Выдаём удостоверения и дипломы установленного образца

Получите 5% кэшбэк!

Запишитесь на один из 793 курсов и получите 5% кэшбэк стоимости курса на карту

Выбрать курс
Инфоурок Родная литература ПрезентацииПрезентация по чеченской литературе на тему "Лийрбоцурш" драма(9класс)

Презентация по чеченской литературе на тему "Лийрбоцурш" драма(9класс)

Скачать материал
библиотека
материалов

Описание презентации по отдельным слайдам:

1 слайд
Описание слайда:

2 слайд Хамидовн 1.-Хь.»Лийрбоцурш» пьеса.Турпалаллин драма дIайолало дагах кхетачу а
Описание слайда:

Хамидовн 1.-Хь.»Лийрбоцурш» пьеса.
Турпалаллин драма дIайолало дагах кхетачу авторан деш-
нашца: «Хьоме доттагIий, зама дIаоьху, оьхур а ю. Амма адамийн дегнаш чуьра
цкъа а дIаяьлла яц я ер а яц Даймехкан тIеман буьрсачу деношкахь, вайн халкъан
сий, ирс лоьхуш, шайн синош дIаделлачийн сийлахь цIераш. Оцу сийлахьчу
цIерашна юкъахь ю Нурадилов Ханпашин а, цуьнан накъостийн а цIераш. Бала
къона бара Нурадилов а, цуьнан накъостий а. Амма къонахийн дахар шерашца дагардеш хила ца деза, цара шайн халкъана динчу
гIуллакхашца дагардеш хила деза. БIе шарахь ваьхнарг а ца ваьхна дукха, и шен халкъана
гIуллакх деш ца ваьхнехь, ткъа шарахь ваьхнарг а ваьхна дукха, и шен халкъана гIуллакх
деш ваьхнехь. Суна лаьа, доттагIий, цкъа а лийрбоцчу башхачу турпалхойх
дерг шуна дийца. ЛадогIалаш сан дийцаре!». Иза пьесин пролог ю
 

3 слайд Даккхий хьуьнарш долу турпалхой а болуш, шен чулацамехь адамийн майралла, доь
Описание слайда:

Даккхий хьуьнарш долу турпалхой а болуш, шен чулацамехь адамийн майралла, доьналла гойтуш йолчу драматургически произведених олу турпалаллин драма. Даймехкан тIамехь адамийн патриотизм, майралла, доьналла гайтина йолу турпалаллин драма ю «Лийрбоцурш».
Х1ун ю драма?

4 слайд Вешин хьехарПьеса дIайолало Ханпашин, Мутин диалогаца. Эскаре ваха новкъа ваь
Описание слайда:

Вешин хьехар
Пьеса дIайолало Ханпашин, Мутин диалогаца. Эскаре ваха новкъа ваьлла Ханпаший, фински тIамехь чов а йина, цIа вогIуш волу цуьнан ваша Мутий дуьхь-дуьхьал кхета. Мутина, цкъа делахь, хазахета шен ваша воккха а хилла, эскаре воьдуш, шолгIа делахь, цуьнан шел жимчу веше йолу къинхетаме ойла а хаало кхузахь. Ханпашига боху цо: «Ден, ненан марзо ахь ца эцна дела, со вара хьуна, жимма айса терго-хIума а еш, хьо деша вохуьйтур бохуш». Амма, шен ваша эскаре ваха лууш, доьналла долуш, къонахалла йолуш хиларх воккхаве Мути. Ханпашина хьехар до цо: «Эскар къонахийн меттиг ю. Салтий вовшийн гIо деш а, терго еш а хила беза. Яхь йоцчу кIантах дан хIума дац. Яхь хила еза. Молханан хьожа йогIуш зама ю хIара, Ханпаша. ТIом эккхаран сахьт дац. Iедална а, нахана а гергахь хьайн дика цIе йоккху агIо лаха». Иштта хьехар дина, эскаре хьажаво Мутис шен ваша.

5 слайд
Описание слайда:

6 слайд Сталинградски т1ом
Описание слайда:

Сталинградски т1ом

7 слайд Кегийрхойн ойланашХанпашас боху: «Йохийнарг вай, тIом дIабаьлча, меттахIоттор
Описание слайда:

Кегийрхойн ойланаш
Ханпашас боху: «Йохийнарг вай, тIом дIабаьлча, меттахIоттор ю. Доцчу хи далор ду, керла заводаш, хIордаш дохкур ду. Туьйранахь санна, хаздийр ду дахар. ТIаккха, Iаббалц деша а дешна, оцу стигалан Iаьрчашка, цу седарчаш тIехь хIун ду, хьажа гIоттур ву». Цу тайпана ойланаш йо бIаьхоша тIамехь шайна мукъа еанчу хенахь. Адамийн машаре дахар дохош веанчу мостагIчух кхин а чIогIа лата дог догIу церан ишттачу ойланашка бевлча. Уьш шайн лехамашца, деган ойланашца машаре адамаш ду, беркате бу церан лаамаш, къинхетамах дуьзна церан дегнаш. Амма, Даймахкана тIе кхерам хIоьттича, тIемалой хилла царах.

8 слайд
Описание слайда:

9 слайд Баркинхоев Ахмед 26 02.1944
Описание слайда:

Баркинхоев Ахмед
26 02.1944

10 слайд
Описание слайда:

11 слайд ЛИЙРБОЦУРШЧурт аьгна кошана дуг1уш,Цунна т1ехь терахьаш къеста. . .Эгна да
Описание слайда:

ЛИЙРБОЦУРШ
Чурт аьгна кошана дуг1уш,
Цунна т1ехь терахьаш къеста. . .
Эгна дай бакъ толар къуьйсуш,
Дуьнен чохь церан нур кхерста.

Кошахь берш цкъа дийна хилла,
Баккхийбеш доьзаллех шешан.
Вайн дуьхьа уьш х1аллакхилла,
Сий дийр ду вай даим церан!

Х1ан –х1а, шу дицлур дац тхуна,
Шух 1емаш некъ бийр бу оха.
Лаьтта т1ехь ирс лоьхучунна
Шух 1амар оьшуш ду ч1ог1а.

Оха шух дозалдо, к1ентий,
Парг1ато аш елла тхуна.
Г1ийлачийн хилла вежарий,
Р. Ахматова
Х1ора шух хьоме ву суна.

12 слайд Эпилогехь а ондда дека авторан аз: «Иштта чекхделира цу башхачу кегийрхойн да
Описание слайда:

Эпилогехь а ондда дека авторан аз: «Иштта чекхделира цу башхачу кегийрхойн дахар! Хьоме накъостий, вайн ирс, паргIато Iалашъеш, шайн синош дIаделлачу сийлахьчу советски салтийн сий де! Диц ма де, тахана а дуьнен чохь маьI-маьIIехь тIамо ягош гIаланаш, ярташ хилар, дойуш зударий, бераш хилар. ТIеман цIе яйна яц. Шайн кхане йоцурш, шайн тахане яхъян гIерташ, герзе кхийда. Сема хила, доттагIий, латта хIинца а халкъан мостагIех цIандаза ду! Сема хила!» Даймохк Iалашбеш, халкъан паргIато ларъеш, турпалалла гайтина бIаьхоша. Цара, майраллех, доьналлех ца бухуш, Даймехкан мостагIашна дуьхьалбевлла, халкъан сий лардеш, дIаделла шайн синош. Уьш эша ца белла луьрчу мостагIашка, фашисташна тIехь толам боккхуш, турпалаллица эгна сийлахь тIемалой. Дерриге халкъ ду мостагIчуьнца болчу къийсамехь турпалалла гайтина. Иза къеггина билгалдолу пьеси тIехь.

  • Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
    Пожаловаться на материал
Курс повышения квалификации
Курс повышения квалификации
Курс профессиональной переподготовки
Учитель русского языка и литературы
Скачать материал
Найдите материал к любому уроку,
указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
также Вы можете выбрать тип материала:
Проверен экспертом
Общая информация
Учебник: «Нохчийн литература (Чеченская литература) (на чеченском языке)», Арсанукаев А.М., Арсанукаев А.Б-А., Эдилов С.Э.
Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Курс профессиональной переподготовки «Организация и предоставление туристских услуг»
Курс повышения квалификации «Экономика и право: налоги и налогообложение»
Курс профессиональной переподготовки «Клиническая психология: теория и методика преподавания в образовательной организации»
Курс профессиональной переподготовки «Организация логистической деятельности на транспорте»
Курс повышения квалификации «Организация практики студентов в соответствии с требованиями ФГОС педагогических направлений подготовки»
Курс профессиональной переподготовки «Организация деятельности экономиста-аналитика производственно-хозяйственной деятельности организации»
Курс повышения квалификации «Экономика: инструменты контроллинга»
Курс профессиональной переподготовки «Разработка эффективной стратегии развития современного ВУЗа»
Курс профессиональной переподготовки «Организация системы менеджмента транспортных услуг в туризме»
Курс профессиональной переподготовки «Уголовно-правовые дисциплины: теория и методика преподавания в образовательной организации»
Курс профессиональной переподготовки «Метрология, стандартизация и сертификация»
Курс профессиональной переподготовки «Теория и методика музейного дела и охраны исторических памятников»
Курс профессиональной переподготовки «Управление качеством»
Курс профессиональной переподготовки «Стратегическое управление деятельностью по дистанционному информационно-справочному обслуживанию»

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.