Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Свидетельство о публикации

Автоматическая выдача свидетельства о публикации в официальном СМИ сразу после добавления материала на сайт - Бесплатно

Добавить свой материал

За каждый опубликованный материал Вы получите бесплатное свидетельство о публикации от проекта «Инфоурок»

(Свидетельство о регистрации СМИ: Эл №ФС77-60625 от 20.01.2015)

Инфоурок / Начальные классы / Презентации / Презентация на тему "Вайн хиш чохь хуьлу ч1ерий" на чеченском языке
ВНИМАНИЮ ВСЕХ УЧИТЕЛЕЙ: согласно Федеральному закону № 313-ФЗ все педагоги должны пройти обучение навыкам оказания первой помощи.

Дистанционный курс "Оказание первой помощи детям и взрослым" от проекта "Инфоурок" даёт Вам возможность привести свои знания в соответствие с требованиями закона и получить удостоверение о повышении квалификации установленного образца (180 часов). Начало обучения новой группы: 28 июня.

Подать заявку на курс
  • Начальные классы

Презентация на тему "Вайн хиш чохь хуьлу ч1ерий" на чеченском языке

библиотека
материалов
Работу выполнил Вахабов Магомед, ученик 3 а класса М БОУ «СОШ № 10» Презентац...
Сайн мехкан хиш чуьра чlерий довза, церан вайн ненан маттахь йолу цlераш хаар...
САЗА ( оьрсийн – сазан) бу. Саза цlегlо можа бос болуш хуьлу. Цуьнан пелагаш...
Бакъ – чlара дехо дег1 долуш, букъ т1ехь баьццаро- lаьржа. Агlонаш баьццара х...
Иштта хуьлу ирг1у, ц1ен ч1ара ( оьрсийн - осётр).
Ирг1ун дег1 деха ду. Муцар йоца, аьрта ю. Мекхаш бета юххехь доцуш, муц1арна...
 Яй – ч1ара (оьрсийн - сом).
Мекхаш ч1ара (оьрсийн – усач).
Мекхаш – ч1ара а хуьлу вайн массо а хиш чохь. И муха бовза беза? 		Иза вайна...
Мерзч1ара вайн махкахь дукха хьолахь хуьлу ломан хиш чохь, х1унда аьлча цунна...
Суьлий ч1ара ( оьрсийн – пескарь).
Иштта хаза а, дукха а , карий сунна вайн мехкан хиш чуьра ч1ерий. Уьш довзар...
12 1

Подайте заявку сейчас на любой интересующий Вас курс переподготовки, чтобы получить диплом со скидкой 50% уже осенью 2017 года.


Выберите специальность, которую Вы хотите получить:

Обучение проходит дистанционно на сайте проекта "Инфоурок".
По итогам обучения слушателям выдаются печатные дипломы установленного образца.

ПЕРЕЙТИ В КАТАЛОГ КУРСОВ

Описание презентации по отдельным слайдам:

№ слайда 1 Работу выполнил Вахабов Магомед, ученик 3 а класса М БОУ «СОШ № 10» Презентац
Описание слайда:

Работу выполнил Вахабов Магомед, ученик 3 а класса М БОУ «СОШ № 10» Презентация на тему: «Вайн хиш чохь хуьлу ч1ерий»

№ слайда 2 Сайн мехкан хиш чуьра чlерий довза, церан вайн ненан маттахь йолу цlераш хаар
Описание слайда:

Сайн мехкан хиш чуьра чlерий довза, церан вайн ненан маттахь йолу цlераш хаар. Сайна хиинарг сайн нийсархошна а довзийта. Суна хета, сан балхо гlо дийр ду суна санна , иштта кхи долчу берашна тхайн ненан матте болу безам а, тхайн Даймахке а, Даймехкан lаламе а болу безам чlагlбан. Сан талларан белхан 1алашо :

№ слайда 3 САЗА ( оьрсийн – сазан) бу. Саза цlегlо можа бос болуш хуьлу. Цуьнан пелагаш
Описание слайда:

САЗА ( оьрсийн – сазан) бу. Саза цlегlо можа бос болуш хуьлу. Цуьнан пелагаш даккхий хуьлу. Саза хуьлу тийначу хи чохь, сецна лаьттачу хиш чохь, къааьсттана Терка чохь а, lаьмнаш чохь а хуьлу. Саза сан дас а лоцу , тхуна гена боццуш болчу Первомайски lома чуьра. Суна хезнера, цхьацца волчо саза чlерах шена уьшал хьожа йогlу олуш. Хlинца хаьа сунна хьунда йогlу цунах уьшал хьожа: иза шена цхьа кхерам хилча татталой хин бухарчу саццlара боьду.

№ слайда 4 Бакъ – чlара дехо дег1 долуш, букъ т1ехь баьццаро- lаьржа. Агlонаш баьццара х
Описание слайда:

Бакъ – чlара дехо дег1 долуш, букъ т1ехь баьццаро- lаьржа. Агlонаш баьццара хуьлу, жима можалла а йолуш. Гай т1ера к1айн хуьлу. Гайн тlера пилдигаш можо –ц1е ду, ткъа кхидерш – мокха. Бакъ – ч1еран пелагаш ца хуьлу, т1ехь т1едарчий хуьлу. Муц1ар аьрта хуьлу. Багахь херх санна , кегийра ира чухьаьвзина цергаш а, к1омсарш а хуьлу. Хи чохь чlогlа тlахь аьлла лела бакъ – чlара. Вайн массо а хиш чохь хуьлу иза. Бакъ – чlара (щука) .

№ слайда 5 Иштта хуьлу ирг1у, ц1ен ч1ара ( оьрсийн - осётр).
Описание слайда:

Иштта хуьлу ирг1у, ц1ен ч1ара ( оьрсийн - осётр).

№ слайда 6 Ирг1ун дег1 деха ду. Муцар йоца, аьрта ю. Мекхаш бета юххехь доцуш, муц1арна
Описание слайда:

Ирг1ун дег1 деха ду. Муцар йоца, аьрта ю. Мекхаш бета юххехь доцуш, муц1арна юххехь ду. Лахара балда хаьдда ду. Букъана т1ера пелагаш даь1ахка долуш сана ч1ог1а ду. Бос тайп – тайпана хуьлу: букъ мокхо – 1аьржа, аг1онаш – мокхо – боьмаша, гайт1ера кlай хуьлу. Вайнаха ирг1у лоцу Терк чуьра. Цуьнан дег1 хила тарло 3 метр дегlа, ткъа беза хила тарло 200 кила. Ша хьаллак а ца беш баха битча ирг1у баха тарло 50 шарахь. амма. Бууш чог1а чам болуш бу ирг1у ч1ара. Соьга хаьттича цуьнца доьзна хир ду и ч1ара «Ц1ен книги» т1е д1аязбар. Цо 1ов тосучу хенахь лаца ца магадо и, амма адамаша шайна пайда бар хьама, 1едална къайллах лоций, 1ов схьайоккху ирг1ун чуьра. Механа чог1а еза ю и.

№ слайда 7  Яй – ч1ара (оьрсийн - сом).
Описание слайда:

Яй – ч1ара (оьрсийн - сом).

№ слайда 8 Мекхаш ч1ара (оьрсийн – усач).
Описание слайда:

Мекхаш ч1ара (оьрсийн – усач).

№ слайда 9 Мекхаш – ч1ара а хуьлу вайн массо а хиш чохь. И муха бовза беза? 		Иза вайна
Описание слайда:

Мекхаш – ч1ара а хуьлу вайн массо а хиш чохь. И муха бовза беза? Иза вайна бевзар бу дукха хьолах шен мекхашца: лакхара мочхала т1ехь 4 мекх – шиша бетана дехьа-сехьа, ткъа муц1ара т1ехь, бетанна техула кхозуш – шиъ. Иштта мекхаш - ч1еран кегийра пелагаш а, ира юткъа – еха муц1ар а хуьлу. Баьццаро бос хуьлу цуьнан дег1ан. Мекхаш – ч1ара 1ай ган таро хир яц вайн - саз юккъе а боьдий 1а даккха д1абуьжу иза Мекхаш ч1ара (оьрсийн – усач).

№ слайда 10 Мерзч1ара вайн махкахь дукха хьолахь хуьлу ломан хиш чохь, х1унда аьлча цунна
Описание слайда:

Мерзч1ара вайн махкахь дукха хьолахь хуьлу ломан хиш чохь, х1унда аьлча цунна деза ц1ена, шийло хиш. Ч1ог1а хаза ч1ара бу и. Цуьнан дег1 деха ду, аг1онаш т1ера жима т1етт1а 1аьвдина. Дег1а т1ехь ду кегийра пелагаш. Цуьнан а ю шеен башхалла: цо босс оьцу ша болчу меттиган. Мерзч1еран дег1ан йохалла хуьлу – 40 – 50 см, ткъа дег1ан безалла – 1 кила. Баккхийчара дийцарехь, паччахьан заманахь мерзч1ара паччахьашна хьалха бен буьллуш ца хила, цигара схьа – паччахьч1ара. Цуьнан жижиг могушаллина дика ду боху хууш болчара. Мерзч1ара , паччахьч1ара ( оьрсийн- форель).

№ слайда 11 Суьлий ч1ара ( оьрсийн – пескарь).
Описание слайда:

Суьлий ч1ара ( оьрсийн – пескарь).

№ слайда 12 Иштта хаза а, дукха а , карий сунна вайн мехкан хиш чуьра ч1ерий. Уьш довзар
Описание слайда:

Иштта хаза а, дукха а , карий сунна вайн мехкан хиш чуьра ч1ерий. Уьш довзар а, церан сайн ненан маттахь ц1ераш хаар а, лардар а, суна сайн а, сайн нийсархойн декхар хета. Тахана вай баккхийчаьрга ла доьг1ча , вайна хеза: «Х1ун ду вайн кегийчарех хуьлуш дерг? Шайн мотт ца хаьа… Телефонашций, компьютерций бен г1уллакх а дац» Сан хьоме дай, наной, хьехархой, лулахой, бевзарш а, ца бевзарш а! Тхо шун яйна т1аьхье яц шуна! Тхо ч1ог1а дика бераш ду шуна. Оха компьтерах тхайна пайда оьцу шуна мА – гарра тхайн махках лаьцна хаарш лохуш. Сайн болх берзош сунна ала лаьа баккхийчаьрга а, сайн нийсархошка а: Дала мукъалахь, аса а, сан хенара кхуьуш долчу вайн мехкан бераша а ларбийр бу вайн мотт. Ткъа аса хьара болх беш сайна хиънарг, аса тхайн школера берашна а хаийтина. Цхьацца болчу хьехархоша а аьлла сунна баркалла. Масала: юьхьанцарчу классийн хьехархочо Расита Шамхановнас элира: « ДЕЛА реза хуьлда хьуна, сан хьомениг! Суна ч1ог1а эхь хетта, амма ас дере до: Суна массо а кху ч1ерийн ц1ераш ца хаьара вайн маттахь. Хьинца хьара хьан болх аса сайн стоьла т1ехь хуьлийтар бу.» Аса а, сан хьехархочо а сацам бина жима « Ч1ерийн ц1ерийн дошам ян». Иза аса сайн белхан юххе йиллина. Амма кху т1ехь совцур дац тхо. Массо а ч1ерийн ц1ераш йовза а хьожур, иштта царех лаьцна хаарш а гулдийр ду.


Подайте заявку сейчас на любой интересующий Вас курс переподготовки, чтобы получить диплом со скидкой 50% уже осенью 2017 года.


Выберите специальность, которую Вы хотите получить:

Обучение проходит дистанционно на сайте проекта "Инфоурок".
По итогам обучения слушателям выдаются печатные дипломы установленного образца.

ПЕРЕЙТИ В КАТАЛОГ КУРСОВ

Автор
Дата добавления 13.01.2016
Раздел Начальные классы
Подраздел Презентации
Просмотров686
Номер материала ДВ-334831
Получить свидетельство о публикации
Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх