Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
1 слайд
1.Маршалла хаттар.
2. Ц1ера болх таллар.
(Дешархоша схьадуьйцу С-Хь. Кацаевс яздина “Машар» дийцар).
2 слайд
3. Мотт шарбар.
Жовза, Жовза,
Сахьтан цамза хьовза.
Сиха ма хьийза,
Хьан кортахьийза.
-Д1аеша байт меллаша. Еша чехка.
3 слайд
4. Учебникан керла дакъа довзийтар.
-Бераш, вай тахана долор ду учебникан кхоалг1а дакъа «Вайн республика-Нохчийчоь». Стенах лаьцна хир ду иза? (Берийн жоьпаш).
-Муьлха произведенеш евзар ю вайна оцу декъа т1ехь? («Сан хьоме Нохчийчоь» В. Баширов, «Декалахь, сан илли…» Ахмадова Т., Алиев 1. , «Пасха» С. Яшуркаев, «Ас стеган ирс лору» Б. Дикаев.
4 слайд
Дезна суна лекха лаьмнаш
Лаьмнех дуьйлу шовданаш.
ЦIена Iалам, юькъа хьаннаш,
Сан Даймахкан аматаш…
5 слайд
Хьомсара сан Даймохк
Суо ирсе хета,
Хьо мел бу вехаш ву
Дуьненчохь со.
Хьуна мел кхоьссинарг
Сан дагна кхета,
Сан дог а лазадо
Лазийча хьо…
6 слайд
7 слайд
8 слайд
9 слайд
10 слайд
11 слайд
12 слайд
13 слайд
14 слайд
15 слайд
16 слайд
17 слайд
18 слайд
19 слайд
20 слайд
5.1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.
-Д1аелла учебникан 49 –г1а аг1о. Муьлха произведении евзар ю вайна тахана?
-Мила ву цуьнан автор?
-Стенах лаьцна хир ю и?
-Х1ун болх бан дагахь душ у иза дика 1амо?
-Вай тахана йоьшур ю В. Башировс язйина «Сан хьоме Нохчийчоь» ц1е йолу произведени. Шуна 1емар ду Нохчийчоьн хазалла ган , цунах дозалла дан.
21 слайд
6.Керла тема хьехар.
Хьехархочо д1айоьшу В. Башировс язйина «Сан хьоме Нохчийчоь» ц1е йолу стихотворени.
Чулацамах лаьцна къамел дар.
-Хьанга деш ду къамел яздарочо?
-Х1ора дакъа чакх долуш муха вистхуьлу иза Нохчийчоьнга?
-Х1ун ю цо хестош ерг?
-Х1ун боху цо Нохчийчоьнан хазаллех лаьцна хьалхарчу декъехь?
-Х1ун хестайо цо шолг1ачу декъехь?
-Стенах дозалла до цо кхоалг1ачу декъехь?
-Х1ун боху цо вайца дехачу къаьмнех лаьцна?
-Стенца юсту цо Нохчийчоь?
-Шу реза дуй оцу дешнашна?
22 слайд
7. Сада1аран миноташ.
Маьлхан серло яржале -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Г1енаш лахка, човхаде -
Цхьаъ, шиъ - кхоъ.
Йиша,ваша г1аттаде
-Цхьаъ -шиъ - кхоъ.
Физзарядкайолае
-Цхьаъ - ш иъ -кхоъ.
23 слайд
8. Керла тема кхин д1а а хьехар.
Бераша д1айоьшу В. Башировс язйина «Сан хьоме Нохчийчоь» ц1е йолу стихотворени.
Нийса , авторан дог-ойла гайтарца еша 1амор.
24 слайд
9. Рефлекси.
-Х1ун дан ницкъ кхечи шун? Х1ун ду шун ницкъ ца кхаьчна дисинарг?
25 слайд
10. Жам1 дар.
-Муьлха произведении йийшира вай?
- Мила ву цуьнан автор?
- Стенах лаьцна яра иза?
- Х1ун дог-ойла ю хьан цунах лаьцна?
26 слайд
11. Ц1ахь бан болх балар.
1. В. Башировн «Сан хьоме Нохчийчоь» стихотворени дагахь 1амо.
Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
6 624 992 материала в базе
Настоящий материал опубликован пользователем Катаева Марина Абдул-Азизовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Удалить материалВаша скидка на курсы
40%Курс профессиональной переподготовки
500/1000 ч.
Курс повышения квалификации
36 ч. — 144 ч.
Курс повышения квалификации
72/144/180 ч.
Курс повышения квалификации
36 ч. — 144 ч.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.