Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Русский язык и литература / Рабочие программы / Программы и КТП по чеченскому языку и литературе 8 кл

Программы и КТП по чеченскому языку и литературе 8 кл

  • Русский язык и литература

Название документа chech_lit_8 прогр 2016.doc

Поделитесь материалом с коллегами:

Кхеторан кехат

Документан бух

8-г1а классан литературина лерина долу х1ара документ кхоьллина юкъарадешаран а, коьртаюкъарадешаран а пачхьалкхан программин буха т1ехь. Программо предметан чулацам схьа а боьллу, бовза а бовзуьйту, билгалбоккху. Белхан программо, литература 1аморан 1алашонца цхьаьна а дог1уш, дешархой кхиоран, кхеторан, 1аморан а юкъара некъаш довзуьйту.


Документан д1ах1оттам


Литературин белхан программа дийна цхьа документ ду, цу юкъадог1у:

кхеторан кехат;

дешаран-тематикин план;

дешархойн хаарийн т1ег1а;

дешаран методикин болх кхочушбан оьшу г1ирсаш билгалбахар.


Дешаран предметан юкъара характеристика


Лаккхара ийман а долуш, эстетикин мах хадо а хууш, г1иллакх-оьздангаллех массо а аг1ор адам кхиорехьдоккха маь1на ду исбаьхьаллин литература. Дешаран хьукматехь литература хьехар кхочушдо искусствон дахарца з1е тасарца, кеп а, чулацам а вовшех буозарца, историна, ламасташца, керла юкъадалорашна т1е а тийжаш,историн-культурин хаамех пайдаоьцуш, литературин теорин а, историн а коьрта кхетамаш 1амош, исбаьхьаллин произведенеш талла а,церан мах хадо а хаарш луш, литературин метан исбаьхьаллин г1ирсаш караберзош а.

Дешаран хьукматехь литература хьехаран 1алашо-дешан искусство, классически а, кхечу халкъийн а литературийн хьал довзийтар; литературан социокультурин цхьана декъах сана кхетамбалар.Литература 1аморан бух-исбаьхьаллин говзарш ешар а, 1амор; историн-культурин а хиламийн а, дешан говзанчийн биографеш а йовзийтар.

Литературин говзарийн эстетикин мах хадо, царех кхета дешархой 1амор.

Дукха хенахь дуьйна исбаьхьаллин аг1ор дерриге халкъо классически аг1ор къобалйина, мехкан а, дуьненан а литературин хазна хилла д1ах1иттина исбаьхьаллин говзарш 1аморехь бен кхочушъялур яц литературин 1алашонаш. Цу т1е а доьг1на, школехь литература 1аморан 1алашо ю лаккхара исбаьхьаллин кхачам болу, дахаран бакъдерг гойту, юкъара синмехаллаш йовзуьйтуш, адамашкахь лекхара синъоьздангаллин синхаамаш кхуллуш йолу дуьненахь тоьлла йолу дешан культурин исбаьхьаллин говзарш дешархошн а йовзийтар.


8 – чу классехь нохчийн литература к1иранах 2 сохьтехь хьеха лерина ю программа.


Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш:


- барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

-тайп-тайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар карадерзор;

- билгалбинчу барамехь яцйина (план, юха схьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

- тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар;

-шена хаарш лаха а, карадерзо а хаар; тайп-тайпанчу хаамийн хьостанашца, Интернетан гIирсашца а цхьаьна, болх бан а, справочни литературех а пайда эца хаар;

- билгалйинчу темина коьчал схьахаржа а, иза цхьана къепе ерзо а хаар; таллам бан а, цхьаъ вукхуьнца юста а, схьагайта а, жамIаш дан а, юкъара маьIна даккха а, шена хетарг тIечIагIдеш, делил дало а хаар.

- оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайда эца хаар;

- ша дечу къамелан терго яран хаарш карадерзор;

- меттан башхаллех пайда эца хаар (нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературин урокашкахь).


Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза предметни жамIаш:


-базови кхетамаш караберзор: мотт а, къамел а, барта а, йозанан а къамел, диалог, монолог, къамел даран хьелаш, литературни меттан норманаш, текст,;

- юкъаметтигаш а, хьелаш а тидаме а оьцуш, шен къамелехь нийса меттан дакъойх пайда эцар;

-нохчийн литературни меттан норманаш а, къамелан оьздангалла а евзаш хилар а, барта а, йозанан а аларех шен къамелехь пайда эца хаар;

-тайп-тайпанчу лингвистически а, ткъа иштта шинаметтан а словарех пайда эца хаар;

-тайп-тайпанчу жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ юкъарчу чулацамах кхеташ еша хаар: исбаьхьаллин (стихаш, эшарш, дийцарш, романийн, повестийн дакъош), дешаран-Iилманан (учебникаш, хрестоматеш тIера тексташ), Iилманан-гIараевлла (шуьйра девзаш долчу журналаш тIера статьяш), публицистически (хроника, информационни хаам, комментари), гIуллакхан (анкеташ, тоьшаллаш и дI. кх. а);

- лергана хазарехь юккъерчу барамехь ( хьехархочун, телевиденин, радион дикторан къамел) бовзуьйтучу хаамах кхетар;

-юкъаметтигаш дIакхехьаран тайп-тайпана хьелаш тидаме а оьцуш, массо кепара жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ кхоллар; къамел долоран юьхь шегахь а йолуш, Iер-дахаран, дешаран, социокультурни теманашна гIиллакхехь диалогаш дIаяхьа хаар;

-хаамийн хьостанах санна пайда эцарца текстаца болх бан а, текстан массо кепара анализ ян а, текстан хаамийн коьрта кепаш плане, тезисе, конспекте а юха кечъян хаар;

- текстан дакъош нохчийн маттера оьрсийн матте гочдар.




Белхан программин чулацам

68 сахьт

Чулацам

Сахьт

Исбаьхьаллин литература – дешан искусство

1

Искусствон тайпанаш а, литература а.

1

Арсанукаев Ш. "Тимуран тур"; Тимур лам чохь.

4

Авалиани Л. "Хьаькхна буц".

2

Бадуев С. "Олдам"

2

Мамакаев М. "Лаьмнийн дийцар".

2

Музаев Н. «Накъосташка».

1

Ахмадов М. «Мохкбегийча»

4

Бисултанов А. "Дег1аста".

1

Сулейманов А. «Дахаран генаш», «Дог дохден ц1е»

4

Хасбулатов Я. "Къоьзана".

2

Эдилов Х-М. "Сий делахь, Латта".

1

Супаев Руслан "Нохчийн халкъ".

1

Яшуркаев С. "Маьрк1аж - боданна т1ехь к1айн хьоькх"

4

Анзорова Б. "Нохчийчоь - сан маьрша ага".

1

Саидов Б. "Вина юрт"

4

Сулаев М. "Пхьарматан б1аьрхиш"

2

Поэмин жанран башхаллаш къастор

1

Дадашев 1. "Дайна бер". Нохчийн шира 1адат.

4

Шайхиев 1алвади "Безаман декхар.

2

Хамидоа 1-Хь. "Д1а-коч, схьа-коч".

2

Нунуев С-Хь. "Лазийна шовда". Илес базанийн хьуьнах.

2

Классал арахьара дешар

6

Къамел кхиорна

9+5

Литературан теоран хаарш карладахарна

2

Жам1 дар

68














8-г1а класс чекхъяьккхинчарна хаа дезарг


Литература 1амийначу дешархочунна хаа деза:

-1амийначу произведенийн авторш, ц1ерш,ц1ерийн маь1на, произведенийн чулацам, турпалхой, хиламийнуьйр;

-халкъан, литературан туьйранашна юккъехь йолу башхаллаш;

-исбаьхьаллин произведенехь монолог,д иалог , дустар, эпитет къасто;

- дагахь 1амийна произведении къастош еша.


