Инфоурок Другое Другие методич. материалыПрезентация по родной (чеченской) литературе на тему "1адат" С,С,Бадуев

Презентация по родной (чеченской) литературе на тему "1адат" С,С,Бадуев

Скачать материал

Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу дегIахь волу иза къамелана башха тIера вацара. Къамелдеш волчунна тамана наггахь дош алар, вела къажар бен, ша дукха лен хууш а, я и дезаш а вацара. Амма иза доккха похIма долуш, башхачу корматаллин стаг вара. Шен халкъан ирсехьа, и ирс сирла а, дуьззина а хилийтарехьа дIахьочу къийсамехь кIадо йоцуш а, майра а вара"



Шен кхоллараллин корматалла халкъан хьашташна дIаеллачу яздархочун дахар дуьнен чуьра иза дIаваларца кхачалуш дац. Цуьнан исбаьхьаллин дош, шен маьIнийн керла агIонаш гучу а йохуш, халкъа юкъахь деха. Ишттачарах ву нохчийн литературин бухбиллархо Бадуев СаьIид-Салихь.

Бадуев СаьIид-Салихь прозаик, драматург, поэт, нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо, вина 1903 шеран 28 августехь Соьлжа-ГIалахь. Яздархочун да Бадуев Сулейман Хьалха-МартантIера схьабевллачу совдегарех хилла. Яздархочун да Бадуев Сулейман, цуьнан вежарий, да Бода-Хьаьжа, шайн даккхий хьелаш а долуш, шайн доьналлица, хьуьнаршца Нохчийчохь а, гонахарчу мехкашкахь а цIеяххана бевзаш нах хилла. БадуевгIар Нохчийчоьнан а, Российн а юкъараллин-политически хьелаш девзаш, юкъараллин дахарехь дакъалоцуш хилла. Оьрсийн-японски тIом (1904-1905 шераш.) болабелча, оцу тIаме вахна Бадуев Сулейман. Цигахь йина чевнаш юха меттахъевлла, 1914 шарахь кхелхина иза. СаьIидан нана Укаева Зайбат Йоккхачу-АтагIара хилла. КIентан бералла дIадахна Соьлжа-гIалахь а, Хьалха-МартантIехь а, Йоккхачу-АтагIахь а. Дуккха а гергара нах бара БадуевгIеран Хьалха-МартантIехь. Хинволчу яздархочун деда, денана, пхиъ деваша вара кхузахь вехаш. Шен дехой болчу Хьалха-МартантIе а, ненахой бехачу Йоккхачу-АтагIа а кест-кестта воьдуш а, еххачу хенахь Iаш а хиллачу кIанта хазахеташ ладийгIина юьртахоша исбаьхьа олучу иллешка, дуьйцучу туьйранашка, ширчу хабаршка, мехкарийн эшаршка. Халкъан исбаьхьаллин дешан марзо беран хенахь евзина цунна, барта кхолларалла гуттаренна а езаелла. Соьлжа-гIаларчу реальни училище деша дIавелла СаьIид-Салихь шен дас. Ойла тIеяххийтина, лерина доьшу цо. Шен накъосташна юккъехь кIеда-мерза волуш а, дешарна тIера хиларца а билгалваьлла иза. Къаьсттина дукха езна Бадуев СаьIидана исбаьхьаллин литература. ТIевирззина Iамийна цо оьрсийн классически литература, лерина ешна В.А. Жуковскийн, А.С. Пушкинан, М.Ю. Лермонтовн, Л.Н. Толстойн, А.П. Чеховн, А.М. Горькийн произведенеш. Хинволчу яздархочунна Iаламат пайдехьа хила нохчийн халкъан барта кхоллараллица цхьаьна сийлахь-йоккха оьрсийн литература, культура йовзар.

ЦIеххьана бохам беана БадуевгIеран доьзале. Оьрсийн-японски тIамехь йина чевнаш юхаметтахъевлла, 1914 шарахь Петроградехь кхелхина доьзалан да Сулейман. ЦIа а веана, Хьалха-МартантIехь дIавоьллина иза. ВорхI бераца йисина нана, СаьIид-Салихьан уггаре жимаха йолу йиша Маки да дIаваьллачул тIаьхьа дуьнен чу яьлла. Хала дара байлахь бисинчу доьзална. Дукха хан ялале материальни халонаш хааелира. Паччахьан заманахь муьлхха а дешар санна, Соьлжа-гIаларчу реальни училищехь а дешар мехах дара. Шен хеннахь мах дIабалаза бисча, дешарх юкъахвоккхура. Алссамчу берашца йисинчу нанна хала хилла доьзал кхаба. Доьшуш болчу СаьIид-Салихьна а, цуьнан вежаршна а тIера мах бала таро йоцуш меттигаш а йогIуш хиллачух тера ду. Шен ма-хуьллу дешар чекхдаккха гIиртина СаьIид-Салихь, амма гIуллакх ца хилла. 1915-1916 дешаран шеран IV четвертехь дешарх юкъахваьккхина иза. Реальни училищехь 1916 шеран 25 майхь дIаехьначу педагогически кхеташонан протокол тIехь дешарна тIера мах дIацабаларна ("за невзнос платы за учение") Бадуев СаьIид дIаваккхаран хьокъехь сацам бу.



Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Презентация по родной (чеченской) литературе на тему "1адат" С,С,Бадуев"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

SMM-менеджер

Получите профессию

Менеджер по туризму

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 661 912 материалов в базе

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 04.11.2018 1516
    • DOCX 16.8 кбайт
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Исмаилова Айзан Умаровна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Исмаилова Айзан Умаровна
    Исмаилова Айзан Умаровна
    • На сайте: 5 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 0
    • Всего просмотров: 1606
    • Всего материалов: 1

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Бухгалтер

Бухгалтер

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 22 человека из 16 регионов

Курс профессиональной переподготовки

Организация деятельности библиотекаря в профессиональном образовании

Библиотекарь

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 282 человека из 66 регионов
  • Этот курс уже прошли 849 человек

Курс профессиональной переподготовки

Руководство электронной службой архивов, библиотек и информационно-библиотечных центров

Начальник отдела (заведующий отделом) архива

600 ч.

9840 руб. 5600 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 25 человек

Курс повышения квалификации

Специалист в области охраны труда

72/180 ч.

от 1750 руб. от 1050 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 33 человека из 20 регионов
  • Этот курс уже прошли 153 человека

Мини-курс

Современные инструменты инвестирования и управления затратами

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Творческие возможности в мире фотографии и медиа

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 416 человек из 71 региона
  • Этот курс уже прошли 47 человек

Мини-курс

Инновационные технологии для бизнеса

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе