Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
1 слайд
1.Маршалла хаттар.
2. Ц1ера болх таллар.
(Бераша д1адоьшу П. Хатуевас яздина дийцар : «Къонах хьанах олу?»).
2 слайд
III. Мотт шарбар
Суна-1ежаш,
Хьуна-кхораш,
Кхунна - баьллаш,
Цунна-хьечаш.
Т1аьхьависнарг
Мила ву?
Цо б1ьргаш
Д1ахьаббийр бу.
-Д1адеша массара цхьана дагардар. Х1ораммо шена деша. Нийса деша.
3 слайд
IV. Дешаре шовкъ кхоллар.
Вина юрт
Жималлехь левзина
Хаза урамаш,
Къонахий хьизина
Юьртан майданаш,
К1ентийн дой хьизина
Бай сийна майданаш
Ца тиги йицъяла,
Валарх мел гена.
4 слайд
Стенах лаьцна дуьйцу кху стихотворени т1ехь?
Муха дуьйцу цо шен юьртах лаьцна?
Тахана вай урокехь стенах лаьцна дуьйцур ду аьлла хета шуна?
5 слайд
Тема: Д1авахийтийша со юьрта.
6 слайд
7 слайд
8 слайд
9 слайд
10 слайд
4. 1алашо йовзийтар.
Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.
-Д1аелла учебникан 34-38-г1а аг1онаш. Муьлха дийцар доьшур дув ай тахана? («Д1авахийтийша со юьрта»).
-Мила ву цуьнан автор? (Б. Шамсудинов).
-Стенах лаьцна хир ду дийцар? Стенгахь веха шву аьлла хетта шуна к1ант?
-Муха болх бийр бу вай и дийцар дика 1амо?
11 слайд
Чакъяха предложенеш:
Суна девзар ду…
Суна 1емар ду…
Суна хуур ду…
Аса дийр ду…
12 слайд
5. Керла тема хьехар.
-Мила ву дийцаран коьрта турпалхо? (Азор).
-Стенгахь веха шву Анзор? (Г1алахь).
-Стенгара схьабаьхкина уьш? (Юьртара).
-Стенга са туьйсура к1анта? (К1антана лаьара юьрта д1аваха).
-Х1унда лаьара? (Цигахь бабас доту хьокхамашка сатуьйсура , шеен доттаг1ашка сатуьйсура).
-Муха ю ден-ненан Анзоца йолу юкъаметтиг? (Да-нана кхеташ дац Анзорех. Уьн реза бац юьрахь баха).
-Х1ун ду Анзорана гуттар новкъадеанарг? (Дас Анзоран доттаг1ий сийсазбеш «х1умнаш» элира цареш).
-Хьанца гергарло лело лаьа нанна Анзора? (Васица).
-Муха к1ант ву Вася? (Васяна реза вац Анзор. Х1ара буха ког а тесна,охьатоьхнера цо).
13 слайд
-Муха ду к1ентан школехь г1уллакхаш? (К1антана оьрсийн мотт дика ца хьаьа.Цундела цхьацца йолчу предметех ца кхета иза).
-Муха хийцаелла г1алахь Анзоран нана? (И оьрсийн маттахь бен йист ца хуьлу. Цо шеен месаш басарйина,хедайина.Цо коьртахь йовлакх ца леладо).
-Иштта барий Анзоран доттаг1ийн наной? (Бацара).
-Муха хетара Анзорана нана иштта хийцаялар? (И реза вац нанна.Цунна эхь хетар дара и шен доттаг1ошна гича).
-Х1ун аьлла хета Анзоран дена,нанна цуьнан юьртахь ваха лаарх? (1овдал ву олу цара и к1ант).
-Нийса дуй ишттаниг алар?
14 слайд
5.Сада1аран миноташ.
Зезаг долу-уш самадели,
Тохадели, меттахдели.
Мохо патарш лестадо,
Г1ийла зезаг техкадо.
Малх схьакхийти, айбели,
Бода лоллуш, серло ели.
Полла г1оттуш, т1емабели,
Т1емаш лестош, лакхабели.
15 слайд
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
-Муха дара Анзоран дахар? Д1аеша к1айдарг.
-Х1ун халхетр дира цунна туьканахь.Д1аеша меттиг.
-Х1ун къамел хилира Анзоран, цуьнан ненан х1ума юуш? Д1аеша к1айдарг.
-Х1ун элира дас Анзоран доттаг1ех лаьцна? Д1аеша и к1айдарг.
-Муха вевзира Анзорана Вася. Д1аеша и меттиг.
-Муха хийцаеллера Анзоран нана?Д1аеша и меттиг.
-Муьлха къаьхьа ойланаш йора Анзора ? Д1аеша и к1айдарг.
16 слайд
7.Рефлекси.
Чакхъяккха предложении:
Суна девзи ….
Суна хии….
Сан ницкъ кхечи…
17 слайд
8. Жам1 дар.
-Муьлха дийцар девзира шуна? Мила ву цуьнан автор?
-Муха хетта шуна и дийцар?
9.Ц1ахь бан болх балар.
1. Б. Шамсудиновн «Д1авахийтайша со юьрта» дийцар дешар.
Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
6 663 915 материалов в базе
Настоящий материал опубликован пользователем Катаева Марина Абдул-Азизовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Удалить материалВаша скидка на курсы
40%Курс профессиональной переподготовки
500/1000 ч.
Курс повышения квалификации
36/72 ч.
Курс повышения квалификации
36/72 ч.
Курс повышения квалификации
36 ч.
Мини-курс
6 ч.
Мини-курс
2 ч.
Мини-курс
3 ч.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.