнаша ло мила? бохучу хаттарна жоп?

-Муьлхачу дешнаша ло Х1УН ? бохучу хаттарна жоп?

-Муха кхолладелла адамаш билгалден дешнаш? (Суффиксаш - ХО-, -ЧА- т1екхетарца)

-Стенах олу ц1ердош?

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а) Дешнаш тобанашка декъар.

Уьн т1е д1аяздо.

Дешар, дешархо, яздар, яздархо, 1илма, 1илманча, хелхар, хелхарча.

-Дешнаш шина тобане декъа. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (Дешар, яздар, 1илма, хелхар)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Цара Х1УН? бохучу хаттарна жоп ло)

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (Дешархо, яздархо, 1илманча, хелхарча)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Цара МИЛА? бохучу хаттарна жоп ло)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?Берийн жоьпаш.

-Муьлха хаттар толлур ду вай тахана? Д1адеша.

-Муьлхачу ц1ердешнашна х1отто тарло МИЛА? МУЬЛШ? хаттарш? Муьлхачарна Х1УН? хаттар.

3. Керла тема хьехар.

а) Тобанашкахь болх бар.

Уьн т1е д1аяздо.

Хьехархо, 1ахар, етт, бер, ахча , шело, йовхо, вотанча, пондарча, дешархой, хьеший, лулахой, ча, борз.

1-ра тоба схьаязде адамаш билгалден дешнаш.

2-г1а тоба схьаязде кхийолу х1уманаш билгалъен дешнаш.

-Муьлха дешнаш схьаяздина аша ? (Хьехархо, бер, вотанча, пондарча, дешархой, хьеший, лулахой)

-Хаттарш ло царна.(Мила? хьехархо, муьлш? хьеший)

-Муьлхачу хатташна жоьпаш ло адамаш билгалдечу дешнаша? (Мила? Муьлш? бохучу хаттаршна)

-Муьлха дешнаш схьаяздина шолг1ачу тобано? (1ахар, етт, ахча, шело, йовхо, ча, борз)

-Хаттарш ло царна? (Х1ун ? 1ахар, х1ун? етт)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло кхийолу х1уманаш билгалъен дешнаша?(Х1ун?)

аь)Бакъо таллар

-Д1аеша 116 аг1он т1ера бакъо.

-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло адамаш билгалдечу дешнаша?

-Муьлхачу хаттарна жоп ло м ассо а кхийолу х1ума билгалъечу дешнаша? (Х1ун?)

б)Ц1ердешнаш шайн маь1не хьаьжжина тобанашка нисдар.

Шардар № 246 , аг1о 116.

-Д1адеша хьалхарчу мог1анера дешнаш. Муьлхачу тобанера дешнаш ду уьш?(Адамаш)

-Муьлха дош яздан деза т1адамийн метана? (Адамаш ду)

-Цара муьлхачу хаттаршна жлп ло? (Мила? Муьлш?)

Д1адеша шолг1ачу мог1анера дешнаш. Муьлхачу тобанера дешнаш ду уьш?(Юьртбахаман машенаш)

-Муьлха дош яздан деза т1адамийн метана? (Юртабахаман машенаш)

-Цара муьлхачу хаттаршна жлп ло? (Х1ун?)

-Д1адеша кхоалг1ачу мог1анера дешнаш. Муьлхачу тобанера дешнаш ду уьш?(Ц1еран дийнаташ)

-Муьлха дош яздан деза т1адамийн метана? (Ц1еран дийнаташ)

Цара муьлхачу хаттаршна жлп ло? (Х1ун?)

(Иштта толлу важа дешнаш)

-Муьлхачу хаттаршан жоьпаш ло адамаш билгалдечу дешнаша? Кхийрлу х1уманаша?

Шардар № 247 , аг1о 116.

-Д1аеша байт. Хьанах лаьцна ю иза? (Мусах)

-Муха к1ант ву Муса? (Дика)

-Схьакареде МИЛА? хаттарна жоп луш долу дешнаш.(Муса. баба, к1ант)

-Схьакараде Х1УН? хаттарна жоп луш долу дешнаш? (Ж1ов, морзах, херх, г1ант, ког, бен, вас)

-Д1аязде дешнаш.

4. Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало йоцуш хьала.

Мел хан яьлла, хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а кхиссало,

Цхьана меттехь воду,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи,

Дег1е «зузз» доуьйтуш,

Хиларх шийла и.

Цергаш, юьхь-куьг дила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза вакъало.

(Хь. Саракаев)



5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Тобанашкахь болх бар.

Шардар № 249 ,аг1о 117.

1-ра тоба д1аязде адамаш билгалден пхиъ дош.

2-тоба д1аязде акхарой билгалден пхиъ дош.

3 –тоба д1аязде олхазарш билгалден пхиъ длш.

-Х1ора тобано цхьацца предложении х1оттае.

аь)Къамелан дакъойн предложенин меже хиларан тидам бар

Шардар № 248, аг1о 117.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха къамелан дакъош ду цу предложенехь? (Ц1ердош, хандош)

-Цу дешнашна т1ехула элп дуьллуш билгалдаккха къамелан дакъа.

-Къастор вай и предложении меженашца. Стенах лаьцна дуьйцу предложенит1ехь? (Горгалих)

-Х1ун дира горгалино? (БИйкира)

-Иза муьлха меже ю? (Сказуеми)

-Бийкира Х1УН? горгали. Муьлха меже ю иза? (Подлежащи)

-Предложенин муьлха меже хуьлу ц1ердешнех?(Подлежащи)

-Хандешнех? (Сказуеми)

-Д1аеша т1аьххьара предложении. Муьлха къамелан дакъош ду цу предложенехь? (Ц1ердешнаш , хандош)

-Билгалдаха т1ехула элп дилларца-

-Хьанах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Дешархойх)

-Х1ун боху цу т1ехь ДЕШАРХОЙХ лаьцна? (Йохьу)

-И х1ун ю? (Сказуеми)

-Йохьу хьан? дешархоша. И х1ун ю? (Подлежащи)

-Йохьу х1ун? (Ручканаш, тертадаш, книжканаш)

-Уьш х1ун ю? (Коьртаза меженаш)

-Йохьу стенга? (Школе)

-И муьлха меже хир ю? (Коьртаза меже)

-Предложенехь муьлха меженаш хуьлу ц1ердешнех? (Подлежащи я коьртаза меже)

6. Рефлекси.

-Муха хуур ду предложенехь масех ц1ердош хилча , царех подлежащи муьлханиг ду?

Асхьаба сурт дуьллу.

-Ойлае ,дар хьан кхочушдо Асхьаба . я суьрто?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Муьлхачу хаттаршан жоп ло адамаш билгалдечу ц1ердешнаша? Кхийолу х1уманаш билгалъечу ц1ердешнаша?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 250, бакъо 116 аг1он т1ера.

Нохчийн мотт

Тема: «Долара , юкъара ц1ераш.

1алашо : берашна ц1ераш доллара , юкъара хаийтар. Долара ц1ераш цхьана х1уманах яккха тиллина ц1е хилар хаийтар, юкъара ц1е массо а ша санначу х1уманах яккха тиллина ц1е хилар хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашан хуур ду доллара а , юкъара а ц1ераш йовза , уьш вовшех къасто.Берашна хуур ду ц1ердешнаш тобанашка декъа. Бераша карлабохур бу доца шеконан мукъачу аьзнех болу хаамаш.Б1ерашна 1емар ду учебникаца болхбан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

1 .Ц1ера болх таллар.

Шардар № 250, бакъо 116 аг1он т1ера.

-Муьлха ц1ердешнаш яздина аша даккхийчу элпашца?



  1. 1алашо йовзийтар Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Адам,Халид, ж1аьла, цициг ,Пису, Борза.

-Тобанашка декха дешнаш.Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? М(Адам, Халид,Пису ,Барза)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Уьш доллара ц1ераш ю)

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (Ж1аьла, цициг)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Юкъара ц1ераш ю)

3. Керал тема хьехар.

а) Тобанашкахь болх бар.

-Хьалхара тоба д1аязде доллара ц1ераш

Шолг1а тоба д1аязде юкъара ц1ераш.

Ваша, Адам, юрт, Шоьна, г1ала, Соьлжа, хи, Гумс, урам, А. Кадыровн.

-Муьлха дешнаш яздина хьалхарчу тобано?Муьлха ц1ераш ю доллара?

-Муьлха дешнаш яздина шолг1ачу тобано? Муьлха ц1ераш ду юкъара?

аь) Доларчу ц1ерийн тидам бар.

Шардар № 251 ,аг1о 118.

-Д1адеша шардар.

-Муьлхачу предложенешкахь ю доллара ц1ераш? Муьлхачу элпашца язйина уьш?

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Доца шеконан мукъа аьзнех болу хаамаш карлабахар.

Шардар № 253, аг1о 119.

-Д1адеша муьлха элп яздина хьалхарчу даше? (Сирник –К)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина иза? (Доца шеконан мукъа аьзнаш долчу дашехь Г-ний, К-ний хьалха элп И яздо)

-Маца яздо А? (Аьзнаш И, А, У хезаш дилча яздо А)

б) Карточкашца болх бар.

1. Т1адамийн метана оьшу дешнаш язде.

Сан ц1е ….ю Сан фамилии….ю. Сан доттаг1чун ц1е….ю. Сан хьехархочун ц1…. Со веха ш ву….

1. Т1адамийн метана оьшу дешнаш язде.

Сан жима к1еза ду. Цуьнан ц1е…..ю. Сан йишин жима цициг ду. Цо цунах …олу.



6. Рефлекси.

Чакхъяккха сан ойла.

  • Цхьа х1ума вукхунах къасто , цунах шех яккха тиллинчу ц1ерах …. ц1е олу.

  • Ша сана йолчу массо х1уманах яккха тиллинчу ц1арах …. ц1е олу.

7.Жам1 дар.

-Х1ун керланин хии шуна?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 252, аг1о 118.











Название документа Урок 50 Долара , юкъара ц1ераш .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Долара , юкъара ц1ераш.

1алашо : берашна ц1ераш доллара , юкъара хаийтар. Долара ц1ераш цхьана х1уманах яккха тиллина ц1е хилар хаийтар, юкъара ц1е массо а ша санначу х1уманах яккха тиллина ц1е хилар хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашан хуур ду доллара а , юкъара а ц1ераш йовза , уьш вовшех къасто.Берашна хуур ду ц1ердешнаш тобанашка декъа. Бераша карлабохур бу доца шеконан мукъачу аьзнех болу хаамаш.Б1ерашна 1емар ду учебникаца болхбан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

1 .Ц1ера болх таллар.

Шардар № 250, бакъо 116 аг1он т1ера.

-Муьлха ц1ердешнаш яздина аша даккхийчу элпашца?



  1. 1алашо йовзийтар Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Адам,Халид, ж1аьла, цициг ,Пису, Борза.

-Тобанашка декха дешнаш.Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? М(Адам, Халид,Пису ,Барза)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Уьш доллара ц1ераш ю)

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (Ж1аьла, цициг)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Юкъара ц1ераш ю)

3. Керал тема хьехар.

а) Тобанашкахь болх бар.

-Хьалхара тоба д1аязде доллара ц1ераш

Шолг1а тоба д1аязде юкъара ц1ераш.

Ваша, Адам, юрт, Шоьна, г1ала, Соьлжа, хи, Гумс, урам, А. Кадыровн.

-Муьлха дешнаш яздина хьалхарчу тобано?Муьлха ц1ераш ю доллара?

-Муьлха дешнаш яздина шолг1ачу тобано? Муьлха ц1ераш ду юкъара?

аь) Доларчу ц1ерийн тидам бар.

Шардар № 251 ,аг1о 118.

-Д1адеша шардар.

-Муьлхачу предложенешкахь ю доллара ц1ераш? Муьлхачу элпашца язйина уьш?

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Доца шеконан мукъа аьзнех болу хаамаш карлабахар.

Шардар № 253, аг1о 119.

-Д1адеша муьлха элп яздина хьалхарчу даше? (Сирник –К)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина иза? (Доца шеконан мукъа аьзнаш долчу дашехь Г-ний, К-ний хьалха элп И яздо)

-Маца яздо А? (Аьзнаш И, А, У хезаш дилча яздо А)

б) Карточкашца болх бар.

1. Т1адамийн метана оьшу дешнаш язде.

Сан ц1е ….ю Сан фамилии….ю. Сан доттаг1чун ц1е….ю. Сан хьехархочун ц1…. Со веха ш ву….

1. Т1адамийн метана оьшу дешнаш язде.

Сан жима к1еза ду. Цуьнан ц1е…..ю. Сан йишин жима цициг ду. Цо цунах …олу.



6. Рефлекси.

Чакхъяккха сан ойла.

  • Цхьа х1ума вукхунах къасто , цунах шех яккха тиллинчу ц1ерах …. ц1е олу.

  • Ша сана йолчу массо х1уманах яккха тиллинчу ц1арах …. ц1е олу.

7.Жам1 дар.

-Х1ун керланин хии шуна?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 252, аг1о 118.













Название документа Урок 54- 57 .Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар (Легар).docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт 1

Тема: «Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар(Легар)

1адашо: ц1ердешнаш дожаршца хийцалуш хилар хаийтар. Ц1ердешнийн барх1 дожар хилар хаийтар, церан х1оран хаттарш, чаккхенаш йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду ц1ердешнаш дожаршца хийцалуш хилар. Берашна девзар ду ц1ердешнийн барх1 дожар, церан хаттарш, чаккхенаш. Берашна 1емар ду ц1ердешнийн дожарш къасто. Берашна хуур ду учебникаца болх бан , оьшург лаха , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

Шардар №262 , аг1о 123.

-Муьлхачу классехь ду билгалдаьккхина дош?

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Евзаш Марха сунна ю,

Мархин шортта хьекъал ду,

Дадас Мархина хьекъал ло,

Мархас цуьнан тидам бо

Оьздангалла Мархица лела

Массо Мархех тарлуш ву

Ала сунна дешархо:

Вевзи шуна Мархел г1оле?
-Д1аеша байт. Хьанах лаьцна ю иза? (Мархех лаьцна)

-Схьаязде Марха дешан кепаш. Къамелан муьлха дакъа ду Марха дош? (Ц1ердош)

-Стенан тидам би аша? (Марха дош хийцаделла)

--Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?Д1аеша урокан ц1е.

3.Керла тема хьехар.

а) Ц1ердешнийн дожаршца хийцадаларан тидам бар.

Шардар № 266, аг1о 125.

-Д1аеша предлошенаш. Массо а предложенехь т1адамийн метана ШКОЛА дош доьшуш. Стенан тидам би аша? (Дешнийн уьйр яц, предложенийн маь1на телхина)

-Х1ун дан деза предложенеш нийса хилийта? (ШКОЛА дош хийца деза)

-Д1аеша хьалхара предложении.Стенах лаьцна ю предложении? (Школах)

-ШКОЛА дашо муьлхачу хаттарна жоп ло? (Х1ун?)

-Д1аеша шолг1а предложении. Муха яздан деза ШКОЛА дош СТЕНАХ? хаттарна жоп луш? (Стенах? школах)

-Д1аеша кхоалг1а предложении. Муха яздан деза ШКОЛА дош СТЕННА? хаттарна жоп луш хилча? (Стенна ? школана)

--Д1аеша йоьалг1а предложении. Муха яздан деза ШКОЛА дош СТЕНГА? хаттарна жоп луш хилча? (Стенга ? школе)

-Д1аеша пхоьалг1а предложении. Муха яздан деза ШКОЛА дош СТЕНАН? хаттарна жоп луш хилча? (Стенан ? школан)

-Д1аеша пхоьалг1а предложении. Муха яздан деза ШКОЛА дош СТЕНАХ? хаттарна жоп луш хилча? (Стенах ? школах)

-Д1аеша йолхалг1а предложении. Муха яздан деза ШКОЛА дош СТЕНАЛ? хаттарна жоп луш хилча? (Стенал ? школанал)

-Схьаязде хаттарш , жоьпаш.Билгалъяха чаккхенаш.

х1ун? школа

стенан? школан

стенах? школах

стенга? школе

стенах? школах

стенал ? школал

стенца? школаца

-Х1ун див ай ШКОЛА дашна? (Хаттршца хийцади)

-Муьлханиг бу орам? (Школа)

-Муьлха дакъа ду хийцаделларг? (Чаккхе)

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша 125 аг1он т1ера бакъо. Стенах олу легар?

-Маса дожар ду нохчийн маттахь?

-Х1ун эр дара аша церан хаттарех лаьцна?

-Д1адеша 126 аг1он т1ера дожарш , церан хаттарш.Дагахь 1амаде уьш.

б) Ц1ердешнаш дожаршца хийцадар.

Шардар № 267, аг1о 126.

-Дешнаш ВАША, КОР дожаршца хийца.

Ц1.мила ? ваша х1ун ? кор

ДЛ.хьенан? вешин стенан? коран

Л.хьанна? вешина стена? корана

Др. хьан? вашас стен? коран

Х.Хьанах? вешех стенах? корах

М.хьаьнга? веше стенга? коре

Дс. хьанал? вешел стенал? КОРАЛ

-Муьлханиг бу ВАША дешан орам? (ВАШ)

-Муьлха чаккхенаш ю ВАША дешан дожаршкахь?

-Муьлханиг бу КОР дешан орам? (КОР)

-Муьлха чаккхенаш ю КОР дешан?

-Муха кхета шу Ц1ЕРНИГ бохучу дашаш? (Х1уманан ц1е ю)

-ДОЛАНИГ? (Долахь ю сан, хьан)

-ЛУРГ? (Цхьах1ума ялар)

_ДИЙРИГ? (Дешдерг ахьа до, аса до г1уллаех)

-КОЬЧАЛНИГ? (Х1ума ен г1ирс )

-ХОТТАЛУРГ?

МЕТТИГНИГ? (Меттиг гойту)

-ДУСТУРГ? (ЦХьа х1ума я адам вовшех дустар)

4. Сада1аран миноташ.

Юкъ

Мор буззий ас дечиг дохьу,

Туьллу иза пеша тхайн.

Пешо тхуна йовхо йохьу,

Серладоху дегнаш дайн.

Яга ц1е хьо, сирла яга,

Дечиг дага, сиха дага,

Алу тхуна алсам луо,

Цуьнца цхьаьна йовхо луо.

Кхерчахь дечиг даьгна дели,

Цунах алсам юкъ ма ели.

Кха т1е юхкур ю и оха,

Хьо ца оьиу, дада, воха.



5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Ц1ердешнаш легар.Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 270, аг1о 127.

аь) Текстехь ц1ердешнийн хийцадаларан тидам бар.

Шардар № 268 , аг1о наш 126-127.

-Стенах лаьцна ю текст? (Татолах)

-ТАТОЛ до ша мА дарра д1адоьшуш еша текст. Стенан тидам би аша? (Предложенешкара дешнийн уьйр яц)

-Х1ун дан деза? (Татол дош хийца деза)

-Д1аеша хьалхара предложении. Билгалдьккхинчу дашана т1ера хаттар ло ТАТОЛ дашана(Яьккхира СТЕН? татоло)

-Муха хийци аша цуьнан чаккхе? (_О)

-Д1аеша шолг1а предложени. Билдгалдаьккхинчу даша т1ера хаттар ло ТАТОЛ дашана? (Доладелира Х1УН? татол)

(Иштта толлу важа предложенеш)

6.Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи вай?

7. Жам1 дар.

Стенах олу легар?

-Маса дожар ду нохчийн маттахь?

-Х1ун эр дара аша церан хаттарех лаьцна?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 269, аг1о 127.Бакъо 125 аг1он т1ера













Нохчийн мотт 2

Тема: «Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар(Легар)

1адашо: ц1ердешнаш дожаршца хийцалуш хилар хаийтар. Ц1ердешнийн барх1 дожар хилар хаийтар, церан х1оран хаттарш, чаккхенаш йовзийтар.Берашна ц1ердешнийн дожар къасто 1амор

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду ц1ердешнаш дожаршца хийцалуш хилар. Берашна девзар ду ц1ердешнийн барх1 дожар, церан хаттарш, чаккхенаш. Берашна 1емар ду ц1ердешнийн дожарш къасто. Берашна хуур ду учебникаца болх бан , оьшург лаха , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

Шардар № 269, аг1о 127.Бакъо 125 аг1он т1ера

-Муьлха дош хийцина аша дожарша? (Йиша)

-Муьлха чаккхенаш ю цуьнан?

-Схьайийца бакъо.

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Кехат, кехатан, кехатана, кехато, кехатах, кехатаца, кехате, кехатал, книга.

-Д1адеша дешнаш . Дийца, муьлха дош ду совнаха?(Книга)

-Х1унда ду КНИГА дош совнаха? (Ехат дош ду дожаршца хийцина )

-Хаттарло х1ора дашана. Мтенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? Д1адеша вай талла деза хаттар.(Муха хуур ду ц1ердош муьлхачу дожарехьду?)

3. Керла тема хьехар.

а) Ц1ердешнаш дожаршца хийцадаларан тидам бар.

Шардар № 273, аг1о 129.

-Дожаршца хийца дешнаш Б1АЬСТЕ, ГУЬЙРЕ.

Ц1. х1ун ? б1аьсте гуьйре

Дл. стенан? б1аьстенан, гуьйренан

Л. стена? б1аьстенна, гуьйренна
Др.стен? б1аьстено, гуьйрено
К. стенца? б1аьстенца, гуьйренца

Х. стенах? б1аьстенах, гуьйренах

М.стенга? б1аьстене, гуьйрене

Дс. б1аьстенал, гуьйренал

-Д1адеша дешанаш. Стенан тидам би аша? (Б1аьсте , гуьйре дешнийн чаккхенаш цхьатера хийцало)

-Муьлха чаккхенаш ю Б1АЬСТЕ , ГУЬЙРЕ дешнийн Ц1ЕРНИГ дожарехь? Доланиг?

(Иштта толлу важа дешнаш)

а) Ц1ердешнийн дожар къасторан дидам.

Уьн т1е д1аяздо.

Хьалххе самавелира Абубакар.

-Муьлханиг ду цу предложенехь ц1ердош.? (Абубакар)

-Муьлхачу дашаца ю АБУБАКАР дешан уьйр? (Самавелира дашца)

-Дош муьлхачу дожарехь ду хьажа , цкъа хьалха х1ун дан деза? (И ц1ердош муьлхачу дашах дозаш ду хьажа веза)

-САМАВЕЛИРА дашана т1ера ло АБУБАКАР дашна хаттар.(Самавелира МИЛА? Абубакр)

--Дош муьлхачу дожарехь ду хьажа , шозлаг1а х1ун дан деза?(Дозуш долчу дашана т1ера д1а хаттар х1отто деза)

-Муьлхачу хаттарна жлп ло АБУБАКАР дашо? (Мила?)

-Муьлхачу дожаран ду МИЛА? хаттар? (Ц1ерниг дожаран)

-Муьлхачу дожарехь хили АБУБАКАР дош? (Ц1ерниг)

-Хьан лу дара вай талла дезачу хаттарна жоп?Д1адеша и хаттар.(Муха хур дара дош муьлхачу дожарехь ду?)

-Жоп ло цунна.

-Дош муьлхачу дожарехь ду хаархьама цкъа хьалха и муьлхачу дашах дозуш ду хьажа везе, шозлаг1а дозуш долчу дашана т1ера д1а хаттар дала деза.

б) Ц1ердешнийн дожарш къастор.

Шардар № 251, аг1о 128.

-Д1аеша шолг1а предложении. Муьлха ц1ердешнаш ду цу предложенехь? (Акхарошна , олхазаршна, денош)

-Муьлха чаккхенаш ю ОЛХАЗАРШНА, АКХАРОШНА дешнийн ? (-ШНА)

-Муьлхачу дожарехь ду и ши дош? (Т1ех1иттинарш дашах дозуш ду и ши дош, царна т1ера лур вай хаттарш. Т1ех1иттинарш стена? ОЛХАЗАРШНА, АКХАРОШНА)

-Муьлхачу дожаран хаттар ду иза? (Лург дожаран)

-Муьлхачу дожарехь ду и ши дош? (Лург дожарехь)

-Муьлхачу дожарехь ду ДЕНОШ дош? (Т1ех1иттира х1ун? денош- ц1ерниг дожарехь)

Шардар № 272, аг1онаш 128-129.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дожарехь ду ХЬАЙБА дош? (Ю х1ун? хьайба ц1.д)

-Д1аеша шолг1а предложении. Муьлхачу дожарехь ду ХЬАЙБА дош?(Гонаха стена? хьайбанна-Л.д.)

-Д1аеша кхоалг1а предложении. Муьлхачу дожарехь ду ХЬАЙБА дош?(Заза даккха стен? хьайбано Д.д.)

-Т1ера схьаязде массо а кепехь хьайба дош , шеца дозуш долчу дешнашца , хаттаршца.

Къона х1ун ю? хьайба

Стенна ? хьайбанна гонаха

Стенга ?хьайбане хьоьжу

Стенах? хьайбанах тера

Стенал? хьайбанал мерза.

-Муьлха чаккхенаш юу цу дешан?

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 275 , аг1о 130

-Муьлхачу дожарехь ду ХЬОЗА дош? (Хьийза х1ун? хьоза)

-Муьлхачу дожарехь ду ХЬОЗАНО дош? (Амал бо стен? хьозано)

-Муьлха дешт1аьхьенаш карий шуна? (Чу , т1ехь)

-Карабе К1ОРНЕШ дешан орам. (К1орнеш- к1орни- орам к1орни бу)

-Муьлханиг ю чаккхе? ( -ЕШ)

-ГЕРГАРЛО дешан орам муьлханиг бу? (Герга- гергара-гергарло- орам герга бу)

-Мацозза хийцаделла ГЕРГАРА дашна т1ера ГЕРГАРЛО т1е кхаччалц и дош? (ГЕРГАР- ГКЕГАРЛО- шозза)

-Муьлхачу декъо г1о дина шуна и хийцо? (-Р-, -ЛО- дакъоша)

-Уьш х1ун ю? (Суффиксаш)

6. Рефлекси.

-Чакхъяккха сан ойла.

Дош муьлхачу дожарехь ду хаа …. бакъо йовза еза

  1. Дош муьлхачу дашах ……хьажа веза

  2. Дозуш долчу даша т1ера …. дала деза

  3. И хаттар муьлхачу….ду билгадаккха деза

Дауда дика доьшу.

-Талла и дош.



7.Жам1 дар.

-Муха хуур ду дош муьлхачу дожарехь ду? Д1адеша шайн жоьпаш.

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 277, аг1о 131.



































Нохчийн мотт 3

Тема: «Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар(Легар)

1адашо: ц1ердешнаш дожаршца хийцалуш хилар хаийтар. Ц1ердешнийн барх1 дожар хилар хаийтар, церан х1оран хаттарш, чаккхенаш йовзийтар.Берашна ц1ердешнийн дожар къасто 1амор

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду ц1ердешнаш дожаршца хийцалуш хилар. Берашна девзар ду ц1ердешнийн барх1 дожар, церан хаттарш, чаккхенаш. Берашна 1емар ду ц1ердешнийн дожарш къасто. Берашна хуур ду учебникаца болх бан , оьшург лаха , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

Шардар № 277, аг1о 131.

-Муьлха чаккхенаш ю билгалдаьхначу дешнийн?

-Муьлха дешнаш ду дукхаллин терахьехь?

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Борз

Чуьраяьлла хьийза борз,

- Ас бер, — боху, - шух и х1оз!

-Массо хьуьнан ох1лане:

Зуьне, пхьиде, бух1ане,

Д1аме, луне, тарсале,

Ц1ока хазчу цхьогале,

Бецан сенчу парг1атехь

Децаш долчу зингате,

Цкъа а цхьанна хьовзаме

Ца хиллачу хьозане,

Хенак1уьре, чхьаьвриге,

Яьт1ча санна х1инца ге,

Хьийза иза, чуьраюьйлу,

Доцца аьлча, девне юьйлу,

Амма гучудаьлча лом,

Сеци эццахь берзаи т1ом.

(С. Гацаев)

-Д1аеша стихотворении. Стенах лаьцна ю иза? Караде ц1ердешнаш, схьаязде.

-Х1оз, ох1лане, зуьне, пхьагале, цхьогале, зингате, лом ,т1ом,луне, пхьиде, д1аме, тарсале, хьозане , чхьавриге.

-Шина тобане декъа и дешнаш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (Тарсале, пхьиде, цхьогале, д1аме, ох1лане, зуьне, пхьагале, цхьогале, зингате,луне, пхьиде, д1аме, тарсале, хьозане , чхьавриге)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Уьш Меттигниг дожарехь ду)

- Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане?( Х1оз, лом ,т1ом)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Уьш Ц1ерниг дожарехь ду)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

3. Керла тема хьехар.

а) Т1ердешнийн дожаршца хийцадаларан тидам бар.

Шардар № 276, аг1о 130-121.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дашна т1ера х1отто деза ВАША дашана хаттар? (Ву МИЛА? хьехархо)

-Муьлхачу дожарехь ду ВАША дош? (Ц1ерниг дожарехь)

Д1аеша шолг1а предложении. Муьлхачу дашна т1ера дала деза ВЕШИН дашна хаттар? (Книжкаш ю ХЬЕНАН? вешин)

(Иштта толлу важа предложенеш)

-Схьаязде дешнаш т1адамийн метана оьшу дешнаш х1иттаде.

хьехархо ву (мила? )хьехархо

книжканаш ю(хьенах?) вешин

хотту (хьаьнга?) вешига

вахара ( стенга?) библиотеке, (хьаьнца?) вешица

ийцира (хьан?) вашас, (х1ун? )книжкаш

хаьа (хьанна?) вешина, (х1ун?) туьйранаш

ладуг1у (хьан?) вашас, (стенга?)туьйранашка

-Билгалдаха дожарш.

а) Ц1ердешнийн дожарш билгалдахар.

Шардар № 280 , аг1о 132.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дашца уьйр ю билгалдаьккхинчу дешан ДЕЧИГАНА? (Хьаькхира)

-ХЬАЬКИРА дашна т1ера д1а хаттар ло ДЕЧИГАНА дашна? (Хьаькхира стена? дечигана)

(Иштта толлу важа предложенеш)

  1. Сада1аран миноташ.

  2. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 282, аг1о 133.

аь) Ц1ердешнаш юкъахь долу предложенеш х1иттор.

Шардар № 281 , аг1о 133.

Хьехархочо доски т1е суьрташ ухкий х1иттайойту предложенеш.

б)Ц1ердешнаш дожаршца хийцадар.

Шардар № 283, аг1о 133.

-Дожаршца хийцаде дешнаш.Билгалъяха чаккхенаш.

6. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехира аша?

8.Жам1 дар.

-Муха хуур ду дош муьлхачу дожарехь ду?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 282, аг1о 133.



Нохчийн мотт 4

Тема: «Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар(Легар)

1адашо: ц1ердешнаш дожаршца хийцалуш хилар хаийтар. Ц1ердешнийн барх1 дожар хилар хаийтар, церан х1оран хаттарш, чаккхенаш йовзийтар.Берашна ц1ердешнийн дожар къасто 1амор

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду ц1ердешнаш дожаршца хийцалуш хилар. Берашна девзар ду ц1ердешнийн барх1 дожар, церан хаттарш, чаккхенаш. Берашна 1емар ду ц1ердешнийн дожарш къасто. Берашна хуур ду учебникаца болх бан , оьшург лаха , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар

Шардар № 282, аг1о 133.

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а)Тобанашкахь болх бар

Уьн т1е д1аяздо.

Ахьмада, Ахьмад, цхьогал, цхьогал, к1ант, к1анта.

1 -ра тоба схьаязде ц1ерниг дожарера ц1ердешнаш.

2 –г1атоба схьаязде дийриг дожарере ц1ердешнаш.

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Д1адеша вай талла деза хаттар.

3. Керла тема хьехар.

а) Ц1ердешнаш предложенин меженаш хилар таллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Т1ЕКХЕЧИ ХАЗА Б1АЬСТЕ.

Б1АЬСТЕНО ХАЗЙО ШУЬЙРА АРЕНАШ, ЛЕКХА ЛАЬМНАШ.

-Д1аеша хьалхара предложении . Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Б1аьстенах)

-Б1аьстено х1ун ди? (Т1екхечи)

-Иза муьлха меже ю? (Сказуеми)

-Т1екхечи х1ун? (Б1аьсте)

-Иза муьлха меже ю? (Подлежащи)

-Б1аьсте -муьлха къамелан дакъа ду? (Ц1ердош)

-Муьлхачу дожарехь ду иза? (Ц1ерниг)

-Д1аеша шолг1а предложении.Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Б1аьстенах)

-Х1ун боху б1аьстенах лаьцна? (Хазйо)

-И муьлха меже ю? (Сказуеми)

-Хазйо стен? (Б1аьстено)

-Б1аьстено муьлха меже ю? (Подлежащи)

-Муьлхачу дожарехь хуьлу подлежащи?

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша бакъо.

-Муьлхачу дожарера ц1ердешнаш хуьлу подлежащи?

б)Йозанан болх бар.

Шардар № 284, аг1о 134.

-Муьлхачу дожарехь ду ХЬЕХ дош? (Дара х1ун? хьех)

--Муьлхачу дожарехь ду ХЬЕХАН дош?(Яра стенан? хьехан)

-Д1аеша хьалхара предложении. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Хьехах)

-Предложенин муьлха меже ю иза? (Подлежащи)

-Муьлханиг ду сказуеми? (Сказуеми)

-Д1аеша йоьалг1а предложении. Стенах лаьцна ю иза? (Хьехах)

-Х1ун боху ХЬЕХАХ лаьцна? (Д1ахецнера)

-Д1ахецнера муьлха меже ю? (Сказуеми)

-Д1ахецнера стен? (Хьехо)

-Муьлхачу дожарехь ду и дош? (Дийриг дожарехь)

-Муьлхачу дожарера ц1ердешнаш хуьлу подлежащи?

-Д1аязде шардар.

б) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 286, аг1о 135.

4. Сада1аран миноташ.

5.Керла тема хьехар.

а) Ц1ердешнийн предложенин меженаш хилар тидам бар.

Шардар № 285 , аг1о 134.

-Д1аеша предложенеш. Муьлха ц1ердешнаш ду цу т1ехь?

-Муьлхачу дожарехь ду Б1АЬСТЕ дош? (Т1екхечи х1ун? б1аьсте)

-Муьлхачу дожарехь ду З1АЬНАРША дош? (Къегадора стен? з1аьнаршаа-Др.д)

-Д1аеша шолг1а предложении. Стенах лаьцна дуьйц у цу т1ехь? (З1аьнарех)

-Х1ун боху з1аьнарех лаьцна? (Къегадора)

-Муьлха меже ю иза? (Сказуеми)

-Къегадора стен? (З1аьнарша)

-Муьлха меже ю иза? (Подлежащи)

-Муьлхачу дожаршкара дешнаш хуьлу подлежащи? (Ц1ерниг, дийриг дожаршкара)

Шардар № 388, аг1о 136.

-Маса предложенех лаьтта стих?

-ХАЗБО, ХАЗДО, ХАЗЙО дешнийн орам муьлханиг бу? (хаз)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина дош СИЙНА? (Орамехь деха аз И хилча цунна т1ехь элп яздо)

-Муьлханиг бу ОЬЗДАЛЛА дешан орам? (Оьзда-оьздалла- оьзда орам бу)

-Муьлха дакъа дисина? (ЛЛА)

-И т1екхетча дешан маь1на хийцалой? Муьлха дакъа ду иза? (Хийцало иза суффикс ю)

6. Рефлекси.

Тест

  1. Ц1ердашо билгалйо:



А) х1ума

Б)Х1уманан билгало
в)Х1уманийн дар.



  1. Муьлханиг ду совнаха дош?(Буха сиз хьакха)



Хьач, шело, б1аьсте, боду



  1. Дош ВАША чудог1у ду



А) зударин классана

Аь) божарийн классана

В)кхийолу классана



4.Муьлха дешнаш ду дукхаллин терахьехь?



А)Аре в) г1абакхаш

Б)аренаш г) стоьмаш



5.Билгалдаха х1ун ? хаттрна жоп луш долу дешнаш.



А) боз в) етт

Б) ча г) к1ант



6.Муьлхачу дожарера ц1ердешнаш хуьлу подлежащи?

А) Ц1ерниг, дийриг б) Хотталург, меттигниг

Аь) Ц1ерниг, доланиг в) Доланиг, дустург



7.Стенах олу легар?



А)Ц1ердешнийн терахьашца хийцадалар

Аь)Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар




8. Жам1 дар.

-Муьлхачу дожарера ц1ердешнаш хуьлу подлежащи?

9.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 287, аг1о 135,бакъо аг1о 134.







Название документа Урок 58-59 .Билгалдош .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Билгалдош»

1алашо: билгалдашах кхетам балар. Билгалдешан маь1на , цуьнан г1уллакх(х1уманийн билгало билгалъяр) , хаттарш довзийтар. Билгалдешнаша ц1ердешнашца уьйр лелош хилар хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду билгалдешнаш, девзар ду церан маь1на , хаттарш. Берашна хуур ду билгалдешнаша ц1ердешнашца уьйр лелош хилар.Бершана 1емар ду ц1ердешнашна т1ера билгалдешнашна хаттарш х1итто, текста юкъара уьш цхьана схьаяздан .Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар

  1. .Ц1ера болх таллар.

Шардар № 287, аг1о 135,бакъо аг1о 134.

2. 1алашо йовзийтар .Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Ц1ен , горга , жима, мерза , 1аж.

Бовха, можа, боккха, малх.

Шийла , г1айн , семса , ло.

-Караде совнаха дош х1ора мог1анехь.Муьлха дош ду совнаха хьалхарчу мог1анехь? (1аж)

- Муьлха дош ду совнаха хьалхарчу мог1анехь? (Малх)

- Муьлха дош ду совнаха хьалхарчу мог1анехь?(Ло)

-Х1унда ду и дешнаш совнаха? (Уьш ц1ердешнаш ду, дисина дешнаш билгалдешнаш ду)

-Х1ун 1амор ду вай тахана? Д1аеша урокан ц1е.

-Муьлха хаттар ду вай тахана талла билгалдаьккхина? Д1адеша.(Х1ун 1алашо йолуш пайдаоьцу билгалдешнех къамелехь)

3. Керла тема хьехар.

а) Билдгалдешнийн тидам бар.

Шардар № 289 , аг1о 137.

-Д1аеша ши текст. Муха ю аьрру аг1ор йолу текст? (Кхачам болуш яц)

-Муха ю аьтту аг1ор текст? (Иза кхачамболлуш текст ю)

-Муьлхачу дешнаша тойина иза? (Т1ехдоккха, шуьйра , беха, довхачу)

-Цара х1ун билгалйо? (Х1уманийн билгалонаш)

-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло цара? (Муха? мухачу?)

-Муьлхачу дешнашна т1ера дала деза и хаттарш? Муьлхачу дешнашца ю церан уьйр? (Ц1ердешнашца уьйр ю, царна т1ера д1а хаттар ло)

-Караде хьалхарчу дашехь ц1ердош. (Дийнат)

-Дийнат дашна т1ера хаттар ло т1ехдоккха дашна ? (Дийнат муха? т1ехдоккха)

-Муьлханиг ду шолг1ачу дашехь ц1ердош? (Лергаш)

-ЛЕРГАШ дашна т1ера д1а хаттар ло ШУЬЙРА дашна? (Лергаш муха? шуьйра)

-Кхин муьлханиг ду цу предложенехь шолг1а ц1ердош? (Мара)

-МАРА дашна т1ера ло хаттар БЕХА дашна? (Мара муха? беха)

-Стенах лаьцна ю текст? Ц1е тилла цунна.( Пийл. Т1ехдоккха дийнат)

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша 138 аг1он т1ера бакъо.

-Муьлхачу дешнех олу билгалдешнаш?

-Муьлхачу къамелан декъаца хуьлу ц1ердешнийн уьйр?

б) Билгалдешнийн ц1ердешнашца йолу уьйр билгалъяккхар.

Шардар № 290, аг1о 137.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха дош ду билгалдаьккхинарг? (Исбаьхьа)

-Цо х1ун билгалйо? (Х1уманан билгало гойту)

-Оцу предлоаженехь муьлхачу х1уманан билгало гойту цо? (Б1аьсте)

-Муьлхачу дашца ю ИСБАЬХЬА дешан уьйр? (Б1аьсте)

-Б1АЬСТЕ дашна т1ера х1оттаде хаттар ИСБАЬХЬА дашна? (Б1аьсте муха? исбаьхьа)

(Иштта талла важа предложенеш)

-Схьаязде билгалдешнаш , ц1ердешнаш цхьана.

б) Билгалдешнийн тидам бар.

Шардар № 291, аг1о 138.

-Д1аеша стихотворении. Стенах лаьцна ю иза? Мила ву цуьнан автор?

-Билгалдешнашна буха сизаш хьакха.Д1аеша билгалдешнаш д1а а дахий. Стенан тидам би аша? (Текст кхоччуш юьзна яц)

-Х1унда? (Х1уманийн билгалонаш яц)

-Д1аязбе хьалхара биъ мог1а.Билгалдешнашна буха сиз хьакха.

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 294, аг1о 139.

аь) Ц1ердешнаш , билгалдешнаш текста юкъара схьаяздар.

Шардар № 293, аг1о 139.

-Д1аеша хьалхара предложении. Стенах лаьцна ю иза? (Малхах)

-Муьлха билгало ю цуьнан? (Бовхачу)

-Хаттар ло МАЛХО бохучу дашна т1ера.(Малхо МУХАЧУ? бовхачу)

(Иштта толлуш схьаяздо предложенешкара ц1ердешнаш, билгалдешнаш цхьана схьа)

(мухачу?) бовхачу малхо,

(муха?) 1аьржа марха,

(Муха?) бовха малх,

(муха?) г1ийла мох,

(муха?) сирла ткъес,

(Муха? ) даккхийра т1адамаш,

6. Рефлекси.

-Чакхъяккха сан ойла.

  • Билгалдешнаша юуучу х1уманашна …. ло(чам). ….наьрсаш, жижиг, …шекар,….хох.

  • Билгалдешнашша х1умнашна бос ло. ….1аж, …. малх, ….буц,….ло.

  • Билгалдешнаша х1уманашна барам ло. ….. буьрка, ….биъсаберг, …. муш.

7. Жам1 дар.

-Муьлхачу дешнех олу билгалдешнаш?

-Цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?

-Билгалдешнийн муьлхачу дешнашца уьйр хуьлу?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 296 , аг1о 140 . Бакъо 138 аг1он т1ера.









Нохчийн мотт

Тема: «Билгалдош»

1алашо: билгалдашах кхетам балар. Билгалдешан маь1на , цуьнан г1уллакх(х1уманийн билгало билгалъяр) , хаттарш довзийтар. Билгалдешнаша ц1ердешнашца уьйр лелош хилар хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду билгалдешнаш, девзар ду церан маь1на , хаттарш. Берашна хуур ду билгалдешнаша ц1ердешнашца уьйр лелош хилар.Бершана 1емар ду ц1ердешнашна т1ера билгалдешнашна хаттарш х1итто, текста юкъара уьш цхьана схьаяздан .Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар

  1. .Ц1ера болх таллар.

Шардар № 296 , аг1о 140 . Бакъо 138 аг1он т1ера.

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Х1уманан билгалогойтуш ду

Къамелан дакъа ду со. Муха ю? я хьенан? стенан?

Хаттаршна ас жоьпаш ло…БИЛГАЛДОШ

Д1аеша стих. Стенах лаьцна ю иза? (Билгалдешнех)

-Билгалдешнийн муьлха билгалонаш ялийна цу т1ехь?

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

3. Керла тема хьехар.

а) Билгалдешнашна маь1ница дог1у ц1ердешнаш карор.

-Д1адеша хьалхарчу мог1анера дилгалдешнаш. Цара муьлхачу хаттарна жоп ло? (Муха?)

-Х1ун билгалйо цара? (Х1уманийн билгалонаш)

-Стенан билгалонаш ю и ялийнарш? Х1ун ю иза? (Аз)

-Д1адеша шолг1ачу мог1анера дешнаш. Цара муьлхачу хаттарна жоп ло? (Муха?)

-Х1ун билгалйо цара? (Х1уманийн билгалонаш)

-Стенан билгалонаш ю и ялийнарш? Х1ун ю иза? (1аж)

-Д1адеша кхоалг1ачу мог1анера дешнаш. Цара муьлхачу хаттарна жоп ло? (Муха?)

-Х1ун билгалйо цара? (Х1уманийн билгалонаш)

-Стенан билгалонаш ю и ялийнарш? Х1ун ю иза? (Стигал)

-Д1адеша боьалг1ачу у мог1анера дешнаш. Цара муьлхачу хаттарна жоп ло? (Муха?)

-Х1ун билгалйо цара? (Х1уманийн билгалонаш)

-Стенан билгалонаш ю и ялийнарш? Х1ун ю иза? (Бамба)

-Д1аязде шардар.

аь) Билгалдешнаш сиз хьакхарца билгалдахар.

Шардар № 298 , аг1о 141.

-Д1аеша предложенеш. Муьлха билгалдешнаш ду цу т1ехь?

-Муьлхачу дешнашца ю церан уьйр?

-Карае дешт1аьхьенаш.(Т1е, т1ехула, т1ера)

-Муьлхачу предложенехь ю уьш? (Таьххьрчу)

ТИДАМ БЕ:

Т1Е Т1ЕКХОЬССИРА

Т1ЕХУЛА Т1ЕХУЛАЯЬЛЛА
Т1ЕХЬ

-Х1ун башхо ю дешт1аьхьенийн, дешхьалхенийн? (Дешхьалхе и дешан дакъа ду , иза дашца хоьттина яздо.Дешт1аьхье иза ша дош ду, иза дашца къаьстина язйо)

4. Сада1аран миноташ.

Куьйгаш хаьнт1е х1иттаде,

Когаш т1ехь шу кхиссало: (5-8-зза)

Аьтту arlop хьаьвзаш, (5-8-зза)

Кхисса-кхиссало.

Аьрру arlop хьаьвзаш (5-8-зза)

Кхисса-кхиссало.



а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 301 , аг1о 142.

-Муьлхачу дешнашна буха хьаькхна аша сиз? Цара х1ун билгалйо?

аь)Дийцаран , хаттаран предложенех болу хаамаш карлабахар.

Шардар № 299, аг1о 141.

-Муьлхачу предложенешкахь ду билгалдешнаш? Схьаязъе уьш

-Карае хаттаран , дийцаран предложенеш.

-Х1ун башхо ю церан?(Хаттаран предложении ялайо цхьа х1ума хаттархьама, хаархьама. Дийцаран предложении ялайо цхьа хаам бан , цхьана х1уманах лаьцна дийца)

6. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

--Муьлхачу дешнех олу билгалдешнаш?

-Цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?

-Билгалдешнийн муьлхачу дешнашца уьйр хуьлу?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 302 . аг1о 142.



Название документа Урок 61-62. Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Лааме а , лаамаза а билгалдешнаш».

1алашо: лааме а, лаамаза а билгалдешнаш довзийтар, церан башхаллех кхетам балар(Цхьаъ ша дерг ламе билгалдош, ц1ердешнашца цхьана дерш лаамаза билгалдешнаш хилар.

Билгалбаьхна кхиамаш : бераша т1еч1агбийр бу билгалдешнех болу хаамаш. Берашна хуур ду ламе а, лаамаза а билгалдешнаш довза , вовшех къасто.Берашна девзар ду ламе билгалдешнин, лаамзачеран хаттарш довза. Берашна хуур ду ламе билгалдешна шина дешан метана .Берашна 1емар ду лааме а , лаамаза а билгалдешнех пайдаэца. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

Шардар № 307 , аг1о 144.

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а) Тобанашкахь болх бар.

Уьн т1е д1аяздо.

Жима к1еза, жиманиг, 1аьрша к1ора , 1аьржаниг, можа коч , можаниг.

1-ра тоба схьаязде ц1ердешнашца цхьана долу билгалдешнаш.

2 - г1а тоба схьаязде шаьш долу ц1ердешнаш.

-Муьлха дешнаш схьаяздина 1-ра тоба? Шолг1аниг?

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Д1аеша урокан ц1е.

3. Керла тема хьехар.

а) Лааме а , лаамаза билгалдешнийн тидам бар .

Жима к1еза-жиманиг,

1аьрша к1ора -1аьржаниг,

можа коч -можаниг.

-Д1адеша шина б1ог1амера дешнаш. Муха кхолладелла ЖИМАНИГ дош? (Жима дашна т1е НИГ кхетарца)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло Жима дашо? (Муха ? жима)

--Муьлхачу хаттарна жоп ло Жиманиг дашо? (Муханиг?)

-Жиманиг дашо х1ун билгалйо? (Х1уманан билгало)

-Муьлха къамелан дакъа ду иза? (Билгалдош)

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша 145 аг1он т1ера бакъо.

-Муха хуьлу билгалдешнаш?

-Муьлхачу хаттарша жоьпаш ло ламе билгалдешнаш?

-Уьш муха хуьлу? (Ц1ердешнашца цхьана)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло лаамечу билгалдешнаша?

-Уьш муха хуьлу? (Уьш шаьш лела)

аь) Лааме а , лаамаза а билгалдешнийн тидам бар.

Шардар № 308, аг1о 144.

-Д1адеша хьалхара дешнаш. (Жима к1ант –жиманиг)

-Муьха кхолладелла ЖИМАНИГ дош? (Жима дашна т1екхетта НИГ)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цо? (Муханиг?)

-ЖИМАНИГ иза ламе ду я лаамаза ду? (Лаамаза)

-Х1унда? (Иза ша лела)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло ЖИМА дашо? (Муха?)

-Иза муьлха билгалдош ду? (Лаамаза)

-Х1унда? (Иза ц1ердацаца цхьана лела)

-Д1аязде шардар.

б) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 309 , аг1о 145.

4. Сада1аран миноташ.

Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:

Т1араш тухуш, т1араш тухуш

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.

Цхьаъ - схьаверза,

Шиъ - д1аверза.

Кхоъ -охьата1а,

Диъ - хьалата1а.

Т1араш тухуш, т1араш тухуш,

Тонна тГаьххье дуьйлало.

Юха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,

Когаш тохий, кхоссало.



5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Ц1ердешнашна маь1ница дог1у билгалдешнаш лахар.

Шардар № 310, аг1о 145.

-Муьлха билгалдош дог1у К1АНТ дашца? (Дика)

-Муьлха билгалдош дог1у КНИГА дашца? (Ц1ена)

-Муьлха билгалдош дог1у КОР дашца?(Доккха)

-Муьлха билгалдош дог1у ДЕ дашца?(Доца)

-Муьлха билгалдош дог1у буц дашца?(Баьццара)

-Муьлха билгалдешнаш ду уьш? (Лаамаза)

аь) Карточкаш т1ехь болх бар.

  1. Т1адамийн метана оьшу элпаш дохкуш д1аязде.

Жима…., воккха…., баьццар…., гома…, лекха….,лоха…, сирла…, можа…, воккха…, ч1амар…



2.Т1адамийн метана оьшу дешнаш дохкуш д1аязде.

.зезаг, ….баьццара, ….йо1, …..к1ант,…..ж1аьла, ….малх




6. Рефлекси.

-Чакхъяккха сан ойла.

  • Ц1ердешнашца цхьана лелачу билгалдешнех …..билгалдешнаш олу.

  • Ша лелачу билгалдешнех …..билгалдешнаш олу.

7.Жам1 дар.

-Муха хуьлу билгалдешнаш?

-Муьлхачу билгалдешнех олу ламе билгалдешнаш?Цара муьлхачу хаттарна жоп ло?

-Муьлхачу билгалдешнех олу лаамаза билгалдешнаш?

-Цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 311, аг1о 146, бакъо 145.













Нохчийн мотт

Тема: «Лааме а , лаамаза а билгалдешнаш».

1алашо: лааме а, лаамаза а билгалдешнаш довзийтар, церан башхаллех кхетам балар(Цхьаъ ша дерг ламе билгалдош, ц1ердешнашца цхьана дерш лаамаза билгалдешнаш хилар.

Билгалбаьхна кхиамаш : бераша т1еч1агбийр бу билгалдешнех болу хаамаш. Берашна хуур ду ламе а, лаамаза а билгалдешнаш довза , вовшех къасто.Берашна девзар ду ламе билгалдешнин, лаамзачеран хаттарш довза. Берашна хуур ду ламе билгалдешна шина дешан метана .Берашна 1емар ду лааме а , лаамаза а билгалдешнех пайдаэца. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

. 1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 311, аг1о 146, бакъо 145.

2.1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар

а)Тобанашкахь болх бар.

Уьн т1е д1аяздо

Воккха стаг , воккханиг , лекха дитт, лекханиг , можа зезаг , можаниг, месала куй , месаланиг, сема ж1аьла , семаниг.

1-ра тоба схьаязде ламе билгалдешнаш.

2-г1а тоба схьаязде лаамаза билгалдешнаш.

-Муьлха дешнаш яздина х1ора тобано? Х1ун 1амор ду вай тахана?

3. Керла тема хьехар.

а) Лаамаза билгалдешнаш лаамечаьрга дерзор.

Шардар № 311, аг1о 146.

-Д1адеша дешнаш. Муьлхачу хаттарна жоп ло лаамаза билгалдешнаша? (Муха?)

-Д1адеша хьалхара дешнийн цхьанакхетарш. (Хаза б1аьсте)

-ХАЗА Б1АЬСТЕ дешнийн цхьанакхетарх ламе билгалдош де. (Хазаниг)

-Цо муьлхачу хаттарна жоп ло? (Муханиг?)

(Иштта толлу важа дешнаш)

-Хазачу б1аьстенах лаьцна предложении хьан х1оттор яра? (Т1екхечи хаза б1аьсте)

Шардар № 312 , аг1о 146.

-Д1адеша кицанаш .Муха кхета шу царех?

-Д1адеша хьалхара кица. Муьлхачу дешнийн ду дуьхь-дуьхьал маь1на? (Къаьхьаниг-мерзаниг)

-Муьлха билгалдешнаш ду уьш? (Лааме)

-Д1аязде лаамечу билгалдешнашна буха нийса сиз хьакха.

-Д1аеша шолг1а предложении. Муьлханиг ду ламе билгадлош? (Къеначу бархо)

-Муьлхачу хаттана жоп ло цо? (Муха?)

-Муьлха билгалдош ду иза? (Лаамаза)

-Д1аязъе буха тулг1енан сиз хьакха.

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Билгалдешнийн тидам бар.

Шардар № 313 , аг1о 146.

-Д1аеша байт.Стенах лаьцна ю иза? (Маршаллех)

-Мила ву цуьнан автор? (1. Мамакаев)

-Муьлха билгалдешнаш ду цу юкъахь? Д1аеша уьш ца доьшуш.Стенан тидам би аша?( Текст тоалла хаза яц)

-Стенна оьшу билгалдешнаш? Билгалдешнаша х1уманашна исбаьххьлла ло, хазалла ло, дикалла ло)

аь) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 314 , аг1о 147.

6. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Муха хуьлу билгалдешнаш?

-Муьлханаш ду ламе билгалдешнаш? Лаамаза?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 315 , аг1о 147.





Название документа Урок 63-65. Хандош ..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт 1

Тема : «Хандош»

1алашо: берашна хандешнех лаьцна кхетам балар.Хандешан маь1на , хаттарш довзийтар. Къамелехь хандашо х1ун г1уллакх до хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду хандешнаш, церан маь1на , хаттарш. Берашна хуур ду предложенехь хандешнаш каро, царна хаттарш х1итто. Берашна 1емар ду хандешнаша лело г1уллакх билгалдакха.Берашна 1емар ду оьшчу хандешнаш т1еяздарца предложенеш юза, хандешнаш предложенешкара схьаяздан.Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 315 , аг1о 147.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

XIOKXO балийна,

XIOKXO урс хьаькхна,

XIOKXO тилийна,

XIOKXO кхехкийна,

XIOKXO кхаьллина

Д1абахийтина.

(Халкъан)

-Д1аеша байт. Х1окхо дош д1а а даккхей д1аеша. Муьлха дешна диси? (Балийна, хьаькхна, тилийна, кхехкийна, кхаьллина д1абахийтина)

-Хаттарш ло царна Х1ОКХО дашна т1ера. (Х1окхо х1ун дина? балийна, хаькхна, тилийна, кхехкийна, кхаьллина , д1абахийтина)

-Х1ун билгалйо йара? (Х1уманийн дар билгалдо)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай?

3. Керла тема хьехар.

а) Хандешнийн тидам бар.

Шардар № 316 , аг1о 147.

-Х1ун до аша урокехь? (Урокехь оха йоьшу , язйо, сурташ дохку, йиш локху)

-Муьлхачу дешнаша гойту дар? ( йоьшу , язйо, дохку, локху)

-Уьш муьлха къамелан дакъош ду? (Хандешнаш)

-Цара муьлхачу хаттана жоп ло? (Х1ун до?)

-Аша переменехь х1ун до? (Переменехь тхо ловзу , садо1у)

-Муьлхачу дешнаша билгалдо дар? (Ловзу, садо1у)

-Цара муьлхачу хаттаршна жоп ло? (Х1ун до?)

-Уьш муьлха къамелан дакъош ду? (хандешнаш ду)

-Д1аязъе предложенеш. Хандешнашна буха ши сиз хьакха.

аь) Хандешнаш лаха 1амор.

Шардар № 317 , аг1о 148.

-Д1аеша стихотворении.Мила ву цуьнан автор? (Хь.Хатуев)

Муха лаха деза хандешнаш?

(Хьехархочо д1аязйо хандешнаш талларан дагалацам уьн т1е)

  1. Дашна хаттар х1отто деза.

  2. Хаа деза дашо х1ун гойту: х1ума билгалйо, х1уманан билгало гойту я дар

- Д1аеша стих. Муьлхачу дешнаша гойту дар? (Йог1у, хаздина, богу)

-Хаттарш ло цу дешнашна. (Б1аьсте х1ун до? йог1у, б1аьсте х1ун дина? хаздина, малхо х1ун до? богу)

-Х1ун билгалйо цу дешнаша? (Дар)

-Муьлхан къамела дакъош ду уьш? (Хандешнаш)

б) Бакъо таллар.

-Д1аеша 148 аг1он т1ера бакъо.

-Х1ун ю хандош?

-Цо х1ун гойту? Муьлхачу хаттршна жоьпаш ло?

в)Хандешнаш билгалдахар.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дашо гойту дар? (Битина)

-Цо муьлхачу хаттарна жоп ло? (Х1ун дина?)

-И муьлха къамелан дакъа ду? (Хандош)

-Д1аяхъе предложени. Хандешна буха ши сиз хьакха.

(Иштта толлу важа предложенеш)

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Хандешнаш долуш , доцуш текстан тидам бар. Къамелехь хандешнийн маь1на таллар.

Шардар № 319, аг1о 148-149.

-Д1аеша текст. Билгалдаха хандешнаш. Д1аеша текст хандешнаш доцуш. Стенна оьшу хандешнаш? (Хандешнаша х1уманаш меттахйоху , цаьрга цхьа х1ума дойту)

-Д1аязъе предложенеш. Хандешнашна буха ши сиз хьакха

6. Рефлекси.

Т1адамийн метана хандешнаш дахка.

Бераша школехь …,…,….. Ц1ахь бераша ….,…..

-Стенна оьшу хандешнаш?

7. Жам1 дар.

-Х1ун ю хандош? Цо х1ун гойту? Цо муьлхачу хатташна жоьпаш ло?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 320 , аг1о 149. Бакъо 148 аг1он т1ера.

Нохчийн мотт 2

Тема : «Хандешан-предложенин меже хилар»

1алашо: Хандешан маь1на , кхин д1а хаттарш довзийтар. Къамелехь хандашо х1ун г1уллакх до хаийтар.Хандош предложенехь сказуеми хилар хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду хандешнаш, церан маь1на , хаттарш. Берашна хуур ду предложенехь хандешнаш каро, царна хаттарш х1итто. Берашна 1емар ду хандешнаша лело г1уллакх билгалдакха.Берашна хуур ду хандош предложенехь сказуеми хилар. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 320 , аг1о 149. Бакъо 148 аг1он т1ера.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Х1умунан дар я хилар гойту

Къамелан дакъа ду со

Х1ун дина? дийр ду? я до?

Хаттаршна жоьпаш ло …ХАНДОШ

-Д1аеша стихотворении. Стенах лаьцна ю иза? (Хандешах)

-Хандешна муьлха билгалонаш ю цу т1ехь ялийна? (Дар гойту, х1ун дина? х1ун дийр ду? х1ун до? хаттаршна жоьпаш ло)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

а) Хандош предложенин меже хилар таллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Бераш школе даьхкина. Бераша школехь доьшу.

-Д1аеша предложенеш. Стенах лаьцна ю хьалхара предложении. Стенах лаьцна ю иза? (Берах)

-Х1ун боху берах лаьцна? (Даьхкина)

-Хаттар ло цу дашна. (Х1ун дина ? даьхкина)

-Иза муьлха меже хир ю? (Сказуеми)

-Муьлха къамелан дакъа ду иза? (Хандош)

-Хандош предложенин муьлха меже хир ю? (Сказуеми)

-Школе баьхкина муьлш? (Бераш)

-И муьлха меже хир ю? (Подлежащи)

(Иштта талла важа предложении)

-Предложенехь муьлха меже хуьлу ? (Сказуеми? )

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша 149 аг1он т1ера бакъо.

-Х1ун эр дара аша хандешан предложенин меже хиларх?

б) Предложенеш меженашца таллар.

Шардар № 321 , аг1о 149-150.

-Д1аеша хьалхара предложении. Стенах лаьцна ю иза? (Берех)

-Х1ун дира бераша? (Дахара)

-Иза муьлха меже ю? (Сказуеми)

-Дахара муьлш? (Бераш)

-Иза муьлха меже ю? (Подлежащи)

-Муьлха дош диси вайн? (Хьуьнах)

-Муьлха дашца уьйр ю цуьнан? (Хьуьнах дахара-дахара дашца уьйр ю)

-Дахара стенга? (Хьуьнах)

-Хьуьнах дош муьлха меже хир ю? (Коьртаза)

(Предложенеш толлу еригге)

в)Къасторан хаьркех болу хаамаш т1еч1аг1бар.

Шардар № 322, аг1о 150.

-Муьлха элп дуьллу т1адамийн метана? (Ъ)

-Маца яздо Ъ?

-Муьлха хандешнаш ду цу предложенешкахь? Билгалдохуш д1аязъе.

4. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)



5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар

Шардар № 323 , аг1о 150.

аь)Хандешнашца предложенеш т1еюзар.

Шардар № 324 , аг1о 151.

-Д1аеша хьалхара предложении. Лахарчу дешнех муьлханиг яздийр дара аша т1адамийн метана? (1аьржа мархаш къайлаевлира)

-Х1ун болгалйо КЪАЙЛАЕВЛИРА дашо? (дар)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цо? (Х1ун дира?)

(Иштта талла важа меженаш)

6. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Предложенин муьлха меже хуьлу хандош?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 325 , аг1о 151.































Нохчийн мотт 3

Тема : «Хандош»(Т1еч1аг1дар)

1алашо: берашна хандешнех лаьцна кхетам балар.Хандешан маь1на , хаттарш довзийтар. Къамелехь хандашо х1ун г1уллакх до хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду хандешнаш, церан маь1на , хаттарш. Берашна хуур ду предложенехь хандешнаш каро, царна хаттарш х1итто. Берашна 1емар ду хандешнаша лело г1уллакх билгалдакха.Берашна 1емар ду оьшчу хандешнаш т1еяздарца предложенеш юза, хандешнаш предложенешкара схьаяздан.Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 325 , аг1о 151.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Хазво, хазло, хазйо, мажло, мажйо, маждо

-Д1адеша дешнаш. Тобанашка декъа дешнаш. Муьлха дешнаш далийна хьалхарчу тобане? (Хазво, хазло, хазйо)

-Муьлхачу билгалонашца далийна уь ш цхьана тобане? (Церан орам ХАЗ бу)

- Муьлха дешнаш далийна шолг1ачу тобане? (Мажло, мажйо, маждо

-Муьлхачу билгалонашца далийна уь ш цхьана тобане? (Церан орам МАЖ бу)

-Х1ун билгалйо оцу дешнаша? (Х1уманийн дар билгалдо)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

а) Харжаман диктант.

Уьн т1е д1аязйо.

Левзира , кхаалар, хьаьжна, лам, кхойкху , локху , лахьайо, к1айло, мажло.

-Схьаязде хандешнаш. Хаттарш ло царана.

аь)Дешнийн цхьанакхетарш кхоллар.

Шардар № 326 , аг1о 151-152.

-Д1аеша текст .Стенах лаьцна ю текст? (Школан бешах)

-Муха ю школан беш? (Уггаре хаза а , дика а ю)

-Х1ун ю стоьмийн бешахь? (1ежаш , кхораш , ц1азамаш)

-Х1ун кхиайо хесашкахь? (Наьрсаш , помидораш)

-Х1ун ю школана хьалха? (Дезегаш ду)

-Х1ун до дешахь бераша?

-Аша дой иштта г1уллакхаш?

-«Къинхьегам адаман шолг1а нана ю» - бохучух муха кхета шу?

-Муьлхачу предложенешкахь ду хандешнаш? (Кхоалг1ачу , йоьалг1ачу , пхьоьалг1ачу)

-Муьлханаш ду уьш? (Кхуьу, кхиайо, къахьоьгу)

-Муьлхачу дашца КХУЬУ дешан уьйр? (1ежаш, кхораш , ц1азамаш)

-Схьаязъе дешнийн цхьана кхетарш (Кхуьу х1ун? 1ежаш, кхуьу х1ун?кхораш , кхуьу х1ун?ц1азамаш)

-Муьлхачу дашца ю КХИАЙО дешан уьйр? (Наьрсаш , помидораш)

-Схьаязъе дешнийн цхьанакхетарш.(Кхиайо х1ун? наьрсаш, кхиайо х1ун? помидораш)

-Муьлхачу дашца ю уьйр КЪАХЬОЬГУ дешан ? (Бешахь, )

-Схьаязде дешнийн цхьана кхетарш .(Къахьоьгу стенгахь? бешахь)

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 327 , аг1 152.

6.Рефлекси.

Хьалхара элпаш

Бекна, горгали датий,

Урок йола ма ели.

Дерриш цхьаьний охьахевши,

Иозан уьн т1е хьалахьаьвси.

Сихха оха схьайилли

Ткъеялхитта Абат.

1амий оха элпаш а, А,

Юха элпаш у, У

Бераш доьлху, бохуш «А-а-а»,

Буса барзо боху «У-у-у».

А элпаца ду вайн ага,

Абат, амал, апари

-Дагалацатхо хьаьвси.

У элпаца ду вайн урс,

Урчакх, узам, туре.

Юьхьанца х1орш 1амийна,

Т1аккха к1адо ца еш,

Дерриш 1амор ду уьш дуре.



-Д1аеша стис. Схьаязде хандешнаш.Стенна оьшу хандешнаш къамелехь? Къастаде жоп.

  • Хандешнаша адме къахьоьгуьйту

  • Акхарошка ижу лохуьйту

  • Малх е вохвойту

  • Ж1аьла лоьтуьйту

  • 1ахар 1оьхуьйту

Т1етоха шайгара.

7. Жам1 дар.

-Стенна оьшу хандешнаш?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 328 , аг1о 152.



Название документа Урок 66 .Хандешнийн хенашца хийцадалар .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Хандешнийн хенашца хийцадалар»

1алашо: хандош хенашца хийцадалар хааийтар, хандешан кхоъ хан хилар берашка д1акхачор, церан хаттарш довзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна хуур ду хандешнаш хенашца хийцалуш хилар, евзар ю хандешнийн коьрта кхо хан , церан хаттарш. Берашна 1емар ду хандешнаш хенашка д1анисдан . Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 328 , аг1о 152.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Бераш лайн мижаргех ловзу. Бераш лайн мижаргех левзина. Бераш лайн мижаргех ловзур бу.

-Д1аеша предложенеш. Муьлхачу дешнаша гойту дар? (Ловзу , левзина , ловзур бу)

-Х1ун ду церан юкъара? (Уьш гергара дешнаш ду)

-Х1ун ю башхо? Дар тайп-тайпанчу хенашкахь кхочушдина ду)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Д1аеша урокан ц1е.

3. Керла тема хьехар.

а)Хандешнийн хенашца хийцадаларан тидам бар.

Шардар № 326 , аг1о 153.

-Бераш , дар я хилар кхочуш хила таро ю вай къамел дечу хенахь, я къамел далее хьалха, я къамел динч ул т1аьхьа. Тидамбе

-Д1аеша предложенеш.

-Хьанах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Яздинчо шех лаьцна дуьйцу)

-Х1ун дуьйц цр шех лаьцна? (Зарядка йира , х1ума йиира , школе веара)

-Маца дира цо и г1уллакхаш? (1уьйранна)

-Х1ун дира цо? (Йира , йиира , йилира, веара)

-Маца дира и г1уллакхаш вай х1инца къамел дечу хенахь я къамел далее хьалха? (Къьамел далее хьалха)

-Цара муьлхачу хаттарна жоп ло?

-Иза хандешнаш ЯХАНЧУ ХЕНАН хандешнаш ду.

-Х1ун билгалдо яханчу хенан хандешнаша? Къастаде жоп.

  • Хандешан яханчу хено гойту дар я хилар къамел динчул т1аьхьа кхочуш дар.

  • Хандешан яханчу хено гойту дар я хилар къамел далее кхочуш дар

  • Хандешан яханчу хено гойту дар я хилар къамел дечу хенахь кхочуш дар

-Д1аеша шолг1а предложении. Хьанах лаьцна ю иза? (Тхох)

-Х1ун до цара школехь? (Доьшу ,яздо, дохку , ловзу)

-Муьлхачу хенахь кхочушдо цара и г1уллакхаш: къамел дечу хенахь , къамел далее хьалха? (Къамел дечу хенахь)

-Иза хандешан КАРАРА ХАН ю

-Х1ун билгалдо карарчу хено хандешнаша? Къастаде жоп.

  • Хандешан яханчу хено гойту дар я хилар къамел динчул т1аьхьа кхочуш дар.

  • Хандешан яханчу хено гойту дар я хилар къамел далее кхочуш дар

  • Хандешан яханчу хено гойту дар я хилар къамел дечу хенахь кхочуш дар

Д1аеша кхоалг1а предложении.Стенах лаьцна ю иза? (Ловзарх)

-Х1ун дийр ду цара урокаш чакхъевлча? (Ловзур ду)

-Муьлхачу хенахь дийр ду цара и г1уллакх: къамел динчул т1аьхьа , къамел далее хьалха? (Къамелдинчул т1аьхьа)

-Иза хандешан ЙОГ1У ХАН ю.

Х1ун билгалдо йог1учу хено ? Къастаде жоп.

  • Хандешан яханчу хено гойту дар я хилар къамел динчул т1аьхьа

  • Хандешан яханчу хено гойту дар я хилар къамел далее кхочуш дар

  • Хандешан яханчу хено гойту дар я хилар къамел дечу хенахь кхочуш дар

-Схьаязъе предложенеш хаттарш х1иттош.

аь) Кхаа хенан хандешнаш схьаяздар.

Шардар № 330 , аг1о 153.

-Д1аеша предложенеш.Муьлха хандешнаш ду цу предложенешкахь? (Г1ур ду , садаь1ира , йоьшу)

-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло цара?

- Муьлхачу дашо ло Х1УН ДО хаттарна жоп? (Йоьшу)

-И Муьлхачу предложенехь ду? (Кхоалг1ачу)

-Схьаязъе кхоалг1а предложении.

- Муьлхачу дашо ло Х1УН ДИРА хаттарна жоп? (Садаь1ира)

-И муьлхачу предложенехь ду? (Шолг1ачу)

-Схьаязъе шолг1а предложении.

- Муьлхачу дашо ло Х1УН ДИЙР ДУ хаттарна жоп? (Г1УР ду)

-И муьлхачу предложенехь ду? (Хьалхарчу )

-Схьаязъе хьалхара предложении.

б) Бакъо таллар.

-Д1аеша бакъо.

-Муха хийцало хандешнаш?

-Маса хан ю хандешнийн?

4. Сада1аран миноташ

5. Керла тема кхин д1а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 331 , аг1о 154.

аь) Ловзар «Хийца дешнаш»

-Аса д1аэр ду муьлха цхьа хенан хандош,т1аккха шуьга буьрка кхуссур ю аша иза хийца деза муьлхачу цхьана хенаца . Т1аккха буьрка кхечунга кхосса, схьальцчо кхечу хенаца хийца.

Ловзу…,….,

Воду,….,…

Хохку..,…..

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша тахана?

7. Жам1 дар.

-Муха хийцадо хандешнаш?

-Маса хан ю хандешнийн?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Бакъо 154 аг1он т1ера.





Нохчийн мотт

Тема: «Хандешнийн хенашца хийцадалар»

1алашо: хандош хенашца хийцадалар хааийтар, хандешан кхоъ хан хилар берашка д1акхачор, церан хаттарш довзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна хуур ду хандешнаш хенашца хийцалуш хилар, евзар ю хандешнийн коьрта кхо хан , церан хаттарш. Берашна 1емар ду хандешнаш хенашка д1анисдан . Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

-Схьайийца бакъо.

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а) Тоба нашкахь болх

Уьн т1е д1аяздо.

Ловзу , левзина, ловзур ву, воду , ведда , воду рву, хьоху , хьаьжжа, хьожур ву, кхоллу , кхаьллина , кхоолур ву.

1-ра тоба схьаязде х1ун до? хаттана жоп луш долу дешнаш

2-г1а тоба схьаязде х1ун дина? хаттана жоп луш долу дешнаш

3-г1а тоба схьаязде х1ун дийр ду ? хаттана жоп луш долу дешнаш

-Муьлха дешнаш схьаяздина 1-чу тобано? 2-чу? 3-чу?

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

3. Керла тема хьехар.

а) Суьртех лаьцна предложенеш х1итто.

-Хьовса хьалхарчу суьрте. Х1ун до бераша? (Бераша синтар д1адоь)

-Хьовса шолг1ачу суьрта т1е? Х1ун до бераша? (Бераша стоьмашна кир туху)

-Х1ун до трактористо? (Трактористо латта оха)

-Х1ун до комбайнеро? (Комбайнеро к1а хьокху_)

-Д1аязъе предложенеш. Муьлха хандешнаш ду предложенешкахь? Цара муьлхачу хаттарна жоп ло?

аь) Предложенешкахь хандешнийн тидам бар.

Шардар № 334 , аг1о 155.

-Д1аеша текст. Хьанах лаьцна ю иза? (Гагаринах)

-Мила ву Ю.Гагарин? (Космонавт)

-Кхин муьлха космонавташ бевза шуна?

-Д1аеша хьалхара предложении. Караде хандош .(Х1ун дира ? тесира)

(Иштта толлу важа предложенеш)

  1. Сада1аран миноташ.

Бераш:

- Уьнт1епхьид, уьнт1епхьид,

Т1улган ц1а т1ехь лелон пхьид,

Мичахь лелаш хьо яра,

Ловза ма ца еара?

Уьнт1епхьид:

- Х1орда чохь со лелара,

К1рнеш хи чу сайн яьхна:

Нека дан уьш 1амийра,

Куьйгаш, когаш детташ,

Хи чохь даим сетташ:

Аркъал, бертал, пел доьрзуш,

Нека дора хих ца 1ебаш.

Уьнт1епхьид а хоржий, бераш класса чухула дуьилало цунна

т1аьххье, цо дийриг а деш: нека до мотгуьйтуш, куьйгаш д1аса а

лестош, аркъал сетташ, охьате1аш, arlop доьрзуш.



  1. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Текст дакъошка екъар. Хандешнаш билгалдахар.

Шардар № 333, аг1о 155.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза? (1аламан хийцамех)

-Д1адеша хьалхара дакъа? Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (1уьйренах)

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Т1екхечи гуьйре)

-Д1аедеша шолг1а дакъа. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Б1аьстенах)

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Б1аьсте)

--Д1аедеша кхолг1а дакъа. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Аьхкенах)

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Аьхке)

-Муьлха хандешнаш ду текстехь ? Буха сизаш хьакха царна.

Муьлха хаттар лур дара аша КХЕТАРА дашна? (Х1ун дора? кхетара)

-Схьаязде хьандош шеен хаттарца.

(Иштта толлу важа хандешнаш)

аь) Харжаман диктант.

Уьн т1е д1аяздо .

Ловзу , луьйчу , ж1аьла, йоду , 1оьху, 1аж , ц1ийло , йоту . кхорзу , можа.

-Схьаязде хандешнаш.

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цара?

6. Рефлекси.

-Стенна оьшу хандешнаш?



7. Жам1 дар.

-Муха хийцадо хандешнаш?

-Маса хан ю хандешнийн?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 335 , аг1о 156.

Название документа Урок 67. Хандешан карара хан .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : «Хандешан карара хан»

1алашо: хандешан карарчу хенах кхетам балар. Карачу хенан хандешан маь1на , хаттарш довзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш:бераша кхин д1а шорбийр бу шайн хандешнех болу хаамаш . Хандешан карарчу хенан маь1на а , хаттарша а девзар ду берашна. Берашана 1емар ду текстехь карарчу хенан хандешнаш каро уьш билгалдаха. Берашна хуур ду предложенеш оьшу хандешнаш дохкуш юза. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

Шардар № 335, аг1о 156.

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

-Х1етал- метал хаийла шуна:

Хала ца хоьтуьйту,

Ца лета хьох,

Аммахьо велхаво.

Х1ун ю иза? (Хох)



-Х1ун ю цу т1ехь юьйцург? (Хох)

-Муьлхачу дашо хойту хохо деш дерг? ( Ца хоьтуьйту, ца лета, велхаво)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цара? (Х1ун до?)

-Муьлхачу хенан хандешнаш ду уьш?

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

3. Керла тема хьехар.

а) Карарчу хенан хандешнийн тидам бар.

Шардар № 336 , аг1о 156.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза? (Мовсарех)

-Мила ву цуьнан автор? (Ж.

-Муьлха урок ю д1айоьдуш? (Нохчийн метан урок ю)

-Х1ун 1амош бу бераш? (Хандешнийн хенаш)

-Муьлха хан ю цара хьехориг? (Карара хан)

-Муьлха хандешнаш дали хьехархочо? (Луьйчу)

-Муха жоп ло Мовсара? (Аьхке )

-Аша муха лур дара цунна жоп? Муьхачу хаттарна жоп ло цу дашо? (Х1ун до?)

аь) Бакъо таллар.

Шардар № 337, аг1онаш 156-157.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха дош т1етухар дара аша цуьнан маь1на дуьззина хилийта? (Говро х1ун до? йоду)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло ЙОДУ дашо? (Х1ун до?)

-Иза муьлха хан ю? (Карара хан ю)

-Д1аеша шолг1а предложении. Муьлха дош т1етухар дара аша цуьнан маь1на дуьззина хилийта? (Хьозано х1ун до? дека)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло ЙОДУ дашо? (Х1ун до?)

-Иза муьлха хан ю? (Карара хан ю)

(Иштта толлу важа предложенеш)

-Д1аязде шардар .Карарчу хенан хандешнашна буха сиз хьакха.

б) Карарчу хенан хандешнашна хаттарш хиттор.

Шардар № 338, аг1о 157.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлханиг ду цу предложенехь хандош? (Хьалаг1отту)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цо? (Х1ун до?)

-Д1аеша шолг1а предложении. Муьлханаш ду цу предложенехь хандешнаш? (Тосу , туху)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цо? (Х1ун до?)

4. Сада1аран миноташ.

5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Карарчу хенан хандешнийн тидам бар.

Шардар №339, аг1о 157.

-Д1аеша предложенеш. Муьлха хандешнаш ду предложенешкахь? (Хазйо, ларйо, латтайо, хуьлу)

-Бакъде уьш хандешнаш хилар.

КЕП:Хазйо хандош ду, цо дар билгалдо, х1ун до? хаттарна жоп ло.

аь) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 340 , аг1о 157.

б) Хандешнашна хаттарш х1иттор.

Шардар № 341 , аг1о 158.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлханиг ду цу предложенехь хандош? (Деха)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цо? (Х1ун до? )

-Д1аязъе предложении хандешна буха ши сиз хьакха , улло хаттар язде.

6. Рефлекси.

-ЛОВЗУ , ВОДУ, ХЬОКХУ, МАЛЛО, ШЕЛЛО, 1АРЖЛО, БЕЖА, ВЕХА, ЕЖА,

-Кхаа тобане декъа уьш. Муьлха хандешнаш далийна хьалхарчу тобане? (ЛОВЗУ , ВОДУ, ХЬОКХУ)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Чаккхе У ю)

-Муьлха хандешнаш далийна хьалхарчу тобане? (МАЛЛО, ШЕЛЛО, 1АРЖЛО)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Чаккхе О ю)

-Муьлха хандешнаш далийна хьалхарчу тобане? (БЕЖА, ВЕХА, ЕЖА)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Чаккхе А ю)

-Х1ун ду церан юкъара? (Уьш карарчу хенан хандешнаш ду)

-Муьлха чаккхенаш хуьлу карарчу хенан хандешнийн? (А,О,У)

7.Жам1 дар.

-Муьлхачу хаттршна жоп ло карарчу хенан хандешнаша?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 343 , аг1о 159. Бакъо 156 аг1он т1ера.





Название документа Урок 73 Хандешан билгалза кеп ..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Хандешан билгалаза кеп»

1алашо: хандешан билгалзачу кепах лаьцна кхетам балар.Билгалзачу кепо цхьа а хан билгал ца яран тидам бар. Хандешан билгалзачу кепан хаттарш довзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашнау евзар ю хандешан билгалза кеп ,девзар ду цуьнан хаттарш. Берашна 1емар предложенехь билгалза кепан хандешнаш довза . билгалдаха. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

Шардар № 373, аг1онаш 169-170

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо

Доьшу , деша , ловзу , ловза, хохку, хахка.

-Д1адеша дешнаш. Шина тобане декъа уьш

-Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (Доьшу, ловзу , хохку)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Цара карара хан билгалйо)

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане?( Деша , ловза, хахка)

-Х1унда къастийна аша уьш вукху дешнех? (Цара карара хан билгал ца йо)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

3.Керла тема хьехар.

а) Билгалзачу кепан хандешнийн тидам бар.

-Д1адеша шолг1ачу тобанера хандешнаш (Деша , ловза, хахка)

-Предложенеш х1иттае цаьрца.

Ахьмад деша вахана. Бераш футболах ловза деза. Адам салаз хахка вахана.

-Муьлха хан билгал1о цу дешнаша? Берийн жоьпаш.

-Уьш хандешнийн билгалаза кепаш ю.Хандешан билгалзачу кепо цхьа а хан билгал ца йо.

-Муьлха чаккхенаш ю билгалзачу хенера хандешийн?

аь)Бакъо таллар.

-Д1аеша бакъо.

-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло билгалзачу кепера хандешнаша?

б)Билгалзачу хенан хандешнийн тидам бар.

Шардар № 375 , аг1о 170.

-Д1аеша предложенеш. Муьлханаш ду билгалзачу кепан хандешнаш? (Еша ,эца , деша)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цара? (Х1ун дан?)

-Муьлха чаккхенаш ю церан? ( -А)

Д1аязде шардар билгалзачу хенан хандешнашна буха сиз хьакха.

4. Сада1аран миноташ.

5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Карарчу хенан хандешнаш билгалзачу кепа х1иттор.

Шардар № 376 , аг1онаш 170-171.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха хан билгалйо цара? (Карара хан)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цара? (Х1ун до?)

-Муьлха чаккхенаш ю церан? (-У)

-Хандешан билгалзачу кепа дерзаде уьш.

КЕП: ловзу-ловза

аь) Берашка шайга болх байтар.

Шардар№ 377, аг1о 171.

6. Рефлекси.

Чакхъяккха сан ойла.

  • Хандешанн …. кеп.

  • Билгалзачу кепо цхьа …. билгал ца йо

  • Билгалзачу кепан хандешнийн чаккхенаш…..хуьлу

  • Билгалзачу кепо жоп ло:…,…хаттаршна.

7.Жам1 дар.

-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло билгалзачу кепера хандешнаша?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 378 , аг1о 171 .Бакъо 170 аг1он т1ера.





Название документа Урок 1. Къамел. Текст. Предложени.(Карладаккхар).docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Къамел . Текст. Предложени.»(Карладаккхар)

1алашо: Керла учебник йовзийтар. Берийн къамелах, текстах предложених болу хаамаш карлабахар , т1еч1аг1бар. Ойлаяр , тидамбар кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна евзар ю керла учебник , цуьнан автор. Берашна 1емар ду текст а , предложении талла, предложенеш х1итто , уьш д1аязъян. Берашна 1емар ду предложенеш йозанехь нийса билгалъяха.Берашна хуур ду учебникан чулацаман коьрта мехалаш йовза. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан. Нохчийн матте безам кхоллалур бу берийн..

Урок д1аяхьар.

  1. Урокан 1алашо йовзийтар.

  2. Керла тема хьехар.

а)Тобанашкахь болх.

1

Н

уь

й

р

2

о

л

х

а

з

3

х

о

х

4

ч

а

5

и

т

у

6

й

о

з

а

7

н

у

й



1

м

о

т

т

2

о

й

л

а

3

т

уь

х

а

4

т

у

к

а

р

-Бераш, аса шуна т1едуьллу кроссворд юзар.

1.«Говрал лекха, ж1аьлел лоха» (Нуьйр)

2.Шозза дуьненчу даьлларг? (Олхазар)

3.Б1аьргашна а хуьлу ун

Царна т1е куьг кхевдинчун.

Сахьийзар дац х1инца сан,

Аш ц1е йийцахь нускалан. (Хох)

(Ш. Хасаров)

4.«Аьхка йолалой лела, 1ай йижна 1уьллу»

5.Массо х1ума шаръеш д1асалела

х1ордан кема? (Иту)

6.«К1айн шаршу т1ера х1уьн буьртигаш»(Йоза)

7.«Вайн не1аран т1ехьара кхо доьхка дихкина нуска» (Нуй)

1.Деша ваха ю сан чот, -

1амош ву со нохчийн ....(Мотт)

2.Щергахь ца йогу, хи буха а ца йоьду,

лаьттахь яхка а ца ло? (Ойла)

3«Хих кхоьру , амма ша хи чохь хуьлу»(Туьха)

4.«ЦХьа дог долу ши ваша»( Тукар)

-Х1инца муьлха дешнаш х1итти вайн ? (Нохчийн мотт)

-Кху шарахь вай кхин д1а а 1амор ю ноччийн мотт .

-Д1аеша учебникан ц1е ? («Нохчийн мотт») Хьовсал цуьнга. Мила ву цуьнан автор? Вевзий иза шуна? Х1унда оьшу нохчийн мотт 1амо? Берийн жоьпаш.

-Нохчийн мотт иза вайн ненан мотт бу . Нохчийн маттахь беро дуьххьара дош олу, нохчийн мотт вайн дайша а, дедайша лоьруш , ларбеш , хазбеш ванна схьакхачийна бу. Вай декхарийлахь ду и хаа , бовза , хазбан , т1аьхьарчу т1аьхьене кхачо беза.

Дуккха а ю ванн мотт хестош яьхна стихаш.

Саидов Билал

 Хьох лаьцна яздина,

Дийца а дийцина,

Хьайна безахь” бохуш,

Хьеха а хьо бина.

Хьехорах пайда  буй,

Хьо хууш ца хилча?

Хьо бийца хуур дуй,

Хьо безаш ца хилча?

Хьо бийца 1емар вац

Дагна хьо цабезарг.

Юьхьк1айн а лелар вац

Хьо бийца цахуург.

Нехан говра хиъна

Вон бере шех хилла,

Кхардамехь вехар ву

Хьо хийра леринарг.

Хьо безаш волчунна

Пондаран аз ду хьо,

Хьайца уьйр йоцчунна

Гихь беза мохь бу хьо.

Хьо хууш волчунна

Жовх1арийн х1онс ю хьо,

Хьайца шовкъ йолчунна

Чам тайна стом бу хьо.

Хьайн хазнех кхиъначун

Вахарехь ирс ду хьо,

Хьайх хераваьллачун

Д1атесна некъ бу хьо.

Ойла хьайца ечун

Бух боцу х1орд бу хьо,

Кхин толош волчунна

Совбаьлла г1ирс бу хьо.

Хьо ца безаш волчо

Шен Нана лорур яц,

Ненан сий ца дечо

Мехкан сий лардийр дац,

Ненан мотт цахаар

Шен кхерч цаларар ду,

Кхерчан да цахилар

Маьттаза вахар ду.

Дагах чекх ов доккхуш,

1овжаме бийцало,

И дог малхах тардеш,

Хьо сирла бийцало.

Харцонан некъ хадош,

Буьрса аз ду хьоьца,

Бакъонна некъ боккхуш,

Хьехаме хьо буьйцу.

Суна хьох къахета,

Бийца цахуучо,

Хьайн куьцах бохийна,

Мерза чам талхийча,

Чов хуьлу сан дагна,

Доггах цабезачо,

Шен г1алат дицдина,

Сийсазбеш бийцича.

Хьайн ненан мотт хаахь,

Дозалла ас до хьох,

Даггара и безахь,

Ас хастам бо хьуна.

Цунах ма херлолахь,

Доттаг1а, варийлахь,

Ненан мотт хьайн бацахь,

Байлахь вуй хаалахь!

-Х1ун боху автора нохчийн матах лаьцна?


Шуна х1ара учебник язйина Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э. Т1ехьовса учебникана вайна 1амо т1едиллинчунга.

(Бераша толу учебник , девза цуьнан т1едахкарш)

  1. Сада1аран миноташ.

Бакъи озавели - цхьаъ,

Охьатаь1и - ду и шиъ,

Хьалатаь1и - ду и кхоъ,

Д1анисвели - ду и диъ.

Куьйгаш д1асадахийти - пхиъ,

Вовшахтуьйхи - ялх.

Буьхьигаш т1е и х1оьтти - ворх1,

Дег1 нисдеш д1ах1оьтти - барх1.

4.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Текст таллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Тхан жима к1еза ду. Ша дуьзча , малхехь дижна 1а иза. Суна дукхадеза иза. Кеза хаза ду . Со ловзу к1езанца.

-Х1ун ю уьн т1е д1аязйинарг? (Текст)

Муха хуур ду уьш ша-ша предложении ю я текст ю?(Предложенеш вовшашца йозаелла ю)

Маса предложении ю текстехь? (Пхиъ)

-Муха хиира шуна иза? (Предложени доккхачу элпаца йолайо , чаккхенга т1адам буьллу)

-Схьаязъе хьалхара предложении.

-Х1ун ю предложении ? (Предложении за кхочуш хилла ойла гойту дешнаш ду)

Шардар № 1, аг1о 3.

-Д1аеша предложении. Стенах лаьцна ю иза? (Ненан матах)

«Гонаха хезаш берг ненан мотт бу» бохучух муха кхета хьо?Берийн жоьпаш.

Шардар №2 , аг1о 4.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?

-Текст предложенешка а йоькъуш д1аеша.

Маса предложении йийшира ахь? (Пхиъ)

-Хьанах лаьцна ю хьалхара предложении? (Рашидах)

-Х1ун боху цу предложенехь Рашидах лацна? (Стохка шолг1ачу классехь доьшуш вара Рашид)

-Д1аеша шолг1а предложении. Хьанах лаьцна ю иза? (Рашидах)

-Муьлхачу дашаца хийцина Рашид боху дош? (Иза)

-Х1ун боху цунах лаьцна? (Кхушарахь иза кхоалг1ачу классехь хир ву)

(Иштта толу важа предложенеш)

-Муьлха хаьрк диллина аша чаккхенгахь? (Тадам)

-Х1унда? (Иза дийцаран предложении ю.

-Муьлхачу элпаца язъян еза х1ора предложении? (Доккхачу)

-Х1ун юьллу чаккхенгахь? (Т1адам)

-Схьаяхъе хьалхара ши предложени дешдакъошка а йоькъуш.

-Предложени д1айолош диллиначу доккхачу элпана буха сиз хьакха.

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша 4-чу аг1он т1ера бакъо.

-Стенах лаьтта къамел? Предложени ?

5. Рефлекси.

-Х1ун ю текст?

-Муха къастайо текст предложенех? (Текстехь предложенеш вовшашца маь1ница йозаелла ю)

6. Жам1 дар.

-Тахана шуна евзира вай 1амор йолу учебник вай кху шарахь 1амор йолу. Карладаьккхира даханчу шарахь 1амийнарг.

7. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 3. аг1о 5, бакъо 4-чу аг1он т1ера.



Название документа Урок 10 Мукъа аьзнаш..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Мукъа аьзнаш»

1алашо : мукъа аьзнех лаьцна болу хаамаш карлабахар, церан башхаллаш йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна евзар ю мукъачу аьзнийн башхаллаш. Хуур ду мукъачу озо дешдакъа кхуллуш хилар. Берашна карлабохур бу ши аз билгалдечу элпех лаьцна болу хаамш. Берашна хуур ду Ё,Ю,ЮЬ,Я,ЯЬ элпаш мукъаза элпашна т1ехь яздан ца магар.Берашна хуур ду белхан план х1отто, цу планаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 40 аг1о 19 , бакъо.



  1. 1алашо йовзийтар.Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Алу , Ама, ала, ваза, ял1у,

-Х1ун ду цу дешнийн юкъара? (Мукъачу элпаца долало , чакхдовлу)

-Д1адеша вайна талла лерина хаттар.(Х1ун билгалонаш ю мукъачу озан?)

-Х1ун 1амор ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

-Вайна евзар ю мукъачу элпийн башхаллаш. Хуур ду муьлхачу элпаша ши аз билгалдо.

3. Керла тема хьехар.

а) Мукъачу элпех лаьцна хаамаш карлабахар.

Бакъо 22 аг1он т1ера.

-Д1аеша бакъо. Маса мукъа аз ду нохчийн маттахь? (Исс)

-Муьлханаш ду уьш?( А,АЬ, О,ОЬ,У,УЬ,И,Ы,Э)

-Мукъа элпаш маса ду? (Пхийтта)

-Муьлхачу элпаша ши аз билгалдо? (Я,ЯЬ,Ю,ЮЬ,Ё,Е)

-Мича меттехь хилча хуьлу церан ши аз? (Дешан юьххьехь, мукъачуй, Ь,Ъ т1ехьа нисделча)

аь) Дешнан тобанашка декъар. Мукъа , мукъаза элпех болу хаамаш т1еч1аг1бар.

Шардар № 41 , аг1о 22.

-Муха кхочушдан деза шардар? Д1адеша т1едиллар.

-Д1адеша хьалхара дош. Муьлхачу элпаца долало иза? (Мукъазачу)

-Шолг1аниг?(Мукъачу)

1аж оьпа

хьормат аьрзу

баьллаш яьшка

кемсаш абат

хьечаш иту

шаптал ехк

-Аьрру аг1ор б1ог1амалгера дешнаша х1ун билгалйо? (Стоьмаш)

б)Т1еч1аг1дар.

Шардар № 42.

-Муьлхачу аьзнех олу мукъа аьзнаш?

-Муьлхачу аьзнаша кхуллу дешдакъа?

-Схьайийца мукъачу аьзнийн шиъ билгало.

5. Сада1аран миноташ.

Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:

Т1араш тухуш, т1араш тухуш

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.

Цхьаъ - схьаверза,

Шиъ - д1аверза.

Кхоъ -охьата1а,

Диъ - хьалата1а.

Т1араш тухуш, т1араш тухуш,

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Юха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,

Когаш тохий, кхоссало.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Мукъа элпаш сиз хьакхарца билгалдахар.

Шардар №46, аг1о 24.

-Д1язъе. Мукъа элпаш билгалдаха.Муьлхачу дашо билгалдо ши аз? Муьлханаш ду уьш?

7. Рефлекси.

-Хун керланиг 1еми шуна?

8. Жам1 дар.

-Муьлханаш ду мукъа аьзнаш?

-Уьш масса ду?

-Маса ду мукъа элп?Муьлхачу элпаша шиъ аз билгалдо?

-Муьлхачу озо кхуллу дешдакъа?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 47, аг1о 25 , бакъо.



Название документа Урок 11деха а , доца а муъа аьзнаш..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Дехиа а , доца а мукъа аьзнаш»

1алашо : деха а , доца а муъа аьзнех кхетам балар . Царехь йозанехь нийса пайдаэца 1амор.

Билгалбаьхана кхиамаш : берашна девзар ду деха а , доца а мукъа аьзнаш , хуур ду аьзнаш (А,О,У,Ю,Э,Е) аьзнаш дехий , доций хуьлий, церан деха я доца хилар маь1ница къаьсташ хилар. Берашна хуур ду аьзнаш (И,УЬ,ЮЬ) аьзнаш деха хезаш хилча т1ехьа элп Й яздеш хилар. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, шайна оьшург лаха.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 47, аг1о 25 , бакъо.

-Д1адеша шардар. Муьлха дош яздина хьалха? Шолг1а?

-Муьлхачу дешнашна буха хьаькхна аша сиз? (Елка,яьсса,юьхь,яздархо, юьхк)

-Муьлхачу элпаша билгалдо ши аз? (Я, ЯЬ, Ю, ЮЬ,Е,Ё)

-Мича меттехь хилча до цара ши аз билгалдо?(Дешан юьххьехь, мукъачу элпана т1ехьахь, Ь,Ъ хьаьркашна т1ехь хилча)

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аязйо.

1.Дешархой г1аш школе бахара.

2.Шен сина декъаза яра йоккха стаг Алпату.

3.Бабас худар дира.

4.Бабас ц1енна дог1а туьйхира.

1.Дитт1а т1ера охьаэга мажделла г1аш.

2.Сийначу х1урда чохь хуьлу тайп-тайпана ч1ерий.

3.Текхарго пхьид худар ца хилийта доьхьалвелира Адам.

4.Стиглара дог1 дог1а.

-Д1аеша предложенеш. Х1ун ду церан цхьатера?

-Шишша преложени ю цхьатера дешнаш долуш.

-Муьлха дешнаш ду уьш? (Г1аш-г1аш, худар-худар, сина-сийна, дог1а- дог1а)

-Деша и дешнаш предложенешкахь. Стенан тидам хили шун? (Г1аш-г1аш дешнашкахь аз(А) деха , доца хеза)

-Кхин муьлхачу дешнашкахь ду деха, доца мукъа аьзнаш? (Худар-худар, дог1а- дог1а)

-Маь1на хийцалой и аз деха , я доца хилча? (Ло)

-Х1ун ю дог1а -доца о хилча ? (Стиглара охьадог1у дог1а ду)

-Х1ун ю дог1а –деха о хилча? (Ц1енна туха дог1а ду)

-Х1ун 1амор дув ай тахана? Д1аеша урокан ц1е.

-Вайна тахана девзар ду деха а , доца а мукъа аьзнаш , 1емар ду уьш йозанехь билгалдаха.

3. Керла тема хьехар.

а) Деха а , доца а мукъа аьзнийн тидам бар.

Шардар № 48 , аг1о 25.

-Д1адеша и дешнаш. Цкъа хьалха мукъа аз деха олуш , т1аккха доца олуш.

-Дада (А –доца хилча ) х1у маь1на хуьлу цу дешан? (Цициг дада ала мега)

-Дада (А –деха хилча) х1у маь1на хуьлу цу дешан? (Дада –дедех ала мега)

-Х1ун ю дага(А –доца хилча ) х1у маь1на хуьлу цу дешан? (Дигана т1е туху дечиг)

-Х1ун ю дага(А –деха хилча) х1у маь1на хуьлу цу дешан? (Дечигах лаьцна олу дага доладелла дечиг)

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша бакъо 25 аг1он т1ера.

Муха къаьста нохчийн маттахь аьзнаш (А,О,У,Ю,Э,Е) деха я доца хилар? (Маь1ница къаьста)

-Муьлха аьзнаш деха хилча дуьллу царна т1ехьа элп Й? (И,УЬ,ЮЬ деха хезаш хилча царна т1ехьа хилча элп Й яздо)

б)Тетрадаш т1ехь болх бар.

Шардар № 49, аг1о 26.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дашехь ду доца мукъа аз ? (Деза дашехь)

-И аз деха аьлча муха маь1на хуьлу цуьнан? (Деза , зезаг деза)

-Д1адеша и кицанаш муха кхета шу царех?

Шардар № 52 , аг1о 26.

4. Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало йоцуш хьала.

Мел хан яьлла, хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а кхиссало,

Цхьана меттехь воду,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи,

Дег1е «зузз» доуьйтуш,

Хиларх шийла и.

Цергаш, юьхь-куьг дила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза вакъало.

(Хь. Саракаев)

(Бераша Вахас дийрриг до)



5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Деха а , доца а мукъа аьзнаш таллар.

Шардар № 50 , аг1о 26.

-Д1аеша байт. Муьлхачу дешнашкахь ду ду деха я доца мукъа аьзнаш? (Г1ашна , сийна)

-Г1ашна дашехь А деха ду я доца ду? Х1ун ю цигахь юьйцург ? (Диттан г1аш)

-Аз (А) доца а олуш д1адеша и дош. Х1ун тидам хили шун? (Маь1на хийцадели. Г1аш стаг волало)

-Муха билгалдаьккхина аз (И) деха хилар? (Т1ехьа элп Й дилларца)

-Аз (И) доца а олуш д1адеша . Х1ун тидам хили шун? (Маь1на хийцало )

аь) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 51 , аг1о 26.

Таллар.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дешнашна буха хьаькхна аша сиз? Х1унда.

6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг хии шуна тахана?

7. Жам1 дар.

-Муьлха аьзнаш дуьлу деха я доца?

-Церан деха я доца хилар муха къаьста?

-Аьзна (И,УЬ,ЮЬ) деза хезаш хилчахь йозанехь муха билгалдоккху?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 52, бакъо 25 аг1он т1ера.

Название документа Урок 15-16 Къасторан хьаьркаш..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : «Къасторан хьаьркаш»

1алашо: къасторан хьаьркийн маь1на , церан дашехь йолу меттиг йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду дешнашкахь къасторан хьаьркаш язъя, церан меттиг дашехь йовза. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшург лаха , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар

Карточкаш



  1. Т1адамийн метана элпаш дахка.

Йо…кха, ба…хьаш, я…хьаш, я…къаш, т….ес .

  1. Т1адамийн менттана элпаш дахка

шка, …сса, …рг1а, …ртахь, …лка, шокь…ттарг, т1е…ана.

1.Дешдакъойх дешнаш кхолла.

Шар,мА , заг,зе , шар, де , наш, лаьм.


-Мукъаза шиъ шалха элп т1аьхьей –хьалхий нисделча муха яздан деза?

-Муьлхачу элпаша билгалдо ши аз? Мича меттехь хилча до цара ши аз билгал?

2.1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо

Мукъачарехь мукъазнаш ца оьйтуш:

Аьзнаш Ъ хьаьрко вовшех къастадо.

-Стенах лаьцна ю байт? (Къасторан хьаьрках)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? Берийн жоьпаш.

-Берашна вайна 1емар ду дешнашкахь къасторан хьаьркийн меттиг йовза, и билгалъяккха.

3.Керла тема хьехар.

а) Къасторан хьаьркийн дешнашкахь тидам бар .

Шардар №69 , аг1о 33-34.

малъелла з1окьеттарг

г1алатъяьлла шокьеттарг

разъяьлла

лахъялар

к1адъелла

1аржъелла

-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун ду церан юкъара? (Массо а дашехь къасторан хьаьркаш ю)

-Муьлхачу элпашна т1ехьа ю уьш?(Л, З, Х,Д,Ж)

-Уьш муьлха элпаш ду? (Мукъаза)

-Муьлхачу элпашна хьалха нисъелла къасторан хьаьрк? (Е,Я,,ЯЬ,)

-Маца язйо дашехь къасторан Ъ? Берийн жоьпаш.

-Маца язйо къасторан Ь? Берийн жоьпаш.

-Схьаязде шардар.

аь)Бакъо таллар.

-Д1аеша 34 аг1он т1ера бакъо.

-Муьлха элпаш лела къасторан хьаьркин маь1нехь? (Элпаш Ь,Ъ къасторан хьаьркийн маь1нехь лела)

-Цара х1ун гойту? (Мукъа аз мукъазчух д1ауьйш ца хилар)

-Маца язйо дашехь къасторан хьаьркаш Ь,Ъ? Д1аеша бакъо.

б)Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 70, аг1о 34.

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина даккхий боху дош? (Мукъаза шиъ шалха элп дашехь т1аьхье –хьалхе нисделча хьалхарчу элпан шолг1а хьаьрк ца яздо, ткъа шолг1а элп дуьззина д1аяздо)

-Муьлхачу дашана т1едоьг1на яздина ХЬИЙЗА дош? (Аьзна И,У,УЬ деха хезаш хилча т1ехьа элп Й яздо)

4.Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало йоцуш хьала.

Мел хан яьлла, хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а кхиссало,

Цхьана меттехь воду,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи, Дег1е

«зузз» доуьйтуш,

Хиларх шийла и.

Цергаш, юьхь-куьг дила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза вакъало.

(Хь. Саракаев)


5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Дешнаш кхоллар -ЕЛЛА, -ЯЬЛЛА т1етохарца.

Шардар № 71, аг1о 34-35.

Сихеъелла цецъяьлла

ц1анъелла аг1оръяьлла

йицъелла ч1аг1ъелла

т1ехъяьлла шекьяьлла

-Маца язйо дашехь къасторан Ъ? Къасторан Ь?

6. Рефлекси.

Шайн белхан мах хадабе . Х1ун дан ницкъ кхечи шун? Х1ун диси дан ницкъ ца кхаьчна?

7. Жам1 дар.

-Маца язйо дашехь къасторан хьаьркаш Ъ,Ь?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар №72 , аг1о 35. Бакъа аг1о 34.





Нохчийн мотт

Тема : «Къасторан хьаьркаш»

1алашо: къасторан хьаьркийн маь1на , церан дашехь йолу меттиг йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду дешнашкахь къасторан хьаьркаш язъя, церан меттиг дашехь йовза. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшург лаха , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар

Шардар №72 , аг1о 35. Бакъа аг1о 34.

  1. 1алашо йовзийтар Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо

Шокьеттарг, жимъелла, язъелла, лахъелла, 1аржъелла , т1емаяьлла, лакхаяьлла.

-Дешнаш шина тобане декъа. Муьлха дешнаш Далийна аша хьалхарчу тобане? (Шокьеттарг, жимъелла, язъелла, лахъелла, 1аржъелла )

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша и дешнаш цхьана тобане? (Къасторан хьаьрк ю массо цу дашехь)

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (т1емаяьлла, лакхаяьлла)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Царна юкъахь яц къасторан хьаьрк)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

-Берашна вайна 1емар ду дешнашкахь къасторан хьаьркийн меттиг йовза, и билгалъяккха.

3.Керла тема хьехар.

а) Къасторан хьаьркаш долу дешнаш схьаяздар.

Шардар №73 , аг1о 35.

-Д1аеша текст. Муьлхачу предложенешкахь ду къасторан хьаьркаш йолу дешнаш?

-Схьаязъе и предложенеш. Къасторан хьаьркаш йолчу дешнашна буха сиз хьакха.

-Маца язйо дашехь къасторан хьаьркаш?

4. Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало йоцуш хьала.

Мел хан яьлла, хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а кхиссало,

Цхьана меттехь воду,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи, Дег1е

«зузз» доуьйтуш,

Хиларх шийла и.

Цергаш, юьхь-куьг дила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза вакъало.

(Хь. Саракаев)


5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Предложенеш х1иттор.

Шардар № 76 , аг1о 37.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?( З1окьеттарг, яцъелла, сихъелла, аг1оръяьлла)

Суна хьуьнах з1окьеттарг гира. Ча аг1оръяьлла шеен бенахь 1а даккха. Гуьйре д1аели сихъелла. Буьйсанаш яцъелла йог1у.

1.Язъе жима сочинении къасторан хьаьркех лаьцна. Оьшу дешнаш дахка.



Элпаш ….,…. къасторан хьаьркийн маь1нехь лела. Цара гойту муъа аьзнаш мукъазачарех уьйш ца хилар.

Къасторан хьаьркаш ….,…. мукъазачаьрна т1ехьа, мукъачаьрна ….,…..,.,.. хьалха яздо. Масала: …….



Билгалонна материал (Е_НИЙ, Я-НИЙ, ЯЬ-ний) (Малъелла, шелъелла, з1окьеттарг, яцъелла

6. Рефлекси.

7. Жам1 дар.

-Х1ун керланиг 1еми шуна?

-Маца язйо дешнашкахь къасторан хаьркаш Ъ,Ь? (Д1аеша сочинении)

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 74, аг1о 36.



















-Язъе жима сочинении къасторан хьаьркех лаьцна. Оьшу дешнаш дахка.

Элпаш ….,…. къасторан хьаьркийн маь1нехь лела. Цара гойту муъа аьзнаш мукъазачарех уьйш ца хилар.

Къасторан хьаьркаш ….,…. мукъазачаьрна т1ехьа, мукъачаьрна ….,…..,.,.. хьалха яздо. Масала: …….







Название документа Урок 17-18 .Доца шеконан мукъа аьзнаш..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Доца шеконан мукъа аьзнаш»

1алашо : нохчийн маттахь доций шеконан мукъа аьзнаш хилар хаийтар, церан нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду дешнашкахь доций шеконан мукъа аьзнаш каро, церан нийсаяздаран бакъонех пайда а оьцуш болх бан 1емар ду. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар

Шардар № 74, аг1о 36.

-Муьлха элп яздина аша ШЕКЬЕЛИРА дашехь? (ь)

-Маца яздо дашехь къасторан Ь?

--Муьлха элп яздина аша КЕЧЪЕЛЛА дашехь? (Ъ)

-Маца яздо дашехь къасторан Ъ?

-Яха дешан хьалхара дакъа муха деша деза? (Доца)

-Х1ун маь1на ду цу дешан? (Цхьанха йо1 яхар)

2. 1алашо йовзийтар . Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

хьормут хьорм..т

олхузур олхаз…р

меллиша мелл…ша

урум ур…м

тускур туск….р

чайнак чайн…к

ч1урум ч1ур…м

хорбуз хорб…з

-Д1адеша аьрру аг1орчу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун тидам би аша?

-Шу дешнашкахь шеконца хеза оьзнаш, царех доца шеконан мукъа аьзнаш олу.

-Х1ун 1амор ду вай тахана ? Берийн жоьпаш.

-Вай тахана 1амор ду доца шеконан мукъа аьзнаш долу дешнаш. Евзар ю доца шеконан мукъа аьзнаш нийсаяздаран бакъонаш, 1емар ду царех пайдаэца.

3. Керла тема хьехар.

а) Бакъо таллар.

-Муьлхачу дешнашкахь яздо доца шеконан мукъа аьзнаш А?

-Маца яздо И?

аь) Доца шеконан мукъа аьзнаш долу дешнийн тидам бар.

-Д1адеша доски т1ера дешнаш аьрру аг1ора дешнаш.

Хьорм…т, олхаз…р,мелл…ша, ур…м, туск…р,чайн…к,ч1ур…м, хорб…з

-Хьормат дашехь муьлхачу декъехь хеза доца шеконан аз? (Шолг1ачу)

Муьлха аз ду шуна шеко йолуш хезаш? (А-У)

-Муьлха элп яздийр ду ХЬОРМАТ дашехь? (А)

-Маца яздо дашехь А? (Дахьехь А,У,И хезаш хилча яздо А)

-Муьлхачу декъехь ду доца шеконан мукъа аьзнаш? (Шолг1ачу)

-Муьлха элп яздо цу дашехь? (И)

-Маца яздо дашехь И? (Г-НИЙ, К-НИЙ хьалха мукъа элп и яздо)

-Д1аязде дешнаш.

б)Доца деконан мукъа аьзнаш дорлу дешнийн тидам бар.

Шардар №78, аг1о 38.

-Д1аеша текст. Хеззий шуна и туьйра? Х1ун леладо гезарша?

-Муьлхачу дешнашкахь ду доца шеконан мукъа аьзнаш?(Буьхьиг)

-Кхобуш дашехь дуй доца шеконан мукъа аьзнаш? (Ду)

-Муьлхачу декъехь? (Шолг1ачу)

-Х1унда яздина У , А ца яздеш? (Цу дашо дар билгалдо, цундела У яздина , А яздо х1уманаш билгалъен дешнашкахь)

4. Сада1аран миноташ.

Бакъи озавели - цхьаъ,

Охьатаь1и - ду и шиъ,

Хьалатаь1и - ду и кхоъ,

Д1анисвели - ду и диъ.

Куьйгаш д1асадахийти - пхиъ,

Вовшахтуьйхи - ялх.

Буьхьигаш т1е и х1оьтти - ворх1,

Дег1 нисдеш д1ах1оьтти - барх1.

(Т1аьхьара а олуш, берашаБакъис дийриг до.)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 79 , аг1о 38.

-Д1адеша дешнаш. Муьлханиг ду цициг дашехь доца шеконан мукъа аз билгалдеш долу элп? (и)

-УРАМ дашехь? (А)

-Дешан муьлхачу декъехь нисло доца шеконан мукъа аьзнаш? (Шолг1ачу)

-Кхочушде шардар.

6. Рефлекси

-Муьлха кхиамаш бехи аш? Х1ун ду шун дика нисделларг.

7. Жам1 дар.

-Маца яздо дашехь доца шеконан аз билгалдеш элп А?

-Маца яздо дашехь доца шеконан аз билгалдеш элп И?

-Даладе масалаш.

-Х1унда яздо КХОБУШ дашехь доца шеконан мукъа хезачохь У? (Кхобуш дашо дар билгалдо)

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 81 , аг1о 39.Бакъо 37 т1ера.





Нохчийн мотт

Тема: «Доца шеконан мукъа аьзнаш»

1алашо : нохчийн маттахь доций шеконан мукъа аьзнаш хилар хаийтар, церан нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду дешнашкахь доций шеконан мукъа аьзнаш каро, церан нийсаяздаран бакъонех пайда а оьцуш болх бан 1емар ду. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар

Шардар № 81 , аг1о 39.Бакъо 37 т1ера

2.1алашо йовзийтар

Уьн т1е д1аяздо.

Ч1урам, орам, эчиг, дечиг.

-Шина тобане декъа дешнаш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу б1ог1амалге? (Ч1урам, орам)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша и дешнаш цхьана тобане? (Орамехь доца шеконан мукъа аз А яздина)

Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу б1ог1амалге? (Эчиг, дечиг)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша и дешнаш цхьана тобане? (Орамехь доца шеконан мукъа аз И яздина)

-Х1ун 1амор ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

-Вай тахана 1амор ду доца шеконан мукъа аьзнаш долу дешнаш. Евзар ю доца шеконан мукъа аьзнаш нийсаяздаран бакъонаш, 1емар ду царех пайдаэца.

3. Керла тема хьехар.

а) Т1адамийн метана доций шеконан мукъа аьзнаш билгалдеш долу элпаш яздар.

Шардар № 84 , аг1о 40-41.

-Муьлха элп яздина аша доца шеконан мукъа аз билгалдеш долу МЕТТИГ дашехь ?(И)

-СИРНИКО дашехь ? (И)

-Маца яздо орамехь доца шеконан мукъа озан метана И? ( Г-ний, К-ний хьалха)

Маца яздо орамехь доца шеконан мукъа озан метана А? (А, И, У хезаш хилча)

аь) Дешнийн диктант

Кхобуш, ловзуш, оьшуш, йодуш, сирник, тоьрмиг, ч1урам, хорбаз

-Х1унда я здо КХОБУШ, ЛОВЗУШ, ОЬШУШ, ЙОДУШ дешнашкахь У? (Цара дар билгалдо , дарбилгалдечу дешнашкахь яздо У)

4. Сада1аран миноташ.

Бакъи озавели - цхьаъ,

Охьатаь1и - ду и шиъ,

Хьалатаь1и - ду и кхоъ,

Д1анисвели - ду и диъ.

Куьйгаш д1асадахийти - пхиъ,

Вовшахтуьйхи - ялх.

Буьхьигаш т1е и х1оьтти - ворх1,

Дег1 нисдеш д1ах1оьтти - барх1.

(Т1аьхьара а олуш, берашаБакъис дийриг до.)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 83, аг1о 40.

-Д1аеша байт. Муьлхачу дешнашкахь ду доца шеконан мукъа аьзнаш?

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина БАХХЬАШКАХЬ дош? (Мукъаза шиъ шалха элп т1аьхьий –хьалхий нисделча хьалхарчу элпан шолг1а хьаьрк ца яздо, ткъа шолг1а элп дуьззина д1аяздо)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина ШИЙЛАЧУ дош? ( Аз И деха хезаш хилча т1ехьа Й яздо)

6. Рефлекси.

-Язъе жима сочинении доца шеконан мукъа аьзнех лаьцна.

Нохчийн маттахь доций шеконан мукъа аьзнаш ду. Масала : хьорм..т, хорбаз, сирн…к.

Доца шеконан мукъа аьзнаш А,У,И хезаш хилча элп ….. яздо. Масала : олхазар , меллаша.

Г-ний , К-ний хьалха Элп ….. яздо. Масала : сирн…к, ч1ен…г.


7. Жам1 дар.

-Маца яздо доца шеконан мукъа озан метана А? И?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар №82, аг1о 39.



Название документа Урок 19-20 Дешан чаккхенгахь -Н яздар .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : «Дешан чаккхенгахь –Н яздар.

1алашо: ХЬЕНАН? СТЕНАН? хатта ршна доьпаш лу дешнаш довзийтар . Церан чаккхенгахь –Н яздар хаийтар, царна хаттарш х1итто 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду –Н чаккхенгахь долу дешнашна хаттарш дала (ХЬЕНАН? СТЕНАН?). Берашна евзар ю дешан чаккхенгахь –Н яздаран бакъонаш , царех йозанехь пайдаэца а 1емар ду.Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх толлар.

Шардар № 82 , аг1о 39

2.Дешаре шовкъ кхоллар. 1алашо йовзийтар.

Уьн т1е д1аяздо

Мархин , к1ентан, йо1ан, дешин, эсан, берзан

-Д1адеша и дешнаш. Стенан тидам бира аша? (Церан чаккхенгахь –Н ду)

(Хьехархочо суьрташ гойату, хотту )

-Йовлакх ХЬЕНАН? Мархин ду.

-Муха хаьттира аса ? (Хьенан т1аьхьара -Н ца олуш хаьттира)

-Муха делира жоп? (Мархин т1ехьара –Н ца олуш)

-Д1аеша вайн урокан ц1е. Х1ун 1амор ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

-Вайна тахана девзар ду чаккхенгахь –Н долу дешнаш, хуур ду цара муьлхачу хаттарна жоп ло. 1емар ду чаккхенгахь –Н долу дешнаш нийс ала , нийса яздан , бакъонашна т1е а дуг1уш.

3. Керла тема хьехар.

а)Чаккхенгахь –Н долчу дешнийн тидам бар , царна хаттарш х1иттор.

Хьехархочо пайдаоьцу лакхарчу суьртех

-Х1ара х1ун ю? (К1еза)

-Стенан к1еза? (Берзан)

-Муха хаьттира аса СТЕНАН? (чаккхенгара –Н ца олуш)

-Муха дала деза жоп? (Берзан чаккхенга -Н ца олуш)

-Д1аязде и дешнаш. Муха язди аша БЕРЗАН дош? (Чаккхенгахь –Н яздеш)

аь) Бакъона т1ехь болх бар.

-Д1аеша бакъо.

-Маца яздо дешан чаккхенгахь –Н? (Хьенан? Стенан? хаттаршна жоьпаш лучу дешнийн чаккхенгахь –Н яздо)

б) ХЬЕНАН? СТЕНАН? хаттаршна жоьпаш ло дешнаш билгалдахар.

Шардар № 85 , аг1о 41.

-Д1аеша хьалхара дешнийн цхьана кхетарш.

-Халкъийн доттаг1алла.

-Муьлханиг ду цу шина дешах коьртаниг? (Доттаг1алла)

-Цунна т1ера хаттар ло ХАЛКЪИЙН бохучу дашана. (Доттаг1алла ХЬЕНАН? халкъийн)

-Д1адеша шолг1а цхьанакхетар. Муьлханиг ду цу шинах коьрта дош? (Даймохк)

-Цунна т1ера ло ВАЙН бохучу дашана хаттар. (Даймохк ХЬЕНАН? вайн)

-Муха ала деза чаккхенгахь –Н долу дешнаш?

-Муьлхачу дашана т1ера ло хаттар ? (Коьртачу дашана)

-Д1аязде шардар.

в) ХЬЕНАН? СТЕНАН? хаттаршна жоьпаш ло дешнаш долу предложенеш схьаязъяр.

Шардар № 86 , аг1о 41.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар? Муьлхачу предложенешкахь ду ХЬЕНАН? СТЕНАН? хаттаршна жоьпаш ло дешнаш?

4. Сада1аран миноташ.

Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:

Т1араш тухуш, т1араш тухуш

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.

Цхьаъ - схьаверза,

Шиъ - д1аверза.

Кхоъ -охьата1а,

Диъ - хьалата1а.

Т1араш тухуш, т1араш тухуш,

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Юха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,

Когаш тохий, кхоссало.



5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Т1адамийн метана оьшу элп диллар.ХЬЕНАН? СТЕНАН? хаттаршна жоьпаш лун дешнаш билгалдахар.

Шардар № 88 , аг1о.

-Д1адеша хьалхара кица. Муха кхета шу цунах?

-Муьлхачу дашаца уьйр ю шеен , ворданан дешнийн? (Мохь дашца)

-МОХЬ дашна т1ера хаттар ло цу шина дашна? (Мохь ХЬЕНАН? шеен, Мохь СТЕНАН? ворданан)

-Муьлха элпаш дохку церан чаккхенга? (Элп Н)

-Х1унда? (ХЬЕНАН? СТЕНАН? хаттаршна жоьпаш лун дешнашна чаккхенгахь –Н яздо)

-Сиз хьокхуш д1аязде дешнаш.

6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг хии шуна?

7. Жам1 дар.

-Маца яздо дешнийн чаккхенгахь –Н?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 87, бакъо.



























Нохчийн мотт

Тема : «Дешан чаккхенгахь –Н яздар.

1алашо: ХЬЕНАН? СТЕНАН? хатта ршна доьпаш лу дешнаш довзийтар . Церан чаккхенгахь –Н яздар хаийтар, царна хаттарш х1итто 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду –Н чаккхенгахь долу дешнашна хаттарш дала (ХЬЕНАН? СТЕНАН?). Берашна евзар ю дешан чаккхенгахь –Н яздаран бакъонаш , царех йозанехь пайдаэца а 1емар ду.Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх толлар.

Шардар № 87, бакъо.

-Муьлхачу дешнийн чаккхенгахь яздина –Н? Х1унда?

2. Дешаре шовкъ кхоллар. 1алашо йовзийтар.

Дешнийн диктант.

(Хьехархочо чаккхенгара –Н ца олуш д1адоьшу дешнаш)

Аькенан де, Бабин Ч1ирдиг, йишин йовлвкх, школан беш, дешархочун книжка , цициган к1орни.

-Д1аязде дешнаш.

-Муха язди аша АЬХКЕНАН боху дош? Х1унда? Берийн жоьпаш.

-Х1ун 1амор дув ай тахана? Берийн жоьпаш.

-Вайна тахана девзар ду чаккхенгахь –Н долу дешнаш, хуур ду цара муьлхачу хаттарна жоп ло. 1емар ду чаккхенгахь –Н долу дешнаш нийс ала , нийса яздан , бакъонашна т1е а дуг1уш.

3. Керла тема хьехар.

а) ХЬЕНАН? СТЕНАН? хаттаршна жоьпаш лун дешнаш билгалдахар.

Шардар № 89, аг1о 43.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дашана ло ХЬЕНАН ? хаттар? (Тхан)

(Иштта толлуш д1аязде шардар)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина ЙОККХА дош? ЭЧИГ дош? КЛАСС дош?

аь) Мукъаза шиъ шалха элп дашехь т1аьхье-хьалхе нисдаларан нийсаяздаран бакъонаш карлаяха.

Шардар № 90, аг1о 43.

  1. Сада1аран миноташ.

Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:

Т1араш тухуш, т1араш тухуш

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.

Цхьаъ - схьаверза,

Шиъ - д1аверза.

Кхоъ -охьата1а,

Диъ - хьалата1а.

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Юха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,

Когаш тохий, кхоссало.



5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Т1еч1аг1дар.

Шардар № 92, аг1о 44.чу

-Стенах лаьцна ю стихотворении? (Даймахках)

-Х1ун дош ду автора далийнарг? (Даймохк )

6. Рефлекси.

Жима сочинении язъе чаккъенгахь –Н яздечу дешнех лаьцна.

-(Хьехархочо хаттарш ло берашна , бераша жоьпаш яздо

-Муьлхачу дешнийн чаккхенгахь яздо –Н?

-Даладе масалаш.

7. Жам1 дар.

-Х1ун керланиг 1еми шуна тахана? Д1адеша шайн сочиненеш.

-8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 91, аг1о 44.

Название документа Урок 2. Къамел. Текст. Предложени..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Къамел . Текст. Предложени.Дош»(Карладаккхар)

1алашо: Берийн къамелах, текстах , дашах ,предложених болу хаамаш карлабахар , т1еч1аг1бар. Ойлаяр , тидамбар кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: Берашна 1емар ду текст а , предложении талла, предложенеш х1итто , уьш д1аязъян. Берашна 1емар ду предложенеш текст вовшех къасто; дешан , предложенин башхаллаш а евзар ю. Берашна 1емар ду предложенеш йозанехь нийса билгалъяха. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан. Нохчийн матте безам кхоллалур бу берийн..

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь ян? (Шардар №4, бакъо)

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан дезаш дара иза?(Текст предложенешка а йоькъуш )

-Маса предложении ю текстехь? (Ялх)

-Д1аеша хьалхара предложении. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Т1ом ца безарх)

-Д1аеша шолг1а предложении. Стенах лаьцна дуьцу цу т1ехь? (Вайна машар безарх)

-Муха хуур ду текстехь масса предложении ю? (Предложени доккхачу элпаца йолайо, чаккхенгахь т1адам буьллу)

2. 1алашо йовзийтар.

Караде дошдешнаш.

П

Р

Е

Д

о

л

а

п

р

Л

д

д

т

ь

ю

О

Ж

Е

и

м

в

с

м

Н

ч

я

ы

ф

у

И

Д

п

р

о

л

д

и

О

Ш

ю

х

ж

-Еък1ов чохь д1алачкъийна ду шиъ дош. И шиъ карохь шуна хуур ду вай тахана х1ун 1амор ду.

-Муьлха дешнаш карий вайна? (Предложени , дош)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? (Предложенех , дешнах)

-Тахана вай карладоккхур ду 2-чу классехь вай 1амийнарг. Вай шорбийр бу предложенех , дешнех лаьцна болу хаамаш.

2. Керла тема хьехар.

а) Дешнех кхетам балар.

Хьехархочо д1агойту сурт «Бешахь»

-Х1ун ю х1ара? (1аж)

-Муьлш бу х1орш? (Бераш)

-Мила ву х1ара ? (Адам)

-Мила ю х1ара? (Танзила)

-Схьайийца шаьш ц1ераш яьхна адамаш , х1уманаш. (1аж, бераш, Адам, Танзила)

-Х1ун билгалйо 1аж дашо? (Х1ума)

-Бераш дашо? (Х1ума)

-Х1ун билгалйо цхьана дешо? (Х1ума)

-Муха бу 1аж? (Ц1ен)

-Муха ю йо1? (Дика)

-Муха ву к1ант? (Оьзда)

-Муьлха дешнашца делира аша жоьпаш? (Ц1ен, дика, оьзда)

-Уьш х1ун ю ?(Дешнаш)

-Х1ун билгалйо цхьана дашо? (Билгало)

-Х1ун до йо1а 1ежашна? (Лахьадо)

-Х1ун до к1анта 1ежашна? (Схьадоху)

-Муьлхачу дешнашца дели аша жоьпаш? (Лахьадо, схьадоху)

-Х1ун билгалйо цхьана дашо? (Дар)

-Х1ун билгалйо цхьана дашо? (Цхьана даша билгалйо х1ума , цуьнан дар , билгало)

-Х1ун деш ду бераш? (Бераш стоьмаш чуберзош ду)

-Иза х1ун ю?( Предложени)

-Стенах лаьтта предложении? (Дешнех)

-Х1ун ю предложении? (Кочушхилла ойла гойтучу дешнах предложении олу)

аь) Т1еч1аг1дар.

Шардар № 5 аг1о 5.

-Д1аеша текст.

-Стенах лаьтта вайн къамел ?

-Х1ун гойту предложенино?

-Хун башхо ю предложенин , дешнийн? (Предложенера дешнаш вовшаца дозаделла ду, цхьана дашо билгалйо х1ума, дар , билгало.

Шардар №3.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочудан деза шардар? (Схьаязъян еза предложенеш)

-Д1аеша аьтту аг1о?

-Х1ун ю цу т1ехь ялийнарг? (Дешнаш)

-Муха хиира шуна ? (Церан уьйр яц)

-Д1аеша аьрру аг1о. Х1ун ю уьш? (Предложенеш)

-Муха хиира шуна? (Дешнаш вовшашца уьйр йолуш ду , цара кхочушхилла ойла гойту)

-Д1аеша хьалхара предложении. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь ?(Хьалхарчу сентябрах)

-Шолг1ачу предложенехь стенах лаьцна дуьйцу? (Бераш деша дуьйладаларх лаьцна)

-Д1аязъе предложенеш.

-Муха йолийна аша х1ора предложении? Муьлха хьаьрк дуьллу чаккхенгахь?

3. Сада1аран миноташ.

Бакъи озавели - цхьаъ,

Охьатаь1и - ду и шиъ,

Хьалатаь1и - ду и кхоъ,

Д1анисвели - ду и диъ.

Куьйгаш д1асадахийти - пхиъ,

Вовшахтуьйхи - ялх.

Буьхьигаш т1е и х1оьтти - ворх1,

Дег1 нисдеш д1ах1оьтти - барх1

4.Керла тема кхин д1а а хьехар.

Шардар №6 аг1о 6.

а) Текстах болу хаамаш т1еч1аг1бар.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза? (Берийн дахар)

-Маса предложении ю текстехь?(Кхоъ)

-Муха йолийна х1ора предложении? Чаккхенгахь х1ун юьллу?

-Стенах лаьцна ю хьалхара предложении? (Берийн дахарх)

-Шолг1а? (Закъалтах)

-Х1ун ю закъалт?

-Кхоалг1а? (Закъалтах)

-Муха кхета шу к1адо бохучу дашах? (К1ад ца луш)

Шардар №7 , аг1о 6.

-Д1аеша шина аг1ор йолу предложенеш. Царех муьлханаш ю текст?

(Аьтту аг1ор ерг текст ю)

-Стенах лаьцна ю текст? (Гуьйренах)

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Гуьйре)

-Х1ун керланиг хии шуна текстах лаьцна? (Текстана ц1е тилла йиш ю)

-Муьлхачу аг1ор ю предложенеш? (Аьрру аг1ор ерш предложенеш ю)

-Муха хиира шуна? (Предложенеш вовшашца йозаелла яц, х1ора предложенехь юьйцуриг тайп-тайпана х1ума ю)

-Д1аязъе текст.

5. Рефлекси.

-Х1ун хии шуна керланиг?

6. Жам1 дар.

-Стенах олу предложении? Цо х1ун гойту?

-Х1ун билгалйо цхьана дашо?

7. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 8, аг1о 9.





Название документа Урок 24-25 Айдаран предложенеш.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Айдаран предложенеш»

1алашо: айдаран предложенех лаьцна юкъара кхетам балар. Къамелехь айдаран предложенин маь1на довзийтар , йозанехь уьш билгалъяха 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карлабохур бу дийцара н, хаттаран предложенех лаьцна болу хаамаш ; берашна 1емар ду айдаран предложенин башхаллаш йовза, уьш оьшу хьаьрк дилларца билгалъяха. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 103 , аг1о 51.

  1. 1алашо йовзийтра. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Ша т1ехь шера хуьлу ч1ог1а.

Шах1ид салаз т1ехь чувог1у.

Шуна лаьий конькеш хехка?

Шадерш арадовла чехка!

-Д1аеша стихотворении. Дагахь 1амае. Маса предложению цу текстехь? (Йиъ)

-Д1аеша хьалхара ши предложении. И муьлха предложенеш ю ? (Дийцаран)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Т1адам)

-Д1аеша кхоалг1а предложении. И муьлха предложении ю? (Хаттаран)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга?(Хаттаран хьаьрк)

-Д1аеша т1аьххьара предложении. Муьлха дог-ойла йолуш ялийна иза? (Хазахетар гойту)

-Иза айдаран предложении ю. Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? Берийн жоьпаш.

-Д1адеша вай тахана талла деза хаттар.(Муьлхачу предложенин чаккхенгахь дуьллу айдаран хьаьрк?)

-Вайна тахана евзар ю айдаран предложенеш.Хуур ду церан башхалле хьаьжжина уьш къасто, чаккхенга оьшу хьаьрк дилла.

3. Керла тема хьехар.

а) Айдаран предложенин тидам бар.

-Бераш , шуна ц1ахь долчу дас- нанас хаза х1умнаш оьцу хир ю.: игрушкаш, т1еюха бедарш , мерза юу х1уманаш. Шуна муха хетта шайна иштта совг1аташ дича? Хьаьнга олу аша шайна игрушкаш эцча? (Доттаг1чунга)

-Муха олу аша и доттаг1чунга? (Суна маше мА эцна! Мамас сунна тайниг мА эцна! Мел хаза ю сунна бабас еана коч!)

-Муьлха дог-ойла гойту цара? (Хазахетар)

-Уьш айдаран предложенеш ю.

-Индарби , ахьа летачохь хьалхара меттиг баьккхина. Муха элира ахьа иза хьайн нене? (Ас хьалхара меттиг мА баьккхина!)

--Муьлха дог-ойла гойту цо? (Ваккхий вер)

-Иза айдаран предложении ю.

-Бераш , шуна муха хетта вайн махкахь т1ом боцуш , машар хилча? Муха эр дара аша машаран хастамбеш? (Декъала хуьлда машар!)

-Муьлхачу дог-ойлаца ялийна и предложении? (Кхайкхамбарца)

-Иза айдаран предложении ю.

-Д1аязъе и предложенеш. Муьлха хьаьаркаш дохку церан чаккхенга? (Айдаран хьаьркаш)

-Муьлхачу дог-ойланца олу айдаран предложенеш? (Хазахетарца , ваккхийверца ,хастамбарца олуш ерш айдаран предложенеш ю)

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша бакъо.

Муьлхачу предложенах олу айдаран предложении?

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга?

б)Йозанан болх бар.

Шардар № 108, аг1о 54.

-Д1аеша хьалхара предложении. Цо х1ун гойту? (Кхайкхамбар)

-Муьлха предложении ю иза? (Айдаран предложении)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Айдаран хьаьрк дуьллу)

-Д1аеша шолг1а предложении. Х1ун 1алашонца ялийна иза? (Кхайкхамбархьама)

-Муьлха предложении ю иза? (Айдаран предложении)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Айдаран хьаьрк дуьллу)

-Д1аеша кхоалг1а предложении. Х1ун 1алашонца ялийна иза? (Хазахетар гойтархьама)

-Муьлха предложении ю иза? (Айдаран предложении)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Айдаран хьаьрк дуьллу)

-Муьлхачу предложенех олу айдаран предложении? (Къаьстинчу дог- ойланца , хазахетарца , ваккхийверца ялочу предложенех айдаран предложении олу)

Шардар № 109, аг1о 54.

-Билгалъяккха айдаран предложении. Муха ала еза иза?(Ваккхийверца )

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга?

-Д1аязде шардар.

-Кийра дашехь хьалхара дакъа муха деша деза? (Деха деша деза)

-МОКХАЧУ дашехь хьалхара дакъа муха деша деза? (Деха деша деза)

-Хьалхара дакъа доца дешча муха хьуьйцур дара цара маь1на? (Кира пенаш к1айден г1ирс,)

4. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)





5. Керла тема кхин д1а а хьоьху.

а) Предложенин тидам бар.

Шардар № 110, аг1о 55.

-Д1аеша текст. Муьлханаш ю айдаран предложенеш? (Хьалхара, кхоалг1а)

-Уьш муха олу? (Ваккхийверца, хазахетарца)

-Д1аязде шардар. Хиъна дашехь элп Ъ муьлхачу маь1нехь лела? (АЗ Ъ билгалдо)

-Элп Ъ ца яздича дешан х1ун маь1на хир дара? (Хина – молу хи долуш сана хир дара)

аь) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 111, аг1о 55.

Таллам бар.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха предложении ю иза?

-Хьайна хетарг ч1аг1де.Къастаде жоп.

  • Иза дийцаран предложении ю , х1унда аьлча и ялийна цхьа х1ума дийцархьама.

  • Иза хаттаран предложении ю , х1унда аьлча и ялийна цхьа х1ума хаттархьама

  • Иза айдаран предложении ю , х1унда аьлча и ялийна хахахетар гайта.

6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1еми шуна? Х1ун кхиамаш ба шун?

7. Жам1 дар.

-Муьлханиг ю айдаран предложении?

-Х1ун маь1на ду айдаран предложенин?

-Цуьнан чаккхенгахь муьлха хьаьрк дуьллу?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 112, аг1о 56. Бакъо аг1о 55.













































Нохчийн мотт

Тема: «Айдаран предложенеш»

1алашо: айдаран предложенех лаьцна юкъара кхетам балар. Къамелехь айдаран предложенин маь1на довзийтар , йозанехь уьш билгалъяха 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карлабохур бу дийцара н, хаттаран предложенех лаьцна болу хаамаш ; берашна 1емар ду айдаран предложенин башхаллаш йовза, уьш оьшу хьаьрк дилларца билгалъяха. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар

Шардар № 112 , аг1о 56.

-Муьлха предложенеш ю аша язйинарш? (Дийцаран)

-Бакъде айхьа аьлларг? (Хьалхара предложении дийцаран ю, х1унда аьлча и ялийна говрах лаьцна цхьа х1ума дийцархьама)

-Муьлхачу предложенех олу айдаран предложенеш?

-Т1АККХА боху дош муьлхачу бакъонна т1е доьг1на яздина? (Мукъаза шиъ шалха элп дашехь т1ехье-хьалхе нисделча , хьалхарчу элпийн шолг1а хьарк ца яздо, ткъа шолг1а элп дуьззина д1аяздо)

КХАЧИЙРА боху дош муьлхачу бакъонна т1е доьг1на яздина? (Дашехь аз И деха хезаш хилча , цунна т1ехьа элп Й яздо)

ЦУЬНАН боху дош муьлхачу бакъонна т1е доьг1на яздина? (ХЬЕНАН? СТЕНАН? хаттаршна жоьпаш лучу дешнийн чаккхенгахь элп –Н яздо)

1. 1алашо йовзийтар.

Уьн т1е д1аяздо.

-Марша я хьо, ёлка!

Декъала хуьлда!

Оха хьан ,хьомсара

Дийр ду ловзар!

-Д1аеша стих. Муьлхачу дог-ойланца еша еза иза? (Хазахетарца, кхайкхамбарца)

-. Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? Берийн жоьпаш.

-Вайна тахана евзар ю айдаран предложенеш.Хуур ду церан башхалле хьаьжжина уьш къасто, чаккхенга оьшу хьаьрк дилла.

3. Керла тема хьехар.

а) ПРедложенийн тидам бар.

Шардар № 113 , аг1о 56.

-Д1адеша дийцар. Хьанах лаьцна ду иза? (Абах лаьцна)

-Х1ун боху Абух лаьцна? (Абун в уши доттаг1-Дауд , Муса а.)

-Муьлха предложении ю иза? (Дийцаран)

-Муьлха хьарк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Т1адам)

-Муьлхачу дашана т1ехьа дуьллу и хьаьрк? (Муса дашана т1ехьа )

-Х1ун боху доттаг1ех лаьцна? (Уьш кхоалг1ачу классехь доьшуш бу)

--Муьлха предложении ю иза? (Дийцаран)

-Муьлха хьарк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Т1адам)

-Муьлхачу дашана т1ехьа дуьллу и хьаьрк? (доьшуш бу дашана т1ехьа )

-Муьлхачу элпаца йоло еза предложении? (Доккхачу)

-Муха кхочушбо цара ц1ахь бан бела болх ? (Цара массара цхьана кхочушбо ц1ахь бан бела болх)

-Цара массара муха доьшу? (Цара массара дика доьшу)

-Д1аязъе текст.

Шардар № 114, аг1о 57.

-Д1аеша стихотворении.Муьлха предложенеш ю текста юкъахь?

-Муха йоьшу айдаран предложенеш? (Хазахетарца , ваккхийверца, къайкъамбарца)

-Д1аеша муьлхха цхьа хаттаран предложении . Муьлха хаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга? Бакъде хьайна хетарг.

-Ч1ерий муха дехар ду? –(предложени ялийна цхьа х1ума хаттархьама. Иза хаттаран предложении ю . Хаттаран предложенин чаккхенга хаттаран хьаьрк дуьллу)

-Д1аеша айдаран предложении.Муьлха хьарк ду цуьнан чаккхенгахь? Хьайна хераг бакъде.

-Тьфу! Ма дуьра да х1ара! –(И предложении къаьстинчу дог-ойланца олу. Иза айдаран предложении ю. Цуьнан чаккхенга айдаран хьаьрк дуьллу)

(Иштта толу важа предложенеш)

3.Сада1аран миноташ

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)





4.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Доца шеконан мукъа аьзнех болу хаамаш карлабахар.

Шардар № 115, аг1о 57.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха дош ду талла дезарг? (Дечиг)

-Муьлха бакъо дагаяийта еза и дош яздан? (Доца шеконан мукъа аьзнаш)

-Муьлха элп яздо т1адамийн меттана? (И)

-Х1унда? (Дашехь А,У,И хезаш хилча г-ний , к-ний хьалха элп И яздо)

(Иштта толу важа предложенеш)

-Муьлха предложенеш ю аша язйинарш? (Дийцаран предложенеш)

аь) Предложенийн тидам бар

Шардар № 116, аг1о 58.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ду иза?Аша 1алашдой шайна гонахара 1алам?

5 Рефлекси.

-Х1ун керланиг хии шуна?

6. Жам1 дар.

-Муьлханиг ю айдаран предложении?

-Х1ун маь1на ду айдаран предложенин?

-Цуьнан чаккхенгахь муьлха хьаьрк дуьллу?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 117, аг1о 58-59.





Название документа Урок 3.Къамел . Текст. Предложени. Дош.(Карладаккхар).docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Къамел . Текст. Предложени.Дош»(Карладаккхар)

1алашо: Берийн къамелах, текстах , дашах ,предложених болу хаамаш карлабахар , т1еч1аг1бар. Ойлаяр , тидамбар кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: Берашна 1емар ду текст предложенешка екъа , х1ора декъана ц1е тилла.Берашна 1емар ду текст а , предложении талла, предложенеш х1итто , уьш д1аязъян. Берашна 1емар ду предложенеш текст вовшех къасто; дешан , предложенин башхаллаш а евзар ю. Берашна 1емар ду предложенеш йозанехь нийса билгалъяха. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан. Нохчийн матте безам кхоллалур бу берийн..

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар №8, аг1о 7.

-Муха кхочушдан дезаш дара шардар? (Дешнех предложенеш х1иттае)

-Д1аеша хьалхара предложении. Стенах лаьцна ю иза? (Хьуьнах)

-Х1ун боху хьуьнах лаьцна? (Тхан юртана гена яц хьун)

-Муха йолийна аша предложении? (Доккхачу элпаца)

-Муьлха хаьрк диллина чаккхенга? (Т1адам)

(Иштта толу важа предложенеш)

-Аша язйина предложенеш текст хир юй? Х1унда? (Уьш вовшашца йозаелла ю)

-Х1ун ц1е туьллар яра текстана? (Хьун)

2. 1алашо йовзийтар.

Уьн т1е д1аяздо.

ЖЕ,ПРЕД,ЛО МЕЛ,КЪА, СТ,ТЕК

-Кагделла дешнаш нисде.Муьлха дешнаш хили шун? (Тест, къамел, предложении)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? (Текстах, предложенех , къамелах)

-Вайн тахана карлабохур бу текстах, предложенех, къамелах лаьцна.Шуна 1емар ду текст дакъошка екъа , х1ора декъана ц1е тилла.

3. Керла тема хьехар.

а) Текст предложенешка екъар, х1ора декъана ц1е тиллар.

Шардар № 9, аг1о 7-8.

-Муьлш бу хьалхарчу суьрта т1ехь? (Бераш)

-Х1ун ю церан карахь? (Зезегаш)

-Уьш стенга боьлху? (Школе)

-Х1ун деш бу бераш шолг1ачу суьрта т1ехь? (Доьшуш бу)

-Х1ун деш бу бераш кхоалг1ачу суьрта т1ехь? (Школера ц1абог1уш бу)

-Доьалг1ачу суьрта т1ехь хстенга бахана бераш? (Бераш хьуьнах бахара)

-Цара х1ун до? (Ц1азамаш лехьадо)

-Д1аеша текстан хьалхара дакъа. Стенах лаьцна ду иза?(Аьхк бераша сада1арх)

-Муьлха суртана йог1у и предложенеш? (Бераш хьуьнах эхарх)

-Х1н ц1е туьллур яра цу декъана? (Аьхка сада1ар)

-Д1аеша шолг1а абзац. Стенах лаьцна ю иза? (Дешархой школе бахарх)

-Муьлха суртана ю и предложенеш? (Бераш зезагаш карахь школе боьлхуш гойтуш дерг)

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Чакхъели каникулаш)

-Д1аеша кхолг1а абзац. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Дешарх ц1а бахарх)

-Муьлхачу суьртана йог1у и абзац? (Кхоалг1ачу суьртана , т1ехь бераш школера ц1а доьлхуш ду)

-Х1ун дира вай текстана? (Дакъошка йийкъира)

-Х1ун дира х1ора декъана? (Ц1е тиллира)

-Х1ун керланиг хии шуна? (Текст дакъошка екъало , х1ора декъана ц1е туьллу)

-Д1аязъе текст.

4. Сада1аран миноташ.

Вай яздира, яздира,

Куьйган п1елгаш к1адделира.

Вай жимма садо1ур ду,

Т1аккха юха а яздийр ду.

5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар №10 , аг1о 8.

Язйинарг таллар.

-Д1аеша хьалхара предложении? (Дийнах)

-Муьлхачу элпаца йолийна х1ора предложении?

-Х1ун йиллина чаккхенга?

Шардар № 12 , аг1о 9.

-Д1аеша байт. Х1ун ю цу т1ехь юьйцург? (Чхьаьвриг)

-Хьан х1оттор яра чхьавригах лаьцна предложении?

-Д1аязъе предложении.

6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг хии шуна урокехь? (Текст дакъошка екъало, х1ора декъана ц1е тилла йиш ю)

7. Жам1 дар.

-Стенах лаьцна дийцира вай урокехь? Х1ун дара гуттар ч1ог1а теллинарг? (Текст дакъошка екъар, царна ц1е тиллар)

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар №13, аг1о 9.





Название документа Урок 4.Х1уманаш билгалъен а, церан дар а, билгало а гойту дешнаш..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: « Х1уманаш билгалъен а , церан дар а , билгало а гойту дешнаш».

1алашо: х1уманаш билгалъен а , церан дар а, билгало а гойту дешнаш довзийтар, церан башхаллаш йовзийтар, уьш вовшехкъасто 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карлабохур ду х1уманаш билгалъен а , церан дар а, билгало а гойтучу дешнех болу хаамаш. Бераша карлайохур ю царна юкъарчу башхаллех болу хаамаш. Берашна 1емар ду царна хаттарш дала.Берашна 1емар ду и дешнаш тобанашка декъа. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , шайна оьшу материал лаха, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар №13 , аг1о 9.

-Муха кхочушдан дезаш дара шардар? Д1адеша т1едиллар.

-Стенах лаьцна ю текст? (Гуьйренах)

-Маса предложенех лаьтта текст? (Еа предложенех)

-Стенах лаьцна дуьйцу хьалхарчу предложенехь? Шолг1ачу? Кхоалг1ачу?Йоьалг1ачу?

-Муьлхачу элпаца йолийна х1ора предложении? Х1ун йиллина чаккхенга?

2. 1алашо йовзийтар.Дешаре шовкъ кхоллар.

-Эак1овш чуьра дешнаш караде.

М

е

р

к

е

б

е

ш

х

д

а

р

з

а

а

п

л

ш

з

ж

л

п

а

1

е

г

и

р

а

э

а

п

р

а

е

е

н

г

ш

д

ь

д

л

ж

о

п

р

о

л

л

д

а

а

д

л

ж

э

х

х

ъ

и

ш

т

м

а

л

х

ю

д

ж

в

о

с

м

и

ь

л

е

п

а

-Муьлха дешнаш карий шуна? (1аж, мерза, малх, дашо, лепа, белира)

-Тобанашка декъа и дешнаш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (1аж, малх)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша и дешнаш цхьана тобане? (Цара х1уманаш билгалйо)

- Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (Дашо, мерза)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша и дешнаш цхьана тобане? (Цара х1уманийн билгалонаш гойту)

Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (Белира, лепа)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша и дешнаш цхьана тобане? (Цара х1уманийн дар билгалдо)

-Дешан муьлха аг1онаш хьахийра вай? (Х1уманаш , дар, билгалонаш)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? (Х1уманех , церан билгалонех, дарах лаьцна)

-Вайна тахана девзар ду х1уманаш билгалъен , церан дар , билгалонаш гойту дешнаш. 1емар ду царна хаттарш дала .Хуур ду уьш вовшахкъасто , учебника т1ехь оьшург лаха.

3. Керла тема хьехар.

а) Х1уманаш а , церан дар а, билгалонаш гойтучу дешнашна хаттарш х1иттор.

Шардар№ 14, аг1о 10.

-Д1аеша стихотворении. Стенах лаьцна ю иза? (Полланах)

-Муьлха хаттар лур дара ахьа пола дашана? (Х1ун? полла)

-Х1ун билгалйо цу дашо? (Х1ума)

-Кхин дуй цу юкъахь х1уманаш билгалъен дешнаш? (Дог1а , коч)

-Муьлха хаттарш х1иттор дара аша цу дешнашна? (Х1ун? дог1а, Х1ун коч)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло х1уманаш билгалъечу дешнаша? (Х1ун?)

-Поллин муьлха билгалонаш ялийна автора? (Можа , жима, тамашена)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло дешнаша? (Муха? можа, жима, тамашена)

-Цара х1ун билгалйо цу дешнаша? (Билгалонаш)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло билгалонаш гойтучу дешнаша? (Муха?)

-Муьлхачу дешнаша гойту поллано деш дерг? (Хуьлу, хилча)

-Цара х1ун гойту? (Х1уманийн дар гойту)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цу дешнаша? (Х1ун до? хуьлу, х1ун дича? хилча)

-Цара х1ун билгалйо? (Цара х1уманийн дар билгалдо)

-Кхин дуй дар билгалден дешнаш? (Хета)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цу дашо? (Х1ун до? хетта)

-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло дар билгалдечу дешнаша? (Х1ун до? Х1ун дина? Х1ун хили и.кх.д1.)

-Д1аязде дешнаш , т1едиллар кхочушдеш.

аь) Т1еч1аг1дар.

Шардар № 15, аг1о 10.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар? (Хаттарш , церан жоьпаш д1аязде)

-Д1аязде.

4. Сада1аран миноташ.

Вай яздира, яздира,

Куьйган п1елгаш к1адделира.

Вай жимма садо1ур ду,

Т1аккха юха а яздийр ду.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Дешнаш тобанашка декъар.

Шардар № 16, аг1о 11.

-Д1адеша хьалхара дош. Хаттар ло цу дашана? (Х1ун? 1айг)

-Цо х1ун билгалйо? (Х1ума)

-Шолг1а дош? (Муха ? хаза)

-Цо х1ун билгалйо? (Х1уманийн билгалонаш гойту)

-Кхоалг1ачу? (Х1ун дина? левзина)

-Цо х1ун билгалйо? (Х1уманийн дар)

(Иштта толу важа дешнаш)

-Д1аязде дешнаш кхаа тобане адоькъуш.

1айг, хаза, хаздо

буьрка, шийла, левзина,

школа, можа, доьшу,

г1аш, буьрса , воду рву,

къолам, ц1е, сенло,

машен, чехка, йог1ур ю

6. Рефлекси.

-Даладел х1уманаш билгалъен дешнаш.

-Цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?

-Даладе х1уманийн билгалонаш гойту дешнаш.

-Цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?

-Даладел дар билгалден дешнаш.

-Цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?

7. Жам1 дар.

-Х1ун керланиг хии шуна урокехь?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 17 , аг1о 11.



Название документа Урок 41 Дешхьалхе ормца кхьаьстина яздар..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Дешхьалхе орамца къаьстина яздар»

1алашо: йовзийтар: дешхьалхо орамца цхьана а , кхьастина яздеш хилар хаийтар. Дешхьалхе орамца къаьстина язъяран бакъонаш йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карлабоху дешхьалхенах лаьцна хаамаш. Берашна евзар ю дешхьалхенаш орамца къаьстина язъяран бакъонаш. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар 199,аг1о 95, бакъо аг1о 94.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Дешнаш тобанашка декъар.

Уьн т1е д1аяздо.

ЧУВОЛА ,ЧУ МА ВОЛА, ХЬАЛАГ1АЬТТИНА, ХЬАЛА А Г1АЬТТИНА,

СХЬАЕАНА, СХЬА А ЕАНА,

-Д1адеша дешнаш. Шина тобане декъа и дешнаш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (ЧУВОЛА, ХЬАЛАГ1АЬТТИНА, СХЬАЕАНА)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на далийна аша и дешнаш цхьана тобане? (Дешхьалхенаш орамца хоьттина язйина церан)

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (ЧУ МА ВОЛА, ХЬАЛА А Г1АЬТТИНА, СХЬА А ЕАНА)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша и дешнаш цхьана тобане? (Дешхьалхе цаьрца къаьстина язйина)

-Х1ун 1амор ду вай тахана урокехь? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

А) Тобанашка декъна дешнаш таллар.

-Д1адеша и дешнаш юха а .

ЧУВОЛА ЧУ МА ВОЛА

ХЬАЛАГ1АЬТТИНА ХЬАЛА А Г1АЬТТИНА

СХЬАЕАНА СХЬА ЦА ЕАРА

-Муха яздина хьалхарчу тобанера дешнаш? (Дешхьалхе орамца хоьттина яздина)

-Муха яздина шолг1ачу тобанера дешнаш? (Дешхьалхенаш орамашца къаьстина яздина)

-Муьлха дакъалгаш ю шолг1ачу тобанера дешнийн орамна а , дешхьалхена юккъехь? (А, ЦА, МА)

-Маца язйо дешхьалхе орамца къаьстина? (Дешхьалхе орамца къаьстина язйо , нагахь санна дешхьалхенийн орамний юкъа А, ЦА , МА деанехь)

аь) Т1еч1агдар.

Бакъо таллар.

-Д1аеша бакъо.

-Маца язйо дешхьалхе орамца къаьстина?

б) Йозанан болх бар.

Шардар № 200, аг1о 96.

-Д1аеша текст.Муьлхачу дешнашкахь язйина дешхьалхе орамца къаьстина? (Хьала а г1аьттина)

-Х1унда ? (Дешхьалхена а , орамна а юкъа а яздина дела)

в) Дехьалхенаш орамца къаьстина язъяран тидам бар.

Шардар № 202, аг1о 97.

-Д1адеша дешнаш.Муьлха дешхьалхенаш ю церан? (ЮХА- , ЧУ-, ОХЬА-, ХЬАЛА- , Д1А- , СХЬА- , ОХЬА-,АРА-)

-Муха язйина уьш дешнашца? (Хоьттина)

-Х1унда ? (Дешхьалхе дешан дакъа ду , и дешнашца хоьттина язйо)

-И Дешна юкъа А , ЦА , МА, тухуш ала. Д1аязде.

-Муха яздина аша дешхьалхенаш дешан орамца? (Къаьстина)

-Х1унда? (Дешхьалхенаш орамца къаьстина язйо , нагахь санна дешан орамна , дешхьалхена юккъехь А, ЦА, МА делахь)

4. Сада1аран миноташ

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Дешнаш дешан х1оттаме декъар.

Шардар № 203, аг1о 97.

-Д1адеша хьалхара дош. Орам карабе. (Къолам-къоламца дешан орам къолам бу)

-Карае чаккхе? (Ца)

-Д1адеша шолг1а лош.Карабе орам (Т1екхочу-кхочу- кхочу орам бу)

-Орамна хьалха лаьттарг х1ун ю ? (дешхьалхе)

(Иштта толлу важа дешнаш)

Шардар № 206 , аг1о 99.

-Д1аеша текст.

-Муьлха дешт1аьхьенаш ю цу текста юкъахь? чу, чохь, чуьра, чохь)

-Д1аязъе уьш.

-Муьлханаш ду шайца дешхьалхнаш йолу дешна? (Д1ахьедира,)

-Муьлхачу дешнашца чзйина дешхьалхенаш къаьстина? (Ара а ца якххаелла,)

-Д1аязде и дешна.

-Кара е дийцаран шиъ предложени. Х1ун 1алашо йолуш ялийна дийцаран предложени? (Цхьа х1ума дийцархьама)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга?

-Карае хаттаран предложенеш. Муьлхачу 1алашонца ялийна хаттаран предложенеш? (Цха х1ума хаттархьама)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина дош ЛАХЪЕЛЛА?

6. Рефлекси.

_Х1ун керланиг 1еми шуна?

7. Жам1 дар.

-Маца язйо дешхьалхе орамца къаьстина?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 207, аг1о 99. Бакъо 96 аг1он т1ера.

Название документа Урок 41- 43 .Суффикс..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийнмоттппптт

Тема: « Суффикс»

1алашо: суффиксах кхетамбалар.Суффиксдешандакъахилархаийтар, дашехьцуьнанметтигбовзийтар.Суффиксокерла маь1на а долушдешнашкхоллар д1ахаийта.

Билгалбаьхнакхиамаш: берашнаевзар ю керла термин «Суффикс», хуурду суффикс изадешандакъахилар ,цокерла маь1на долушдешнашкхуллушхилар. Берашна 1емар дудешнашкахь суффикс каро ,изабилгалъяккха. Берашна 1емар ду суффикс т1етохарца керладешнашкхолла. Берашна 1емар дуучебникацаболхбан, оьшургкаро, цунахпайдаэца.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болхталлар.

Шардар № 207,аг1о 99

-Д1аеша шаьшязйинапредложенеш.

-Муьлханинбу БАХАРА дешанорам? (Баха –бахара- орамбахабу)--Муьлханиг ю чаккхе? (Ра)

-Схьайийцабакъо.

2. 1алашо йовзийтар. Дешарешовкъкхоллар.

а) Дешнаштобанашкадекъар.

Зурма ,зурманча, вота , вотанча,понрдар , пондарча, болх , белхало.

-Д1адеша дешна. Шина тобанедекъауьш. Муьлхадешнашдалийнаашахьалхарчутобане? (Зурма ,вота, пондар , болх)

-Муьлхачубилгалонашцадалийнаашауьшцхьанатобане? (Оцудешнаша х1умнаш билгалйо)

-Муьлхадешнашдалийна шолг1ачу тобане. Муьлхачубилгалонашцадалийнаашауьшцхьанатобане? (Цараадамашбилгалдо)

-Х1ун дуцеранюкъара ? (Уьшшишшагергараду)

-Билгалбахаорамаш. Муьлхадакъошдисиорамна т1ехьа?(НЧА,ХО,ЛО)

-Уьшсуффиксаш ю. Стенах лаьцнадуьйцурдувайтаханаурокехь?Берийнжоьпаш.

3. КЕрла тема хьехар.

а)Суффиксехкхетор.

-Д1адеша вайтеллинадешнаш.

-Зурма-зурманча –х1ун т1екхетта шолг1ачу дашана? (НЧА)

-Дешан маь1на хийцалой и дакъа т1екхетча? (Хийцало)

-Муха хийцало? (Пондар – локху ,пондарча-адам)

-Д1адеша дешнаш БОЛХ-БЕЛХАЛО.Х1ун т1екхетта шолг1ачу дешана? (ЛО)

-Дешан маь1на хийцалой и т1екхетча? (ЛО. Болх-адамашалело г1уллакх, белхало–болхбеш долу адам)

-ЛО,ХО,ЧА,НЧА уьшсуффиксаш ю.

-Мичаметтехьлаьттасуффиксаш? (Орамна т1ехьа)

-Муьлха г1уллакх леладоцара? (Керладешнашкхуллу)

аь) Бакъоталлар.

-Д1аеша бакъо.

-Х1ун ю суффикс?

-Мичаметтехьлаьттаиза?

-Муьлха г1уллакх леладосуффиксо?

-Даладемасалаш.

б)Суффиксинтидам бар.

Шардар № 208, аг1о 99.

-Д1адеша дешнаш.

-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш.Муьлхадакъакхеттацарна т1е? (-НАН,АН)

-Шолг1ачу б1ог1амна т1екхеттачу декъодешан маь1на хуьйций? (Цхуьйцу)

-Уьш х1ун ю чаккхенаш.

-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш.Муьлхадакъош т1екхетта царна? (ХО, ЧА, ЛО)

-Маь1на хуьйцийцара? (Хуьйцу:дешар- берийнлело х1ума ду, дешархо-адамду)

-УЬш х1ун ю? (Суффиксаш)

-Стеннаоьшусуффиксаш?

б) Суффиксийн г1оьнца керладешнашкхолла.

Шардар № 209, аг1о 100.

-Д1адеша хьалхарадош.Мухакхолладеллаиза?(Суффиксан г1оьнйа)

-Суффиксооцудашана х1ун маь1на ло? (Мангал-йолхьокху г1ирс бу, мангалхо-йолхьокхуш долу адамду)

-Д1аязде дешнаш.

-Д1адеша дешанш ШЕЛАХО, ХЬЕХАР,Ч1ЕШАЛГ. Муьлханигбу ШЕЛАХО дешанорам? (ШЕЛА-ШЕЛАХО –орамШелабу)

-Муьлханиг ю суффикс? (Хо_)

-Х1ун хийцаделла суффикс т1екхетча? (Шелашахьар ю ,шелахо- адамду)

(Ишттатоллудешнаш)

в) Берашкашайгаболхбайтар.

Шардар № 210 , аг1о 100.

-Х1ун маь1на лосуффиксодашна?

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема хьехар.

а) Суффиксийн г1оьнца дешнашкхоллар.

Шардар № 211, аг1о 101.

-Д1адеша дешнаш. Муьлхадешнашкхоьллиаша? Стено г1о дишуна?

-Х1оттамца талладешнаш: ЛУЛА+ХО, ЧЕМХАЛ+Г,ЛАЦА+Р.













Название документа Урок 44.Орамехь шала мукъазнаш яздар..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Орамехь шала мукъазнаш яздар»

1алашо: шала мукъаза элпех лаьцна кхетам балар. Шала мукъаза элпаш долу дешнаш сехьадаха 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна девзар ду орамехь шала мукъаза элпаш долу дешнаш , 1емар ду уьш цхьана мог1анера вукху мог1ане даха. Бераша тидам бийр бу орамехь шала мукъаза элпаш хилча , дешан маь1на хийцадаларан. Берашна 1ема ду учебникаца болх бан, оьшург лаха , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьа.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 155, аг1о 78.



  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а)Шала мукъаза элпийн тидам бар

Шардар № 160, аг1о 80.

НАГАХЬ НАГГАХЬ
ТАЛ ТАЛЛА
К1ЕЗИГ К1ЕЗЗИГ
ЮКЪАРА ЮККЪЕРА

-Д1адеша шина б1ог1амера дешнаш. Х1ун башхалла ю церан? (Шолг1ачу б1ог1амалгерчу дешнийн орамехь шала мукъаза элпаш ду)

-Дашехь шала мукъазнаш хилча цара дешан маь1на хуьйций?

-Муха кхета шу НАГАХЬ бохучу дашах? ( Нагахь сана яг1ахь тамила ц1а)

--Муха кхета шу НАГГАХЬ бохучу дашах? (Наггахь г1алат долура Адаман йозанехь)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Д1аеша урокан ц1е.

3. Керла тема хьехар.

а) Йозанан болх бар

Шардар № 160 , аг1о 80.

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина К1ЕЗЗИГ дош? (Орамехь доца шеконан мукъа аз А, И, У хезаш хилча элп А яздо)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина ЮККЪЕРА дош? (Мукъаза шиъ шалха элп дашехь т1аьхье –хьалхе нисделча хьалхарчу элпан шолг1а хьаьрк ца яздо , ткъа шолг1а элп дуьззина д1аяздо)

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша бакъо. Муха сехьадаха деза цхьана мог1анера вукху мог1ане орамехь шала мукъаза элпаш долу дешнаш?

б) Мукъаза шала элпаш долчу дешнийн тидам бар

Шардар № 161, аг1о 81.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дашехь ду шала мукъаза элпаш? (Маттаца , г1уллакхца)

-Муьлханиг бу МАТТАЦА дешан орам? Х1ун дан деза дешан орам каро? (Гергара дешнаш лаха деза)

-Караде гергара дешнаш. (Мотт, метан, маттаца)

-Муьлханиг бу орам? (Мотт)

-Муьлханиг бу Г1УЛЛАКХЦА дешан орам? (Г11ллакх, г1уллакхан, г1уллакхца- цу дешнийн юкъара дакъа Г1УЛЛАКХ - ду , иза цу дешнийн орам бу)

(Иштта толлуш д1аяздо шардар)

  1. Сада1аран миноташ.

Шура

Бераш: Поллнна шура елла

Реза яц шурина Полла.

Полла: Езац суна шун шура

Лойша даа худар.

Бераш: Оцу шурин меттана

Худар дели Поллина.

Полла: Дезац суна деккъа худар,

Аш ца елча цуьнца шура.

Бераш: Хударх тоха кхин а шура

Хьалха йилли Поллина.

Поллас худар дии, дии,

Цу т1е шура мели, мели.

Х1инца иза йиъна ели.

Полла: Беркат шорта хуьлда!

Бераш: Цо массарна эли.

  1. Керла тема хьехар.

а) Текста юкъара шала мукъаза элпаш долу дешнаш схьаяздар.

Шардар № 162, аг1о 81.

-Д1аеша текст.Муьлхачу дешнашкахь ду шала мукъаза элраш?

(Воллуш, жимма, т1аккха, даьлла, сана, аьлла, йоьллира)

-Д1аязде дешнаш , билгалбаккха орам.

-Воллуш- воллура- орам воллу бу.

аь) Шала мукъаза элпаш долу дешнаш дакъошка декъа р.

Шардар № 163, аг1о 81.

-Д1адеша хьалхара дош. Маца дешдакъа ду цу дашехь? (1ад-дар-г1а кхоъ дешдакъа ду)

-Муха сехьадаккха деза и дош? ( Орамера мукъаза шала элпаш цхьаъ мог1анехь дуьту 1АД- важа сехьадаккха деза -ДАР-Г1А)

(Иштта толу ш д1аяздо и дешнаш)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина дош МЕТТИГ ? (Дашехь доца шеконан мукъа аьзнаш А,О, У делахь Г-ний, К-ний хьалха элп И яздо)

--Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина дош МАККХАЛ ? (Мукъаза шалха ши элп цхьана дашехь т1аьхьа –хьалхе нисделча хьалхарчу дешан шолг1а хьаьрк ца яздо, шолг1а элп дуьззина д1аяздо)

6. Рефлекси.

Караде г1алаташ.

Йоккх-а, лат-та, бахх-аш, мет-тиг.

-Муьлхачу дешнашкахь ду г1алаташ?Муха сехьадаха деза дешнаш?

7. Жам1 дар.

-Х1ун керланиг 1еми шуна тахана?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 164 , аг1о 82. Бакъо 80 аг1он т1ера.



Название документа Урок 5 .Х1уманаш билгалъен а, церан дар а, билгало а гойту дешнаш.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: « Х1уманаш билгалъен а , церан дар а , билгало а гойту дешнаш».

1алашо: х1уманаш билгалъен а , церан дар а, билгало а гойту дешнаш довзийтар, церан башхаллаш йовзийтар, уьш вовшехкъасто 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карлабохур ду х1уманаш билгалъен а , церан дар а, билгало а гойтучу дешнех болу хаамаш. Берашна 1емар ду царна хаттарш дала.Берашна 1емар ду и дешнаш тобанашка декъа. Берашна 1емар ду предложене маь1ница дог1у дош дилла.Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , шайна оьшу материал лаха, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 17, аг1о 11.

-Муха кхочушдан деза шардар? Д1адеша т1едиллар.

-Муьлхачу дешнашна буха сиз хьаькхна аша? Цара муьлхачу хаттарша жоьпаш ло цара? Х1ун билгалйо?

2. 1алашо йовзийтар, дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Можа, мажъелла, мажо, шело, шелъелла , шийла, ц1ена, ц1анъелла, ц1ано.

-Д1адеша дешнаш. Стенан тидам хили шун? (Уьш цхьана дашах схьадевлла ду , цхьатера дакъа ду)

-Муьлха дешнаш ду уьш? (Гергара дешнаш)

-Кхаа тобане декъа и дешнаш.

-Муьлхачу билгалонашца дийкъи аша и дешнаш? (Х1уманаш, церан дар , билгалонаш)

-Муьлха дешна далийна аша хьалхарчу тобане? (Мажо, шело, ц1ано)

-Цара муьлхачу хаттарна жоп ло? (Х1ун?)

-Муьлха дешна далийна аша шолг1ачу тобане? (Можа, шийла, ц1ена)

-Цара муьлхачу хаттарна жоп ло? (Муха?)

-Муьлха дешна далийна аша кхоалг1ачу тобане? (Можъелла, ц1анъелла, шелъелла)

-Цара муьлхачу хаттарна жоп ло? (Х1ун хилла?)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? (Х1уманаш билгалъен, церан дар билгалден, церан билгалонаш гойту дешнаш)

-Вайна тахана а 1амор ду х1уманаш билгалъен, церан дар билгалден, церан билгалонаш гойту дешнаш. 1амор ду тексташ уьш юкъахь долуш , доцуш а талла , предложении юкъа оьшу дош дилла.

3. Керла тема хьехар.

а) Х1уманаш билгалъен дешнаш тобанашка декъар.

Шардар № 18 , аг1о 12.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза т1едиллар?

-Декъа дешнаш кхаа тобане .

Белхан г1ирсаш Бедарш Пхьег1аш

ж1ов пальто бошхап

бел чоа м1ара

диг кетар яй

херх коч стака

-Хаттарш хиттаде дешнашна. Муьлхачу хаттарна жоп ло х1уманаш

-Ж1ов , м1ара дешнашкахь ж1, м1элпийн цхьанакхетаралла муха олу?

аь) Текста юкъа дар билгалден дешнаш дахкар.

Шардар №19, аг1о 12.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха дош яздийр дара вай т1адамийн метана? (Хьалаг1еттира)

-Д1аеша шолг1а предложени. Муьлха дош яздийр дара вай т1адамийн метана? (Мелира)

Д1аеша кхоалг1а предложени. Муьлха дош яздийр дара вай т1адамийн метана?(Локху)

Д1аеша йоьалг1а предложени. Муьлха дош яздийр дара вай т1адамийн метана? (Г1ур бу)

Д1аеша пхоьалг1а предложени. Муьлха дош яздийр дара вай т1адамийн метана? (Йоду)

Д1аеша йолхалг1а предложени. Муьлха дош яздийр дара вай т1адамийн метана? (Ловзур ду)

-Хаттарш хиттаде дешнашна. (Х1ун дира ? хьалаг1еттира, х1у дира? мелира, х1ун до? локху, х1ун дийр ду? г1ур бу, х1ун дийр ду? ловзур бу)

-Муьлхачу хаттаршна жоьаш ло цу дешнаша?

-Цара х1ун билгалйо? (Х1уманийн дар билгалдо)

-Кхочушде шардар. Х1уманийн дар билгалдечу дешнашна буха ши сиз хьакха.

4.Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Х1уманийн билгалонаш гойту дешнаш таллар.

Шардар № 20, аг1о наш 12-13.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?

-Д1адеша х1етал-метал. Х1ун ю иза? (К1орни)

-Муьлхачу дешнаша г1о ди шуна и хаа? (Месала, довха, дашо)

-Цара х1ун билгалйо? (Х1уманийн билгалонаш гойту)

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло? (Муха?)

-Кхин муьлхачу дешнаша гойту х1уманийн билгалонаша? (К1айн , гота)

-Муьлхачу хаттарна жоьпаш ло цара? (Муха?)

-Д1аязде шардар. Х1уманийн билгалонаш гойтучу дешнашна буха сиз хьакха.

6. Рефлекси.

-Муха билгалдоху х1уманийн билгалонаш гойту дешнаш? (Тулг1ени сиз хьакхарца)

-Х1уманийн дар билгалден дешнаш? (Ши сиз хьакхарца)

7. Жам1 дар.

-Х1ун керланиг 1еми шуна урокехь?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 21 , аг1о 13.









Название документа Урок 51 Ц1ердешнийн терахьашца хийцадалар..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Ц1ердешнийн терахьашца хийцадалар»

1алаша: ц1ердешнийн терахьашца хийцадаларх кхетам балар. Цхьаллин терахьо цхьа х1ума билгалъяр хаийтар, дукхаллин терахьо шортта х1уманаш билгалъяр хаийтар. Дукхаллин терахьехьдолчу ц1ердешнийн чаккхенийн тидам бар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду цхьаллин а , дукхаллина терахьера ц1ердешнаш вовшех къасто , церан чаккхенаш билгалъяха.Берашан 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Шардар № 252, аг1о 118

2.1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а) Тобанашкахь болх бар.

Харжаман диктант.

Дешархо, дешархой, г1абакха, г1абакхаш, олхазар, олхазарш, хьостам, хьостамаш, салаз, салазаш, текх, текхаш, мохк, мехкаш.

1ра тоба д1аязде цхьаллин терахьера ц1ердешнаш.

2 тоба д1аязде дукхаллин терахьера ц1ердешнаш.

-Муьлха дешнаш яздина хьалхарчу тобано? Х1ун билгалйо цара? (Цхьа х1ума)

-Шолг1ачу? Х1ун билгалйо цара? (Дукха х1уманаш)

Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Д1аеша урокан ц1е.

-Муьлха хаттарна жоп дала деза вай? (Х1ун башхалла ю цхьаллин терахьерчу а, дукхаллин терахьерчу ц1ердешнашна юкъахь?

3. Керла тема хьехар.

а) Цхьаллин , дукхаллин терахьерчу ц1ердешнийн тидам бар.

Шардар № 254, аг1о 119.

-Д1аеша хьалхара предложении.Муьлха ц1ердешнаш ду цу дашехь? (Дешархо)

-Маса дешардо ву вуьйцург? (Цхьаъ)

-Муьлхачу б1ог1амалгера ц1ердешнашна юкъа яздо иза? (Цхьаллин терахье)

-Муьлха ц1ердош ду шолг1ачу предложенехь? (Дешархой)

-Маса дешархо ву вуьйцург? (Дуккха)

-Муьлхачу б1ог1амалге яздийр ду иза? (Дукхаллин терахье)

(Иштта толлу важа предложенеш)

Цхьаллин терахь Дукхаллин терахь.

дешархо дешархой

кхокха кхокхий

ша щетканаш

коньке бераш

хьун конькеш

хьаннаш

-Маса х1ума билгалйо цхьаллин терахьо?Дукхаллин?

-Муьлха чаккхенаш ю дукхаллин терахьерчу ц1ердешнийн? (-ОЙ,-ИЙ,-НАШ,-АШ,-Е,-ЕШ)

а) Бакъо таллар

-Д1аеша бакъо.

-Муха хийцало ц1ердешнаш?

-Х1ун билгалйо цхьаллин терахьо?

-Х1ун билгалйо дукхаллин терахьо?

-Х1ун чаккхенаш хуьлу дукхаллин терахьерчу ц1ердешнийн?

б) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 255, аг1о 120.

4. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа, куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьалаерзайо, т1аккха охьаерзайо)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Диктант язъяр.

-Аса д1аэр ду цхьаллин т1ерахьера ц1ердешнаш , аша уьш дукхаллин терахьехь язде.

1ахар, эса, бекъа, ж1аьла, цициг, дахка, г1абакх, хаьжк1а, 1индаг1, хи, аре, хьун, 1ам, дог, лам, сара, ч1ара.

-Билгалъяха чаккхенаш. Муьлха чаккхенаш хуьлу дукхаллин терахьерчу ц1ердешнийн?

6. Рефлекси.

1. Т1адамийн метана элпаш дохкуш язде дешнаш.

Доттаг1-доттаг1…, мостаг1-мостаг1…, юьртахо- юьртахо…, ж1аьла-ж1аьл….,хьун- хьанн…., г1абакх- г1абакх….


1. Т1адамийн метана элпаш дохкуш язде дешнаш.

Синтар-синтар…, наьрс- наьрс…, сом- соьм…., стом- стоьм…, таллархо- таллархо…, 1ахар- 1ахар…, мача- мача…

7.Жам1 дар.

-Муха хийцало ц1ердешнаш?

-Цхьалин терахьан ц1ердашо масса х1ума билгалйо?

-Дукхаллин терахьан ц1ердашо масса х1ума билгалйо?

-Муьлха чаккхенаш хуьлу дукхаллин терахьера ц1ердешнийн?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 256, аг1о .Бакъо 120 аг1он т1ера.


Название документа Урок 52-53 .Ц1ердешнийн классаш .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Ц1ердешнийн классаш»

1алашо: ц1ердаешнаш классашка декъалуш хилар хаийтар. Ц1ердешнийн коьрта кхо класс йовзийтар, цу чу дешнаш нисдан 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна евзар ю ц1ердешнийн классаш, хуур ду : муьлхачу билгалонашца даладо ц1ердешнаш цу классаш чу. Берашна бевзар бу классийн гайтамаш. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

Шардар № 256, аг1онаш 120-121.

-Муха хийцало ц1ердешнаш?

-Маса х1ума билгалйо цхьаллин терахьо?

-Маса х1ума билгалйо дукхаллин терахьо?

-Муьлха чаккхенаш хуьлу дукхаллин терахьерчу ц1ердешнийн?

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а) Тобанашкахь болх бар.

Харжаман диктант.

Ваша, йиша, эса, 1аж, к1ант, йо1, б1ара, нана, да, кхор, деда, денана, дейиша.

1-ра тоба д1аязде зударий билгалбен дешанаш.

2-г1а тоба д1аязде божарий билгалбен тоба.

3-г1а д1аязде кийолу х1уманаш билгалъен дешнаш.

Муьлха дешнаш яздина хьалхарчу тобано? Шолг1ачу? Кхоалг1ачу?

-Х1ун 1амор ду вай тахана? Д1аеша вайн урокан ц1е.

3. Керла тема хьехар.

а) Ц1ердешнийн классийн тидам бар.

-Д1адеша шаьш яздина дешнаш хьалхара тоба? (Ваша, к1ант, да, деда)

-Муха эр дара вешех лаьцна : ВАША ву я Ваша ю?(Ваша ву)

-Муха хир ду ВАША дош дукхаллин терахьехь? (Бежарий)

-Муха эр ду т1аккха: ВЕЖАРИЙ ву я ВЕЖАРИЙ бу? (Вежарий бу)

-Д1аязде и ши дош.

-Муьлха дешнаш т1етоьхна аша цу шина дашна? (ву, бу)

-Уьш классан гайтамаш бу. Хьанна балина и гайтамаш? (Божаршна)

-Муьлха класс хир ю иза? (Божарийн класс)

-Кхин муьлха дешнаш яздийр ду аша божарийн классе? (К1ант ву- к1нтий бу, да ву – дай бу,деда ву-дедай бу)

-Муьлха дешнаш яздинера шолг1ачу тобано? Д1адеша.

-Муха эр дара ЙИШЕХ лаьцна:ЙИША ю я ЙИША ву?(Йиша ю)

-Мух эр дара ЙИША дош дукхаллин терахьехь? (ЙИЖАРИЙ)

-Муха эр дара классан гайтам Ю ЙИЖАРИЙ дашца? (Йижарий бу)

-Ю , БУ уьш зударийн классан гайтамаш бу. Кхин муьлха дешна дог1у цу класса чу?

-Кхин муьлха дешнаш диси вайн ? Уьш деригге КХИЙОЛЧУ класса чу дог1у.

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша 121 аг1он т1ера бакъо.

-Муха д1анисдина ду ц1ердешнаш?

-Муха хаа тарло уьш муьлхачу классехь ду?

б) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 257, аг1о 121.

-Муьлха дешнаш яздина аша божарийн классе? Муьлхачу билгалонаша г1о дира шуна и хаа?

-Муьлха дешнаш яздина аша зударийн классе? Муьлхачу билгалонаша г1о дира шуна и хаа?

в) Ц1ердешнийн классийн тидам бар.

Шардар № 258, аг1о 121-122.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха дешнаш яздир ду аша божарийн классе?

-Муьлха дешнаш яздир ду аша зударийн классе?

-Муьлха дешнаш яздир ду аша кхийолчу классе?

4. Сада1аран миноташ.

Массара а йой аша 1уьйранна зарядка? Х1инца цхьаьнии яй

вай иза?

Маьлхан серло яржале -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Пенаш лахка, човхаде -

Цхьаъ, шиъ - кхоъ.

Йиша, ваша г1аттаде

-Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Физзарядка йолае

-Цхьаъ - ш иъ - кхоъ.

Т1аьхьараалар:

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Меттахвала, кхоссало

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1аж схьалаца, кхозало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Куьйгаш айба, волало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Ницкъ бохьур бу боларо -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

(Цугаев Салман)

XIapa физминот музыка а локхуш ян тарло. Багахь x1apa йиш

а локхуш зарядка яйта тарлуш ду.



5. Керла тема хьехар.

а) Тобанашкахь болх бар.

Шардар № 259 ,аг1о 122.

-1-ра тоба дагалаций д1аязде кхоккха дош божарийн классерчу ч1ердешнаш.

2-г1а тоба д1аязде кхоккха дош зударийн классера ц1ердешнаш.

3-г1а тоба д1аязде кхоккха дош кхийолчу классера кхоккха ц1ердош.

-Муьлха дешнаш яздина хьалхарчу тобано? Муьлха гайтамаш бехкина аша царна?

-Муьлха дешнаш яздина шолг1ачу тобано? Муьлха гайтамаш бехкина аша царна?

-Муьлха дешнаш яздина кхоалг1ачу тобано? Муьлха гайтамаш бехкина аша царна?

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша бакъо. Муьлха ц1ердешнаш дог1у божарийн класса чу?

Муьлха ц1ердешнаш дог1у зударийн класса чу?

Муьлха ц1ердешнаш дог1у кхийолу класса чу?

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

- Муьлха ц1ердешнаш дог1у божарийн класса чу?

Муьлха ц1ердешнаш дог1у зударийн класса чу?

Муьлха ц1ердешнаш дог1у кхийолу класса чу?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 260, аг1о 122, бакъо 122 аг1он т1ера.









Нохчийн мотт

Тема: «Ц1ердешнийн классаш»

1алашо: ц1ердаешнаш классашка декъалуш хилар хаийтар. Ц1ердешнийн коьрта кхо класс йовзийтар, цу чу дешнаш нисдан 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна евзар ю ц1ердешнийн классаш, хуур ду : муьлхачу билгалонашца даладо ц1ердешнаш цу классаш чу. Берашна бевзар бу классийн гайтамаш. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

Шардар № 260, аг1о 122, бакъо 122 аг1он т1ера.

2.1алашо йовзийтар. Билгалбаьхна кхиамаш.

а) Тобанашкахь болх бар.

(Хьехархочо уьн т1е д1аухку х1уманийн , адамийн суьрташ)

1-ра тоба 1аязде зударийн класса чудог1у ц1ердешнаш.

2- г1а тоба д1аязде кхийолу класса чудог1у дешнаш.

3–г1а тоба д1аязде божарийн класса чудог1у дешна.

-Х1ора тобано и дешнаш шина терахьехь яздо, классан гайтамаш бохкуш.

3. Керла тема хьехар.

а) Ц1ердешнийн классаш таллар.

Шардар № 263 , аг1о 124.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха гайтамаш бохкур бара аша царна?Муьлхачу кхасса чудог1у ХЬОСТАМ дош? (Кхийолу класса чу)

-Муьлха классан гайтам бу цуьнан? (БУ)

(Иштта толлу важа дешнаш)

аь) Берашка шайга болх байтар.

Шардар №261 , аг1о 123.

-Муьлхачу класса чудог1у БАМБА дош? (Бамба бу- бамбанаш бу-кхийолчу класса а чу)

-Муьлхачу класса чудог1у ЛО дош? (Л оду- лайш ду- кхийолу класса чу)

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Дешнашна классийн гайтамаш бахкар.

Шардар № 256, аг1о 124.

-Муьлхачу класса чудог1у БЕЖНАШ дош? (Бежин ду- бежнаш ду- кхийолчу класса чу)

аь) Классан гайтамаш текстехь хийцор.

Шардар № 264 , аг1о 124.

-Д1адеша дийцар? Хьанах лаьцна ду иза? (Мохьаддех)

-Муха к1ант ву Мохьадди? Берийн жоьпаш.

-Мохьаддин, цуьнан вешин а, портфелан а метана Зулай, йиша, тоьрмиг дешнаш олуш д1аеша.Муха хийцабели классан гайтамаш?

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бех аша?

7. Жам1 дар.

-Ц1ердешнийн масса класс евза шуна?

- Муьлха ц1ердешнаш дог1у божарийн класса чу?

Муьлха ц1ердешнаш дог1у зударийн класса чу?

Муьлха ц1ердешнаш дог1у кхийолу класса чу?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар №262 , аг1о 123.



Название документа Урок 6. Х1уманаш билгалъен а, церан дар а, билгало а гойту дешнаш.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: « Х1уманаш билгалъен а , церан дар а , билгало а гойту дешнаш».

1алашо: х1уманаш билгалъен а , церан дар а, билгало а гойту дешнаш довзийтар, церан башхаллаш йовзийтар, уьш вовшехкъасто 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карлабохур ду х1уманаш билгалъен а , церан дар а, билгало а гойтучу дешнех болу хаамаш. Берашна 1емар ду царна хаттарш дала.Берашна 1емар ду и дешнаш тобанашка декъа. Берашна 1емар ду предложене маь1ница дог1у дош дилла.Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , шайна оьшу материал лаха, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 21 , аг1о 13.

-Д1адеша т1едиллар . Муха кхочушдан деза шардар?

-Д1адеша ц1еран дийнаташ билгалден дешнаш. Муьлхачу хаттарна жоп ло цара? (Х1ун?)

-Д1адеша олхазарш билгалден дешнаш. Муьлхачу хаттарна жоп ло цара? (Х1ун?)

-Д1адеша ц1ера дийнаташ билгалден дешнаш. Муьлхачу хаттарна жоп ло цара? (Х1ун?)

Борз, хьоза , кхокха дешнашкахь о аларан х1ун башхалла ю? (Хьоза дашехь аз (о) деха ду, вукху дешнашкахь –доца)

  1. 1алашо йовзийтар , дешаре шовкъ кхоллар.

-Аса х1уманийн билгалонаш эр ю , шуна и юьйцург х1ун ю хаа деза.

Горга , мерза, ц1ен…. (1аж)

Можа , горга , муьста … (Лимон)

-Муьлхачу дешнаша г1о ди шуна юьйцург х1ун ю хаа?

-Цара х1у билгалйо? (Х1ума)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цара?

-Аса х1ума д1агойтур ю. Аша цуьнан билгалонаш йийца. (Цициг д1агойту)

Можа, месала , эсала, хаза , жима.

-Цара х1ун билгалйо? (Х1уманийн билгалонаш)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цара?

-Аса х1уманаш гойтур ю, аша цара деш дерг дийца. _Дешархочун сурт гойту)

-Дешархочо х1ун до?

Доьшу , яздо, сурт дуьллу, йиш локху

-Цара х1ун билгалйо? (Х1уманийн дар)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цара? (Х1ун до?)

-Х1ун 1амор дув ай урокехь?(Х1уманаш билгалъен а , церан дар а , билгало а гойту дешнаш)

-Вай тахана а 1амор ду х1уманаш билгалъен а , церан дар а , билгало а гойту дешнаш талла.Вай 1амор ду т1адамийн метана оьшу дош яздан, царна хаттарш х1итто. Йозанехь дешнаш тайп-тайпана сизаш хьакхарца билгалдаха.

3. Керла тема хьехар.

а) Хаттаршна жоьпаш а луш дийцар х1оттор.

Шардар № 22, аг1о 14.

-Д1адеша шардар. Стенах лаьцна ду иза?

-Муха ю шун класс? (Тхан класс йоккха а , сирла а ю).

-Х1ун ю шун класса чохь? (Тхан класса чохь г1анташ , стоьлаш , компьютер, доска ду)

Муха ду шун классан у? (Тхан классан у доккха ду)

-Цунах аша муха пайдаоьцу? (Оха цу т1ехь яздо)

-Муьлхачу дешнаша гойту х1уманийн билгалонаш?(Сирла , йоккха, доккха)

-Цара муьлхачу хаттарна жоп ло? (Муха?)

-Д1аязде дийцар. Муха ? хаттарна жоп лучу дешнашна буха сиз хьакха.

аь) Х1уманаш билгалъен , церан дар билгалден , х1уманийн билгалонаш гойтучу дешнашна буха сиз хьакхарца билгалдаха.

Шардар № 23. , аг1о 14.

-Стенах лаьцна дуьйцу кхоалг1ачу предложенехь? (Ц1азамех)

-Муха дара ц1азамаш? (Ц1ен)

-Д1аеша таьххьара предложении.

-Д1аязде шардар. Т1едиллар кхочушде.

4. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Т1адамийн метана маь1ница дог1у дешнаш дахкар.

Шардар № 24, аг1о 15.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха дош яздийр дув ай т1адамийн метана? (Т1екхечи (Муха? ) дашо г1уьйре)

-Д1аязъе предложении муха? хаттарна жоп ло дашна буха тулг1ени сиз хьакха.

-Д1аязде шардар. Т1едиллар кхочушде.

аь) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 26, аг1о 15.

Таллам бар.

-Маса предложении ю аша язйинарг? (Йиъ)

-Муха хиира шуна иза?

Муьлхачу дешнаша билгалйо х1уманаш? Цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?

-Муьлхачу дешнаша билгалдо х1уманийн дар?Цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?

-Муьлхачу дешнаша билгалдо х1уманийн билгалонаш? Цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?

6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1еми шуна урокехь?

7. Жам1 дар.

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло х1уманаш билгалъен дешнаша?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло х1уманийн дар билгалден дешнаша?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло х1уманийн билгалонаш гойтучу дешнаша?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 27 , аг1о16.

-1-ра тоба жима сочинении язъе х1уманаш билгалден дешнех лаций.



Название документа Урок 60. Гергара а , дуьхьал а маь1на долу билгалдешнаш .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : «Гергара а, дуьхьал маь1на а долу а билгалдешнаш».

1алашо: билгалдешнех болу хаамаш карлабахар. Гергара а , дуьхьал маь1на долу а билгалдешнех кхетам балар.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карлабоху билгалдешнеш болу хаамаш. Хуур ду билгалдешнийн гергара а , дуьхьал а маь1на хуьлий. Берашна 1емар ду гергара а , дуьхьал а мь1наш долу билгалдешнийн текстехь тидам бан, башхаллаш йовзийта. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Шардар № 302 . аг1о 142.

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а) Совнаха дош караде.

Уьн т1е д1аяздо.

Къена -къона, йовха , шийла, гомха , нийса , месала.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха дош ду совнаха? (Месала)

-Х1унда ду и совнаха? (Цунна дуьхьал маь1на долуш дош дац уьн т1ехь)

3. Керла тема хьехар.

а) Дуьхьал маь1на долчу дешнийн тидам бар.

Шардар № 303 , аг1о 143.

-Д1адеша хьалхара дош( Ч1ог1а)

-. Лахарчу дешнашна юккъехь караде царна дуьхьал маь1на долуш дош. (Мела)

-Д1адеша шолг1а дош . (Къена)

-Караде дуьхьала маь1на долу дош. (Къона)

аь) Дуьхьал маь1на долу дешнаш схьаяздар.

Шардар № 304, аг1о 134.

-Д1аеша ши текст. Стенах лаьцна ю и шиъ? (1аламан хиламах)

-Стенан тидам би аша? (Ши текст дуьхьал маь1на долуш ю)

-Муьлхачу дешнаша дела царна и маь1на? (Шийла-бовха, 1аьржа -к1айн, даккхийра – кегийра)

-Муьлхачу дешнашца ю цу дешнийн уьйр? (Шийла- бовха мох дашца ю, 1аьлжа – к1айн мархаш дашца ю, даккхийра- кегийра т1адамаш дашца ю)ш , билгалдешнаш цхьана схьа.

-Уьш муьлха къамелан дакъош ду? (Ц1ердешнаш)

-Схьаязде дуьхьал маь1на долу ц1ердешнашца цхьана.

б) Бакъо таллар.

-Д1аеша бакъо.

-Цхьа х1ума кхечу х1уманна дуьхьал муха х1оттайо?

4. Сада1аран миноташ.

Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:

Т1араш тухуш, т1араш тухуш

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.

Цхьаъ - схьаверза,

Шиъ - д1аверза.

Кхоъ -охьата1а,

Диъ - хьалата1а.

Т1араш тухуш, т1араш тухуш,

Тонна тГаьххье дуьйлало.

Юха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,

Когаш тохий, кхоссало.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Текст т1еюзар дуьхьал маь1на долчу дешнашца.

Шардар № 305 , аг1о 145.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дешнашна каро еза билгалонаш? (Т1улг , мас)

-Муха эр дара Т1УЛГАХ лаьцна : беза я байн? (Т1улг беза бу)

-Муха эр дара МАСАХ лаьцна? (Мас яйн ю)

-Муьлха къамелан дакъош ду уьш? (Билгалдешнаш)

-Х1ун эр дара аша церан маь1нех лаьцна? (Церан дуьхьал маь1на ду)

аь) Берашка шайга болх байтар.

6. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Муха х1оттайо цхьах1ума кхечу х1уманна дуьхьал?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар №307 , аг1о 144.

Бакъо 143 аг1он т1ера.



Название документа Урок 68-70 . Хандешан яхана хан..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Хандешнийн яхана хан»

1алашо : яханчу хенан хандешнаш довзийтар, яханчу хенан хандешнийн хаттарш довзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду яханчу хенан хандешнаш, девзар ду церан хаттарш. Берашна 1емар ду текстера хандешнаш схьаяздан. Берашна 1емар ду хандешнаш хенашца хийцо , царна хаттарш дала. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшург каро , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 343 ,а г1о 159. Бакъо.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

- Цициг - мициг,

- Хьо мичахь дара?

- Говраш 1амош дара.

- Говраш мичахь ю?

- Попа чу йоьхкина.

- Поп мичахь ю?

- Щаро ягийна.

- Ц1е мичахь ю?

- Хино яйина.

-Хи мичахь ду?

-Старг1анаша д1амелла.

-Старг1анаш мичахь ю?

-Лома т1ехьа яхана.

Лам мичахь бу?

Н1аьнаша бохийна. _ .

Шаьнии мичахь ду

Бедаша диъна.

(Халкъан)

-Д1аеша текст. Муьлханаш ду хандешнаш ?Схьаязде.

Цара муьлхачу хаттарна жоп ло? Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

  1. Керла тема хьехар.

а) Яханчу хенан хандешнийн тидам бар.

Шардар № 344 , аг1о 159.

-Д1аеша текст. Мила ву цуьнан автор? (Х. Берсанов)

-Д1аеша текст. Муьлха хандешнаш ду текстехь? (Вахара , яйра, цецъелира, элира , хаьттира, хьажийра , елаелира)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цара? (Хун дира?)

-Хандешан муьлха хан билгалйо цара? (Яхана хан)

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша бакъо. Муьлхачу хаттаршна жоп ло яанчу хенан хандешнаша?

б) Предложенешкара хандешнаш схьаяздар.

Шардар № 345 , аг1о 160.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха хандош ду предложенехь? (Дахана)

-Муьлхачу хаттарна жо п ло цо?( Х1ун дина?)

-Д1аеша шолг1а предложении. Муьлха хандош ду предложенехь? (Язди)

-Муьлхачу хаттарна жо п ло цо?( Х1ун дин?)

-Д1аеша кхоалг1а предложении. Муьлха хандош ду предложенехь? (Дийшира)

-Муьлхачу хаттарна жо п ло цо?( Х1ун дира?)

-Д1аеша йоьалг1а предложении. Муьлха хандош ду предложенехь? (Гайтинера)

-Муьлхачу хаттарна жо п ло цо?( Х1ун динера?)

-Д1аеша пхоьалг1а предложении. Муьлха хандош ду предложенехь? (Дуьйцура)

-Муьлхачу хаттарна жо п ло цо?( Х1ун дора?)

-Схьаязде хандешнаш.

аь) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 346, аг1о 160-161.

  1. Сада1аран миноташ.

5.Керла тема хьехар.

а) Карарчу хенан хандешнаш яханчу хене дерзор.

Шардар № 347 , аг1о 161.

-Д1адеша хьалхара дош. Муьлха хан билгалйо цо? (Карара хан)

-Даккха и дош яханчу хене Х1УН ДОРА ? хаттаран г1оьнца? (Х1ун дора? доьшура)

-ЯЗДО дош муха хир ду яханчу хенехь? (Яздора)

-ЛОВЗУ дош муха хир дара яханчу хенехь? (Ловзура)

(Иштта талла важа дешнаш)

аь) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 349 , аг1о 161.

  1. Рефлекси.

-Муьлха кхимаш бехи аша?

6.Жам1 дар.

Муьлхачу хаттаршна жоп ло хандешнийн яханчу хено?

7.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 348, аг1о 161.

Бакъо 160 аг1он т1ера.



Нохчийн мотт

Тема: «Хандешнийн яхана хан»

1алашо : яханчу хенан хандешнаш довзийтар, яханчу хенан хандешнийн хаттарш довзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду яханчу хенан хандешнаш, девзар ду церан хаттарш. Берашна 1емар ду текстера хандешнаш схьаяздан. Берашна 1емар ду хандешнаш хенашца хийцо , царна хаттарш дала. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшург каро , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 348, аг1о 161.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха хандош ду цу предложенехь? (Д1аели)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цо? (Хун дин?)

Бакъо 160 аг1он т1ера.

-Схьайийца бакъо.

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Тобанашкахь болх бар.

Уьн т1е д1аяздо.

Ловзу , ловзура, воду , водура, хохку , хохкура , лоху, лохура, тосу, тосура.

1-ра тоба схьаязде карарчу хенан хандешнаш.

2 г1а тоба схьаязде яханчу хенен хандешнаш.

-Муьлха дешнаш яздина хьалхарчу тобано? Муьлхачу хаттарна жоп ло цара?

-Муьлха дешнаш яздина шу олг1а тобано? Муьлхачу хаттарна жоп ло цара?

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

3. Керла тема хьехар.

а)Яханчу хенан хандешнаш пхеа кепехь гайтар.

Шардар № 351 аг1о 162.

-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло карарчу хенан хандешнаша?

Х1ун дин? Х1ун дира? х1ун дина? х1ун динера? х1ун дора?

-ЯЗДО дош хийца массо а хаттарх пайда а оьцуш.

КЕП: язди, яздира, яздина, яздинера , яздора.

-Муьлха чаккхенаш ю цу дешнийн? (-РА,-НА,-НЕРА, -ОРА)

(Массо а кепехь д1аяздо важа дешнаш)

аь) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 352 аг1о 163.

-Д1аеша байт. Мила ву цуьнан автор? (З. Сулейманова)

-Стенах лаьцна ю иза?(Б1аьстенах)

-Схьаязде шардар.Хандешнашна буха сиз хьакха.

4. Сада1аран миноташ.

Зезаг долу-уш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Г1ийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емаш лестош, лакхабели.

(Байташ т1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голаш т1е хевшина 1а,

кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, мет-

тахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)

5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Яханчу хенан хандешнийн тидам бар.

Шардар № 353 , аг1о 163.

-Д1адеша хьалхара хаттар. Муьлха хандош яздина цунна жоьпана? (Левзи)

-Кхин муьлха хандешнаш девза шуна оцу хаттарна жоп дала йиш йолуш? (Веди, хаьхки, язйи, лекхи)

-Д1аязде дешнаш.

аь) Хандешнех лаьцна хаамаш шорбар.

Шардар № 354 ,аг1о 163.

-Д1аеша стихотворении. Мила ву цуьнан автор? (1. Мамакаев)

-Шеран муьлха зама ю цу т1ехь ялийнарг? (гуьйре)

-Дар муьлхачу хенехь д1ахьош ду? (Карарчу хенехь)

б)Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 356 , аг1о 163.

  1. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша тахана?

7. Жам1 дар.

-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло хандешнийн карарчу хено?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар№ 357, аг1о 165.

Нохчийн мотт

Тема: «Хандешнийн яхана хан»

1алашо : яханчу хенан хандешнаш довзийтар, яханчу хенан хандешнийн хаттарш довзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду яханчу хенан хандешнаш, девзар ду церан хаттарш. Берашна 1емар ду текстера хандешнаш схьаяздан. Берашна 1емар ду хандешнаш хенашца хийцо , царна хаттарш дала. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшург каро , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар№ 357, аг1о 165.

2.Дешаре шовкъ кхоллар. 1алашойовзийтар.

Дог1а

Дог1а доьлху, дог1а доьлху,

БГаьрхиш 1енош, стигал йоьлху.

Корах ара бераш хьуьйсу,

Г1оле йолу меттиг къуьйсу.

- Д1ахила, д1авала хьо,

Дог1ане хьажийта со.

Т1адамаш лаьттах деттало,

Буьрка санна, кхиссало.

Бода эккхош, хаьштиг туьйхи,

Серлаели анайист.

Къинхетам бар Деле дийхи.

Шу ма хила цхьа а диет.

(С. Эдилов)



-Д1аеша текст. Мила ву цуьнан автор? (С. Эдилов)

-Схьаязде хандешнаш.

1-ра тоба карарчу хенан хандешнаш.

2-г1а тоба яханчу хенан хандешнаш.

-Д1адеша х1ора тобано дешнаш.Хаттрш ло царна.

-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло 2-г1ачу тобано яздина хандешнаш?

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

3. Керла тема хьехар.

а)Хандешнех , ц1ердешнех, дешт1аьхьенех болу хаамаш т1еч1аг1бар.

Шардар№ 357 , аг1о 164.

-Д1аеша текст. Муьлха ц1ердешнаш ду дукхаллин т1ерахьера текстехь? (Элхьаьмчаш, 1ежаш, кхораш, хьечаш, тог1ешца, мозаша , накхарша)

-Муьлха дешт1аьхьенаш ю текста юкъахь?(Чу)

-Муьлха хандешнаш ду цу юкъахь? (Дохделира, доладелира, йинера, хеталора, кхоьхьура)

-Муьлха хан билгалйо цара? (Карара хан)

-Хаттарш х1иттаде х1ора хандашна. Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло яханчу хенан хандешнаша?

аь) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 358 , аг1о 164..

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Хандешнийн тидам бар.

Шардар №359 , аг1о 165.

-Д1аеше текст. Хандешнаш буха сиз хьакхарца билгалдаха.

-Муьлха хан билгалйо цара? (Кара хан)

-Яханчу хене даха и хандешнаш. Муха хир ю хьалхара предложении? (Тхан госхозехь йоккха ферма яра)

-Муха хир ю шолг1а предложени? (Сан нана фермехь болх беш яра)

-Кхоалг1а? (Иза хьелийозархо яра)

-Йоьалг1а?(Сан нана 1уьйрре ферме йоьдура)

(Иштта толлу важа предложенеш)

аь)Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 360 ,аг1о 165.

-Х1унда яздина БАРЗА дош доккхачу элпаца? (Долара ц1е ю)

6. Рефлекси.

Ког, ког, куьйран ког,

Хоттала бахана бехбина ког,

Бай т1е хьаькхна ц1анбина ког,

Xloa делла хьаьстина ког,

Даьтта делла хьанбина ког,

1ахаршна тебна ког,

Мехкаршна шершийна ког,

Ког, ког, куьйран ког.

Муьлха хандешнаш ду цу стихотворении юкъахь?Муьлхачу хаттарна жоп ло цара? Муьлха хан билгалйо цара?

7. Жам1 дар.

-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло хандешнийн карарчу хено?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар№ 361, аг1о 165

Название документа Урок 7.Доккха элп ц1ерашкахь , ден ц1ерашкахь, фамилешкахь (Карладаккхар).docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : «Ц1ерашкахь , ден ц1ерашкахь , фамилешкахь доккха элп яздар»

1алашо : ц1ердешнех болу хаамаш карлабахар; фамилешкахь , ц1ерашкахь, ден ц1ерашкахь доккха элп яздарах болу хаамаш карлабахар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду доллара , юкъара ц1ераш вовшех къасто. Берашна хуур ду ц1ерашкахь , ден ц1ерашкахь , фамилешкахь доккха элп яздаран бакъонаш карлайохур ю. Берашна хуур ду шайн белхан план х1отто , цу плпнпца болх бан. Берашна хуур ду шайн кхииамш бовза, уьш дика хиларан бахьанаш довза.Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь ян? (Шардар № 27 , аг1о16.)

_Муха кхочушдан дезаш дара шардар? Д1адеша т1едиллар.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дашо билгалйо х1ума? (Хадижат)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цо? (Мила?)

--Д1аеша шолг1а предложении. Муьлхачу дашо билгалдо дар? (Йоьду)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цо?(Х1ун до?)

(Иштта толу моссо а предложении)

  1. Дешаре шовкъ кхоллар. 1алашо билгалъяр.

Уьн т1е д1аяздо.

Адам , Адамов,Исламов,Исламович,Ислам ,Хасан , Хасанович, Хасанов, к1ант.

-Д1адеша дешнаш. Кхаа тобане декъа дешнаш.

-Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (Адам, Ислам , Хьасан)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цу тобане? (Уьш адамийн ц1ераш ю)

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (Адамов, Исламов , Хьасанов)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цу тобане? (Уьш адамийн фамилеш ю)

-Муьлха дешнаш далийна аша кхоалг1ачу тобане? (Адамович, Исламович , Хьасанович)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цу тобане? (Уьш адамийн ден ц1ераш ю)

-Уьш муьлхачу элпашца язйо? (Доккхачу)

-Х1унда? Уьш доллара ц1ераш ю)

-Муьлха дош ду совнаха? (К1ант)

-Х1унда? (Иза юкъара ц1е ю)

-Муха язйо юкъара ц1ераш? (Кегийчу элпашца)

-Х1ун 1амор дув ай тахана? (Долара а, юкъара а ц1ераш язъяран бакъонаш)

--Вай тахана 1амор ду доллара а а, юкъара а ц1ерш вовшех къасто, цервн нийсаязъяран бакъонаш евзар ю вайна.

3.Керла тема хьехар.

а) 17-аг1он т1ера бакъо ешар.

-Д1аеша бакъо. Муха язйо фамилеш, ц1ераш, ден ц1ераш? (Даккхийчу элпашца)

-Даладе масалаш.

-Муха язйо дийнаташна техкина ц1ераш, мехкийн ч1ераш, хин ц1ераш, г1алийн, яртийн, урамийн ц1ераш? (Даккхийчу элпашца)

-Даладе масалаш.

Мама Мовсар лохуш ю,

Мовсар маьнги к1елахь ву.

-Мовсар! Мовсар! Вола схьа!

Межарг безахь, эца д1а!

(Ж. Махмаев)

Малонча

Школехь бека горгали:

- Самавала, Сайд-1али,

Хьалаг1атта, школе rlyo,

Т1аьхьавуьсуш лаьтта хьо.



-Д1аеша байташ. Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? (Мовсар, Сайд-1али, )

-Х1унда ? (Уьш доллара ц1ераш ю)

А) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 31 , аг1о 18.

3.Сада1аран миноташ.

П1елгаш

Оха язди, дукха язди,

Йозано тхан п1елгаш к1адди.

П1елгаш, 1адда ма 1елаш,

Хьалхий-т1аьхьий идалаш.

Кхийса-кхийса-кхийсалуш,

Ида, ид а, к1ад ца луш.

Мохо бецаш лестайо,

Д1а а, схьа а техкайо.

Шелгаш, мохах шу ма кхера,

Ловза лелхаш, шайн сакъера.

(Шелгаш меттахдохуш йоьшу xlapa байташ)

4. Т1еч1аг1дар.

а)Шардар № 30 аг1о 18.

-Муха кхочушдан деза шардар? Д1адеша т1едиллар.

-Д1аеша хьалхара , шолг1а предложении.Муьлханиг ю доллара ц1е? (Орга)

-Муьлхачу элпаца язйина иза? (Доккхачу)

аь) Юьртах лаьцна дийцар х1оттор.

Х1ун ю вайн юьртан ц1е? (Тхан юьртан ц1е Шоьна ю)

-Муха ю вайн юрт? (Вайн юрт ю жима , хаза ю)

-Х1ун ю вайн юьртахь? (Вайн юьртахь ю школа , маьждиг)

-Муьлха урамаш ду вайн юьртахь? (Шорта урамаш ду вайн юьртахь : А. Кадыровн, Дачанийн, Кооперативни)

-Шуна хазахетий вайн юрт? (Суна хазахета вайн юрт)

6. Рефлекси.

- Орга дог1у сов г1овг1ане,

Охкуш, отуш буто берд.

Ойла ейша: х1ун аз ду те

«Орга» аьлча, хьалха дерг?

(Ж. Махмаев)

-Муьлханаш ду доллара ц1ераш?

7. Жам1 дар.

-Х1ун 1амийра вай тахана? (Вай 1амийра доллара ц1ераш язъян)

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 29, бакъо 17 аг1он т1ера.

Название документа Урок 74 Хаандешнашца ЦА МА нийсаяздар..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Хандешнашца ЦА, МА нийсаяздар»

1алашо: хандешнех болу хаамаш шорбар. Хандешнашца ЦА, МА нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карлабохур бу хандешнех лаьцна болу хаамаш. Берашна евзар ю хандешнашца ЦА, МА нийсаязъяран бакъонаш, 1емар ду царех йозанехь пайдаэца.Берашна хуур ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 378, аг1о 171.

2.1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Олу , ца олу, ма ала, язйо, ца язйо, ма язъе, таса , ца т осу , ма таса, кхалла, ма кхалла, ца кхоллу, лийча , ма лийча , ца луьйчу.

-Д1адеша дешнаш .Кхаа тобане декъа уьш.

-Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане?( Олу , язйо, тосу, кхалла , лийча)

-Шолг1ачу? (Ца олу, ца язйо, цат осу, ца кхоллу , ца луьйчу)

-Кхоалг1ачу? (Ма ала, ма язъе, ма таса, ма кхалла, ма лийча)

-Муьлхачу билгалонашца декъна аша уьш кхаа тобане? (Карарчу хенан хандешнаш, ЦА цхьанадолу хандешнаш, Ма цхьанадолу хандешнаш)

-ЦА,МА цхьана долчу хандешнийн х1ун маь1на ду? Берийн жоьпаш.

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана?

3. Керла тема хьехар.

а) Хандешнашца ЦА ,МА яздаран тидам бар.

-Шолг1ачу , кхоалг1ачу тобанашкарчу дешнех предложенеш х1иттае.

Ислам ирча ма язъе. Боьхачу хи чохь ца луьйчу.

1аж боккха мА кхалла.

-Муьлхачу дешнашна хьалха ду ЦА,МА?

-Цара предложенина х1ун маь1на ло?

аь) Бакъо таллар.

-Х1ун маь1на ло ЦА, МА дашна?

-Муха яздо уьш хандешнашца къаьстина?

б) ЦА,МА хандешнашца яздаран тидам бар.

Шардар № 379, аг1онаш 171-172.

-Муьлхачу дешнашца яздина ЦА, МА? (Ма еша, ма ала..)

-Муха яздина уьш дешнашца? (Къаьстина)

-Х1ун маь1на ло цара хандешнашна? (Дацаран маь1на)

-Д1аязде шардар .

Шардар № 380 ,аг1о 172.

-Д1аеша предложенеш. Муьлхачу дешнийн ду дацаран маь1на?

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина ДЕЧИГЕ дош? (Дашехь доца шеконан мукъа аз хилча ,Г-ний, К-ний хьалха элп И яздо)

-Муьлханаш ду цу предложенешна юкъахь кицанаш?(Кхоалг1а а , йоьалг1а а )

-Муха кхета шу царех?

в) Берашка шайга болх байтар

Шардар № 381 , аг1о 172.

4.Сада1аран миноташ.

Бераш:

- Уьнт1епхьид, уьнт1епхьид,

Т1улган ц1а т1ехь лелон пхьид,

Мичахь лелаш хьо яра,

Ловза ма ца еара?

Уьнт1епхьид:

- Х1орда чохь со лелара,

Юорнеш хи чу сайн яьхна:

Нека дан уьш 1амийра,

Куьйгаш, когаш детташ,

Хи чохь даим сетташ:

Аркъал, бертал, пел доьрзуш,

Нека дора хих ца 1ебаш.

Уьнт1епхьид а хоржий, бераш класса чухула дуьилало цунна т1аьххье, цо дийриг а деш: нека до мотгуьйтуш, куьйгаш д1аса а лестош, аркъал сетташ, охьате1аш, aгlop доьрзуш.

5.Керла тема кхин д1а ахьехар.

а) Предложенеш меженашца къастор.

Шардар № 382 , аг1онаш 172-173.

-Муьлхачу дешнашца яздина МА? (Ма даха, мА хилийта)

-Муха яздина уьш цу дешнашца? (Къаьстина)

-Д1аеша шолг1а предложении.Талла и меженашца. Муьлха дош ца хуьлу предложенин меже? (МА)

-Д1аязде шардар.

аь)Карарчу хенан хандешнийн тидам бар.

Шардар № 385 , аг1о 174.

-Д1аеша текст. Караде хандешнаш. Муьлха хан билгалйо цара?

Шардар№ 384 , аг1о 173.

-Д1аеша стих. Стенах лаьцна ю иза? (Вайн халкъах ,Даймахках)

-Х1ун боху вайн латтанах? (!аьржачу дешица вайн латта хьандина)

-Х1ун ю 1аьржа деши? (Нефть)

-Х1ун хаьа шуна вайн махкахь доккхучу нефтах?

-Х1ун боху аренех? (Ялташа тойина)

-Стен бела вайна ницкъ , ирс? (Халкъийн вошалло)

Шардар№ 386 , аг1о 174.

-Д1аеша стих. Муьлха хандешнаш ду цу юкъахь?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?

6. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Х1ун маь1на ло хандешнашна хьалхахь ЦА, МА хилча?

-ЦА, МА хандашца муха яздина?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 383, аг1о 173.

Бакъо 172 аг1он т1ера.

Название документа Урок 8 .Доккха элп .docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : «Ц1ерашкахь , ден ц1ерашкахь , фамилешкахь,хин ц1ерашкахь , яртийн, г1аланийн , махкийн, урамийн ц1ерашкахь доккха элп яздар»

1алашо : ц1ердешнех болу хаамаш карлабахар; фамилешкахь , ц1ерашкахь, ден ц1ерашкахь ц1ерашкахь , яртийн, г1аланийн , махкийн, урамийн ц1ерашкахьдоккха элп яздарах болу хаамаш карлабахар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду доллара , юкъара ц1ераш вовшех къасто. Берашна хуур ду ц1ерашкахь , ден ц1ерашкахь , фамилешкахь доккха элп яздаран бакъонаш карлайохур ю. Берашна хуур ду шайн белхан план х1отто , цу плпнпца болх бан. Берашна хуур ду шайн кхииамш бовза, уьш дика хиларан бахьанаш довза.Берашна 1емар ду учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар

Шардар № 29, бакъо 17 аг1он т1ера.

-Муьлха дешнашна буха хьаькхна аша сизаш? Уьш муха яздина? (Даккхийчу элпашца)

-Муьлха дешнаш яздо даккхийчу элпашца? Бераша схьаюьйцу бакъо.

2. Дешаре шовкъ кхоллар. 1алашо йовзийтар.

Седа хьоьжу, Седа хьоьжу,

Лекхчу стигла Сирла б1аьргаш

Хьежабо. Хьаж-юкъ хебош.

-Муьлха дош ду доккхачу элпаца яздина? (Седа)

-Х1унда яздина иза доккхачу элпаца? (Адаман ц1е йолу дела)

-Х1ун 1амор дув ай тахана? (Долара а, юкъара а ц1ераш язъяран бакъонаш)

--Вай тахана 1амор ду доллара а а, юкъара а ц1ерш вовшех къасто, цервн нийсаязъяран бакъонаш евзар ю вайна.

3.Керла тема хьехар.

а) Долара а , юкъара а ц1ераш билгалъяхар.

Шардар № 32 , аг1о 18.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлханиг ю доллара ц1е ? (Грозный)

-Муьлхачу элпаца язйо доллара ц1е? (Доккхачу)

-Д1аеша шолг1а предложени? (Муьлханаш ю юкъара ц1ераш? (Грозный, Нохчийн Республика)

-Муьлхачу элпаца язйо доллара ц1е? (Доккхачу)

-Муьлхачу элпаца язйина столица дош? (Жимачу)

-Х1унда ? (Иза юкъара ц1е ю)

(Иштта толу шардар)

4. Сада1аран миноташ.

П1елгаш

Оха язди, дукха язди,

Йозано тхан п1елгаш к1адди.

П1елгаш, 1адда ма 1елаш,

Хьалхий-т1аьхьий идалаш.

Кхийса-кхийса-кхийсалуш,

Ида, ид а, к1ад ца луш.

Мохо бецаш лестайо,

Д1а а, схьа а техкайо.

Шелгаш, мохах шу ма кхера,

Ловза лелхаш, шайн сакъера.

(Шелгаш меттахдохуш йоьшу xlapa байташ)

5. Т1еч1аг1дар.

а) Жима сочинении язъяр доларчу , юкъарчу ц1ерех лаьцна.

-Муьлхачу декъе екъало ц1ераш? (Ц1ераш хуьлу доллара , юкъара)

-Стенна оьшу юкъара ц1ераш.

-Стенна оьшу доллара ц1ераш? (Долара ц1ераш адамана оьшу цхьаъ вукхунах къасто)

-Даладе масалаш.

Карточка

Д1аязъе сочинении оьшу дешнаш юкъа а дохкуш.

Нохчийн маттахь ц1ераш хуьлу.....,…… Юкъара ц1е яккха йиш ю ша сана моссо а х1уманах . Масала , моссо к1антах ала йиш ю…..

Долара ц1е оьшу цхьа х1ума я адам вовшехкъасто. Масала ….

Доларчу , юкъарчу ц1ераша хазбо нохчийн мотт.


6. Рефлекси.

-Д1аеша шайн сочиненеш

7. Жам1 дар.

-Х1ун керланиг 1еми вайна?

8. Ц1ахь бан болх балар

Шардар № 33 аг1о 19





Название документа Урок 9. Алфавит.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт.

Тема: «Алфавит»

1алашо: нохчийн алфавит йовзийтар , алфавитехь 49 элп хилар хаийтар. Элпийн нийса ц1ераш яхар 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна хуур ду алфавит –иза массо а элп хилар; берашна хуур ду алфавитах пайдаэца. Берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, урокехь бийр болу болх, цуьнан кхиамаш билгалбаха. Бераша карлабохур бу доларчу ц1ерех болу хаамаш.Берашна хуур ду учебникаца болх бан , вовшашна г1о дан 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 33 , аг1о 19.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

-Х1етал -метал хаийла шуна:

Дерриг элпаш схьагулдели,

Хьалхий-т1аьхьий х1иттадой,

Шен-шен меттиг билгалйо.

Д1ай-схьай нисдеш, дутту г1ат

Олу цунах вай.... (Абат)

-Х1ун ю цу байта т1ехь юьйцург? (Абат)

-Вуьшта муха олу цунах? (Алфавит)

-Х1ун 1амор дув ай тахана? (Абат я алфавит)

-Х1оттае план.

-Вайна тахана 1амор ю нохчийн аббат я алфавит, хуур ду алфавитехь масса элп ду, церан ц1ераш нийсаяха. Дешнаш алфавитан рог1аллехь д1аяздан.

3. Керла тема хьехар.

а) Алфавит йовзийтар.

Шардар № 34 , аг1о.

-Д1аеша алфавит. Нийса ц1ераш яха массо а элпийн. Маса элп ду нохчийн алфавитехь?( 49 элп ду)

-Маса мукъаза элп ду? (33)

-Маса ду мукъа элп? (15)

-Муьлхачу элпо цхьа а з билгал ца до? (ь)

-Муьлха элпаш т1еэцначу дешнашкахь бен ца хуьлу? (Щ,Ё,Ф)

-Х1ун ю алфавит? (Берийн жоьпаш.)

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша 20-г1а аг1о.

-Х1ун ю алфавит?

б) Мукъа а , мукъаза а элпаш къастор.

Шардар № 36 , аг1о 20.

-Муьлхачу элпех олу мукъа элпаш?

-Маса ду уьш?Д1аязде.

-Муьлхачу элпех олу мукъаза элпаш?Маса ду мукъаза элпаш?Д1аязде уьш.

в) Дешнаш алфавитан рог1аллехь д1анисдар.

Шардар № 37, аг1о 20.

-Муьлха элп ду алфавитехь хьалхара? (А)

-Караде элп А хьалхахь долу дош? (Ангали)

-Муьлха дош яздийр дара шолг1а? (Аьлха)

-Х1унда? (Элп Аь алфавитехь шолг1а ду)

-Д1аязде шардар. Мукъачу элпашна буха сиз хьакха.

4. Сада1аран миноташ.

Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:

Т1араш тухуш, т1араш тухуш

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.

Цхьаъ - схьаверза,

Шиъ - д1аверза.

Кхоъ -охьата1а,

Диъ - хьалата1а.

Т1араш тухуш, т1араш тухуш,

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Юха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,

Когаш тохий, кхоссало.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Берашка шайга болх байтар.

Шардар №39, аг1о 21.

аь)Доларчу ц1ерех болу хаамаш карлабахар.

Шардар № 35 , аг1о 20.

-Муьлха дешнаш яздо даккхийчу элпашца?

б)Лоазар «З1е»

Шардар № 38 , аг1о 21.

-Д1адеша хьалхара дош? (Ахархо)

-Муьлха элп ду т1аьххьара? (о)

-О элп хьалхахь а долуш дош караде. (Орам)

-М элпаца долош долу элп караде.(Маше)

6. Рефлекси.

-Х1ун 1еми шуна тахана?

7. Жам1 дар.

-Стенах олу алфавит?

-Маса элп ду нохчийн алфавитехь?

-Стенна оьшу алфавит?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 40, бакъо 20-аг1он т1ера.



Название документа Урока 36 .Дешан чаккхенга шала мукъаза элпаш яздар..docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Дешан чаккхенга шала мукъаза элпаш яздар»

1алашо: дешан чаккхенга шала мукъаза элпаш яздаран бакъонаш цовзийтар, царех йозанехь пайдаэца 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна евзар ю дешан чаккхенга шала мкъаза элпаш яздаран бакъонаш , 1емар ду царех пайдаэца. Берашна 1емар ду текстехь шала мукъаза элпаш долу дешнаш каро , уьш нийса яздан, шайна хетарг бакъо ялорца т1еч1аг1дан.Берашна 1емар ду учебникаца болх бан

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 174 , аг1о 86.

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Дийцар «Топ»

-Бераш д1айоьдуш урок хилла. Хьехархо хилла цу урокехь диктанттязйойтуш берашка. Цхьана дешархочо хаьттина:

-Топ дешан чаккхенгахь цхьа П дуьллу я ши Пп дуьллу?

-Хьехархочо жоп дела. Хьо х1ума маца 1емар ю те? Цхьалгониг ялахь цхьа П дилла, шалгониг ялахь ши Пп дилла.

-Нийса вуй и хьехархо ? Шуна х1ун аьлла хетта : муха яздан деза дош ТОП? (Берийн жоьпаш)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? Д1аеша урокан ц1е.

3. Керла тема хьехар.

а) Дешнийн чаккхенгахь шала мукъаза элпаш яздаран тидам бар.

Шардар № 178 , аг1о 88.

-Д1адеша дешнаш

Дитт- дитташ колл-коьллаш

мотт- меттанаш бутт-беттанаш

класс-классаш ботт-баттарчий

-Дитт дешан чаккхенгахь масса элр ТТ яздо?

-Муха хуур дара иза? (Дош хийца деза –дитташ)

-Мотт дашехь чаккхенгахь масса элп ТТ яздан деза?

-Муха хуур дара иза? (Дош хийца деза - меттанаш)

Муха хуур дара маца яздо дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш? Берийн жоьпаш.

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша бакъо.

-Маца яздо дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш?

--Маца ца яздо дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш?

б) Берашка шайгга болх байтар

Шардар № 179, аг1о 88.

4. Сада1аран миноташ.

Зезаг долу-уш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Г1ийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емаш лестош, лакхабели.

(Байташ т1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голаш т1е хевшина 1а,

кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, мет-

тахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Чаккхенгахь мукъаза шала элпаш долчу дешнийн тидам бар.

Шардар № 181 , аг1о 89

-Итт дешан чаккхенгахь ших –НН х1унда яздина? (Иттаннаш -аьлла дош хийцича уьш шиъ хеза)

-ДИЙНАХЬ дош муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина? (Аз И деха хезаш хилча , цунна т1ехьа элп Й яздо)

-АЬХКЕНАН дош муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина?(ХЬЕНАН? СТЕНАН? хаттаршан жоьпаш луш долчу дешнийн чаккхенга -Н яздо)

аь) Дешан х1оттамах лаьцна болу хаамаш карлабахар.

Шардар № 182 , аг1о 89.

-Хьохарчий дешан орам муьлханиг бу? (Хьоза –хьозарчий- орам хьоза бу)

-Муьлханиг ю чаккхе? (РЧИЙ)

(Иштта толлу важа дешнаш)

-ЮСИЙНА дашехь маса дешдакъа ду? (Ю_СИЙ_НА- кхоъ дешдакъа ду)

-Маса элп ду цу дашехь? (Ялх элп ду)

-Маса аз ду ? (Ворх1 аз ду)

-Х1унда ду ялх элп , ворх1 аз? (Ю элпо дешан юьххьехь хилча ши аз билгалдо)

-Муьлха аьзнаш ду цу дашехь? (Й ,У, С, И, Й, Н, А)

7. Рефлекси.

-Муьлха элп яздан деза аьлла хетта шуна ТОП дешан чаккхенгахь? Хьайна хетарг бакъде.

8. Жам1 дар.

-Маца яздо дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш?

-Маца ца яздо дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 180 , аг1о 89. Бакъо аг1о 89.





Название документа Урока 27-28 преложенин коьрта а, коьртаза а меженаш. меженаш.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Предложенин коьрта а , коьртаза а меженаш»

1алашо: берашна предложенехь коьртаниш йоцург кхин а коьртаза меженаш хила хаийтар. Предложенехь коьртаза меженаш коьртачарех йозуш хилар хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду предложенин коьрта мешенаш лаха , уьш билгалъяха. Берашна хуур ду коьртаза меженаш йовза, уьш билгалъяха.Берашна хуур ду учебникаца болх бан, оьшург лаха.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар

  1. 1алашо йовзийтар.Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Г1аш охьаоьгу. Гурахь дитташ т1ера г1аш охьаоьгу.

-Д1аеша ши предложени. Карае коьрта меженаш.

-Х1ун ду цу шинан цхьатера? (Шинне предложенехь коьрта меженаш цхьатера ю)

-Х1ун башхо ю цу шинна юккъехь? (Шолг1ачу предложенехь ю кхин меженаш)

-Царех коьртаза меженаш олу.

-Хьовсал муьлха дешнаш ду коьртаза меженаш лара йош йолуш?(Гурахь , дитташ т1ера)

-Муьлхачу дашаца уьйр ю ГУРАХЬ дешан? (Охьаоьгу дашаца)

-Хаттар ло ОХЬАОЬГУ дашана т1ера. (Охьаоьгу Маца ? гурахь)

-Х1ун гойту цу дашо? (Г1аш охьаэга хан билгалйоккху)

-Муьлхачу дашаца уьйр ю ДИТТАШНА Т!ЕРА дешнийн? (Охьаоьгу дашца)

-Хаттарло цун дашна . (Охьаоьгу СТЕНГАРА? дитташ т1ера)

-Х1ун маь1на ДИТТАШНА Т!ЕРА дешнийн цу предложенахь? (Г1аш стенгара эга гойту)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана урокехь? Берийн жоьпаш.

-Муьлха хаттар толлур дув ай тахана? (Х1унда ю предложенехь коьртачу меженел совнаха , коьртаза меженаш)

-Вайн тахана карлабохур бу предложенин коьртачу меженех болу хаамаш, евзар ю коьртаза меженаш, 1емар ду уьш къасто.

3. Керла тема хьехар.

а) Бакъон т1ехь болх бар.

-Д1аеша 62 аг1он т1ера бакъо.Муьлхачу мешенах лаьтта предложени? (Предложенехь хуьлу коьрта а , коьртаза а меженаш)

-Муьлханаш ю коьрта меженаш? (Коьрта меженаш ю подлежащи , сказуеми)

-Стенах юзуш хуьлу коьртаза меженаш?(Подлежащих, сказуемих , я кхечу меженех)

аь)Предложенера коьртазачу меженийн тидам бар.

Шардар № 123 , аг1о 62.

-Д1аеша хьалхара предложени. Карае коьрта меженаш. Нохчийн маттахь предложени толлуш дуьххьара сказуеми каро деза.

-Муьлхачу дашо гойту дар? (Лела дашо предложенехь дар гойту)

-Хаттар ло цу дашана? (Х1ун до? лела-иза сказуем иду.Цунна к1ел ши сиз хьокху.)

-Муьлха меже лехи вай дуьххьара? (Сказуеми)

-Лелеш ерг Х1УН Ю? (Мархаш- подлежащи ду . Цунна к1ел цхьа сиз хьакха)

-Подлежащина т1ера хаттар х1оттадо ас: мархаш МУХА? к1айн.Иза коьратза меже ю.Муьлхачу меженах йозуш ю вайна карийна коьртаза меже? (Подлежащих)

-Сказуемина т1ера хаттар х1оттадо ас: лела МИЧАХУЛА? стигалхула.Иза коьртаза меже ю.Муьлхачу меженах йозуш ю иза? (Сказуемих)

(Иштта толлу важа предложени)

-Д1аязде шардар.

б)Т1адамийн меттана оьшу дешнаш яздар .

Шардар № 124. , аг1о 63.

-Д1адеша т1едиллар. Шера д1адеша билгалонна дешнаш.

-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлха дош яздийр дара аша т1адамийн меттана? (МАЦА? селхана)

-Меженашца толлур вай предложени.Муьлха меже каро еза дуьххьара? (Сказуеми)

-Х1ун гойту сказуемино? (Предложенехь дар я хилар гойту)

-Муьлхачу дашо гойту дар? (Дахара дашо гойту)

-Хаттар ло цу дашана.(Х1ун дира ? дахара)

-Муха сизаш хьокху цунна к1елла? (Шиъ сиз хьокху)

-Караде подлежащи. Х1ун гойту подлежащино? (Предложенехь хьанах я стенах лаьцна дуьйцу гойту)

-Хьанах лаьцна дуьйцу предложенехь? (Тхох)

-Хаттар ло цу дашана? (Дахара МУЬЛШ? тхо)

-Муьлха дешнаш диси вайн? (Селхана , цирке)

-Муьлхачу дашах дозаделла ду уьш?(Дахара)

-Муьлхачу дашана т1ера дала деза царна хаттарш? (Дахара )

-Хаттар лол? (Дахара МАЦА? селхана, дахара МИЧА? цирке)

(Иштта толлуш д1аязйо йисина предложенеш)

4.Сада1аран миноташ.

1ам чохь баьццара ши пхьид

Дукха каде хьийзаш яра:

Юьхь-куьг цара дуьлура,

Дег1ах гатахьоькхура.

Когашбетташ, т1араш

детташ, Аьрру, аьтту д1асасетташ.

Юха хьала а нислуш,

Багахь«къакъи» дора.

Цундела ю уьш

могуш шу а хила лууш.

(Бераша байташйоыду дег1ан меженаш хьееш).



5.Керла тема кхин д1а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар

Шардар № 125, аг1о 63.

6.Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1еми шуна?

7.Жам1 дар.

-Муьлханаш ю предложенин коьрта меженаш?

-Кхин муьлха меженаш хуьлу предложенехь? (Коьртаза меженаш)

-Стенца хуьлу церан уьйр?

8.Ц1ахь бан болх балар.



Шардар № 126, аг1о 63.













Нохчийн мотт

Тема: «Подлежащи , цуьнан башхаллаш»

1алашо: подлежащих лаьцна болу хаамаш т1еч1аг1бар.Берашна предложенехь подлежаши масийтта тайпана хаттаршна жоп луш хилар хаийтар (Мила? Муьлш? Х1ун? Хьан? Стен?).

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду предложенехь подлежащи тайп-тайпана хаттаршна жоьпаш луш хилар.Берашна хуур ду подлежащи хуьлу МИЛА? МУЬЛШ? Х1УН? хатаршан жоьпаш луш долу дешнаш , нагахь санна предложенехь ХЬАН? СТЕН? хаттаршна жоьпаш луш долу дешнаш дацахь .Тайп-тайпанчу предложенешкахь подлежащин тидам бар.Берашна 1емар ду предложенин коьрта мешенаш лаха , уьш билгалъяха. Берашна хуур ду учебникаца болх бан, оьшург лаха.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Шардар № 126 , аг1о 63.

-Муьлхачу дешнашна буха сиз хьаькхира аша? (Салмана, к1анта, жа1уьно, 1ийсас,цициго)

-Цара муьлхачу хаттарша жоьпаш ло? (Хьан? стен)

-Предложенехь муьлха меже хуьлу и дешнаш? (Подлежащи)

2. 1алашо йовзийтар.Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Салмана салах хохку.Беркат. Ж1аьло ц1а лардо. Дешархо.Барт.Хьамзат школе воду.Борх уг1а. Бераш экскурсе дахара)

-Д1аеша доски т1е язйинарг. Схьакаре царна юкъахь предложенеш.( Салмана салах хохку. Ж1аьло ц1а лардо Хьамзат школе воду.Борх уг1а. Бераш экскурсе дахара))

-Муха хиира шуна уьш предложенеш юй? (Цара кхочуш хилла ойла гойту)

-Д1адаха САЛМАНА, Ж1АЬЛО , БЕРАШ,ХЬАМЗАТ,БОРЗ дешнаш. Х1инца хир ю уьш предложенеш? (Яц)

-Х1унда? (Кхочушхилла ойла ца гойту)

-Муьлхачу хаттарша жоьпаш ло аша д1адаьхнач удешнаша? (ХЬАН? СТЕН? МИЛА ? МУЬЛШ?Х1УН?)

-Предложенхь муьлха меженаш ю уьш? (Подлежащи)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? Берийн жоьпаш.

-Вай тахана карлабохур бу предложенин коьртачу меженех лаьцна болу хаамаш, девзар ду подлежащин тайп-тайпана хаттарш)

3. Керла тема хьехар.

а) Бакъо таллар.

-Д1аеша 64 аг1он т1ера бакъо.Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло подлежащино? (Хьан? стен?)

-К1анта йоза яздо предложенехь муьлханиг ду подлежащи? (К1анта)

-Х1унда ду к1анта дош подлежащи ЙОЗА дош доцуш? (Дар к1анта кхочуш деш ду, яздеш верг к1ант ву йоза дац)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло К1АНТа дашо? (Яздо ХЬАН? к1анта)

-Муьлхачу хаттарна жлп ло ЙОЗА дашо? (Х1ун?)



-Кхин муьлха дешнаш хуьлу подлежащиш? (МИЛА?МУЬЛШ? Х1УН? хаттаршна жоьпаш луш долу дешнаш а хуьлу подлежащи)

-Д1аеша предложени . (К1ант ловзу)

-Муьлханиг ду подлежащи? (К1ант)

-Хаттар ло цу дашана. (Мила? к1ант)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло подлежащино? (Мила?)

-Д1аеша предложени.(Цициг доду)

-Муьлханиг ду подлежащи? Хьана лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Цициг)

-Хаттар ло цу дашана? (Х1ун? цициг)

-Муьлхачу хаттрна жоп ло подлежащино? (Х1ун?)

-Х1ун тидам би аша? Предложенехь ХЬАН? СТЕН? хаттаршна жоп луш долу дешнаш подлежащи хуьлу, предлженехь МИЛА? МУЬЛШ? Х1УН? хаттршна жоп луш долу дош подлежащи хуьлу , нагахь санна предложенахь ХЬАН? СТЕН? хаттаршна жоп луш долу дешнаш дацахь)

аь)Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 127 , аг1о 64.

б) Предложенеш оьшу дешнаш т1етохарца юзар, меженашца таллар.

Шардар № 128 , аг1о 64.

-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлха дош т1етухар дара аша и предложени гуттар дика хилийта? (Т1едог1у муха ? 1а. Т1едог1у шийла 1а)

-Муьлханиг ду дар билгалден дош? (Т1едог1у)

-Хаттар ло цунна? (Х1ун до ? т1едогу)

-Предложенехь муьлха меже хуьлу иза? (Сказуеми)

-Муьлханиг ду подлежащи. Цо муьлхачу хаттарна жоп ло? (Х1ун? 1а)

-Муьлхачу хаттарна жоп лов ай т1етоьхначу дашо? (1а муха? шийла)

-Иза муьлха меже ю? (Предложенин коьртаза меже ю)

-Цунна буха тулг1ени сиз хьакха.

(Иштта толлу важа предложенеш)



4.Сада1аран миноташ.

Са а даь1на, арадевлла,

Ян дохкуш ду тхо зарядка.

Сихха шуд1ах1иттий довла,

Цхьана меттехь юхадовда.


Куьйгаш д1асадахийта,

Цецдевлла шаьш моттийта.

Юха хьалха охьатаГа, (3-4-зза)

Охьата1а, хьалата1а. (3-4-зза)

Хьаж т1е куьгшайн х1оттаде,

Когашд1асахилабе,

Аьтту aгlop доьрзуш, (3-3-зза)

Аьрру aгlop доьрзуш, (3-4-зза)

Гонах до л чу н тидамбе.


Динарг х1инца тоийта,

Дог1машмалдеш, д1ах1итта.

Мох чуоза, арахеца, (3-4-зза)

Вайн зарядка ели х1инца.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Коьрта а, коьртаза меженах болу хаамаш т1еч1аг1дар.

Шардар № 132 , аг1о 66.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (1а доларх лаьцна)

-Д1аеша хьалхара предложени. Стенах лаьцна дуьйц цу т1ехь? (Лонах)

- Иза муьлха меже ю? (Подлежащи)

-Х1унда? (Предложенехь дар кхочушдеш дерг Ло дош ду)

-Дар муьлхачу дашо гойту? (Делира)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло цу дашо? (Х1ун дира? доладелира)

-И муьлха меже ю? (Сказуеми)

-Х1унда? (Цо гойту подлещащинах лаьцна х1ун олу)

-Кхин муьлха дешнаш диси вайн ? (Доладелла, 1уьйранна, суьйренга)

-Муьлхачу дашаца ю уьйр СУЬЙРЕНГА дешан? (Делира муьлхачу хене? (Суьйренга)

-И муьлха меже ю? (Предложенин коьртаза меже ю)

-Доладелла дешан муьлхачу дашаца ю уьйр? (Ло дашаца)

-Ло дашна т1ера д1а хаттар ло цунна? (Муьлха ло? (Доладелла)

-Муьлха меже ю иза? (Коьртаза)

-1УЬЙРАННА дешан муьлхачу дашаца уьйр ю? (Доладелла дашаца)

-Хаттар ло цунна? (Доладелла маца? 1уьйранна)

( иштта толлу важа предложенеш)

аь)Мотт шарбар.

Шардар № 131, аг1о 66.

6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг хии шуна?

7. Жам1 дар.

-Муьлха дешнаш хуьлу подлежащиш?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 134, аг1о 68.

Название документа Уроки 37-38. Дешхьалхе.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Дешхьалхе»

1алашо: термин «дешхьалхе» йовзийтар , дешхьалхенан маь1на, цо лело г1уллакх (керла маь1на а долуш дешнаш кхоллар), дашехь дешхьалхенан меттиг йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду дешхьалхе х1ун ю ,1емар ду дашехь дешхьалхе билгалъяккха. Берашна хуур ду дешхьалхе дар билгалдечу дешнашкахь хуьлш хилар.Берашна 1емар ду дешхьалхенашца керла дешнан кхолла. Берашна 1емар ду тобанашшца болх бан , учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Шардар № 180 , аг1о 89.

-Муьлхачу дешнийн чаккхенгахь яздина аша шала мукъаза элпаш? Х1унда?

-Муьлхачу дешнийн чаккхенгахь яздина аша шала мукъаза элпаш? Х1унда?

2. 1алашо йовзийтар. Керла тема хьехар.

а) Тобанашкадешнаш декъар

Уьн т1е д1аяздо.

Веара, схьавеара, иккхи, чуиккхи, веара, схьавеара, хьаьдира , д1ахьаьдира, хьожу, д1ахьожу, гулдо, т1егулдо.

-Д1адеша дешнаш. Тобанашка декъа уьш.Цкъа хьалха билгалбаккха церан орам.

-Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобанае? ( Веара, иккхи, веара, хьаьдира , хьожу, гулдо)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Орамна хьалха кхин а цхьа дакъа дац церан)





-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане?(Схьавеара, чуиккхи, схьавеара, д1ахьаьдира,д1ахьожу, т1егулдо).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Орамна хьалха кхин а цхьа дакъа ду церан)

-Оцу декъах дешхьалхе олу.Ойлаел , х1унда олу цунах дешхьалхе?Берийн жоьпаш.

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана урокехь? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

а) Дешхьалхенийн тидам бар.

Уьн т1е д1аяздо.

-Д1адеша дешнаш. Дешдакъош Д1А_ ,СХЬА- ,ЧУ- ,Т1Е-, АРА- т1етухуш керла дешанкхолла.

ЙОЬДУ- КХИЙТИ-

ЙОГ1У- ИККХИ-

ЕАРА- КХОЬССИ-

-Муьлха дешнаш хили шун? (Д1айоьду, схьайог1у, чуеара, т1екхийти, аракхоьсси)

-Муьлха дакъош т1етохарца кхоьлли аша и дешнаш?( Д1А_ ,СХЬА- ,ЧУ- ,Т1Е-, АРА- )

-Царех дешхьалхенаш олу. Дешхьалхенийн г1оьнца х1ун ди аша? (Керла дешнаш кхоьлли)

-Маь1на хийцалой и дешдакъош т1етоьхча? (Хийцало )

-Дешан муьлхачу меттехь лаьтта дешхьалхенаш?(Орамна хьалха)

-Х1ун эр дара аша дешхьалхенех лаьцна? Берийн жоьпаш.

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша 90 аг1он т1ера бакъо.

-Муьлханаш ю дешхьалхенаш?

-Дешан муьлхачу меттехь лаьтта дешхьалхе?

-Х1ун г1уллакх леладо дешхьалхено?

б)Йозанан болх бар.

Шардар № 183, аг1о 90.

-Д1аеша предложенеш. Караде гергара дешнаш. (Схьакхоьссира, д1акхоьссира, хьалакхоьссира, охьакхоьссира, аракхоьссира)

-Муьлханиг бу оцу дешнийн орам? (КХОЬСС)

-Муьлханиг ю чаккхе? (-ИРА)

-Кхин муьлха дакъош ду цу дешнашкахь? ((СХЬА-, Д1А-, ХЬАЛА-,ОХЬА-,АРА-)

-Царех х1ун олу? (Дешхьалхенаш)

-Дешан муьлхачу меттехь лаьтта дешхьалхенаш? (Орамна хьалха)

-Уьш стенна оьшу? (Цара керла маь1на а долуш дешнаш кхуллу)

Шардар№ 184 , аг1о 90.

-Д1аеша. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь?(Малхах)

-Д1адеша билгалдаьхна дешнаш.(Чухьожу, чуберза)

-Муьлханиг бу ЧУХЬОЖУ бохучу дешан орам? (ХЬожу-чухьожу-хьожу орам бу)

-Муьлханиг ю дешхьалхе? (ЧУ-)

-Х1ун хийцам хуьлу дешхьалхе т1етоьхча? (Дешан маь1на хийцало, керла дош кхоллало)

-Д1аязде дешнаш.

Шардар № 185, аг1о 91.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?

-Д1адеша дош .(Вала)

-Т1етоха лакхара дешхьалхенаш цу орамна.Муьлха дешнаш хили шун? (Схьавала, д1авала, чувала, хьалавала, охьавала)

-Д1адеша шолг1а дош .Керла дешнаш кхолла цунах т1е дешхьалхенаш а тухуш.(Схьаваха, д1аваха, чуваха, хьалаваха, охьаваха)

-Муха кхоьлли аша керла дешнаш? (Орамна т1е дешхьалхенаш а тухуш)

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 186, аг1о 91.

-Клубан боху дош муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина? (Хьенан? стенан? хаттаршна жоп луш долчу дешнийн чаккхенга -Н яздо)

-Чекхъевлча боху дош муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина ду? (Хьалхара дешдакъа мукъаза элпаца чекхдолуш хилча , шолг1аниг –Е- элпаца долош хилча царна юкъа къасторан хьаьрк яздо)

Шардар№ 187, аг1о 91.

-Муьлха дешнаш хили шун?(Кхоьссира, д1акхоьссира, чукхоьссира, аракхоьссира, схьакхоьссира)

-Муьлханин бу орам? Дешхьалхенаш?

6.Рефлекси

Чакхъяккха сан ойла.

  • Дешхьалхе иза….. дакъа ду.

  • Дешхьалхе дашца ….яздо.

  • Дешхьалхе …..хьалха лаьтта.

  • Дешхьалхенан г1оьнца керла …. кхуллу.

7.Жам1 дар.

-Стенах олу дешхьалхе?

-Дешан муьлхачу меттехь лаьтта иза?

-Стенна оьшу дешхьалхе?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 188, аг1онаш 91-92.

Бакъо 90 аг1он тера.





Нохчийн мотт

Тема: «Дешхьалхе»

1алашо: термин «дешхьалхе» йовзийтар , дешхьалхенан маь1на, цо лело г1уллакх (керла маь1на а долуш дешнаш кхоллар), дашехь дешхьалхенан меттиг йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду дешхьалхе х1ун ю ,1емар ду дашехь дешхьалхе билгалъяккха. Берашна 1емар ду дешхьалхенашца керла дешнан кхолла. Берашна 1емар ду тобанашшца болх бан , учебникаца болх бан.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Шардар № 188, аг1онаш 91-92.

Бакъо 90 аг1он тера.

2.1алашо йовзийтар .Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аязйо байт

Орамна со хьалха лаьтта ,

Дашна керла маь1на ло,

Цуьнца даим цхьаьна язйо

Х1ун дешдакъа хир ду со?..ДЕШХЬАЛХЕ

-Д1аеша байт . Дагахь 1аме. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь?

-Д1шхьалхена муьлха билгалонаш ялийна цу т1ехь?(Орамна хьалха лаьтта, дашна керла маь1на ло, дашца цхьана яздо)

3. Керла тема хьехар.

а) Дешхьалхенан , ораман тидам бар.

Шардар№ 189, аг1о 92.

-Д1адеша дешнаш.

Д1АКХИЙТИРА, ЧУВЕАРА, ХЬАЛАВЕЛИРА, ЮХАВОГ1У, СХЬАКХЕЧИ, ОХЬАКХИЙТИРА, Т1ЕТОЬХНА, АРАВОЛУ,

- Д1АКХИЙТИРА дешан орам муьлханиг бу? (Кхийти-д1акхийти-орам кхийти бу)

-Дешхьалхе? (Д1а-)

- ЧУВЕАРА дешан орам муьлханиг бу? (веа-чувеара –орам веа бу_

-Муьлханиг ю дешхьалхе?(ЧУ-)

-Стенна оьшу дешхьалхе? (Цо керла маь1на долуш дешнаш кхуллу)

(Иштта толлу важа дешнаш)

-Д1аязде дешнаш. Орам , дешхьалхе билгалъяккха.

аь) Дешхьалхенин г1оьнца керла дешнаш кхоллар.

Шардар № 191, аг1о 92.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?

-Хьан кхуллур дара КХИЙТИРА дашах керла дешнаш дешхьалхенаш т1е а тухуш?

ОХЬАКХИЙТИ, Д1АКХИЙТИ, СХЬАКХИЙТИ, Т1ЕКХИЙТИ, АРАКХИЙТИ, ХЬАЛАКХИЙТИ, ЧУКХИЙТИ.

-Хьан х1оттор яра АРАВАЬЛЛА дашаца предложени? (Таллархо хьуьн чуьра араваьлла)

- -Хьан х1оттор яра ОХЬАКХИЙТИРА дашаца предложени? (Роман салаз т1ера охьакхийтира)

-Хьан х1оттор яра ЧУДЕРЗИЙНА дашаца предложени? (Хьамида бежнаш божал чудерзийна)

-Муьлханиг бу АРАВАЬЛЛА дешан орам? (Ваьлла-аравьлла орам ваьлла бу)

-Муьлханин ю чаккхе? (-А)

-Муьлханиг ю дешхьалхе? (АРА-)

Шардар № 192 , аг1онаш 92-93.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза?

-Х1унда дира к1анта йоккхачу стагана г1о?

-Аша дой ишттаниг?

-Муьлхачу дешнашкахь ю дешхьалхенаш? (Хьалхаяьлла, охьакхетта, д1абелира, вухавеара)

-Муьлханаш ю дешхьалхенаш?

-Цу дешнийн массера юкъара х1ун ду? (Цара дар билгалдо)

-Муьлхачу дешнашкахь хуьлу дешхьалхенаш? (Дар билгалдечу дешнашкахь)

6. Рефлекси.

Карточкаш.

Дешнаш

Дешхьалхе

Орам

Чаккхе

Д1авоьду




Хьалаг1еттина




юхавала




пондаран




Дешнаш

Дешхьалхе

Орам

Чаккхе

Т1екховда




Машарна




Т1екхача




Д1кхосса




-Муьлхача дешнийн хуьлу дешхьалхенаш? (Дар билгалдечу дешнийн хьлу)

7.Жам1 дар.

Нисде сан г1алаташ

Орамна со хьалха ца лаьтта ,

Дашна керла маь1на ца ло,

Цуьнца даим цхьаьна ца язйо

Х1ун дешдакъа хир ду со?..ДЕШХЬАЛХЕ

-Муьлханаш ду г1алаташ?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 194, аг1о 94



Название документа Уроки 39-40 .Дешхьалхе , дешт1аьхье.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Дешхьалхе, дешт1аьхье»

1алашо: дешхьалхенах болу хаамаш шорбар , дешт1аьхьенаш йовзийтар. Церан маь1на, г1уллакх довзийтар. Дешт1аьхье иза ша дош хилар , иза дашах къаьстина яздеш хилар хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша крлабохур бу дешхьалхенех лаьцна болу хаамаш , евзар ю дешт1аьхьенаш. Берашна хуур ду дешт1аьхье иза ша дош хилар , иза дешнашна т1ехьа яздеш хилар. Берашна хуур ду дешхьалхенаш дар билгалдечу дешнашкахь хилар, дешт1аьхьенаш х1уманаш билгалъечу дешнакахь, х1уманийн маалла гойтучу дешнашеахь хилар.Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро , билгалдаккха , цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар №194, аг1о 94.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а)Дешнаш тобанашка декъар.

Уьн т1е д1аяздо.

Чувог1у, машен чу, т1етоха , парти т1е, .

-Шина тобане декъа и дешнаш . Муьлха дешна далийра аша хьалхарчу тобане? (Чувог1у , т1етоха)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша и дешнаш цхьана тобане? (Церан дешхьалхенаш ю)

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (Машен чу, парти т1е)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша и дешнаш цхьана тобане? (Цаьрца кхин дешнаш ду)

-Муьлханаш ду уьш? (Т1е , чу)

-Уьш дешт1аьхьенаш ю.

-Муха яздо уьш дашца?

-Х1ун 1амор дув ай тахана? Д1аеша урокан ц1е.

-Х1ун кхиамаш хир бу шун?

Суна евзар ю….
Суна 1емар ду…
Суна хуур ду…

Аса дийр ду…

3.Керла тема хьехар.

а)Дешт1аьхьенийн тидам бар.

(Хьехархочо суьрташ гойтуш д1а бо болх.

-Стенгахь ю ручка? (Стоьла т1ехь)

-Стенгахь ду цициг? (Стоьла к1ел)

-Стенгахь бу ч1ара? (Хи чохь)

-Стенгахь ду олхазар? (Гаьн т1ехь)

-Муьлха дешнаш хили вайн (Стоьла т1ехь, стоьла к1ел, хи чохь ,гаьн т1ехь)

-Х1ун билгалйо цу дешнашаш? (Х1уманаш)

-Кхин муьлха дешан ду царна т1ехьа? (Т1ехь, чохь, к1ел)

-Уьш дешт1аьхьенаш ю.

-Мича меттехь лаьтта уьш? (Дешнашна т1ехьа)

-Х1ун аьлла хета шуна: уьш дешнийн дакъош ду я шаьш дешнаш ду? (Уьш шаьш дешнаш ду)

-Х1унда? (Уьш шайна хьалхарчу дешнех къаьстина яздо)

Шардар № 195 , аг1о 94.

-Д1аеша предложенеш. Муха язйо дешхьалхенаш? (Дашах хоьттина)

-Х1унда ? (Иза дешан дакъа ду)

-Муха язйо дешт1аьхьенаш? (Дашца къаьстина)

-Х1унда ? (Иза ша дош ду)

-Муьлхачу дешнашца ю дешт1аьхьенаш? (Шинна т1е, стоьла т1е, музей чу)

-Х1ун билгалйо СТОЬЛА дашо? (Х1ума)

-Х1ун билгалйо ШИННА дашо? (Масалла)

-Муьлхачу дешнашца хуьлу дешт1аьхьенаш? (Х1уманаш билгалъечу, х1уманийн масалла билгалъечу)

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша бакхо. Х1ун ю дешхьалхе?

-Иза дашаца муха язйо?

-Х1ун ю дешт1аьхье?

Иза дашца муха язйо?

б)Дешхьалхенаш, дешт1аьхьенаш билгалъяхар.

Шардар № 196, аг1о 94.

-Д1аеша хьалхара предложени.Муьлхау дашехь ю дешхьалхе? (Хьалабе)

-Муьлханиг ю иза? (Хьала-)

-Муьлхачу дашехь ю дешт1аьхье? (Хи чу)

-Муьлханиг ю иза? (Чу)

-Дешхьалхенаш , дешт1аьхьенаш билгал а йохуш д1аязде.

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар№ 197, аг1о 95.

аь) Дешт1аьхьенаш юкъахь йолуш предложенеш х1иттор.

Шардар № 198, аг1о 95.

-Хьехархочо суьрташ гойтуш бойту болх.

-Стенгахь 1уьллу ж1аьла? (Дитта к1ел 1уьллу доккха , месала ж1аьла)

-Муьлханиг ю дешт1аьхье? (К1ел)

-Стен чохь луьйчу бераш? (Бераш хи чохь луьйчу)

-Муьлханиг ю дешт1аьхье? (Чохь)

-Стенна т1ехь дека олхазар? (Гаьн т1ехь дека олхаза)

--Муьлханиг ю дешт1аьхье?(Т1ехь)

6. Рефлекси.

Шима сочинении язъе , оьшу дош т1е е тухуш.

Дешт1аьхь иза ша… ду. Дешт1аьхьенаш дешнашца ….яздо.Масала: ,



Дешдешхьалхе иза …. дакъа ду. Дешдешхьалхе дешнашца ….яздо. Уьш ….хьалха лаьтта. Дешдешхьалхе керла …. кхуллу. Масала:….,….,



7. Жам1 дар.

-Д1аеша шайн сочиненеш.

-Х1ун ю дешт1аьхье?

-Дешт1аьхье дашца муха язйо?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 199, аг1о95.Бакъо 94 аг1он т1ера.

Название документа Уроки 45-47 КЪамелан дакъош.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Къамелан дакъош»

1алашо: къамелан дакъойх юкъара кхетам балар. Х1уманаш, церан билгалонаш , дар билгалден дешнаш вовшех къасто 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: бершна девзар ду къамелан дакъош. 1емар ду шайн г1уллакхе хьаьжна уьш вовшех кхасто. «Ц1ердош», «Билгалдош», «Хандош» терминаш йевзар ю, церан хаттарш девзар ду берашна. Учебникац болх бан 1емар ду берашна.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Шардар №219, 105.

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а) Тобанашкахь болх бар.

Уьн т1е д1аяздо

Г1ьйре, лам, 1уьллу, йоду, йо1, дашо, можа , месала, лепа, йоьлу, ж1аьла, ц1ен, к1айн,1ахар, йовлакх, ловзу.

1-ра тоба схьаязде х1уманаш билгалъен дешнаш.

2-тоба схьаязде х1уманийн билгалонаш гойту дешна.

3-тоба схьаязде х1уманийн дар билгалден дешна.

-Муьлха дешнаш схьаяздина 1-чу тобано? (Гуьйре, лам, йо1, ж1аьла , 1ахар)

-Муьлхачу хаттаршна жопло цу дешнаша?

-Муьлха дешнаш схьаяздина шолг1ачу тобано? (Дашо, можа, месала, ц1ен, к1айн)

Муьлхачу хаттаршна жопло цу дешнаша?

-Муьлха дешнаш схьаяздина кхоалг1ачу тобане? (1уьллу, йоду, лепа, ловзу)

-Муьлхачу хаттаршна жопло цу дешнаша?

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Д1аеша урокан ц1е.

3. Керла тема хьехар.

а) Къамелан дакъойн тидам бар.

Шардар № 223 , аг1о 105.

-Схьаязде дешнаш кхаа тобане.

Х1УМАНАШ Х1УМАНИЙН БИЛГАЛОНАШ Х1УМАНИЙ ДАР

гуьйре дашо д1аяха

1а шийла т1екхечи

ло деана

хьаннаша к1айн дуьйхина

духар хоьхку

гу ловзу

салазаш

ша

-Д1аеша хьалхара предложении. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Гуьйренах)

-Хатта р ло цу дашана? (Х1ун ?гуьйре)

-Г1УЬЙРЕ дашо х1ун билгалйо? (Х1ума)

-Муьлхачу б1ог1аме яздо вай и дош? (Хьалхарчу)

-Гуьйре муха ю ? (Дашо)

-ДАШО бохучу дашо х1ун билгалйо? (Х1уманан билгало гойту)

-Муьлхачу б1ог1аме яздо вай и дош? (Шолг1ачу)

-Х1ун дина ГУЬЙРЕНО ? (Д1аяхана)

-Д1АЯХАНА дашо х1ун билгалйо? (Х1уманийн дар)

-Муьлхачу б1ог1аме яздо вай и дош? (Кхоалг1ачу)

-Муьлха дешнаш язданза диси вайн? (Т1ехь, т1ера , уьш)

(Иштта толлуш кочушдо шардар)

-Уьш х1ун ю? (Т1ехь, т1ера дешт1аьхьенаш ю)

-УЬш иза Ц1ЕРМЕТДОШ ду. Иза вайна кхечу классашкахь девзар ду.

-Д1адеша шардарна лаха яздина кхетам.

-Стенах лаьтта вайн къамел? (Дешнех)

-Муха декъало уьш? (Яккхийчу тобанашка)

-Муьлханаш ю уьш? (Ц1ердашнаш, билгалдешнаш, хандешнаш, дешт1аьхьенаш)

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша бакъо.Стенах олу ц1ердош?

-Стенах олу билгалдош?

-Стенах олу хандош?

б) Дешнаш шайн-шайн тобане нисдар.

-Д1аязде дешнаш тобанашка а доькъуш.

Ц1ердешнаш мила ? муьлш? х1ун?-

Билгалдешнаш муха?

Хандешнаш? х1ун до? х1ун дина? х1ун дийр ду?

Дешт1аьхьенаш

-Д1адеша хьалхара дош. (1ахар)

-Цо муьлхачу хаттарна жоп ло? (Х1ун7 1ахар)

-Иза муьлха къамелан дакъа ду? (Ц1ердош)

-Муьлхачу тобане яздийр дув ай и иза? (Ц1ердешнийн)

-Д1адеша шолг1аниг? (К1ант)

-Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?Х1ун билгалйо? (Мила? цо х1ума билдгалйо))

-Муьлхачу тобане яздийр дув ай иза? (Хьалхарчу)

-Д1адеша лахара хьехам

-Муха хуур ду дош м уьлхачу къамелан дакъа ду?

(Иштта толлуш д1аяздо дешнаш)

4. Сада1аран миноташ

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 225, аг1о 106-107.

аь) Предложенеш лаьцна болу хаамаш карлабахар.

Шардар № 227, аг1о 107

-Д1аеша текст. Стенан тидам хили шун? (Предложенеш къастийна яц)

-Муха хуьлу 1ай хьуьнхахь? (Тийна хуьлу 1ай хьуьнхахь)

-И за х1ун ю ? (Предложени)

-Муьлха предложении ю иза? (Дийцаран )

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенгахь? (Т1адам)

-Муха лаьтта дитташ? (Керла к1айн духар дуьйхича сана лаьтта дитташ)

-Муха хуьлу къеначу дечиган юьхк? (Къеначу дечиган юьхк а хуьлу боккха месала куй тиллича сана)

-Муха хуьлу ирзош? (Ирзошкахь к1айн шаршу яржийча сана хуьлу)

6. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша?

7 Жам1 дар.

-Стенах лаьтта вайн къамел?

-Стенах олу ц1ердош?

-Стенах олу билгалдош?

-Стенах олу хандош?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 226, аг1о 107. Бакъо 106 аг1он т1ера.

Нохчийн мотт

Тема: «Къамелан дакъош»

1алашо: къамелан дакъойх юкъара кхетам балар. Х1уманаш, церан билгалонаш , дар билгалден дешнаш вовшех къасто 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: бершна девзар ду къамелан дакъош. 1емар ду шайн г1уллакхе хьаьжна уьш вовшех кхасто. «Ц1ердош», «Билгалдош», «Хандош» терминаш йевзар ю, церан хаттарш девзар ду берашна. Берашна хуур ду х1ора къамелан дакъа муьлха меже хуьлу.Учебникац болх бан 1емар ду берашна.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Шардар № 226, аг1о 107. Бакъо 106 аг1он т1ера.

-Д1адеша шардар. Муьлха къамелан дакъойш ду аша билгалдаьхнарш? (Чуьра-дешт1аьхье, сийна- билгалдош, хьоза ц1ердош, олхазар- ц1ердош, сакъералора- хандош, хаза- билгалдош, б1аьсте- ц1ердош)

-Схьайийца бокъо)

1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а) Тобанашкахь болх бар.

1-ра тоба д1аязде 5 ц1ердош.

2-г1а тоба д1аязде 5 билгалдош.

3-г1а тоба д1аязде 5 хандош.

-Муьлха дешнаш язди аша х1орамма? Цара х1у билгалйо? Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло цара?

Муьлха кхамелан дакъош ду аша х1ораммо яздинарш? Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

3. Керла тема хьехар.

а) Къамелан дакъойн тидам бар.

Шардар № 228, аг1о 108.

-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлха къамелан дакъош ду цу предложенара дешнаш? (Х1ун?горгали –цо х1ума билгалйо , х1ун? хаттарна жоп ло- иза ц1ердош ду)

-Д1адеша шолг1а дош. (Бийкира)

-Муьлха къамелан дакъа ду иза? (Х1ун дира ? бийкира цо дар билгалдо, х1ун дира ? хаттарна жоп ло-иза хандош ду)

-Меженашца толлур вай предложени. Стенах лаьцна дуьйц цу т1ехь? (Горгалих)

-Г1оргалино х1ун дира? (Бийкира)

-И муьлха меже ю? (Сказуеми)

-Хаттар ло цунна т1ера д1а. (Бийкира х1ун? горгали- иза подежащи ду)

-Ц1ердешнаш предложенин муьлха меженаш хуьлу? (Подлежащи)

-Хандешнаш? (Сказуеми)

(Иштта толлу предложенеш)

4. Сада1аран миноташ.

Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:

Т1араштухуш, т1араштухуш

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Хаьн т1е куьйгашх1иттаде.

Цхьаъ - схьаверза,

Шиъ - д1аверза.

Кхоъ -охьата1а,

Диъ - хьалата1а.

Т1араштухуш, т1араштухуш,

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Юха хаьн т1е куьйгашх1иттош,

Когаш тохий, кхоссало.

5. Керла тема хьехар.

а)Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 229, аг1о 108.

аь)Къамелан дакъойн тидам бар.

Шардар № 230 , аг1о 109.

-Д1адеша хьалхарчу мог1анера дешнаш. Муьлхан къамелан дакъош ду уьш? (Ц1ердешнаш ду)

-Муха хиира шуна? (Цара х1уманаш билгалйо, х1ун? бохучу хаттарна жоп ло)

-Шолг1ачу мог1анера? (Билгалдешнаш)

-Муха хиира шуна? (Цара х1уманийн билгалонаш гойту , муха? бохучу хаттарна жоп ло)

-Кхоалг1ачу? (Хандешнаш)

-Муха хиира шуна? (Цара дар билгалдо, х1ун до ? хаттарна жоп ло)

-Боьалг1ачу? (дешт1аьхьенаш)

Шардар№ 232 , аг1о 110.

-1ежан чам . билгалонаш йийца. (Жима , мерза, горга, ц1е 1аж)

-Муьлха билгалонаш у цуьнан? Муьлхачу хаттарна жоп ло цу дешнаша? (Муха?)

-Тулг1ени сиз хьакха царна.

-Х1ун билгалонаш ю аьхкенан денойн? (Довхв , деха де)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло билгалонаш гойтучу дешнаша? (Муха)

(Иштта толлуш д1аяздо шардар)

6. Рефлекси.

-Муха хета шуна таханлера урок?

7. Жам1 дар.

-Предложенин муьлха меже хуьлу ц1ердош? (Подлежащи)

-Хандош? (Сказуеми)

-Билгалдош? (Коьртаза меже)

Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 231, аг1онаш 109-110.







Нохчийн мотт

Тема: «Къамелан дакъош»

1алашо: къамелан дакъойх юкъара кхетам балар. Х1уманаш, церан билгалонаш , дар билгалден дешнаш вовшех къасто 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: бершна девзар ду къамелан дакъош. 1емар ду шайн г1уллакхе хьаьжна уьш вовшех кхасто. «Ц1ердош», «Билгалдош», «Хандош» терминаш йевзар ю, церан хаттарш девзар ду берашна. Берашна хуур ду х1ора къамелан дакъа муьлха меже хуьлу.Учебникац болх бан 1емар ду берашна.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Шардар № 231, аг1онаш 109-110.

-Муьлха дешт1аьхьенаш карий шуна?

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо

Чу, к1ел, т1е, т1ехь, т1ехьа, хьалха, чохь, хьач.

-Караде совнаха дош. Муьлханиг ду иза? (Хьач)

-Хьач дош совнаха х1унда ду? (Важа дешнаш дешт1аьхьенаш ю , хьач- ц1ердош ду)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

2. Керла тема хьехар.

а) Дешт1аьхьенийн тидам бар.

Уьн т1е д1аяздо.

Ахьмад хи …. луьйчу. Дитт1ан гаьн ….хьоза ду. Стоьла….цициг ду.

-Д1аеша предложенеш. Стенан тидам би аша? (Предложенин маь1на нийса дац)

-Муха хила еза хьалхара предложени? (Ахьмад хи чохь луьйчу)

-Мтено г1о ди шуна маь1на нисдан предложенера? (ЧУ дашо)

-Вукху предложенешка муьлха дешнаш дохкур дара аша? (Хи ЧУ, гаьн Т1ЕХЬ, стоьла К1ЕЛАХЬ)

-Уьш х1ун ю? (Дешт1аьхьенаш)

-Стенна оьшу дешт1аьхьенаш? Берийн жоьпаш.

аь)Бакъо таллар.

-Стенна оьшу дешт1аьхье?

б)Йозанан болх бар.

Шардар № 234, аг1о 111.

-Д1адеша хьалхарчу предложенера дешнаш.Х1ун ю иза? (1аж)

-Х1ун ю шолг1аниг? (Малх)

(Иштта толлу важа дешнаш)

Шардар № 235 , аг1о 111.

-Билгалдешнаш доцуш д1аеша стихотворени. Стенна оьшу билгалдешнаш?(Билгалдешнаш ца хила вайн дахар бос, чам, барам боцуш хир дара)

-Муьлха къамелан дакъош ду цу текста юкъахь? (Лайн- билгалдош, баба-ц1ердош, е-хандош, бераш- ц1ердош, схьагулло- хандош, тиша-билгалдош, кхаба –ц1ердош, белш- ц1ердош, яккха- хандош,чохь-дешт1аьхьк, т1е-дешт1аьхье,ло- ц1ердош)

4. Сада1аран миноташ.

Зезаг долу-уш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохопатарш лестадо,

Г1ийла зезагтехкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емашлестош, лакхабели.

(Байташт1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голашт1е хевшина 1а,кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, меттахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)



5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 237, аг1о 112.

аь)Т1адамийн меттанан элпаш дахкар

Шардар №239,№ 238 аг1о 112.

-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлха элп дуьллур дара аша т1адамийн меттана? (Йоккха –КХ )

-Муьлха хаттар яздийр дара вай т1адамийн меттана? (Школа МУХА? йоккха)

-Иштта толлу д1аяздо шардар.

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Стенна оьшу дешт1аьхье?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 240, аг1о 113.



Название документа Уроки 26 Предложенин коьртамеженаш.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : « Предложенин коьрта меженаш»

1алашо: предложенин коьрта меженаш йовзийтар. Коьрта меженийн маь1на , хаттарш довзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш :берашна евзар ю предложенин коьрта меженаш йовзийтар, 1емар ду уьш предложенахь йовза , царна хаттарш дала, билгалъяха. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшу материал лаха цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 115, аг1о 59.

-Д1аеша предложенеш. Муьлха предложенеш ю аша язйинарш?

Ч1ЕГ1АРДИГАШ дош муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина? (Доца шеконан мукъа аьзнаш И,А,У хезаш хилча Г-ний, К-ний хьалха элп И яздо)

ОЛХАЗАРШНА дош муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина? (Доца шеконан мукъа аьзнаш И,А,У хезаш хилча хьалха элп а яздо)

ТАЙНИГ дош муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина? (АЗ И деха хезаш хилча , цунна т1ехьа элп Й яздо)

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

-Предложенина т1етоха оьшу дош дар билгалдеш долу.

Хьехархочо (Х1ун до? ) ….. дешархошна.

Яздархочо книгаш (Х1ун до? )….

-Стенах лаьцна дуь1цур дув ай тахана? Д1аеша урокан ц1е.

-Вайна евзвр ю предложенин коьрта меженаш, 1емар ду царна хаттарш дала , предложенехь уьш йовза билгалъяха.

3. Керла тема хьехар.

Суьртех лаьцна предложенеш х1иттош коьрта меженийн тидам бар.

-Х1ара мила ю ? (Аминат)

-Х1ун до Амината? (Аминат книга йоьшу)

-Х1ара х1ун ю ? (Борз)

-Барзо х1ун до? (Борз ч1ога уг1у)

-Д1аязъе предложенеш.

-Хьанах лаьцна дуьйцу хьалхарчу предложенехь? (Аминатах)

-Хаттар ло цунна? (Йоьшу хьан? Амината)

-Муьлхачу хаттарна жоп ло АМИНАТА дашо? (Хьан?)

-Иза предложенин коьрта меже ю . Цунах подлежащи олу.

-Амината деш дерг муьлхачу дашо билгалдо? (Йоьшу)

-Цо муьлхачу хаттарна жоп ло? (Амината х1ун до? йоьшу)

-Иза коьрта меже ю. Цунах сказуеми олу.

-Д1аеша шолг1а предложении. Кара е коьрта меженаш. сиз хьакха, сказуемина буха ши сиз хьакха.

-Билгалъяха коьрта меженаш. Подлежащина буха цхьа

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша бакъо.

-Муьлханаш ю предложенин коьрта меженаш?

-Х1ун гойту подлежащино? Цо муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?