Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
1 слайд
Дешаран урок 2 – г1а класс
«Г1ура дада » Д.Кагерманов .
Хьехархо Бекаева З. С.
2 слайд
1алашо:
Д.Кагермановн керла стихотворени «Г1ура –дада » йовзийтар: нийса, кхетан , авторан дог –ойла а гойтуш, стихотворни тексташ еша 1амор; 1аламан тидам бан, цуьнан хийцамаш ган, 1алам довза, деза 1амор.
Билгалбаьхна кхиамаш:берашна хаа р ду шайн маттаца хьакъ долчу кепара 1аьнан сурт х1отто, авторан лаам нийса д1акхачош.Берашна 1емар ду тидаме хила, ойлаяр алсамдер ду, мотт шарлур бу.
3 слайд
Де дика хуьлда шун, бераш!
4 слайд
1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени йоьшур ю вай Тахана?Х1ун болх бийр бу вай иза толлуш?
-Суна евзарю..
Суна 1емар ду..
Суна хуур ду..
Тахана вай йоьшур ю Д.Кагермановн «Г1ура –дада» ц1е йолу стихотворени.
5 слайд
Мотт шарбар.
-Д1аеша чехкаалар меллаша, юха чехка
Даг1 т1ехь хьарг1а,
Parly к1ел борг1ал.
6 слайд
Кагерманов Докка
Кагерманов Докка вина 1933-чу шеран 9 июлехь Хьалха-Мартанан к1оштарчу Г1ойт1ахь, г1уллакххочун Денисолтин доьзалехь. Бурсакан Денисолтас тайп-тайпанчу пачхьалкхан даржашкахь белхаш бина. Грозненски горкоман комсомолан шолг1а секретарь а лаьттина Денисолта, халкъан суьдхочун болх а бина.
Докка дуьххьара школе шайн юьртахь вахна. 1942-чу шарахь да шен лаамехь Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1аме а вахна, нана д1а а къаьстина, байлахь бисина Докка а, цуьнан ваша а, йиша а. Нохчийн къам 1944-чу шарахь махкахдоккхуш, къеначу ненаненаца цхьаьна Сибрех хьажийна бераш а. Джамбулски областан Свердловски районерчу «Акх-жар» колхозехь уьш кхоь а мацалла дала а делла, кхазахашна юккъехь ша цхьаъ висна Докка. Цигара 1945-чу шарахь Г1ирг1азе д1авахна шен ненайишин ши к1ант волчу. Х1етахь дуьйна Фрунзенски областан Ста-лински районан «Путь к коммунизму» колхозехь болх а беш, хан яьккхина ненайишин ши к1ант Хьасамбин Хьумид а, цуьнан ваша 1абдулла а волчохь Чуьйрин-Эвлахошца цхьаьна. Цу тайпана, кхойттараваьлчхьана дуьйна, суьйренан школехь деша а доьшуш, белхаш бина юьртабахамехь а, промышленностан предприятешкахь а.
7 слайд
Стихотворени «Г1ура –дада»
дешан х1оттам
З1амарш- кхузахь: шелоно корийн б1аьргаш т1е дехкина суьрташ.
8 слайд
«Г1ура –дада»
Г1орг1а, даккхий чимаш ловзош,
Там беш дог1у арахь ло…
Цуьнга хьоьжуш, т1арг1 хьовзуш,
Бабас стамбо урчакх гуо.
9 слайд
З1амарш х1иттош, т1етт1а ийзош,
Коре г1ерта шийла ша.
Лергаш зийзош, беснаш къийзош,
Оьг1азъоьху аьрха 1а.
10 слайд
Амма бераш чохь ца соцу-
Г1ура дада вог1уш го.
Цо-м Лайн-йо1 а ялий шеца-
Даздан ёлкахь Керла шо!
11 слайд
Сада1аран миноташ.
Дог1а
Мохомархашлоьхку, лоьхку,
Мархашйоьлху, йоьлху.
Надамашлаьтта1ена, 1ена, -
Малахи, к1а, мала.
К1еноохьатаь1ий:
Молу, молу, молу.
Меладог1а, цасоцуш,
Дог1удог1у, дог1у.
(Берашакуьйгашхьалхаохьа а дохуьйтий, байтанхьалхарамог1а бешча, парг1атлестош, куьйгашдегадо. Цул т1аьхьа,куьйгашлесточуьрасаца а деш, цкъахьалхакеранюкъхьа-лаерзайо, т1аккхаохьаерзайо)
12 слайд
Чулацамах лаьцна къамел дар.
-Муьлха шеран зама ю стихотворени т1ехьь ялийнарг?
-Муха дог1у ло?
-Муха г1ерта коре ша?
-Х1ун до бераша? Мила го царна?
-Цо мила ялийна шеца?
-Шуна везий Г1ура –дада? Мила ву иха? Гиний шуна иза цкъа а? Муха ву г1ура дада? Маца вог1у иза?Цо мила ялайо? Цо х1ун йохьу?
13 слайд
Рефлекси
Х1ун дан ницкъ кхечи шун?Х1ун диси ца далуш?
Суна евзи…
Суна 1еми..
Аса д1айиши..
Жам1 дар.
-Муьлха Стихотворени йийши вай?
-Мила ву цуьнан автор?
-Стенах лаьцна я ра иза?
Ц1ахь бен болх дагахь 1амо
14 слайд
Баркалла !
Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
6 653 485 материалов в базе
«Дешаран книжка (Литературное чтение) (на чеченском языке)», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э.
Больше материалов по этому УМКНастоящий материал опубликован пользователем Бекаева Зульфия Салмановна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Удалить материалВаша скидка на курсы
40%Курс повышения квалификации
36 ч. — 144 ч.
Курс повышения квалификации
72/144/180 ч.
Курс повышения квалификации
72 ч. — 180 ч.
Мини-курс
5 ч.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.