Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Свидетельство о публикации

Автоматическая выдача свидетельства о публикации в официальном СМИ сразу после добавления материала на сайт - Бесплатно

Добавить свой материал

За каждый опубликованный материал Вы получите бесплатное свидетельство о публикации от проекта «Инфоурок»

(Свидетельство о регистрации СМИ: Эл №ФС77-60625 от 20.01.2015)

Инфоурок / Начальные классы / Конспекты / Поурочные разработки по чеченской литературе 3 класс
ВНИМАНИЮ ВСЕХ УЧИТЕЛЕЙ: согласно Федеральному закону № 313-ФЗ все педагоги должны пройти обучение навыкам оказания первой помощи.

Дистанционный курс "Оказание первой помощи детям и взрослым" от проекта "Инфоурок" даёт Вам возможность привести свои знания в соответствие с требованиями закона и получить удостоверение о повышении квалификации установленного образца (180 часов). Начало обучения новой группы: 28 июня.

Подать заявку на курс
  • Начальные классы

Поурочные разработки по чеченской литературе 3 класс

Выберите документ из архива для просмотра:

14.88 КБ ~WRL2666.tmp
26.13 КБ УРОК 44-45 КХОЛЛАРАЛЛИН ЛЕХАМЕХЬ б. ЧАЛАЕВ..docx
21.17 КБ Урок 41 соьга юха а хабар дийцало Р. Нашхоев.docx
24.94 КБ Урок 48 . Лайн чимаш М. Сулаев .docx
18.56 КБ Урок 49.Хьуьнхахь 1а .Хь. Хасаев..docx
17.88 КБ Урок 50. Ло деана Ж. Махмаев .docx
19.52 КБ Урок 55. 1а 1. Мамакаев .docx
23.77 КБ Урок 60-61. Дуьххьарлера хьуьнар .Хь. Саракаев..docx
17.02 КБ Урок 62. 1аьнан суьйре . Арсанукаев .docx
16.69 КБ Урок 63. Дорцехь . Макалов.docx
19.98 КБ Урок 67. Ханпаша . Рашидов .docx
18.17 КБ Урок 75. Б1аьсте т1ейог1уш 1. Гайсултанов..docx
27.78 КБ Урок 78-79 .Мамина совг1ат. Хь. Саракаев..docx
18.62 КБ Урок 93 Бекхам .docx
19.35 КБ Урок 94. Тешам боцу лулахой.docx
20.57 КБ Урок 1 Даймехкан косташ А.Сулейманов .docx
17.32 КБ Урок 10. Гуьйре т1екхочуш. Хь Хасаев..docx
16.77 КБ Урок 11 .Г1арг1улеш Д. Кагерманов. .docx
44.48 КБ Урок 12 Стоьмийн бешахь .docx
24.32 КБ Урок 14. Гуьйренан суьрташ Э.Мамакаев..docx
309.98 КБ Урок 15. Классал арахьара ешар Аьхке , гуьйре декъана.docx
25.38 КБ Урок 16. Сан даймохк..docx
19.92 КБ Урок 17. Эвлахь Р. Ахматова..docx
22.32 КБ Урок 18. Бен . хХь. Хасаев..docx
29.94 КБ Урок 19-20. Асвадан адамалла Хь Саракаев.docx
19.8 КБ Урок 2 Ненан мотт .Арсанукаев .docx
26.5 КБ Урок 21-22. Экскурси 1. Гайсултанов.docx
24.16 КБ Урок 23. Бохам. Хь. Хасаев..docx
40.56 КБ Урок 24 Классал арахьара ешар 1алам лардар -иза Даймохк ларбар ду декъана..docx
30.71 КБ Урок 25-26 . Тхойшинна эсий дажо лаьа Х. Саракаев..docx
22.24 КБ Урок 27. Коран ангали . Ж. Махмаев..docx
24.18 КБ Урок 28. Яраг1и 1. Гайсултанов..docx
21.39 КБ Урок 29. Говзанчаш Хь . Саракаев..docx
20.33 КБ Урок 3. Аьхкенан 1уьйре . Арсанукаев.docx
32.54 КБ Урок 30-31 . Стенна вара Мурад г1айг1ане 1. Чантиев..docx
18.51 КБ Урок 32 Мустапан каранаш З. Муталибов..docx
17.92 КБ Урок 33 Хьаьжк1аш ер . 1абаз Эдильсултанов .docx
16.66 КБ Урок 34. Мазлаг1ехь . Д Кагерманов..docx
25.69 КБ Урок 35-37 Уггар мехалниг 1. Гайсултанов .docx
36.78 КБ Урок 38 Вайн республика .docx
36.61 КБ Урок 39 Сан Кавказ Д. Кагерманов..docx
18.5 КБ Урок 4. Дог1а деанчул т1аьхьа М. Сулаев .docx
19.44 КБ Урок 40 Даймахке безам . Рашидов. .docx
17.85 КБ Урок 42. Сан йиша . Арсанукаев .docx
18.79 КБ Урок 43 Сох а хир ву г1ишлоярхо Т. Закаев .docx
20.11 КБ Урок 46 Асарахь. М. Ахмадов .docx
40.11 КБ Урок 47 Классал арахьара ешарДаймохк вай къинхьегамца хестабо..docx
19.05 КБ Урок 5 .Аьхке Д. Кагерманов .docx
29.72 КБ Урок 51-54 1аьнан хьаша Д. Кагерманов .docx
26.91 КБ Урок 56-58 Церков 1. Гайсултанов .docx
17.43 КБ Урок 59 .1ай. . Рашидов .docx
30.52 КБ Урок 6 Оха болх а бо деша а доьшу З. Муталибов..docx
31.48 КБ Урок 64-66 1аьнан а, аьхкенан а хилла къовсам 1. Чантиев .docx
210.63 КБ Урок 7.Мангалкомарш .Ж. Махмаев.docx
16.63 КБ Урок 72. Толам Х. Эдилов .docx
19.74 КБ Урок 73. Б1аьстенан юьхь 1. Мамакаев .docx
17.38 КБ Урок 74 Стовно-ворхазза...Хь.Хасаев..docx
18.66 КБ Урок 76. Б1аьсте М. Сулаев..docx
18.93 КБ Урок 77. Барх1алг1а март Б. Саидов .docx
17.3 КБ Урок 79. Хьуьнан акхарой б1аьста Хь. Хасаев..docx
17.96 КБ Урок 8 .Комаьрша хьун Хь Хасаев..docx
17.42 КБ Урок 80 Б1аьсте йог1у Хь. Сатуев. .docx
26.13 КБ Урок 81-82. 1алам хаздан деза. 1. Гайсултанов.docx
34.98 КБ Урок 85-87 Зевне хьеший Хь.Хасаев .docx
17.38 КБ Урок 88. Арахь Д. Кагерманов .docx
17.42 КБ Урок 89. Б1аьстенан дог1а Хь Сатуев .docx
19.59 КБ Урок 9. Гуьйре Х. Эдилов. .docx
19.35 КБ Урок 90. Б1аьсте схьакхаьчна А. Айдамиров .docx
19.72 КБ Урок 91 Ден весет.docx
19.71 КБ Урок 92. Бабин Ч1ирдиг .docx
19.78 КБ Уроки 68-71 Иччахо Абухьаьжа Идрисов .Х. Ошаев .docx

Выбранный для просмотра документ УРОК 44-45 КХОЛЛАРАЛЛИН ЛЕХАМЕХЬ б. ЧАЛАЕВ..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Кхоллараллин лехамехь» Б. Чалаев. 1-ра дакъа.(Аг1о 77-78)

1алашо: Б. Чалаевн «Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Дешархошна керл корматталла йовзийтар. Иза караерзо лаам кхоллар.Нохчийн шайн кхиамехь г1арабевлла нах бовзуьйтар, царех дозалла дан 1амор.Царех тарбала лаам кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду меллашачу озана т1 ера ч1ог1ачу озана т1е а воьрзуш дийцаран тексташ еша 1амор. Дийцаран чулацамах кхета а 1емар ду бераш. Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна евзар ю керла корматалла иза йовза а , караерзо лаам кхоллалур бу.

Урок д1аяхьар

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна шуна ц1ахь 1амо? ( «Со а хир ву г1ишлоярхо» ц1е йолу дийцар)

-Д1адеша дийцар.

-Схьагайта шаьш дехкина суьрташ. Х1ун хаьа шуна цу г1ишлойх лаьцна?

2. Мотт шарбар.

Бекъа-ц1ок

Ц1ок-ц1ок, ц1ок-ц1ок!

Бекъа ю со, къорза ц1ок.

Когийн бергаш ас туху,

Лаахь, хьо а хохкур ву.

Хьажал, со мел хаза ю:

Мел тамехь ду ц1ога, кхес,

Ц1ок-ц1ок, ц1ок-ц1ок

Йодур ю со хилла ткъес!



-Д1аеша меллаша массара цхьана меллашачу олзаца

-Д1аеша ч1ог1ачу озаца массара цхьана ч1ог1ачу озаца.

-Муха ю бекъа ? Хьуна езий ишттаниг?

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени евзар ю шуна тахана? («Кхоллараллин лехамехь»)

-Мила ву цуьнан автор? (Б. Ча аев)

-Х1ун болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш бахалур бу шуга тахана?

-Вайна тахана евзар ю Б. Чалаевн «Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцар. Вайна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а нийса а дийцаран тексташ еша. Шуна евзар ю керла корматалла.

4. Керла тема хьехар.

а) Кагделле дош х1оттар.

-Хьовсал х1ара кагделла дош ду. И хоьттича шуна хуур ду: вайна муьлха корматалла евзар ю.

тер, ак

-Муьлха дош ду аша хоьттинарг? (Актер)

-Мила ву актер?

-Муьлха актераш бевса шуна?

аь)Хьехархочо д1адоьшу Б. Чалаевн « Кхоллара ллин лехамехь» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

б)Чулацамах къамел дар.

-Мила ву Дудаев Муса? (Актер ву)

-Иза юккъахь волуш муьлха кино гина шуна?)

5. Сада1аран миноташ.

Чхьаьвриг

Бос сийначу бацалахь,

Можачу цу зезаг т1ехь,

Къорза коч а юьйхина,

Хаза чхьаьвриг, жима чхьаьвриг

Т1емаяьлла лелара.

- Жу-жу-жу, жу-жу-жу

Зезаг аш т1ехь со ловзу.

Махца тайна ю со лесташ,

Цуьнца цхьаьна д1асалесташ. (Бераш д1асатехка).

Суна карий зезаг т1ехь

Йоккха 1аьржа чхьаьвриг.

Карахь латто ца лаьа,

Кисна юьллу ас иза. (Бераша гойту)

Ой, охьаюьйжи, лаьтта юьйжи, (Охьатаь1а)

Ченех юзуш сан чхьаьвриг.

Т1емаяьлла д1аяха, д1аяха,

Т1емаш лестош, генна д1а. (Куьйгаш лестадо)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Бераша меллаша д1адоьшу меллаша массара цхьана Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцаран 1-ра .



аь)Бераша ч1ог1а д1адоьшу меллаша массара цхьана Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцаран 1-ра дакъа .

б) Къастош ешар.

-Мила ву Дудаев Муса? Д1аеша цунах лаьцна.

-Мусана хаарий артисташ кечбеш йолу институташ юй? Д1аеша цунах лаций.

-Муха тасавелира Муса деша ? Д1адеша цунах лаций.

-Х1ун боху автора Мусан дешаран шерах? Д1адеша цунах лаций.

-Маца чакхйоккху Дудаевс институт? Д1адеша цунах лаьцна.

-Хьан до г1о Мусана? Д1адеша цунах лаций.

-Хьанна лаьа шуна актер хила?

7. Рефлекси.

-Муха кхиамаш бехи аша тахана? Хьайн белхан мах хадош сурт дилла маьлхан?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар девзира шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Хьанах лаьцна ду иза?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» 1-ра дакъа д1адеша.



















Нохчийн литература

Тема: «Кхоллараллин лехамехь» Б. Чалаев. 1-ра дакъа.(Аг1о 77-78)

1алашо: Б. Чалаевн «Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Дешархошна керл корматталла йовзийтар. Иза караерзо лаам кхоллар.Нохчийн шайн кхиамехь г1арабевлла нах бовзуьйтар, царех дозалла дан 1амор.Царех тарбала лаам кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду меллашачу озана т1 ера ч1ог1ачу озана т1е а воьрзуш дийцаран тексташ еша 1амор. Дийцаран чулацамах кхета а 1емар ду бераш. Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна евзар ю керла корматалла иза йовза а , караерзо лаам кхоллалур бу.

Урок д1аяхьар

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна шуна ц1ахь 1амо? ( «Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» 1-ра дакъа дийцаран)

-Д1адеша дийцаран 1-ра дакъа .

2. Мотт шарбар.

Со ду экха,

Хьо ду экха.

Со - дахка,

Ткъа хьо - хьакха.

Хьо – х1илланча,

Со-хьекъалча.

Хьекъал дерг -

Д1аволуш верг.

-Д1аеша меллаша массара цхьана меллашачу олзаца

-Д1аеша ч1ог1ачу озаца массара цхьана ч1ог1ачу озаца.

-Маца оьшу иштта байт? (Лечкъаргех ловзуш)

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени евзар ю шуна тахана? («Кхоллараллин лехамехь»)

-Мила ву цуьнан автор? (Б. Ча аев)

-Х1ун болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш бахалур бу шуга тахана?

-Вайна тахана евзар ю Б. Чалаевн «Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцар. Вайна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а нийса а дийцаран тексташ еша. Шуна евзар ю керла корматалла.

4. Керла тема хьехар.

а)Хьехархочо д1адоьшу Б. Чалаевн « Кхоллара ллин лехамехь» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

аь)Чулацамах къамел дар.

-Х1ун болх бо Дудаевс дешна ваьлча? (Актер хуьлий , ролаш ловзайо)

-Кхин х1ун корматалла евза вайна Дудаевн? (Иза гочдархову, киноматограф )

-Хьенан произведенеш гочйина цо ? (А .Пушкинан)

-Мила ву цунна кинош йохуш г1о деш? (Д. Омаев)

-Мила ву Д. Омаев?

-Мила ву М. Дудаевн да? (Яздархо )

5. Сада1аран миноташ

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Бераша меллаша д1адоьшу меллаша массара цхьана Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа .



аь)Бераша ч1ог1а д1адоьшу меллаша массара цхьана Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцаран 2- г1а дакъа .

б) Къастош ешар.

-Х1ун боху Дудаевн гочдаран балхах лаьцна? Д1адеша цунах лаьцна.

-Х1ун боху Дудаевс киномотографехь баьхначу кхиамехь лаьцна? Д1аеша цунах лаьцна.

-Муха ловзойо Дудаевс роль? Д1адеша цунах лаьцна.

-Х1ун боху яздархочун дех лаьцна? Д1аеша к1айдарг.

7. Рефлекси.

-Муха кхиамаш бехи аша тахана? Хьайн белхан мах хадош сурт дилла маьлхан?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар девзира шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Хьанах лаьцна ду иза?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» 2-г1а дакъа д1адеша.





-







Выбранный для просмотра документ Урок 41 соьга юха а хабар дийцало Р. Нашхоев.docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Соьга юха а хабар дийцало» Р. Нашхоев

1алашо: учебникан керла дакъа довзийтар, керлачу декъатехь хила тарло кхиамаш ган а , билгалбаха а 1амор. Р. Нашхоевн дийцар «Соьга юха а хабар дийцало…» довзийтар. Нийса а , кхеташа а, шера а дийцаран тексташ ешар. Ойлаяр , тидам бар, къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду меллаша а , ч1ога а дицаран тексташ еша. Берашна хуур ду дийцаран тексташкахь долу цхьацца аларш талла, хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна вевзар ву дуьнненна везаш , вевзаш волу хелхарча М. Эсамбаев. Берийн искусстве безам кхоллалур бу , хелхарча хила лаам хир бу.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Стихотворени «Даймахке безам» Ш. Рашидов)

-Д1аеша кхетош стихотворении.

2. Мотт шарбар.

Апельсин тхо йоькъуш ду:

И цхьаъ ю - тхо ду кха ду.

Xlapa дакъа - котамна,

XIapa дакъа - москална,

Xlapa дакъа - бедана,

XIapa дакъа - борг1ална,

Xlapa дакъа - пхьагална,

XIapa дакъа - Борзикна,

Чкъор вай лур ду... барзана.

Иза оьг1азъяхана,

Д1асадовдалаш сиха.

-Д1аеша массара цхьана мелашачу озаца.

-Д1аеша массара цхьхьегамаана ч1ог1ачу озаца.

-Д1аеша кхетош.

-Маца оьшу иштта стихотворении? (Лечкъаргех ловзуш).

3.Учебникан керла дакъа а , кхиамаш билгалбахар.

-Учебникан муьлха дакъа долр ду вай тахана? (Даймохк вай къинхьегамца хестабо)

-Стенах лаьцна хир ю вай 1амор йолу произведенеш? (Даймахках, къинхьегамах)

-Муьлха произведенеш евзар ю вайна кху декъа т1ехь? ( «Соьга юха а хабар дийцало» Р. Нашхоев, «Сан йиша» Ш. Арсанукаев, «Сох а хир ву г1ишлоярхо» Т. Закаев, «Кхоллараллин лехамехь» Б. Чалаев, «Асарахь» М. Ахмадов.

-Х1ун кхиамаш хир бу аьлла хетта шуна вайн и дакъа 1амош.

  • Вайна евзар ю Даймахках а , къимехьехьнхьегамах а лаьцна произведенеш.

  • Вайнна бевзар бу нохчийн искусствехь , къинхьегамехь а г1арабевлла нах.

  • Вайна 1емар ду Даймахкан кхиамаш ган , царах дозалла дан.

  • Вайна 1емар ду нийса а , кхеташа а , шера а произведенеш талла.

  • Вайна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала.

  • Вайн таро хир ю 1илманех шена томехь дерг каро .



3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина ?(«Соьга юха а хабар дийцало»)

-Мила ву цуьнан автор ?( Р. Нашхоев)

-Муха болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1аморехь ?Х1оттае план.

Суна девзар ду керда дийцар…

Суна вевзар ву яздархо…

Суна 1емар ду шера, нийса …

Суна 1емар ду хьехархочун хаттршна жоьпаш дала..

-Нийса боху. Вайна нахана девзар ду Р. Нашхоевн керла дийцар «Соьга юха а хабар дийцало». Вайна 1емар ду нийса а, шера а еша. Шуна вевзар ву нохчийн гараваьлла хелхарча М. Эсамбаев.

4. Керла тема хьехар.

а)Хьехархочо М. Эсамбаевн сурт а гойтуш цунах лаьцна дуьйцу.

аь) Хьехархочо д1адоьшу Р. Нашхоевс яздина «Соьга юха а хабар дийцало» ц1е йолу дийцар.

5. Сада1аран миноташ.

Бакъи озавели - цхьаъ,

Охьатаь1и - ду и шиъ,

Хьалатаь1и - ду и кхоъ,

Д1анисвели - ду и диъ.

Куьйгаш д1асадахийти - пхиъ,

Вовшахтуьйхи - ялх.

Буьхьигаш т1е и х1оьтти - ворх1,

Дег1 нисдеш д1ах1оьтти - барх1.

(Т1аьхьара а олуш, бераша Бакъис дийриг до.)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша массара цхьана меллашачу озаца цхьанаэшарехь д1адоьшу Р. Нашхоевн «Соьга юха а хабар дийцало» ц1е йолу дийцар.



аь) Бераша массара цхьана ч1ог1ачу озаца цхьанаэшарехь д1адоьшу Р. Нашхоевн «Соьга юха а хабар дийцало» ц1е йолу дийцар.

б) Чулацамах къамел дар.Къастош ешар.

-Мила ву М. Эсамбаев? (Хелхарча ву г1араваьлла)

-Муха кехат деара Махьмудан стоьла т1е? Муха жоп делира цо?Д1аеша к1айдаргнатолий тоьлашха хелхарча)

-Цуьнан мотт х1унда сейна. Д1адеша цунах лаций.

-Муха т1еоьцура Махьмудан хелхарш? Д1адеша цунах лаций.

-Х1ун хаьа шуна «Макумба» хелхарх ? Д1адеша цунах лаций.

-Х1ун кхаъ хилира Махьмуда и хелхар дича? (Анатолина юха а хабар дийцаделира)

-Муха хитира иза Махьмудана?

-Мила ву Махьмуд?

-Шуна лаьий хелхарча хила?

7.Рефлекси.

-Х1ун дара шун планаца дан билгалдаьккхина?Х1ун дика нисдели шун?Х1ун диси ницкъ ца кхаьчна?

8. Жам1 дар.

-Мьлха дийцар девзира шуна тахана?Мила ву цуьнан автор?

-Хьанах лаьцна дара иза?

Муха стаг хилла Эсамбаев?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Р. Нашхоевн «Соьга юха а хабар дийцало» ц1е йолу дийцар.



Выбранный для просмотра документ Урок 48 . Лайн чимаш М. Сулаев .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Лайн чимаш» М. Сулаев.(Аг1о 84-85)

1алашо: Учебникан керла дакъа довзийтар , цу декъа т1ехь евзар йолу произведенеш билгалъяхар. М. Сулаевн «Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении йовзийтар. Нийса а, кхеташ а, шера а еша 1амор. Ойлаяр , тидам бар , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворни тексташ еша. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хуур ду керлачу декъехь йолу произведенеш билгалъяха. Берашна хуур ду керлачу декъехь хир болу кхиамаш ган , церан план х1отто.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Кунта –Хьаьжин хьехам дагахь 1амо)

Бераша схьабуьйцу хьехам.

2. Учебникан керла дакъа довзийтар.

-Ама д1адоьшу х1етал-метал. Шуна хаа деза и х1ун ю.

Гуьйре яхча едда д1а,

Деъна кхечи шийла ...

-Ладог1ал стихотворенига. Ойлае :маца хуьлу ишттаниг?

- Диканиг, хьажал корах ара,

-Мамае к1анте элира.

Ваха, вахна арахьаьжча,

Доггах велакъежира.


Массо дитташ т1ехь 1охкура

Бамбин семса к1айн куйнаш.

Ц1енойн тхевнаш т1ехь а гора

Бамбин ховха юрг1анаш.


К1айн, байн, семса бамба бара

Корал арахь генна гуш.

И к1айн бамба д1асатуьйсуш,

Дада вара некъ боккхуш.


Тайп-тайпана к1айн зезагаш

Кораш т1е хьан летийна?

К1айн полларчий, к1айн седарчий

Лаьтта т1е хьан эгийна?


...Дека арахь берийн аьзнаш,

Кхуьйсу вовшийн межаргаш.

Доьлу, ловзу, лаьттахь керча,

Хоьхку басах салазаш.


Ваха арахьаьди маса,

Каранаш шен ийци схьа.

- Собар, собар! - боху мамас,

Йоьлуш, к1анте хьоьжуш д1а.


- Куьйгаш довха хилча тоьа

Моьтту хьуна, хьомениг?

Юха пальто, шарф ма йицъе,

Куй а тилла бовханиг...


Хаьий хьуна, маца долу

Берийн иштта самукъа,

Ч1ог1а совг1ат иза хеташ

Ловзу сарралц, йицлой хан? (1ай)

(Хь. Саракаев)

-Маца хуьлу стихотворении т1ехь дуьйцург? (!ай)

--Учебникан уьлха дакъа доладо вай тахана ? (1а)

-Стенах лаьцна хир ю вай цу декъа т1ехь 1амор йолу произведенеш? (1аьнах)

-Муьлха произведенеш евзар ю вайна и дакъа 1амош?

«Лайн чимаш» М. Сулаев, «Хьуьнхахь 1а» Хь. Хасаев, «Ло деана» Ж. Махмаев, «1аьнан хьаша» Д. Кагерманов, « 1а» 1. Мамакаев, «Цергков» 1. Гайсултанов, «1ай» Ш. Рашидов, «Дуьххьарлера хьуьнар» Хь . Саракаев, «1аьнан суьйре» Ш. Арсанукаев, «Дорцехь» Ш. Макалов, «1аьнан

а, аьхкенан а хилла къовсам» 1. Чантиев.

-Муьлха кхиамаш хир бу вайн и дакъа 1амош?

  • Вайна евзар ю 1аьнах лаьцна произведенеш.

  • Вайна бевзар бу керла яздархой.

  • Вайна бевзар бу 1аламехь 1ай хуьлу кхиамш.

  • Суна 1емар ю , нийса а, шера а , кхетош, а тайп- тайпана тексташ еша.

  • Суна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала.

  • Суна 1емар ду чулацамах лаьцна сайн хатта рш дала.

  • Аса дозалл дийр ду даймехкан 1аламах, нохчийн яздархойх.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени евзар ду вайна тахана?(«Лайн чимаш»)

-Мила ву цуьнан автор? (М. Сулаев)

-Муха болх д1ахьур бу вай и стихотворении 1амош? Х1оттае план.

-Вайна тахана евзар ю М. Сулаевн «Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении, вайна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша.

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1а кхетош д1айоьшу М. Сулаевн «Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь йуьйцург? (1а)

-Муха охьадог1у лайн чимаш ? (Меллаша )

-Аша тида м биний церан ? Муха хуьлу уьш ? Стенах тера хуьлу уьш? (Седарчех тера хуьлу)

-«Стиглаца уьйр хаьдда» бохучух муха кхета шу?

«Кху лаьттах шайна г1ортор ян дагахь уьш охьаоьгу»- бохучух муха кхета шу?

-Стихотворени йоьшуш муха дог –ойла кхоллало шун?(Г1айг1ане)

-Х1унда? (Лайн чимаш меллаша стиглара хаьдда охьаэгаш адамех тер аду , ц1енах хаьддачу, уьш лаьттахь г1ортор лоьхуш ду)

-Стенах лаьцна яра урок йолалуш аса ешна стихлтворени? (!аьнах)

-Х1у кху шине стихотворенин цхьатера? (1аьнах лаьцна ю ши а)

-Х1ун ю башхалла? (Дуьххьарлерачу стихотворении т1ехь моссо х1ума : адам , 1алам вовшех даккхий деш гайтина ду , самукъадаьлла ду. Бераш ду лайн чимех , 1аьнах самукъадаьлла ду. Лайн чимаш а ду адамех самукъадаьллача сана. Шолг1ачу стихотворении т1ехь лайн чимаш г1айг1ане , гайтина ду.)

5. Сада1аран миноташ.
Эх1, ма хаза бу-кха из а!

Муттанах и ма бу буьзна.

Куьг ахь кховдош лаккха,

1аж цу т1ера баккха.

Мохо генаш лестадо,

Соьга 1аж ца баккхало.

Кхоссалуш, куьг кховдор ду,

Сихха 1аж схьабоккхур бу!

Эх1 Ма 1аж бу-кха из а!

Муттанах и ма бу буьзна.

(Бераша байташ т!ехь дуьйцург до.)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Бераша массара цхьана меллашачу озаца массара цхьана д1айоьшу М. Сулаевн «Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении.

аь)Бераша массара цхьана ч1огачу озаца массара цхьана д1айоьшу М. Сулаевн «Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении.

б) Сурт диллар.

-Бераш , лайн чимийн суьрташ дахка.

6.Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш кхочушбан ницъ кхечи шун? Х1ун диси шун дан ницкъ ца кхаьчна ? Х1ун бахьна ду ш Х1н дина аша билгалдаьккхина доцуш?уна и кхиам кхочуш ца хилар.

7. Жам1 дар.

-Муьлха произведени и евзира шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна ю иза?

8. Ц1ахь бан болх балар.

М. Сулаевн « Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении дагахь 1амо.





Выбранный для просмотра документ Урок 49.Хьуьнхахь 1а .Хь. Хасаев..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: « Хьуьнхахь 1а» Хь. Хасаев. (Аг1о 85-87)

1алашо: Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь 1а» ц1е йолу дийцар довзийтар , нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , къамел дар кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду хезаш а , меллаша а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, чулацамах лаьцна шайн хаттрш х1итто. Берашна хуур ду 1ьнан 1аламан тидам бан.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?( Стихо творени «Лайн чимаш» дагахь 1амо)

-Хьан йуьйцур яра стихотворении схьа.

2. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна тахана 1амо билгалдаьккхина ? («Хьуьнхахь 1а»)

-Мила ву цуьнан автор? (Хь. Хасаев)

-Х1ун болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта?

-Вайна тахана девзар ду Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь 1а» ц1е йолу стихотворении. Шуна 1емар ду нийса , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Хаттарша жоьпаш дала а , шайн хаттарш х1итто а 1емар ду шуна.

3. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь 1а» ц1е йолу стихотворении.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю дийцар т1ехь ялийнарг? (1а)

-1аьнан муьлха билгалонаш ялийна дийцар т1ехь? (Арахь шийла ю , ло ду диллинаЮ хьуьнхахь олхазар дац хезаш, пхьагал к1айн ю)

-Мила ву дийцаран турпалхо? Хьена ц1арах дуьйцуш ду дийцар ? (Автор ша ву дуьйцуш)

-И стенга ваханера ? (Хьуьхах)

-Кхин мила вара цуьнца? (Бека)

-Муха дара хьуьнхахь? (Хьуьнхахь тийна ду , татанаш дац. Олхазарш цхьадерш бовхачу махка д1адахана , важа дерш гуш дац)

-Х1ун деш 1ара х1ара шиъ? (Чай молуш 1ара)

-Х1ун сурт гиира цу шина? (Едда йог1ура пхьагал. Иза кхера а елла Бекина т1е йог1аелла лаьттара. Бека цунна т1евог1авелла)

-Х1ун дира Бекас? (Шок туьйхира , пхьагал д1аедира)

-Х1ун дагадеара шина накъостана? (Пхьагал кхечу экхано эккхийна хилар)

-Стено эккхийна хилла иза? (Цхьогало)

-Муьлха олхазарш далийна дийцар юкъа? (Хенак1ур, ц1ийзарг, текха хьоза)

-Стенга левчкъина хуьлу 1ай сагалматаш?

-Муха лела веза хуьн чохь? (Меллаша)

-Х1унда? (Хьуьнан бахархой ца къахко)

4. Сада1аран миноташ.

Эх1, ма хаза бу-кха из а!

Муттанах и ма бу буьзна.

Куьг ахь кховдош лаккха,

1аж цу т1ера баккха.

Мохо генаш лестадо,

Соьга 1аж ца баккхало.

Кхоссалуш, куьг кховдор ду,

Сихха 1аж схьабоккхур бу!

Эх1 Ма 1аж бу-кха из а!

Муттанах и ма бу буьзна.

(Бераша байташ т!ехь дуьйцург до.)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Бераша массара цхьана меллашачу озаца массара цхьана д1адйоьшу Хь Хасаевн «Хьуьнхахь 1а » ц1е йолу дийцар.

аь)Бераша массара цхьана ч1огачу озаца массара цхьана д1ад оьшу Хь Хасаевн «Хьуьнхахь 1а » ц1е йолу дийцар

б) Бераша хаттарш х1иттадо чулацамах лаьцна.

-Х1ун ду шуна дийцарехь тамашийна , ца кхеташ хисинарг? Стенах лаьцна хаа лаьа шуна?

Билгалонна хаттарш

Сагалматаш стенга йоьлху 1ай?

Муьлха олхазарш дуьсу 1а доккхуш?

Муьлханиг ду текха-хьоза?

6.Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш кхочушбан ницъ кхечи шун? Х1ун диси шун дан ницкъ ца кхаьчна ? Х1ун бахьна ду ш Х1н дина аша билгалдаьккхина доцуш?уна и кхиам кхочуш ца хилар.

7. Жам1 дар.

-Муьлха произведени и евзира шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна ю иза?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь 1а» ц1е йолу дийцар.



























































































































































Выбранный для просмотра документ Урок 50. Ло деана Ж. Махмаев .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Ло деана» Ж. Махмаев.(Аг1о 88)

1алашо: Ж. Махмаевн «Ло деана» ц1е йолу стихотворении йовзийтар. Нийса а, кхеташ а, шера а еша 1амор. Ойлаяр , тидам бар , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворни тексташ еша. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна 1емар ду текста юкъара цхьацца аларш талла

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь 1а» ц1е йолу дийцар деша)

Бераша д1адоьшу дийцар.

2. Мотт шарбар.

Чехкааларш

Ча такхо тача, тача такхо ча.

Чопа чоьлпи чохь, чоьлпа - чорпи чохь.

Со шершачохь ча чу ца шерша, ча шершачохь со чу ца шерша.

-Д1адеша чехкааларш меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана.

-Д1адеша чехкаалар хезаш цхьанаэшарехь массара цхьана.

-Дагахь 1амае х1ораммо шена хазахетарг.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна 1амо билгалъяьккхина? («Ло деана»)

-Мила ву цуьнан автор? (Ж. Махмаев)

-Муха болх д1ахьур бу вай и произведен дика 1амийта ? Х1ун дан, муьлха кхиамаш баха ницкъ кхочур бу шун?

-Вайна тахана евзар ю Ж. Махмаевн « Ло деана» ц1е йолу стихотворении. Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а шера а стихотворни тексташ еша , чулацамах кхета , хаттаршна жоьпаш дала.

4.Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1айоьшу Ж. Махмаевн «Ло деана» ц1е йолу стихотворении.

аь) Чулацамах кхетам балар.

-Шеран муьлха зама ю стихотворенехь юьйцург? (1а)

-1аьнан муьлха суьрташ дуьхьала х1уьтту хьуна?

-Стенах сакъерало 1ай берийн? (Лонах , лайн-бабанаш еша, салазаш хоьхкуш)

-Мила ву берах хоьгуш? (Автор)

-Х1унда хьоьгу и царех?

-Муха ю авторан дог-ойла? (Автор самукъане ву , цунна хазахета 1а , берийн ловзарш)

5. Сада1аран миноташ.

Цаьпцалгаш

Цаьпцалгаш, цаьпцалгаш,

Лелаш ю шу кхийсалуш:

Кхосса-кхосса-кхоссалой,

Бацалахь цкъа д1атарлой,

Жимма бецаш кхаллий,

Тийналле ладог1ий,

Меллаша шу юьйлало,

Юха хьала кхоссало.

(Бераша цаьпцалгаша дийрриг до.)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Бераша массара цхьана меллашачу озаца массара цхьана д1айоьшу Ж. Махмаевн «Ло деана» ц1е йолу стихотворении.

аь)Бераша массара цхьана ч1огачу озаца массара цхьана д1айоьшу Ж. Махмаевн «Ло деана» ц1е йолу стихотворении.

б) Сурт диллар.

-Сурт дилла шайна хазъеллачу к1айдаргана.

7. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш баха дагахь болийра аша болх ? Муьлханаш кхочушбан ницкъ кхечи шун? Муьлханаш биси ницкъ ца тоьъна?

8. Жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира вай?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна яра произведени?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Дагахь 1амо Ж. Махмаевн «Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении.



Выбранный для просмотра документ Урок 55. 1а 1. Мамакаев .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «1а» . 1Мамакаев.(93)

1алашо: 1. Мамакаевн дахар ,кхолларалла , «1а» ц1е йолу стихотворении йовзийтар. Нийса а, кхеташ а, шера а еша 1амор. Ойлаяр , тидам бар , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворни тексташ еша. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна 1емар ду стихотворни текста юкъара цьацца аларш талла.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?

-Тхуна ц1ахь еша еллера «1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 4-г1а дакъа.

2.Мотт шарбар.

Уьн т1ехь уьйриг,-

Тхов к1ел гуьйриг,-

Ков т1ехь борг1ал,-

Уьй т1ехь марг1ал.

Те1аш астаг1-

Цхьаъ, шиъ , кхоъ-

Уьш буьсуш бу,

Диъ, пхиъ, ялх-

Хьо юьстах ву.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина? (Стихотворени «1а»)

-Мила ву цуьнан автор? ( 1. Мамакаев)

-Х1ун болх бийр бу вай и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш хир бахалур бу шуна тахана.

-Вайна тахана девзар ду 1. Мамакаевн дахар , кхолларалла, стихотворении «1а». Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , стихотворни тексташ еша.

4. Керла тема хьехар.

а) Яздархочух дош.

МАМАКАЕВ IАЬРБИ

(1918–1958)

Поэзи Iаламат дукхаезаш вара Iаьрби Шамсуддинович Мамакаев. Шен стихотворенеш тIехь лакхарчу говзаллица гайтина цо Даймохк дукхабезар а, цуьнан хазалла а. Къеггинчу васташца гайтина цо ша винчу мехкан Iалам – Лаха-Невре а, Терк а. Ма хаза ю-кх xIapa moгIe, хьайн бай mIe цIен зезаг даьлча. Ма хаза ду-кх хьо, Терк а, гIайре а, хьайна mIe баьццара къаж яьлча!

Маршалла, маршалла хьоь, сан Невре! Керла духар дуьйхи ахь. ХIетахъ хиллачул а

хьоме безам боьду хьоь... Шен «Винчу юьрта» а, «Партизанийн илли» а цIераш йолчу произведенеш тIехь Iаьрбис гайтина сийлахьчу оьрсийн халкъан вежараллин гIоьнца Октябрьски революцехьа Нохчийчохь бина тIемаш а, баьхна толамаш а. Шен произведенешца халкъе ирсечу Даймахкана муьтIахь хиларе кхойкхуш вара I. Мамакаев. Вайн республикехь даима зевне дека Iаьрбин поэзин аз, цуьнан иллеш, эшарш.





аь) Хьехархочо д1айоьшу 1. Мамакаевн «1а» ц1е йолу стихотворении.

-Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь юьйцург?

-1аьно 1аламехь муха хийцамаш бина?

-Х1ун дина чано? (1а даккха д1айижина)

-Х1ун до бераша? (Салазаш хоьхкуш, ша т1ехь хехкалуш)

-Шу муха ловзу 1ай?

-Муха кхета шу « ког ц1уббан» бохучух ?

-Чано б1аьстенца шена мухь гулйо шортта ежаш лелий ,ерста. Чанан цхьа п1елг бага а буьллий и шеен мухь юуш , наб а еш 1а доккху.

4. Сада1аран миноташ.

Зезаг долууш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Пийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емаш лестош, лакхабели.

(Байташ т1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голаш т1е хевшина 1а,

кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, мет-

тахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь меллаша д1айоьшу стихотворени.

аь) Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1а д1айоьшу стихотворени.

б)Сурт дилла шайна хазделлачу х1уманна.

6.Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша тахана? Х1ун диси ницкъ ца кхаьчна? Х1ун бахьана ду и кхиамаш ца хиларна?

7. Жам1 дар.

-Муьлха произведениевзира шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна ю произведени?

8.Ц1ахь бан болх балар.

1. Мамакаевн «1а» ц1е йолу стихотворени дагахь 1амо.



Выбранный для просмотра документ Урок 60-61. Дуьххьарлера хьуьнар .Хь. Саракаев..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Дуьххьарлера хуьнар» Хь Саракаев. 1-ра дакъа. ( Аг1о 98-99)

1алашо : Хь. Саракаевн «Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша . 1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду нийса а , шера а, кхеташ а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета . Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг каро и д1аеша. Берашна хуур ду 1алам довза , кхоллалур бу цуьнан доладан лаам.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна дагахь 1амо? (Тхуна еллера Ш. Рашидовн « 1ай» ц1е йолу стихотворении дагахь 1амо)

-Схьайийца стихотворени

2. Мотт шарбар.

Кхо къиг ,кхо туьма, кхо кхокха.

-Д1адеша чехкаалар массара цхьана меллаша цхьанаэшарехь.

-Д1адеша чехкаалар массара цхьана хезаш цхьанаэшарехь.

-Дагахь 1амаде.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени евзар ю вайна тахана? («Дуьххьарлера хьуьнар»)

-Мила ву цуьнан автор? (Хь. Саракаев)

-Х1ун кхиамаш бохур ду аша и дийцар 1амош?Х1оттае план.

-Вайна тахана евзар ю Хь. Саракаевн «Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолу дийцар. Шуна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Шуна 1емар ду хаттаршна жоьпаш дала . Шуна 1емар ду 1алам довза.

4. Керла тема хьехар.г ?

а) Хьехархочо д1адоьшу Хь. Саракаевн «Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха хан ю дийцар т1ехьялийнарг? (1а)

-Муха дара 1алам ? ( Дог1уш ло дара, хьокхуш мох а болуш шийла де дара)

-Мила ву дийцаран коьрта турпалхо? (Аюб)

-Стенга вахара Аюб? (Т1аьхьабисина жий лаха)

-Х1ун хезира хьалха Аюбана? (Аюб ана хезира борз уг1уш)

-Х1ун хезира цунна 1оьхуш? (Уьстаг1)

-Мичахь карийра Аюбана жий? (Цхьана боккхачу т1улгана т1ехьа ш

-Муха карийра Аюбана жий? (Жий бара шеца шиъ 1ахар болуш)

-Х1ун кхечира жий болчу мете ? (Борз)

-Муха къовсам хилира Аюбана а , берзан а? (Аюбас топ хьажийра , борз Аюбана чукхоссаелира. Аюб охьакхийтира)

-Х1ун кхечира Аюбана г1оьна? (Ж1аьла)

Муха к1ант ву Аюб? Х1унда? (Цо ша барзо верна кхерам боллушехь , 1ахарий к1елхьара бехира)

-Шуна лаьий Аюбах тера хила?

5. Сада1аран миноташ

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша меллашачу озаца цхьана д1адоьшу Хь. Саракаевн «Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

аь)Бераша ч1ог1ачу озаца цхьана д1адоьшу Хь. Саракаевн «Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

б) Къастош ешар.

-Муха дара 1аьнан 1алам? Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун хезира Аюбана? Д1аеша берзан уг1арх лаьцна йолу к1айдарг.

-Муха карийра Аюбана жий ? Д1аеша к1айдарг.

-Д1аеша берзан , Аюбан къовсамах лаьцна йолу к1айдарг.

7. Рефлекси.

-Шайн дог-ойла а гойтуш маьлхан сурт дилла?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай тахана?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоьху вайна цо? (1алам дукхадеза хьоьху)

9. Ц1ахь бан болх балар.

а) Шера д1адеша Хь . Саракаевн «Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа

аь) Шайна хазъеллачу к1айдаргана дог1у сурт дилла.























Нохчийн литература

Тема: «Дуьххьарлера хуьнар» Хь Саракаев. 2-г1а дакъа. ( Аг1о 99-100)

1алашо : Хь. Саракаевн «Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолу дийцар кхин д1а а довзийтар. Нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша . 1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду нийса а , шера а, кхеташ а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета . Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хуур ду 1алам довза , кхоллалур бу цуьнан доладан лаам.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна дагахь 1амо? (Тхуна еллера Хь. Саракаевн «Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолчудийцаран 1-ра дакъа деша )

-Д1адеша дийцар.

-Кхин х1ун еллера шуна ? (Хазъеллачу к1айдаргана суьрташ дахка)

Хьехархочо т1едилларца х1ора беро шеен-шен сурт а д1а а гойтуш , цунна йог1у к1айдарг йоьшу.

2. Мотт шарбар.

Лакха кхевдинарг лаха шершина,

лаха кхевдинарг лакха шершина.

-Д1адеша чехкаалар массара цхьана меллаша цхьанаэшарехь.

-Д1адеша чехкаалар массара цхьана хезаш цхьанаэшарехь.

-Дагахь 1амаде.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени евзар ю вайна тахана? («Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа)

-Мила ву цуьнан автор? (Хь. Саракаев)

-Х1ун кхиамаш бохур ду аша и дийцар 1амош?Х1оттае план.

-Вайна тахана евзар ю Хь. Саракаевн «Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа. Шуна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Шуна 1емар ду хаттаршна жоьпаш дала . Шуна 1емар ду 1алам довза.

4. Керла тема хьехар .

а) Хьехархочо д1адоьшу Хь. Саракаевн «Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Мила туьйлира къовсамехь ? (Аюб а , ж1аьла а )

-Муха кхета шу «Ж1аьла – адаман доттаг1 бохучух»? (Ж1аьла адамна тешам еду , цо муьлххачу хьелашкахь а адамана г1о до)

5. Сада1аран миноташ.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша массара цхьана хезаш д1адоьшу Хь. Саракаевн «Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.

аь) Бераша з1енаца д1адоьшу Хь. Саракаевн «Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.

б) Къастош ешар.

-Ж1аьлий, борз зий тасадалрх лаьцна йолу к1айдарг д1аеша.

-Муха 1алашбора жийно шеен 1ахарий? Д1аеша цунах лаций.

-Муьлш туьйлира къавсамехь? Д1аеша к1айдарг.

7. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша тахана?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай тахана?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоьху вайна цо? (Тешаме хила, 1аламна г1о дан)

9. Ц1ахь бан болх балар.

а) Шера д1адеша Хь . Саракаевн «Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа













Выбранный для просмотра документ Урок 62. 1аьнан суьйре . Арсанукаев .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «1аьнан суьйре» Ш. Арсанукаев. (Аг1о 101)

1алашо: Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении йовзийтар. Нийса а , шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша 1амор. 1аламе безам кхоллар.Ойлаяр , тидамбар кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша . Берашна хуур ду текста юкъара цхьацца аларш талла. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жльпаш дала. Берашна хуур ду 1аламан хийцамаш бовза , 1аламан доладан лаам хир бу.

Урок д1аяхьар.

1. Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? («Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа)

-Д1адеша дийцар.

2. Мотт шарбар.

Лакха кхевдинарг лаха шершина,

лаха кхевдинарг лакха шершина.

-Д1адеша меллаша массара цхьана .

-Д1адеша хезаш. Дагахь 1амаде.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина? («1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворени)

-Мила ву цуьнан автор? (Ш. Арсанукаев)

-Муха болх бийр бу аша и произведени дика 1амийта? Х1оттае план.

-Вайна тахана евзар ю Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении. Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а тексташ еша. Шуна бевзар бу 1аьнан хийцамаш. Шуна хуур ду 1алам деза , довза.

4.Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь ялийнарг? (1а)

-«Шуьйра к1айн шаршу яржийна» бохучух муха кхета шу? (Ло диллина массо метте).

-«Лаьмнаш къоьжа го» бохучух муха кхета шу?(Лаьмнийн баххьашка ло диллина, цундела къоьжа хетта уьш)

-Х1ун боху ж1аьлех лаьцна? (Милла ц1ийзаш ду)

-Муха кечдина 1аьно кораш? (Башха хаза сурташ дехкина, тир йоккхуш сана)

-Шуна гиний иштта сурт?

5.Сада1аран миноташ.

Бакъи озавели - цхьаъ,

Охьатаь1и - ду и шиъ,

Хьалатаь1и - ду и кхоъ,

Д1анисвели - ду и диъ.

Куьйгаш д1асадахийти - пхиъ,

Вовшахтуьйхи - ялх.

Буьхьигаш т1е и х1оьтти - ворх1,

Дег1 нисдеш д1ах1оьтти - барх1.

(Т1аьхьара а олуш, бераша Бакъис дийриг до.)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1айоьшу Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении массара цхьана меллаша.

аь) Бераша д1айоьшу Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении массара цхьана хезаш.

7. Рефлекси

-Муьлха кхиамаш бара шу урокехь билгалбаьхна?

-Х1ун кхочушди аша щаьш реза долуш?

-Х1ун диси шун ницкъ ца кхаьчна?

8. Жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира аша?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун керланиг хии шуна 1аьнан 1аламах лаьцна?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении.





Выбранный для просмотра документ Урок 63. Дорцехь . Макалов.docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Дорцехь» Ш. Макалов. (Аг1о 102-103)

1алашо: Ш. Макаловн дахар , кхолларалла , «Дорцехь» ц1е йолу дийцар довзийтар .Берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Вошалла , доттаг1алла кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор . Берашна 1емар ду чулацамах кхета,хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Адамийн амалехь долу диканиг довза, вониг д1ататта, адамийн мах хадо.

Урок д1аяхар.

1. Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Стихотворени «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении)

-Схьайийца стихотворении.

2.Мотт шарбар.

Ши-кхоъ кепек, кхо-шиъ кепек.

-Д1аеша меллаша цхьанаэшарехь массара.

-Д1аеша хезаш цхьанаэшарехь массара.

-Дагахь 1амае.

3.1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени евзар ю вайна тахана? («Дорцехь» ц1е йолу дийцар)

-Мила ву цуьнан автор? (Ш. Макалов)

-Вайна тахана девзвр ду Ш. Макаловн дахар , кхолларалла , дийцар «Дорцехь» ц1е йолу дийцар. Вайна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Шуна хуур ду адамийн амалаш йовза.

4. Керла тема хьехар.

а) Яздархочух лаьцна дош.

аь) Хьехархочо д1адоьшу Ш. Макаловн «Дорцехь» ц1е йолу дийцар.

5. Сада1аран миноташ.

Бакъи озавели - цхьаъ,

Охьатаь1и - ду и шиъ,

Хьалатаь1и - ду и кхоъ,

Д1анисвели - ду и диъ.

Куьйгаш д1асадахийти - пхиъ,

Вовшахтуьйхи - ялх.

Буьхьигаш т1е и х1оьтти - ворх1,

Дег1 нисдеш д1ах1оьтти - барх1.

(Т1аьхьара а олуш, бераша Бакъис дийриг до.)

6.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Бераша д1адоьшу Ш. Макаловн «Дорцехь» ц1е йолу дийцар массара цхьана меллаша.

аь)Бераша д1адоьшу Ш. Макаловн «Дорцехь» ц1е йолу дийцар массара цхьана хезаш.

б) Къастош ешар.

-Мила ву дийцаран корта турпалхо? (Микаил , Салман)

-Муха дара 1аьнан 1алам. Д1адеша цунах лаьцна.

-Муха ду цу шина т1ера бедарш? (Ледара яра, Микаилна т1ехь месала куй , валинкаш яра , соьгахь шелвелча хьарчош мамин кортали дара.)

-Муха воьдура ши к1ант ? Д1адеша цунах лаьцна.

-Х1ун дора шина к1анта орца кхачийта? (Микаила мохь беттара, Салман лайла воьжна 1ара)

-Цу шина орца кхечирий? Д1аеша к1айдарг.

-Муьлш бара цу шина орцанна кхаьчнарш? Д1аеша и к1айдарг.

-Муха к1ант хилла Микаил? (Дика , тешаме)

-Аша лелордарий ишттачу к1антаца доттаг1алла?

6.Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша тахана? Муьлхачарех дозалла до аша?

7. Жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира вай?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоьху цо вайна? (Хьоьху тешаме , къинхетаме хила)

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Ш. Макаловн «Дорцехь» ц1е йолу дийцар.

Выбранный для просмотра документ Урок 67. Ханпаша . Рашидов .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Ханпаша» Ш. Рашидов.

1алашо : Ш. Рашидовн «Ханпаша» ц1е йолу произведени йовзийтар ; нийса а , шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша. Нохчийн силахь турпалхой , церан хьуьнарш довзийтар. Шен къомах дозалла кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашан учебникан керла дакъа «Толаман де» довзийтар ; цу декъа техь евзар йолу произведенеш, хир болу кхиамаш билгалъбахар .Берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша , чулацамах кхета. Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна бевзар бу нохчийн турпалхой, царах дозалла а кхиор ду.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

- Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?( «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа)

-Д1адеша дийцар.

2. Мотт шарбар.

Хилча дехкехь лоьман амал

-Хин дарий вайн-м хала дахар.

1овдал хьаьдда стигла вуьйлуш,

Цициг ма1аш 1итта дуьйлуш,

Дехкий вайна талла дуьйлуш,

Вай, д1алечкъа, тхов т1е дуьйлуш.

(С. Гацаев)

-Д1аеше массара цхьана цхьанаэшарехь меллаша.

-Д1аеше массара цхьана цхьанаэшарехь хезаш.

-Дагахь 1аме. Муха ю байт ? (Беламе)

-Ишттаниг хила йиш юй?

3.Учебникан керла дакъа довзийтар.

-Учебникан муьлха дакъа долор ду вай тахана? (Толаман де)

-Стенах лаьцна хир ду и дакъа? Харжа жоп.

  • Турпалхойх церан хьуьнарех.

  • Толаман дийнах.

  • Адамаша т1амехь хьегначу баланех

  • Берийн ловзарх

-Муьлха произведенеш евзар ю вайна цу декъат1ехь?

«Ханпаша» Ш. Рашидов, «Иччархо Абухьаьжа идрисов» Х. Ошаев, «Толам» Х. Эдилов

-Муьлха кхиамаш хир бу шун керлачу декъа т1ехь?

  • Тхуна евзар ю толамах лаьцна керла произведенеш.

  • Тхуна бевзар бу халкъо т1еман деношкахь хьегна бала .

  • Тхуна бевзар бу нохчийн турпалхой , церан майраллех хаарш хир ду.

  • Тхуна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а тексташ еша, чулацамах кхета ,хаттаршна жоьпаш дала.

  • Тхуна 1емар ду Даймахках дозалла дан.

4. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина? («Ханпаша» ц1е йолу стихотворении)

-Мила ву цуьнан автор? (Ш. Рашидов)

-Муьлха кхиамаш бохур бу вай тахана? Х1ун болх бийр бу вай и произведени дика 1амийта?

-Вайна тахана евзар ю Ш. Рашидовн «Ханпаша» ц1е йолу стихотворении, шуна вевзар ву нохчийн турпалхо Ханпаша Нурадилов , цуьнан хьуьнарш. Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша. Шуна 1емар ду чулацамах кхета , хаттаршна жоьпаш дала.

5.Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1айоьшу Ш. Рашидовн «Ханпаша» ц1е йолу стихотворении.

-Мила ву Ханпаша Нурадилов? (Нохчийн турпалхо?

-Муьлхачу т1амехь лаьцна цо дакъа? (Силахь Боккхачу Даймехкан т1амехь?

-Муьлхачу шарахь болийна хи т1ом? Чакх муьлхачу шарахь баьлла?

-Муьлхачу пачхьалкхо болийна хилла и т1ом?

6. Сада1аран миноташ.

7. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1айоьшу Ш. Рашидовн «Ханпаша» ц1е йолу стихотворении массара цхьана меллаша.

аь) Бераша д1айоьшу Ш. Рашидовн «Ханпаша» ц1е йолу стихотворении массара цхьана хезаш

б) Чулацамах къамел дар.

-Хьанах лаьцна ю х1ара стихотворени? (Ханпаша Нурадиловх)

-Х1ун хьуьнарш девза шуна цуьнан? (Цо х1аллаквина 1000 фашист , йийсаре валийна масех эпсар , йохийна масех дзот)

-Муха гайтина поэта Ханпаша вицлург ца хилар? (Цунна т1е х1уьттучу адамийн дац доза)

-Муха к1ант ву Ханпаша?

-Шуна лаьий цунах тера хила?

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша тахана? Шайн дог-ойла агойтуш маьлхан сурт дтлла.

7.Жам1 дар.

-Муьлха произведени евзира вайна тахана?

-Мила ву цуьнан автор?

-Хьанах лаьцна ю иза?

Шуна лаьий Ханпашийн коша т1е х1итта?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Ш. Рашидовн «Ханпаша» ц1е йолу стихотворении дагахь 1амо.





Выбранный для просмотра документ Урок 75. Б1аьсте т1ейог1уш 1. Гайсултанов..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература.

Тема: «Б1аьсте т1ейог1уш» 1. Гайсултанов.

1алашо: 1. Гайсултановн «Б1аьсте т1ейог1уш» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. 1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , шера а еша . Берашна хуур ду чулацамах кхета, хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хуур ду хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг каро и д1аеша.Б1аьстенан аматаш девзар ду берашна , 1аламан хазалла ган 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Хь. Хасаевн «Стовно-ворх1азза..» ц1е йолу дийцар шера д1адеша)

Бераша з1енаца д1адоьшу дийцар.

2. Мотт шарбар.

Гихь гали къорза газа, гибан чохь мерза гарза, т1улга т1ехь г1орза.

-Д1адеша меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана

чехкаалар.

-Д1адеша хезаш цхьанаэшарехь массара цхьана

чехкаалар.

-Дагахь 1амаде чехкаалар.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина? («Б1аьсте йог1уш»)

-Мила ву цуьнан автор? (1. Гайсултанов)

-Муьлха болх бийр бу вай и произведени дика 1амийта? Муьлха кхиамаш бахалур бу шуна тахана?

-Вайна тахана девзар ду 1. Гайсултановн «Б1аьсте т1ейог1уш» ц1е йолу дийцар. Вайна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Вайна 1емар ду хаттршна жоьпаш дала, 1алам довза.

4.Керла тема хьехар.

а)Хьехархочо д1адоьшу 1. Гайсултановн «Б1аьсте т1ейог1уш»ц1е йолу дийцар.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю дийцаран т1ехь ялийнарг? (Б1аьсте)

-Муха дара 1алам? (Арахь йовхв яра, къегина хоьжура малх, хьала къеддера сийна буц)

-Муха дара берийн дахар? (Бераш дара цхьацца ловзарш вовшахдетташ дара)

-Стенга оьхура бераш? (Хьуьнах )

-Цара х1ун дора хьуьнхахь? (Бераша лехаьадора 1аьна к1елла дисина б1араш)

-Муха дара хьуьнхахь дитташ? (Дитташ т1е г1а даланза дара)

-Шу даханий хьуьнах? Муха дара цигахь?

-Муьлха зезагаш къеда дуьххьара б1аьста хьала?

5. Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало йоцуш хьала.

Мел хан яьлла, хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а кхиссало,

Цхьана меттехь воду,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи,

Дег1е «зузз» доуьйтуш,

Хиларх шийла и.

Цергаш, юьхь-куьг дила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза вакъало.

(Хь. Саракаев)

(Бераша Вахас дийрриг до)

6.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1адоьшу 1. Гайсултановн «Б1аьсте т1ейог1уш» ц1е йолу дийцар меллаша.

а) Бераша д1адоьшу 1. Гайсултановн «Б1аьсте т1ейог1уш» ц1е йолу дийцар хезаш .

б)Къастош ешар.

-Муха дара б1аьстенан 1алам? Д1адеша цунах лаьцна.

-Стенга г1уш дара бераш? Д1адеша цунах лаций.

-Муха дара хьуьнхахь? Д1адеша цунах лаций.

7. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша? Муьлхачарех дозалла до аша?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар девзи шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун дара шунадийцар т1ехь гуттар а хазделларг?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша 1. Гайсултанвн «Б1аьсте т1ейог1уш» ц1е йолу дийцар.







Выбранный для просмотра документ Урок 78-79 .Мамина совг1ат. Хь. Саракаев..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Мамина совг1ат» Хь. Саракаев.

1алашо: Хь. Саракаевн «Мамина совг1ат» ц1е йолу дийцар довзийтар; нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду ненан сий дан , леерам бан.

Билгалбаьхна кхимаш : берашна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду предложенин чаккхе соцунг1а ярца аз лахдарца билгалъяккха. Берашна 1емар ду чулацамах кхета , хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна 1емар ду ненан сий дан , леерам бан.

Г1ирс : яздархочун сурт.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Тхуна еллера дагахь 1амо Хь. Саракаевн «Барх1алг1а март» ц1е йолу стихотворени)

Бераша схьайуьйцу стихотворени.

2. Мотт шарбар.

Хьарг1анаш хьошалг1ахь г1ирг1анаш йолчохь,

Г1ирг1анаш хьошалг1ахь хьарг1анаш йолчохь.

-Д1адеша меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана

чехкаалар.

-Д1адеша хезаш цхьанаэшарехь массара цхьана

чехкаалар.

-Дагахь 1амаде чехкаалар.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина? («Мамина совг1ат» )

Мила ву цуьнан автор? (Хь. Саракаев)

-Муьлха болх бийр бу вай и произведени дика 1амийта? Муьлха кхиамаш бахалур бу шуна тахана?

-Вайна тахана девзар ду Хь. Саракаевн «Мамина совг1ат» ц1е йолу дийцар. Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша. Берашна хуур ду предложениин чаккхе соцунг1аярца билгалъяккха, хаттаршна жоьпаш дала.

4. Керла тема хьехар.

-Стенах лаьцна хир ю произведени?

-Муха совг1аташ дира аша нанна?

а) Хьехархочо д1адоьшу Хь. Саракаевн «Мамина совг1ат» ц1е йолу дийцар.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Муьлш бу дийцаран коьрта турпалхой? (Салманний , Лидий)

-Муьлха де ду т1екхочуш? (Т1екхочуш ду 8 г1а март)

-Х1ун хаьа шуна 8-чу мартах лаьцна? (Иза зударийн деза де ду)

-Муха даздо и де? (Массара декъалбо шайн йижарий, наной, беригге зударий. Царна совг1аташ до)

-Х1ун кечйина Лидас? (Тир йоккхуш кечбина г1айба бала дагахь ю лида)

-Стенна г1айг1ане ву Салман? (Салман г1айг1ане ву ша шеен нанна совг1атана х1ун лур ю ца хууш)

-Х1ун хьекъал делира Лидас Салманна? (Цо Салмане ненан сурт доккхадей тоде элира)

-Муха хетта шуна Салманний , Лидий? Х1унда?

-Аша дой 8-чу мартехь совг1аташ наноша? Х1ун ло аша царна?

-Муьлха совг1ат хазахета нанна : туьканара эцнарг, аша шаьш динарг?

5. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Т1адамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1адоьшу Хь. Саракаевн «Мамина совг1ат» ц1е йолу дийцар меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана.

аь) Бераша д1адоьшу Хь. Саракаевн «Мамина совг1ат» ц1е йолу дийцар хезаш цхьанаэшарехь массара цхьана.

б) Бераша д1адоьшу з1енаца Хь. Саракаевн «Мамина совг1ат» ц1е йолу дийцар .

7. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехира аша? Муьлхачарех до аша дозалла?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай? («Мамина совг1ат»)

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоьху вайна дийцаро? Къастаде жоп.

  • Ненан сий дан

  • Ненан леерам бан.

  • Сурташ дахка

  • Тир яккха.

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Хь. Саракаевн «Мамина совг1ат» ц1е йолу дийцар.

Нохчийн литература

Тема: «Мамина совг1ат» Хь. Саракаев.

1алашо: Хь. Саракаевн «Мамина совг1ат» ц1е йолу дийцар кхин д1а а довзийтар; нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду ненан сий дан , леерам бан.

Билгалбаьхна кхимаш : берашна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду предложенин чаккхе соцунг1а ярца аз лахдарца билгалъяккха. Берашна 1емар ду чулацамах кхета , хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна 1емар ду ненан сий дан , леерам бан.

Г1ирс : яздархочун сурт.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?( «Мамина совг1ат» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа деша.

-Д1адеша дийцар.

2. Мотт шарбар.

Ткъа х1инца хьарг1анаша rlapa йо г1ирг1анаша санна,

Г1ирг1анаша rlapa йо хьарг1анаша санна.

-Д1адеша меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана

чехкаалар.

-Д1адеша хезаш цхьанаэшарехь массара цхьана

чехкаалар.

-Дагахь 1амаде чехкаалар.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина? («Мамина совг1ат» дийцаран 2-г1а дакъа )

Мила ву цуьнан автор? (Хь. Саракаев)

-Муьлха болх бийр бу вай и произведени дика 1амийта? Муьлха кхиамаш бахалур бу шуна тахана?

-Вайна тахана кхин д1а девзар ду Хь. Саракаевн «Мамина совг1ат» ц1е йолу дийцар. Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша. Берашна хуур ду предложениин чаккхе соцунг1аярца билгалъяккха, хаттаршна жоьпаш дала.

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Хь. Саракаевн «Мамина совг1ат» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Муха кечдира Салмана совг1ат? (Салмана масех сурт даьккхира . Цо а , Лидассий уггара хазаниг къастадой гура чу диллира)

-Муха кечбира Лидас г1айба? (Тишачу г1айби чуьрасхьаяьхна месаш ша бинчу г1айби чу а йохкуш г1айбакечбира)

-Кхин х1ун совг1аташ дира бераша? (Нана ц1аяле г1улкхаш дира)

-Мича дахара Лидий , Салманний? (Школе)

-Маца ц1аеара нана? ( И шиъ арадаьлла ахсахьт далале ц1а еара нана)

-Муха карийра нанна шеен ц1ахь? (Моссо а х1ума ц1ена яра, дехьачохь б1аьрг кхийтира шена динчу совг1атех, яздинчу кехатах_

-Х1ун эр дара аша шина берах лаьцна? Аша дой иштта г1уллакхаш?

5. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Т1адамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

аь) Бераша д1адоьшу Хь. Саракаевн «Мамина совг1ат» ц1е йолу дийцар хезаш цхьанаэшарехь массара цхьана.

б) Бераша д1адоьшу з1енаца Хь. Саракаевн «Мамина совг1ат» ц1е йолу дийцар .

б) Къастош ешар.

Муха кечдира шина беро сурт? Д1аеша цунах лаций.

-Муха г1уллакхаш дира Лидассий , Салманассий? Д1аеша цунах лацци.

-Муха карийра нанна шеен ц1а? Д1адеша цунах лаций.

7. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехира аша? Муьлхачарех до аша дозалла?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай? («Мамина совг1ат»дийцаран 2-г1а дакъа.)

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоьху вайна дийцаро?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Хь. Саракаевн «Мамина совг1ат» ц1е йолу дийцаран 2 г1а..







Выбранный для просмотра документ Урок 93 Бекхам .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема : «Бекхам» (Туьйра)

1алашо: халкъан туьйра «Бекхам» довзийтар; нийса а , кхеташ а , шера а туьйранаш деша 1амор. Туьйранашка безам кхоллар.

Билгалъяьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а туьйранаш деша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета ,хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, туьйранан чулацам схьабийца. Берашна 1емар ду т1айп-тайпана амалаш евзар ю , диканиг схьаийца хуур ду , вониг д1ататта , цунах ларвала.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Туьйра «Бабин Ч1ирдиг» схьадийца)

Бераша схьадуьйцу туьйра.

  1. Мотт шарбар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Шина чиркхан ши шиша, шина шичин ши йиша

-Д1адеша чехкаалар меллаша.

-Д1адеша чехкаалар хезаш.

-Дагахь 1амаде.

«Г1иллакх оьздангаллин ваша ву».

-Д1адеша кица. Муха кхета шу цунах?

  1. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна 1амо билгалъяьккхина? (Туьйра «Бекхам»)

-Муха болх бийр бу аша и произведени дика 1амийта?(Бераша план х1оттайо )

-Вайна тахана девзар ду туьйра «Бекхам» , нийса а, а кхеташ а шера туьйранаш деша. Шуна 1емар ду туьйранах кхета , чулацам схьабийца.

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу туьйра «Бекхам»

аь)Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Муьлш хилла ши доттаг1? (Цхьогал , ч1ерийдохург ши доттаг1 хилла)

-Х1ун кхайкхира цхьогало хьошалг1а? (Цхьогало хьошалг1а кхайкхира ч1ерийдохург)

-Х1ун кхача кечбира цхьогало? (Цхьогало худар дира хьешана)

-Муха охьадиллира цхьогало худар? (Цхьогало худар бошхепа чохь охьадиллира)

-Стен диира худар? (Цхьогало ша диира дерриге худар)

-Х1унда ца диира худар ч1ерийдохурго? (Цуьнан ехачу з1окаца ца даалора худар)

-Муха д1аса къаьстира ши доттаг1? (Ч1ерийдохарго ша йолчу хьошалг1а кхайкхира цхьогал)

-Маса деера цхьогал хьошалг1а ч1ерийдохург йолчу? (Г1аьххьа хан яьлча цхьогал деера ч1ерийдохург йолчу)

-Х1ун кечйира ч1ерийдохурго? (Ч1ерийдохурго ч1ерий а лецна царна хаза чам бира )

-Муха хьалхадехкира цо уьш? (Деха лаг долчу кхаби чохь хьалха дехкира цо уьш)

-Стен диира ч1ерий? (Ч1ерийлецарго дерриге ч1ерий ша диира)

-Х1унда ца диира ч1ерий цхьогало? (Цуьнан корта кхаби чу ца болура)

-Цул т1аьхьа хиларий церан доттаг1алла? (Цул т1аьхьа церан доттаг1алла галделира)

-Мичахь ехара ч1ерийдохург ? (Эрзаш юккъехь)

-Мичахь дехара цхьогал? (Цхьогал хьунхахь дехара)

-Х1унда галдаьлла цу шиннан доттаг1алла? (Цаьршимма вовшашца нийсо ца лелийна , г1иллакх ца лелийна)

5. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1адоьшу туьйра «Бекхам» меллаша.

аь) Бераша д1адоьшу туьйра «Бекхам»хезаш.

б) Бераша д1адоьшу туьйра «Бекхам» з1енаца.

7. Рефлекси.

-Муха болх бира аша урокехь? Шайн дог-ойла гойтуш смайлик йилла.

8.Жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира вай тахана? (Туьйра «Бекхам»)

-Стенах лаьцна яра иза? (Доттаг1аллех)

-Хиллий иза боккъал доттаг1алла? (Ца хилла)

-Х1унда ? (Цу шиннан дахар , амалш тайп-тайпана ду)

-Муха кхета шу вай 1амийначу кицанах? (Г1иллакх доцчу адамана ваша , доттаг1 ца оьшу)

9.Ц1ахь бан болх балар.

Туьйра «Бекхам» схьадийца.





Выбранный для просмотра документ Урок 94. Тешам боцу лулахой.docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема : «Тешам боцу лулахой» (Туьйра)

1алашо: халкъан туьйра «Тешам боцу лулахой» довзийтар; нийса а , кхеташ а , шера а туьйранаш деша 1амор. Туьйранашка безам кхоллар.

Билгалъяьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а туьйранаш деша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета ,хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, туьйранан чулацам схьабийца. Берашна 1емар ду т1айп-тайпана амалаш евзар ю , диканиг схьаийца хуур ду , вониг д1ататта , цунах ларвала.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Туьйра «Бекхам» схьадийца)

Бераша схьадуьйцу туьйра.

  1. Мотт шарбар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Со шершачохь ча чу ца шерша, ча шершачохь со чу ца шерша.

-Д1адеша чехкаалар массра цхьана меллаша.

-Д1адеша чехкаалар массра цхьана хезаш.

-Дагахь 1амаде.

3. 3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна 1амо билгалъяьккхина? (Туьйра «Тешам боцу лулахой»)

-Х1ун болх бийр бу вайи за дика 1амийта?

-Вайна девзар ду шира туьйра «Тешам боцу лулахой» . Шуна 1емар ду нийса а , шера а, кхеташ а дийцаран тексташ еша. Шуна хуур ду дика а вон а амалаш йовза. Шуна 1емар ду диканиг схьаэца , вониг д1ататта.

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу туьйра «Тешам боцу лулахой» ц1е йолу туьйра

аь) Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Муьлш хилла лулахой? (Чай ,хьакхий, борззий цхьана , цициг , цхьогал , пхьагал цхьана дехаш хилла уьш лулахь)

-Муха йисина ча, борз, хьакха? (Даа х1ума доцуш)

-Х1ун хьажийна чано жижиг деха? (Чано жижиг деха хьажийна борз лулахошка)

-Деллий лулахоша царна жижиг? (Ца дела)

-Х1ун аьлла цхьогало ? (Д1о чуьра берзан кортий, накхий ло царна)

-Муха хетта барзана и? (Борз ч1ог1а кхераелла едда д1аяхана )

-Х1ун аьлла цо ц1ахь? (Ц1ахь бацара уьш аьлла)

-Х1ун хьажийра чано шолг1а ? (Шолг1а хьажийра хьакха духалург жижиг деха)

-Х1ун ло элира цхьогало хьакхина? (Д1о чуьра хьакхи корта а, накха а ло царна аьлла)

-Х1ун дира хьакхано? (Хьакха кхераелла едда д1аяхара)

-Х1ун яхара кхоалг1а жижиг деха? (Ча ша яхара жижиг деха)

-Х1ун ло элира цхьогало цунна? (Ло цунна ченан корта , накха элира )

-Х1ун дира чано? (Ча кхераелла едда д1аяхара)

-Х1ун дира чано? (Шен лулахой хьошалг1а кхайкхира)

-Хунда кхайкхира чано лулахой хьошалг1а? (Цаьрца та дагахь , даарш кечдина хьошалг1а кхайкхина чано уьш)

-Х1ун моьттина цхьогална ? (Шаьш халлакдан ча г1ера моьттина)

-Муха бахана цхьогалг1ар хьошалг1а? (Топ а кхуьйсуш , «чан корта со воцчу к1ентан бац» бохуш бахана)

-Х1ун дина чано , цуьнан накъосташа х1орш бог1уш байча? (Уьш кхерабелла д1алевчкъина)

-Мича лечкъина ча? (Ча дитта т1е яьлла)

-Мича лечкъина хьакха ? (Хьардашна буха йоьлла)

-Мича лечкъина борз? (Бердах йоьлла)

-Х1ун карийна цхьогалг1арна? (Шортта даарш карийна, дууш 1аш хилла)

-Хун дина цициго? (Арадаьлла)

-Цунна х1ун гира? ( Хьардаш метах хьуьйш гира)

-Х1унда кхийтира иза царна т1е? (Дахка бу моьттуш цициг хьардашна т1екхийтира , хьакха кхераелла едира.)

-Стенга делира цициг? (Кхераделла цициг дитта т1е делира)

-Х1ун дира чано? (Ша яа цициг долу моьттуш , дитта т1ера чу иккхира)

-Х1ун дира барзо? (Дитта т1ера чуйог1уш чано ма1арш хьаькхча борз кхераелла бердах яхара)

-Муха бехира уьш цул т1аьхьа? (Дика)

5. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)

6. КЕрла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1адоьшу хезаш массара цхьана «Тешам боцу лулахой» ц1е йолу туьйра.

аь) Бераша д1адоьшу меллаша массара цхьана «Тешам боцу лулахой» ц1е йолу туьйра.

7. Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1еми шуна?

8. Жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира вай? (Туьйра «Тешам боцу лулахой»)

-Хьанах лаьцна дара иза?

-Х1унда тоьлла цхьогалг1ар? (Церан хьекъало , майралло толийна)

-Муха баха беза лулахой?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Туьйра «Тешам боцу лулахой» ц1е йолу туьйра схьадийца кечам бе.









Выбранный для просмотра документ Урок 1 Даймехкан косташ А.Сулейманов .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Даймехкан косташ» А.Сулейманов.

1алашо: А.Сулеймановс язйина «Даймехкан косташ» ц1е йолу стихотворени йовзийтар; нийса , шера кхетеш стихотворни тексташ еша 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни ттексташ еша; берашна 1емар ду хьехерхочун хаттаршна жоьпаш даларца къамеле бовла къамел д1адахьа.Берашн кхетар бу «Даймохк»боху дашах, дешан мах хадо, цунах дозалла дан 1емар ду.Берашна евзар ю Нохчийн Республикан Гимн.Берашна евзар ю «Дешараран книжка», берашна хуур ду книжки т1ера произведенин тидамбарца 1амошдолчу декъехь хинболу кхиамаш билгалбаха, урокан план х1отто а, цу планан рог1аллица дешаран навыкаш караерзо а 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1 Маршалла хаттар.

-Бераш, шу марша дог1ийла!

-Тахана 1 ра сентябрь ду-иза вайна мА-хаара Хаарийн де ду.Муха хетта шуна таханалера де?(Берийн жоьпаш)

-Дагадаийта шаьш дуьххьара школе даьхкина де.Муьлха шо дара иза?(Берийн жоьпаш)

-Шуца мила вара цу дийнахь? (Берийн жоьпаш)

-Х1инца вайн «Нохчийн литера тура» ц1е йолу предмет.Схьаэца шайн партанаш т1ера книжкаж.Мила ву цуьнан автор ?(Солтаханов Э)

-Нийса боху.Авторо шу дукхадезарца ялийна кху книжки т1е гуттара тоьлла произведенеш.И тешна ву уьш аша дика 1амориг хиларх.

-Д1аелла книгин 3-г1а аг1о.Цу т1ехь йолчу произведенин ц1е еша.Х1ун ю Гимн? (Вайн холкъан коьрта илли ду)

-Мила ву цуьнан автор? (Кадыров Х-А)

-Гимн олуш муха ладог1а деза цуьнга? (Нийса д1а а х1оьттна ладог1а деза)

-Х1унда? (Вайн халкъан коьрта илли ду иза)

-Ладог1ал Нохчийн республикан Гимне.(Латайо запись)

2.Дешаран книжкин хьалхара дакъа довзийтар, цу т1ера произведенеш йовзийтар.

-Д1адеша вай 1амо долош долу дакъа. (Даймехкан косташ)

-Муьлха дийцарш ду цу декъехь 1амо билгалдаьхна?

-«Даймохк» А.Сулейманов, «Ненан мотт» Ш.Арсанукаев.

-Муьлш бу церан авторш?

-Стенах лаьцна хир ю и ши произведении? (Даймахках лаьцна)

-Х1ун кхиамаш бохур бу вай «Даймехкан косташ» стихотворени 1амош? Х1оттае план.

-Суна евзар ю А.Сулеймановс язйина «Даймехкат косташ» ц1е йолу стихотворении.

-Суна 1емар ду нийса а, шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша .

Нийса боху кху декъа т1ехь вайна евзар ю Даймахках лаьцна произведенеш.

Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша.

Вайна 1емар ду Даймохк бохучу доккхачу дашан чулацам бовза.

2.1алашо билгалъяккъар, белхан план х1оттор

-Д1аеша вай тахана 1амо билгалъяьккхинчу произведенин ц1е?(Даймехкан косташ)

-Муьлха ву цуьнан автор? ( А.Сулейманов)

-Х1ун кхиамаш хир бу вайн тахана ?Х1ун дан ницкъ кхочур бу шун кху произведении 1аморца?

Суна евзар ю А.Сулеймановн «Даймехкан косташ» ц1е йолу стихотворении.

Суна 1емар ду нийса , кхеташ, шера стихотворни тексташ еша.

Сан ницкъ кхочур бу хьехархочун хаттаршна жоп дала.

-Нийса боху , вайна тахана евзвр ю А.Сулеймановс язйина байташ.Шуна 1емар ду нийса, кхеташ , шера стихотворни тексташ еша , 1емар ду оьшург текстехь лаха.

3.Керла тема хьехар.

1.Дешаре шовкъ кхоллар.

Хьехархочо д1айоьшу байт

Деригге дуьна схьадаларх сайна

Дуьненан бахамаш кхийдабарх схьа

Хуьйцур бац сан Даймохк

Ког биллал меттиг а ду и сан ц1а.

-Стенах лаьцна ю байт? (Даймахках)

-Муха хетта авторна шеен Даймохк? (Къаста де жоп: дозалла до, беза, тамаш бо, ца беза, хаза хетта)

-Стенах хиира шуна иза? (Дуьненан бахамех хуьйцур бац боху автора шеен Даймохк)

-Шун х1ун аьлла хета: стенах олу Даймохк?

-Даймохк иза хьо чура ара ваьлча гуш долчу бецана т1ера , зезегашна т1ера , дитташна т1ера, олхазаршна т1ера , акхарошна т1ера , хьан доьзална , юьртана , махкана т1ера д1аболало.Даймохк иза хьо вина , кхиъна , хьан да-нана дина кхиъна мохк бу.

Сада1аран миноташ.

Дехкий девдда даьхкира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Маса сахьт даьлла хьаьвсира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Пису дог1у довдалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Сихха гена довлалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.



2. «Даймехкан косташ» стихотворении йовзийтар А.Сулеймановс язйина.

3.Чулацамах кхетам балар.

-Д1абеша хьалхара биъ мог1а.

-Х1ун кхайкхам бо автора вага? (Даймахкана ч1аг1о хилее х1отта боху)

-Х1ун ч1аг1о ялан ницкъ кхочур бу шун вайн Даймахкана?(Берийн жоьпаш)

-Шуна х1ун аьлла хета: аша дика дешча Даймахкана ч1аг1о хир юй?

-Кхин х1ун кхайкхам бо автора? (Вайн дахаран беш совйоккхуш цхьа-ши синтар дог1а боху)

-И кхайкхам кхочушбан ницкъ кхочур буй вайн? (Берийн жоьпаш)

-Д1абеша т1аьхьара барх1 мог1а. Стенах лаьцна дуьйцу царна т1ехь? (Ирсах, беркатах, бартах лаьцна)

-Х1ун боху царах лаьцна? (Уьш цхьана бен мегаш дац, царах цхьаъ делча кхуьа а ле)

-Шуна х1ун аьлла хетта: шун доьзалехь дуй и кхо х1ума?

-Вайн махкахь дуй и кхо х1ума?Х1унда?(Къаста де жоп : вай дика дехаш ду, нах болх беш бу, нах болх беш бац, бераш школе оьхуш ду , дац, нах маьрша баха , бахка йиш йолуш бу , , бац)

3.Бераша шаьш д1айоьшу А.Сулеймановс язйина «Даймехкан косташ» ц1е йолу стихотворении.

5.Рефликси.

-Муьлха дакъа долийна вай тахана? (Даймехкан косташ)

-Муьлха стихотворенийийшира вай?

-Мила ва цуьнан автор? (А.Сулейманов)

-Х1ун керланиг 1емира шуна? Дагаяийта план.Х1ун дан ницкъ кхечи шун?

Суна евзи…

Суна 1еми…

Суна хии..

6.Ц1ахь бан болх.

Дагахь 1амае А.Сулеймановс язйина «Даймехкан косташ» стихотворении. Аг1о-4-5.

Выбранный для просмотра документ Урок 10. Гуьйре т1екхочуш. Хь Хасаев..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема : дийцар «Гуьйре т1екхочуш» Хь. Хасаев.

1алашо : Хь. Хасаевн керла дийцар « Гуьйре юлуш» берашна довзийтар ; нийса а , шера а кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор . Ойлаяр , тидамбар кхиор. 1аламе безам кхоллар , цуьнан доладан лаам кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду дийцаран тексташ меллаша ешарна т1ера ч1ог1а ешара боьрзуш еша ; берашна 1емар ду предложенин чаккхе соцунг1а ярца дилгалъяккха. Берашна 1емар ду дийцаран текстахь буьйцучу матах кхета , цхьацца долу аларш талла.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша схьайуьйцу Х.Эдиловн « Гуьйре» ц1е йолу стихотворении.

2. Мотт шарбар.

Суна- 1ежаш,

Хьуна- кхораш,

Кхунна- баьллаш

Цунна- хьечаш ,

Т1аьхьависнарг

Мила ву?

Цо б1аьргаш

Д1ахьаббийр бу?

-Д1аеша меллеша цхьанаэшарехь масса ра цхьана.

Д1аеша ч1ог1а цхьанаэшарехь.

-Д1аеша массара чехка.

-Д1аеша кхетош.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар девзар ду вайна тахана? ( Гуьйре т1екхочуш)

-Мила ву цуьнан автор ?(Хь Хасаев)

-Х1ун болх бийр бу вай дийцар 1амош?

Суна девзар ду керла дийцар

Суна вевзар ву цуьнан автор..

Суна 1емар ду…

Суна хуур ду.

-Бераш , вайна тахана девзар ду керла дийцар «Гуьйре т1екхочуш», цуьнан автор. Вай 1амор ду нийса а кхеташ а , шера а еша. Вай 1амор ду дийцарна юккъара цхьацца аларш талла.

4.Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Хь. Хасаевн керла дийцар «Гуьйре т1екхочуш»

Аь) Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю дийцар т1ехь ялийнарг? (Гуьйре)

-Муьлш бара гуьйренна кечам беш ? (Мангалхой)

-Муха хуьлура аьхка Орга? (Букъарш санна дуькъа)

-Х1инца муха дог1ура орга? (Иза дистинчура чудоьжнера)

- «Дистинчура чудоьжна» бохучух муха кхета шу? ( Органан хи лахделира)

-Х1ун до г1арг1улеша ? (Уьш маьхьарца д1айоьлху)

-Халкъан муьлха алар ду цу т1ехь далийна ? (« Малх ц1а кхочу»)

-Х1ун хаьа шуна « Малх ц1а кхачарх» ? (Иза гуьйре юлу зама ю)

-Стено хаам бо малх ц1акхаьчнийла, гуьйренан хьалхара де дуй? (Балгаша , цара еллаяла юьйлало 23 чу сентябрехь балгийн заза мажло. Цу дийнахь ц1а кхочу малх)

Дошам

Жут- гарг1улин тоба.

Динберг- бецан тоба

Кесарш- йол асанашца охьайиллар.

Ха хорцуш- д1адоьду меттиг хуьйцуш.

5.Сада1аран миноташ.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь д1адоьшу дийцар массара цхьана.

аь) Бераша меллаша д1адоьшу дийцар цхьана.

б) Бераша ч1ог1а д1адоьшу дийцар.

в) Къастош ешар.

-Муха кечамбо мангалхоша? Д1аеша и к1айдарг.

-Муха хийцамаш хуьлу Органан гуьйранна? Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун боху г1арг1улех лаьцна? Д1аеша к1айдарг.

-Д1ун боху динбергах лаьцна ? Д1аеша и меттиг.

г) Сурташ дахкар.

(Бераша дохку шайна хазеллачу к1айдаргана)

7.Рефлекси.

Х1ун керланиг 1емира шуна урокехь? Х1ун дан кечам бара шун ? Х1ун дан ницкъ кхечира вай ? Х1ун диси даза?

8.Жам1 дар.

-Муьлха произнведении евзира вайна ?

-Муьлха ву цуьнан автор ?

-Кхин муьлха произведенеш евза шуна Хь Хасаевн ?

-Стенах лаьцна ю уьш?

9.Ц1ера болх балар.

Шера д1адеша Хь Хасаевн « Гуьйре юлуш» дийцар..



Выбранный для просмотра документ Урок 11 .Г1арг1улеш Д. Кагерманов. .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: стихотворени «Г1арг1улеш» Д.Кагерманов.

1алашо: Д. Кагермановн «Г1арг1улеш» ц1е йолу стихотворени йовзийтар ; нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша 1амор .Оцлаяр , тидаме хилар кхиор. 1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш : дерашна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша ; берашна 1емар ду меллаша ешарна т1ера ч1ог1а а бовлуш еша . Берашна хуур ду стихотворни текстан башхалла йовза.

  1. Ц1ера болх таллар.

Бераша д1адоьшу Хь. Хасаевн «Гуьйре т1екхочуш» ц1е йолу дийцар.

  1. Мотт шарбар

Д1акхайкхира шайга Адам

Йистхилира цуьнга Падам:

«Д1а а кхаллий х1ара ц1азам,

Г1абакхаш д1аехьа , Адам»



Ас дохур ду гунаш самса,

Ц1азам белахь багахь саца.

Иштта йийча уьш сов мерза

Хуьлу бохуш сунна хезна.

(Ш. Хасаров.)



-Д1аеша меллаша дешдакъошца цхьана массара.

-Д1аеша ч1ога цхьана.

-Д1аеша чехка массара цхьана.

-Муьлха ц1ердешнаш ду стихотворении юкъахь ? (Адам , Падам , ц1азам, г1абакх)

-Шина тобане декъа уьш. Муьлха дешнаш далийна хьалхарчу тобане ? ( Адам , Падам)

-Шолг1ачу ? (Ц1азам, г1абакх )

-Муьлха чу билгалонашца дийкъира аша уьш ? ( Долара , юкъара)

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведении евзар ю вайна тахана ? (Г1арг1улеш)

-Мила ву цуьнан автор? ( Д. Кагерманов)

-Муьлха кхиамаш бохур бу аша произведении толлуш?

( Бераша шайна план х1оттайо)

  1. КЕрла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1айоьшу Д. Кагермановн «Г1арг1улеш»

аь) Чулацамах къамел балар.

  1. Сада1аран миноташ.

  2. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1айоьшу стихотворении « Г1арг1улеш»

Меллаша цхьанаэшарехь д1аеша стихотворен.

Ч1ог1а цхьанаэшарехь д1аеша стихотворен.

Кхетош д1аеша стихотворении.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Х1ун ц1е туьллур яра ахьа стихотворенина ?

-Шеран муьлха зама ю стихотворенит1ехь ялийна ? (Гуьйре)

-Д1адеша хьалхара дакъ.Гуьйренан муьлха билгалонаш ялийна цу мог1анаш т1ехь ?(Г1арг1улеш д1айоьлху)

-Д1адеша шолг1а дакъа.Муьлха билга лонаш ялийна цу юкъахь? (Ч1ег1ардигаш д1адахана )

-Д1адеша т1аьххьра дакъа. Муьлха билгалонаш ю цу юкъахь? (Полларчий а дац гуш)

-Кхин х1ун хийцамаш бевза шуна гуьйренан 1аламехь ? ( берийн жоьпаш)

б) Суьрташ дахкар.

( Бераша суьрташ дохку гуьйренан 1аламах лаьцна)

  1. Рефлекси.

  2. Жам1 дар.

-Муьлха произведениевзира шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Кхин муьлха произведении йийшира вай Д.Кагермановн?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Д.Кагермановн « Г1арг1улеш» дагахь 1амор.

Выбранный для просмотра документ Урок 12 Стоьмийн бешахь .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература(Аг1о 20-21 )

Тема : «Стоьмийн бешахь» 1 .Гайсултанов.

1алашо : 1. Гайсултановн дахар , кхолларалла, дийцар « Стоьмийн бешахь» довзийтар. Нийса а , шера а , кхеташ а еша 1амор. Ойлаяр , тидамбар кхиор. 1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашана 1емар ду нийса , шера дийцаран тексташ еша; берашна 1емар ду меллеша цхьанаэшарехь ешарна т1ера ч1ог1а ешаре е боьрзуш дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду шаьш ешна текст талла , текста юкъара аларш талла .

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша схьайуьйцу Д.Кагермановн «Г1арг1улеш» ц1е йолу стихотворении.

2. Мотт шарбар .

Зингат.

Дийнахь сарралц

Арахь малхехь

Жима зингат

Болх беш ду,

Дургал хьерчош,

Буьртг керчош,

1аьнна рицкъа гулдеш ду.

Араяла 1аьржа чхьаьвриг

Мало ма е жуккар ахь.

Ирсе веха шен г1улкх дийриг

Нахала волу вижна 1ахь.

Зингат, зингат

Хьайн болх бе ,

Тхо къахьега 1амаде.

1 .Хатуев.

-Меллаша дешдакъошца еша.

Меллаша цхьанаэшарехь д1аеша массара цхьана.

-Ч1ог1а д1аеша массара цхьана.

-Муьлха сагалматаш ду байта т1ехь далийна ? (Зингат, жуккар , чхьааьвриг )

-Х1ун хаьаьа шуна царех лаьцна?

-Х1ун де боху сагалматашка? (Къахьега)

-Стенах лаьцна хир ду тахана 1амор долу дийцар? (Къинхьегамах)

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведении евзар ю вайна тахана ? (Стоьмийн бешахь)

-Мила ву цуьнан автор? ( 1 . Гайсултанов)

-Х1ун болх бийр бу аша и произведени дика 1аморехь? Х1оттае шайн белхан.

( Бераша х1оттайо план)

-Вайна тахана девзар ду 1 . Гайсултановн дахар , кхолларалла , цуьнана дийцар « Стоьмийн бешахь» . Вайна 1емар ду дийцаран тексташ еша, чулацамах лаьцна шайна хетарг ала.

4.Керла тема хьехар.

а) Яздархочунах лаьцна дош. (Юххедиллар)

1умар Эдилсултанович Гайсултанов

-нохчийн сийлахьцу яздархойх цхьаъ ву.

Гайсултанов 1умар вина 1920 шарахь Шелахь ахархочун доьзалехь.Гайсултановс шеен произведенеш леррина берашна язйина, цундела ву иза берийн яздархо.

Юьртара школа чекхъяьккхина Гайсултановс доьшу рабфакехь.

1941 шарахь эскаре воьду Гайсултанов. Цу хенахь цо дакъа лоцу луьрачу т1амехь.1943 шарахь ч1ог1а чов а хуьлий эскарера мокъавуьту 1умар.Иза д1ахьажаво Сибрех, кхузахь бара цуьнан доьзал. Болх бан волало Киргизийн финансови органшкахь.

Гайсултанов яздан волавелла 1950 шарахь.Дуьххьара араяьлла цуьнан книга «Болат –Г1ала йожор».Иза ч1ог1а хазахеташ т1еийцира массара а.Цу т1ехь цо гойту ширачу заманахь нохчийн г1иллакхаш , 1адаташ.

Гайсултановн коьрта теманаш –берийн дахар, церан г1уллакхаш, царна хазделларг.Уьш ешча вайна шуьйра гучудолу цо берийн амалаш дика 1амийна хилар.

Берашна лерина дукха пьесаш а язйина гайсултановс.Уьш ю : «Турпал», «Дашо б1араш» иштта кхин д1а а.





аь) Хьехархочо д1адоьшу дийцаран 1-ра дакъа.

5. Сада1аран миноташ.

6.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь д1айоьшу меллаша дийцаран текст.

аь) Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1а д1айоьшу текст.

б) Чулацамах лаьцна кхетам балар.

-Стенах лаьцна ду дийцар? (Стоьмийн бешах)

-Стенга боьлхуш бара бераш? (Экскурсе стоьмийн беша)

-Муха дара бешахь? (Хезаш эшарш яра)

-Муха дара дитташ? (Лахенга кир тоьхна дара)

-Мичахь сацийра Султана машен? (Бераш долчохь)

-Х1ун хаьттира Султана берашка ? Д1аеша и предложении.

-Муха жоп делира бераша? Д1аеша.

-Муьлха хаттар делира шолг1а? Д1адеша.

-Муха жоп делира бераша? Д1адеша жоп.

-Муха бераш хетта шуна уьш ?

-Аша бийр барий иштта болх ? Х1ун юьйр яра аша ?

-Х1ун йо цу стоьмех? (Варени, компот)

-Стенна оьшу стоьмаш баар? (Цаьрца ду витаминаш , уьш могушаллина пайде ду)

В) Бераша шайн дагахь йоьшу.

г) Бераша суьрташ дохку гуьйренан стоьмийн бешан.

7.Рефлекси.

-Х1ун болх бара аша бан билгалбаьккхина?

-Х1ун дан ницкъ кхечи шун? Х1ун диси данза?

8.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира аша?

-Мила ву цуьнан автор?

9.Ц1ахь бан болх балар

Шера д1адеша 1. Гайсултановн « Стоьмийн бешахь»







Нохчийн литература(Аг1о 21-22)

Тема : «Стоьмийн бешахь» 1 .Гайсултанов.

1алашо : 1. Гайсултановн дахар , кхолларалла, дийцар « Стоьмийн бешахь» довзийтар. Нийса а , шера а , кхеташ а еша 1амор. Ойлаяр , тидамбар кхиор. 1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашана 1емар ду нийса , шера дийцаран тексташ еша; берашна 1емар ду меллеша цхьанаэшарехь ешарна т1ера ч1ог1а ешаре е боьрзуш дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду шаьш ешна текст талла , текста юкъара аларш талла .

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша д1адоьшу . Гайсултановн « Стоьмийн бешахь» дийцар.

2. Мотт шарбар .

hello_html_m154dd9f9.png

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар доьшур ду вай тахана? («Стоьмийн бешахь» дийцаран 2-г1а дакъа.

-Мила ву цуьнан автор? (1. Гайсултанов)

-Х1ун болх бийр бу вай и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш хир ба вайн? Х1оттае план.

-Бераш, вай тахана д1адоьшур ду 1. Гайсултановс яздинчу «Стоьмийн бешахь» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа. Шуна 1емар ду нийса а , шера а дийцаран тексташ еша.

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу 1. Гайсултановн «Стоьмийн бешахь» дийцаран 2-г1а дакъа.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Муха болх бу бошмаш лелор? (Самукъане)

-Х1ун дан деза дите дика стом балийта? (Дитт 1алашдан деза)

-Муха 1алашдо дитт? (Лахене кир туху , молханаш туху..)

-Мила ву Мичурин? (Цо стоьмийн керла сорташ яьхна)

-Х1ун елира берашна экскурсе баханчарна? (Стоьмаш)

-Шу долчухь юй стоьмин бошмаш?

-Аша бийр барий бошмашкахь болх?

5. Сада1аран миноташ.

6.Керла тема кхин д1а а хьеха.

а) Бераша цхьанаэшарехь массара цхьана меллаша д1адеша 1. Гайсултановн «Стоьмийн бешахь» дийцаран 2-г1а дакъа.

аь) Бераша цхьанаэшарехь массара цхьана ч1ог1а д1адеша 1. Гайсултановн «Стоьмийн бешахь» дийцаран 2-г1а дакъа.

-Х1ун хьоьху вайна дийцаро? Къастаде жоп.

  • Болх ца бан

  • Болх дукхабеза

б) Суьрташ дахкар.

-Бераш суьрташ дахка «Стоьмийн беш» темина.

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бу шун тахана?

8.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира аша?

-Мила ву цуьнан автор?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша 1. Гайсултановн «Стоьмийн бешахь» дийцаран 2-г1а дакъа д1адеша.













Выбранный для просмотра документ Урок 14. Гуьйренан суьрташ Э.Мамакаев..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Гуьйренан суьрташ» Э. Мамакаев. (Аг1о 23-24)

1алашо : Э.Мамакаевн дахар , кхолларалла , цуьнан «Гуьйренан суьрташ» ц1е йолу стихотворени йовзийтар . Нийса а , кхеташ а , стихотвоорни тексташ еша 1амор. Ойлаяр , тидамбар кхиор. 1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна хуур ду кхетош , яздархочун дог- ойла а гойтуш , стихотворни тексташ еша. Дерашна 1емар ду текста юкъара цхьацца аларш талла, цу стихотворенех лаьцна шайна хетарг ала.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Бераша д1адоьшу 1. Гайсултановн «Стоьмийн бешахь» ц1е йолчу дийцаран шолг1а дакъа.

2.Мотт шарбар.

Дог1а

Дог1а доьлху, дог1а доьлху,

Б1аьрхиш 1енош, стигал йоьлху.

Корах ара бераш хьуьйсу,

Г1оле йолу меттиг къуьйсу.

- Д1ахила, д1авала хьо,

Дог1ане хьажийта со.

Т1адамаш лаьттах деттало,

Буьрка санна, кхиссало.

Бода эккхош, хаьштиг туьйхи,

Серлаели анайист.

Къинхетам бар Деле дийхи.

Шу ма хила цхьа а дист.

(С. Эдилов)

- Д1аеша массара дешдакъошца цхьанаэшарехь.

-Д1аеша массара цхьанаэшарехь массара меллаша.

-Д1аеша цхьанаэшарехь массара ч1ог1а.

-Стенах лаьцна ю байт? Шеран муьлхачу заманчохь дог1у иштта дог1а ? (Аьхка)

-Х1инца муьла хан ю вайна ? (Гуьйре)

-Муха хуьлу гуьйренан дог1а? ( Стигал ца къекъа , дог1а шийла а хуьлу)

3.Урокан 1алашо йовзийтар, белхан план х1оттор.

-Д1аелла учебникан 22 г1а аг1о. Муьлха произведени 1амор ю вай тахана урокехь ? ( Стихотворени « Гуьйренан суьрташ»)

-Мила ву цуьнан автор? (Э. Мамакаев)

-Х1ун болх бийр бу вай и стихотворени дика 1аморехь?Х1оттае план. (Берийн жоьпаш)

-Вайна тахана девзар ду Э. Мамакаевн дахар , кхолларалла, цуьнан керла произведени « Гуьйренан суьрташ») . Вай 1амор ду нийса а , шера а , кхетош а стихотворени еша. Вайна 1емар ду гуьйренан башхаллаш йовза , текста юкъара аларш талла.

4. Керла тема хьехар.

А) Яздархочух дош.

аь) Хьехархочо д1айоьшу Э. Мамакаевс язйина « Гуьйренан суьрташ» ц1е йолу стихотворени.

-Бераш, муха кхета шу «Гуьйренан суьрташ» бохучу аларх»? (Гурах хуьлу хийцамаш бохург ду)

-Х1ун хийцамаш хуьлу гурахь? Стенах лаьцна хир ю стихотворени? (Гурахь 1алам шелло, дог1анаш хуьлу, олхазарш д1адоьлху, дитташ т1ера г1аш мажло)

-Аса кхетош д1айоьшу стихотворени, аша дика ладог1а.

5. Сада1аран миноташ.

Массара а йой аша 1уьйранна зарядка? Х1инца цхьаьнии яй вай иза?


Маьлхан серло яржале -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1енаш лахка, човхаде -

Цхьаъ, шиъ - кхоъ.

Йиша,ваша г1аттаде

-Цхьаъ -шиъ - кхоъ.

Физзарядкайолае

-Цхьаъ - ш иъ -кхоъ.

Т1аьхьара алар:

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Меттахвала, кхоссало

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1аж схьалаца, кхозало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Куьйгаш айба, волало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Ницкъ бохьур бу боларо -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

(Цугаев Салман)


XIapa физминот музыка а локхушян тарло. Багаь xiapa йиша локхуш зарядка яйта тарлуш ду.

6. Керла тема кхин д1а ахьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь меллаша д1айоьшу стихотворени.

аь) Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1а д1айоьшу стихотворени.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Муьлха дилгалонаш хуьлу элира аша гуьйренан? (берийн жоьпаш)

-Кху т1ехь муьлха билгалонаш ялийна? Д1абеша хьалхара биъ мог1а.Муьлха билгалонаш ю цу т1ехь? (К1еза шелланна ц1ийза, уьйт1ахь можа патарш хьийза)

-Д1абеша важа биъмог1а. Х1ун башхаллаш ялийна царна т1ехь? (Мархаш дера ю , малх д1алечкъа, мохо кондарш керчайо)

-Д1абеша важа мог1анаш ? Х1ун хийцамаш хьахийна царна т1ехь? (Сарахь лайчимаш кхуьссу)

-Д1аеша чаккхе. Муха ду даьхнийн аертахь? (1аь г1уьтту)

-Цу дарригено арахь долу хьал муха гойту ? (Арахь ч1ог1а шийла ю)

-Маца хуьлу иштта шийла ? (Гуьйренан т1аьххьарчу деношкахь)

-Д1абеша т1аьххьара биъ мог1а. Хьан лур дара царна жоп?

Къастаде жоп:

Дуьне дохлой д1ах1утту,

Хишна шаш бо, ло дуьллу.




б) Бераша меллаша шайна йоьшу.

7. Рефлекси.

-Х1ун дара аша планаца дан билгалдаьккхина?Х1ун дан ницкъ кхечи шун? Х1ун диси ца далуш?

8. Жам1 дар.

-Муьлха произведени евзи шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Муха хета шуна и произведени? Х1ун ду гуттар а хазахетарг?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Э . Мамакаевн стихотворени «Гуьйренан суьрташ» дагахь 1амор.


«Гуьйре» темина суьрташ кечде .

Выбранный для просмотра документ Урок 15. Классал арахьара ешар Аьхке , гуьйре декъана.docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: классал арахьара ешар « Аьхке, гуьйре декъана»

1алашо : «Аьхке , гуьйре» декъехь 1амийна произведенеш карлаяхар. Дешаре , ненан матте безам кхоллар. Ойлаяр , дидам бар, накъосталла кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду 1амийна дийцаран к1айдарг ешарца и дийцар довза, ловзарен кепахь шайн хаамаш шорбийр бу , карлабохур бу бераша. Берийн кхуьур бу тобанашкахь бох бан лаам.

Урок д1аяхьар.

  1. 1алашо йовзийтар.

-Бераш шуна ма- гарра «Аьхке, гуьйре» ц1е йолу дакъа чакхдаьлла.Вай тахана ловзаран кепехь д1ахьур ду цу декъах баьхна кхиамаш таллар. Шайн класс шина тобане екъа. Х1ора тобанна ц1ераш тахка.Вайн ловзар д1ахьур ду керташкахь.





  1. Керт «Х1етал металш»

-Вай дуьххьара х1етал металийн кераткхечи. Хьанна деза шуна х1етал-металш?

1-ра тоба.

1.1аламца ю даим суьйре

Дашо духар долу.(Гуьйре)



2.Т1емаяьлла йоьдуш къамел до, охьахиъча -

д1асоцу.(З1уга)


3.Ша жима ду, амма мел йоккха х1ума такхайой

д1ахьо.(Зингат)



4.Шуьйрра доьллий ц1ийнан кор,

Гаьн т1ера ас боккху....(Кхор)

5.Сийначу бошхепа чухула бедда

боьду дашо 1аж? (Малх а, стигал а)

6.Мера к1елхула а хьийзаш, кара цайоггург? (Моза)

7. Шозза дуьненчу яьлларг ? (Олхазар)

2-г1а тоба

1.Бац и мангал, бац и марс.

Ю и бешахь кхуьу... . (Наьрс)

2.Горга ду и, амма малх бац,

можа ду я даьтта а дац,

ц1ога ду я дахка а бац? (Хорсам)


3.Етта а ца етта, дов ца до, амма велхаво? (Хох)


4.Къорза котам керта юххехь юса а елла 1а? (Хорбаз)

5.К1айниг лаьтта бухахь, баьццарниг т1ехула? (Хорсам)

6.Дитта т1ехь ца волуш лач,

Ас схьабоккху хьаьрса —(Хьач)


7.Эшарш лакха хаза, говза

Хууш ду тханбешахь .(Хьоза)...



  1. Керт « Вовза яздархо.

Хьехархосо х1иттадо яздархойн суьрташ ,кхечу нехан суьрташ, бераша схьакъастабо яздархой.Хьехархочо дагардо 20 т1е кхаччалц.Дукха къастина тоба тулу.

Э. мамакаев., Х. Нурадилов., 1 гайсултанов, А. Шарипов.,Хь. Хасаев ,Ж.Махмаев

Д. Кагерманов,М. Сулаев , Б. Сайтиев , А. Бакаев, Х. Дикаев,З. Муталибов.


4. Керт « Довза дийцар»

-Аса д1айоьшур ю дийцаран к1айдарг, шуна хаа деза иза муьлха дийцар ду.

«Бошмийн генашлахь эзар олхазарийн аьзнаш декара адамашна ца хуучу маттахь , кху аьхкенан хазалла хестош. Товсолтаг1еран кертарчу стелахаьштиго дагийначу дерзинчу кхуран гаьн т1ехь , цхьаъ-м дуь1цучух тера , вовшийн лера а таь1на, 1ара къоркхокхий.»

(Дог1а деанчул таьхьа)


«Адамаш –аьхкенах, накхармозий –зезагех даккхийдеш хуьлу. Малх ц1а кхочу цу хенахь.(Аьхке)


«Аьхкенан канникулаш чекхйовллалц , тхешан школерчу кха т1ехь белхаш бира оха. Тхаьшна къастийначу хесахь копастанаш а, помидораш а, наьрсаш а, хохаш а лелийра оха» (Оха болх а бо , деша а доьшу)


«Хьун ! Дечигаш , коьллаш , бецаш , ЗЕЗАГАШ , АКХАРОЙ , ДИЙНАТАШ… Берахь дуьйна вайна гуш ю уьш.Хьуьнца х1ун къайленаш ю аьлла хетадала тарло) (Комаьрша хьун)


  1. Сада1аран миноташ.


Хелха дуьйлу «т1ох-дап-т1ох»,

Тхайн ц1ахь чохь а, арахь.

Кхин дан х1ума ца хилахь,

Хелхар дийр ду школехь.

Хуьлий лахьо шианхо

Я т1ехдика дешархо.


Xlapa хелхар 1амаде,

Когаш хьайн ма кхоабе!

(Xlapa байташ а йоьшуш, куьйгаш хьала а дохуьйтий,уьш вовшах а детташ, юкъ-кара наг-наггахь когаш а тухуш,


  1. Керт « Чекхъяккха байт»


1.Ирс , ахь х1ун до? Стенга доьду?

Беркат долчу …

Барт, ахь х1ун до ? Стенга боьду?

Ирс хиллачу…



2.Хазнашлахь хазна ю

……….. къоман

Ненан мотт мел беха

.. къам дуьсу даха.



3.Олхазар ду хезаш …

1уьйренан хазалла хестош

Сийна буц тулг1е а етташ

Эсалчу мохо ю …


4. Мел мерза ю ….

Юу , юу , юу оха уьш.

Тхо вовшашка хьуьйсу доьлуш,

Хилларг х1ун ду ца …


5.Макъелла язъелла …

Т1екерча мархийн и ковра.

Ма муьста , муьста ю …

Дерзанца чуг1ерташ корах.


6.Зезагашна барташ дохуш,

Полларчий а ловзуш …

«Полла , хаза полла» , -бохуш,

. а уьдуш яц.


  1. Керт «Караде итт са , караде исс бер»

-Бераш кху заданица шу къаьстина тидаме хила деза , 2 минотехь шуна каро деза исс СА, ис БЕР,



hello_html_153a1e63.gif



  1. Рефлекси.

-Х1ун дара халаниг? Хазделларг?
















Выбранный для просмотра документ Урок 16. Сан даймохк..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: « Сан даймохк» (Аг1о25-26)

1алашо: дийцар «Сан Даймохк» довзийтар ; нийса а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор ; Ойлаяр , тидам бар кхиор. Даймахке безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур учебникан керла дакъа довза ; берашна хуур ду гергарчу хьесапехь цу декъехь шайн кхиамаш бовза , декъана план х1отто. Берашна 1емар ду нийса , шера дийцаран тексташ еша.

Урок д1аяхьар.

  • Ц1ера болх таллар.

-Бераша схьайуьйцу Э. Мамакаевн «Гуьйренан суьрташ» стихотворени.

2. Учебникан керла дакъа довзийтар.

а) Хьехархочо З. Сергановас язйина «Даймохк» д1айоьшу байт.



Де дине мел долу

Хьо хазлуш лаьтта.

Ма ирсе ю-кха со,

Дай баьхна латта!



Хьан турпал хиларо

Дог ловзадоху,

Хьан лаьмнийн хазалло

Б1аьрг серлабоху.



Хьан дайша лардинчу

Г1иллакхо хьоьху.

Сан даг чохь хьо цхьаъ бу,

Кхиниг ца оьшу.



-Стенах лаьцна б байт ? (Даймахках)

-Х1ун ю Даймохк? (Берийн жоьпаш)

-Муьлханиг бу шун Даймохк ? ( Нохчийчоь)

-Муха хета яздархочунна шен Даймохк? ( Иза ваккхийвуь Даймахках)

-Муьлха дог- ойла цуьнан ? ( Иза самукъане ю ша кху махкахь йина , кхиъна)

-Шуна безий шайн Даймохк ? Х1ун хаьа шуна шайн Даймахках лаьцна?

-Д1аделла учебникан 25 – г1а дакъа.

Д1аеша вай долш долчу декъан ц1е ? (1алам лардар- иза Даймохк ларбар ду»)

-Стенах лаьцна хир ду и дакъа ? (Даймахках , 1аламах)

-Хьан аьлла и дешнаш ? ( М. Пришвина)

-Мила в М. Пришвин?

-Муьлха произведенеш 1амор ю вай и дакъа толлуш?

« Сан Даймохк» , «Эвлахь» Р. Ахматова, « Бен» Хь. Хасаев, « Асвадан адамалла» Хь. Саракаев , « Экскурси» 1 . Гайсултанов, «Бохам» Хь. Хасаев.

-Х1ун кхиамаш хир бу вайн цу декъехь?

  • Вайна девзвр ду Даймахках , 1аламах лаьцна произведенеш.

  • Вайна бевзар бу керла яздархой.

  • Вайна 1емар ду Даймехкан 1алам довза , цуьнан хазалла ган.

  • Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни а , дийцаран тексташ еша.

3.Урокан 1алашо йовзийтар , план х1оттор.

-Муьлха дийцар девзар ду вайна тахана ? (Сан Даймохк»)

-Мила ву цуьнан автор? (М. Пришвин)

-И толлуш х1ун кхиамаш хир ба вайн ?



  • Суна девзар ду керала дийцар..

  • Суна хуур ду Даймехкан хазалла ган

  • Суна хуур ду нийса а , шера а дийцаран тексташ еша.



-Вайна девзар ду керла дийцар, 1емар ду и дийцар шера кхеташ деша. Вай 1емар ду чулацамах лаьцна хетарг ала.

3. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу «Сан Даймохк» ц1е йолу дийцар.

аь) Дошам

Г1аймакх- марха шура ц1иййича т1ехула лацалуш йолу.

4.Сада1аран миноташ.



Х1уттут

Хьехархочо цхьа дешархо г1анта охьахааво: иза х1уттут хир ю.


Хьуьнах екаш х1утту ю.

Х1уттут, х1уттут, жима х1уттут.

Бераш дагардан ма xlyттy: -

Х1уттут, xlyттут, - боху цо.

Ялх шо цо дагар ма до.

Юха т1емайолий, йоьду,

Кхечу диттана т1ейоьду.

Х1уттут, х1уттут - хаза корта,

Гаьн т1е хиъна иза 1а,

Корта хьийзош д1а а, схьа,

Массо aгlop хьажа г1ерта.

Т1емаш тухий, ц1еххьана

Къайлайолу и ханна.

(Бераш х1угтутана гонах хьийза. Х1уттуто шен хаза корта гой-

ту, д1ай-схьай хьийзабо, цхьана г1анта т1ера вукху г1анта хуу,

х1уттут бохуш, бераш дагардо

5.Керла тема кхин д1а ахьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1а д1адоьшу дийцар «Сан Даймохк»

аь) Бераша цхьанаэшарехь меллаша д1адоьшу дийцар.

б) Чулацамах къамел дар.

-Хьенан ц1арах язйина ю х1ара произведени? (Яздархочун ц1арах язйина ю)

-Х1ун хии шуна яздархочун бераллех лаьцна? (Берийн жоьпаш)

-Д1аеша яздархочо талларх лаьцна язйина меттиг. Х1ун маь1на дара цуьнан «талларан»? (Цуьнан таллар керланиг лахар , хаар дара)

-Шен къоначу доттаг1ошна х1ун хьехамаш бо яздархочо? (Вай вешан 1аламн дай ду. иза вайн дахаран хазна ю. И ларъярх тоам бан ца оьшу, уьш гучуяха , гайта еза. Ч1ерашна ц1ена хи деза- лардер вай хиш. дийнаташ ду – ларъер вай хьаннаш, Ч1ерана –хи, олхазарна- х1аваъ,экхана хьун, лаьмнаш дееза. Адамашна Даймохк оьшу» -боху яздархочо)

-« 1алам лардар- иза Даймохк ларбар ду» бохучух муха кхета шу?

-Аша х1ун дийр дара 1алам лардан? (Берийн жоьпаш)



в) Бераша шаьш-шайна д1адоьшу дийцар.

7) Суьрташ дахка.

  • 1-ра тоба «1алам бехделча»

  • 2-г1а тоба «Ц1ена 1алам»

5. Рефлекси.

-Х1ун дан ницкъ кхечи шун? Х1ун диси данза? Х1ун ду шуна керла 1еминарг?

6. Жам1 дар.

-Муьлха дакъа долийна вай учебникан?

-Стенах лаьцна ду иза?

-Муьлха дийцар дийшира вай тахана?

-Мила ву цуьнан автор?

7.Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша М. Пришвинан дийцар «Сан Даймохк»

Выбранный для просмотра документ Урок 17. Эвлахь Р. Ахматова..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Эвлахь» Р. Ахматова. (Аг1о 27-28)

1алашо: Р. Ахматовн дахар , кхолларалла, стихотворени « Эвлахь» йовзийтар». Нийса а , шера а, кхеташ а стихотворни тексташ еша 1амор. Даймахке безам кхоллар.Къамел , хьекъал , ойлаяр кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду кхеташ , яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворени еша ; берашна хуур ду текстера цхьацца аларш талла ; берашна хуур ду стихотворни текстера цхьацца дешнийн маь1нех кхета , уьш лела меттиг йовза.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Бераша д1адоьшу М. Пришвина яздина «Сан Даймохк» ц1е йолу дийцар.

2.1алашо йовзийтар , белхан план х1оттор.

-Д1аелла учебникан 27- г1а аг1о. Муьлха произведени ю вайна 1амо билгалъяьккхина? (« Эвлахь»)

-Мила ву цуьнан автор? ( Р. Ахматова)

-Х1ун болх бийр бу вай и стихотворени дика 1амийта? Х1отта е план.

-Вайна тахана девзар ду нохчийн г1араяьллачу яздархочун Р. Ахматован дахар кхолларалла, цуьнан керла стихотворени « Эвлахь». Шуна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша, цу юкъара цхьацца долу аларш , дешнийн меттига талла.



  1. Керла тема хьехар.

а) Яздархочух дош.

аь) Хьехархочо кхетош д1айоьшу Р. Ахматован «Эвлахь» стихотворени.

4.Сада1аран миноташ.

Х1уттут

  1. Керла тема кхин х1а а хьехар.

а) бераша цхьанаэшарехь меллаша д1айоьшу стихотворени .

аь)Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1а д1айоьшу стихотворени.

б) Бераша кхетош д1айоьшу стихотворени.

в) Чулацамах къамел дар.

-Стенна тера д1аболало Даймохк? (1аламна , доьзална, урамна,школана, юьртана т1ера д1аболало)

-Мила ву стихотворенин турпалхо? (Р. Ахматова)

-Стенгахула д1айоьду иза? (Йинчу юьртан уроамехула)

-Муха ю цуьнан дог- ойла? (Йоккхаеш ю)

-Муха хиира хьуна? Д1абеша и мог1анаш.

-Х1ун ду цунна хезаш ? Аганан илли)

-Х1ун дагалецамаш ду цуьнанкоьрте хьийзаш? (Шен бералла , аганан йиш , йоккха стаг , цуьнан денана хила мега иза)

-Кхи стенна т1ехь б1аьрг сеци цуьнан ? (поп бу эвла йистехь)

-Х1ун боху цо поппх лаьцна ? (сан доттаг1)

-Кхечу меттехь ала мегар дарий ПОП сан доттаг1? (Дац)

-Х1унда ? (Маь1на нийса хир дац)

-Мила дага тосу цунна т1еххьара? (Шен да)

-Х1ун боху цо цунах лаьцна? (Со йинчу дийнахь дас доьг1на акхтарг мархашка кхаьчна)

-Х1ун боху цо шен эвлах лаьцна? (Сан эвла ч1ог1а кхиъна , хазъелла боху)

-Стенца гайтина поэтессас шен даймахке болу безам? (Шен юьртаца , дитташца , аганан йишца , юьртаца..)

-Х1ун эр дара аша вайн юьртах лаьцна ? Эр ва Урамаш ? (Хаза ду уромаш)

-Уггара хьалха стенах б1аьрг кхета вайн юьртахь? (маьшдиг)

-Юха ? (Аренаш зезагаша хазйина)

-Стенна т1ера д1аболало шуна гергахь Даймохк? (Берийн жоьпаш)

5. Суьтраш дахкар

-Х1инца аша дахка деза суьрташ «Даймохк» темина.

6. Рефлекси.

-Хун керланиг 1еми шуна?

7.Урокан жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира вай?

-Мила ву цуьнан автор?

-Муха ю и произведени?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Стихотворени «Эвлахь» Р. Ахматовн дагахь 1амо цхьа кийсак.

Выбранный для просмотра документ Урок 18. Бен . хХь. Хасаев..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Бен» Хь .Хасаев. (Аг1о-28-29)

1алашо: Хь. Хасаевн дийцар «Бен» довзийтар ; нийса а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Даймахке а , 1аламе е безам кхоллар. Ойлаяр , хьекъал , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду цхьанаэшарехь меллаша ешарна т1ера ч1ог1а ешаре е боьрзуш дийцаран тексташ еша.Берашна хуур ду предложени чаккхенгахь соцунг1а ярца билгалъяккха. Берашна 1емар ду планан рог1аллица т1ехье хьалхе а ларъеш дийцаран чулацам схьабийца.Берашна 1емар ду чулацамах кхета , шайна хетарг ала. Берашна хуур ду дийцаран текстан цхьацца аларш талла , царех кхета.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша схьайуьйцу Р. Ахматован «Эвлахь» ц1е йолчу стихотворенин кийсак,

2. 1алашо йовзийтар , план х1оттор.

-Д1аелла учебникан 28 –г1а аг1о. Муьлха дийцар ду вайна тахана 1амо билгалдаьккхина? («Бен»)

-Мила ву цуьнан автор? (Хь. Хасаев)

-Муьлха болх д1ахьур бу вай и дийцар дика 1амийта? Х1оттае план.

-Вайна тахнан девзар ду Хь Хасаевн дийцар «Бен». Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша.Вайна 1емар ду дийцаран план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш дийцар схьадийца.

3.Керла тема хьехар.

а) Кицанаш таллар.

Даймахках ваьлла стаг- хих хаьдда ч1ара бу.

-Муха кхета шу цу кицанах?

Къастаде жоп:

  • Хих хаьдча ч1ара ле , даймахках ваьлла стаг ле.

  • Шен хи чохь ч1ара хино хьоьстуш , ловзош лелабо. Стаг шен

Даймахкахь оьшуш , везаш хьоьстул лелаво.Даймахках къаьстича стаг х1аллак хуьлу.

аь) Хьехархочо д1адоьшу Хь. Хасаевн «Бен» ц1е йолу дийцар.

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а таллар.

а) Бераша цхьанаэшарехь меллаша д1адоьшу дийцар.

аь) Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1а д1адоьшу дийцар.

б) Бераша з1енаца д1адоьшу дийцар.

в) Чулацамах кхетор.

-Мила ву дийцаран турпалхо ? (1усман)

-Х1ун де шву 1усман?( Мангал хьокхуш)

-Ц1еххьана цунна х1ун гира? (Т1емаш а детташ олхазар д1адодуш)

-И х1ун яра? (Иза бад яра)

-Х1ун карийра 1усманна б1ад д1аяхначул т1аьхьа? (Бен карийра , чохь х1оаш долуш)

-Х1ун дира 1усмана? (бена гонахара къаж 1адйитира)

-Х1унда юхаеара бад? (1усмана шен бен ца бохабой хиъча ц1а еара бад)

-Стенга воьдура 1усман к1ира даьллачул т1аьхьа? (1усман хуьнах воьдуш вара)

-Цунна х1ун гира? (Бад шен к1орнешца йоьдуш гира)

-Х1ун элира цо бедана? (Млгуш-маьрша кхуьийла шу!)

-Муха стаг ву 1усман ? (Дика)

-Х1унда? (Цо бедан бен ца бохийна, гонахара йол ца хьакхна)

-Цо гонахара йол хьаькхнехь х1ун хир дара бедана? (Экхана карор бара бен, цо х1аллакхбийр бара бедан доьзал)

-Аша дийр дари 1усмана санна дика х1ума?

г) Дийцар схьдийца кечам бар

План х1оттор.

-Д1адеша хьалхара дакъа.Стенах лаьцна ду иза? (1усмана мангал хьакхарх)

-Х1ун ц1е туьллар яра аша цунна? (Мангал хьакхар)

-Схьадийца мангал хьакхарх лаций.

-Д1аеша шолг1а абзац.Стенах лаьцна ю иза?(Бад карорах)

-Х1ун ц1е туьллар яра аша цунна? (Бен карор)

-Схьадийца и дакъа.

-Д1адеша кхоалг1а абзац. Стенах лаьцна ю иза? (Бад юхаярах)

-Х1ун ц1е туьллар яра аша цу декъана? (Бад ц1е еана)

-Схьадийца и дакъа.

-Д1аеша т1аьххьра абзац. Стенах лаьцна ю иза? (Бедан доьзалах лаьцна)

-Х1ун ц1е туьллар яра аша? (бедан доьзал)

-Схьадийца и дакъа.

-Х1ун элира 1учмана?.

-1усманах ала мегар дуй иза Даймахк 1алашбеш ву? Х1унда? (Даймохк иза вай 1аламна т1ера д1а бу, 1алам лардийриг- Даймохк ларбеш ву)

-Схьадийца дийцар дуьззина.

6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг хии шуна тахана?

7. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар девзира шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна ду и дийцар?

7. Ц1ахь бан болх балар.

Хь .Хасаевн «Бен» дийцар схьадийца кечам бе.

Сурт дилла « Бедан доьзал» темина.

Дийцар х1оттаде «1усмана бен гонахара йол д1ахьакхна»

Выбранный для просмотра документ Урок 19-20. Асвадан адамалла Хь Саракаев.docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Асваданадамалла » Хь .Саракаев. (Аг1о-29-30)

1алашо:Хь. Саракаевндийцар «Асваданадамалла» довзийтар ; нийса а ,шера а дийцарантексташеша 1амор. Даймахке а , 1аламе е безамкхоллар. Ойлаяр ,хьекъал , къамелкхиор.

Билгалбаьхнакхиамаш : берашна 1емар дуцхьанаэшарехьмеллашаешарна т1ера ч1ог1а ешаре е боьрзушдийцарантексташеша.Берашнахуурдупредложеничаккхенгахь соцунг1а ярцабилгалъяккха. Берашна 1емар дучулацамахкхета ,шайнахетарг ала. Берашнахуурдудийцарантекстанцхьаццааларшталла , царехкхета.Берашна 1емар душаьшешначухлаьцнасуртдилла.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болхталлар.

БерашасхьадуьйцуХь. Саракаевн«Бен» ц1е йолудийцар.

2. 1алашо йовзийтар , план х1оттор.

-Д1аелла учебникан 29 –г1а аг1о. Муьлхадийцардувайнатахана 1амо билгалдаьккхина? («Асваданадамалла»)

-Мила вуцуьнан автор? (Хь.Саракаев)

-Муьлхаболх д1ахьур бувай идийцар дика 1амийта? Х1оттае план.

-ВайнатахнандевзардуХьСаракаевндийцар «Асваданадамалла». Вайна 1емар дунийса а ,кхеташ а , шера а дийцарантексташеша.

3.Моттшарбар.

Къу

Тукхасбаьккхи ц1улла сара:

«Хьенанкиснахь1уьллу кара

Х1инца б1аьргашхьаббаву

Вайхаговзаволлукъу.

(Ш. Хасаров)

-Д1аеша дешдакъошцамеллашаозацамассарацхьанаэшарехь.

-Д1аеша массарадешнашца ч1ог1а цхьанаэшарехь.

-Д1аеша чехка.

-Д1аеша кхеташ.

4.Керла тема хьехар.

а) Яздархочухдош.

а) Яздархочухдош.

Сарака́ев, Хамза́т Ибрагим-Бе́кович (1927 шаран 31 декабрь, Ведана, Веданан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР — 2013 шаран 17 апрель, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси) — нохчийн берийн яздархо, поэт, журналист, гочдархо, Нохчийн Республикан яздархойн союзан декъашхо, Российн яздархойн союзан декъашхо, Российн журналистан союзан декъашхо, къинхьегаман ветеран.

Цуьна да вара вевзуш волу яздархо Ибрагим-Бек Саракаев. Нана яра Абдул-Меджид (Тапа) Чермоевн йиши йоӀ. Иза нохчийн зудрехь хьалхарниг яра Соьлжа-ГӀалан зударийн гимнази чекхъяккхинарг.

Хамзат Саракаев вина 1927 шаран 31 декабрехь Веданахь. Нана Ӏедалс хӀаллак йинера. Иза хьалакхиош оьрсийн няня яра цуьна де вешин Азисан доьзалехь. Хьмзатс дишира Веданан бо-беран интернатехь. 1944 шарахь массо а нохчий цӀера бехира. Цуьна Ӏа дизи Джамбулехь а, Чимкентехь а. 1951 шарахь комендатегара пурба а ца доккхуш иза Казахстанера Туркмени вахара. Цигахь цо чекхъяккхира Чарджоухь йолу хинан а, хӀордан а некан училище. Училищехь цуна елира лакхара лейтенантан цӀе. Цо капитанан гӀончан болх бира, Иртыш тӀехь нека дора цо. 1957 шарахь вокху вашас дехар дина иза цӀа вирзира.

Цуьна хьалхара байт араелира 1939 шарахь «Ленинан некъ» цӀе йолу республикан газетехь. 1940 шарахь цуьна байташ арахийцира «Вайн эшараш» цӀе йолу къона яздархойн коллективан гуламехь. 1957 шо дуьна Саракаевн повестиш, дийцараш, байташ, гочдараш кӀест-кӀеста арайовлу республикан газеташкахь, альманахашках, коллективан гуламашкахь. Хьалхара цуьна произведенийн гулам «Первый подвиг» араелира 1972 шарахь Соьлжа-ГӀалахь.

Цо нохчийн матта ехира Лев Толстойс язйина «Хаджи-Мурат» а, «Казаки» а, «Набег» а, кхийолу произведениш а.

Цо болх бира Нохч-ГӀалгӀайн радион коьрта редактор. Иштта иза вара «Низам» а, «Вайнах» а журналашан а, «Терек» газетан а коьрта редактор а, арахецархо а. 2005 шо дуьйна 2013 шо кхаччалц цо болх бира «Вайнах» журналехь.



аь) Хьехархоча д1адоьшу Хь.Саракаевн «Асваданадамалла» дийцаран 1- радакъа

5.Сада1аран миноташ.

Музыканташ

Цкъахьалхаберашашедагцайишлокхушсаннасурт х1оттадо.

1. Ас шедагцайишлокху,

Т1или-ли-т1или-ли.

Бай т1ехь ловзумошарчий,

Т1или-ли-т1или-ли.

Ткъа х1инца вотанца:

Дум - бум - дум - бум,

Т1ах - т1их - т1ах.

Кхераделламошарчий,

Левчкъиуьшкуллах.


6. Керла тема кхинд1а а хьехар.

а) Бераша д1адоьшу массарацхьанаэшарехьХь. Саракаев « Асвадинадамалла» ц1е йолудийцар.


аь) Берашацхьанаэшарехь ч1ог1а д1адоьшу дийцар.


б) Чулацамахкхетамбалар.

-Мила вудийцаранкоьртатурпалхо?

-СтенгваханераАсвад ? (Ч1ерий леца)

-СамукъаневарийАсвад ? Х1унда?(К1езага ч1ерий дара Асвадалецнарш)

-Муха дара де? (Де мал а кхетта хаза дара)

-Х1ун хезираАсваданашена т1ехьа ? (Шах-шихдешхезира)

-Х1ун яра и ? (Г1аз а ,цуьнан к1орни а яра)

-Х1ун дира к1анта? (кара х1уманаш охьа а тийсина т1аьхьа велира г1езашна)

-Дика дуй ишттаниг дар? (Дац)

-Х1унда ? (Моссо а х1ума Дала маьршакхоьллина, цунназен дан мегардац)

-Х1у хаьашунайоккхачу г1езах? (Изат1ема а яьлла гена елира)

-Х1ун диражимачо? (цуьнан т1емаш ч1аг1делла дацара ,цундела и т1ома а цайолушедира)

-Х1ун дора йоккхачу г1езо? (Мохьбеттарашен к1орнига «Ядалахь, к1елхьаръялалахь!» -бохуш)

-Муха к1ант хеташунаАсвад? (Дика вац)

-Х1унда ? (Изананий , к1орний вовшеххадо г1ерташ ву, ишттанигмегар

дац)

-Аша х1ун эр дара Асваде? (Берийнжоьпаш)

-Шуна х1ун хаьананий – берийвовшехкхастийчахуьлучукъанахлаьцна?

в) Суртдиллар.

-Шайнахазъеллачу к1айдаргах лацийсуртдилла.

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамашбехиашатахана?

7.Жам1 дар.

-Муьлхадийцардолийравайтахана?

-Мила вуцуьнан автор?

-Муха хеташуна и дийцар?

8.Ц1ахь банболхбалар.

Шера д1адеша Хь. Саракаевн «Асваданадамалла» ц1е йолудийцар.



























Нохчийн литература

Тема: «Асваданадамалла » Хь .Саракаев. (Аг1о-29-30)

1алашо:Хь. Саракаевндийцар «Асваданадамалла» довзийтар ; нийса а ,шера а дийцарантексташеша 1амор. Даймахке а , 1аламе е безамкхоллар. Ойлаяр ,хьекъал , къамелкхиор.

Билгалбаьхнакхиамаш : берашна 1емар дуцхьанаэшарехьмеллашаешарна т1ера ч1ог1а ешаре е боьрзушдийцарантексташеша.Берашнахуурдупредложеничаккхенгахь соцунг1а ярцабилгалъяккха.Берашна 1емар дудийцаран план х1отто, цупланан рог1аллица т1ьаьхье а , хьалхе а ларъешчулацамсхьабийца.Берашна 1емар дучулацамахкхета ,шайнахетарг ала. Берашнахуурдудийцарантекстанцхьаццааларшталла ,царехкхета.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болхталлар.

БерашасхьадуьйцуХь. Саракаевн «Бен» ц1е йолудийцар.

2. 1алашо йовзийтар , план х1оттор.

-Д1аелла учебникан 31 –г1а аг1о. Муьлхадийцардувайнатахана 1амо билгалдаьккхина? («Асваданадамалла»)

-Мила вуцуьнан автор? (Хь.Саракаев)

-Муьлхаболх д1ахьур бувай идийцар дика 1амийта? Х1оттае план.

-ВайнатахнандевзардуХьСаракаевндийцар «Асваданадамалла». Вайна 1емар дунийса а , кхеташ а , шера а дийцарантексташеша.Вайна 1емар дудийцаран план х1отто, цу плананрог1аллица дийцарсхьадийца.

3. Моттшарбар.

Къона муха хила веза?

Къайлешунайийцаволлу:

Къинхьегам шу хилахьбезаш,

-Къаьхкий, мало гена иолу,

Къеналла а т1е ца йог1у.

(Ж. Махмаев)

-Д1аеша байт дешдакъошцамеллашацхьанаэшарехьмассарацхьана.

-Д1аеша байт дешнашца ч1ог1а массарацхьана.

-Д1аеша байт кхеташ.

-Стенахлаьцна ю иза? (Къоналлехлаьцна)

-Х1ун дичахуьлукъона? (Къинхьегамбезашхилахь)

-Шу хирдуаьллахетийшунадаимнакъона?

4.Керла тема хьехар.

-Х1ун ц1е ю вайдоьшучудийцаран? («Асваданадамалла»)

-Х1унда тиллина и ц1е и иштта вон хилча? (Берийнжоьпаш)

-Къастадежоп:

Автор галваьлла

Автородикачу аг1ор дерзо там бу г1уллакх.

а) Хьехархочо д1адоьшу Хь. Саракаевн «Асваданадамалла» дийцаран шолг1а дакъа.

5. Сада1аран миноташ.

6. Керла тема кхинд1а а хьехар.

а) Берашацхьанаэшарехьмеллашамассарацхьана д1адоьшу Хь. Саракаевн «Асваданадамалла» ц1е йолчудийцараншолгадакъа.

аь) Берашацхьанаэшарехь ч1ога массарацхьана д1адоьшу Хь.Саракаевн «Асваданадамалла» ц1е йолчудийцараншолгадакъа.

б) Чулацамахкъамел дар.

-Х1ун бохуАсвда к1орнилацарах? (Нана- г1аз цалацаелираАсвадана, цолецира жима к1орни)

-Д1аеша нанасАсвад 1ехо г1ерташ лелийначухлаьцна.

-Х1ун дора к1орнино шасхьалаьцча? Д1аеша и к1айдарг.

-Нийса дуй Асвадалелошдерг? Х1унда? (Цуьнгахькъихетамбац)

-Муха мохьхьоькхура г1езо? Д1аеша и к1айдарг.

-Х1ун хийцамашхилираАсваданойланехь? (Цуннадагадеарашабазархьвайча ,каравичашеннанаслелийнарг)

-Х1ун дираАсвада? (Д1ахийцира к1орни)

-Х1ун эр дара ашаАсвадахлаьцна? (Асвд дика к1ант хилла)

-Асвадана дог1ий х1ара кица «Къаьхьанигцадиъча,

мерзачунчамцахаьа»?

-Муха кхета шу цунах? (Шена т1ебеана бохамдагабеъчакхийтиАсвад г1езана хиллачух)

в) Схьадийца кечам бар.

План х1оттор.

-Д1адеша 1-чу декъанхьалхара абзац. Х1ун дуцу т1ехь коьртаниг? (Асвад ч1ерий лецна вогг1у)

-Х1ун ц1е туьллар яра ашацунна?(Асвад ц1а вог1у ву)

-Схьадийца и дакъа.

-Д1аеша шолг1а абзац. Х1ун дукоьртаниг? (Асвадана г1езаш гар)

-Х1ун ц1е туьллар яра цунна? (Г1езаш гар)

-Схьадийца и дакъа.

-Д1адеша кхоалг1а абзац. Х1ун дукоьртаниг? (Асвада г1аз схьалацар)

-Х1ун ц1е туьллар яра ашацунна? (Г1аз схьалацар)

-Схьадийца и дакъа.

-Д1аеша важа абзац. Х1ун дуцу т1ехь коьрта? (Асваданадагадеънарг)

-Х1ун ц1е туьллар яра ашацунна? (Асваданхьекъалехьхийцамаш)

-Схьадийца и дакъа.

-Д1аеша т1аьххьара абзац? Х1ун дукоьрта? (Г1аз д1ахецар)

-Х1ун ц1е туьллар яра цунна? (Г1аз д1ахецар.)

-Схьадийца и дакъа.

6. Рефлекси.

Шайн дог-ойлагойтушадамийнсуьртехьюьхьйилла (Смайлик)

7.Жам1 дар.

-Муьлхадийцардийширааша?

-Мила вара цуьнан автор?

-Муха хийтишунадийцар?

-ХалахийтирийшунаАсвадасхьалаьццачу г1езах?

-Шайна и гушхилчааша х1ун г1о дийр дара г1езана?

-Муха хийтирашунаАсвадшакхетча?

8. Ц1ахь банболхбалар.

ХьСаракаевндийцар «Асваданадамалла» схьадийца кечам бар.







Выбранный для просмотра документ Урок 2 Ненан мотт .Арсанукаев .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Ненан мотт» Ш.Арсанукаев.

1алашо: Ш.Арсанукаевн дахар, кхолларалла йовзийтар,Ш. Арсанукаевн «Ненан мотт» ц1е йолу стихотворении йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашан 1емар ду нийса а, кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша. Берашна хуур ду ненан метан дозалла кхио а шайн амалехь.Берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто , цу планан г1оьнца дешаран корматалла караерзо. БЕРАШАН 1ЕМАР ДУ ХЬЕХАРХОЧУН ХАТТАРШНА ЖОЬПАШ ДАЛАРЦА КЪАМЕЛЕ БОВЛА, ХАТТАРШНА ЖОЬПАШ ТЕКСТЕХЬКАРО, ШАЙНА ХЕТАРГ ШАЙН ДЕШНАШЦА Т1ЕТОХА. берашна 1емар ду ненан матах дозалла дан.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар..

а) Бераша схьйуьйцу А.Сулеймановс язйина «Даймехкан косташ» ц1е йолу стихотворении.

2.Керла темин 1алашо билгалъяккхар, белхан план х1оттор.

-Д1аеша вайна тахана 1амо билгалъяьккхинчу произведенин ц1е.(Ненан мотт)

-Мила ву цуьнан автор? (Ш.Арсанукаев)

-Белхан план х1оттае.Х1ун дийр ду аша и произведении гуттара а шайна дика 1амийта.

-Суна евзар ю Ш.Арсанукаевн «Нохчийн мотт» ц1е йолу стихотворении

-Суна 1емар ду нийса а , кхеташ а шера а стихотворении тексташ еша.

2.Керла тема хьехар.

а) Ш.Арсанукаевх лаьцна дош .(Юххедиллар)

б) Ш.Арсанукаевс язйина « Ненан мотт» ц1е йолу стихотворении йовзийтар.

Хьехархочо д1айоьшу стихотворении.

б) Чулацамах къамел дар.

-Стенах лаьцна бу хьалхара биъ мог1а? ( Дайн г1иллакхех)

-Муха кхаьчна боху автора таханенга и г1иллакхаш? (Са сана лар а деш кхаьчна боху)

-Муха лелийна боху вай доттаг1ий? (Доттаг1ий вежарех тарбеш хилла)

-Д1адеша шолг1а дакъа.Стенах лаьцна ду иза? (Лерамах лаьцна)

-Хьаьнга леерам бу цу декъа т1ехь балийнариг? ( Нене леерам, воккхачунга леерам)

-Муха до ненан сий? (Нанас аьлларг дан деза, цунна вас ян ца еза)

-Воккхачун сий дарах лаьцна х1ун хаьа хьуна? ( Воккхачун некъ хадо мегар дац, воккхачун карахь еза х1ума гахь , схьа а эцна г1о дан деза.Воккханиг цхьаъ дуьйцуш велахь юкъа ца лелха)

-Х1УН Т1ЕДУЬЛЛУ АВТОРВ ВАЙНА ЦУ ХЬОКЪЕХЬ? (Раг1 вайгахь ю боху цо, мало ца еш д1аэца дайн г1иллакх боху)

-Шун ницкъ кхочур буй и т1едиллар д1адахьа? (Берийн жоьпаш)

-Д1адеша кхоалг1а дакъа.Стенах лаьцна ду иза? ( Ненан метах лаьцна ду)

-«Хазна ю» бохучух муха кхета шу? (Беза бу ненан мотт бохург ду)

-Мел деха боху къам? (Ненан мотт мел беха деха къам)

-Мотт лахь х1ун хуьлу къомана? (Къам ле боху)

-Ненан мотт бицбиначунна х1ун та1зар хуьлу боху? (Нахана дош ца хетта, леерам ца хуьлу, сийсаза во)

-Д1аеша чаккхе.Х1ун кхайкхам бо автора вайна? ( Нохчийн мотт 1алашбан раг1 вайгахь ю боху, ларбе и , хазбе и к1анте д1ало боху)

-Муьлханиг бу вайн мотт ? (Нохчийн мотт)

-Вай муьлш ду? (Нохчий ду)

-Вай нохчийн къам даимна хилийта х1ун кхиамаш хила беза вайн?

-Къастаде жоп: г1иллакхаш лардан деза, г1иллакхаш лардан ца деза; ненан мотт ларбан беза, сий дан деза, сий дан ца деза.

-Нене леерам хила беза, воккханиг лара веза.

-Х1инца х1ораммо жоп ло : х1ун оьшу стагана сий долуш хила?

Сада1аран миноташ.

Дехкий девдда даьхкира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Маса сахьт даьлла хьаьвсира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Пису дог1у довдалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Сихха гена довлалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.



в) Берашка шайга д1айоьшуьйту Ш Арсанукаевс язйина стихотворении.

г) Къастош ешар.

-Д1аеша г1иллакхех лаьцна долу дакъа.

-Д1адеша ненан, воккхачун сийдарах лаьцна долу дакъа.

-Д1адеша ненан метан дозаллех лаьцна долу дешнаш.

-Д1адеша вайна т1едиллина кхайкхамах лаьцна долу дешнаш.

6.Рефлекси.

-Муьлха стихотворении йийшира аша тахана?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хаьа шуна Ш .Арсанукаевх лаьцна?

--1ун 1еми шуна тахана урокехь?

Суна евзи Ш.Арсанукаевс язйина…..

Суна 1емира нийса а , кхеташ а ,..

Суна хии ненан мотт иза халкъан хазна хилар, иза ларбан , сий дан дезаш хилар.

7.Ц1ахь бан болх балар.

Ш.Арсанукаевн « Ненан мотт» ц1е йолу стихотворении шера еша. Аг1о 5-6.



Выбранный для просмотра документ Урок 21-22. Экскурси 1. Гайсултанов.docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Экскурси»1. Гайсултанов. (Аг1о 33-35)

1алашо: 1. гайсултановндахар, кхолларалла ,«Экскурси» ц1е йолудийцардовзийтар ; нийса а , шера а дийцарантексташеша 1амор. Даймахке а , 1аламе е безамкхоллар. Ойлаяр ,хьекъал , къамелкхиор.

Билгалбаьхнакхиамаш : берашна 1емар дуцхьанаэшарехьмеллашаешарна т1ера ч1ог1а ешаре е боьрзушдийцарантексташеша.Берашнахуурдупредложеничаккхенгахь соцунг1а ярцабилгалъяккха.Берашнахуурдудийцаранюкъахьцхьахьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг талла. Берашна 1емар дучулацамахкхета ,шайнахетарг ала. Берашнахуурдудийцарантекстанцхьаццааларшталла ,царехкхета.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болхталлар.

БерашасхьадуьйцуХь. Саракаевн «Асваданадамалла » ц1е йолудийцар.

3. 1аламах лаьцнакъамел дар.

-Хьаннахаьашуна х1ун ю 1алам?

-Шайна 1алам девзааьллахетийшуна?

-Х1ун евзашунагуттардика?Даладемасалаш : дийнаташ , дитташ..

-Ладог1а лерина аса шайнакечйинчустихотворенига.

Абубакарова Пет1амат (Стела1ад)

Довза 1алам!

Олхазаршду ,бераш, тахан

Вайна ч1ог1а оьг1аздахна,

Цахаарна ц1ераш шайН,

1алам д1атасарна вай.



Дитийтайнигашловзор,

Арадовла 1алам довза,

Же, ма 1елаш ,кадехьовза,

Къасторвушух вериг говза.



Хьаннадевза леса ,маккхал,

Г1ирг1а ,дарта, хенак1ур?

Хуучаракхин ц1е яккхал-

1алам дезаргвайнагур.



Алал, х1ун ю к1айдарг, баппа,

Ц1енлерг, алзам, алц1ез1ам,

Х1ун ю т1аккха хьайба ,шаптал,

Динберг , ц1азам, боьразам?



Хаьийхьуна х1ун ю экха,

Салор , д1ама, бецапхьид?

Евзийшунасту-сай ,текхарг,

Набард1ама , уьнт1епхьид?



Дийцалаша, х1ун ю сосакх,

Тарсал , г1ела , ц1оькъалом?

Хеззий ц1ераш: тоти ,тодакх,

Дингал ,була ,шаткъам , лом?



Сан доттаг1ий хьомебераш,

1алам дицдайкхинма 1елаш.

Кхинцъаиза оьг1аздодахь,

Цуо т1ехоьцур бушен бода.

-Цу т1ехь юьйцучу х1уманех муьлханигевзашуна ?Нийсалуь и йо1вайга?

-Муха кхета шу: « Кхинцъаиза оьг1аздодахь,

Цуо т1ехоьцур бушен бода»бохучух ?

2. 1алашо йовзийтар , план х1оттор.

-Д1аелла учебникан 33 –г1а аг1о. Муьлхадийцардувайнатахана 1амо билгалдаьккхина? («Экскурси»)

-Мила вуцуьнан автор? (1. гайсултанов)

-Муьлхаболх д1ахьур бувай идийцар дика 1амийта? Х1оттае план.

-Вайнатахнандевзарду1. гайсултановн « Экскурси» ц1е йолудийцар. Вайна 1емар дунийса а , кхеташ а , шера а дийцарантексташеша.Вайна1емар дудийцаран план х1отто, цуплананрог1аллица дийцарсхьадийца.

3.Керла тема хьехар.

а) Яздархочухдош.

1умар Эдилсултанович Гайсултанов

-нохчийн сийлахьцу яздархойх цхьаъ ву.

Гайсултанов 1умар вина 1920 шарахь Шелахь ахархочун доьзалехь.Гайсултановс шеен произведенеш леррина берашна язйина, цундела ву иза берийн яздархо.

Юьртара школа чекхъяьккхина Гайсултановс доьшу рабфакехь.

1941 шарахь эскаре воьду Гайсултанов. Цу хенахь цо дакъа лоцу луьрачу т1амехь.1943 шарахь ч1ог1а чов а хуьлий эскарера мокъавуьту 1умар.Иза д1ахьажаво Сибрех, кхузахь бара цуьнан доьзал. Болх бан волало Киргизийн финансови органшкахь.

Гайсултанов яздан волавелла 1950 шарахь.Дуьххьара араяьлла цуьнан книга «Болат –Г1ала йожор».Иза ч1ог1а хазахеташ т1еийцира массара а.Цу т1ехь цо гойту ширачу заманахь нохчийн г1иллакхаш , 1адаташ.

Гайсултановн коьрта теманаш –берийн дахар, церан г1уллакхаш, царна хазделларг.Уьш ешча вайна шуьйра гучудолу цо берийн амалаш дика 1амийна хилар.

Берашна лерина дукха пьесаш а язйина гайсултановс.Уьш ю : «Турпал», «Дашо б1араш» иштта кхин д1а а.



аь) Хьехархочо д1адоьшу 1.Гайсултановн «Экскурси» ц1е йолчудийцаран 1-ра дакъа.

4. Сада1аран миноташ.

2. Мархаш дог1анах яссало:

- Дола, дог1а, дола!

Чуьппалгаш а кхиссало,

- Мала, к1а, ахь мала.

К1ено охьатаъ1ий,

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, цасоцуш,

Дог1у, дог1у, дог1у.

5.Керла тема кхинд1а а хьехар.

а) Берашамеллаша д1адоьшу 1 . гайсултановн «Экскурси» дийцар.

аь) Берашачехка д1адоьшу 1.Гайсултановн «Экскурси» дийцар.

б) Бераша з1енаца д1адоьшу 1. Гайсултановн «Экскурси» дийцар.

в)Чулацамахлаьцнакъамел дар.

-Стенгадаьхкинабераш?(Школе)

-Мила вуванзависинарг? ((Решид)

-Стенгабахархаийтихьехархочо? (Экскурсе)

-Мила вахаРешид х1унда висинахьажа? (Ризван, Вадуд)

-Х1н хиллераРешидана? (Могушвоцушхилла)

-Х1ун данбартби шина к1анта? (Решидана а г1аш лахьо)

-Х1ун хаьттирахьехархочоберашка? (Муьлхадитташдевзашуна)

-Муха дара берийнжоьпаш? (Берашнадевзаршвайнбошмашкарастоьмийндитташду)

-Кхинхуьлийдитташ? Муьлханашдевзашуна?

-Муха беснаш дара хьуьнхарадитташ? (Можа , ц1ен ,баьццара)

-Муьлхадитташдевзираберашна? (База, наж, б1аьланг, хьаьмцаш, акхтарг, къахк)

-Хьехархочо д1агойту цудиттийнсуьрташ, юьйцуцеранбашхаллаш.

в) Суьрташдахкар.

-Берашашадахкадезашайнадевзинчудиттийн г1ен суьрташ.

6.Рефлекси.

-Х1ун дан ницкъкхечишун? Муьлхачукхиамехдозалла до аш?

7.Жам1 дар.

-Муьлхадийцардевзирашуна?

-Мила вуцуьнан автор?

-Х1ун керланигдевзирашуна?

8. Ц1ахь банболхбалар.

а) Шера д1адеша 1. Гайсултановн «Экскурси» дийцар.

аь) Муьлхачу а цхьанадиттахлацийязде.

















Нохчийн литература

Тема: «Экскурси»1. Гайсултанов. (Аг1о 36-37)

1алашо: 1. гайсултановндахар, кхолларалла ,«Экскурси» ц1е йолудийцаркхиндовзийтар ; нийса а , шера а дийцарантексташеша 1амор. Даймахке а , 1аламе е безамкхоллар. Ойлаяр ,хьекъал , къамелкхиор.

Билгалбаьхнакхиамаш : берашна 1емар дуцхьанаэшарехьмеллашаешарна т1ера ч1ог1а ешаре е боьрзушдийцарантексташеша.Берашнахуурдупредложеничаккхенгахь соцунг1а ярцабилгалъяккха.Берашнахуурдудийцаранюкъахьцхьахьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг талла. Берашна 1емар дучулацамахкхета ,шайнахетарг ала. Берашнахуурдудийцарантекстанцхьаццааларшталла ,царехкхета.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болхталлар.

а) Бераша д1адоьшу 1. Гайсултановн «Экскурси» дийцар.

аь) Берашадуьйцудиттехлаьцна.

2. Моттшарбар.

Чехкаалар

Оьзнаоьснашэцнаоьрсиор чу воьсси.

-Д1адеша дешдакъошца .

-Д1адеша дешнашца.

-Д1адеша чехка.

3.1алашо йовзийтар.

-Д1аелла учебникан 36 –г1а аг1о. Муьлхадийцардувайнатахана 1амо билгалдаьккхина? («Экскурси»)

-Мила вуцуьнан автор? (1. гайсултанов)

-Муьлхаболх д1ахьур бувай идийцар дика 1амийта? Х1оттае план.

-Вайнатахнандевзарду1. Гайсултановн « Экскурси» ц1е йолудийцар. Вайна 1емар дунийса а , кхеташ а , шера а дийцарантексташеша.Вайна 1емар дудийцаран план х1отто, цупланан рог1аллица дийцарсхьадийца.

4.Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу 1. Гайсултановн «Экскурси» дийцаран 2-г1а дакъа.

аь)Чулацамахкхетамбалар.

-Муьлхадитташдевзираберашнакхудекъехь? (Бага, талл,)

-Х1ун совг1ат делираРизванассий ,ВадудассийРешидана? (Цунна г1аш деара)

-Муха ши к1ант хеташуна и шиъ?

-Х1ун бохубаганахлаьцна. Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун бохуталлахлаьцна? Д1аеша к1айдарг.

5.Сада1аран миноташ.

а) Берашацхьанаэшарехь д1адоьшу дийцаран 2-г1а дакъамеллаша.

аь) Берашацхьанаэшарехь д1адоьшу дийцаран 2-г1а дакъа ч1ога хезаш.

б) Бераш д1адоьшу дийцар з1енаца.

в) Къастошешар.

-Х1ун элирахьехархочобаганахьуьнахлаьцна? Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун керланигхиираталлахлаьцна? Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун еара шина к1анта Решидана? Д1аеша и к1айдарг.

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамашхилишунурокехь?

Царехмуьлхачарехдозалла до аша?

7.Жам1 дар.

-Муьлхадийцардийширааша?

-Мила вуцуьнан автор?

-Х1ун душунацудийцарехьгуттарахазахетарг?

8. Ц1ахь банболхбалар.

1. Гайсултановн «Экскурси» дийцаран 2-г1а дакъадеша.





Выбранный для просмотра документ Урок 23. Бохам. Хь. Хасаев..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Бохам» Хь. Хасаев. (Аг1о 33-35)

1алашо: Хь. Хасаевн «Бохам» ц1е йолу дийцар довзийтар ; нийса а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Даймахке а , 1аламе е безам кхоллар. Ойлаяр , хьекъал , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду цхьанаэшарехь меллаша ешарна т1ера ч1ог1а ешаре е боьрзуш дийцаран тексташ еша.Берашна хуур ду предложени чаккхенгахь соцунг1а ярца билгалъяккха.Берашна хуур ду дийцаран юкъахь цхьа хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг талла. Берашна 1емар ду чулацамах кхета , шайна хетарг ала. Берашна хуур ду дийцаран текстан цхьацца аларш талла , царех кхета. Берашна хуур ду дийцаран ц1ере хьаьхна цуьнан чулацам стенах лаьцна хир бу ала.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша д1адоьшу 1. Гайсултановн «Экскурси» дийцаран 2-г1а дакъа.

2. Мотт шарбар.

Борз ю уггуш дера, дера,

Н1аьнакхойкху, 1оьху сту.

Делахь, дийцал,суна, бераш,

Г1езан «къай-къай» х1ун хуьлу?

Цициг 1оьху, ж1аьла лета.

Доьлхуш хеза жима бер.

Дехко дийриг х1ун ду х1ета?

Цуьнан озах вай х!ун аьр?

Бекъа терса, хьоза дека.

Лоьмо дийриг х1ун ду ткъа?

Цуьнан хьесап айхьа де, к1ант,

И йо!а а деза дан.

Т1аккха эмкал хуьлий терсаш

Я цанашкахь деха ч1об,

Я. масала, аьр вай тарсал

Бераш лолаш суна жоп.

С. Яшуркаев

-Д1аеша меллаша дешдакъошца цьанаэшарехь

-Д1аеша дуьххинчу дешнашца цхьанаэшарехь

-Д1аеша хезаш

-Д1аеша кхеташ.

-Стенах лаьцна ю байт? (1аламах)

-Стенах лаьцна ойлайойту вайга автора? (Х1ун мотт бу х1ора дийнатан)

-Х1ун эр дара вай дехкан маттах? (Цийзар)

-Ч1обан?

2.1алашо йовзийтар

-Д1аелла учебникан 37-38 аг1о .Муьлха дийцар девзар ду вайна тахана?(«Бохам»)

-Мила ву цуьнан автор? (Хь. Хасаев)

-Х1ун болх д1ахьур бу вай и дийцар дика 1амийта?

Суна девзар ду дийцар..

Суна 1емар ду нийса а , шера а….

Суна хуур ду..

Суна 1емар ду..

3.Керла тема хьехар.

а) Дийцаран ц1е таллар.

-Х1ун ц1е ю вай тахана 1амор долчу дийцаран? (Бохам)

-Стенах лаьцна хир ду дийцар? Берийн жоьпаш.

аь) Хьехархочо д1адоьшу Хь. Хасаевн «Бохам» ц1е йолу дийцар.

4.Сада1аран миноташ.


Поезд

Хьехархо берашна хьалха д1ах1утту. Бераш вагонаш ю.

- Ма беха а бу вайн поезд! Гайтал чкъургаш муха юьйлало

(бераш куьйгаш голашкахь сатта а дой, хьалха-т1аьхьа доьлхуш

лела).


Вайн поезд д!абоьду,

Чкъургаш керчайо.

Поезд чохь д1адоьлхуш

Кегий бераш го.

Генна шаьш

Д1адоьлхуш

Дегнаш ийало.

- Сацийта! Соцунг1а ю!

Мила ву ловза лууш?


Сихха арадовла (бераш поезд чуьра ара а довлий, хьуьнан ц1азамашлехьо х1уьтту).

Поездан шок хеза. Бераша, юха а мог1а бой д1а а х1уьттий,

поезд болаболуьйту.

Шена т1аьхьа байташ ала олу берашка хьехархочо:

«Tlyтl!» - олуш, поездо

Шен вагонаш такхайо.

Чу- чу - чу - чу - чу - чу,

Геннауьш д1аюьгур ю.

Баьццара вагонаш

Уьду, уьду уьду.

Яккхий горга чкъуьргаш

Керча, керча, керча...


5. Керла тема кхин д1а ахьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь мелашачу озаца д1адоьшу Хь. Хасаевн «Бохам» дийцар.


аь) Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1ачу озаца д1адоьшу Хь. Хасаевн «Бохам» дийцар.

б) Бераша з1енаца д1адоьшу Хь. Хасаевн «Бохам» дийцар.

в) Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю дийцар т1ехь юьйцург? (Аьхке)

-Муха дара де? (Къегина кхетта малх а болуш довха дара)

-Хьенан ц1арах ду дийцар? (Турпалхо ву шена гиначух лаьцна дуьйцуш)

-Муха долийна цо дийцар? (Со Ч1аьнтиоОргий, Шарой-Оргий вовшахкхетачу сада1а ваханера. Цигахь карийра суна Султан)

-Х1ун хезира цьршинна? (Ч1ог1ачу маьхьаршца пхьидаш екаш хезира)

-Х1унда велира и шиъ цец? (Иза пхьидаш ека хан яцара)

-Маца ека пхьидаш?

-Х1ун бахьна хиллера уьш екаран? (Царна бохам хиллера)

-Дийца , х1ун бохам бара и? Д1аеша к1айдарг.

-Шуна къахийтин пхьидех? Х1унда?

-Х1ун орца кхечира пхьидашна хиллачу бохамна? Д1аеша и к1айдарг.

-Муша стаг ву Султан?

-Султанах ала мегар дуй : иза турпалхо ву? Х1унда? (Цунна моссо а х1ума оьшуш юй хаьа, иза 1аламна пайденна ву)

-Аша дийр дарий иштаниг?

-Суртдилла шина стагана гинчух лаций.

6. Рефлекси.

-Муха хийтира хьуна дийцар?

-Хьайна хетарг гойтуш смайлик йилла.

7.Жам1 дар.

-Муьлха произведениевзира вайна?

-мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна ду иза?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Хь. Хасаевн «Бохам» ц1е йолу дийцар.


Выбранный для просмотра документ Урок 24 Классал арахьара ешар 1алам лардар -иза Даймохк ларбар ду декъана..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: классал арахьара ешар «1алам ларбар-иза Даймохк ларбар ду»

1алашо: ловзаран кепехь «1алам ларбар-иза Даймохк ларбар ду» декъахь 1амийнарг таллар. Ойлаяр , тидамбар , хьекъал , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна хуур ду хьехархочо д1аешарца к1айдаргаца дийцар довза , берашна хуур ду яздархойх лаьцна къамел дан, берашна хуур ду тобанашкахь болх бан.

Урок д1аяхьар.

  1. 1алашо йовзийтар.

Вай тахана классал арахьара ешар хир ю «1алам лардар- иза Даймохк ларбар ду» декъана. Урок д1ахьур ю къовсаман кепехь

  1. Къовсам «Ребусаш»

сурт 1а+ лам, ра+ г1у , т1+ адам , бежнан меже+ мара –д1адаккха А.

3.Къовсам кроссвордаш

hello_html_m25d8e83.gif



д

е

д

и

г

д

а

р

ц

д

о

Г1

а

д

и

т

т

д

е

н

о

ш

Барзах yгly, - дац и экха, -

Сагатдо цо цкъацкъа нехан,

Дитташ кегдо, йоху чеиаш,

Цунах кхоьру кегий бераш. (Дарц)


Жима ю, 1аьржа ю, лата а ца лета,

Цергашцаюхку. керта а ца вуьту. (Дог1а)

Хьуьнах корта беттий - беттий,

Ц1а кхаьчча дижина 1уьллу. (Диг)


Арахь а, чохь а цо х1усамашохку.

Цицигах лар а ло. Х1ун ю и? (Дахка)


Дуккха а куьйгаш а долуш

Цхьаъ бен ког боцург? (Дитт)


Их1ун хьозанаш д1аоьху

Xlopa жуьтехь ворх1-ворх1 долу,

Morla бой уьш доьлху,

Юха а ца дог1у?

(Денош)


Б1аьста, гу рахь бедарца ду,

1ай и пекъар. дерзина ду. (Дитт)


Суьйраииа дала дужу,

1уьйранна чу садог1у. (Де)


3. Къовсам «Карае суьртана к1айдарг»

-Хьехархочо д1агойту сурт «Бохам» .Муьлхачу дийцарна дог1у х1ара сурт»Д1аеша к1айдарг.

-Хьехархочо д1агойту сурт «Бен» . Муьлхачу дийцарна дог1у х1ара сурт»Д1аеша к1айдарг.

-Хьехархочо д1агойту сурт «Асвадан адамалла» дийцарна т1ера. Муьлхачу дийцарна дог1у х1ара сурт»Д1аеша к1айдарг.

4. Къовсам «Хьан аьлла х1ара дешнаш?»

  • «Могуш- маьрша кхуьийла шу!» (1усман-«Бен»)

  • «Дика ду , х1ета хьо ца лацалахь а, хьан к1орни-м лоцур ю ас»(«Асвад»)

  • «Ма хьохьа сан бер д1ахецахьа иза, ма яккхахьа тхойшиъ вовшах!»(Г1аз. «Асвадан адамалла»)

  • «К1еззиг хаьа шуна .Х1ора декхарийлахь ву шен 1алам довзв, цунах дозалла деш хила» (Зайнапи Мурадовна Экскурси»)

  • «Ч1ерашна-ц1ена хи деза, олхазаршна х1аваъ, экхана хьун ,адамашна Даймохк беза» ( Пришвин М.)

5. Сада1аран миноташ.

6. Суна девза 10 х1ума)

1-ра тоба дийца 10 дитт.

2-г1а тоба дийца 10 зезаг.

1-ра тоба дийца 10 стом.

2-г1а тоба бийца 10 хасстом.

1-ра тоба –дийца итт олхазар.

2-г1а тоба –дийца 10 дийнат.

7.Къовсам «Мегар дац»

-Дагадаийтий ала х1ун дан мегар дац 1аламехь дан.

Масала,

  • Хиш чу нехаш кхийса мегар дац.

  • Олхазарийн баннаш дохо мегар дац.

8. Къовсам «Довза дитт»

-Бераш х1орш аша дехкина г1анан суьрташ ду, х1орш аша диттех лаьцна язбина хаамаш бу. Аса г1а а гойтуш д1адоьшур ду диттех лаьцна , шуна довза деза дитт.

  • «Ножан….г1а куьг санна, деха ду, йистош лерина цистича саннаю , бос- ц1ег1о можа)



  • «Кхуо заза г1аш т1едевллачул т1аьхьа доккху, дикка йохъеллача.Беттанаш еллаеллача санна гучуболу бамба.Г1аш даккхий а доцуш шера хуьлу» (Актарг)

  • «Т1уьначу меттехь дика кхуьу.Б1аьсте йолуш , уггара хьалха ет1а кху диттан ч1ениг , г1а а хьалхе долу. Кхуьнан ч1ениг ят1ар б1аьсте яларан билгало ю» (Талл)

  • «Кхунан г1ан меттана к1охчалий хуьлу. Бос 1ай , б1аьста баьццара хуьлу» (База)

9. Къовсам «Тест»

1-ра вариант

  • «Сан Даймохк» дийцар т1ехь стенна толлура турпалхочо?

а) Керланиг довза а , хаа а толлура.

б) Акхарой яйархьама толлура.

  • «Бен» дийцар т1ехь стенан бен бара 1усманна карийнариг?

а) Котаман.

б) Москалан.

в) Бедан.

  • «Асвадан адамалла» дийцар т1ехь х1ун яра Асвада лаьцнарг?

а) Пхьагал

аь) Котаман к1орни

б) Г1езан к1орни.

  • «Асвадан адамалла» дийцар т1ехь х1унда хийцира 1усмана г1езан к1орни д1а?

а)Г1езах кхеравелира

аь) Ша базархь вар дагадеара.

  • «Экскурси» дийцар т1ехь мила вара Решидана улло хууш?

а) Вадуд

аь) Ризван

б) Рамзан

  • «Бохам» дийцарехь муьлхачу хенахь даьккхира пхьидаша орца?

а)1уьйранна

аь)Буьйсанна

б) Делкъана.

  • Х1ун ю совнаха ?

Бага , база , талл, помидор.







2-га варийнт.

  • «Сан Даймохк» дийцар т1ехь муха чай молура турпалхочо.

а) Лимон тесна чай.

б) Кхехкина шура тоьхна чай.

  • «Бен» дийцар т1ехь 1усманна х1ун деш карийра бен?

а) Ч1ерий лоьцуш.

аь) Мангал хьокхуш.

  • «Асвадан адамалла» дийцар т1ехь стенгара ц1а вог1ура Асвад?

а) Лийчаваханчура.

аь)Ч1ерий леца ваханчура.

  • «Экскурси» дийцар т1ехь мила вара цомгуш хилларг?

а) Ризван

аь) Решид

б) Вадуд

  • «Экскурси» дийцар т1ехь х1ун еара экскурси баханачара?

а) Ц1азамаш

аь)Хьаьмцаш

б) Г1аш

  • «Бохам» дийцарехь хьан г1о дира пхьидашна?

а) Султан
аь) Салман

б) Сулима.

  • Мила ву совнаха?

Хь Саракаев, 1 Гайсултанов.,Д. Кагерманов, Р. Чагаев.

9. Рефлекси

-Хьайна хетарг гойтуш адамийн суьртехь юьхь йилла.

10 Ц1ахь бан болх балар.

Муьлхха а цхьа туьйра деша.









Выбранный для просмотра документ Урок 25-26 . Тхойшинна эсий дажо лаьа Х. Саракаев..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Тхойшинна эсий дажо лаьа» Хь. Саракаев. 1-ра дакъа (Аг1о 40-42)

1алашо: Хь. Саракаевн дийцар «Тхойшинна эсий дажо лаьа» довзийтар ; нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , тидамбар къамел кхиор. Къинхьегаме безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш: Берашна хуур ду керлачу декъан 1алашонаш йовза, цу декъехь хир болу кхиамаш билгалбаха. Берашна 1емар ду меллаша ешарна т1ера ч1ог1а ешаре а боьрзуш дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду дийцаран текстан чулацамах кхета , шайна хетарг юьззиначу предложенешца ала. Берашна хуур ду чулацаман хьокъехь хаттарш х1итто.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

Бераша д1адоьшу Хь. Хасаевн «Бохам» ц1е йолу дийцар.

2.Керла дакъа довзийтар.

-Бераш , д1аелла учебникан 40-г1а аг1у. Муьлха дакъа долор ду вай тахана ? (Берийн дахар)

-Стенах лаьцна хир ду х1ара дакъа? (Бераша лелочу х1уманех, дешарх, ловзарх, доттаг1аллех)

-Муьлха произведенеш ю керлачу декъехь 1амо билгалъяьхна?

-«Тхойшинна эсий дажо лаьа» Хь. Саракаев, «Яраг1и» 1. Гайсултанов, «Говзанча», Хь. Саракаев, «Стенна вара Мурад г1айг1ане?» 1. Чантиев, «Мустапан каранаш» З. Муталибов, «Хьаьжк1аш ер» 1. Эдильсултанов, «Мазлаг1ахь» Д. Кагерманов, «Уггар мехалниг» 1. Гайсултанов.

-Х1ун кхиамаш шир бу аьлла хета шуна вайн х1ара дакъа 1амош , х1ун 1емар ду вайна.

  • Вайна девзар ду керла дийцарш , стихотворенеш берийн дахарх , ловзарех , хазахетачух лаьцна.

  • Вайна бевзар бу керла яздархой.

  • Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера произведенеш еша.

  • Вайна 1емар ду дийцарийн чулацамаш схьабийца.

  • Вайна 1емар ду хьехархочун хаттаршна нийса , дуьззина жоьпаш дала.

  • Вайна 1емар ду диканиг довза, вочух ларвала.

-Муьлха кхиамаш бахалур бу аьлла хета шуна шайна ? Ала х1ораммо.

2.1алашо йовзийтар.

-Д1аелла учебникан 40-г1а аго. Муьлха произведени евзар ю шуна? («Тхойшинна эсий дажо лаьа»)

-Мила ву цуьнан автор? (Хь . Саракаев)

-Муьлха кхиамаш хир ба шу и дийцар 1амош ? Х1оттае план.

-Бераш, вайна тахана девзар ду Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа « ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа. Шуна 1емар ду нийса , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Шуна хуур ду диканиг , вониг ган.

3. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Хь Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа « ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь меллаша озаца массара цхьана д1адоьшу Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа « ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

аь)Бераша цхьанаэшарехь ч1огачу озаца массара цхьана д1адоьшу Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа « ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

б)Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1ачу озаца массара цхьана д1адоьшу Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа « ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа , т1адам болчохь соцунга а еш кхетош.

в) Чулацамах къамел дар.

-Стенна реза яцара Бедита? Д1аеша и к1айдарг.

-Х1ун т1едиллар дара Килаба цунна дуьйцург ? Д1аеша и меттиг.

-Хьанна хезира цу шиннан къамел ? (Асвадана , Г1анина)

-Х1ун элира шина к1анта Килабе? (Шаьшшима дажор ду эсий элира)

-Х1унда вацара Килаб реза? (Цаьршимма эсий хьуьнах дигга дайарна кхоьрура иза)

-Х1ун элира Белитас? Д1аеша и к1айдарг.

-Реза хилирий Килаб шина к1анте эсий дажо дигийта? (Хилира)

-Муха ши к1ант хета шуна ишиъ? Х1унда?

-Аша дийр дарий ишттаниг?

г) Бераша меллаша шаьш-шайна д1адоьшу Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа» адийцаран 1-ра дакъа.

7. Рефлекси.

-Хун кхиамаш хили шун урокехь? Дийца х1ораммо?

-Хьан бира уггара дика болх ?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай?

-Мила ву цуьнана автор?

-Стенах лаьцна ду и дийцар? Къастаде жоп:

-Г1иллакхах, адамаллех , накъосталлех , вонвах.

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа « ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.









Нохчийн литература

Тема: «Тхойшинна эсий дажо лаьа» Хь. Саракаев. 2-г1а дакъа (Аг1о 43-44)

1алашо: Хь. Саракаевн дийцар «Тхойшинна эсий дажо лаьа» довзийтар ; нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , тидамбар къамел кхиор. Къинхьегаме безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш: Берашна хуур ду керлачу декъан 1алашонаш йовза, цу декъехь хир болу кхиамаш билгалбаха. Берашна 1емар ду меллаша ешарна т1ера ч1ог1а ешаре а боьрзуш дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду дийцаран текстан чулацамах кхета , шайна хетарг юьззиначу предложенешца ала. Берашна хуур ду чулацаман хьокъехь хаттарш х1итто.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

Бераша д1адоьшу Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа « ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

2. Мотт шарбар.

Эса

Эса, эса, аьттан бер,

Ловзае ахь эсал берг,

Бацалахь д1ахьежа хьо,

Дуьзча, д1а а дижа хьо.

Де шелделча, г1аьттина,

Буц юур ахь теттина,

Шийла шовда т1емелла,

1аьхар хаза «му - у -1 -1!» - аьлла,

Сарахь далий, хьо д1аг1о,

Нана хир ю хьо дакхо.

(С. Гацаев)

-Д1аеша стихотворени меллаша массара цхьанаэшарехь.

-Д1аеша стихотворен массара ч1ог1а цхьанаэшарехь.

-Стенах лаьцна ю иза? (Эсах)

-Хьуна х1ун аьлла хета яздархочунна муха хета дийнаташ ? (Дукхадеза)

-Шуна дезий дийнаташ дукха? Муьлш?

3. 1алашо йовзийтар.

- д1аелла 43-45 аг1о. Муьлха произведени ю вай тахана 1амо билгалъяьккхина? («Тхойшинна эсий дажо лаьа» дийцара 2-г1а дакъа)

-Х1ун кхиамаш хир бу шун и произведени 1амош урокехь?

-Вай тахана д1адоьшур ду Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа. Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а дийцаран тексташ еша , оьшург каро. Хаттаршна жоьпаш дала.

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа « ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Муха дажадора Асвадассий , Г1аниссий эсий? (Хи т1е е дуьгуш , долу деш дажийра)

-Муьлха эса дезаделира цу шинна? (Ма1аш юккъехь к1уж а болуш , хье т1ехь сет а долуш эса къаьстина дукхадезара цу шинна)

-Х1ун ц1е тиллира цу шимма эсана? (К1ужберг)

-Стенна резахилира Асет? (Шина к1анта эсий дика дажорна)

5. Сада1аран миноташ.

Зезаг

Зезаг долу-уш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Г1ийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емашлестош, лакхабели.


(Байташт1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голашт1е хевшина 1а,кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, меттахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь меллаша озаца массара цхьана д1адоьшу Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа « ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.

аь)Бераша цхьанаэшарехь ч1огачу озаца массара цхьана д1адоьшу Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа « ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.

б)Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1ачу озаца массара цхьана д1адоьшу Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа « ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа., т1адам болчохь соцунга а еш кхетош.

в) Къастош ешар.

-Муха дажийра шина к1анта эсий? Д1аеша к1айдарг.

-Муха баркалла элира Килаба? Д1аеша и к1айдарг.

-Муьлха эса дара шина к1антана къаьсттина дукхадезаш? Д1аеша и к1айдарг.

-Х1ун дора К1ужболчо? Д1аеша к1айдарг.

-Муха карийра Асетана шен эсий ша тоелла балха еача? Д1аеша и к1айдарг.

-Муха ши к1ант хета шуна и шиъ?

-Шайна хазъеллачу к1айдаргана сурт дилла.

7. Рефлекси.

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай?

-Муха хийтира шуна и дийцар ? Х1ун дара гуттара хазделларг?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа « ц1е йолчу дийцаран 2- г1а дакъа.





Выбранный для просмотра документ Урок 27. Коран ангали . Ж. Махмаев..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема : «Коран ангали» Ж. Махмаев.

1алашо : Ж. Махмаевн дийцар « Коран ангали» довзийтар. Нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , хьекъал , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду меллаша ешарна т1ера ч1ог1а ешаре е боьрзуш дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду текстан чулацамах кхета, хьехархочун т1едилларца къастош еша. Берашна хуур ду вониг ца дан , дикачух кхета.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

Бераша д1адоьшу Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий дажо лаьа « ц1е йолчу дийцаран 2- г1а дакъа.

Бераша дехкина суьрташ таллар Хьехархочо х1ораннан сурт хьа а оьцуш вукхарна т1едуьллу суьртана к1айдарг кара а йина д1аешар.

2. Мотт шарбар.



Дог1а

Дог1а дог1у, дог1а дог1у,

Лаьттахь ловзу чуьппалгаш.

Когаш1уьйра девлла уьду,

Бераш, урам хедабеш.

Церан аьзнаш дека хезаш,

Болар сихдо дог1ано.

Екхаелла яххьаш лийчош,

Т1адамаша хелхар до.

(Т. Ахмадова)

-Д1аеша меллаша цхьана озаца.

-Д1аеша ч1ог1а цхьанаэшарехь

-Д1аеша кхетош.

-Стенах лаьцна ю стихотворени? (Дог1анах)

-Х1ун до бераша?

-Аша леладой ишттаниг?

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна тахана 1амо билгалдаьккхина? («Коран ангали»)

-Мила ву цуьнан автор? (Ж. Махмаев)

-Х1ун болх бийр бу аша и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш хир бу аьлла хета шуна? Х1оттае план.

-Вайна тахана девзар ду Ж. Махмаевн « Коран ангали» ц1е йолу дийцар. Шуна 1емар ду нийса а , кхеташ а дийцаран тексташ еша.

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Ж. Махмаевн «Коран ангали» ц1е йолу дийцар.

5. Сада1аран миноташ.

Зезаг

Зезаг долу-уш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Г1ийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емашлестош, лакхабели.


(Байташт1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голашт1е хевшина 1а,кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, меттахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)



6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь меллаша озаца массара цхьана д1адоьшу Ж. Махмаевн «Коран ангали» ц1е йолу дийцар.

аь)Бераша цхьанаэшарехь ч1огачу озаца массара цхьана д1адоьшу Ж. Махмаевн «Коран ангали» ц1е йолу дийцар.

б)Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1ачу озаца массара цхьана д1адоьшу Ж. Махмаевн «Коран ангали» ц1е йолу дийцар.т1адам болчохь соцунга а еш кхетош.

в) Чулацамах къамел дар.

-Муха дуьйхира коран ангали? Д1аеша и меттиг.

-Коран ангалий дохийначо шегара х1ун ледарло ялийтира? (Цо ша кор дохийна ца хуу аьлла д1а ца элира)

-Иза муха к1ант ву? (Ледара)

-Аша х1ун дийр дара шайгара ишттаниг даьлча? Берий жоьпаш.

-Х1ун хьоьху цу дийцаро? Къастаде жоп.

  • Ледара ма хила боху

  • Коран ангали дохаде

г) Сурт диллар.

-Шайна хазъеллачу к1айдаргана сурт дилла.

7. Рефлекси.

-Муха яра вайн план ? Берийн жоьпаш.

-Х1ун дан ницкъ кхечи шун?

-Х1ун диси ца далуш?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай?

-Мила ву цьнан автор?

-Ж. Махмаевн кхин муьлха дийцарш дийшира аша?

-Муьлханиг хета шуна уггаре хаза ?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Ж. Махмаевн «Коран ангали» дийцар.

Хазъеллачу к1айдаргана сурт дилла.

Выбранный для просмотра документ Урок 28. Яраг1и 1. Гайсултанов..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема : «Яраг1и» 1. Гайсултанов.

1алашо: 1. Гайсултановн дийцар «Яраг1и» довзийтар. Нийса а , шера а , къеташ а дийцаран тексташ еша 1амор. Къамел , ойлаяр х1ума зер , цуьнан таллам бар кхиор. Берийн къинхетаме амал кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду т1адам болчухь сацарца кхетош дийцаран тексташ еша. Берашна хуур ду массара цхьана , ша-шена еша .Берашна хуур ду хьехархочун хаттарна дуьззина жоьпаш дала. Берашна хуур ду чулацамх кхета , шайна хетарг гала. Берашна 1емар ду чулацамах лаьцна вовшашка хаттарш дала. Берашна хуур ду киканиг довза цунах пайдаэца , вониг довза , цунах ларвала.Берашна хуур ду шаьш дехкинчу суьрташна дийцаран к1айдарг каро д1аеша.Берашна хуур ду дийцаран коьрта маь1на довза.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Дийцар «Коран ангали» Ж. Махмаевн, суьрташ дахкар хазъеллачу к1айдаргана)

  • Бераша д1адоьшу Ж. Махмаевн «Коран ангали» дийцар.



  • Бераша шайн суьрташна йог1у к1айдарг д1айоьшу.

-Х1унда диллина аша цу к1айдаргана сурт? (Цу т1ехь делларг ч1ог1а хазделлера суна)

2. Мотт шарбар.

Г1иллакхе верг наха лору,

Г1оза ваха цара олу.

Г1атта ваг1ахь воккханиг .

Г1иллакх маду коьртаниг.

-Д1аеша массара цхьанаэшарехь меллаша.

-Д1аеша ч1ога цхьанаэшарехь массара цхьана.

-Кхетош д1аеша.

-Стенах лаьцна дуьйцу цу байт т1ехь? (Г1иллакхах)

-Х1ун аьлла цу т1ехь г1иллакхдолчу стагах лаьцна?

-Муьлха г1иллакхаш девза шуна?

-Стенах лаьцна хир ю вай тахана 1амор йолу произведени?(Г1иллакхах)

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар 1амор дув ай тахана?(Яраг1и)

-Мила ву цуьнан автор? (1. Гайсултанов)

-Муха к1ант хи рву аьлла хета шуна Яраг1и? (Г1иллакх долуш)

-Х1унда ? (Байт г1иллакхах лаьцна яра)

-Х1ун болх бийр бу аша и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш хир бу аьлла хета шуна? Х1оттае план.

-Вайна тахана девзар ду 1 . Гайсултановн «Яраг1и» ц1е йолу дийцар. Шуна 1емар ду нийса а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Шуна 1емар ду чулацамах лаьцна вовшашка хаттарш х1итто.

4. Керла тема хьехар

а) Хьехархочо д1адоьшу 1. Гайсултановн «Яраг1и» ц1е йолу дийцар.

аь) Чулацамах кхетор.

-Мила ву дийцаран коьрта турпалхо? (Яраг1и)

-Стенга яхара Яраг1ин нана? (Лулахочунна лор кхайкха)

-Х1ун хиллера лулахочунна? (Цомгуш хиллера)

-Мила ву 1ела? (Цомгушхиллачу зудчун к1ант)

- Х1ун боху 1елех лаьцна ? (И кхушарахь дуьххьара школе вахана. Иза школе нанас кхоьхьуш ву)

-Х1ун дан сацам бира Яраг1ис? (!ела школе кхехьа , цуьнан нана тояллалц)

-Муха к1ант ву Яраг1и? (Дика)

-Х1унда? (Г1иллакх долу шву иза)

5. Сада1аран миноташ.

Иорг1а

Иорг1а говр, йорг1а говр,

Хало, атто оха ловр.

Дигагенна хьайца д1а,

Класса чохь тхо кхин ца 1а.

Кхосса-кхосса- кхоссалуш,

Яда Йорг1а, сих ца луш,

Лаьтта ког ахь билла

байн, Тата дезашдац тхо, х1ай!

Яда, Йорг1а, кхоссало,

Каде хила, мал ма ло.

Иорг1а идда, к1адлушю,

Болар цуьнан лаг1луш ду.

Собар! Тоьар! Сацахь цкъа!

Кхин хьо идахь ду хьан къа.

Болар лахди, х1оьтти д1а:

Деза цуьнан сада1а.


(Берашна юкъара цхьаъ говр хоржу. Цунна т1аьхьа а х1уьтий, xiapa байташ а олуш, класса чухула довдуш ши-кхо го боккху цара.)

6. Керла тема кхин д1а ахьехар

а) а) Бераша цхьанаэшарехь меллаша озаца массара цхьана д1адоьшу 1. Гайсултановн !Яраги» ц1е йолу дийцар.

аь)Бераша цхьанаэшарехь ч1огачу озаца массара цхьана д1адоьшу 1. Гайсултановн !Яраги» ц1е йолу дийцар.

б)Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1ачу озаца массара цхьана д1адоьшу 1. Гайсултановн !Яраги» ц1е йолу дийцар.т1адам болчохь соцунга а еш кхетош.

в) Бераша чулацамах лаьцна шаьш хаттарш х1иттадо.

-Муьлха к1айдарг ю шуна хазъелларг? Хаттар ло цунах лаьцна

-Хаттар шайна жоп дала дика хуун дериг ло , гал жоп делча нисдан атта хир ду.

7. Рефлекси.

-Х1ун ду хьан урокехь гуттара дика нисделларг? Муьлхачу кхиамех ваккхийво хьо?

8. Жам1 дар.

-Муьлха произведени евзира вай?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоьху цо вайна? Къастаде жоп.

  • Цомгашверг тергал ма ве.

  • Цомгашчунна г1о де.

  • Къинхетаме хила.

9. Ц1ахь бан болх балар.

Схьадийца кечам бе 1. Гайсултановн « Яраг1и» дийцар.





Выбранный для просмотра документ Урок 29. Говзанчаш Хь . Саракаев..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема : «Говзанчаш» Хь. Саракаев

1алашо: Хь. Саракаевн стихотворени «Говзанчаш» йовзийтар. Нийса а , шера а , къеташ а стихотворенин тексташ еша 1амор. Къамел , ойлаяр х1ума зер , цуьнан таллам бар кхиор. Берийн къинхьегаме амал кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду къастош , авторан дог-ойла гойтуш стихотворни тексташ еша. Берашна 1емар ду текстан чулацамах кхета , цхьацца алар талла. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. берийн къинхьегаме безам , болх бан лаам кхоллалур бу.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?

Бераша схьадуьйцу 1. Гайсултановн «Яра1и! ц1е йолу дийцар.

2. Мотт шарбар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Ирсас бедарш йиттира,

Иту хьокхуш шарйира.

«Иза-м тамаш бацара», -

Ислам вешаш вацара.

(Ж. Махмаев)

-Д1аеша байт цхьанаэшарехь массара цхьана меллаша.

-Д1аеша байт цхьанаэшарехь массара цхьана ч1ог1а.

-Мила ву коьрта турпалхо? (Ирса)

-Муха йог ю ирса? (Дика)

-Х1унда ? (иза г1улкхаш деш ю)

-Аша дой ишштани7?

-Нийса луьш вуй Ислам? (Вац )

-Стенах лаьцна ю байт? Къастаде жоп:

Малонах, кураллез, къинхьегам безарх.

-Стенах лаьцна хир ю вайн керла произведени? (Къинхьегамах)

3. 1алашо йовзийтар.План х1оттор.

-Муьлха произведени 1амор ю вай тахана урокехь? («Говзанчаш»)

-Мила ву цуьнан автор? ( Хь. Саракаев.)

-Х1ун болх д1ахьур бу аша и дика 1амийта? Х1ун кхиамаш хир бу шун? Х1оттае план.

-Бераш , вайна тахана евзар ю Хь Саракаевн «Говзанчаш» ц1е йолу стихотворени. Шуна 1емар ду нийса , кхеташ стихорворни тексташ еша .Шуна 1емар ду къинхьегам бовза , болх бар дукхадеза.

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1айоьшу 1. Гайсултановн «Говзанчаш» ц1е йолу стихотворени.

5. Сада1аран миноташ

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь д1айоьшу массара цхьана ч1ог1ачу озаца Хь Саракаевн «Говзанча» стихотворени.

аь) Бераша цхьанаэшарехь д1айоьшу массара цхьана меллашчу озаца Хь Саракаевн «Говзанча» стихотворени.

б) Бераша къастош д1айоьшу Хь Саракаевн «Говзанча» стихотворени.

в) Чулацамах кхетам балар.Къастош ешар.

-Х1ун боху мусас г1ант тодарх ? Д1аеша и дакъа.

-Муьлха г1уллакх хьахийна цу т1ехь? (Г1ант тодар)

-Х1ун г1о до 1аламна? (Алкханчана бен бо)

-Муха ву Муса воккхачунца? Д1адеша и дакъа.

-Муьлха г1уллакх хьахийна цу т1ехь? (Воккхачунна г1о дар)

-Х1ун боху Мусан дешархочун г1ирсах лаьцна? Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун г1уллакх ду цу т1ехь далийнарг? (Дика дешар)

-Хьан ц1анйо Мусан бедарш? Д1аеша к1айдарг.

-Муьлха г1уллакх далийна цу т1ехь? (Цена лелар)

-Муха ц1е йоккху Мусан лулахоша? (Дика берд у)

-Шух муха олу шун лулахоша? Х1унда?

-Муха к1ант ву Муса?

-Юха цкъа д1аеша стихотворени.

-Муьлха рифмаш ю цу т1ехь?

г) Сурт диллар.

-Шайна хазделлачу декъана сурт дилла. Улло д1аязбе цунна бог1у мог1анаш.

7. Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1еми шуна урокехь?

8. Жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира аша?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна яра иза?

-Х1ун хьоьху цу произведенино вайна? Къастаде жоп.

  • Г1уллакх ца дан

  • Г1уллакх дан

  • Гиллакхе хила

  • Воккхачунна г1о дан иза лера

  • Дика деша

  • Бедарш ц1ена лело

  • 1алам деза

-Муьлханиг д1акъасти й аша? Х1унда?

9.Ц1ахь бан болх балар.

Хь. Саракаевн «Говзанча» стихотворени дагахь 1амо.

Выбранный для просмотра документ Урок 3. Аьхкенан 1уьйре . Арсанукаев.docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Аьзкенан 1уьйре» Ш.Арсанукаев.

1алашо : дешаран книжкин керла дакъа «Аьхке а , гуьйре а» довзийтар, цу декъа т1ехь хила тарло кхиамаш билгалбахар. Ш. Арсанукаевн «Аьхкенан 1уьйре» ц1е йолу произведении йовзийтар. Нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ ешар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду произведене ешарехь авторан дог-ойла а , цуьнана 1аламе болу безамах кхета.Берашна хуур ду шайн белхан план х1отто , цуьнан рог1алла ларъян.Берашна хуур ду вовшашца а , хьехархочуьнца а къамеле бовла , къамел д1адахьа.Берашна 1емар ду шеен кхиамаш а , кхачамбацарш а довза , царех пайдаэца.Берийн 1аламе безам кхоллалур бу

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

а) Бераша д1айоьшу Ш. Арсанукаевс язйина стихотворении «Ненан мотт»

2. «Аьхке а , гуьйре а» -дакъа довзийтар.

-

-Д1аелла учебникан 7 –г1а аг1о.Д1аеша вай долош долчу керлачу декъан ц1е. (« Аьхке а , гуьйре а»)

-Стенах лаьцна хир ю цу декъатехь 1амо билгалъяьхна произведенаш? (Аьхкенах а , гуьйренах а лаьцна хир ю)

-Хьовса а хьовсий ала : муьлха произведенеш евзар ю вайна и дакъа 1амош?

-« Аьхке а , гуьйре а» Ш. Арсанукаев, «Дог1а деанчул т1ехьа» М.Сулаев, «Аьхке» Д.Кагерманов и. кх. д1.

-Х1ун кхиамаш хир бу вайн и дакъа 1амош, х1ун керланиг 1емар ду вайна?

-Вайна евзар ю аьхкенах, гуьйренах лаьцна йолу произведенеш, церан автораш.

-Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а стихотворенин тексташ еша.

-Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцарийн тексташ еша.

-Вайна 1емар ду дийцарийн чулацамаш схьабийца, вовшашца къамеле довла.

-Вайна 1емар ду 1аламан тидам бан, цу тидамех пайда эца.



3.1алашо билгалъяккхар, белхан план х1оттор.

-Муьлха произведении ю вай кху декъа т1ехь дуьххьара 1амо билгалъяьккхина? (« Аьхкенан 1уьйре»)

-Мила ву цуьнан автор? (Ш.Арсанукаев)

-И прооизведени1амош х1ун болх д1ахьур бу вай? Х1ун 1амор ду хьалхара?

-Суна евзар ю Ш. Арсанукаевн « Аьхкенан 1уьйре» ц11е йолу произведении.

-Х1ун дийр ду шозлаг1а? (Суна 1емар душ ера , нийса еша)

-Х1орш х1ун ю? (Хаттарш , т1едилларш)

-Царна х1ун дийр ду вай? (Суна 1емар ду хаттаршан жоьпаш лаха, дала. Суна 1емар ду т1едиллар кхочушдан)

-Ниийса боху.Бераш, вайна атхана евзар ю Ш. Арсанукаевс язйина « Аьхкенан 1уьйре». Вай 1амор ду нийса а , шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша. Вайна 1емар ду 1ала

бан.

4.Керла тема хьехар.



а) Ш. Арсанукаевн « Аьхкенан 1уьйре» ц1е йолу стихотворении.

Хьехархочо д1айоьшу стихотворении.

-Шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь юьйцуш ерг? (Аьхке)

-Муха г1отту малх аьхка? ( Г1отту малх , з1аьнарш чуийзош)

-Муха дека олхазарш аьхка? (Олхазарш ду декаш, 1уьйренан хазалла хестош)

-Х1ун боху автора сийначу бацах лаьцна? ( Сийна буц тулг1е а етташ , мохо ю техкош)

-Х1ун боху автора диттех лаьцна? (Дитташ ду вовшашка маршалла хоьттуш)

-Х1ун ду юьртахь? ( Юрт самайолуш г1арайолу, нах балхана кечлуш бу )

-Муха дог-ойла кхоллало стихотворени ешча? (Самукъане хуьлу)

-Х1унда? Къастаде жоп. ( Б1аьстенан 1алам сема а долуш дог ловза долу , хаза хуьлу. Б1аьстенан 1аламо дог хьосту стихотворении ешча)

-Х1ун го поэтана? Х1ун хеза поэтана? Аша тидам биний аьхкенан 1аламан? Х1ун ду шуна аьхкенах дагадог1уш дерг?

5. Сада1аран миноташ.

Дехкий девдда даьхкира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Маса сахьт даьлла хьаьвсира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Пису дог1у довдалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Сихха гена довлалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.



6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша массара цхьана д1айоьшу стихотворении.

аь) Берашка шайга- шайга д1айоьшуьйту стихотворении.

б) Т1еч1аг1дар.

Кроссворд.




















7.Рефлекси.

-Х1ун план яра аша х1оттийнариг?

Х1ун дан ницкъ кхечи шун ? Х1ун диси ца далуш?

8.Жам1 дар.

-Муьлха произведении йийшира аша?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна ю и произведени?

-Х1ун т1етухур дара аша авторо бинчу тидамашна?

9.Ц1ахь бан болх балар.

а) Стихотворени « Аьхкенан 1уьйре» Ш.Арсанукаевн дагахь 1амо.

Выбранный для просмотра документ Урок 30-31 . Стенна вара Мурад г1айг1ане 1. Чантиев..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема : «Стенна вара Мурад г1айг1ане» 1. Чантиев. 1-ра дакъа (Аг1о 49-50)

1алашо: 1. чантиевндахаркхолларалла, керлапроизведени» Стенна вара мурад г1айг1ане» йовзийтар. Нийса а, шера а кхеташ а дийцарантексташеша 1амор. Ойлаяр ,хьекъал, къамелкхиор. Хьарамдергдовзийтар.

Билгалбаьхнакхиамаш : берашан 1емар дунийса а ,кхеташ а, шераадийцарантексташеша. Берашнахуурдучулацамахкхета. Берашнахуурдуадамийнамалан мах хадо. Берашна 1емар дувонигдовза ,цунахларвала. Берашнахуурдухьехархочунхаттаршнажоьпаш дала. Берашнахуурду доттаг1алла хьаьнцалелодеза.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болхталлар.

Х1ун яра шуна ц1ахь 1амо елларг?

БерашасхьайуьйцуХьСаракаевн «Говзанчаш» стихотворени

-Муьлхасуьрташдехкинааша? Схьагайта.

(Хьехархочо т1едилларца к1айдаргаш схьаюьйцуберашавовшийнсуьрташна)

  1. Моттшарбар

«Ойла йоцуш динарг

г1айг1а йоцуш ца дирзина».

-Д1адеша кица меллашачу озаца цхьанаэшарехь массара цхьана

-Д1адеша кица ч1огачу озаца цхьанаэшарехь массара цхьана.

-Муха кхета шу цунах?

-Стенах хуьлу бала ? Къастаде жоп

Шех даьллачу зуламах
Г1иллакхах

Яьллачу ледарлонах.

-Стенах лаьцна хир дув ай доьшур долу дийцар?

3. 1алашойовзийтар.

-Муьлха произведению вайна 1амо билгалъяьккхина ? «Стенна вара Мурад г1айг1ане»

-Мила ву цуьнан автор? (1. Чантиев)

-Х1ун болх бийр бу аша и дийцар дика 1аморехь? Х1ун кхиамаш хир бу шун?Х1оттаел план.

-Бераш , вайна тахана девзар ду 1. Чантиевн дахар , кхоллара лла , дийцар «Стенна вара Мурад г1айг1ане». Шуна 1емар ду нийса а , шера , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Вайна хуур ду ледарлонан мах хадо , цунах лардала.

4.Керла тема хьехар.

а) Яздархочух лаьцна дош.

аь) Хьехархочо д1адоьшу 1. Чантиевс яздина « Стенна вара Мурад г1айг1ане» ц1е йолу дийцар.

5. Сада1аран миноташ.

Куьйгаш хаьнт1е х1иттаде,

Когаш т1ехь шу кхиссало: (5-8-зза)

Аьтту arlop хьаьвзаш, (5-8-зза)

Кхисса-кхиссало.

Аьрру arlop хьаьвзаш (5-8-зза)

Кхисса-кхиссало.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша меллашачу озаца цхьанаэшарехь массара цхьана д1адоьшу 1. Чантиевн « Стенна вара Мурад г1айг1ане» дийцаран 1-ра дакъа.

аь) Бераша ч1ог1ачу озаца цхьанаэшарехь массара цхьана д1адоьшу 1. Чантиевн « Стенна вара Мурад г1айг1ане» дийцаран 1-ра дакъа.

а) Бераша з1енаца д1адоьшу 1. Чантиевн « Стенна вара Мурад г1айг1ане» дийцаран 1-ра дакъа.

б) Чулацамах къамел дар.

-Мила ву дийцаран коьрта турпалхо? (Мурад)

-Цунна мичахь карийра ахсом? (Школера ц1а воьдуш новкъахь ахсом карийра Мурадана)

-Цо иза муха схьа , сиха схьаийцира? (Ша цхьаммо тергалвой хьаьжна схьа а эцна кисана диллира цо иза)

-И хьена хиллера? (Иза цхьана йоккхачу стеган хиллера)

-Х1ун ийцира Мурада ахчанах? (Печенеш , конфеташ)

-Мурадана хьехархочун муьлха хьехамаш дагаоьхура? Д1аеша и меттиг.

-Муха яра Мурадан дог-ойла? (Г1айг1ане )

-Х1унда вара иза г1айг1ане ? К ъастаде жоп.

  • Шегара яьллачу ледарлонна.

  • Шегара чакхдаьллачу ахчанна.

-Д1адеша вай уьн т1ера кица. Муха кхета шу цунах ? (Ойла ца еш ледарло ялийтинарг дохковер ву )

-Шуна муха хетта Мурада динарг?

-Аша х1ун дийр дара Мурадана метана шаьш хилча?

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бу шун тахана?

-Муьлхачарех даккхийдоь шу?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай тахана ?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоьху вайна цу дийцаро? (Къастаде жоп.

  • Ледара ца хила

  • Шен самукха даккха деза

  • Нехах1уманах ларвала.

9. Ц1ахь бан болх балар.

  • Шера д1адеша дийцаран 1-ра дакъа « Стенна вара Мурад г1айг1ане» 1. Чантиев

  • Шайна хазъеллачу к1айдаргана сурт дилла.









































Нохчийн литература

Тема : «Стенна вара Мурад г1айг1ане» 1. Чантиев.2-г1а дакъа (Аг1о 49-50)

1алашо: дийцар «Стенна вара мурад г1айг1ане» кхин д1а йовзийтар. Нийса а, шера а кхеташ а дийцарантексташеша 1амор. Ойлаяр ,хьекъал, къамелкхиор. Хьарамдергдовзийтар.

Билгалбаьхнакхиамаш : берашан 1емар дунийса а ,кхеташ а, шераадийцарантексташеша. Берашнахуурдучулацамахкхета. Берашнахуурдуадамийнамалан мах хадо. Берашна 1емар дувонигдовза ,цунахларвала. Берашнахуурдухьехархочунхаттаршнажоьпаш дала. Берашнахуурду доттаг1алла хьаьнцалелодеза.Берашан 1емар ду дийцаран чулацам схьабийца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болхталлар.

Х1ун яра шуна ц1ахь 1амо елларг?

Бераша д1адоьшу 1. Чантиевн «Стенна вара Мурад г1айг1ане» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа..

Бераша д1агойту суьрташ, дуьйцу муьлхачу к1айдаргана шаьш уьш дехкина

  1. Мотт шарбар.

Боккха мокха кхокха,

Бакха, мокха кхакха

кхера т1е ма хьекха.



-Д1адеша чехкаалар меллаша.

-Д1адеша чехкаалар чехка.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар 1амор ду вай тахана? («Стенна вара Мурад г1айг1ане» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа)

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун болх бийр бу аша и дийцар дика 1аморехь? Х1ун кхиамаш хир бу шун?Х1оттаел план.

-Бераш , вайна тахана девзар ду 1. Чантиевн дахар , кхоллара лла , дийцар «Стенна вара Мурад г1айг1ане». Шуна 1емар ду нийса а , шера , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Вайна хуур ду ледарлонан мах хадо , цунах лардала.

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу 1. Чантиевн «Стенна вара Мурад г1айг1ане» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.

аь) Чулацамахкхетам балар.

-Муха яра Мурадан дог-ойла? (Мурад ч1ог1а холчохь вара шех яьллачу ледарлонна)

-Хьаьнга йийцира Мурада шех яьлла ледарло? (Шен нене)

-Нанас х1ун элира к1анте ? (Ахьа и схьааьлла дика ду , амма ахча къайладаккхар вон ду, ишттаниг дан мегар дац)

-Хьенан ду элира нанас ахча? (Забун. Цуьнан цхьа абер дац , г1ийла пекъар ю иза аьлла)

-Къинт1ера елирий нана Мурадана?Х1ун т1едиллира цо Мурадана? (Х1ара ахча д1а а лой , хьайна къинт1ера яккха Забу, и ялахь ер ю со а къинт1ера)

-Муха кхочушдира Мурада и г1уллакх? (Шена нанас мА хьеххара кхочушдира Мурада иг1уллакх)

-Х1ун элира Забус Мураде? (Со къинт1ера ели хьуна. Кхин мА далийталахь хьайх ишттаниг)

-Мурадах лаьцна х1ун эр дара аша х1инца ? Къастаде жоп.

  • Мурадах ледарло яьлла и вон к1ант ву.

  • Мурадас шех яьлла ледарло нисйина иза вон к1ант вац.

  • Мурад вуьззина къонах ву.

(Хьехархочун т1едилларца бераша шайн масалшца т1еч1аг1до шайна хетарг)

5. Сада1аран миноташ

Куьйгаш хаьнт1е х1иттаде,

Когаш т1ехь шу кхиссало: (5-8-зза)

Аьтту arlop хьаьвзаш, (5-8-зза)

Кхисса-кхиссало.

Аьрру arlop хьаьвзаш (5-8-зза)



6.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша меллашачу озаца цхьанаэшарехь массара цхьана д1адоьшу 1. Чантиевн « Стенна вара Мурад г1айг1ане» дийцаран 2-г1а дакъа.

аь) Бераша ч1ог1ачу озаца цхьанаэшарехь массара цхьана д1адоьшу 1. Чантиевн « Стенна вара Мурад г1айг1ане» дийцаран 2-г1а дакъа.

б) Бераша з1енаца д1адоьшу 1. Чантиевн « Стенна вара Мурад г1айг1ане» дийцаран 2-г1а дакъа.

в) Схьадийца кечам бар.

-Д1аеша хьалхара абзац. Стенах лаьцна ю иза? (Ахча карорах)

-Х1ун ц1е туьллар яра аша цунна? (Ахча карор)

-Схьйийца и абзац

-Д1аеша шолг1а абзац ? Х1ун коьртаниг ду цу юкъахь? (Ахча къайладаккхар)

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Ахча къайладаккхар)

-Схьйийца и абзац

-Д1аеша кхоалг1а абзац? Х1ун ду цу юкъахь коьртаниг? (Ахча дайар)

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Ахча дайар)

-Схьйийца и абзац



-Д1аеша йоьалг1а абзац ? Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Хьехархочо бина хьехам, дохковалар)

-Схьйийца и абзац

-Д1аеше 2-г1ачу декъан юьхь? Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Ненах дагавалар)

-Схьйийца и абзац

-Д1аеша цул т1аьхьа йог1у абзац. Х1ун ц1е туьллар яра аша цунна? (Нанас дина хьехар)

-Схьйийца и абзац

-Д1аеше рог1ера абзац ? Х1ун ц1е туьллар яра цунна? (Забу къинт1ераялар, к1ант парг1авалар)

-Х1ора абзац схьайийца цхьаццаммо.

6. Рефлекси.

-Хьайн дог-ойла гойтуш адаман суьртехь юьхь йилла.

7.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира аша?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоьху цу дийцаро шуна?

Ледарлонах ларвала

Шена оьшург эца.

8. Ц1ахь бан болх балар.

Схьадийца кечам бе 1. Чантиевн « Стенна вара Мурад г1айг1ане» дийцар.





Выбранный для просмотра документ Урок 32 Мустапан каранаш З. Муталибов..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема : «Мустапан каранаш» З. Муталибов.

1алашо: З. Муталибовн «Мустапан каранаш» ц1е йолу дийцар довзийтар ; нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор . Школехь , чохь , арахь шаьш лелодезариг берашна довзийтар. Къамел , г1иллакъ кхиор берийн амалехью

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду меллаша ешарна т1ера ч1ог1а ешарна т1е а боьрзуш дийцаран тексташ еша . Берашан 1емар ду чулацамах кхета, текстс юкъара цхьацца аларш талла.Берашана 1емар ду адамийн амалин мах хадо, шайна дика дерг каро , вон дерг д1ататта.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллере шуна ц1ахь 1амо?

Бераша схьадуьйцу 1. Чантиев дийцар «Стенна вара Мурад г1айг1ане» ц1е йолу дийцар.

Малонча

Школехь бека горгали:

- Самавала,Сайд-1али,

Хьалаг1атта, школе гlyo,

Т1аьхьавуьсуш лаьтта хьо.

Хьан нийсархой д1абахна,

Ца воьдуш хьо ц!ахь висна,

Бераш доьлуш хир ду хьох,

Висна, бохуш, вижна чохь.

Школехь бека горгали:

Самавала, Сайд-1али,

Хьоьга кхойкху йишхаьлла,

Х1унда вац хьо т1ах-аьлла?

-Д1аеша меллаша массара цхьана.

-Д1аеша ч1ог1а массара цхьана

-Мила ву коьрта турпалхо? (Сайд-1али)

И муха к1ант ву ? (Ледара )

-Х1унда ?( Иза 1уьйранна ца г1отту)

-Стенах лаьцна ю стихотворении ? (Малоначах)

-Стенах лаьцна хир ю вай 1амор йолу произведении?

2.1алашо йовзийтар

-Муьлха произведени ю вай тахана 1амо билгалъяьккинарг? (Мустапан каранаш)

-Мила ву цуьнан автор? ( З. Муталибов)

-Х1ун болх д1ахьур бу вай и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш баха "таро хир ю шун? Х1оттае план.

-Бераш, вайна тахана девзар ду З. Муталибовс яздина « Мустапан карананаш» ц1е йолу дийцар. Вай 1амор ду нийса а , шера а дийцаран тексташ еша . Берашна хуур ду адамийн ледарлонаш ган , церах ларвала.

3. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу З. Муталибовн «Мустапан каранаш» ц1е йолу дийцар.

4.Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша массара цхьана д1адоьшу меллашачу озаца З. Муталибовн «Мустапан кранаш» ц1е йолу дийцар.

аь) Бераша массара цхьана д1адоьшу ч1ог1ачу озаца З. Муталибовн «Мустапан кранаш» ц1е йолу дийцар.

б) Бераша з1енаца д1адоьшу З. Муталибовн «Мустапан кранаш» ц1е йолу дийцар.

в) Чулацамах къамел дар.

-Муха к1ант ву Мустапа? Д1аеша и к1айдарг.

-Цунна х1ун дан дагадеара цунна ? Д1аеша к1айдарг.

-Х1унда дийладелира бераш Мустапах? (Каранаш доьхкина веача)

-Мустапан х1илланах г1уллакх хилирий? (Ца хилира)

-Х1ун хьехам бира Мустапана хьехархочо? Д1аеша к1айдарг.

-Муха хила веза дешархо? (Т1ехь ц1ена хила веза, оьшу дешархочун г1ирс хила беза, урокаш 1амо еза, шеен хеннахь ваха веза школе)

г) Дийцар схьадийца кечам бар.

-Д1аеша дийцаран хьалха ши абзац? (Х1ун ду коьртаниг? ( Муса школе ваха т1аьхьависна)

-Схьадийца цунах лаций.

-Д1аеша рог1ера абзац. Х1ун ду коьрта? (Мустапана х1илла дан дагадеана)

-Схьадийца цунах лаций.

-Д1аеша рог1ера абзац. Х1ун ду коьртаниг? (Мустапан х1илла гучудели)

-Схьадийца цунах лаций.

-Схьадийца дийцар.

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бу шун тахана? Муьлхачарех даккхийдоь шу?

7. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай ?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоьху шуна цу дийцаро?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Дийцар З. Муталибовн «Мустапан каранаш» ц1е йолу дийцар схьадийца

Хазъеллачу кайдаргана сурт диллар

Выбранный для просмотра документ Урок 33 Хьаьжк1аш ер . 1абаз Эдильсултанов .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Хьаьжк1аш ер» 1. Эдильсултанов.

1алашо: 1.Эдильсултановн «Хьаьхк1аш ер» ц1е йолу дийцар довзийтар; нийса а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Къинхьегаме безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду цхьанашарехь ч1ога а , меллаша а , з1енаца а дийцаран тексташ еша. Берашна хуур бу дийцаран чулацамах кхета, шайна хеттарг ала. Берашна хуур ду дийцаран текста юкъара цхьацца аларш талла. Берашна хуур ду баккхийчарна томехь дерг лело.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?

Бераша схьадуьйцу» Мустапан каранаш» ц1е йолу дийцар.

-Схьагайта шаьш дехкина суьрташ. Муьлхачу к1айдаргана диллина ахьа х1ара сурт . Д1аеша и к1айдарг .

2. Мотт шабар.

Хорбаз суна,

Хохаш хьуна,

Хорсам кхунна,

Хелиг цунна.

Т1аьхьависнарг

Хьо ма ву.

Б1аьргаш ахь

Д1ахьаббийр бу.

-Д1аеша массара цхьана меллаша.

-Д1аеша массара цхьана ч1ог1а.

-Иза х1ун ю ? )Дагардар)

-Маца оьшу дагардарш? (Лечкъаргех, кхечу ловзарх ловзуш)

-Шуна муьлха дагардарш девза?

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна 1амо билгалъяьккхина? («Хьаьжк1аш ер»)

-Мила ву цуьнан автор? (1. Эдильсултанов)

-Х1ун болх бийр бу аша и дийцар дика 1амийта?

Суна девзар ду керла дийцар…

Суна вевзар ву цуьнан автор..

Суна 1емар ду нийса а , шера а еша…

Суна хуур ду хаттаршна жоьпаш дала..

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу 1. Эдильсултановн «Хьаььжк1аш ер» ц1е йолу дийцар.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Стенга даханера бераш ? (Уьш баба, дада долчу бахара)

-Х1унда баханера уьш бабаг1аьрга?(хьаьжк1аш юьйш г1о дан бахара.)

-Х1ун дира цу шимма баккхийнаш чубахача? (Пхиъ ор даьккхина чуйоьхкира хьаьжк1аш)

-Муха хьалаевлира хьаьжк1аш? (Цхьеарш мог1анашкахь , вуьш – зезагийн курсаш санна)

-Аша йиний хьаьжк1аш? Муха йийра аша хьаьжк1аш?

5. Сада1аран миноташ .

Са а даь1на, арадевлла,

Ян дох куш ду тхо зарядка.

Сихха шу д1ах1иттий довла,

Цхьана меттехь юхадовда.

Куьйгаш д1асадахийта,

Цецдевлла шаьш моттийта.

Юха хьалха охьатаГа, (3-4-зза)

Охьата1а, хьалата1а. (3-4-зза)

Хьаж т1е куьг шайн х1оттаде,

Когаш д1асахилабе,

Аьтту arlop доьрзуш, (3-4-зза)

Аьрру arlop доьрзуш, (3-4-зза)

Гонах до л чу н тидамбе.

Динарг х1инца тоийта,

Дог1маш малдеш, д1ах1итта.

Мох чуоза, арахеца, (3-4-зза)

Вайн зарядка ели х1инца.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.



а)Бераша д1адоьшу массара цхьана меллаша 1. Эдильсултановн «Хьаьжк1аш ер» ц1е йолу дийцар.

аь)Бераша д1адоьшу массара цхьана ч1ога 1. Эдильсултановн «Хьаьжк1аш ер» ц1е йолу дийцар.

б) Бераша д1адошу з1енаца 1. Эдильсултановн «Хьаьжк1аш ер» ц1е йолу дийцар.

в) Суьрташ дахкар.

-Бераш, шайна хазъеллачу к1айдаргана сурт дилла.

7. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша тахана? Муьлхачарех даккхийдуь шу?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира аша тахана?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун дара цу дийцарехь беламе?

-Аша диний ишттаниг?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шкра д1адеша 1. Эдильсултановн «Хьаьжк1аш ер» ц1е йолу дийцар.









Выбранный для просмотра документ Урок 34. Мазлаг1ехь . Д Кагерманов..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Мазлаг1ехь» Д. Кагерманов.

1алашо : Д. Кагермановн «Мазлаг1ехь» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а, шера а , дийцаран тексташ еша 1амор. Воккхачунга леерам хила 1амор. 1аламе безам кхоллар.Ойлаяр , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду , хезаш , меллаша , з1енаца , кхетош дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна шайн дешнашца , учебникана т1ера масалашца жоьпаш дала. Бераша 1емар ду 1аламан тидам бан.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?

Бераша д1адоьшу 1. Эдильсултановн «Мазлаг1ехь» ц1е йолу дийцар.

-Муьлха суьрташ дехкина аша ?

-Хьовса Мовлада диллина сурт? Хьанна хуур ду х1ара муьлхачу к1айдаргана диллина? Д1аеша и.

2. Мотт шарбар.

Ц1оз

- Муха 1а хьо, ц1оз?

- Деха дууш моз.

- Ткъа болх мичахь бо?

- Мах лиэлош ду со.

Рицкъа суна хуьлу,

Цкъа а ницкъ ца хуьлуш.

- Иштта лелахь, ц1оз,

Хьох а бийр бу х1оз.

  1. Демеев)

Д1аеша меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана?

-Д1аеша массара цхьана ч1ог1а?

-Муха ю стихотворении: беламе , г1айг1ане?

-Х1ун хаьа шуна ц1озах лаьцна?

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар доьшур дув ай тахана? (« Мазлаг1ехь»)

-Мила ву цуьнан автор ? (Д. Кагерманов)

-Х1ун болх бийр бу аша иза дика 1амийта? Х1ун кхиамаш хир бу шун?

-Бераш, вай тахана д1адоьшур ду Д. Кагермановн «Мазлаг1ехь» ц1е йолу дийцар. Шуна 1емар ду нийса а , шера а дийцаран тексташ еша.

4. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Д. Кагермановн «Мазлаг1ехь» ц1е йолу дийцар.

5. Сада1аран миноташ.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1адоьшу м ассара цхьана меллашачу озаца Д. Кагермановн «Мазлаг1ехь» ц1е йолу дийцар.

аь) Бераша д1адоьшу м ассара цхьана ч1ог1ачу озаца Д. Кагермановн «Мазлаг1ехь» ц1е йолу дийцар.

б) Чулацамах къамел дар.

-Х1ун стаг ву Ахьмад? (Накхарш лелархо ву )

-Бераш стенга доьлху? (Ахьмад волчу )

-Х1унда? (Берийн самукъадолу Ахьмада дуьйцучу х1уманех)

-Х1ун боху воккхачу стага накхармозех лаьцна?Д1аеша и к1айдарг.

-Дийца берийн х1етал- металех лаций? Д1аеша и к1айдарг.

-Амана «пха баьккхира» бохучух муха кхета шу?

-Х1ун бахьна ду воккхачу стеган берах воккхийверан? (Берашна 1илмано дуккха а х1уманаш 1амийна. Самукъадолу цуьнан)

-Шуна х1ун хаьа накхарех лаьцна?

7. Рефлекси.

-Х1ун дара шун дан билгалдаьккхина? Х1ун дан ницкъ кхечи? Х1ун диси данза?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай?

-Мила ву цуьнан автор?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Д. Кагермановн «Мазлаг1ехь» ц1е йолу дийцар.



Выбранный для просмотра документ Урок 35-37 Уггар мехалниг 1. Гайсултанов .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Уггар мехалниг» 1. Гайсултанов. (1-ра дакъа)

1алашо: 1. Гайсултановн дийцар «Уггар мехалний» довзийтар ; Нийса а , кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Къамел , ойлаяр кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашан 1емар ду , ч1ог1а чу озаца д1абуьйлабелла меллашачу озе а боьрзуш дийцаран тексташ еша; берашна 1емар ду чулацам талшайнла , шайна хетарг ала. Берашан хуур ду шайн г1уллакхийн мах хадо.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?

-Д1адеша дийцар «Мазлаг1ехь» ц1е йолу дийцар.

2. Мотт шарбар

Чайта1

Миска чайта1 цомгаш хилла,

Дукха моз цо хьалха диъна.

Йоьлху чайта1, мохь хьоькху: -

Яла йоллу, чуо лозу.

Хьег1а чайта1, б1аьрхиш 1енош

Чуо лозуш ю и, ца туьйш:

Б1аьрмецигчу чайта1о

Комарш йиъна ца 1ебаш

2. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна 1амо билгалдаьккхина?( «Уггар мехалниг»)

-Мила ву цуьнан автор? (1. Гайсултанов)

-Х1ун болх бан ницкъ кхочур бу шун и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш бохур бу аша? Х1отта е план.

-Вайна тахана девзар ду 1. Гайсултановн «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцар. Вай 1амор ду нийса , шера дийцаран тексташ еша, къамел д1адахьа.

3. Керла тема хьехар.

-Д1аеша дийцаран ц1е ? (Уггар мехалниг)

-Стенах лаьцна хир ду иза?

  • Оьшуш йолчу х1умананх

  • Ахчанах лаьцна

а) Хьехархочо кхетош д1адоьшу 1. Гайсултановн « Уггар мехалниг» ц1е йолчу дийцаан 1-ра дакъа.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Муьлш бу дийцараран коьрта турпалхой? (Дауддий, Вадуддий)

-Хьаьнца вара и шиъ ц1ахь? (Шаьшшиъ)

-Стенгахь дара да , нана ? (Нана туькана яханера, да балхахь вара)

-Муьлханиг вара воккха? (Вадуд)

-Муха 1алашвора Вадуда Дауд? (Цунна товриг дора )

-Муха к1ант ву иза? (Дика)

-Автора муха яздина цунах лаьцна? (Шел жимчуна 1уналла деш хилча , къонах ву иза)

-Х1ун деш 1ара ши к1ант ? (Ловзуш)

-Мила веара цаьрга ? (Почтальон)

-Цо х1ун еара ? (Кехат)

-Кехат хьаьнга делира почтальоно? (Вадуде)

-Х1ун дира Дауда? (Вилхина схьадаьккхира)

-Вадуд реза вуй Дауде и дала? Х1унда? (И церан дас х1ора денна лардеш ду)

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь массара цхьана меллаша д1адоьшу 1. Гайсултановн «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцаран 1-ра дакъа .

аь) Бераша цхьанаэшарехь массара цхьана ч1ог1а д1адоьшу 1. Гайсултановн «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцаран 1-ра .

б) Бераша з1енаца д1адоьшу 1. Гайсултановн «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцаран 1-ра

в) Сурт диллар.

-Шайна хазъеллачу к1айдаргана сурт дилла.

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш беха аша урокехь? Муьлханаш бу коьрта?

8.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай тахана?

-Мила ву цуьнан автор?

-Муха хийтира шуна и дийцар?

9. Ц1ахь бан болх балар.

-Шера д1адеша 1. Гайсултанов «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцаран 1-ра дакъа.

















Нохчийн литература

Тема: «Уггар мехалниг» 1. Гайсултанов.(2- г1а дакъа)

1алашо: 1. Гайсултановн дийцар «Уггар мехалний» кхин д1а довзийтар ; Нийса а , кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Къамел , ойлаяр кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашан 1емар ду , ч1ог1а чу озаца д1абуьйлабелла меллашачу озе а боьрзуш дийцаран тексташ еша; берашна 1емар ду чулацам талшайнла , шайна хетарг алаБерашна 1емар ду хьехархочун хаттршна дуьззина жоьпаш дала. Берашан хуур ду шайн г1уллакхийн мах хадо.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?

-Д1адеша «Уггар мехалниг» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

2. Мотт шарбар

Езиратна нанас эцна

Еанера морожни.

Едда яхна ц1ерга лаьцна,

Езирата и яший.

Елхарх х1инца пайда бац -

Ешнарг меттах1уттур яц.

(Ж. Махмаев)

-Д1аеша массара цхьана меллашачу озаца.

-Д1аеша массара цхьана ч1огачу озаца.

-Д1аеша байт къастош.

-Муха бу цуьнан чулацам : беламе я г1айгане?

-Аша диний ишттаниг?

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна тахана деша билгалдаьккхина? («Уггар мехалниг»)

-Х1ун болх бийр бу вайи за дика 1амийта? Х1ун болх бан ницкъ кхочур бу аьлла хетта шуна? Х1оттае план.

Суна 1емар ду…

Суна хуур ду…

Аса эр дуу

Аса дуьйцур ду..

-Нисса боху. Вай тахана д1адоьшур ду 1. Гайсултановн «Уггар мехалниг» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа. Шуна 1емар ду нийса а , шера а кхеташ дийцаран тексташ еша. Хуур ду Вадудассий, Даудассий кехатана х1ун дина .

3.Керла тема хьехар.

а)Хьехархочо д1адоьшу 1 .Гайсултановн «Уггар мехалниг» дийцаран 2-г1а дакъа.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Хьаьнгахь дара кехат? (Даудехь)

-Муха ловзуш вара иза цуьнца? (Аннашна юкъа а 1уьттуш, хьаладоккхуш)

-Х1ун ледарло елира Даудах? (Дауда кехат аннашна юккъехула охьадожийра)

-Муха хиира Вадудана кехатах хилларг? (Дауд кхеравелла воьлдхуш вара)

-Х1ун барт хилира шина к1ентан кехатан хьокъехь? (Шаьршимма барт бира , дена кехатах дерг ца дийца)

-Нийса ду ишттаниг ? Х1унда?

-Маца ц1авеара да? (Сарахь)

-Цо х1ун хаьттира ? (Деаний кехат)

-Хьан делира жоп? (Нанас ца деана элира)

-Х1ун кехат хиллера иза ? Къастаде жоп.

Шайн болх аттачу баккха яхьийтина чертежаш.

Доттаг1чунга яздина кехат.

б) Кица таллар.

Вон бакъдерг тоьлу , дикачу бакъдоцчул»

-Муха кхета шу кицанах? Къастаде жоп.

  • Шина к1анта бакъдерг аьллехь нехан болх аттачу бер бара-цундела бакъдерг г1оле ду.

  • Шина к1антана дов дийр дара- харцдерг г1оле ду.

-Х1унда ду хьалхара жоп нийса? (Кехат чудожаран бехк шина к1ентан бу , цундела бехк т1елацабеза хала делахьа)

-Шуна х1ун аьлла хетта: дас кехат чудожиний хиъча дов дир дуй берашна? Берийн жоьпаш.

-Ткъа шуна дийр дарий дас ишттаниг даьлча дов?

4.Сада1аран миноташ.

Массара а йой аша Гуьйранна зарядка? Х1инца цхьаьнии яй

вай иза?

Маьлхан серло яржале -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1енаш лахка, човхаде -

Цхьаъ, шиъ - кхоъ.

Йиша, ваша г1аттаде

-Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Физзарядка йолае

-Цхьаъ - ш иъ - кхоъ.

Т1аьхьараалар:

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Меттахвала, кхоссало

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1аж схьалаца, кхозало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Куьйгаш айба, волало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Ницкъ бохьур бу боларо -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

(Цугаев Салман)

XIapa физминот музыка а локхуш ян тарло. Багахь xiapa йиш

а локхуш зарядка яйта тарлуш ду.

5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь массара цхьана меллаша д1адоьшу 1. Гайсултановн «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцаран 2-га дакъа .

аь) Бераша цхьанаэшарехь массара цхьана ч1ог1а д1адоьшу 1. Гайсултановн «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа .

б) Бераша з1енаца д1адоьшу 1. Гайсултановн «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцаран 2-г1а

в) Сурт диллар.

-Шайна хазъеллачу к1айдаргана сурт дилла.

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш беха аша урокехь? Муьлханаш бу коьрта?

8.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай тахана?

-Муха хийти шуна шина к1анта шина к1анта кехат лачкъор?

9. Ц1ахь бан болх балар.

-Шера д1адеша 1. Гайсултанов «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа.



Нохчийн литература

Тема: «Уггар мехалниг» 1. Гайсултанов.(3- г1а дакъа)

1алашо: 1. Гайсултановн дийцар «Уггар мехалний» кхин д1а довзийтар ; Нийса а , кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Къамел , ойлаяр кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашан 1емар ду , ч1ог1а чу озаца д1абуьйлабелла меллашачу озе а боьрзуш дийцаран тексташ еша; берашна 1емар ду чулацам талшайнла , шайна хетарг ала. Берашна 1емар ду хьехархочун хаттршна дуьззина жоьпаш дала. Берашан хуур ду шайн г1уллакхийн мах хадо.Берашна хуур ду дийцаран коьрта маь1на довза.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?

-Д1адеша «Уггар мехалниг» ц1е йолчу дийцаран 3-г1а дакъа.

2. Мотт шарбар

Ислам, дехках ма къехка,

И цхьа цуьрриг бен ма бац.

Цул схьаволий кхуза чехка,

Хьайн писулиг схьалаца.

-Д1аеша массара цхьана меллашачу озаца.

-Д1аеша массара цхьана ч1огачу озаца.

-Д1аеша байт къастош.

-Муха бу цуьнан чулацам : беламе я г1айгане?

-Шу коьрий дехках?

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна тахана деша билгалдаьккхина? («Уггар мехалниг»)

-Х1ун болх бийр бу вайи за дика 1амийта? Х1ун болх бан ницкъ кхочур бу аьлла хетта шуна? Х1оттае план.

Суна 1емар ду…

Суна хуур ду…

Аса эр дуу

Аса дуьйцур ду..

-Нисса боху. Вай тахана д1адоьшур ду 1. Гайсултановн «Уггар мехалниг» ц1е йолчу дийцаран 3-г1а дакъа. Шуна 1емар ду нийса а , шера а кхеташ дийцаран тексташ еша. Хуур ду Вадудассий, Даудассий амалехь керланиг.

3.Керла тема хьехар.

а)Хьехархочо д1адоьшу 1 .Гайсултановн «Уггар мехалниг» дийцаран 3-г1а дакъа.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Х1ун нийса доцу х1ума делира шина к1антах? (Дега деана кехат дайар, къайладаьккхира)

-Муха дог-ойла яра Вадудан шаьшшинах яьллачу ледарлонна? (Кехато садуура, ша х1ун де ца хууш вара)

-Муха хиира цунна кехат кхин дог1ург ца хилар? (Нене хаьттича )

-Х1ун дира Вадуда ? (Цо дена т1е а вахана д1ахаийти , кехат деана хила р иза ша аннаш юккъе дожор)

-Дас дов дирий к1антана ? (Ца дира)

-Х1ун дира дас? (Дагарца у схьа а даьккхина , кехат схьаийци цо)

-Х1ун кхаъ къечи дена ? (Цуьнан болх къобалбина)

-Муха ю Даудан дог-ойла? (Иза самукъане вац)

-Х1ун бала бу цуьнан коьртехь? (Цунна дагахь ду ша аннаш юккъе дожийна кехат, цуьнан шаьшшимма къайладаккхар)

-Х1ун дира Дауда ? (Дега д1адийцира ша кехат аннашна юкъадожор)

-Х1ун ду дена тайнарг? ( Шен шина к1анта бакъдерг дийцар)

-Х1ун элира дас к1енташка? (Кехат деаний хуур дара, т1аккха сан шуьшиннах тешам бовр бара. Адамехь угара мехалниг тешамбар ду. Тешам байна адам цхьанна х1уманан меха дац)

-Муха ши к1ант дета шуна Дауддий , Вадуддий? Аша х1ун дийр дара иштта хьал шайна нисделча?

4. Сада1аран миноташ.

Массара а йой аша 1уьйранна зарядка? Х1инца цхьаьнии яй

вай иза?

Маьлхан серло яржале -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1енаш лахка, човхаде -

Цхьаъ, шиъ - кхоъ.

Йиша, ваша г1аттаде

-Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Физзарядка йолае

-Цхьаъ - ш иъ - кхоъ.

Т1аьхьараалар:

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Меттахвала, кхоссало

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1аж схьалаца, кхозало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Куьйгаш айба, волало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Ницкъ бохьур бу боларо -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

(Цугаев Салман)

XIapa физминот музыка а локхуш ян тарло. Багахь xiapa йиш

а локхуш зарядка яйта тарлуш ду.

5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь массара цхьана меллаша д1адоьшу 1. Гайсултановн «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцаран 3-га дакъа .

аь) Бераша цхьанаэшарехь массара цхьана ч1ог1а д1адоьшу 1. Гайсултановн «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцаран 3-г1а дакъа .

б) Бераша з1енаца д1адоьшу 1. Гайсултановн «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцаран 3-г1а

-Х1ун хьекъал ло вайна дийцаро? Муьлха ду дийцаран коьрта маь1на? Д1адеша дас к1енташка аьлларг.

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш беха аша урокехь? Муьлханаш бу коьрта?

8.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай тахана?

-Х1ун хьекъал ло вайна дийцаро? Муьлха ду дийцаран коьрта маь1на? Д1адеша дас к1енташка аьлларг.

9. Ц1ахь бан болх балар.

-Шера д1адеша 1. Гайсултанов «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцаран 3-г1а дакъа.





Выбранный для просмотра документ Урок 38 Вайн республика .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Вайн республика»

1алашо: учебникан керла дакъа довзийтар; цу декъа юкъайог1у произведенеш йовзийтар;дийцар «Вайн республика» довзийтар , нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша . Къамел , ойлаяр ,Даймахках дозалла кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш :берашна хуур ду керлачу декъех хила тарло кхиамаш ган , уьш билгалбаха; берашна 1емар ду хезаш , меллаша , з1енаца еша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета, шена хетарг ала. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала. Берашна хуур ду Даймехкан хазна йовза , цуьнан доладан лаам хир бу.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар

-Х1ун еллере ра шуна ц1ахь 1амо ?

- Бераша шера д1адоьшу 1. Гайсултанов «Уггар мехалниг» ц1е йолу дийцаран 3-г1а дакъа.

-Х1ун хьоьху вайна дийцаро ?

2. Мотт шарбар.

Кхокхий ловзуш хьайна гича,

Кхийсарш царна ахь ма е.

Кхокхий хьошалг1а даьхкича-

Кхача билла, дузаде.

(Ж. Махмаев)

-Д1аеша меллаша массара цхьана .

-Д1аеша ч1ог1а массара цхьана .

-Д1аеша кхетош.

-Стенах лаьцна ю байт? (Кхокхех)

-Х1ун хаьа шуна кхокхех лаьцна ? Берийн жоьпаш.

-Х1ун хьехам бо вайна автора? (Хичаш мА е кхокхашна, дузаде уьш)

-Аша дузадой кхокхий?

3. Учебникан керла дакъа довзийтар, кхиамаш , 1алашо билгалъяккхар.

-Учбникан муьлха дакъа долр ду вай тахана ? (Вайн Дайммохк)

-Муьлханиг бу вайн даймохк?

-Муьлханиг ю вайн коьрта г1ала?

-Мила ву вайн паччахь?

-Стенах лаьцна лаьцна хир ю цу юкъара произведенеш? (Даймахках)

-Муьлха произведенеш евзар ю вайна кху декъехь?

-« Вайн республика» , «Сан Кавказ» Д. Кагерманов, «Даймахке безам» Ш. Рашидов

-Х1ун кхиамаш хир бу аьлла хетта шуна х1ара дакъа 1амош вайн , х1ун девзар ду керланиг?

  • Вайна евзар ю Даймахках лаьцна произведенеш

  • Вайна бевзар бу керла яздархой

  • Вайна 1емар ду нийса , шера произведенеш еша

-Нийса боху . Вайна 1емар ду Даймахках дозалла дан, Даймехкан хазна евзар ю , цуьнан доладан лаам хир бу.

3. 1алашо йовзийтар , урокан план х1оттор.

-Муьлха произведени евзар ю вайна тахана ? ( «Вайн республика»)

-Х1ун болх бийр ба вай и дийцар дика 1амийта ? Х1ун кхиамаш хир бу вайн ?

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу «Вайн республика» ц1е йолу дийцар.

5. Сада1аран миноташ.

Куьйгаш хаьнт1е х1иттаде,

Когаш т1ехь шу кхиссало: (5-8-зза)

Аьтту arlop хьаьвзаш, (5-8-зза)

Кхисса-кхиссало.

Аьрру arlop хьаьвзаш (5-8-зза)

Кхисса-кхиссало.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь меллашачу озаца массара цхьана д1адоьшу дийцар « Вайн республика»

аь) Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1ачу озаца массара цхьана д1адоьшу дийцар « Вайн республика»

б) Бераша з1енаца д1адоьшу дийцар « Вайн республика»

в) Чулацамах къамел дар.Къастош ешар.

-Муха ю вайн республика ? Д1аеша хьалхара абзац.

-Х1ун бохувайн лаьмнех , аренех , акхараойх , хьаннех лаьцна? Д1аеша и к1айдарг.

-Х1ун ехкина вайн республикехь ? (Заводаш , фабрикаш)

-Аренашкахь х1ун ю ? (Трактораш , комбайнаш )

-Х1ун боху вайн халкъан дешарх , культурех лаьцна? Д1аеша к1айдарг.

-Муьлха къаьмнаш деха вайн республикехь ?Д1аеша к1айдарг?

-Шуна езий вайн республика? (Суна дукхаеза вайн республика)

Г) Сурт диллар.

-Вайн республикан хазалла гойтуш сурт дилла.

7. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бу шун тахана? Муьлхачерах дозалла до аша?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай ?

-Стенах лаьцна дара иза?

-Х1ун ю Даймохк ?

hello_html_1656a0f1.png(Юсупов Анзор)

-Муха хета к1антана шеен Даймлохк? Цо стенах до дозалла?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша «Вайн республика» ц1е йолу дийцар.







Выбранный для просмотра документ Урок 39 Сан Кавказ Д. Кагерманов..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема : « Сан Кавказ» Д. Кагерманов.

1алашо: Д. Кагермановн «Сан Кавказ» ц1е йолу дийцар довзийтар ; нийса а , шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша. Даймехкан турпалхой бовзийтар , царах дозалла дар кхиор. Ойлаяр , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а авторан дог-ойла а гойтуш стихотворни тексташ еша. Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала.

Урок д1аяхьар.

1. Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Дийцар « Вайн республика»)

-Д1адеша дийцар.

2. Мотт шарбар.

hello_html_m2eb76a00.png

hello_html_m4687ca40.png

hello_html_1237a5e8.pngЖ. Махмаев.

-Д1аеша меллашачу озехь цхьанаэшарехь меллашачу озаца.

-Д1аеша ч1ог1ачу озаца цхьанаэшарехь ч1ог1ачу озаца.

-Д1аеша къастош.

-Стенах лаьцна ю байт ? (ненан матах)

-Хьан бела вайна мотт ? (Дала)

-Х1ун аьлла Элчано 1илманах лаьцна? («Китай г1ой а , 1илма лаха»)

3. 1алашо йовзийтар, белхан план х1оттор.

-Муьлха произведени ю вайна 1амо билгалъяьккхина? ( «Сан Кавказ»)

-Мила ву цуьнан автор? (Д. Кагерманов)

-Х1ун болх бийр бу вай и произведени дика 1амо?Х1оттае план.

-Вайна тахана евзар ю Д. Кагермановн « Сан Кавказ» ц1е йолу стихотворении. Шуна 1емар ду нийса а, шера а , къаьсташ яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворни тексташ еша. Вайна бевзар бу нохчийн г1арабевлла турпалхой.

4. Керла тема кхин хьехар.

а) Хьехархочо д1айоьшу Д. Кагермановн « Сан Кавказ» ц1е йолу стихотворении.

аь) Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Муьлха мохк бу стихотворении т1ехь буьйцург? (Нохчийчоь)

-Муха хийцамаш бу боху автора Нохчийчохь? (Хазлуш ю денна)

-Муьлха турпалхой балийна стихотворении т1ехь? (Х. Нурадилов, Ш. Асланбек)

-Х1ун хаьа шуна царех?

- Муха кхета шу «Уьш бу уьш- халкъан ирс , даьккхинарш ц1ийца»?

(Цара вайна парг1ато яьккхина ц1ийца)

-Кхин муьлха турпалхой бевза шуна?

5. Сада1аран миноташ.

Саца, машен!

Х1окху ловзаро ритм ларъян 1амадо бераш.

Массара а цхьаьний:

Саца, машен, саца, машен,

Саца, машен, саца! Саца,

машен, саца, машен, Саца,

машен, саца!

Х1ораммо а ритмехь, цхьанаэшшарехь кераюккъе байн буй

бетта, багахь и байташ а йоьшуш. Юха массара а шайн-шайн

дагахь йоьшуш уьш. Оьшшучу хенахь, массара а цхьаьний «Саца»

ала деза.



6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1айоьшу массара цхьана меллаша озаца цхьанаэшарехь Д. Кагермановн «Сан Кавказ» ц1е йолу стихотворении.

аь)Бераша д1айоьшу массара цхьана меллаша озаца цхьанаэшарехь Д. Кагермановн «Сан Кавказ» ц1е йолу стихотворении.

б) Бераша къаьсташ д1айоьшу Д.Кагермановн «Сан Кавказ» ц1е йолу стихотворении.

7.Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бу шу таха урокехь? Муьлхачерах дозалла до аша?

8. Жам1 дар.

-Муьлха стихотворении йийшира вай тахана ? ( «Сан Кавказ»)

-Мила ву цуьнан автор? (Д. Кагерманов)

-Кхин муьлха произведени ешна аша Д. Кагермановн?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Д. Кагермановн «Сан Кавказ» стихотворени дагахь 1амо.





Выбранный для просмотра документ Урок 4. Дог1а деанчул т1аьхьа М. Сулаев .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Дог1а деанчул т1аьхьа» М.Сулаев.

1алашо: М. Сулаевн дахар , кхолларалла , керла дийцар «Дог1а деанчул т1аьхьа» довзийтар. Нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , тидам бар кхиор, 1аламе безам кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду хезаш еша т1аьхь –т1аьхьа ша-шена ешарга а боьрзуш; бераш кхетар бу шаьш ешначун чулацамах , хуур ду чулацамах лаьцна шайна хетарг д1аала; бераш кхетар бу гонахара 1алам льшуш хилар, цуьнан доладан дезаш хилар.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

а) Стихотворен «Аьхкенан 1уьйре» Ш. Арсанукаевн схьайийцар.

2.Мотт шарбар.

Дадас краэцна нитт.

Маса хир ду шозза пхиъ?

Итт, итт, итт!

Хьанна туоха волу и ?

Нитт аьлча а –дийнна дитт?!

-Д1аеша массара дешдакъошца.

-Д1аеша массара мозийн хьесапехь.

-Д1аеша шайн дагахь.

-Д1аеша кхетош.

-Муха дог- ойла кхоллало байт ешча? (Самукъадолу)

3.1алашо йовзийтар, белхан план х1оттор.

-Муьлха произведении ю вайна 1амо билгалъяьккхина? («Дог1а деанчул т1аьхьа»)

-Мила ву цуьнан автор? ( М. Сулаев)

-Х1ун болх бийр бу вай и дийцар толлуш? ( Суна девзар ду керла дийцар «Дог1а деанчул т1аьхьа».Суна вевзар ву керла яздархо)

-Суна 1емар ду дийцар нийса, шера деша.

-Нийса боху. Вайна тахана вевзар ву яздархо М. Сулаев, цуьнан керла произведении.Шуна 1емар ду нийса, кхеташ дийцаран тексташ еша.Шуна хуур ду чулацамах лаьцна схьадийца.

4.Кела тема хьехар.

1.Хьехархочун дош. (Юххедиллар)

Сула́ев Магоме́т Абу́евич

Сула́ев Магоме́т Абу́евич (1920 шаран 20 сентябрь — 1992 шаран 11 ноябрь) — ночхийн яздархо а, поэт а, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн а, СССРн а яздахойн Союзашан декъашхо.

Вина 1920 шаран 20 сентябрехь ГIойтlахь. 1933 шарахь школа чекхъяккхира цо. Шен хьалхара байт «Нохчийн илли» цо язйира 15 шо кхаьчна волуш. Бакухь рабфак чекхъяккхира цо. 1941 шарахь Сулаевс чекхъяккхира Бакухь йолу Азербайджанан лоьран институт.

1943 шарахь цо кхоьллира шен хьалхар йоккха произведени — «Малх тоьлур бу» цӀе йолу поэма. Иза язйина яра Советски Союзан Турпалан Ханпаша Нурадилован лерина. Нохчий цӀера бехнача хенахь цо яздар ца дитира, амма цо язйинараш ара ца хоьцара.

Иза вара республикан больницин хирург а, санитарин серлонан республикан цӀан коьрта лор а[1]. Цуьнга дика цхьанабалора лоьран болх а, яздархон болх а. Сулаевс арахийцира масийтта поэзин а, критикин а, прозин а гуламаш.





2. Дийцар «Дог1а деанчул т1аьхьа» д1адоьшу хьехархочо.

-Шеран муьлха зама ю дийцар т1ехь йуьйцуш ерг? (Б1аьсте)

-Б1аьстенан муьлха билгалонаш хьахийна дийцар т1ехь? ( Стиглахь к1айн мархаш ю. Заза охьадоьжна. Олхазарш ду бошмашкахь хезаш.)

-Х1ун боху автора Мархех лаьцна? ( Лома т1ехьа го бамба сана марха)

-Х1ун боху бошмех лаьцна? (Заза охьа доьжна, дог1а деанчул т1аьхьа чонах ц1анъелла)

-Х1ун боху олхазарех лаьцна? (Олхазарша эшарш лоькху аьхкенан хазалла хестош)

-Х1ун боху зезагех лаьцна? (Дог1а деанчул т1аьхьа к1айн, можа зезагаша кхелина аре)

-Х1ун боху накхармозех лаьцна? (Накхармозий ду дургал гулъеш)

-Х1ун боху дийнатех лаьцна? (Ежаш ю говраш, бокъий)

-Х1ун дог-ойла кхоллало дийцар дешча? (Самукъ долу)

-Х1унда? (1алам самадаьлла , аьхке дагайог1у)

3.Сада1аран миноташ.

4.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1адоьшу дийцар «Дог1а деанчул т1аьхьа»

аь) Къастош ешар.

-Муха гайтина яздархочо аьхкенан 1аламан сурт? Д1аеша и к1айдарг.

-Дог1а деанчул т1аьхьа х1ун хийцамаш хилира 1аламехь? Д1аеша и к1айдарг.

-Тхин т1адамех лаьцна йолу к1айдарг еша.

-Д1аеша говрех лаьцна к1айдарг.

5. Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1еми шуна тахана?

-Суна вевзи керла яздархо.

-Суна девзи керла дийцар.

-Суна 1еми нийса а , кхеташ а дийцаран тексташ еша.

-Суна 1еми къастош еша.

6.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийши вай тахана ?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна ду дийцар?

7.Ц1ахь бан болх балар.

а) Шера деша дийцар « Дог1а деанчул т1аьхьа» Мю Мулаев.



Выбранный для просмотра документ Урок 40 Даймахке безам . Рашидов. .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема : «Даймахке безам» Ш. Рашидов.

1алашо: Ш. Рашидовн дахар , кхолларалла , стихотворении «Даймахке безам» йовзийтар. Нийса а , кхеташ а стихотворниии тексташ еша .Даймаахкан хазалла ган 1амор, даймахках дозалла кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворни тексташ еша. Берашна 1емар ду яздархочо далийна цхьацца аларш талла , царех кхета. Берашна хуур ду хьехархочун хаттарна нийса жоьпаш дала.

Урок д1аяхьар.

1 .Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?

Бераша схьайуьйцу Д. Кагермановн «Даймахке безам» ц1е йолу стихотворении.

3. Мотт шарбар.

Мама Мовсар лохуш ю,

Мовсар маьнги к1елахь ву.

-Мовсар! Мовсар! Вола схьа!

Межарг безахь, эца д1а!

(Ж. Махмаев)

-Д1аеша меллаша массара цхьана цхьанаэшарехь

-Д1аеша массара цхьана ч1ог1ачу озаца цхьанаэшарехь.

-Муха дог-ойла кхоллало шун ешча?

4. 1алашо йовзийтар , белхан план х1оттор.

-Муьлха произведени евзар вайна тахана? (« Даймахке безам»)

-Мила ву цуьнан автор? (Ш. Рашидов)

-Х1ун болх бийр бу вай и произведени дика 1амийта ? Х1ОТТ АЕ ПЛАН.

-Вайна тахана девзар ду Ш. Рашидовн дахар кхолларалла ,«Даймахке безам ц1е йолу стихотворении. Шуна 1емар ду нийса а , кхеташ а , яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворни тексташ еша.Шуна евзар ю вайн Даймехкан хазалла.

5. Керла тема хьехар.

а)Яздархочух дош.

Рашидов Шах1ид

Нохчийн г1араваьлла яздархо ву.

Рашидов Шах1ид 1940-чу шеран 15-чу ноябрехь вина Гуьмсан районерчу Энгель – эвлахь. Рашидов Шаид стихаш язъян волавелла 6-чу классехь докшушволуш. Дуьххьара нохчийн маттахь язъиина стихотворени Мамакаев Мохьмаде гайтира цо. Нохчийн маттахь дуьххьарлера стихотворении зорбане елина 1958-чу шарахь. Безамах яра иза. Дуккха иллеш, эшарш ду цуьнан стихаш т1ехь язъйина. Дуьххьарлера д1ааьлла илли ду «Ломара зезаг». Шен хазчу озаца и илли д1аэлира Магомедов Султана.

Дуккха а ладог1архошна дукха дезаш ду Шах1идан дешнаш т1ехь даьхна безамах долу иллеш. Царех ду «Илланча сох винарг», «Чов», «И туьтеш сийна», Дог дитна воьду со»…

Рашидов Шах1ид тахана а к1ад ца луш, къахьоьгуш схьавог1у





аь)Хьехархочо къетош д1айоьшу Ш. Рашидовн «Даймахке безам» ц1е йолу стихотворении.

5. Сада1аран миноташ.

Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:

Т1араш тухуш, т1араш тухуш

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.

Цхьаъ - схьаверза,

Шиъ - д1аверза.

Кхоъ -охьата1а,

Диъ - хьалата1а.

Т1араш тухуш, т1араш тухуш,

Тонна тГаьххье дуьйлало.

Юха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,

Когаш тохий, кхоссало.



6.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша массара цхьана меллаша д1айоьшу Ш. Рашидовн «Даймахке безам» ц1е йолу стихотворени

аь) Бераша массара цхьана меллаша д1айоьшу Ш. Рашидовн «Даймахке безам» ц1е йолу стихотворении

б) Чулацамах лаьцна къамел дар.Къастош ешар.

-Стенах лаьцна ю стихотворении ? (Даймахках лаьцна)

-Х1ун боху автора Даймахках лаьцна ? Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун боху аренех , лаьмнех , батах лаьцна? Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун боху вайнехан адамийн гергарлонах? Д1аеша к1айдарг.

-Д1абеша т1аьххьара биъ мог1а. Муха кхета шу царех?.

-в)Сурт дилла Даймехкан цхьа хазалла гойтуш

7. Рефлекси.

-Х1ун план яра аша х1оттийнарг?

-Х1ун дан ницкъ кхечи шун?Х1ун диси ницкъ ца кхаьчна?

8. Жам1 дар.

-Муьлха стихотворении йийшира аша ?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун эр дара аша вайн Даймехкан хазаллех лаьцна?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Кхетош д1аеша Ш. Рашидовн «Даймахке безам» стихотворении.



Выбранный для просмотра документ Урок 42. Сан йиша . Арсанукаев .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Сан йиша» Ш. Арсанукаев.

1алашо: Ш. Арсанукаевн дахар , кхолларалла , керла произведени «Сан йиша» йовзийтар. Нийса а , кхеташ стихортворни тексташ еша 1амор. Ойлаяр , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворни тексташ еша. Берашна хуур ду текста цхьацца аларш талла, хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна евзар ю керла корматталла, цуьнга кхиа , караерзо лаам хир бу.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? («Соьга юха а хабар дийцало» Р. Нашхоевн дийцар деша)

-Д1адеша з1енаца и дийцар.

-Х1ун ду шуна дийцарехь гуттар а тайнарг?

2. Мотт шарбар.

Парг1улеш хьоьжу г1ург1езашка,

Г1ург1езаш хьоьжу г1арг1улешка.

-Д1аеша меллашачу озаца массара цхьана.

-Д1аеша ч1ог1ачу озаца массара цхьана.

-Х1ораммо ша-ша ала.

Хьовза, Хьовза,

Сахьтан цамза хьовза.

Сиха ма хьийза,

Хьан корта хьийза.

-Д1аеша байт. Дагахь 1амае.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна 1амо билгалъяьккхина? («Сан йиша»)

-Мила ву цуьнан автор ? (Ш. Арсанукаев)

-Х1ун болх бийр бу аша и стихотворении дика 1амийта? Х1ун кхиамаш хир шун тахана?

-Нийса боху. Вайна тахана девзар ду Ш. Арсанукаевн « Сан йиша» ц1е йолу стихотворении. Вайна 1емар ду нийса а, кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша. Вайна евзар ю керла корматалла -Летчик.

4. Керла тема хьехар.

а) Кагделла дош хота.

чик, лет

-Лакхарчу дешдакъойх дош кхолла?( Летчик)

-Мила ву летчик? (Кема хохкуш волу стаг)

-Йо1 хила тарлой летчица ? Берийн жоьпаш.

-Хьехархочо д1адоьшу Ляля ц1е йолчу летчицех.

аь) Яздархочух лаьцна дош.

б) Хьехархочо къастош д1айоьшу Ш. Арсанукаевн «Сан йиша» ц1е йолу стихотворении.

5. Сада1аран миоташ.

Бераш:

- Уьнт1епхьид, уьнт1епхьид,

Т1улган ц1а т1ехь лелон пхьид,

Мичахь лелаш хьо яра,

Ловза ма ца еара?

Уьнт1епхьид:

- Х1орда чохь со лелара,

К1рнеш хи чу сайн яьхна:

Нека дан уьш 1амийра,

Куьйгаш, когаш детташ,

Хи чохь даим сетташ:

Аркъал, бертал, пел доьрзуш,

Нека дора хих ца 1ебаш.

Уьнт1епхьид а хоржий, бераш класса чухула дуьилало цунна

т1аьххье, цо дийриг а деш: нека до мотгуьйтуш, куьйгаш д1аса а

лестош, аркъал сетташ, охьате1аш, aгlop доьрзуш.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь массара меллашачу озаца цхьана д1айоьшу Ш. Арсанукаевн «Сан йиша» ц1е йолу стихотворении.

аь) Бераша цхьанаэшарехь массара цхьана ч1ог1ачу озаца д1айоьшу Ш. Арсанукаевн «Сан йиша» ц1е йолу стихотворении.

б) Чулацамах къамел дар.

-Хьанах лаьцна дуьйцу поэта шеен стихотворении т1ехь? (Нохчийн йо1 летчица ю цо юьйцург)

-Хьанна карабо боху поэто ша лоьху некъ? (Халонех ца хьоьгуш къахьегначунна карабо некъ)

-Х1ун тешам бу поэтан? Х1ун толлур ю боху цо вайн мехкарша? Д1аеша и к1айдарг.

-Шуна лаьий космонавт хила?Хн1ун ю космос?

-Хьанна лаьа летчик хила?

7. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи х1ораммо? Уггаре дика кхиамаш хьенан бу тахана?

8.Жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира вай?

-Мила ву цуьнан автор?

-Муьлха корматаллаш евзи шуна?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Ш. Арсанукаевн «Сан йиша» стихотворении дагахь 1амо.

Выбранный для просмотра документ Урок 43 Сох а хир ву г1ишлоярхо Т. Закаев .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Сох а хир ву г1ишлоярхо» Т. Закаев. (Аг1о 75-76)

1алашо: Т. Закаевн «Сох а хир ву г1ишлоярхо» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Дешархошна керл корматталла йовзийтар. Иза караерзо лаам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду меллашачу озана т1 ера ч1ог1ачу озана т1е а воьрзуш дийцаран тексташ еша 1амор. Дийцаран чулацамах кхета а 1емар ду бераш. Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна евзар ю керла корматалла иза йовза а , караерзо лаам кхоллалур бу.

Урок д1аяхьар

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна шуна ц1ахь 1амо? ( « Сан йиша» ц1е йолу стихотворении)

2. Мотт шарбар.

XIOKXO балийна,

XIOKXO урс хьаькхна,

XIOKXO тилийна,

XIOKXO кхехкийна,

XIOKXO кхаьллина

Д1абахийтина.

(Халкъан)

-Д1аеша меллаша массара цхьана меллашачу олзаца

-Д1аеша ч1ог1ачу озаца массара цхьана ч1ог1ачу озаца.

-П1елгаш хьала а ойбуш д1аеша байт , х1ора п1елг айбарца д1аала цхьацца мог1а.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна 1амо билгалдаьккхина? ( « Сох а хир ву г1ишлоярхо» ц1е йолу дийцар)

-Мила ву цуьнан автор? ( Т. Закаев)

-Х1ун болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш хир бу шун ?

-Вайна тахана девзар ду Т. Закаевн «Сох а хир ву г1ишлоярхо» ц1е йолу дийцар. Шуна 1емар ду нийса а, шера а дийцаран тексташ еша . Шуна керла ковзалла а евзар ю.

4. Керла тема хьехар.

а) Кагделла дош нисдар.

Хо, г1иш, яр, ло.

-Дешдакъойх дош кхолла? (Г1ишлоярхо)

-Мила ву г1ишлоярхо?

а) Хьехархочо д1адоьшу Т. Закаевн «Сох а хир ву г1ишлоярхо»

аь)Чулацамах къамел дар.

-Мила ву дийцаран коьрта турпалхо? (Жима к1ант Султан)

-Стенга вигира дас Султан? (Г1ала)

-Х1ун гира Султанна г1алахь? (Султанна гира лекха ц1енош , уьш доьг1уш г1о деш йолу машенаш)

-Мила хила лиира Султанна ?(Г1ишлоярхо)

-Шуна хьанна лаьа г1ишлоярхо?

б) Говзалла таллар

-Хьехархочо д1агойту нохчийчохь йолчу хазачу г1ишлойн суьрташ.

-Х1ара х1ун ю ? (Маьждиг «Нохчийчоьн дог»)

-Х1ара х1ун г1ишло ю ? ( Г1алара лекхачарех цхьа г1ишло)

-Муха хетта шуна и г1ишлош? (Хаза ю)

-Шуна лаьйш иштта г1ишлош Нохчийчохь дуккха хила?

-Хьанна лаьа г1ишлоярхо хила?

5. Сада1аран миноташ

1ам чохь баьццара ши пхьид

Дукха каде хьийзаш яра:

Юьхь-куьг цара дуьлура,

Дег1ах гата хьоькхура.

Когаш бетташ, т1араш детташ,

Аьрру, аьтту д1асасетташ.

Юха хьала а нислуш,

Багахь «къакъи» дора.

Цундела ю уьш могуш

Шу а хила лууш.

(Бераша байташ йоьшу дег1ан меженаш хьееш).

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша меллаша цхьана эшарехь массара цхьана д1айоьшу Т. Закаевн « Сох а хир ву г1ишлоярхо…»

аь) Бераша хезаш цхьана эшарехь массара цхьана д1айоьшу Т. Закаевн « Сох а хир ву г1ишлоярхо…»

Б) Сурт диллар.

-Нохчийчохь тойиначу , керлайиначу г1ишлойх цхьанна сурт дилла.

-Х1ун хаьа шуна г1ишлона х шаьа йиллинчу?

7.Рефлекси.

-Урокех шайн хилла дог-ойла а гойтуш суртдилла?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар девзира шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун керланиг карийна шуна дийцар дешча?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Т. Закаевн « Сох а хир ву г1ишлоярхо» дийцар д1адеша.





Выбранный для просмотра документ Урок 46 Асарахь. М. Ахмадов .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Асарахь» М. Ахмадов.(Аг1о 80-83)

1алашо: М. Ахмадовн дахар , кхолларалла, дийцар «Асарахь» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор. Нохчийн г1араваьлла эвлеэх дозалла кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду меллаша ешарна т1ера хезаш ешаре е боьрзуш , кхетош дийцаран тексташ еша. Берашна хаьар ду предложении чаккхнгахь соцунг1аярца билгалъяккха. Берашна хуур ду дийцаран чулацамах кхета шайна хетарг ала, хьехархочун хатташан жоьпаш дала. Эвлеин хьехам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллара шуна ц1ахь 1амо? («Кхоллараллехь лехамаш» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа).

-Д1адеша .

2. Мотт шарбар.

1аж

1аж бу лаьтташ баьржина,

TIepa 1ежаш жимделла.

Ца деш царна башха х1илла,

Поллано уьш д1аидийна.

-Д1аеша байт массрс цхьана меллаша.

-Д1аеша массара цхьана хезаш.

-Муха ю байт : беламе , я г1айг1ане? (Беламе)

-Поллано д1акхоьхьий 1ежаш?т Стенга дахана 1ежаш?

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна тахана 1амо билгалдаьккхина? ( «Асарахь» ц1е йолу дийцар)

-Мила ву цуьнан автор? ( М. Ахмадов)

-Х1ун болх бийр бу аша и дийцар дика 1амийтархьама ? Х1ун кхиамаш хир ба аьлла хетта шуна тахана? Х1оттае план.

-Вайна тахана девзар ду М. Ахмадовн дахар , кхолларалла , дийцар «Асарахь». Шуна 1емар ду нийса а , кхеташ дийцаран тексташ еша. Вайна бевзар бу Кунта Хьажин хьехам .

4. Керла тема хьехар.

а) Яздархочун дош.

Ахма́дов Муса́ Магоме́дович

Ахма́дов, Муса́ Магоме́дович (1956 шаран 28 январь, Киргизи, СССР) — гӀарваьлла нохчийн яздархо, поэт, драматург, Нохчийн яздархойн союзан дакъашхо, Нохчийн Республики культуран Сийлахь белхало, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо, Кавказан яздархой клубан вице-президент, литературан исбаьхьалли «Вайнах» журналан коьрта редактор, 2006 шарахь «Дато бухӀа» совгӀатан лауреат.

Муса Ахмадов вина 1956 шаран 28 январехь. 1979 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Цул тӀехьа хьехархо болхбина, книжни издательстван редактор, «СтелаӀад» журналан коьрта редактор, «Орга» боху литературан исбаьхьли журналан коьрта редактор, культур Министерстван методически центран отделан куьгалхо, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархо. 2000 шо дуьна 2002 шо кхаччалц «Дуьненан лоьраш» аьлла Францера организацехь этнопсихолог болхбина. 2004 шо дуьна тахналлац «Вайнах» богӀу литературан исбаьхьли журналан коьрта редактор ву иза.

Цо язйина «Берзлой» боху пьеса арахецна Парижехь 2002 шарахь французи маттахь. Оцу пьесица хоттина спектакль «Дом восточно-европейской пьесы» театрехь 2005 шарахь.

Вузашна а, школашна а лерина цо язйина нохчийн маттан, этикин, культурин методически пособиш а, доьша программаш а.

Цо язйина книжкаш арахецна оьрсин а, балкаран а, французан а, японан а, немцо а матташкахь.



аь)Хьехархочо д1адоьшу М. Ахмадовн «Асарахь» ц1е йолу дийцар.

5. Сада1аран миноташ.

Эх1, ма хаза бу-кха из а!

Муттанах и ма бу буьзна.

Куьг ахь кховдош лаккха, 1аж цу т1ера баккха.

Мохо генаш лестадо,

Соьга 1аж ца баккхало.

Кхоссалуш, куьг кховдор ду,

Сихха 1аж схьабоккхур бу!

Эх1 Ма 1аж бу-кха из а!

Муттанах и ма бу буьзна.

(Бераша байташ т!ехь дуьйцург до.)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана М. Ахмадовн «Асарахь» ц1е йолу дийцар.

аь) Бераша хезаш цхьанаэшарехь массара цхьана М. Ахмадовн «Асарахь» ц1е йолу дийцар.

б)Чулацамах къамел дар. Къастош ешар.

-Хьанах лаьцна ду дийцар? ? Кунта-Хьажех)

-Мила ву Кунта-Хьажа?

-Х1ун дан дагадеана мурдашна ? Д1адеша цунах лаьцна.

-Муха хилла аьхкенан де? Д1адеша цунах лаций.

-Муха хилла мурдийн дегнаш? Д1аеша к1айдарг.

-Мила веана царна т1е ? Д1аеша и к1айдарг.Д1адеша Кунта-Хьаьжас царга аьлларг.

-Х1ун дина мурдаша ? Д1аеша и к1айдарг.

-Муха ният дина хилла Кунта-Хьаьжас? Д1адеша цунах лаций.

-Муха къинт1ера бехира Кунта-Хьаьжас? Д1аеша к1айдарг.

-Муха хьехам бира Кунта-Хьаьжас мурдашна? Д1аеша и к1айдарг х1ораммо..

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша кху урокехь? Муьлхачарех дозалла до аш?

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун керланиг хии шуна урокехь?

-Х1ун дара гуттара безаме хеташедерг?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша М. Ахмадовс яздина «Асарахь» ц1е йолу дийцар.









Выбранный для просмотра документ Урок 47 Классал арахьара ешарДаймохк вай къинхьегамца хестабо..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература.

Тема :классал арахьара ешар «Даймохк вай къинхьегамца хестабо» декъана.Ойлаяр , тидам бар кхиор.

1алашо: ловзаран кепехь карладоккху чакхъдаьллачу декъехь гулделла хаараш.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашан хуур ду к1айдарг д1аешарца 1амийна произведени йовза. Берашна хуур ду диллинчу суьртана дийцар , цуьнан к1айдарг йовза. Берашна бевзар бу чакхдаьллачу декъехь бевзина яздархой . Берашан хуур ду х1етал-металш, ребусаш та лла.

Урок д1аяхьар.

1 . 1алашо йовзийтар.

-Вайн тахана хир ю классал арахьара ешар «Даймохк вай къинхьегамца хестабо» декъах лаьцна. Вай тахана урокехь толур ду х1етал- металш, кицанаш.Вайн урок д1ахьур ю къовсаман кепехь. Шина тобане д1асадекъало. Х1ора тобанна ц1е тилла.Х1ора кхиамна лур бу цхьацца гуо.

5.Къовсам «5 хаттар»

-Аса итт итт хаттар . Аша сихха дала деза жоп.

1-ра тоба.

-Муьлха къаьмнаш ца деха вайн республикехь?

а) жуьгти б) нохчий

аь) Оьрси в)Индейцаш

-Муьлхачу пачхьалкхехь деха вай?

-Муьлханиг ю вайн республикан коьрта г1ала?

-Мила ву вайн паччахь?

-Муьлха дитт дац вайн махкахь?

а) Б1ара б)Банан

аь)Наж в)Поп

2-г1а тоба.

-Муьлха хи дац вайн республикехь?

а)Орга б)Гумс

аь) Соьлжа в) Волга

-Муьлхачу республикехь деха вай?

-Муьлханиг ю вайн пачхьалкхан коьрта шахаьр?

-Мила ву Россин паччахь?

-Муьлха экха дац вайн махкахь?

а)Борз б)Крокодил

аь) ча в) Пхьагал

6. Къовсам «Йовза произведени»

-Аса д1айоьшур ю вай 1амийначу произведенин к1айдаргаш. Шуна йовза еза произведени.

«Сан Кавказ, со вина

Турпалхойн нана!»(«Сан Кавказ» Д. Кагерманов)



«Дерриге седарчий схьадаларх сайна,

Дуьненан бахамаш кховдабарх схьа,

Хуьйцур бац сан даймохк-массрел тайна,

Ког биллал мети а- ду и сан ц1а» («Даймахке безам» Ш. Рашидов)



«Теша со: хьо сана,

Мехкарий хийла

Хир бу вайн, космос а

Аш толлур ю» («Сан йиша» Ш. Арсанукаев),

7. Къовсам «Вовшахтаса яздархо, цуьнан произведени»

1.«Соьга юха а хабар дийцало..» 2.Т. Закаев.

2.«Сох а хир ву г1ишлоярхо» 1. Р. Нашхоев

3.«Асарахь» 3.М. Ахмадов

1.«Сан Кавказ» 3. Ш. Арсанукаев

2.«Даймахке безам» 1. Д. Кагерманов

3.«Сан йиша» 2. Ш. Рашидов

8. Ковсам « Карае яздархочун ц1е»

к

а

с

м

в

а

п

г

р

о

в

а

е

р

о

а

п

р

м

а

в

а

а

п

н

а

м

п

р

в

а

р

о

л

д

р

а

а

п

о

в

ш

а

о

л

д

и

д

о

в

э

т

в

ы

ц








(Рашидов)

(Кагерманов)

9. Сада1аран миноташ

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо

10.Къовсам «Хьан аьлла х1ара дешаш?»

«Дера оьшу, дешнел исбаьхьа сов мА олу хелхаро-хелхарх массо а мА кхета!» (М. Эсамбаев)

« Ма говза хилла х1ара г1ишлош еш болу нах! Соха хир ву г1ишлоярхо. (Султан_)

«Аса диъ х1ума дуьйцур ду шуна , царех шиъ аша дицдан дезаш ду , тк ъа важа шиъ гуттара а дагахь алатто дезаш ду.»

11. Къовсам «Х1етал-металш»

-Аса д1адоьшур ду х1етал- металш. Аша царна жоьпаш ло.

1.Иза боьтту - шура ло,

Т1аккха шура шуна ло.

Цунах олург, дийцал аш,

Шуьгахь буй те иза 1аш? (Етт)


2.Биъ ловзуш берг, шиь 1уттуш ерг;

Цхьаъ ластош ерг? (Етт)


3.Йоьдуш йитина йоьдург,

йог1уш йохьуш йог1ург?


3.Барзах yrly, - дац и экха, -

Сагатдо цо цкъацкъа нехан,

Дитташ кегдо, йоху чеиаш,

Цунах кхоьру кегий бераш. (Дарц)


4.Цо совдоккху хьекъал, кхетам

Адам деза, бан къинхетам.

Нийса ойлайойту вайга,


5.Даг чуьра д1айоккху ойла. (Дешар)

Жима ю, 1аьржа ю, лата а ца лета,


6.Цергаш ца юхку. керта а ца вуьту. (Дог1а)

Хьуьнах корта беттий - беттий,


7.Ц1а кхаьчча дижина 1уьллу. (Диг)

Арахь а, чохь а цо х1усамаш охку.


8.Цицигах лар а ло. Х1ун ю и? (Дахка)

By тхан ц1енош лардеш ч1ог!а


9.Ду кха жима хехо.... (Дог1а)

Жима маж ю - юккъехь Гуьрг.

1уьллу киснахь, декаш.

Дерриг аьчках дина ду.

12. Къовсам « Кроссвордаш)


hello_html_7d8ea988.png

13. Кагделла дешнаш нисде.


Мохк , дай шар, мА лам,1а наш, лаьм

жа, Соьл ный, гроз чоь, нох, чий

-Лакхахь далийначу дешдекъехь дешнаш кхолла.


14. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бу шун ?

15. Жам1 дар.

-Муьлхачу тобана ю дукъха горганиш? Ягарае.

Тоьллачу тобанна совг1аташ ло

16. Ц1ахь бан болх балар.

Дагахь 1амо Кунта -Хьаьжин хьехам

Выбранный для просмотра документ Урок 5 .Аьхке Д. Кагерманов .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Аьхке» Д.Кагерманов.

1алашо: Д.Кагермановн дийцар «Аьхке» дийцар довзийтар ; нийса а, шера а, кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор. Берийн ойлаяр, тидаме хилар , керланиг хаа лаам кхиор.Берийн 1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду дийцаран тексташ хезаш еша т1аьхь – т1аьхьа ша-шена ешаре а воьрзуш ; берашна 1емар ду шаьш ешначух кхета , ешначух шайна хетарг ала; берашна хуур ду текста юккъехь оьшу к1айдарг каро , еша. Берийн тидаме хилар совдер ду.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

а) Бераша д1адоьшу дийцар «Дог1а деанчул т1аьхьа..» М. Сулаевн.

2.Мотт шарбаран болх.

Зингат ,зингат , хьо мичахь ду?

1ежийн бешахь чай молуш ду.

Чай , чай, чай ду-

Чай ца кхаьчнарг –д1аволуш ву.

-Д1аеша байт дешдакъошца.

-Д1аеша байт ч1ога , хезаш дешнашца.

-Д1аеша кхеташ, авторан дог-ойла а гойтуш.

-Муха дог-ойла кхоллало и байт ешча? (Самукъа долу)

-Маца юьйцу иштта байт? ( Лечкъаргех ловзуш)

3.1алашо йовзийтар, белхан план х1оттор.

-Муьлха произведении евзар ю вай тахана? (Вайна девзар ю «Аьхке» ц1е йолу дийцар)

-Мила ву цуьнан автор? (Д.Кагерманов)

-Х1ун болх д1ахьур бу вай и дийцар девзаш?

Суна девзар ду дийцар…

Суна вевзар ву цуьнан автор…

Суна 1емар ду нийса а, кхеташ а еша.

Суна хуур ду …..

-Вайна тахана девзар ду Д.Кагермановн дийцар « Аьхке» ц1е йолу дийцар. Шуна 1емар ду нийса а, кхеташ а, шера а еша. Вайна 1емар ду дийцаран т1ехь оьшу к1айдарг каро , еша.)

4.Керла тема хьехар.

Хьехархочун дош

Кагерманов Докка

Кагерманов Докка вина Хьалихар-Мартанан районан Г1ойта ц1е йолчу юьртахь 1930-чу шарахь. Шен хенарчу массо а нохчочун сана , Доккина ша вина де ца хаьа, асаран хенахь вина ша боху цо.

Кагерманов Доккин берашна язйина масех книжка араяьлла : «1имран а , цуьнан доттаг1ий а» (1985 шо), «Лаьмнашкахь б1аьсте» (1987 шо), « 1уьйренан аьзнаш» (1981 шо)

1985 –чу шарахь Муталибов Зайндис кечйинчу «Хьалхара г1улчаш» ц1е йолу гулар юккъехь яра Доккин дуьххьарлера стихаш. Цул т1аьхьа , 1962-чу шарахь , «Къоначийн аьзнаш» ц1е йолуш стихийн гулар х1оттийра Эдилов Хас-Мохьмада а, сулаев Мохьмада а Цунна т1ера дешархошна евзира Доккин дуккха а керла стихаш



а) Хьехархочо д1адоьшу Д. Кагермановн «Аьхке» дийцар.

аь) Дийцар д1адоьшу дешдакхошца , хьехархочун эшарехь хезаш.

5.Сада1аран миноташ.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша з1енаца д1адоьшу дийцар.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю дийцар т1ехь ялийнарг? (Аьхке)

-Маса баттахь лаьтта иза?

-Муьлхачу батто болабо аьхкенаш МУР? (Июно)

-Х1ун билгало ю июнь беттан? (Цу баттахь дуьне-1алам т1айп- тайпанчу беснашка доьрзу)

-Муха кхета шу «Ков-кертахь , сайри чохь дерг лахдаларан, арахьдерг дукъдаларан билгала бу» бохучух ? (Адамаша даханчу шарахь гулдина ялта лахло цу баттахь, ткъа кху шарана арахь д1адийнарг кхуьу.)

-«Аьхка хье ца кхехкийча -1ай яй ца кхехка».Цунах муха кхета шу? ( Аьхка болх ца бича , 1ай ялта ца хуьлу)

-Стенах даккхийде адам?

б) Къастош ешар.

-Х1ун боху июнь батах? Д1аеша и к1айдарг.

-Стенах самукъадолу адамийн, накхармозийн? Д1аеша цунах лаьцна йолу к1айдарг.

-Муха хуьлу ялта аьхка? Д1аеша и к1айдарг.

-Х1ун боху ялташ чудерзорах лаьцна? Д1аеша и к1айдарг.

-Х1ун боху ялта чудерзо г1учу кегирхойх лаьцна? Д1аеша и к1айдарг.

7.Рефликси.

-Х1ун 1еми шуна урокехь?

Суна девзи керла….

Суна 1еми дийцар нийса, шера….

Суна 1еми хьехархочун хаттаршна ….

Суна хии оьшу к1айдарг каро..

8.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийши вай?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна дара дийцар?

-Х1ун дара шуна хазделларг?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша дийцар « Аьхке» Д. Кагерманов.

Выбранный для просмотра документ Урок 51-54 1аьнан хьаша Д. Кагерманов .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «1аьнан хьаша » Д. Кагерманов 1-ра дакъа . (Аг1о 89)

1алашо: Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолу дийцар довзийтаран 1-ра дакъа, нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , къамел дар кхиор.1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду хезаш а , меллаша а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хуур ду 1ьнан 1аламан тидам бан, 1аламан доладан лаам кхуьур бу.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?( Стихо творени «Ло деана» дагахь 1амо)

-Хьан йуьйцар яра стихотворении схьа.

2. Мотт шарбар.

Сан шар шуна, шун шура суна.

Шина чиркхан ши шиша, шина шичин ши йиша.

-Д1адеша чехкааларш меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана.

-Д1адеша чехкаалар хезаш цхьанаэшарехь массара цхьана.

-Дагахь 1амае х1ораммо шена хазахетарг.

3.1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна тахана 1амо билгалдаьккхина ? («1аьнан хьаша»1-ра дакъа )

-Мила ву цуьнан автор? (Д. Кагерманов)

-Х1ун болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта?

-Вайна тахана девзар ду Д. Кагермановн «1аьнан хьаша » ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.. Шуна 1емар ду нийса , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша.

3. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолу дийцар

Дошам

Пхьоьг1а- гулделла адам

Сайра- ялта чудохка йина яьшка

Инкарлонаш йинарш- цатешшарш

аь) Чулацамах къамел дар.

-Мила ву дийцаран коьрта турпалхо? (Воккха стаг Муса)

-Х1ун дика хаьа Мусана? (1аламан тидам бан, акхаройн амалаш дика евза)

-Нахана муха хетара цо аьлларг? (Наха къобалдора цо аьлларг)

-Х1ун хьехам бира цо кху шара? (1а шийла хир ду, 1аьнна дика кечам бан беза)

-Муха хилира 1а ? (1а буьрса хилира)

-Нийса хилирий Мусан тидамаш?

4. Сада1аран миноташ.

Шура

Бераш: Поллнна шура елла

Реза яц шурина Полла.

Полла: Езац суна шун шура

Лойша даа худар.

Бераш: Оцу шурин меттана

Худар дели Поллина.

Полла: Дезац суна деккъа худар,

Аш ца елча цуьнца шура.

Бераш: Хударх тоха кхин а шура

Хьалха йилли Поллина.

Поллас худар дии, дии,

Цу т1е шура мели, мели.

Х1инца иза йиъна ели.

Полла: Беркат шорта хуьлда!

Бераш: Цо массарна эли.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Бераша массара цхьана меллашачу озаца массара цхьана д1адйоьшу Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

аь)Бераша массара цхьана ч1огачу озаца массара цхьана д1ад оьшу Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.

б) Къастош ешар.

-Х1ун олура Мусас пхоьханахь? Д1аеша и к1айдарг.

-Х1н хаьара Мусана дика? Д1аеша и к1айдарг.

-Х1н хуьлура Мусас аьллчунна инкарлонаш йиначунна?Д1аеша и к1айдарг.

-Муьлха тидамаш бу дийцарехь балийна?

в) Сурт диллар.

-Мусан тидамашкахь хьахиначу 1аламан сурт х1оттош суьрташ дахка.

  • Г1арг1улеш д1аоьху.

  • Лаьхьарчий лаьттах доьлла.

  • Пхьидийн батоша мо хьовзийна

6.Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш кхочушбан ницъ кхечи шун? Х1ун диси шун дан ницкъ ца кхаьчна ? Х1ун бахьна ду ш Х1н дина аша билгалдаьккхина доцуш?уна и кхиам кхочуш ца хилар.

7. Жам1 дар.

-Муьлха произведени и евзира шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна ю иза?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Д. Кагермановн « 1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.



Нохчийн литература

Тема: «1аьнан хьаша » Д. Кагерманов 2-г1а дакъа . (Аг1о 89-90)

1алашо: Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолу дийцар кхин д1а довзийтаран 2-г1а дакъа, нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , къамел дар кхиор.1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду хезаш а , меллаша а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хуур ду 1ьнан 1аламан тидам бан, 1аламан доладан лаам кхуьур бу.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?( Д. Кагермановн « 1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа)

-Д1адеша дийцар.

2. Мотт шарбар.

Дарин цуьргах тера ц1ога,

Хаза б1аьргаш, кегий бергаш

Бацалхула дежаш лелий,

Т1аккха дакха дагадог1ий,

Нене кхойкху цо, «мму-у-у!» олий.

Ткъа, ахь кхабахь иза дика,

Боккха хаза етт а хилла,

Шура, даьтта, нехча, к1алд

Лур ю цо, вохуьйтуш г1ад. (Эса)

(Хь. Саракаев)


-Д1адеша стихотворени меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана.

-Д1адеша стихотворении хезаш цхьанаэшарехь массара цхьана.

-Стенах лаьцна ю иза? (Эсах)?

-Шуна х1ун аьлла хетта: стихотворенин авторна дукхадезий дийнаташ? (Деза)

-Шуна муха хиира? (Цо хьоьстуш ду эса)

3.1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна тахана 1амо билгалдаьккхина ? («1аьнан хьаша» 2-г1а дакъа )

-Мила ву цуьнан автор? (Д. Кагерманов)

-Х1ун болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта?

-Вайна тахана девзар ду Д. Кагермановн «1аьнан хьаша » ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.. Шуна 1емар ду нийса , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша.

3. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Муьлхачу хенахь г1оттура Муса хьала? (!уьйранна , массарел хьалха)

-Х1ун карийра цунна шайн кертахь? (Церан керта лу иккхина)

-Муха дара иза? (Г1ийла , меца)

-Муха хиира хьуна? (П1ендарш дагарлур долуш дара)

-Х1унда дела иза мац? Муха деанера 1а? (1а буьрса деанера , ло доккхадилларна яах1ума ца лахало экханашна, олхазаршна)

-Муха т1елецира Мусас «хьаша»? (Дика)

-Муха хиира шуна? (Мусас иза дохдан чу дингира , таккха бедана чохь меттиг тойира)

-Х1ун дан дагахь ву аьлла хетта шуна Муса?Къастаде жоп

  • Лу 1а чакхдаллалц кхаба

  • Лу дарстийтина ден

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а ахьехар.

а)Бераша массара цхьана меллашачу озаца массара цхьана д1адйоьшу Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 2-г1адакъа.

аь)Бераша массара цхьана ч1огачу озаца массара цхьана д1ад оьшу Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.

б) Къастош ешар.

-Муьлха хьаша иккхира Мусан керта? Д1аеша к1айдарг.

-Муха т1елецира Мусас цуьнан х1усамнанас «хьаша»? Д1аеша к1айдарг.

-Муха къамел дира цу шимма лунах лаьцна? Д1адеша.

в) Сурт дилла.

-Шайна хазъеллачу к1айдаргана сурт дилла.

6. 6.Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш кхочушбан ницъ кхечи шун? Х1ун диси шун дан ницкъ ца кхаьчна ? Х1ун бахьна ду ш Х1н дина аша билгалдаьккхина доцуш?уна и кхиам кхочуш ца хилар.

7. Жам1 дар.

-Муьлха произведени и евзира шуна?

-Х1ун ду шуна гуттар хазделларг?

-Х1ун бохам х1утту 1ай экханашна? (Мацалла х1утту)

-Аша х1ун г1о до экханашна , олхазаршна 1ай?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Д. Кагермановн « 1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъадакъа.





Нохчийн литература

Тема: «1аьнан хьаша » Д. Кагерманов 3-г1а дакъа . (Аг1о 91)

1алашо: Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолу дийцар кхин д1а довзийтаран 3-г1а дакъа, нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , къамел дар кхиор.1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду хезаш а , меллаша а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хуур ду 1ьнан 1аламан тидам бан, 1аламан доладан лаам кхуьур бу.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?( Д. Кагермановн « 1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа)

-Д1адеша дийцар.

-Схьагайта шаьш дехкина суьрташ. Муьлхачу к1айдаргана ду х1ора сурт?

-Д1аеша и к1айдарг.

2. Мотт шарбар.

Цхьана дийнахь хи ца мелча,

Хьо ца мега, со магац.

Цхьана к1ирнах, шина к1ирнах

Хи цахиларх и кхерац.

Буц ца хилча, дуу к1охцалш,

Мерзий, чаьмзий къестадац.

Мел беха а некъ бан дезарх,

Пелъелла и к1елйисац.

Букъ т1ехь цуьнан 1уьллу боккха

Ирахбахна ши дума.

Палахь хьо зверинце вахнехь,

Хир ю хьуна и гина.

Оьг1азъяхча, туху туйнаш:

Хичаш цунна ахь ма е...

Хьайна дийна гина яцахь,

Кинохь иза тергалъе. (Эмкал)

(Хь. Саракаев)

-Д1адеша стихотворени меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана.

-Д1адеша стихотворении хезаш цхьанаэшарехь массара цхьана.

-Стенах лаьцна ю иза? (Эмкалах )?

3.1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна тахана 1амо билгалдаьккхина ? («1аьнан хьаша» 3-г1а дакъа )

-Мила ву цуьнан автор? (Д. Кагерманов)

-Х1ун болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта?

-Вайна тахана девзар ду Д. Кагермановн «1аьнан хьаша » ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.. Шуна 1емар ду нийса , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша.

3. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолу дийцаран 3-г1а дакъа.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Хьан чу дигира лу? (Мусас)

-Ханна хиир цо лу чудалийний? (Цуьнан к1ентан берашна Вахина, Яхина, Вахитина)

-Х1ун лаьара хоранна? (Х1оранна лаьара луна т1е куьг хьакха, хьаста)

-Х1унда ца делира Мусас куьг хьакха пурба? (Лу кхоьруш хиларна пурба ца лора Мусас цунна т1е куьг хьакха)

-Х1ун дан дагахь ву Муса луна? (Д1аьста яллалц кхаба, т1аккха д1ахеца)

-Муха стаг ву Муса? (Дика)

-Муха хиир шуна? (Муса дагахь ву лу дика 1ай кхаба, т1аккха иза д1ахеца)

-Аша кхобур дарий иштта экха?

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а ахьехар.

а)Бераша массара цхьана меллашачу озаца массара цхьана д1адйоьшу Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 3-г1адакъа.

аь)Бераша массара цхьана ч1огачу озаца массара цхьана д1ад оьшу Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 3-г1а дакъа.

-Хьанна ца лаьа лу д1адахийта? (Берашна)

-Х1унда? (Иза хаза долу дела, цуьнца ловза лаьа)

-Мегар дуй хаза ю , ловза лаьа аьлла экха сацо? (Дац)

-Х1унда? (Лу хьуьнан экха ду, цуьнан ц1а хьуьнхахь ду, мегар дац экха шеен ц1ийнах къасто)

6. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша ахана?

7. Жам1 дар.

-Х1ун керланиг хии шуна урокехь?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолу дийцаран 3-г1а дакъа.















Нохчийн литература

Тема: «1аьнан хьаша » Д. Кагерманов 4-г1а дакъа . (Аг1о 91-93)

1алашо: Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолу дийцар кхин д1а довзийтаран 4-г1а дакъа, нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , къамел дар кхиор.1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду хезаш а , меллаша а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета.Берашна хуур ду дийцаран коьрта маь1на каро, хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг каро и д1аеша. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хуур ду 1ьнан 1аламан тидам бан, 1аламан доладан лаам кхуьур бу.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?( Д. Кагермановн « 1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 3-г1а дакъа)

-Д1адеша дийцар.

2. Мотт шарбар.

- Дахка, дахка, д1а ма къехка,

Аннаш к1ел хьо д1а ма лечкъа.

Хьошалг1а бу кхойкхуш хьо,

Шура мало цициго.

Дехко гуьргахь «ц1ир-ц1ир» до:

- Буьртигех ас тоам бо,

-Цициго со ца 1ехабо,

Шура йоцуш со 1ало.

- Х1унда лечкъа 1уьргахь хьо?

Кхоьруш бу хьо, пис ю хьо!

Цицигех-дехкех ловзий вай?

Вайга хьоьжуш бераш дай.

-Д1адеша стихотворени меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана.

-Д1адеша стихотворении хезаш цхьанаэшарехь массара цхьана.

-Муха ю стихотворени беламе я г1айг1ане? (Беламе)

3.1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна тахана 1амо билгалдаьккхина ? («1аьнан хьаша» 4-г1а дакъа )

-Мила ву цуьнан автор? (Д. Кагерманов)

-Х1ун болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта? -Вайна тахана девзар ду Д. Кагермановн «1аьнан хьаша » ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа.. Шуна 1емар ду нийса , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша.

3. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолу дийцаран 4-г1а дакъа.

аь) Чулацамах къамел дар.дамаш доцу юрт сана хир ю хьун)

-Стенга дахара Мусаг1еран бераш? (Школе)

-Муьлш баьхкира Мусаг1арга луне хьовса? (Шортта бераш даьхкира)

-Х1ун элира Данилбека? (Ден мА дейталаш лу аьлла)

-Муха жоп делира Мусас? (Вайн акхарой дайахь хьаннаш яслур ю. Акхарой , олхазарш ца хилча а

-Х1ун дира Мусас луна б1аьста? (Д1ахийцира)

-Муьлш бахара лу д1ахеца , новкъадаккха? (Бераш)

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Бераша массара цхьана меллашачу озаца массара цхьана д1адйоьшу Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 4-г1адакъа.

аь)Бераша массара цхьана ч1огачу озаца массара цхьана д1ад оьшу Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолчу дийцаран 4-г1а дакъа.

б) Къастош ешар.

-Луне хьовса даьхкинчу берах лаьцна йолу к1айдарг карае .Д1аеша.

-Данилбека аьлларг, Мусас дела жоп д1адеша .

-Х1ун хьекъал ло Мусас ыайна? (1алам лардан деза вай)

-Муха яра б1аьсте? Д1аеша цунах лаьцна.

-Муха новкъадаьккхира лу ? Д1аеша меттиг.

-Муьлханиг ду дийцара коьрта маь1на? Д1адеша юха Мусас 1аламах лаьцна аьлларг.

6.Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехира аша тахана? Шайн дог-ойла гойтуш малх била?

7. Жам1 дар.

-Х1ун хоьху вайна дийцаро? (1алам лардан , цуьнан доладан , 1алам деза , цуьнан доладан)

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Д. Кагермановн «1аьнан хьаша» ц1е йолу дийцаран 4-г1а дакъа.



Выбранный для просмотра документ Урок 56-58 Церков 1. Гайсултанов .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема : «Цергков» 1. Гайсултанов.

1алашо: 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцар довзийтар, нийса а , кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , тидамбар , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцар. Берашна 1емар ду нийса а , шера а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду чулацам талла, цунах кхета. Берашна 1емар ду шайн амалехь вониг ган , иза д1ататта.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?( 1. Мамакаевн «1а» ц1е йолу стихотворени дагахь 1амо)

-Схьайийца стихотворени.

2. Мотт шарбар.

Ииш лакхахьа, ч1ег1ардиг,

Дог деладеш, хьомениг.

- Ииш яц, йиш яц, - боху цо,

-Ц1ено деш ду х1инца со.

Дийнахь сарралц лела и,

Кхоьхьуш поппар, идош хи.

Тхов к1ел бен беш ду иза,

Т1ома лелаш хаддаза.

-Д1аеша стихотворени массара цхьана меллаша.

-Д1аеша стихотворени массара цхьана хезаш.

-Шуна гини ч1ег1ардиго бен беш? Муха хуьлу ч1ег1ардиган бен?

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна тахандаа 1амо билгалъяьккхина?( «Цергков» ц1е йолу дийцар)

-Мила ву цуьнан автор? (1. Гайсултанов)

-Вайна тахана девзар ду 1. Гайсултановн дийцар «Цергков» ц1е йолу дийцар. Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша. Шуна хуур ду вон х1ума ган , цунах лардала.

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцар.

аь)Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю дийцар т1ехь ялийнарг? (1а)

-Муха дара денош?( Шийла дара, дарц даьлла )

-Муха дара бериййн дахар? ( Бераш самукъадолуш дацара)

-Х1унда? (Церан арахь ловза йиш яцара)

-Муха д1ахьора бераша хан? (Бераш вовшашка хьошалг1а г1ора, амма баккхийнаш болчохь шайна мА луу ловза , хабар дийца таро яцара. Сундела самукъадолу церан)

5. Сада1аран миноташ.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша меллаша д1адоьшу 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцаран 1-ра дакъа.

аь) Бераша хезаш д1адоьшу 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцаран 1-ра дакъа.

б) Сурт диллар.

-Бераш сурт дилла дарц даьллачу дийнан.

7. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехира аша тахана? Шайн дог-ойла а гойтуш маьлхан сурт дилла.

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай тахана?

-Мила ву цуьнан автор?

9.Ц1ахь бан болх балар.

1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцаран 1-ра дакъа деша.

Нохчийн литература

Тема : «Цергков» 1. Гайсултанов 2-г1а дакъа (Аг1о 92)

1алашо: 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцар довзийтар, нийса а , кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , тидамбар , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцар кхин д1а довзийтар. Берашна 1емар ду нийса а , шера а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду чулацам талла, цунах кхета. Берашна 1емар ду шайн амалехь вониг ган , иза д1ататта.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?( 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцаран 1-ра дакъа деша)

-Д1адеша дийцар.

2. Мотт шарбар.

Ч1ешалг багахь къорза ч1ег1аг, м1еро лаьцна ч1ара.

-Д1адеша меллаша массара цхьана.

-Д1адеша хезаш массара цхьана.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна тахандаа 1амо билгалъяьккхина?( «Цергков» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа )

-Мила ву цуьнан автор? (1. Гайсултанов)

-Вайна тахана девзар ду 1. Гайсултановн дийцар «Цергков» ц1е йолу дийцаран 2-г1а. Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша. Шуна хуур ду вон х1ума ган , цунах лардала.

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа.

аь)Чулацамах къамел дар.

-Муха хийцамаш хилира 1аьнан 1аламехь? (Малх хьаьжира)

-Х1ун дира бераша? (Салазаш хехка арадевлира)

-Хьенан яра когсалазаш? (Русланан)

-Х1ун дора бераша Руслан ког-салазаш эцна араваьлча? (Цуьнга шега-шега хахкийта бохуш т1ехьадовлура)

-Мила вара гуттар чураваьлла хьийзаш? (Солта)

-Х1ун цаоьшу х1уманаш бохура цо Русланна? (Дог дет1аш долу вон х1уманаш бохура)

-Шега когсалазаш елча х1ун олура ? (Цо хеставора Руслана а , ша а)

-Муха к1ант хета шуна Солта? (Харцахьа)

-Х1унда? (Цо хьаштдоцу х1уманаш бохура)

5. Сада1аран миноташ.

6. Керла тема кхин д1а хьехар.

а) Бераша меллаша д1адоьшу 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа.

аь) Бераша хезаш д1адоьшу 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа.

б) Къастош ешар.

-Муха хийцамаш хилира 1аьнан 1аламехь? Д1аеша и к1айдарг.

-Д1аеша Русланан когсалазех лаьцна йолу к1айдарг.

-Д1аеша Солтех лаьцна к1айдарг.

-Цу шина к1антах авторна муьлханиг дика хетта?» (Руслан)

-Муха хиира хьуна иза?Цунах лаьцна автора яздина автора? (Дегабааме воцчу Руслана лора когсалазаш Солте)

-Муьлханиг хетта авторна ледара? Х1унда? (Солтин амл хийцалуш ю , цкъа стагана вониг боху, т1аккха диканиг. Авторна ледара хетта Солта)

-Шуна муьлханиг безамехь хетта?

7. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехира аша тахана? Шайн дог-ойла а гойтуш маьлхан сурт дилла.

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай тахана?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоху шуна Солтин а мал гайтарехь автора? (Нахана вон х1уманаш баха ца деза)

9.Ц1ахь бан болх балар.

1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа деша.

Нохчийн литература

Тема : «Цергков» 1. Гайсултанов 3-г1а дакъа (Аг1о 95)

1алашо: 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцар довзийтар, нийса а , кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , тидамбар , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцар кхин д1а довзийтар. Берашна 1емар ду нийса а , шера а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду чулацам талла, цунах кхета. Берашна 1емар ду шайн амалехь вониг ган , иза д1ататта.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?( 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцаран 2 –г1а дакъа деша)

-Д1адеша дийцар.

2. Мотт шарбар.

Даг1 т1ехь хьарг1а,

Paгly к1ел борг1ал.



-Д1адеша меллаша массара цхьана.

-Д1адеша хезаш массара цхьана.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха дийцар ду вайна тахандаа 1амо билгалъяьккхина?( «Цергков» ц1е йолу дийцаран 3-г1а дакъа )

-Мила ву цуьнан автор? (1. Гайсултанов)

-Вайна тахана девзар ду 1. Гайсултановн дийцар «Цергков» ц1е йолу дийцаран 3-г1а. Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша. Шуна хуур ду вон х1ума ган , цунах лардала.

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцаран 3-г1а дакъа.

аь)Чулацамах къамел дар.

-Хьаьнга елира Руслана шеен когсалазаш? (Солте)

-Стенга хаьхкира Солтас когсалазаш ? (Машенаш лелачу новкъа)

-Реза барий бераш цунна? (бераша маьхьарий беттара машенан новкъара д1авала бохуш)

-Х1ун дира Солтас? (Солта машенна т1аьхьа кхозавелиара)

-Х1ун дира шоферо? (Цо тормат туьйхира , Солта машенна т1екхийтира)

-Муха ц1е тиллира бераша Солтина? (Цергков)

-Х1унда ? (Цуьнан церг яьккхинера)

-Мегар дуй мшенна т1аьхьа кхийзавала?

5. Сада1аран миноташ.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша меллаша д1адоьшу 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцаран 3-г1а дакъа.

аь) Бераша хезаш д1адоьшу 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцаран -г1а дакъа.

б) Сурт дилла шайна хазъеллачу к1айдаргана.

7. -Муьлха кхиамаш бехира аша тахана? Шайн дог-ойла а гойтуш маьлхан сурт дилла.

8. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай тахана?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоху шуна автора? (Машенашна т1аьхьа кхийзавала мегар дац)

9.Ц1ахь бан болх балар.

1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцаран 3-г1а дакъа деша.





Выбранный для просмотра документ Урок 59 .1ай. . Рашидов .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «1ай» Ш. Рашидов.

1алашо : Ш. Рашидовн стихотворении « 1ай» йовзийтар. Нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша 1амор . 1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а яздархочун дог- ойла а гойтуш стихотворни тексташ еша. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хуур ду 1аламан хийцамаш ган, 1алам довза лаам а кхоллалур бу.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?(Тхуна ц1ахь 1амо деллера «Цергков» дийцаран 3-г1а дакъа.

-Д1адеша дийцар.

3.Мотт шарбар.

Кхана сарахь стиглара чу

Вайна ирс схьадог1ур ду.

Лаахь хьайна, хьоьжуш 1е,

Ца лаахь, д1авала.

-Д1аеша меллаша цхьанеэшарехь массара цхьана.

-Д1аеша меллаша цхьанеэшарехь массара цхьана.

-Дагахь 1амае стих.

-Маца йуьйцу иштта стихаш? (Ловзуш)

4. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени евзар ю вайна тахана? (Стихотворени «1ай»)

-Мила ву цуьнан автор? (Ш. Рашидов)

-Х1ун балх бийр бу аша и стихотворении дика 1амийта? Х1оттае план.

-Вайна тахана евзар ю Ш. Рашидовн «1ай» ц1е йолу стихотворени . Вайна тахана 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша.

5. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1айоьшу Ш. Рашидовн «1ай» ц1е йолу стихотворени.

-Шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь ялийнарг? (1а)

-1аьнан муьлха билгалонаш юьйцу автора? (Шийла мох бу хьоькхуш, даьлла дарц , шийла х1аваъ)

-Муьлха дог-ойла кхоллало шун стихотворении ешча? (Сингаттаме ду)

-Х1унда ? (1алам човхийна шелоно, ловзуш бераш дац)

6.Сада1аран миноташ.

Массара а йой аша 1уьйранна зарядка? Х1инца цхьаьнии яй вай иза?

Маьлхан серло яржале -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1енаш лахка, човхаде -

Цхьаъ, шиъ - кхоъ.

Йиша, ваша г1аттаде

-Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Физзарядка йолае

-Цхьаъ - ш иъ - кхоъ.

Т1аьхьараалар:

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Меттахвала, кхоссало

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1аж схьалаца, кхозало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Куьйгаш айба, волало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Ницкъ бохьур бу боларо -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

(Цугаев Салман)

XIapa физминот музыка а локхуш ян тарло. Багахь xiapa йиш

а локхуш зарядка яйта тарлуш ду.



7. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь массара меллашачу озаца цхьана д1айоьшу Ш. Рашидовн «1ай» ц1е йолу стихотворении.

аь) Бераша цхьанаэшарехь массара цхьана ч1ог1ачу озаца д1айоьшу Ш. Рашидовн «1ай» ц1е йолу стихотворении.

б) Сурт диллар.

-Стихотворени т1ехь шайна дуьйцург гойтуш сурт дилла.

8.Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша тахана? Муьлхачерах даккхий дуь шу?

9. Жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира аша?

-Мила ву цуьнан автор?

-Кхин муьлха произведени ешна вай Ш. Рашидовн?

10. Ц1ахь бан болх балар.

Ш. Рашидовн « 1ай» ц1е йолу стихотворении дагахь 1амо.

Выбранный для просмотра документ Урок 6 Оха болх а бо деша а доьшу З. Муталибов..docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Оха болх а бо, деша а доьшу» З. Муталибов.

1алашо : З.Муталибовн дахар, кхолларалла а, цуьнан дийцар «Оха болх а бо, деша а доьшу» довзийтар ; нийса а шера а кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , тидам бар кхиор .Къинхьегаме , дешаре безам кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду дийцаран тексташ шера хезаш еша т1аьхь – т1аьхьа ша-шена ешаре а боьрзуш ; берашна хуур ду шаьш ешначух кхета , шайна хетарг ала ешначух лаьцна .Берашна хуур ду шайн белхан план х1отто , цу планан рог1аллехь болх бан.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша д1адоьшу Д.Кагермановс яздина «Аьхке» ц1е йолу дийцар.

2. Мотт шарбар.

hello_html_6bd6e7df.png

-Д1аеша бай меллаша дешдакъошца.

-Д1аеша ч1ог1а .

-Д1аеша кхеташ.

-Д1аеша байт . Муьлха дог-ойла кхоллало шун и байт ешча? (Самукъадолу)

3. 1алашо йовзийтар , белхан план билгалъяккхар.

-Д1аелла учебникан 11-12 аг1онаш.

-Муьлха дийцар девзар ду вайна тахана?(«Оха болх а бо , деша а доьшу»)

-Мила ву цуьнан автор? ( З.Муталибов)

-Х1ун болх бийр бу аша и дийцарах кхета , дика довза 1амо?

Суна девзар ду « Оха болх а бо, деша а доьшу» ц1е йолу дийцар.

Суна вевзар ву дийцаран автор

Суна 1емар ду нийса а, шера а , кхеташ а текст еша.

Суна 1емар ду дийцан чулацамах кхета.

-Нийса боху. Вайна тахана девзар ду нохчийн г1араваьлла яздархочо З .Муталибовс яздина « Оха болх а бо , деша а доьшу» ц1е йолу дийцар. Шуна девзар ду яздархочун дахар , кхолларалла. Вай 1амор ду дийцаран план х1отто , цу планан рог1аллица и дийцар схьадийца.

3.Керла тема хьехар.

а) Яздархочух дош. (Юххедиллар).

а) Яздархочух дош. (Юххедиллар).

Поэт, прозаик, гочдархо, фронтавик.

Поэт  Муталибов  Зайнди  вина  15 – чу  сентябрехь  1922  шарахь.

Нохчийн  лаьмнийн  исбаьхьчу  меттехь, Веданан  районерчу  Хоттаничохь  къехочун  доьзалехь, циггахь  бераллин  шераш  д1акхехьна  а  ву  Муталибов.  Цунна  гондахьа  ергерриге  а  яра  исбаьхьа  поэзи : керла  дахар  кхуллуш  дохку  ирсе  адамаш, дог  доккхадедеш  долу  лекха  лаьмнаш, ц1ена  х1уо, шийла  шовданаш, зезаган  аренаш, малхбасеш…Дуккха  а  иллешший, назманашший  Зайндина  дагахь  хаьара, хазчу  мукъамца  цо  уьш  д1а  а  олура.Муталибов  поэт – т1емало  вара. Цунна  дика  хаьара  т1амо  халкъана  мел  бакхий  бохамаш, зенаш  дора. Цо  шен  белшаш  т1ехь  лайна  Сийлахь  боккхачу  Даймехкан  т1еман  яккхий  халонаш. Т1ам  т1ехь  цунна  чевнаш  хуьлу, меженаш  г1арайо, амма  госпиталера  араволлушехь, юха  а  т1ом  беш  долчу  эскаран  хьалхарчу  могйарашгкахь  хуьлу  Зайнди.Дуккха  а  цо  язъина  стихаш  т1ехь  кхолладелла  иллеш  ду, масала:    «Дин  беллачу  дошлачун  илли», «Итт  минот», «Безаман  вальс», «Винчу  махкахь»  кхидерш. И  иллеш, эшарш  х1инца  вайн  халкъо  ч1ог1а  дезаш  т1еоьцуш  ду.

Муталибовн  стихаш  дахар  кхин  а  хаздо, г1о  деш  еха, уьш  поэтан  кхоллараллин  ойланаш  г1уьттучу, ч1аг1лучу, цара  шешан  некъ  д1аболочу  дахаран  бакъдолчун  орамийн  к1оргенашка  йоьлху, Муталибов  даима  а  вара  дахаран  халонашна  майрра  юкъавоьдуш



аь) Хьехархочо д1адоьшу З. Муталибовс яздина « Вай болх а бо , деша а доьшу» ц1е йолу дийцар.

4.Сада1аран миноташ.

5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша дешдакъошца цхьана эшарехь д1адоьшу дийцар.

аь) Бераша хезаш д1адоьшу дийцар.

Б) Бераша меллаша д1адоьшу дийцар.

в) Чулацамах къамел дар.

-Х1ун дора аьхкенан каникулашкахь бераша ? (Школан кха т1ехь белхаш бора)

-Х1ун йийра бераша хесахь? ( Копасташ , хохаш, наьрсаш)

-Стенна кечам беш яра х1ора класс дешаран шо д1адолош? (Гайтамашна. Х1ора класс ше-шен болх д1агайта кечлуш яра)

-Муха бара хасстоьмаш ? (Дика)

-Бераша муха лелийна уьш? ( Дика лелийна)

-Муха хетта шуна бераш ? ( Дика , къинхьегам безаш )

-Аша леладой ишттаниг ? Шаьш буьйчу хасстоьмех лаций дийца.

г) Къастош ешар.

-Х1ун белхаш бора дераша аьхка? Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун боху гайтамашна бераш кечбаларх? Д1аеша к1айдарг.

-Муха дара гайтамаш хуьлучу дийнахь? Д1аеша и к1айдарг.

-Х1ун дийцира Ахьмада копастех лаьцна? Д1аеша к1айдарг.

-Муха кхиинера Султанаг1ара наьрсаш? Д1аеша к1айдарг.

-Муха помидораш кхиинера вахаг1ара? Д1аеша к1айдарг.

-Муха хохаш кхиинера Мусаг1ара ? Д1аеша к1айдарг.

-Стенах дозалла дора бераша? (Шайн балхах)

7.Рефлекси.

Х1ун керланиг 1емина шуна урокехь.

Суна девзина

Суна 1емина

Суна хии…
Суна карий…

8.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира аш?

-Мила ву цуьнан автор?

- Муха хетта шуна и дийцар ?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша дийцар « Оха болх а бо , деша а доьшу» З. Муталибов.



Выбранный для просмотра документ Урок 64-66 1аьнан а, аьхкенан а хилла къовсам 1. Чантиев .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» 1. Чантиев.

1алашо: 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолу дийцар довзийтар ; нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Ойла яр , тидам бар , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша . Берашна хуур ду чулацамах кхета, текста юкъара цхьацца алар талла. Берашна хуур ду туьранан а , дийцаран а произведенин башхаллаш йовза.Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг каро и д1аеша. Берашна хуур ду 1аламехь хуьлучу хийцамийн мах хадо.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? («Дорцехь» ц1е йолу дийцар шера деша)

-Д1адеша дийцар.

2. Мотт шарбар.

Т1ай т1ехула йог1ура,

Сира газа йог1ура,

Ц1ога лестош, йог1ура.

Г1уркхах д1атесира,

Хи чу ша юьйжира.

Ша цатешарг - хьажал д1а

Гонна юкъара вала схьа.


-Д1аеша меллаша цхьанаэшарехь массра цхьана.

-Д1аеша хезаш массара цхьана цхьанаэшарехь.

-Дагахь 1амее.

3.1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина? («1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолу произведени)

-Мила ву цуьнан автор ? (1. Чантиев)

-Вайна тахана девзар ду 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолу туьйра. Шуна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а тексташ еша . Вайна 1емар ду хаттаршна жоьпаш дала, чулацамах кхета.Вайна хуур ду туьранан а , дийцаран а произведенин башхаллаш йовза.

4.Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолу туьйра.

аь)Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Муха дехаш хилла 1ай , б1аьстий? (Ши доттаг1 долуш дехаш хилла)

-Муха хилла 1алам и шиъ бертахь долуш? (Я башха шийла йоцуш , я т1ехъяьлла йовха а йоцуш ехаш хилла)

-Муха хеташ хилла 1аламна , адамашна, дийнаташна цаьршиннан барт? (1аламо, адамаша, дийнаташа , олхазарша къобалдеш хилл цу шиннан барт)

-Х1унда ийг1ина цу шиннан барт? (1аьна лиъна 1аламехь даимна 1а латта, аьхкенна шеен ницкъ д1агайта)

-Нийса а хетий шуна ишттаниг?

-Х1ун аьлла 1аьно аьхкене? (Хьох къахеташ ца хилча , моссо х1уманна ша бина д1ах1оттор яра ша)

-Х1ун аьлла аьхкено? (Аса сайн йовхонца латийна д1ах1оттор ду деригге дуьне. Сан накъостий бу шортта)

-Муьлха накъостий хир бу цуьнан?

4. Сада1аран миноташ.

Саца, машен!

Х1окху ловзаро ритм ларъян 1амадо бераш.

Массара а цхьаьний:

Саца, машен, саца, машен,

Саца, машен, саца!

Саца, машен, саца, машен,

Саца, машен, саца!

Х1ораммо а ритмехь, цхьанаэшшарехь кераюккъе байн буй

бетта, багахь и байташ а йоьшуш. Юха массара а шайн-шайн

дагахь йоьшу уьш. Оьшшучу хенахь, массара а цхьаьний «Саца»

ала деза.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Бераша меллаша цхьанаэшарехь д1адоьшу 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу туьйранан 1-ра дакъа.

аь)Бераша хезаш цхьанаэшарехь д1адоьшу 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу туьйранан 1-ра дакъа.

б) Къастош ешар.

-Муха дехаш дара 1ай , аьхкей? Д1аеша и к1айдарг.

-Х1ун аьлла 1аьно аьхкене? Д1аеша к1айдарг.

-Муха жоп дела аьхкено? Д1аеша к1айдарг.

-Муьлханиг хетта шуна бакъ ? Х1унда?

6. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша тахана?

7. Жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира вай?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна дара туьйра?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу туьйранан 1-ра дакъа.





Нохчийн литература

Тема: «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» 1. Чантиев. 2 г1а дакъа

1алашо: 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолу дийцар довзийтар ; нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Ойла яр , тидам бар , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша . Берашна хуур ду чулацамах кхета, текста юкъара цхьацца алар талла. Берашна хуур ду туьранан а , дийцаран а произведенин башхаллаш йовза.Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг каро и д1аеша. Берашна хуур ду 1аламехь хуьлучу хийцамийн мах хадо.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу туьйранан 1-ра дакъа)

-Д1адеша туьйра.

2. Мотт шарбар.

Татанаш

Мохо делхош ду тхан ков,

Цуьнан ницкъаш цо ца лов,

Етгаш бу и ч1ог1а шок,

Сингаттамах дузуш дог.

-Д1адеша цхьанаэшарехь массара цхьана меллаша.

-Д1аеша массара цхьана хезаш. Дагахь схьайийца.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина? («1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа)

-Вайна тахана девзар ду 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолу туьйранан 2-г1а дакъа. Шуна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а тексташ еша . Вайна 1емар ду хаттаршна жоьпаш дала, чулацамах кхета.Вайна хуур ду туьранан а , дийцаран а произведенин башхаллаш йовза.

4.Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолу туьйранан 2-г1а дакъа.

аь)Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Х1ун къовсам хиллера 1аьнан б1аьстенан? (!аьнна лиънера 1аламехь даимна ша латта, б1аьсте цунна реза яц)

-Х1ун тешнабехк бира 1аьно? (Цо 1аламехь шело х1оттийра , аренаш лацна юьзира, хиш г1орийна охьэхачура севца)

-Муха дара дийнаташ? (Д1алевчкъина баннаш чу)

-Муха ду адамаш? (Сагатделла хьийзаш , ц1еххьана х1оттийначу шеланна)

-Х1ун дина аьхкено? (Шен берриге ницкъ гулбина, сирла малх хьаьжна, мох хьаьккха , де дахделла , ло дешна)

-Х1ун дина дийнаташа? (Шайн баннаш чуьра арадевлла дийнаташ)

-Олхазарш? (Хаза эшарш лоькхуш д1ах1иттина)

-Дитташ? (Сенделла д1ах1иттина)

-Муьлханиг тоьлла цу шинах? (Аьхке)

-Муха т1еэцна 1аьно шеен эшар? (Ог1аздахана д1ах1оьттина, б1аьстенна бекхам бийр бу ша аьлла)

-Амма х1ун хилла цунна дагахь? (Аьхкенца тан)

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Бераша меллаша цхьанаэшарехь д1адоьшу 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу туьйранан 2-г1а дакъа.

аь)Бераша хезаш цхьанаэшарехь д1адоьшу 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу туьйранан 2-г1а дакъа.

б) Къастош ешар.

-Муха ямартло йина 1аьно 1аламна? Д1аеша к1айдарг.

-Муха эшийна аьхкено 1а? Д1аеша к1айдарг.

-Д1адеша 1аьно аьлларг.

-Х1ун ю вай 1амош ерг? (Туьйра)

-Х1ун ду дийцарехь бакъалла хила мегаш? (Шеран заманаш, акхарой, олхазарш)

-Х1ун ду бакъ хила йиш йоцуш? (Шеран заманша хабар дийцар)

-Дийцаршкахь хуьлий ишттаниг? (Ца хуьлу)

-Муьлхачу произведенешкахь хуьлу бакъхила йиш йоцу х1уманаш? (Туьйранашкахь)

6. Рефлекси

-Муха дог-ойла хуьлу шун туьйра дешча? Стенах долу самукъа?

7. Жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира вай?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоьху вайна цо ? (Бертахь даха, барт эг1о мегар дац)

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу туьйранан 2-г1адакъа.







Нохчийн литература

Тема: «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» 1. Чантиев. 2 г1а дакъа

1алашо: 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолу дийцар довзийтар ; нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Ойла яр , тидам бар , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша . Берашна хуур ду чулацамах кхета, текста юкъара цхьацца алар талла. Берашна хуур ду туьранан а , дийцаран а произведенин башхаллаш йовза.Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг каро и д1аеша. Берашна хуур ду 1аламехь хуьлучу хийцамийн мах хадо.

Урок д1аяхьар.

  1. . Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу туьйранан 2-г1а дакъа)

-Д1адеша туьйра.

2. Мотт шарбар.

Хедар - налха, бошхап - худар.

-Д1адеша цхьанаэшарехь массара цхьана меллаша.

-Д1аеша массара цхьана хезаш. Дагахь схьайийца.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина? («1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу дийцаран 3-г1а дакъа)

-Вайна тахана девзар ду 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолу туьйранан 3-г1а дакъа. Шуна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а тексташ еша . Вайна 1емар ду хаттаршна жоьпаш дала, чулацамах кхета.Вайна хуур ду туьранан а , дийцаран а произведенин башхаллаш йовза.

4.Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолу туьйранан 3-г1а дакъа.

5. Сада1аран миноташ

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)Бераша меллаша цхьанаэшарехь д1адоьшу 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу туьйранан 2-г1а дакъа.

аь)Бераша хезаш цхьанаэшарехь д1адоьшу 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу туьйранан 2-г1а дакъа.

б) Къастош ешар.

-Х1ун еана цу шиннан барт бан ? (Б1аьсте)

-Муха къамел дира б1аьстено цу шинга? Д1адеша.

-Х1ун аьлла б1аьстено 1аьне? Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун аьлла аьхкене? Д1аеша к1айдарг.

-Мила х1оьттина цхьана аг1ор цу шина юкъа? Д1аеша.

-Мила х1оьттина вукху аг1ор? Д1аеша.

-Д1абеша церан тасаделлачу доттаг1аллех лаьцна.

-Маца зама ю шеран ? (Йиъ)

-Маца баттахь лаьтта х1ора зама?

-Муьлхачу беттанашкахь лаьтта 1а? Б1аьсте? Гуьйре? Аьхке?

-Шуна муха хетар дара даимна 1а хилча?

-Аьхке хилча?

6. Рефлекси

-Муха дог-ойла хуьлу шун туьйра дешча? Стенах долу самукъа?

7. Жам1 дар.

-Муьлха произведени йийшира вай?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоьху вайна цо ? (Бертахь даха, барт эг1о мегар дац)

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша 1. Чантиевн «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу туьйранан 3-г1адакъа.Туьйра схьадийца кечам бан







Выбранный для просмотра документ Урок 7.Мангалкомарш .Ж. Махмаев.docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема : «Мангалкомарш» Ж.Махмаев.

1алашо : Ж. Махмаевн дахар , кхолларалла , стихотворении « Мангалкомарш» йовзийтар. Нийса а, кхеташ а стихотворни тексташ еша 1омор. Ойлаяр , тидамбар кхиор. 1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотвориниш еша ; дерашна 1емар ду стихотворни текстан башхаллаш йовза. Берашна хуур ду стихотворении юкъара аларш тала, царех нийса кхета а.Берашна хуур ду рифмаш т1ехь талам бан.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша д1адоьшу З.Муталибовс яздина « Оха болх а бо , деша а доьшу» ц1е йолу дийцар

2.Мотт шарбар.

hello_html_m2df68ba1.png

-Д1аеша цхьана эшарехь дешдакъошца.

-Д1аеша меллаша.

-Д1аеша ч1ог1а.

-Маца йуьйцу иштта боайт? (Лечкъаргех ловзуш)

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла учебникан 13-г1а аг1о.

-Муьлха произведени евзар ю вайна тахана ? (Мангалкомарш)

-Мила ву цуьнан автор? ( Ж.Махмаев)

-Х1ун болх д1ахьур бу вай и произведении 1амош.Хьан х1оттор ю план?

Суна евзар ю…

Суна вевзар ву…

Суна 1емар ду…

Суна хуур ду…

-Вайна тахана девзар ду Ж.Махмаевн дахар , кхолларалла, керла стихотворении « Мангалкомарш». Вайна 1емар ду нийса , кхеташ стихотворни тексташ еша.

4.Керла тема хьехар.

а) Яздархочух дош. (Юххедиллар)

аь) Хьехархочо д1айоьшу Ж.Махмаевн «Мангалкомарш» ц1е йолу стихотворении.

Б) Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Стенах лаьцна ю стихотворении? (Мангалкомаех)

-Маца хуьлу мангалкомарш ? (Август баттахь)

-Кхин муьлха стом биъча ц1ийло батт? (Элхьаьмчаш)

-Аьхка муьлха стоьмаш хуьлу ? Муьлханаш бу шу долчохь?

-Хьан йиъна аша мангалкомарш?

-Мангалкомарех х1ун йо?

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1айоьшу Ж. Махмаевни «Мангалкомарш» стихотворении.

аь) Стихотворенин х1оттам таллар.

-Д1аеша стихотворении

-Муьлха дешнаш ду аларехь цхьатера ? (Мангалкомарш , доьлу . Уьш, хууш)

-Царех х1ун олу ? (Рифмаш)

-Д1адеша шолг1а дакъа. Муьлха рифмаш ю цу декъехь? (Беснех а , ц1ехьа)

б) Ловзар.

hello_html_4d111231.png



6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1емира шуна ?

Суна евзи…

Суна 1еми…

Суна хии…

7.Жам1 дар.

-Муьлха стихотворени евзира вайна ?

-Мила ву цуьнан автор?

-Муха хийтира шуна стихотворени?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Ж.Махмаевн «Мангалкомарш» ц1е йолу стихотворени дагахь 1амо.

Выбранный для просмотра документ Урок 72. Толам Х. Эдилов .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Толам» Х.Эдилов.

1алашо: Х.Эдиловн «Толам» ц1е йолу стихотворени йовзийтар , нийса а , кхеташ а , шера а тексташ еша. Даймахках дозалла кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , шера а, кхеташа стихотворни тесташ еша. Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала . Берашна 1емар ду Даймахкан кхиамех дозалла дан.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Х. Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 4-г1а дакъа)

-Д1адеша дийцар.

2 Мотт шарбар.

Бацалахь цаьпцалгийн цхар деца, цаци чохь Бицацин цу беца.

-Д1аеша массара цхьана меллаша .

-Д1аеша массара цхьана хезаш.

-Дагахь 1амае.

3.1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени йоьшур ю вай тахана? («Толам» ц1е йолу стихотворении)

-Мила ву цуьнан автор? (Х. Эдилов)

-Муьлха кхиамаш бохур бу аша? Х1ун болх бийр бу аша и произведени дика 1амийта?

-Вайна тахана евзар ю Х.Эдиловн «Толам» ц1е йолу стихотворении. Шуна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташа а стихотворни тексташ еша. Шуна хуур ду Даймехкан къийсамех толамех лаьцна)

4. Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1айоьшу Х.Эдиловн «Толам» ц1е йолу стихотворении.

аь) Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Муьлха кхиамаш бу стихотворении т1ехь балийнарш? (Даймехкан т1ам т1ехь баьхнарш)

-Иза маца хилира? (!945 шарахь 9 майхь)

-Хьан кхоьллина бара и толам? (Халкъо)

-Массо а халкъан 1алашо х1ун хилла?т(Фашизман 1азапах даймохк ларбар)

-Муьлш бу фашизмана дуьхьал къийсамна г1евттинарш? (Вайн халкъаш)

-«Къан ца луш , гуттар а толам хир бу» бохучух муха кхета хьо? (Адамашна даимна дагахь лаьттар ду и сирла доккха де)

-Х1ун хаьа шуна толаман дийнах лаьцна? Муха даздо вайн халкъо иза?

5. Сада1аран миноташ.

Цаьпцалгаш, цаьпцалгаш,

Лелаш ю шу кхийсалуш:

Кхосса-кхосса-кхоссалой,

Бацалахь цкъа д1атарлой,

Жимма бецаш кхаллий,

Тийналле ладог1ий,

Меллаша шу юьйлало,

Юха хьала кхоссало.

(Бераша цаьпцалгаша дийрриг до.)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша массара цхьана цхьанаэшарехь д1айоьшу Х.Эдиловн «Толам» ц1е йолу стихотворени меллаша.

а) Бераша массара цхьана цхьанаэшарехь д1айоьшу Х.Эдиловн «Толам» ц1е йолу стихотворении хезаш

б) «Толаман де» темина сурт дилла

7. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша тахана? Муьлхачарех дозалла до аша?

8. Жам1 дар.

-Муьлха произведени евзира вайна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьаьа шуна толаман дийнах лаьцна?

Ц1ахь бан болх балар.

Х.Эдиловн «Толам» ц1е йолу стихотворении дагахь 1амо.



Выбранный для просмотра документ Урок 73. Б1аьстенан юьхь 1. Мамакаев .docx

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Б1аьстенан юьхь» 1. Мамакаев.

1алашо: 1. Мамакаевн дахар , кхолларалла «Б1аьстенан юьхь» ц1е йолу стихотворении йовзийтар; нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша 1амор.Ойлаяр , тидам бар , къамел кхиор. 1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду учебникан керла дакъа ; тидпм бийр бу евзар йолчу произведенин; бераша билгалбохур бу керлачу декъехь хир болу кхиамаш. Берашна евзар ю 1. Мамакаевн «Ю1аьстенан юьхь» ц1е йолу стихотворении, 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а тексташ еша,хаттаршна жоьпаш дала . Берашна бевзар бу 1аламехь б1аьстенца хуьлу кхиамаш.

Урок д1аяхьар.

1. Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Тхуна еллера Х.Эдиловн «Толам» ц1е йолу стихотворении)

-Схьайийца стихотворении.

2.Керла дакъа довзийтар.

-Учебникан муьлха дакъа долор ду вай тахана? ( «Б1аьсте йог1у, б1аьсте йог1у!»

-Стенах лаьцна хир ду идакъа? (Б1аьстенах, б1аьстенан хийцамех 1аламехь хуьлуш болу)

-Муьлха произведенеш евзар ю вайна кху декъехь?

-«Б1аьстенан юьхь» 1. Мамакаев, «Стовно ворх1азза..» Хь. Хасаев, «Б1аьсте т1ейог1уш» 1. Гайсултанов, «Б1аьсте» М. Сулаев, «Барх1алг1а март» Б. Саидов, «Мамина совг1ат» Хь. Саракаев , «Хьуьнан акхарой б1аьста» Хь. Хасаев, «Б1аьсте йог1у» Хь .Сатуев, «1алам хаздан деза» 1. Гайсултанов, «Зевне хьеший» Хь. Хасаев, «Арахь» Д. Кагерманов, «Б1аьстенан дог1а» Хь . Сатуев, «Б1аьсте схьакхаьчна» А. Айдамиров.

-Муьлха кхиамаш бохур бу вай и дакъа 1амош?

  • Вайна евзар ю б1аьстенах лаьцна произведенеш.

  • Вайна 1емар ду нийса а, кхеташ а , шера а тексташ еша .

  • Вайна 1емар ду хаттаршна жльпаш дала.

  • Вайна 1емар ду 1аламах дозалла дана, цуьнан хазалла ган.

  • Вайна 1емар ду яздархойх дозалла дан.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени евзар ю вайна тахана? («Б1аьстенан юьхь»)

-Мила ву цуьнан автор? ( 1. Мамакаев)

-Муха болх бийр бу вай и произведени дика 1амийта? Х1ун кхиамаш хир бу шун?

-Вайна тахана евзар ю 1. Мамакаевн «Б1аьстенан юьхь» ц1е йолу стихотворении. Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша. Вайна 1емар ду хаттаршна жоьпаш дала.

4.Керла тема хьехар.

а) Хьехархочун дош.яздархочух лаьцна.