Дешархошна 1емина хила деза:


говзар т1ера исбаьхьаллин суьрташ шайн ойланехь юха схьах1итто;

произведении т1ера эпизодаш схьакъастор, церан хенан йохаллин а, бахьанийн а уьйраш гайтар;

-дустарш, эпитеташ текстехь гучу а йохуш ,царех кхетамбалар;

исбаьхьаллин говзар къастош еша;

-хьехархочо т1едилларца турпалхочун васт х1оттор.



Название документа chech_yaz_8 прогр 2016.doc

Поделитесь материалом с коллегами:

ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна. Ненан мотт хааро дешархошна г1о до гонахарчу дуьнене болу кхетам а, цунах лаьцна долу хаарш шордан а, боккхачу кхиамца оьрсийн а, кхин долу меттанаш а, дешаран предметаш а 1аморехь ненан маттехь г1ортор каро а.

Хьехархо декхарийлахь ву нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна йовзийта а, берашкахь ненан матте безам кхио а, халкъийн доттаг1аллин ойланехь дешархой кхетош-кхиор. Школехь ненан мотт хьехар меттан 1илманан буха т1ехь д1ахьош хила деза.

Дешаран предмет Iаморан жамIаш


Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочуьнгахь нохчийн маттехула хила деза хаарш:

- нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар; нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар;

- вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайда эца кийча хилар; къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

- шен къоман а, РФ-цехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара культура а йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар.


Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш:


- барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

-тайп-тайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар карадерзор;

- билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

- тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар;

-шенна хаарш лаха а, карадерзо а хаар; тайп-тайпанчу хаамийн хьостанашца, ШГГI а, Интернетан гIирсашца а цхьаьна, болх бан а, справочни литературех а пайда эца хаар;

- билгалйинчу темина коьчал схьахаржа а, иза цхьана къепе ерзо а хаар; таллам бан а, цхьаъ вукхуьнца юста а, схьагайта а, жамIаш дан а, юкъара маьIна даккха а, шена хетарг тIечIагIдеш, делил дало а хаар.

- оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайда эца хаар;

- ша дечу къамелан терго яран хаарш карадерзор;

- меттан башхаллех пайда эца хаар (нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературин урокашкахь).


Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза предметни жамIаш:


-базови кхетамаш караберзор: мотт а, къамел а, барта а, йозанан а къамел, диалог, монолог, къамел даран хьелаш, литературни меттан норманаш, текст, меттан система: фонетика, орфоэпи, лексика, фразеологи, дешан хIоттам, дошкхоллар, морфологи, синтаксис, орфографи, пунктуаци;

-нохчийнметтан коьрта меженаш а, церан билгалонаш а евзаш хилар, дешан, дешнийн цхьаьнакхетарийн, предложенийн тайп-тайпана таллам бан хаар;

- юкъаметтигаш а, хьелаш а тидаме а оьцуш, шен къамелехь нийса меттан дакъойх пайда эцар;

- нохчийн меттан фонетически, лексически системийн, грамматически дIахIоттаман коьрта башхаллаш евзаш хилар;

-нохчийн литературни меттан норманаш а, къамелан оьздангалла а евзаш хилар а, барта а, йозанан а аларех шен къамелехь пайда эца хаар;

-тайп-тайпанчу лингвистически а, ткъа иштта шинаметтан а словарех пайда эца хаар;

-тайп-тайпанчу жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ юкъарчу чулацамах кхеташ еша хаар: исбаьхьаллин (стихаш, эшарш, дийцарш, романийн, повестийн дакъош), дешаран-Iилманан (учебникаш, хрестоматеш тIера тексташ), Iилманан-гIараевлла (шуьйра девзаш долчу журналаш тIера статьяш), публицистически (хроника, информационни хаам, комментари), гIуллакхан (анкеташ, тоьшаллаш и дI. кх. а);

- лергана хазарехь юккъерчу барамехь ( хьехархочун, телевиденин, радион дикторан къамел) бовзуьйтучу хаамах кхетар;

-юкъаметтигаш дIакхехьаран тайп-тайпана хьелаш тидаме а оьцуш, массо кепара жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ кхоллар; къамел долоран юьхь шегахь а йолуш, Iер-дахаран, дешаран, социокультурни теманашна гIиллакхехь диалогаш дIаяхьа хаар;

-хаамийн хьостанах санна пайда эцарца текстаца болх бан а, текстан массо кепара анализ ян а, текстан хаамийн коьрта кепаш плане, тезисе, конспекте а юхакечъян хаар;

- текстан дакъош нохчийн маттера оьрсийн матте гочдар.


Чулацаман коьрта дакъош


Нохчийн мотт Iаморан декъехула программин чулацаман коьрта башхаллаш билгалйина коммуникативни, меттан, лингвистически, культуроведчески кхиарехь хаарш, шардарш карадерзорца доьзна. Герггарчу хьесапехь йолчу программин дIахIоттаман бухе диллинарг чулацаман и кхо дакъа ду:

- коммуникативни хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам;

-меттан а, лингвистически а хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам;

-культуроведчески хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам.

Коммуникативни декъехула долчу хаарша шайна чулоцу массо а кепара къамелдаран а, барта а йозанан къамелан культурин баххаш карадирзина хилар; тайп-тайпанчу дахаран хьелашкахь а, шен нийсархошца (5-7, 8-9 классийн дешархой) вовшех кхеташ, психологически башхаллаш, зеделларг, дуьйцучуьнга шовкъ хилар а тидаме а оьцуш, тайп-тайпанчу муьрашкахь тIекаре ян а, къамел дан кийча а, хьуьнаре а хилар.

Меттан а, лингвистически а декъехула долчу хаарша шайна чулоцу юкъараллин хиламехь маьIне долу хIума санна маттаца доьзна хаарш карадерзор; цуьнан дIахIоттам а, кхиар а, цо ден гIуллакх а дика девзаш хилар; нохчийн литературни мотт а, оьшуш болу дешнийн барам а, къамелан грамматически дIахIоттам а карабирзина хилар; меттан хиламаш а, бакъдерш а мах хадо хаарца талла хааран хьуьнар карадерзор; тайп-тайпанчу лингвистически словарех пайда эца хаар.

Культуроведчески декъехула долчу хаарша шайна чулоцу къоман культурин кеп санна мотт тIелаца безарх а, халкъан истори а, мотт а вовшех бозабелла а, нохчийн мот къоман-культурин башхалла а хиларх кхетар; гIиллакхехь, норманаш ларъеш, нохчийн маттахь къамел дан а, кхечу къаьмнийн векалшца оьзда юкъаметтигаш лело а хаар.

Программа мотт Iаморан керлачу методически некъех пайда эцаран буха тIе тевжаш ю: кхетаман-коммуникативни, гIуллакхдаран.

5-9 классашкахь нохчийн мотт караберзоран принципаш хIорш ю.

Коммуникативни принципо билгалйо мотт Iаморан Iалашо-

коммуникативни кепара охIла волуш кхиор. И Iалашо кхочушъяро шена чулоцу массо а кепара, тайпана къамелдар кхиор. Коммуникативность бохург иза дешаран гIуллакх къамелан хьажамна тIеберзийна дIахIоттор ду, ма-хуьллу и гIуллакх Iер-дахарехь нислучу хьелашца тардеш, юкъаметтигаш лелор царна герга яло хьажарца. Юкъаметтигаш дIакхехьа а, тIекаре яр а оьшуш хиларна тIе воьхуш хила беза и болх. Юкъаметтигаш лелаяр, тIекаре ян Iамар – хIара ду коьртаниг коммуникативность бохучун духехь.

Кхетаман принципе диллича, меттан коьчал тIеоьцу органически а, цхьана системехь а вовшахтоьхна, шена тIехь дешархойн къамелдаран шардарш, карадерзораш кхиош йолу дешаран коьчал санна. Кхетам болуш меттан хиламаш, бакъдерш, бакъонаш караерзоре хьовсу нохчийн мотт шера караберзор ца хилча ца торуш долчу хьоле санна. Коммуникативни а, кхетаман а декъехула йолчу принципаша билгалйо кхетаман-коммуникативни тIегIойла нохчийн мотт Iаморехь а, караберзорехь а.

Вай йийцинчу принципел совнаха, нохчийн мотт Iаморо билгалдо дешархой нохчийн къоман культуре кхачор, кхечу къаьмнийн культурашца уьйр тасарца диалог дIаяхьар а: дозаделла къамел кхиор а, кхоччуш мотт караберзор а; оьрсийн а, нохчийн а меттанаш Iаморца доьзначу хаарех ший а мотт караберзош пайда эцар, цара вовшийн бен тIеIаткъам мелла а жимбан хьажар; Iамор хууш долчунна тIетевжаш а, тIаьхьало хинйолчу кепара а дIадахьар.

Хьалхара чулацаман дакъа лаьтта хIокху дакъойх: «Къамел», «Текст», «Къамел дарехула долу гIуллакх».

ШолгIа чулацаман дакъа лаьтта хIокху дакъойх: «Нохчийн маттах болу юкъара хаамаш», «Фонетика. Графика. Орфоэпи», «Дешан хIоттам а, дошкхолладалар а», «Лексика а, фразеологи а», «Морфологи», «Синтаксис», «Орфографи а, пунктуаци а».

КхоалгIа чулацаман дакъа хIокху декъаца билгалдина «Нохчийн культура маттехь а, къамелехь а».

Дакъойн чулацам ша-ша къаьстина бовзуьйту, амма къамел кхиор доьзна ду хIора дакъа Iаморца а, меттан ерриге а системин хIора темица а. ХIора дакъа шина блоках лаьтташ ду: хьалхара (терахь I) теманаш а, царах болу теоретически хаамаш бу белла, шолгIа (терахь 2) хьалхарчу пунктехь цIерш яьхна теманаш караерзоран хьокъехь кхочушден дешаран коьрта гIуллакхаш ду довзуьйтуш.

Программмехь доцца гайтина:

1.5 классехь программо маттах лаьцна лучу хьалхарчу урокехь дала деза х1ара хаарш: матто адамийн уьйран а, юкъаметтиган а г1улккх кхочушдеш хилар,цуьнан юкъараллин дахарехь доккха маь1на хилар.

2. Предложенин меженаш юьйцучохь кхачаме хир ду: подлежащи ц1ерниг,дийриг дожаршкахь хилар довзийтар.Сказуеми цхьалхениг йовзийтар ,кхачамех, къастамах,латтамах,церан тайпанаш,ца къестош,юкъара кхетам балар.

3.V. классехь «Дошкхоллар а, орфографи а» бохучу декъехь орам, дешхьалхе, суффиксехь

хаттаран куцдош вовшах къасто 1амор.

1. 8 классехь, синтаксисехь подлежащий 1амор, деакепарчу хандешнийн синтаксически билгало йовзийтар.

2.Хаттаран ц1ерметдош, хаттаран куцдош вовшах къасто 1амор.

Белхан программин чулацам (68 сахьт)

Чулацам

Сахьт

Талламан болх

Къамел кхиоран белхаш

Нохчийн мотт халкъийн вежараллин меттанех цхьаъ бу.

1



5-7 классашкахь 1амийнарг карладаккхар

5

1

1

Дешнийн цхьаьнакхетар а, предложени а

8

1

1

Предложенин коьрта меженаш

9


1

Предложенин коьртаза меженаш

15

1

2

Цхьалхечу предложенийн кепаш

8

1


Предложенин цхьанатайпанара меженаш

6

1


Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

4


1

Предложенин шакъаьстина меженаш

4


1

Ма-дарра а, лач а къамел

3



8-чу классехь 1амийнарг карладаккхар.

5

1


Жам1 дар

68

6

7



КОЬРТА ХААРШ

8 класс чекхйолуш дешархойн хила деза х1ара хаарш:

Дешнийн цхьанакхетарш, цхьалхе цхьанах1оттаман, шинах1оттаман предложенеш синтаксически таллар. Тайп-тайпанчу талларех пайдаэцар.

Шинах1оттаман, цхьанах1оттаман а цхьалхе предложенеш х1иттор, цхьанатайпанарчу а, шакъаьстинчу а меженашций, юкъадалочу дешнашций, предложенешций. Т1едерзаршций чолхеяьхна цхьале предложенеш х1иттор.

Цхьанатайпанарчу а, шакъаьстинчу а меженашций, юкъадалочу дешнашций, предложенешций, т1едерзаршций айдардешнашций йолчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш. Грамматикан хаттарийн талламан болх кхочушбан хаар.. Х1оттам боцчохь подлежащиний, сказуеминий юккъе тире йилар.

5-8 классашкахь 1амийна орфограммаш, пунктограммаш юкъайог1у предложенеш, дешнаш нийсаяздан а, довзийта а хаар. Орфограммаш талла ца лучу дешнийн нийсаяздар. Сочинени а, изложени язъян хаар.



Название документа КТП чеч яз 8 КЛ 2016.docx

Поделитесь материалом с коллегами:



КАЛЕНДАРНО-ТЕМАТИЧЕСКОЕ ПЛАНИРОВАНИЕ

по __________чеченскому языку__________________________________________ (предмет)

для 8 «А, Б, В»

(класс)

учитель: Исакова Бирлант Наврдиновна

(Ф.И.О.педагога)

Квалификационная категория: _ высшая

  1. Составлена на основании: Примерной программы основного общего образования "Чеченский язык» 5-9 классы.

(название программы с указанием автора и сборника, года издания).

Учебник : _ чеченский язык



Количество часов в неделю ________________2______________________________________ количество часов в год _________________68______________________________________

Выполнение образовательных программ



Кол-во контр.работ. самостоятельных, лабораторных,

Практических.

Количество часов

Кол-во контр.работ. самостоятельных, лабораторных,

Практических.

Количество часов

Кол-во контр.работ. самостоятельных, лабораторных,

Практических.

По плану

фактически

По плану

фактически

По плану

фактически

По плану

фактически

По плану

фактически

По плану

фактически

32


6


36


7


68


13



Раг1

Урокан тема





Маса сахьт

Кхочушдан лору жам1аш

Ц1ахь

Урок д1ахьо хан

Предметни

Метапредметни

планаца

билггал

1 чийрик (18 с)

1.

Ненан мотт–дахаран хазна

1

Нохчийн мотт хьал долуш хилар хаийтар.

Х1итнцалера нохчийн литература муха кхоллаелла хаийтар.

1алашоне хьаьжжина дешаран т1едиллар кхочушдар, ша шен болх таллар

Ш. 2, дагахь

05.09


5-7-ЧУ КЛАССАШКАХЬ 1АМИЙНАРГ КАРЛАДАККХАР (5 сахьт)

2.

Дешан чаккхенга н яздар

1

Дешан чаккхнгахь н элп яздар.


Деллачу хаттаре хьаьжжина барта дала жоп кечдар

Ш. 5

07.09


3.

Орфографи

1

Дешнийн нийсаяздаран бакъонаш 1амор.

Керла хаамаш лаха а, гулдан а, тобанашкахь болх бан а хаар,

Ш.7

12.09

19.09

4.

Ц1ердешан а, билгалдешан а, хандешан а, куцдешан а синтаксически г1уллакх

1

Ц1ердош,билгалдош,хандош,куцдош а карладаккхар а церан синтаксически г1уллакх довзийтар а.1амийнарг т1еч1аг1дар.


Юьззина, кхеташ шен ойла гайта хаар, меттан грамматически, синтаксически норманашка хьаьжжина

Хаттарш.

14.09

21.09

5.

Дешт1аьхьенаш а, церан дешнашца нийсаязъяр а

1

Дешхьалхенаш а,дешт1аьхьенаш а дешнашца нийсаяздар

Вовшийн белхаш таллар, шена хетарг алар

Ш.8



6

Талламан болх

1

1амийнарг таллар


Ш.10



Дешнийн цхьаьнакхетар а, предложении а (8 сахьт)

7

Дешнийн цхьаьнакхетарш а, церан тайпанаш а.


1

Дешнийн цхьаьнакхетарш стенах олу хаийтар, церан тайпанаш довзийтар

Шена хетарг, шеен позиции кепе ялор, хаттарш далар.

Ш. 12



8

Предложенехь дешнийн уьйр: цхьанакхетаран а, карара а.

1

Предложенин дешнийн уьйр йовзийтар.


Тайп-тайпанчу хьежамаш тидаме эцар, цхьана къахьегарехь вовшийн уьйр хилийтар

Пар. 3, ш.13



9

Изложени

1

Къамел кхиоран болх


Ш.16



10

Цхьанакхетаран, карара уьйр.


Уьйраш къасто 1амор

Хаамех нийса кхетар а, д1акхачор а.

Ш.17



11

Карарчу уьйран кепаш. Бартбар.

1

Бартбар стенах олу,цо стенан уьйр гойту.


Вовшийн белхаш таллар, щена хетарг схьаала хаар.

Ш.18



12

Урхалла

1

Урхалла стенах олу хаийтар.

Хьаьркийн-символийн г1ирс 1аморан объектийн, процессийн кепаш кхолларехь хаамаш схьагайта а, 1аморан а, практически а хьесапаш кхочушдарехь чхемаш а лелор.

Ш,18



13

Т1етовжар

1

Т1етовжаран билгалонаш йовзийтар.Т1етовжар предложенехь бартбар,урхаллехь къасто хаар.

Оьшург т1е а тухуш плана т1ехь хийцамаш бар.

Карладаккхарна хаттарш



14

Талламан болх

1

1амийнарг таллар

Болх мел нийса бина хьажар, нисдан дезарг нисдар.

Бакъонаш карлаяха



Предложенин коьрта меженаш (9 сахьт)

15

Предложенин коьрта меженаш. Г1алаташ т1/б.

1

Т1етовжаран билгалонаш йовзийтар.Т1етовжар предложенехь бартбар,урхаллехь къасто хаар.

Шен чулацаме а, метан д1ах1оттаме а хьаьжжина къамелан мах хадор.

Меженаш карлаяха.


17.10

16

Подлежащин хилар


2

Коьртачу меженан долу хаарш т1еч1аг1дар.

Цхьаьна г1уллакхдарехь дан дезачух а, х1ораммо лаца дезачу декъах бартбар хаар.

§ 5, Ш.20



17

§ 5, Ш.22



18


Хандешан цхьалхе сказуеми

1

Хандешан цхъалхе сказуеми кхечу предложенин меженех кьасто 1амор.

Къамел нийсадар, предложенещ нийса х1иттор, жоьпийн текст хьекъале х1оттор.

§ 6, Ш.23


24.10

§ 6, Ш.24


26.10

2 чийрик (14 сахьт)

19

Ц1еран х1оттаман сказуеми

1

Ц1еран х1оттаман сказуеми муьлхачу къамелан декъах хуьлу хаийтар.

Монологехь а, диалогехь а ша дечу къамелан терго яр, меттан грамм.синт. норманаш ларъеш

§7, ш.26



20

Сочинени

1

Къамел кхиор


§ карлаяха



21

Подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуеминий юккъехь тире.

1

Подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуеминий юкъахь тире хааран бакъонаш йовзийтар.

Дозуш къамел кхиор.


Монологехь а, диалогехь а ша дечу къамелан терго яр, меттан грамм.синт. норманаш ларъеш

§8, ш.28



22

Хандешан х1оттаман сказуеми

1

Хандешан х1оттаман сказуеми муха кхолладелла хаийтар.

Шен кхетам гайтар, хуург билгалдаккхар

§9, ш.29



Предложенин коьртаза меженаш (15 сахьт)

23

Предложенин коьртаза меженаш.

1

Дозуш долу къамел кхиор

Цхьаьна дечу г1уллакхехь къамелан з1е хилар шен нийсархош-ца а, баккхийчаьрца а

§10, 34



24

 Лач кхачам.

1

Лач кхачамех 1амийнарг карладаккхар а,

т1еч1аг1дар а.

§10, 36



25

Къастам (берта а, бертаза а).

1

Коьртаза меженах 1амийнарг карладаккхар.

Къастам предложенехь схьакъасто хаийтар

Цхьаьна дечу г1уллакхехь къамелан з1е хилар шен нийсархош-ца а, баккхийчаьрца а

§11, ш.40



26

Къастам (берта а, бертаза а).

1

§11, ш.43



27

Юххедиллар.

1

Коьртаза а,коьрта а меженаш карлаяхар.

Шен чулацаме а, метан д1ах1оттаме а хьаьжжина къамелан мах хадор.

§12, ш.45



28

Латтамаш. Даран суьртан латтам

1

Муьлхачу къамелан декъах хуьлу латтамаш хаийтар.

Барта а, йозанан кепехь а шен я гондахьа болчеран г1уллакхан нийса мах хадор, таллар; оьшучохь г1алат нисдар

§13,ш.50



29

Талламан болх

1

бахьанин латтаман кхетам балар.

Предложенехь бахьанин латтам схьакъасто хаар.





30

Бараман латтамаш.

1

Бараман латтаман кхетам балар. Предложенехь бараман латтам схьакъасто хаар.


Цхьаьна дечу г1уллакхехь къамелан з1е хилар шен нийсархош-ца а, баккхийчаьрца а

§14, ш.52



31

Меттиган латтам.

1

Меттиганлаттаман кхетам балар.

Тобанашкахь я шишшама цхьаьна кхочушдечу г1уллакхехь цхьа барт хилар

§15, ш.54



32

Хенан латам.

1

Хенан латтаман кхетам балар.

Предложенехь хенан латтам схьакъасто хаар.

§16, ш.56



3 чийрик (20 сахьт)

33

Бахьанин латтам

1

Бахьанин латтаман кхетам балар. Предложенехь бахьанин латтам схьакъасто хаар.


Тобанашкахь я шишшама цхьаьна кхочушдечу г1уллакхехь цхьа барт хилар

Бакъонаш карлаяха



34

Сочинени


1

Къамел кхиор

Лехаман тайп-тайпанчу некъех пайдаэцар

§17. , ш.59



35

1алашонан латтам

1

1алашонан латтаман кхетам балар.

Барта а, йозанан кепехь а шен я гондахьа болчеран г1уллакхан нийса мах хадор, таллар; оьшучохь г1алат нисдар

§18, ш.61



36

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш.

1

Бехкаман, дуьхьалара латтамаш

§19, ш.65



37

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш.

1

Бехкаман, дуьхьалара латтамаш

§19, ш.71



38

Изложени


1

Къамел кхиор

Лехаман тайп-тайпанчу некъех пайдаэцар

§17-19



Цхьалхечу предложенийн кепаш (8 сахьт)


39

Цхьанах1оттаман а, шинах1оттаман а предл.

1

Цхьанах1оттаман а, шинах1оттаман а предложенеш йовзийтар.


Дешаран учебникан т1ерачу текста т1ехь болх бар, ца кхетачух хаттар далар

§20, ш.74



40

Юьхьан а, билгала-юхьан а предложенеш.

1

Юьхьан а, билгала –юьхьан а предложенеш йовзийтар.

Лехаман тайп-тайпанчу некъех пайдаэцар (справочни хьостанашкахь а, Интернет- сетехь а), хаамаш лахьор, нисбар, маххадор

таллар, вовшахтохар,

§21, ш.76



41

Билгалза-юьхьан предложенеш.

1

Билгалза –юьхьан предложенеш йовзийтар,

Синтаксически уьш къасто хаар

Хьаьркийнсимволийн г1ирс 1аморан объектийн, процессийн кепаш кхолларехь хаамаш схьагайта а, 1аморан а.


§22, ш.77



42

Юкъара–юьхьан предложенеш.

1

Билгалза –юьхьан предложенеш йовзийтар,

Синтаксически уьш къасто хаар.

Дешаран учебникан т1ерачу текста т1ехь болх бар, ца кхетачух хаттар далар


§23, ш.80



43

Юьхьза предложенеш.

1

Юкъара–юьхьан предложенеш йовзийтар,

Синтаксически уьш къасто хаар.


Лехаман тайп-тайпанчу некъех пайдаэцар (справочни хьостанашкахь а, Интернет- сетехь а), хаамаш лахьор, нисбар, маххадор

таллар, вовшахто-хар,


§24, ш.82



44

Талламан болх

1

Къамел кхиоран болх

Хьаьркийнсимволийн г1ирс 1аморан объектийн, процессийн кепаш кхолларехь хаамаш схьагайта а, 1аморан а.


Бакъонаш



45

Ц1еран предложенеш.

1

Ц1еран предложенеш йовзийтар,

Къамел нийса дар, предложе-неш нийса х1иттор;жоьпийн текст хьекъале х1оттор


§25, ш.85



46

Юьззина а, юьззина йоцу предложенеш

1

Юьззина а, юьззина йоцу а предложенеш йовзийтар.

§26, ш.87



Предложенин цхьанатайпанара меженаш (6 сахьт)

47

Предложенин цхьанатайпанарчу меженех лаьцна юкъара кхетам.

1

Предложенин цхьанатайпанарчу меженех лаьцна юкъара кхетам балар

Дешаран учебникан т1ерачу текста т1ехь болх бар, ца кхетачух хаттар далар


§27, ш.90



48

Предложенин цхьанатайпанарчу меженашкахь хуттургаш

1

Предложенин цхьанатайпанарчу меженашкахь хуттургаш язъян хаар

Лехаман тайп-тайпанчу некъех пайдаэцар (справочни хьостанашкахь а, Интернет- сетехь а), хаамаш лахьор, нисбар, маххадор

таллар, вовшахтохар,

§28, ш. 96



49

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш.

1

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш.

Хьаьркийнсимволийн г1ирс 1аморан объектийн, процессийн кепаш кхолларехь хаамаш схьагайта а, 1аморан а.

§29, ш.100



50

Цхьанатайпанарчу

меженашца юкъара дешнаш

1

Цхьанатайпанарчу

меженашца юкъара дешнаш

1аморан дарийн хьесапдан а, талла а, мах хадо а хаарш кхоллар,

§30, ш.103



51

Талламан болх

1

Къамел киоран болх


Бакъонаш



52

Цхьанатайпанарчу

меженашца юкъара дешнаш

1

Цхьанатайпанарчу

меженашца юкъара дешнаш довзийтар

Цхьаьна дечу г1уллакхехь къамелан з1е хилар шен нийсархош-ца а, баккхийчаьрца а

§30, ш.109



4 чийрик (16 сахьт)

ПРЕДЛОЖЕНИЦА ГРАММАТИЧЕСКИ УЬЙР ЙОЦУ ДЕШНАШ(4 с.)

53

Т1едерзар

1

Т1едерзар стенах олу хаар


Хьаьркийнсимволийн г1ирс 1аморан объектийн, процессийн кепаш кхолларехь хаамаш схьагайта а, 1аморан а.

§31, ш.112



54

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а.

1

Юкъадало дешнаш предложенехь довзар.

§32, ш.116



55

Х1аъ, х1ан-х1а дешнаш-предложенеш.

1

Х1аъ, х1ан-х1а дешнаш-предложенеш йовзар

§33, ш.119



56

Изложени «Къона хьехархо»

1

Къамел кхиор

§33, ш.121



ПРЕДЛОЖЕНИН ШАКЪАЬСТИНА МЕЖЕНАШ (4 сахьт)

57

Шакъаьстина латтамаш.

1

Шакъаьстина латтамаш билгала баха хаар

Дешаран учебникан т1ерачу текста т1ехь болх бар, ца кхетачух хаттар далар


§35, ш.124



58

Шакъаьстина юххедиллар

1

Шакъаьстина юххедиллар билгала баха хаар

Лехаман тайп-тайпанчу некъех пайдаэцар (справочни хьостанашкахь а, Интернет- сетехь а), хаамаш лахьор, нисбар, маххадор

таллар, вовшахтохар,

§36,ш.128



59

Сочинени «Сан нана»

1

Кхетош кхиоран болх

Хьаьркийнсимволийн г1ирс 1аморан объектийн, процессийн кепаш кхолларехь хаамаш схьагайта а, 1аморан а.

Бакъонаш.



60

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

1

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш вов шах къасто хаар

1аморан дарийн хьесапдан а, талла а, мах хадо а хаарш кхоллар,

§37, ш.136



МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ (3 сахьт)

61

Ма-дарра къамел лач къамеле дерзор.

1

Ма-дарра къамел лач къамеле дерзо хаар

Лехаман тайп-тайпанчу некъех пайдаэцар (справочни хьостанашкахь а, Интернет- сетехь а), хаамаш лахьор, нисбар, маххадор

таллар, вовшахтохар,

§38-40, ш.138



62

Цитаташ а, церан нийсаязъяр а.

1

Цитаташ а, церан нийсаязъяран бакъонаш йовзар

Хьаьркийнсимволийн г1ирс 1аморан объектийн, процессийн кепаш кхолларехь хаамаш схьагайта а, 1аморан а.

§41, ш.140



63

Грамматически талларш.

1

Грамматически талларш довзар

1аморан дарийн хьесапдан а, талла а, мах хадо а хаарш кхоллар,

§42, ш.146



8-чу КЛАССЕХЬ 1АМИЙНАРГ КАРЛАДАККХАР. (5 сахьт)

64

Предложенин коьрта а, коьртаза а предложенеш

1

Предложенин коьрта а, коьртаза а предложенеш къасто хаар

Лехаман тайп-тайпанчу некъех пайдаэцар (справочни хьостанашкахь а, Интернет- сетехь а), хаамаш лахьор, нисбар, маххадор

таллар, вовшахтохар,

Бакъонаш, ш 150



65

Талламан болх

1

Кхетош кхиоран болх


Бакъонаш



66

Цхьалхечу предложенийн кепаш. Г1алаташ т1/б.

1

Цхьалхечу предложенийн кепаш йовзар

Хьаьркийнсимволийн г1ирс 1аморан объектийн, процессийн кепаш кхолларехь хаамаш схьагайта а, 1аморан а.

Ш.153



67

Предложенин цхьанатайпанара меженаш.

1

Предложенин цхьанатайпанара меженаш йовзар

1аморан дарийн хьесапдан а, талла а, мах хадо а хаарш кхоллар,

Ш. 161



68

Жам1 даран урок.

1



Ш.164



























Перечень учебно- методического обеспечения

Для учителя:

Преподование чеченского языка в 8 классе. / «Нохчийн меттан практикум» Эдилов С.Э. Соьлжа-Г1ала. Издательство «Арфа-Пресс» 2011. / «Нохчийн меттан синтаксисан практикум». Эдилов С.Э. Соьлжа-Г1ала. Издательство «Арфа-Пресс». 2012. / 2-е издание М. учебное пособие 5-11 кл. «Самукъане грамматика» Эдилов С.Э. / Вагапов А., Ахмадова З «Нохчийн меттан урокехь дийнатийн, ораматийн ц1ерш 1амор». Грозный – 2005./ Вагапов А. «Нохчийн меттан урокехь ц1ердешнийн легар». Соьлжа-Г1ала. 2008./ Вагапов А. «Нохчийн меттан синонимийн жайна.» Соьлжа-Г1ала. 2007. / Дидактические материалы по чеченскому языку.

Для учащихся:

1. Нохчийн мотт (Чеченксий язык), 8-чу классана учебник. – Соьлжа – Г1ала. 2011. – 208 аг1о. Янгульбаев В.А., Махмаев Ж.М.

2. Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам. З.Д.Джамалханов, И.Ю. Алироев. Грозный. 1992.

3. Берийн журнал «Стела1ад»



Название документа чеч лит 8 кл КТП 2016.docx

Поделитесь материалом с коллегами:

КАЛЕНДАРНО-ТЕМАТИЧЕСКОЕ ПЛАНИРОВАНИЕ

по __________чеченской литературе__________________________________________ (предмет)

для 8 «а,б,в»

(класс)

учитель: Исакова Бирлант Наврдиновна

(Ф.И.О.педагога)

Квалификационная категория: _ высшая

Составлена на основании: Примерной программы основного общего образования "Чеченский язык» 5-9 классы.

(название программы с указанием автора и сборника, года издания).

Учебник : _ литература



Количество часов в неделю ________________2______________________________________ количество часов в год _________________68______________________________________

Выполнение образовательных программ



Кол-во контр.работ. самостоятельных, лабораторных,

Практических.

Количество часов

Кол-во контр.работ. самостоятельных, лабораторных,

Практических.

Количество часов

Кол-во контр.работ. самостоятельных, лабораторных,

Практических.

По плану

фактически

По плану

фактически

По плану

фактически

По плану

фактически

По плану

фактически

По плану

фактически

32


3


36


6


68


9




Нохчийн литература

I-чийрик (18 с.)

Сочинени-4

Изложени-5

Изложенин барам 120-130


Урокан тема





Маса сахьт

Кхочушдан лору жам1аш



Ц1ахь

Урок д1ахьо хан

Предметни

Метапредметни

планаца

билггал

1.

Исбаьхьаллин литература – дешан искусство

1

Литература маца кхоллаелла,цуьнан х1ора искусствон х1ора тайпанаш а довзийтар.


Шен ойла кепе ялон хаар.

аг1о 3-5

05.09


2.

Искусствон тайпанаш а, литература а.

1

Литература маца кхоллаелла,цуьнан х1ора искусствон х1ора тайпанаш а довзийтар.


Хаттаршна хьекъале шена ма- хетта барта жоп далар.

аг1о 5-7

06.09


3.

Арсанукаев Ш. "Тимуран тур"; Тимур лам чохь.


1

Ш.Арсанукаевн дахаран некъ а, кхоллораллин некъ а бовзийтар.


Хьалха х1иттийначу 1алашонашка а, хьесапашка а хьаьжжина тайп-тайпанчу стилийн а, жанрийн

аг1о 6-7

12.09


4.

Бахьаган мотт.


1

Ш.Арсанукаев повестан чулацам а, коьрта турпалхой а бовзийтар

Цхьаьна г1уллакхдарехь дан дезачух а, х1ораммо лаца дезачу декъах бартбан хаар;

аг1о 9-12


13.09


5.

Айтамиран илли.


1

Ш.Арсанукаевн дахаран некъ а, кхоллораллин некъ а бовзийтар.


аг1о 12-20

19.09


6.

"Тимуран тур" Борзаб1арг.


1

Ш.Арсанукаевн дахаран некъ а, кхоллораллин некъ а бовзийтар.


Коммуникативни а, довзаран а хьесапаш кхочушдарехь къамелан г1ирсех а, хаамийн г1ирсех а,коммуникационни технологех а(кхин д1а –ИКТ) жигара пайдаэцар;


аг1о 20-22


20 09


7.

Сочинени "Тимуран тур" кечам бар.


1

Дозуш долу къамел кхиор.

Предложенеш х1итто хаа

Предложенеш вовшех нийса таса хаар.


Коммуникацин хьесапашца цхьаьнадог1уш кхеташ къамелан алар д1ах1оттор, барта а, йозанан а кепехь тексташ х1иттор;

аг1о 22-27

26 09


8


Сочинени "Тимуран тур" язъяр.


1

Дозуш долу къамел кхиор,г1алаташ нисдеш д1айазйар.

Дозуш долу къамел кхиор.

сочиненина
кечам бе


27 09


9.

Авалиани Л. "Хьаькхна буц".


1

Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар

Произведин чулацам бовзийтар

Тайп-тайпанчу хьосташкара тобанца керла материалаш схьахаржар

1ам . карлад

3 10


10.

"Хьаькхна буц." Къонахчо къонах ца вухку.


1

Произведин чулацам бовзийтар

Хьалха х1иттийначу 1алашонашка а, хьесапашка а хьаьжжина тайп-тайпанчу стилийн а, жанрийн тексташ

аг1о 28-32

4 10


11.

Бадуев С. "Олдам" Олдуман хьешан къамел.


1

Бадуев Саь1идан дахар а,кхоллараллин некъ а бовзийтар. Произведенин чулацам бовзийтар.

Коммуникативни хьесапаш кхочушдеш хаттарш далар, нийса пайда эца хаар барта къамелдаран.

аг1о 32-40

10 10


12.

Бадуеа С. "Олдам" Олдаман бохам.


1

Бадуев Саь1идан дахар а,кхоллараллин некъ а бовзийтар Произведенин чулацам бовзийтар.

Хьалха х1иттийначу 1алашонашка а, хьесапашка а хьаьжжина тайп-тайпанчу стилийн а, жанрийн тексташ

аг1о 42-47

11 10


13.



Мамакаев М. кхолларалла.


1

М.Мамакаевн дахаран а,кхоллараллин а некъ бовзийтар .


Коммуникативни хьесапаш кхочушдеш хаттарш далар, нийса пайда эца хаар барта къамелдаран.

аг1о 47-51

17 10


14.

Мамакаев М. "Лаьмнийн дийцар".


1

Стихотворенин «Лаьмнийн дийцар»чулацам бовзийтар

Хьалха х1оттийначу хъесапе хьаьжжина дечун план х1оттор.; хьехархочо хадийначу мехах нийса кхетар

аг1о 54

18 10


15.

Изложени

1

Дозуш долу къамел кхиор.

Изложенин чулацам буьззина д1аязда 1амадар

Дозуш долу къамел кхиор.

аг1о55-57

24 10


16.

Музаев Н. "Накъосташка".


1

Музаевн дахара а,кхоллараллин а некъ бовзийтар.

Стихотворенин «Накъосташка»чулацам бовзийтар

Тобанашкахь болх бар, Х1оранна а шен шена хетарг, шен хьежамаш хилар магор

1амий-нарг карладак- кха

25 10


17.

Ахмадов М. "Мохк бегийча". Стоьмийн дитташца къамел.


1

Яздархочун дахаран а,кхоллараллин а некъ бовзийтар

Шена хетарг д1аалар, кхечара дуьйцург хазар, ладог1ар, дагабовлар цхьана дечу г1уллакхехь цхьа сацам хилар

аг1о 58 дагахь 1амо

31 10


18.

"Мохк бегийча". Г1арг1улеш.


1

Повестан чулацам бовзийтар.


Массо а кепара къамелан г1уллакх хаар, шена хетарг дийцаре дар.

аг1о 64-69

1 11


II-чийрик (14 с.)

Урокан тема





Маса сахьт

Кхочушдан лору жам1аш

Ц1ахь

Урок д1ахьо хан

Предметни

Метапредметни

планаца

билггал

1.

Ахмадов М. "Мохк бегийча". Зударийн эладита.


1

Яздархочун дахаранаа, кхоллараллин а некъ бовзийтар. Повестан чулацам бовзийтар.

Хаттаршна хьекъале шена ма хетта барта жоп далар

аг1о 75-91

7 11


2.

Ахмадов М. "Мохк бегийча". Зазе Зезагах лаьцна.


1

Яздархочун дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар.

Повестан чулацам бовзийтар.


Цхьаьна дечу г1уллакхехь къамелан з1е хилар шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а.

аг1о 92-108

8 11


3.

Классал арахьара дешар.
Айдамиров Абузар "К1ант веллачу хенахь".

1

Иллин чулацам бовзийтар.

Къамел нийса дар, предложенеш нийса х1иттор;жоьпийн текст хьекъале х1оттор


аг1о 109-114

14 11


4

Бисултанов А. "Дег1аста".


1

Бисултанов А. кхоллараллин некъ бовзийтар «Дег1аста» ц1е йолу стихийн чулацам бовзуьйту. Даймохк беза а, лара а 1амор

Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор.

1амийнарг карладаккха

15 11


5.

Сулейманов Ахьмад "Дахаран генаш", "Къинхетам".


1

Сулейманов А. дахаран,кхоллараллин некъ бовзийтар.

Поэма язъяран истори йовзийтар,цуьнан чулацам бовзийтар.

Шена хетарг д1аалар, кхечара дуьйцург хазар, ладог1ар, дагабовлар цхьана дечу г1уллакхехь цхьа сацам хилар.

1аморан г1уллакх-дарехь кхиам хиларан а, цахиларан а бахьанех кхетаран хаарш кхоллар

аг1о 121-123

21 11


6.

"Дахаран генаш", "Доьзалан да".


1

аг1о 124-126

22 11


7.

"Дахаран генаш", Собар.


1

Сулийманов А. дахаран,кхоллараллин некъ бовзийтар.

Поэма язъяран истори йовзийтар,цуьнан чулацам бовзийтар

Массо а кепара къамелан г1уллакх хаар, шена хетарг дийцаре дар

аг1о 126-142

28 11


8.

Сулейманов Ахьмад "Дог дохден ц1е".


1


Сулийманов А. дахаран,кхоллараллин некъ бовзийтар.

Поэма язъяран истори йовзийтар,цуьнан чулацам бовзийтар

Шен ойла кепе ялон хаар.

аг1о 332-336

29 11


9.

Хасбулатов Я. "Къоьзана". Чахкар лам.


1

Хасбулатов Я. дахаран,кхоллараллин некъ бовзийтар.

Поэма язъяран истори йовзийтар,цуьнан чулацам бовзийтар,ешначун анализян 1амор.

Юьззина, кхеташ шен ойла гайта хаар

1амийнарг карладаккхар

5 12


10.

Хасбулатов Я. "Къоьзана". Некъийн - хьехамаш.


1

Тобанашкахь болх бар, Х1оранна а шен шена хетарг, шен хьежамаш хилар магор

аг1о 144-147

6 12


11.

Эдилов Х-М. "Сий делахь, Латта".


1

Эдилов Х.. кхоллараллин некъ бовзийтар« Сий делахь»,«Латта» ц1е йолу стихийн чулацам бовзийтар, цуьнан коьрта маь1на билгалдаккхар. Кхетош-кхиоран болх д1абахьар

Шена хетарг д1аалар, кхечара дуьйцург хазар, ладог1ар, дагабовлар цхьана дечу г1уллакхехь цхьа сацам хилар.

аг1о 148-152

12 12


12.

Супаев Руслан "Нохчийн халкъ".


1

Сапаев Р. кхоллараллин некъ бовзийтар« Нохчийн халкъ» ц1е йолу стихийн чулацамбовзийтар, цуьнан коьрта маь1на билгалдаккхар. Кхетош-кхиоран болх д1абахьар

Хаттаршна хьекъале шена ма- хетта барта жоп далар.

аг1о 156-162

13 12


13.

Изложени «Шамхан»


Дозуш долу къамел кхиор.

Изложенин чулацам буьззина д1аязда 1амадар.

Дозуш долу къамел кхиор.

1амийнарг карладаккха

19 12


14.

Классал арахьара дешар.
Ахмадов Муса "Боч1а".


1

Произведенин чулацам.Лахарчу классашкахь 1амийнарг карладаккхар. Кхетош-кхиоран болх д1абахьар .

Массо а кепара къамелан г1уллакх хаар, шена хетарг дийцаре дар

1амийнарг карладаккха

20 12

26 12


III- чийрик (20 с.)


Урокан тема





Маса сахьт

Кхочушдан лору жам1аш

Ц1ахь

Урок д1ахьо хан

Предметни

Метапредметни

планаца

билггал

1.

Яшуркаев С. "Маьрк1аж - боданна т1ехь к1айн хьоькх".
Семеновке боьду некъ.


1

Яшуркаевн.дахаран,кхоллараллиннекъбовзийтар. Дийцаран коьрта турпалхой а, тематика а,чулацам а бовзийтар,ешначун анализъян 1амор.

Тидамеэцар, ларартайп-тайпанахьежамаш

аг1о 163-164

9 01


2.

"Маьрк1аж - боданнат1ехьк1айнхьоькх".
Дег
1астанаракхача.


1

Яшуркаевн.дахаран,кхоллараллин некъ бовзийтар.Дийцаран коьрта турпалхой а, тематика а,чулацам а бовзийтар,ешначун анализъян 1амор.

Тобанашкахьяшишшамацхьаьнакхочушдечуг1уллакхехьцхьабартхилар

аг1о164-173

10 01


3.

"Маьрк1аж - боданна т1ехь к1айн хьоькх".
Зайндин доьзал.


1

Шена хетарг дийцаре дар

аг1о164-173

16 01


4.

"Маьрк1аж - боданна т1ехь к1айн хьоькх".
Мада - ахархо.


1

Яшуркаевн.дахаран,кхолларал

лин некъ бовзийтар.Дийцаран коьрта турпалхой а, тематика а,чулацам а бовзийтар,ешначун анализъян 1амор.

Тобанашкахьяшишшамацхьаьнакхочушдечуг1уллакхехьцхьабартхилар

аг1о174-179

17 01


5.

Сочинени "Маьрк1аж - боданна т1ехь к1айн хьоькх".


1

Дозуш долу къамел кхиор.Предложенеш нийса вовшах таса хаар.

Изложени язъеш предложе-неш нийса х1итто 1амор

аг1о180-182

23 01


6.

Анзорова Б. "Нохчийчоь - сан маьрша ага".


1

Авторан дахар а,кхоллараллин некъ а бовзийтар стихотвор. чулацам бовзийтар.

Хаамех нийса кхетар а, д1акхачор

1ам. карлад.

24 01


7.

Дешархоша шаьш ешна произведени йийцаре яр.


1




Нунуев С-Хь. дахаран,кхоллараллин некъ бовзийтар. Стихотворенин чулацам бовзийтар.

Коммуникативни хьесапаш кхочушдеш хаттарш далар, нийса пайда эца хаар барта къамелдаран г1ирсах.

аг1о338-343

30 01


8.

Изложени «Йишина дина совг1ат».

1

Дозуш долу къамел кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор.

аг1о183-197

31 01


9.

Саидов Б. "Вина юрт"


1

Саидов Б. дахаран,кхоллараллин некъ бовзийтар.Стихотворенин чулацам бовзийтар.


Объекташний, процессаш-ний юкъара юкъаметтигаш а, буххера предметни а, предметни юкъара а, маь1нийн уьйраш а гойту, кхетамаш караберзор;

аг1о183-197

6 02


10.

Саидов Б. "Деган аз"

1

аг1о183-198

7 02


11.

"Вина юрт", "Деган аз" стихотворенеш евзича, церан авторах кхолла-
елла ойла йозанца гайтар.

1

Саидов Б. дахаран,кхоллараллин некъ бовзийтар. Стихотворенин чулацам бовзийтар.

Хьалха х1оттийначу хъесапе хьаьжжина дечун план х1оттор.; хьехархочо хадийначу мехах нийса кхетар

аг1о202-203

13 02


12.

Классал арахьара дешар Саидов Б. "Меттиган сурт"

1

аг1о204-209

14 02


13.

Шайна гинчух, шаьш лайначух лаьцна сочиненина кечам бар


1

Арсанукаев Шайхин 1аламах, ненан матах лаьцна йолу стихотворенеш йовзийтар;

Ешначу стихотворенийн анализ ян 1амор

дешаран г1уллакхан 1алашо, хьесапаш т1еэцаран, лардаран хьуьнар карадерзор; кхочушъяран г1ирс лаха хаар;


1амий-нарг карладаккха

20 02


14.

Сочинени язъяр


1

Дозуш долу къамел кхиор. Предложенеш нийса вовшах таса хаар.


Сочинеи язъеш предложенеш нийса х1итто 1амор

аг1о 210-222

21 02


15.

Сулаев М. "Пхьарматан б1аьрхиш"


1

Сулаев М. дахаран,кхолларал -лин некъ бовзийтар. Поэмин чулацам бовзийтар

Тайп-тайпанчу хьосташкара тобанца керла материалаш схьахаржар.

аг1о177-180

27 02


16.

Сулаев М. "Пхьарматан б1аьрхиш"


1

аг1о210-222

28 02


17.

Поэмин жанран башхаллаш къастор


1

Поэмин жанран башхаллаш къасто 1амор.

1аморан дарийн хьесапдан а, талла а, мах хадо а хаарш кхоллар,

1ам. карлад.

6 03


18.

Изложени

1

Дозуш долу къамел кхиор.Изложенин чулацам буьззина д1аяздар 1амадар.

Изложени язъеш предложе-неш нийса х1итто 1амор

аг1о232-233

7 03


19.

Г1алаташ т1ехь болх бар. Изложени йийцаре яр.


1

Дешархоша г1алаташ т1ехь болх бар.


Хаттаршна хьекъале, шена ма- хетта барта жоп далар

аг1о 236-248

13 03


20.

Дешархоша шаьш ешна произведени йийцаре яр.


1

Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.Произведин чулацам бовзийтар.

Дала дезаш долу хаттарш далар шен я декъашхочун г1уллакх

дарехь

аг1о236-248

14 03

20 03


IV-чийрик (18 с.)


Урокан тема





Маса сахьт

Кхочушдан лору жам1аш

Ц1ахь

Урок д1ахьо хан

Предметни

Метапредметни

планаца

билггал

1.

Дадашев 1. "Дайна бер". Нохчийн шира 1адат.


1

Дадашевн. дахаран,кхолларал -лин некъ бовзийтар. Дийцаран чулацам бовзуьйт,цуьнан ана -лиз яр.Ширачу 1адатех лаьцна дийцар

Хаттаршна хьекъале шена ма- хетта барта жоп далар.

аг1о 236-248

3 04


2.

Карийна бер.


1

Хаамех нийса кхетар а, д1акхачор а

1ам. карлад.

4 04


3.

Медентан йоьхна хьовзар.


1

Ешаран маь1на довзар; ешнарг 1аткъаме ялар;

Тобанаш-кахь я шимма цхьаьна болх бечохь цхьа барт хилар

аг1о398-420

10 04


4.

Сатуьйсу кхаъ.


1

Ша дечунна жоьпаллехь хилар, ша шена т1ехь болх бар;

Хьалха х1иттийначу хьесапашца а, кхочушдаран хьелашца а дог1уш долу; жам1ан кхиаме кхачаран уггар мехала некъаш къастор.

аг1о 250-254

11 04


5.

Сочинени "Нохчийн шира 1адат" кечам бар.

1

Дозуш долу къамел кхиор.Предложенеш нийса вовшах таса хаар.

Хаамех нийса кхетар а, д1акхачор а

1ам. карлад.

17 04


6.

Сочинени "Нохчийн шира 1адат" язъяр.


1

Дешархоша шаьш язйина сочинени тетрадаш т1е д1аязйо.Цахуург хотту.

Дозуш долу къамел кхиор.


18 04


7.

Шайхиев 1алвади "Безаман декхар.


1

Произведенин чулацам бов -зийтар. Шайхиевн дахаран некъ бовзийтар.

Кхоллараллин а, лехамийн а кепехь халонах чекхваларан некъаш карадерзор;

аг1о 257-268

24 04


8.

Хазахетта кийсак дагахь 1амо.


1

Дагахь 1амийнарг схьайийцар , церан мах хадбар.

1аморан дарийн хьесапдан а, талла а, мах хадо а хаарш кхоллар, хьалха х1иттийначу хьесапашца а, кхочушдаран хьелашца а дог1уш долу; жам1ан кхиаме кхачаран уггар мехала некъаш къастор.


аг1о257-268

25 04


9.

Хамидов 1-Хь. "Д1а-коч, схьа-коч".


1

Ц1е яькххинчу яздархочун произведенех болу хаамаш к1аргбар.

Цуьнан произведенин ша-тайпана хат1 билгалдаккхар.

Шена хетарг, шен позици кепе ялор, хаттарш далар;

1ам. карлад.

2 05


10.

Литературни произведенехь беламе долчух.


1

Дахаран новкъахь диканиг, вониг къасто 1амор.

Хьалха х1оттийначу хъесапе хьаьжжина дечун план х1оттор.

аг1о 269-272

8 05


11.

Дешархоша шаьш ешна произведени йийцаре яр.


1


Шаьш ешна произведенех шайн хетарг дийцаре дар.

Къамел нийса дар, предложенеш нийса х1иттор;жоьпийн текст хьекъале х1оттор

1ам. карлад.

15 05


12.

Нунуев С-Хь. "Лазийна шовда". Илес базанийн хьуьнах.


1

Авторан дахар а, кхолларалла а, довзийтар.Произведенин чулацам бовзийтар.

Шена хетарг, шен позици кепе ялор, хаттарш далар;

аг1о274-281

16 05


13.

Ильесан ойланаш.

1

Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.Произведин чулацам бовзийтар.

Шена хетарг, шен позици кепе ялор, хаттарш далар;

аг1о274-281

22 05


14.

Изложени «Школехь»

1

Дозуш долу къамел кхиор.Изложенин чулацам буьззина д1аяздар 1амадар.

Дозуш долу къамел кхиор

аг1о 344-356

23 05


15.

Г1алаташна т1ехь болх бар. Изложени йийцаре яр.


1

Дешархоша г1алаташ т1ехь болх бар

Юьззина, кхеташ шен ойла гайта хаар

аг1о 282-287

29 05


16-17

Жам1 дар.


2

Шеран 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а.


1амийнарг карладак кха

30 05


18


Жам1 дар.


1




31 05




Перечень учебно- методического обеспечения


Для учителя:

«Литературин – исбаьххьаллин журнал «Орга»./ Ежемесячный литературно-художественный журнал «Вайнах». / Детский журнал «Стела1ад»./ А.Д.Вагапов. «Словарь народных терминов чеченского языка». / Вагапов А., Ахмадова З «Нохчийн меттан урокехь дийнатийн, ораматийн ц1ерш 1амор». Грозный – 2005./ Дидактические материалы по литературе.


Для учащихся:

Учебник: чеченская литература. 7 класс. Эдилов С.Э. Соьлжа – Г1ала. ГУП «Книжни издательство» 2010./ Детский журнал «Стела1ад» А.Д.Вагапов. «Словарь народных терминов чеченского языка». «Дош. (Нохчийн матах йолу ойланаш)» Абу Исмаилов. Соьлжа-г1ала-2005 шо.

Выберите курс повышения квалификации со скидкой 50%:

Автор
Дата добавления 05.11.2016
Раздел Русский язык и литература
Подраздел Рабочие программы
Просмотров660
Номер материала ДБ-322608
Получить свидетельство о публикации

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх