Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Русский язык и литература / Презентации / Презентация урока по чеченской литературе на тему"Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь" (11 класс)

Презентация урока по чеченской литературе на тему"Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь" (11 класс)


До 7 декабря продлён приём заявок на
Международный конкурс "Мириады открытий"
(конкурс сразу по 24 предметам за один оргвзнос)

  • Русский язык и литература
Гуьмса к1оштан «Г1оьрдала-Юьртарчу дехийлан юккъера юкъарадешаран ишкол»
Гуьмсан к1оштан Г1оьрдала-Юьртарчу юккъерчу юкъарадешаран ишколан нохчийн ме...
Диллина хьехарсахьт Нохчийн литература ««Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман...
Хьехарсахьстан план Хьехарсахьтан коьчал: ««Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къ...
Хьехарсахьтан некъ: 1. Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор: Маршалла хаттар Журнал...
5. Хьехарсахьтан жам1 дар: Фронтальни хаттарш: 1.Стенах лаьцна дийцира вай х...
Урок д1аяхьар: 1.Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор: 2.Ц1ахь бина болх таллар: Хь....
Д. - Ночийн литературехь хьакъйоллу меттиг д1алоцуш ву поэт Дикаев Мохьмад ....
Дикаев Мохьмадан поэзин коьрта теманаш Даймохк, халкъан маршо, ц1ена безам,...
Хь.- Нохчийн а, оьрсийн а г1арабевллачу поэташа муха т1еийцира Дикаевн кхолл...
  Хь. -Ткъа х1инца вай хьалхарчу урокехь йийцаре йинчу «Стеган ц1е» стихотво...
«Ма леха эрна аш К1антана йоккха ц1е, Пхийттара валийта Вайн керла юьртахо,...
Хь. Пхийттара валийта х1унда аьлла воккхачу стага, х1ун маь1на ду оцу дешний...
доьхка
шаьлта
Хь.- Ткъа хьан дуьйцур дара, стеган пхийтта шо кхачарца доьзна х1ун г1иллакх...
Хь. Кхин х1ун болх бара шуна ц1ахь кхочушбан белла? Д.-Дикаев Мохьмадан шайн...
Ткъа х1инца ладуг1ур ду вай «Сан Даймохк» ц1е йолчу иллига Нанас берахь дуьй...
Х1ора йог1у кхане Хьоьца йоккхур бохуш, Винчу махка кхача Ас сатийсинера. Са...
3.Керла тема йовзийтар: Хь.- Тахана вай йийцаре йийр ю Дикаев Мохьмадан мог1...
«Суна лаьа» Дикаев Мохьмад Цхьацца волчо къайлах олу Жимчу дагна лууш дерг,...
Верта санна, нехан бала Белш т1е тесна, баккха ког, Салти санна, орцахвала,...
Хь. -Х1инца алийша , муьлхачу мог1аршкахь го вайна авторан лаам?! Д.-Верта с...
Хь.- Кхин? Д.-Ц1енчу лаьттах ямартлонца цхьа а топ ца кхетийта, вог1учу мост...
 Г1ап – ч1аг1о- «крепость»
 «къо»+ «нах»-нехан къо (к1ант), халкъан к1ант
4.Т1еч1аг1дар: Хь.-Вайна ма-гарра, Дикаев Мохьмадан кхолларалла йоьзна ю яхь...
Хь.- -Муьлха иллеш девза вайна нохчийн къонахойх лаьцна? «Адин Сурхох», «Тай...
ХарачоЙн Зеламха
 Александр Чеченский
Уггаре хала х1ума х1ун ду аьлла, шега хаьттича, «Уггар а хала х1ума къонах х...
Нохчо ву со Дикаев Мохьмад Нохчо ву со, нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина...
Нохчо ву со, маршо къуьйсуш, Даймахкаца тоба дина, Цунна ямарт, осал хеттарг...
Хь.-Стенах дозалла до Дикаев Мохьмада шен стихотворенехь? Д.- «Нохчо ву со...
Нохчо ву со, нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина, Ц1оькъа-лоьмо шен маьхьар...
Хь.- Стенца дусту авторо х1окху стихотворенехь «нохчо-къонахчун» васт? Д.-На...
 Берзан сурт
Хь.- Вай стенна т1екхио г1ерта Дикаев ? Д.- Лаьттахь нуьцкъала орамаш а хецн...
Сулейманов Ахьмад
«Шуьнехь дош» «Къонаха мила ву? И меллалц веха?»- Хоьттура соьга ахь шуьнехь...
«Къонах» боху кхетам 1аламат мехала бу т1екхуьу т1аьхье оьзда, хьекъале хьал...
 Тхан юьртан дозалла Нухажиев Нурди Садиевич
Предмет исследования условия, способствующие развитию исследовательской деяте...
1 из 61

Описание презентации по отдельным слайдам:

№ слайда 1 Гуьмса к1оштан «Г1оьрдала-Юьртарчу дехийлан юккъера юкъарадешаран ишкол»
Описание слайда:

Гуьмса к1оштан «Г1оьрдала-Юьртарчу дехийлан юккъера юкъарадешаран ишкол»

№ слайда 2 Гуьмсан к1оштан Г1оьрдала-Юьртарчу юккъерчу юкъарадешаран ишколан нохчийн ме
Описание слайда:

Гуьмсан к1оштан Г1оьрдала-Юьртарчу юккъерчу юкъарадешаран ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо Аюбова Райман Хасайновна

№ слайда 3 Диллина хьехарсахьт Нохчийн литература ««Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман
Описание слайда:

Диллина хьехарсахьт Нохчийн литература ««Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш. Цуьнан поэтически хат1. «Суна лаьа» стихотворени.»

№ слайда 4
Описание слайда:

№ слайда 5
Описание слайда:

№ слайда 6
Описание слайда:

№ слайда 7
Описание слайда:

№ слайда 8 Хьехарсахьстан план Хьехарсахьтан коьчал: ««Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къ
Описание слайда:

Хьехарсахьстан план Хьехарсахьтан коьчал: ««Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш. Цуьнан поэтически хат1. «Суна лаьа» стихотворени.»   Хьехарсахьтан 1алашо: 1.Дикаев Мохьмадан поэтически говзарш т1ехь къоман яхь, оьздангалла, гайтаран башхаллаш къастор. 2.Берийн доьзна къамел кхиор. 3. Даймахке а, шеен халкъе а болу безам к1аргбар. Хьехарсахьтан г1ирсаш: Книга, поэтан сурт.

№ слайда 9 Хьехарсахьтан некъ: 1. Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор: Маршалла хаттар Журнал
Описание слайда:

Хьехарсахьтан некъ: 1. Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор: Маршалла хаттар Журнал кхочушдар Керла коьчал йовзийтар. Гайтаман г1ирсаш кечбар.   2. Ц1ахь бина болх таллар: Дикаев Мохьмадан дахарх а, кхолларалех а долу хаарш таллар. «Стеган ц1е» стихотворени йийцаре яр. 3. Керла тема йовзийтар: « Суна лаьа» стихотворенин чулацам бовзийтар. Стихотворени ешар. « Суна лаьа» стихотворенин анализ яр. 4.Т1еч1аг1дар: 2-3 дешархочо схьабуьйцу стихотворенин чулацам. Шайна дагах кхетта меттигаш схьаюьйцу. Х1унда хийтира шуна иштта?

№ слайда 10 5. Хьехарсахьтан жам1 дар: Фронтальни хаттарш: 1.Стенах лаьцна дийцира вай х
Описание слайда:

5. Хьехарсахьтан жам1 дар: Фронтальни хаттарш: 1.Стенах лаьцна дийцира вай х1окху хьехарсахьтехь? 2.Яхь, къоман оьздангалла муха го вайна Дикаевн произведенешкахь? 3. «Къонах» бохучу дешан маь1нех муха кхета вай? 6.Ц1ахь бан болх балар: Литература 11 класс,516 аг1о. Дикаев Мохьмадан кхоллараллех лаьцна реферат язъяр.

№ слайда 11 Урок д1аяхьар: 1.Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор: 2.Ц1ахь бина болх таллар: Хь.
Описание слайда:

Урок д1аяхьар: 1.Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор: 2.Ц1ахь бина болх таллар: Хь. -Де дика хуьлда шун, бераш! Д. -Диканца дукха ехийла!. Хь. -Тахана вай д1ахьур ю ненан меттан литературан урок. Х1окху урокехь вай йийцаре йийр ю Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш. Къастор ду цуьнан поэтически хат1. Иштта йийцаре йийр ю «Суна лаьа» ц1е йолу стихотворени. Хьан эр дара, стенах лаьцна дийцира вай д1аяханчу урокехь? Д. -Вай д1аяханчу урокехь дийцира Дикаев Мохьмад Джунаидовичан дахарх а, кхоллараллех лаьцна а, цуьнан «Стеган ц1е» стихотворенех лаьцна а. Хь. -Нийса ду. Хьан дуьйцур дара вайна Дикаев Мохьмадан кхоллараллех лаьцна?

№ слайда 12 Д. - Ночийн литературехь хьакъйоллу меттиг д1алоцуш ву поэт Дикаев Мохьмад .
Описание слайда:

Д. - Ночийн литературехь хьакъйоллу меттиг д1алоцуш ву поэт Дикаев Мохьмад . Иза вина Бердак1ел ц1е йолчу юьртахь 1941-чу шарахь. Нохчийн халкъ шайн махках доккхучу хенахь кхо шо а кхачаза волу Мохьмад винчу лаьттах къастийна. Генарчу Казахстанан аренашкахь д1аяхна цуьнан бералла. Вайнах Даймахка ц1абирзинчул т1аьхьа цо доьшу цкъа хьалха ишколехь, т1аккха Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Иза кхиамца чекх а йоккхий, аспирантуре деша а воьдий, ша дешначу институтехь хьехархочун болх бо Дикаев Мохьмада.Кхузткъалг1ачу шерашкахь билгалволу иза поэт санна. Дикаев Мохьмад нохчийн халкъ ц1адерзочу, деллачуьра денлучу, меттах1уттучу муьрехь ц1еяьккхина поэт вара. Зорбанехь арайолу цуьнан поэзин кхоъ книга: «Нохчочун х1усам» (1965), «Догу сан дог»(1967), «Деган мерзаш»(1971). Дикаев Мохьмада поэзехь яьхна г1улчаш гинарг а, уьш декъалйинарг а вара нохчийн сийлахь яздархо Мамакаев Мохьмад. Шен аз а, шен хат1 а хиларца билгала вараДикаев Мохьмад. Цуьнан поэзии гергара яра нохчийн халкъан эшаршна. Иза ларамаза а дацара,х1унда аьлча, къоман эшарш д1аязъеш а, уьш толлуш а вара Мохьмад. Хаддаза, нохчийн эшарех лаьцна язбина 1илманан болх а бу цуьнан.

№ слайда 13 Дикаев Мохьмадан поэзин коьрта теманаш Даймохк, халкъан маршо, ц1ена безам,
Описание слайда:

Дикаев Мохьмадан поэзин коьрта теманаш Даймохк, халкъан маршо, ц1ена безам, 1алам яра. Мохьмадан да Жунид Нохчийчохь дика вевзаш пондарча хилла. Цуьнан мукъамашший, ненан узамашший бу поэтан даг чу Даймехкан васт диллинарг. Ша оццул сатийсинчу хьомечу Даймахках, шена дезачу нохчийн халкъах, нене болчу безамах дайн г1иллакхех, ламастех лаьцна дуйцура цо шен стихашкахь. Дикаев Мохьмадан стихех, х1ораннах а аьлча санна, халкъо олуш долу иллеш хуьлу. Дикаевн поэзехь къеггина гуш нохчолла яра. Цо дукха дуьйцу шен произведенешкахь «нохчий» боху дош, дукха хаало цуьнан поэзехь къомах дозаллаш дар. Синойн парг1ато йихкина зама уггар ч1ог1а ч1аг1ъелча цо язйо «Нохчо ву со» боху стихотворени. Лаккхара мах хадийна цуьнан кхоллараллин –иза ву Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан совг1атан лауреат. …Амма хеназа кхеттачу цамгаро шен дахаран ткъе ткъаессналг1ачу шарахь(эзар исс б1е кхузткъе уьссалг1ачу шеран ткъе уссалг1ачу октябрехь)вайна юкъара д1ахьо мерзачу, аьхначу, дарбанечу дешан говзанча поэт Дикаев Мохьмад.

№ слайда 14 Хь.- Нохчийн а, оьрсийн а г1арабевллачу поэташа муха т1еийцира Дикаевн кхолл
Описание слайда:

Хь.- Нохчийн а, оьрсийн а г1арабевллачу поэташа муха т1еийцира Дикаевн кхолларалла? Д.-Поэтан ша-тайпа пох1ма, цо нохчийн литературе еана керла хьу, шайх пайда эцна суртх1отторан керла басарш, язйинчу произведенийн исбаьхьалла, дешан говзалла,маь1нин к1орге…билгалдоккхуш,цуьнан ц1арах довха дешнаш яздина г1арабевллачу поэташа Твардовский Александра,Тихонов Николайс,Мамакаев Мохьмада а.(…) Хь.-Ткъа халкъо муха т1еийцира башхачу поэтан байташ? Д.-Халкъо езаш, даггара къобалъеш йоцчу байташ т1ехь иллеш ца кхуллу, ткъа Дикаев Мохьмадан байтех дукхахъерш, мукъаме а йирзина, иллеш хилла д1ах1иттаро ша-шаха хадабо халкъо цуьнан поэзи т1еэцаран мах.Ткъа вайн дахаран къилба хила гуттар нохчийн халкъалахь даха дисина башломах шовда санна, цуьнан хьаналчу дагах схьадевлла,г1айракхан т1улг санна дуьненчохь ч1аг1делла, къонаха-нохчочун г1ар хьостуш дека дешнаш «Сан Даймохк» ц1е йолчу стихотворенехь.

№ слайда 15   Хь. -Ткъа х1инца вай хьалхарчу урокехь йийцаре йинчу «Стеган ц1е» стихотво
Описание слайда:

  Хь. -Ткъа х1инца вай хьалхарчу урокехь йийцаре йинчу «Стеган ц1е» стихотворенех лаьцна х1ун эр дара аша? Д.- «Стеган ц1е» стихотворенехь дуьйцу, к1ант вина , сакъоьруш 1ачохь ц1е тиллар т1ехь накъостийн бевллачу къовсамех лаьцна а, воккхачу стага шен хьекъалечу дашца царна юкъахь бинчу бартах лаьцна а. Хь.-Х1ун къовсамаш бара уьш, муха бира воккхачу стага царна юкъахь барт? Д.-Ша-ша тиллина ц1е дика хеташ, дуьненчоь мел хилла дика к1ант дагалоьцуш, къонахчун ц1е къастош уьш бохкучу хенахь, воккхачу стага элира:

№ слайда 16 «Ма леха эрна аш К1антана йоккха ц1е, Пхийттара валийта Вайн керла юьртахо,
Описание слайда:

«Ма леха эрна аш К1антана йоккха ц1е, Пхийттара валийта Вайн керла юьртахо, Цхьангге а ца хоьттуш, Халкъо ц1е туьллур ю, Махкана цо дечу Г1уллакхе хьаьжжина».

№ слайда 17 Хь. Пхийттара валийта х1унда аьлла воккхачу стага, х1ун маь1на ду оцу дешний
Описание слайда:

Хь. Пхийттара валийта х1унда аьлла воккхачу стага, х1ун маь1на ду оцу дешнийн? Д.-Беран пхийтта шо кхаьчча, цуьнан бералла д1айолу, иза баккхийчеран дарже волу, воккхачуьн долу декхарш т1е а оьций. Цо шен юкъ йоьхку.Уггаре а дезаниг а, жоьпаллениг а:пхийтта шо кхаьчначул т1аьхьа цо шен дашах а,лелочух а жоп дала деза Далла хьалха а. Пхийтта шо кхаччалц дай-наний дара шайн доьзалхочух жоп дала дезаш. Цул т1аьхьа стаг ша ву шен дахарх жоп дала дезаш верг. Хь.-«Цо шен юкъ йоьхку» бохург х1ун ду? Цунах муха кхета шу? Д.-«Юкъ йоьхку» бохург-юкъах доьхка а доьхкуш,баккхийчеран юкъаралле схьаэцар ду.Юкъ ехкарца цунна т1едужу стеган декхарш: Дикане-воне вахар, баккхийчарца пхьоьхане х1оттар,салам далар, схьаэцар , хьеше маршала хаттар. Салти санна, мичча хенахь а шен доьзалан а, халкъан г1уллакхана д1ах1отта кийча хилар ду иза.

№ слайда 18 доьхка
Описание слайда:

доьхка

№ слайда 19 шаьлта
Описание слайда:

шаьлта

№ слайда 20 Хь.- Ткъа хьан дуьйцур дара, стеган пхийтта шо кхачарца доьзна х1ун г1иллакх
Описание слайда:

Хь.- Ткъа хьан дуьйцур дара, стеган пхийтта шо кхачарца доьзна х1ун г1иллакх ду вайнехан доьзалшкахь лелош? Д.-Доьзалхочун пхийтта шо кхачар а,цунна далла хьалха шен долу декхарш а, баккхийчеран дукъ т1едожар а хоуьйтуш, уьстаг1а а боьй, саг1а доккхуш г1иллакх ду вайнехан цхьаболчу доьзалшкахь. Иза дика г1иллакх а ду, х1унда аьлча ша воккха хиллийла иштта д1а ца аьлча , ца хууш,шен бераллех къаста ца туьгуш, баккхийчеран декхарш(дикане-воне вахар,салам далар,хьеше маршала хаттар…) т1е ца оьцуш, стаг ткъе итт шаре волуш меттиг а нисло дела.

№ слайда 21 Хь. Кхин х1ун болх бара шуна ц1ахь кхочушбан белла? Д.-Дикаев Мохьмадан шайн
Описание слайда:

Хь. Кхин х1ун болх бара шуна ц1ахь кхочушбан белла? Д.-Дикаев Мохьмадан шайна хазахета илли 1амор. Хь.-1амийний аш? Муьлханиг? Д.- Дикаев Мохьмадан «Сан Даймохк» ц1е йолу илли. Хь.- Х1инца и илли хозуьйтур ду-кх аша вайна.

№ слайда 22 Ткъа х1инца ладуг1ур ду вай «Сан Даймохк» ц1е йолчу иллига Нанас берахь дуьй
Описание слайда:

Ткъа х1инца ладуг1ур ду вай «Сан Даймохк» ц1е йолчу иллига Нанас берахь дуьйна Суна хьо марздина, Хьоьга дагардуьйцуш Хийла ойла йина. Сан дай баьхна Латта, Сан ирс долу Даймохк, Ахь кхиийна, ахь стаг вина , Со новкъавелира. Хьуна гена ваьлча, Херехь зама яьлча, Даго лоькху зурма Суна хьо хетара. Сан дай баьхна Латта, Сан ирс долу Даймохк, Малх бицбина, Нур къагийна, Суна хьо лепара.

№ слайда 23 Х1ора йог1у кхане Хьоьца йоккхур бохуш, Винчу махка кхача Ас сатийсинера. Са
Описание слайда:

Х1ора йог1у кхане Хьоьца йоккхур бохуш, Винчу махка кхача Ас сатийсинера. Сан дай баьхна Латта, Сан ирс долу Даймохк, Хьох къаьстина, Дог диллина, 1алург цахиллера. Нанас берахь дуьйна Суна хьо марздина, Хьоьга дагара дуьйцуш Хийла ойла йина. Сан дай баьхна латта, Сан ирс долу Даймохк, Ахь кхиийна, ахь стаг вина , Вог1ург декъалхилла.

№ слайда 24 3.Керла тема йовзийтар: Хь.- Тахана вай йийцаре йийр ю Дикаев Мохьмадан мог1
Описание слайда:

3.Керла тема йовзийтар: Хь.- Тахана вай йийцаре йийр ю Дикаев Мохьмадан мог1арера «Суна лаьа» ц1е йолу стихотворени. Шен ерриге а кхоллараллехь а санна х1окху стихотворени т1ехь авторо шера гойту къонахчун аг1онаш: цо гойту шена «Къонах» хила лаар.

№ слайда 25 «Суна лаьа» Дикаев Мохьмад Цхьацца волчо къайлах олу Жимчу дагна лууш дерг,
Описание слайда:

«Суна лаьа» Дикаев Мохьмад Цхьацца волчо къайлах олу Жимчу дагна лууш дерг, Суна-м лаьа, нехан дола Долийла сайн къайлах дерг. Со винчунна дика хаьа Суна хилла там а, цатам а, Къона велахь а суна лаьа Сихха бовза дешан чам;

№ слайда 26 Верта санна, нехан бала Белш т1е тесна, баккха ког, Салти санна, орцахвала,
Описание слайда:

Верта санна, нехан бала Белш т1е тесна, баккха ког, Салти санна, орцахвала, Жимчу беран эца дог; Т1амна дуьхьал куьйгаш лаьцна, Мостаг1 вохош, хилла г1ап, Ц1енчу лаьттах ямартлонца Ца кхетийта цхьа а топ, Букар дарцо хьийзош вахар, Шелах эшарш лекхалуш, Суна лаьа, дорцехь вага, Халонашна къар ца луш.

№ слайда 27 Хь. -Х1инца алийша , муьлхачу мог1аршкахь го вайна авторан лаам?! Д.-Верта с
Описание слайда:

Хь. -Х1инца алийша , муьлхачу мог1аршкахь го вайна авторан лаам?! Д.-Верта санна нехан бала белш т1е а тесна, ког баккха лаар(….); Хь.- И бохург х1ун ду? Муха кхета шу оцу дешнех? Д.-Верта –иза вайнехан белшаш т1ехь сецош долу духар ду, Верта санна нехан бала белш т1е а тесна, ког баккха лаар бохург, нехан бохамана юьстах ца лаьтташ, и бала шена беъча санна нахана т1ера д1аайарехьа г1улч яккха лаар ду. Хь.- Кхин х1ун го вайна цу т1ехь? Д.-Салти санна, орцахвала лаар(…); Хь.- Цунах муха кхета шу? Д.- Салти- иза цхьана билгалйинчу ханна Даймохк ларбан дуй а биъна д1ах1оьттина г1арол ву, мичча хенахь а ша кхайкхича орцахвалар шен декхар а долуш,иштта ша декхар волуш санна , доггаха орцахвала лаар гойту автора. Хь.- Кхин хьан эр дара? Д.- Жимчу беран дог эцар(…); Хь.- Х1ун боху оцу дешнаша? Д.-Дуненчохь уггар хьалха беран догъоьцург НАНА ю, «жимчу беран дог эца лаар» т1ехь ненан шен доьзалхочуьнга болчу боккхачу безамца халкъан догъэца шена лаар гойту Дикаевс.

№ слайда 28 Хь.- Кхин? Д.-Ц1енчу лаьттах ямартлонца цхьа а топ ца кхетийта, вог1учу мост
Описание слайда:

Хь.- Кхин? Д.-Ц1енчу лаьттах ямартлонца цхьа а топ ца кхетийта, вог1учу мостаг1чунна г1ап хилла дуьхьалх1оттар(…); Хь.- Оцу дешнех муха кхета вай? Г1ап бохучу дашах муха кхета шу? Д.- Г1ап- иза т1амна дуьхьал еш йолу ч1аг1о ю, оьрсех аьлча «крепость» ю иза. Бехказлонна а доцуш , иштта ч1аг1о а хила Даймахкана а, шен халкъана а ямартлонца вог1учу мостаг1чунна и эшо дуьхьалх1отта лаар гойту цо. Хь.- Кхин дуй Дикаевна ала лууш х1ума? Д.- Шелах эшарш лекхалуш, букар дарцо хьийзош вахар(…); халонашна къар ца луш, дорцехь вага лаар(…). Хь.- Муха кхета шу оцу дешнех? Д.- Х1окху 1аламан суьртаца юстуш ерш дахаран халонаш ю, ткъа дахарехь уьш дуккха а нисло. Мел дукха халонаш т1е1иттаяларх йохьах, оьздангаллех, г1иллакхах, майраллех, доьналлех ца вухуш чекхвала лаар гойту цо.

№ слайда 29  Г1ап – ч1аг1о- «крепость»
Описание слайда:

Г1ап – ч1аг1о- «крепость»

№ слайда 30  «къо»+ «нах»-нехан къо (к1ант), халкъан к1ант
Описание слайда:

«къо»+ «нах»-нехан къо (к1ант), халкъан к1ант

№ слайда 31 4.Т1еч1аг1дар: Хь.-Вайна ма-гарра, Дикаев Мохьмадан кхолларалла йоьзна ю яхь
Описание слайда:

4.Т1еч1аг1дар: Хь.-Вайна ма-гарра, Дикаев Мохьмадан кхолларалла йоьзна ю яхь, оьздангалла,г1иллакх, къонахалла, майралла , доьналла бохучу дешнех. Уьш дерриге а чулоцу цуьнан произведенешкахь «Къонах» бохучу дашо. Ткъа мила ву-те и «Къонах»? Нохчийн къоман «Къонах»?! Вайн къоман оьздангаллехь угаре а лакхара дарж долу стаг-къонах ву. «Къонах» боху дош шина декъах лаьтта: «къо»+ «нах»-нехан къо (к1ант), халкъан к1ант бохург ду иза. «Къонах» хила лаар –х1ора нохчочунна даима ша т1екхача г1ерташ йолу уггаре а лекха 1алашо хилла. «Къонах» ву алар угаре а деза совг1ат хила нохчочунна.И ц1е стеган г1уллакхашка, г1иллакхашка хьаьжжина , ша-шах нахалахь йоьдуш хила, иштта ша-шах южуш а хила,стагера цхьа ледарло яьлча. «Къонах» боху кхетам гуттар а цхьана хьолехь х1оьттина лаьттина бац. Зама хийцаяларца хийцабелла цуьнан чулацам а. «Къонах» аьлла ц1е яханчунна юкъараллера я нахера хуьлуш цхьа а пайда а ца хилла Церан декхарш а, церан адамашна хьалхара жоьпалла а алсамдолуш хилла. Бакъду, къонахчун сий даьржаш хилла, цунах лаьцна иллеш а, дийцарш а кхуллуш а хилла халкъо.

№ слайда 32 Хь.- -Муьлха иллеш девза вайна нохчийн къонахойх лаьцна? «Адин Сурхох», «Тай
Описание слайда:

Хь.- -Муьлха иллеш девза вайна нохчийн къонахойх лаьцна? «Адин Сурхох», «Таймин Биболатах », «Эвтархойн Ахьмадах», «Нурадилов Ханпашех», «Шерипов Асланбеках»,» «Мадин Жаьммирзех» «Харачойн Зеламхех» …

№ слайда 33
Описание слайда:

№ слайда 34
Описание слайда:

№ слайда 35
Описание слайда:

№ слайда 36 ХарачоЙн Зеламха
Описание слайда:

ХарачоЙн Зеламха

№ слайда 37  Александр Чеченский
Описание слайда:

Александр Чеченский

№ слайда 38
Описание слайда:

№ слайда 39 Уггаре хала х1ума х1ун ду аьлла, шега хаьттича, «Уггар а хала х1ума къонах х
Описание слайда:

Уггаре хала х1ума х1ун ду аьлла, шега хаьттича, «Уггар а хала х1ума къонах хилар ду», – аьлла боху Шемалан наиб хиллачу 1успанан Са1дуллас. Цул а хала х1ун ду аьлла хаьттича, цо жоп делла: «Цул хала, къонах а хилла, чекхвалар ду». Изза Сулейманов Ахьмада а олуш хилла, бакъду, жимма кхин тайпана ду и дешнаш: «Уггар хала нохчо хила ду, цул а хала нохчо хилла вахар а, чекхвалар а ду». - Оцу дешнех муха кхета шу? Х1ун ала г1ерташ хила теша Сулейманов Ахьмад оцу дешнашца? Д.- Кхузахь «нохчо» бохург «къонах» бохучу дешан маь1нехь далийна ду, х1унда аьлча, къомах нохчий а болуш, хийла атта бехаш нах а болу дела а, хилла дела а; муьлхха а нохчо хила хала дац, «нохчо-къонах» хила хала ду. Иштта маь1на лелош ду Дикаев Мохьмадан «Нохчо ву со» ц1е йолчу стихотворенехь «нохчо» боху дош. Хь.-Хьан юьйцур яра аша «Нохчо ву со» ц1е йолу стихотворении?  

№ слайда 40 Нохчо ву со Дикаев Мохьмад Нохчо ву со, нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина
Описание слайда:

Нохчо ву со Дикаев Мохьмад Нохчо ву со, нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина, Ц1оькъа-лоьмо шен маьхьарца вижинчуьра г1аттавина, Нанас иллин накха белла, илли ала векалвина, Нохчийн маттах, нохчийн махках берахь дуьйна дозалдина. Нохчо ву со, Лермонтовна т1еман к1уьрлахь хийла гина, Топ кхетарна цунна кхоьруш, сайн Даймехкан сий лардина, Сайн хьешана мерза кхача, деган йовхо ца кхоийна, Мостаг1чунна, бекхам боцуш, цхьа а зулам ца дитина.

№ слайда 41 Нохчо ву со, маршо къуьйсуш, Даймахкаца тоба дина, Цунна ямарт, осал хеттарг
Описание слайда:

Нохчо ву со, маршо къуьйсуш, Даймахкаца тоба дина, Цунна ямарт, осал хеттарг, къа ца хеташ, сайх хервина, Сайн ден дакьа, ц1е-к1ур доцуш, ца дисийта, юкъ йихкина, 1азап хьоьгу лай хуьлучул, летта вала резахилла. Нохчо ву со, кху дуьнен чохь са лаьттачу ирсе кхочуш, Барттий, безам, яххьий, тешам байна, цкъа а вехар воцуш! Нохчо ву со, цхьаьна а къоман къонахчуьнца гамо йоцуш. Махках ваьлла, халкъах хаьдда, декъалхила амал доцуш!  

№ слайда 42 Хь.-Стенах дозалла до Дикаев Мохьмада шен стихотворенехь? Д.- «Нохчо ву со
Описание слайда:

Хь.-Стенах дозалла до Дикаев Мохьмада шен стихотворенехь? Д.- «Нохчо ву со» ц1е йолчу стихотворенин чулацамехь вайна уггаре а хьалха билгалдолу автора шен махках, шен маттах ,шен къоман г1иллакхех дозалла дар, цуьнан оьздачу ламастийн масалшнца т1е а дузуш: хьаша-да лерар, лулахошца тарвалар, цхьана а къомаца хьаг1 ца хилар:

№ слайда 43 Нохчо ву со, нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина, Ц1оькъа-лоьмо шен маьхьар
Описание слайда:

Нохчо ву со, нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина, Ц1оькъа-лоьмо шен маьхьарца вижинчуьра г1аттавина, Нанас иллин накха белла, илли ала векалвина, Нохчийн маттах, нохчийн махках берахь дуьйна дозалдина.

№ слайда 44 Хь.- Стенца дусту авторо х1окху стихотворенехь «нохчо-къонахчун» васт? Д.-На
Описание слайда:

Хь.- Стенца дусту авторо х1окху стихотворенехь «нохчо-къонахчун» васт? Д.-Нагахь кхечу къаьмнийн кхетамехь Борз къиза, дера экха делахь, нохчийн нехан исторехь б1еннаш шераш хьалха дуьйна иза шен маршоне, шен парг1атоне болчу халкъан къийсаман я бакъонан, нийсонан символ ю. Цундела «Борз» санна бохург вайн кхетамехь майра, каде, т1ах-аьлла я хьуьнаре ву алар хуьлу. Нохчийн ширчу легендо дуьйцу: « Дала ша шен малике т1аьххьар а х1ара дуьне д1ашардан зурман чу «х1уп» алийтича, дуьхьал а йирзина лаьтта цхьа Борз йоцург, я лаьмнаш а , я хьаннаш а ,… са чохь х1ума а доцуш, экъа санна шарлур ду боху дуьне. Малико, шегахьа дирзина, шен зурман чу шозлаг1а «х1уп» аьлча, т1ера ц1ока д1аяьхьна, дилха дерзина даьлла , юха а лаьтташ хир ю боху Борз. Эццахь, ша-шега хьаьжна, ша-шех цецъяьлла, эр ду, бах, Барзо: «Я раббана, х1ай сан Дела, ма майра а, ма ницкъ болуш а кхоьллина хилла ахьа со. Дуьненахь йоккхучу хенахь х1ара болх сайна хиънехь, цхана а ямартчу дег1е парг1ат садоккхуьйтур ма дацара аса ». Т1аккха Малико шен зурман чу кхозлаг1а «х1уп» аьлча бен д1айовр яц, бах Дала ша мел кхоьллинчу экханел майра а, ницкъ а, доьналла а долуш кхоьллина Борз,,,»

№ слайда 45  Берзан сурт
Описание слайда:

Берзан сурт

№ слайда 46
Описание слайда:

№ слайда 47
Описание слайда:

№ слайда 48
Описание слайда:

№ слайда 49 Хь.- Вай стенна т1екхио г1ерта Дикаев ? Д.- Лаьттахь нуьцкъала орамаш а хецн
Описание слайда:

Хь.- Вай стенна т1екхио г1ерта Дикаев ? Д.- Лаьттахь нуьцкъала орамаш а хецна, мехкан хьал дебо, маьрша т1ехьенаш кхио, бакъоне заздаккхийта веана ша бохург ду Дикаевн «Борз ехкинчу буса вина» алар. Къиза, дера экха ду бохург дац. Иза гойту х1окху дешнаша: Сайн хьешана меза кхача, деган йовхо ца кхоийна.   Хь.- «Къонах» боху ц1е шен д1а муха яхана дуьйцуш, Таймин Биболата аьлла боху: «Уггар хьалха зудчо лерира ша, т1аккха доьзало лерира ша, доьзало лоруш гича, лулахоша лерира ша, юьрто а лерира, махко а лерира». Иза букха къонах хила луучунна чолхе боцу бустам. Дуьххара хьаьжча хетахь а, иштта атта дац оцу хоршахула шен 1алашоне кхача. Кхузахь доккха хьекъал ду: мел даккхий хьуьнарш гайтарх, хьо хьайн доьзалан хила ма-веззара да вацахь, хьо хьайн лулахочуьнца ж1аьлица цициг санна велахь, хьуна халкъо «къонах» эр дац. Къонахчо гайтинчу даккхийчу хьуьнаршца нийсса мах болуш а, нахалахь даьржаш а хилла цуьнгара даьлла хаза г1иллакх а, цо аьлла хьекъале дош а. «Къонах» боху кхетам гуттар а цхьана хьолехь х1оьттина лаьттина бац. Зама хийцаяларца хийцабелла цуьнан чулацам а. Иза дика го нохчийн халкъан турпалаллин иллеш доьшуш. Къонахчун сибат достуш, тайп-тайпана говзарш кхоьллина нохчийн яздархоша, поэташа. Хетарехь, царах тоьлларг Сулейманов Ахьмада язйина «Шуьнехь дош» ц1е йолу стихотворении ю.

№ слайда 50 Сулейманов Ахьмад
Описание слайда:

Сулейманов Ахьмад

№ слайда 51 «Шуьнехь дош» «Къонаха мила ву? И меллалц веха?»- Хоьттура соьга ахь шуьнехь
Описание слайда:

«Шуьнехь дош» «Къонаха мила ву? И меллалц веха?»- Хоьттура соьга ахь шуьнехь 1аш вай. Дерриг а дуьне ду къонахчун меха! Х1ара дуьне-м къонахийн белшаш т1ехь дай. Ламанца дин лелац , ца хилча ленаш, Уьш кхачаделлачохь соцуш бу дин… Иштта бу къонахий, х1ар дуьне латтош, Къонахий д1абевлча-духур ду и… …Терзан т1е ца дуьллу цо деший,даьхний, Халонехь хадочехь хьуьнаран мах. Ахдуьне мах болу шен корта буьллу, Вайн маршо ларъечохь саг1а до шех. Къонахийн собар ду лекха лам баккхал, Собар ду сов доккха , кхача ца луш! Къонахийн и собар кхачийча-м, боккъал, Х1ар маьлхан вайн дуьне духур ду!

№ слайда 52 «Къонах» боху кхетам 1аламат мехала бу т1екхуьу т1аьхье оьзда, хьекъале хьал
Описание слайда:

«Къонах» боху кхетам 1аламат мехала бу т1екхуьу т1аьхье оьзда, хьекъале хьалакхиорехь. Иза х1ора беран, жимчу стеган дагчохь хила а деза. Х1ора нохчо, ша дуьненахь мел веха, кхийда а веза «къонах» ц1е йолчу сийлахьчу лакхене. 5.Урокан жам1 дар: Хь.- Стенах лаьцна дийцира вай х1окху урокехь? Д.- Вай х1окху урокехь дийцира Дикаев Мохьмадан поэзехь къоман яхь, оьздангалла, доьналла, майралла ,къонахалла къасторан ша-тайпачу башхаллех лаьцна. Хь.- Муьлха произведенеш яра вай цуьнан йийцаре йинарш ? Д.- «Стеган ц1е», «Нохчо ву со», «Суна лаьа», «Сан Даймохк» ц1ерш йолу стихотворенеш.. Хь.- «Стеган ц1е» ц1ер йолчу стихотворенехь мичхьа го вайна авторан 1алашо? Д.- Цуьнан г1иллакхашка а, г1уллакхашка а хьаьжжина халкъо ша туьллур ю к1антана ц1е бохучу дешнашца. Хь.- «Нохчо ву со» стихотворени т1ехь муха го вайна авторан 1алашо? Д.- Нохчо ву со,цхьаьна а къоман къонахчуьнца гамо йоцуш. Махках ваьлла, халкъах хаьдда,декъалхила амал доцуш! Хь.- «Суна лаьа» стихотворени т1ехь муха го вайна авторан 1алашо? Д.- Суна лаьа, дорцехь вага, Халонашна къар ца луш. Хь.- «Сан Даймохк» стихотворени т1ехь муха го вайна авторан 1алашо? Д.- Хьуна гена ваьлча, Херехь зама яьлча, Даго лоькху зурма Суна хьо хетара…6.Ц1ахь бан болх балар: Хь.- 516 аг1о. Муьлхха а цхьана къонахчух лаьцна сочинени язъяр.

№ слайда 53  Тхан юьртан дозалла Нухажиев Нурди Садиевич
Описание слайда:

Тхан юьртан дозалла Нухажиев Нурди Садиевич

№ слайда 54
Описание слайда:

№ слайда 55
Описание слайда:

№ слайда 56
Описание слайда:

№ слайда 57
Описание слайда:

№ слайда 58 Предмет исследования условия, способствующие развитию исследовательской деяте
Описание слайда:

Предмет исследования условия, способствующие развитию исследовательской деятельности учащихся в сельской школе.

№ слайда 59
Описание слайда:

№ слайда 60
Описание слайда:

№ слайда 61
Описание слайда:


57 вебинаров для учителей на разные темы
ПЕРЕЙТИ к бесплатному просмотру
(заказ свидетельства о просмотре - только до 11 декабря)

Автор
Дата добавления 28.11.2015
Раздел Русский язык и литература
Подраздел Презентации
Просмотров714
Номер материала ДВ-205066
Получить свидетельство о публикации
Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх