Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
1 слайд
Нохчийн мотт 3-г1а класс
«Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар» (Легар)
Хьехархо Бекаева З.С.
2 слайд
1адашо:
ц1ердешнаш дожаршца хийцалуш хилар хаийтар. Ц1ердешнийн барх1 дожар хилар хаийтар, церан х1оран хаттарш, чаккхенаш йовзийтар.Берашна ц1ердешнийн дожар къасто 1амор
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду ц1ердешнаш дожаршца хийцалуш хилар. Берашна девзар ду ц1ердешнийн барх1 дожар, церан хаттарш, чаккхенаш. Берашна 1емар ду ц1ердешнийн дожарш къасто. Берашна хуур ду учебникаца болх бан , оьшург лаха , цунах пайдаэца.
3 слайд
1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.
Борз
Чуьраяьлла хьийза борз,
- Ас бер, — боху, - шух и х1оз!
-Массо хьуьнан ох1лане:
Зуьне, пхьиде, бух1ане,
Д1аме, луне, тарсале,
Ц1ока хазчу цхьогале,
Бецан сенчу парг1атехь
Децаш долчу зингате,
Цкъа а цхьанна хьовзаме
Ца хиллачу хьозане,
Хенак1уьре, чхьаьвриге,
Яьт1ча санна х1инца ге,
Хьийза иза, чуьраюьйлу,
Доцца аьлча, девне юьйлу,
Амма гучудаьлча лом,
Сеци эццахь берзаи т1ом.
(С. Гацаев)
4 слайд
Тобанашкахь болх бар
Ахьмада, Ахьмад, цхьогал, цхьогал, к1ант, к1анта.
1 -ра тоба схьаязде ц1ерниг дожарера ц1ердешнаш.
2 –г1атоба схьаязде дийриг дожарере ц1ердешнаш.
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Д1адеша вай талла деза хаттар.
5 слайд
Керла тема хьехар.
Ц1ердешнаш предложенин меженаш хилар таллар.
Уьн т1е д1аяздо.
Т1ЕКХЕЧИ ХАЗА Б1АЬСТЕ.
Б1АЬСТЕНО ХАЗЙО ШУЬЙРА АРЕНАШ, ЛЕКХА ЛАЬМНАШ.
-Д1аеша хьалхара предложении . Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Б1аьстенах)
-Б1аьстено х1ун ди? (Т1екхечи)
-Иза муьлха меже ю? (Сказуеми)
-Т1екхечи х1ун? (Б1аьсте)
-Иза муьлха меже ю? (Подлежащи)
-Б1аьсте -муьлха къамелан дакъа ду? (Ц1ердош)
-Муьлхачу дожарехь ду иза? (Ц1ерниг)
-Д1аеша шолг1а предложении.Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Б1аьстенах)
-Х1ун боху б1аьстенах лаьцна? (Хазйо)
-И муьлха меже ю? (Сказуеми)
-Хазйо стен? (Б1аьстено)
-Б1аьстено муьлха меже ю? (Подлежащи)
-Муьлхачу дожарехь хуьлу подлежащи?
6 слайд
Шардар № 268, аг1о 133.
-Муьлхачу дожарехь ду ХЬЕХ дош? (Дара х1ун? хьех)
--Муьлхачу дожарехь ду ХЬЕХАН дош?(Яра стенан? хьехан)
-Д1аеша хьалхара предложении. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Хьехах)
-Предложенин муьлха меже ю иза? (Подлежащи)
-Муьлханиг ду сказуеми? (Сказуеми)
-Д1аеша йоьалг1а предложении. Стенах лаьцна ю иза? (Хьехах)
-Х1ун боху ХЬЕХАХ лаьцна? (Д1ахецнера)
-Д1ахецнера муьлха меже ю? (Сказуеми)
-Д1ахецнера стен? (Хьехо)
-Муьлхачу дожарехь ду и дош? (Дийриг дожарехь)
-Муьлхачу дожарера ц1ердешнаш хуьлу подлежащи?
-Д1аязде шардар.
7 слайд
Сада1аран миноташ.
8 слайд
Шардар 267 аг1о 132
Цхьогалан дашна т1ехула иза муьлхачу дожарехь ду, язде.
Цхьогал(Ц1. д. х1ун?) ,
цхьогалан (Дл. д. стенан?) ,
цхьогална (Л.д. стенна?),
цхьогало (Др. д. хьан?),
цхьогал(Ц1.д. х1ун?),
цхьогалах(Х.д. стенах?),
цхьогале(М.д. хьаьнга?),
цхьогалал(Дс.д. хьанал?)
9 слайд
6. Рефлекси.
Тест
10 слайд
8. Жам1 дар.
-Муьлхачу дожарера ц1ердешнаш хуьлу подлежащи?
9.Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 266, аг1о 131,бакъо аг1о 132.
Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
6 656 299 материалов в базе
««Нохчийн мотт (Чеченский язык)»», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э., Эдилов С.Э.
Больше материалов по этому УМКНастоящий материал опубликован пользователем Бекаева Зульфия Салмановна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Удалить материалВаша скидка на курсы
40%Курс профессиональной переподготовки
300 ч. — 1200 ч.
Курс повышения квалификации
36 ч. — 144 ч.
Курс повышения квалификации
36 ч. — 144 ч.
Мини-курс
4 ч.
Мини-курс
3 ч.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.