Инфоурок / Начальные классы / Рабочие программы / Рабочая программа по чеченскому языку 1 класс
Обращаем Ваше внимание, что в соответствии с Федеральным законом N 273-ФЗ «Об образовании в Российской Федерации» в организациях, осуществляющих образовательную деятельность, организовывается обучение и воспитание обучающихся с ОВЗ как совместно с другими обучающимися, так и в отдельных классах или группах.

Педагогическая деятельность в соответствии с новым ФГОС требует от учителя наличия системы специальных знаний в области анатомии, физиологии, специальной психологии, дефектологии и социальной работы.

Только сейчас Вы можете пройти дистанционное обучение прямо на сайте "Инфоурок" со скидкой 40% по курсу повышения квалификации "Организация работы с обучающимися с ограниченными возможностями здоровья (ОВЗ)" (72 часа). По окончании курса Вы получите печатное удостоверение о повышении квалификации установленного образца (доставка удостоверения бесплатна).

Автор курса: Логинова Наталья Геннадьевна, кандидат педагогических наук, учитель высшей категории. Начало обучения новой группы: 27 сентября.

Подать заявку на этот курс    Смотреть список всех 216 курсов со скидкой 40%

Рабочая программа по чеченскому языку 1 класс

библиотека
материалов







1 –ра классан нохчийн меттан программа.


1-ра чийрик (18 сахьт)



П/н

Чулацам

Хьехархочуьн некъ

Дешархочуьн некъ

Сахьтийн мас

Де

Диллина де

Йоза яздаран кеп а, цуьнан аг1онаш т1ера сизаш а довзийтар.

Йозанан тетрадь довзийтар. Мог1анаш чу сизаш хьекха 1амор. Хаза яздан 1амор.

Нийса сизаш хьекхар, мог1анах а сизах а болу кхетам 1алашо йолуш шарбар.

2


7-8.09

Мог1анаш а, мог1анийн яккъаш а.

Мог1анийн яккъаш йовзийтар. Хаза яздан 1амор.

Кегийра а даккхий а сизаш хьекхар. Яздеш муха 1а веза, ручканах пайдаэца 1амар.

2


14-15.09

Нийса сизаш хьекхар.

Нийса сизаш хьекха 1амор. Хаза яздар.

Тептаран аг1он т1ера элпийн меженаш нийса яздар.

2


21-22.09

Деха а, доца а сизаш хьекхар.

Деха а, доца а сизаш хьекха 1амор. Хаза яздар.

Элпийн меженаш нийса а, хаза а яздар.

2


28-29.09

Мог1анан а, доккха а элп «Аа».

Мог1анан а,доккха а элп «А» яздан Iамор . «А» юкъахь долу дешнаш а предложенеш а барта х1итто 1амор.

Мог1анан элп «а» а, цуьнан меженаш а язъяр. Барта предложенеш х1иттор.

1


5.10

Мог1анан а, доккха а элп «Мм».

Мог1анан а, доккха а элп «М» яздар. «М» юкъахь долу дешнаш яздан 1амор.

Доккха а, мог1анан а элп «Мм» яздар, дешдакъош (ма-му) яздан 1амар.

1


6.10

Мог1анан а, доккха а элп «Уу».

Мог1анан а, доккха а элп «О» яздан 1амор. «У» юкъахь долу дешнаш яздар.

Доккха а, мог1анан а элп» «У» яздар. Барта дешнаш, предложенеш х1иттор.

1


12.10

Мог1анан а, доккха а элп «Оо».

Мог1анан а, доккха а элп «О» яздан 1амор. «О» юкъахь долу дешнаш яздар.

Доккха а, мог1анан а элп «О» яздар, и юкъахь долу барта дешнаш х1иттор.

1


13.10

Мог1анан а, доккха а элп «Ии».

Мог1анан а, доккха а элп «И» яздар. «И» юкъахь долу дешнаш яздан 1амор.

Дешдакъош (ма му ми мо ) яздар, барта дешнаш, предложенеш х1иттор.

1


19.10

Мог1анан а, доккха а элп «Лл».

Мог1анан а, доккха а элп «Л» яздар. «Л» юкъахь долу дешнаш яздан 1амор.

Дешнаш (лам, молу, лом, Лула, алу) яздар.

1


20.10

Мог1анан а, доккха а элп «Сс».

Мог1анан а, доккха а элп «С» яздар. «С» юкъахь долу дешнаш яздан 1амор.

«С»-юкъахь долу дешдакъош, дешнаш (Муса, Ислам), предложени (Саламус салам ло.) язъяр.

1


26.10

Мог1анан а, доккха а элп «Рр».

Мог1анан а, доккха а элп «Р» яздан а, «Р» юкъахь долу дешнаш яздан 1амор.

«Р» юкъахь долу дешнаш (орам, рама, Румиса, Муса, Мисар, Раиса) яздар.

1


27.10

Мог1анан а, доккха а элп «Хх».

Мог1анан а, доккха а элп «Х» яздан а, «Х» юкъахь долу дешнаш яздан 1амор.

«Х» юкъахь долу дешнаш (хох, мох, Марха), предложении ( Румисас маха лоху.) язъяр.

1


2.11

14

Мог1анан а, доккха а элп

« Бб» .

Мог1анан а, доккха а элп «Б» яздан а, «Б» юкъахь долу дешнаш а, предложенеш а язъян 1амор..




Доккха а, жима а элп «Б» яздар, дешнаш (саба, баба), предложени (Абус болх бира.) язъяр.

1


3.11





2- чийрик ( 14 сахьт).





1

15

Мог1анан а, доккха а элп «Дд».

Мог1анан а, доккха а элп «Д» яздар. «Д» юкъахь долу дешнаш, предложенеш яздан 1амор.

Доккха а, жима а элп «Д» яздар. И юкъахь долуш дешнаш, предложенеш язъяр.

1


16.11



16

Мог1анан а, доккха а элп «Ее».

Мог1анан а, доккха а элп «Е» яздар. «Е» юкъахь долу дешнаш, предложенеш яздан 1амор.

Мог1анан а, доккха а элп «Е» яздар, дешнаш, предложенеш язъяр.

1


17.11





17

Мог1анан а, доккха а элп «Нн».

Мог1анан а, доккха а элп «Н» яздан 1амор. «Н» юкъахь долу дешнаш, предложенеш яздан 1амор.

Дешнаш (нур, Нура, Нина, наб); предложени ( Сурхона, Сулимина бен гира.) язъяр.

1


23.11

18

Мог1анан а, доккха а элп «Тт».

Мог1анан а, доккха а элп «Т» яздан 1амор. «Т» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъян 1амор.

Мог1анан а, доккха аэлп «Т» яздар, дешнаш татол , бат, Тамара ; предложенеш (Аса абат хедина елира.) язъяр.

2


24-30.11

19

Мог1анан а, доккха а элп «Вв».

Мог1анан а, доккха а элп «В» яздар. «В» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъян 1амор.

«В» юкъахь долу дешнаш( вота, верта, Ваха); предложенеш (Малх бовха бу.) язъяр.

2


1-7.12

20

Мог1анан а, доккха а элп «Зз».

Мог1анан а, доккха а элп «З» яздар. «З» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъян 1амор.

Дешнаш (Роза, Лиза, Замани), предложенеш (Заретина Седас седа белира.) язъяр.

2


8-14.12

21

Мог1анан а, доккха а элп «Йй».

Мог1анан а, доккха а элп «Й» яздар. «Й» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъян 1амор.

Дешнаш, (йоза, сай, йовхо,) яздар. Предложенеш ( Безам лойла,тешам лойла…) язъяр.

2


15-21.12

22

Мог1анан а, доккха а элп «Кк».

Мог1анан а, доккха а элп «К» яздар. «К» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъян 1амор.

( Кортали, комар, Макка) яздар. Предложенеш язъяр.

2


22-28.12

23

Мог1анан а, доккха а элп «Пп».

Мог1анан а, доккха а элп «П» яздан 1амор. «П» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъян 1амор.






Дешнаш (баппа, полла, палс, пондар) яздар. Предложенеш (Бада полла! Полла боду.) язъяр.

1


11.01





3 чийрик (18 сахьт)






24

Мог1анан а, доккха а элп «Ээ».

Мог1анан а, доккха а элп «Э» яздан а, «Э» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъян 1амор.


Дешнаш (эса, элира, эмкал) язъяр. Предложени (Эдис эсана хи ло).

1


12.01

25

Мог1анан а,доккха а элп«Шш»

Мог1анан а, доккха а элп «Ш» яздан гайтар. «Ш»

юкъахь долу дешнаш, предложенеш яздан гайтар.

Дешнаш (Шудди, Шукран, Шела) предложенеш (Тхуна тхайн школа еза...) язъяр. Барта дийцар х1оттадар.

1


18.01

26

Мог1анан а, доккха а элп «Цц».

Мог1анан а, доккха а элп «Ц» яздан 1амор. «Ц» юкъахь долу дешнаш, предложенеш яздан 1амор.

Дешнаш (цаца, цамза, дарц), предложенеш ( Маккас, Шаруддис борц беара. ) язъяр.

1


19.-1

27

Мог1анан а, доккха а элп «1».

Мог1анан а, доккха а элп «1» яздан 1амор. «1» юкъахь долу дешнаш яздан 1амор.

Доккха а, мог1анан а элп «1», дешнаш ма1ар, ба1ар, 1умар) яздар.

1


25.01

28

К1еда хьаьрк «Ь» яздар.

К1еда хьаьрк «Ь» яздан гайтар. «Ь» юкъахь долу дешнаш яздар.

К1еда хьаьрк, и юкъахь долуш дешнаш, предложенеш язъяр.

1


26.01

29

Къасторан хьаьрк «Ъ» яздар.

Къасторан хьаьрк «Ъ» яздан 1амор. «Ъ» юкъахь долу дешнаш яздан гайтар.

Ч1ог1а хьаьрк, и юкъахь долуш дешнаш (шиъ, диъ, диъна, Асмаъ) яздар.

1


1.02








30

Мог1анан а, доккха а элп«Хьхь»

Мог1анан а, доккха а элп «Хь» яздан 1амор, «Хь» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъян гайтар.

«Хь» а, и юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъяр.

1


2.02

31

Мог1анан а, доккха а элп «КХкх».

Мог1анан а, доккха аэлп «Кх» яздан 1амор. «Кх» юкъахь долу дешнаш. Предложенеш язъян гайтар.

Дешнаш (кхокха , кхор), предложенеш ( Муш –беха,хабар доца.) язъяр.

1


8.02

32

Мог1анан а, доккха а элп «КЪкъ».

Мог1анан а, доккха а элп «Къ» яздан а, «Къ» юкъахь долу дешнаш предложенеш яздан 1амор.

Предложенеш, дешнаш «къ» юкъахь долу яздан 1амар.

1


9.02

33

Мог1анан а, доккха а элп «Гг».

Мог1анан а, доккха а элп «Г» яздан 1амор. «Г» юкъахь долу дешнаш яздан гайтар.

Дешнаш, предложенеш язъяр. Барта «говрах») лаьцна дийцар х1оттор.

1


15.02

34

Мог1анан а, доккха а элп «Г1г1».

Мог1анан а, доккха а элп «Г1» яздан гайтар. «Г1» юкъахь долу дешнаш яздан 1амор.

Доккха а, жима а элп «г1» яздар, дешнаш предло-женеш язъяр.

1


16.02

35

Мог1анан а, доккха а элп «АЬаь».

Мог1анан а, доккха а элп «Аь» яздан а, «Аь» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъян гайтар.

Дешнаш (аьрзу, н1аьна, шаьлта) яздар. Предложенеш( Аьхка 1иллинарг 1ай идда.) язъяр.


1


22.02

36

Мог1анан а, доккха а элп «ОЬоь».

Мог1анан а, доккха а элп «Оь» яздан а, «Оь» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъян гайтар.

«Оь» юкъахь долу дешнаш яздар, предложенеш (Мархий 1алхий ловзош аьлха, боьлхуш бара лаха Ваха.) язъяр.

1


23.03

37

Мог1анан а, доккха а элп «УЬуь».

Мог1анан а, доккха а элп «Уь» яздан а, «Уь» юкъахь долу дешнаш яздан гайтар.

Дешнаш (уьстаг1, туька, куьрк) яздар. Предложенеш язъяр.

1


29.02

38

Мог1анан а, доккха а элп «Чч».

Мог1анан а, доккха а элп «Ч» яздан а, «Ч» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъян гайтар.

Чарх, чам, ахча, коч-язъяр. Предложенеш (Жимачу Сурхона бохча карийра…язъяр.

1


1.03

39

Мог1анан а, доккха а элп «Ч1ч1».


Мог1анан а, доккха а элп «Ч1» яздан гайтар. «Ч1» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъян 1амор.

Дешнаш (ч1ара, ч1аба, ч1ег1ардиг) яздар. Предложенеш (Тхо хи чуьра ч1ерий леца дахара.) язъяр.

1


7.03

40

Мог1анан а, доккха а элп «Т1т1».

Мог1анан а, доккха а элп «Т1» яздан а, «Т1» юкъахь долу дешнаш яздан гайтар.

Дешнаш (т1ам, т1улг, т1ай) яздар.

1


14.04

41

Мог1анан а, доккха а элп «Т1т1»

Мог1анан а, доккха а элп «Т1т1» яздан, и юкъахь долу дешнаш яздан 1амор.




Предложенеш язьяр.

1


15.03





4 чийрик (16 сахьт).








42

Мог1анан а, доккха а элп «Жж».

Мог1анан а, доккха а элп «Ж» яздан 1амор. «Ж» юкъахь долу дешнаш. Предложенеш язъян 1амор.

Дешнаш , предложенеш (Жима Ваха кхойкху нене...) язъяр.

1


4.04








43

Мог1анан а, доккха а элп «Х1х1».

Мог1анан а, доккха а элп «Х1» яздан 1амор. «Х1» юкъахь долу дешнаш яздар, предложенеш язъяр.

Дешнаш (х1оа, х1оз, х1усам, х1унда) яздар; Предложенеш язъяр.

1


5.04

44

Мог1анан а, доккха а элп «К1к1».

Мог1анан а, доккха а элп «К1» яздан 1амор. «К1» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъян 1амор.

«К1» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъяр.

1


11.04








45

Мог1анан а, доккха а элп «Юю».

Мог1анан а, доккха а элп «Ю» яздан 1амор. «Ю» юкъахь долу дешнаш яздан гайтар.

Дешнаш (юху, юрт, юкъара) яздар; предложенеш ( Арахь ч1ог1а дог1а туху,

Т1аккха аса плащ т1е юху.) язъяр.

1


12.04

46

Мог1анан а, доккха а элп «ЮЬюь».

Мог1анан а, доккха а элп «Юь» яздан а, «Юь» юкъахь долу дешнаш яздан 1амор..

Дешнаш, ( юьхь, юьртахь, юьззина, юьлу,) яздар; предложени (Юьртана а дерг-ловзар ду…) язъяр.

1


18.04

47

Мог1анан а, доккха а элп «Яя».

Мог1анан а, доккха а элп «Я» яздан 1амор. «Я» юкъахь долу дешнаш яздан 1амор.

Дешнаш, предложенеш язъяр.

1


19.04

48

Мог1анан а, доккха а элп «ЯЬяь».

Мог1анан а, доккха а элп «Яь» яздан 1амор. «Яь» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъяйтар.

Дешнаш (яьшка, яьржина, яьстина, яьлла) яздар; предложенеш( Лаьмнийн сурт дилла) .

1






49

Мог1анан а, доккха а элп «Ц1ц1».

Мог1анан а, доккха а элп «Ц1» яздар. «Ц1» юкъахь долу дешнаш яздар.

Дешнаш ( ц1а, ц1азам, ц1ено, ц1ов) яздар, предложенеш (Ц1е йоцуш к1ур хир бац…) язъяр.

1


25.04

50

Мог1анан а, доккха а элп «П1п1».

Мог1анан а, доккха а элп «П1» яздар. «П1» юкъахь долу дешнаш яздар.

«П1» юкъахь долуш дешнаш, предложенеш язъяр.

1


26.04

51

Мог1анан а, доккха а элп «Фф».

Мог1анан а, докха а элп «Ф» яздан 1амор. «Ф» юкъахь долу дешнаш, предложенеш язъяйтар.

Дешнаш, предложенеш язъяр.

1


2.05

52

Мог1анан а, доккха а элп «Ёё».

Мог1анан докха а элп «Е» яздан 1амор. «Е» юкъахь долу дешнаш довзийтар.

Дешнаш (ёлка, вертолёт, лётчик) яздар. Предложени (Ёлка хаза кечйина.) язъяр.

1


3.05

53

Мог1анан докха а элп «Щщ».

Мог1анан докха а элп «Щ» яздан 1амор. «Щ» юкъахьдолу дешнаш довзийтар.

«Щ» юкъахь долу дешнаш яздар, предложенеш язъяр.

1


10.05

54

Мог1анан элп «ы».

Мог1анан элп «ы» яздан а, «ы» юкъахь долу дешнаш яздан 1амор.

Дешнаш (вышка, лыжаш) яздар; предложени (Суна дукхабеза сайн Даймохк, сайн хьоме латта, сайн пачхьалкх.) язъяр.

1


16.05

55

Нохчийн алфавит. Дешнаш а, предложенеш а, язъяр.

Дош. Дешдакъа.

1амийнарг т1еч1аг1дар, къамел кхиоран болх бар, предложенеш х1итто а, язъян а 1амор.

Шейн классах лаьцна текст х1оттор, язъяр.

3


17,23,24.05





Нохчийн меттан юьхьанцарчу классашна лерина герггарчу хьесапехь йолу программаш

ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

Нохчийн меттан дешаран предметан башхаллаш,1алашонаш, декхарш



Юьхьанцара юкъарадешаран школа - мехала, керла, жоьпаллин мур бу беран дахарехь: х1окху школехь д1адолало диллина долу дешар, кхузахь шорло цуьнан гонахарчу дахарца йолу юкъаметтигаш, хийцало юкъараллин дарж а, ша -шен вовзийта оьшуш хилар а совдолу. Т1аьхьа хиндолчу дерриге а дешаран бух кхуллу юьхьанцарчу школашкахь. Юьхьанцарчу школехь нохчийн матто, кхечу предметаша санна, меттан 1илманан декъехь шен маь1ница а йоккха меттиг д1алоцу. Цуьнан дешарца а, кхетамца кхиорехь а доккха маь1на ду.

Маттах лаьцна хаарш, барта а, йозанан а къамелан хаамаш караберзорца дешархойн таро хуьлу кхийолу дешаран предметаш а кхиамца 1амо, цуьнца цхьаьна гонахарчу дахарх дозуш долу шайн хаарш шордан.

«Школана хьалха лаьтта декхарш кхочушдарехь 1аламат доккха маь1на ду ненан меттан, х1унда аьлча школо болх оцу маттахь д1аболорца караерзайо беро дахарехь гулйина а ненан маттахь билгалйолуш йолу а хьекъалан хазна. Оцу кийчачу буха т1ехь школо д1ах1оттабо ша кхид1а а бен болу болх, аьлча а дуьненах лаьцна болу берийн кхетам алсам а боккху, уьш г1иллакх-оьздангалла йолуш кхиорехь а царна дешар 1аморехь а дерриге а декхарш кхочуш а до.

Вайн школашкара дешархой юкъараллин пайдечу къинхьегамна а, нохчийн къоман беркате т1аьхье хинйолчу кепара а кечбаран декхарца цхьаьна царна нохчийн меттан хаамаш балар доккха маь1на долуш ду.

Юьхьанцарчу муьрехь ненан мотт хьехаран коьрта декхар ду къамелан г1уллакхан цхьадолу тайпанаш 1амор (кьамеле ладог1аррий, цунах кхетаррий; вистхила 1аморрий; дешаррий, йозий). Цул сов, оцу муьрехь ондда бух кхолла беза ненан маттахь вовшашца т1екаре хила хаарна, иза берашна хьехаран а, кхетош-кхиоран а коьрта г1ирс хилар хаийтарна.

Цуьнца цхьаьна кхийолчу дешаран предметийн санна, не- нан матто юьхьанцарчу муьрехь кхочушдан деза цхьадолу мехала юкъара г1уллакхаш а:

  • дешархойн 1аламах а, юкъараллих а долу хааршший, 1илманан юьхьанцара кхетаммий кхиор;

  • логически а, васт х1отторан а ойла кхиор;

  • къинхьегаме а, цуьнца цхьаьна дешаре а болу лаам кхиор;

  • лакхарчу классашкахь кхиамца деша бераш кечдар;

  • гонахарчу дахарца йолу юкъаметтиг а, нахе йолу нийса дог-ойла а кхетош-кхиор»1.

Программин бухе ехкина х1ара принципаш:

-уьйран принцип, къамел кхиоран декъехь дешархой т1екаре хила 1амор шегара лоьхуш йолу;

  • кхетамаллин принцип, мотт 1аморца доьзнарг кхетам болуш 1амор лоьхуш йолу.

Программо маттаца дозург практически карадерзо дезарг къастийна ца 1аш, меттан хиламаш, цара маттехь д1алоцучу меттиге хьаьжжина, хьалха-т1аьхьа уьш караберзор а тидаме эцна.

Нохчийн мотт 1аморехь дешархойн дешнийн барам совбаккхар а ду мехала. Жигара шех олуш болу дешнийн барам х1ора классехь билгалбеш тидаме эцнарг х1ара ду: оцу барамехь дешнаш берийн лексикехь хилахь, цара таро лур ю царна х1ора денна йоза - дешар 1аморан декъехь т1екаре хила. Юьхьанцарчу классийн дешархойн лексикийн барам 3000 гергга дош хила деза, царах 600 дош карадерзадо цара 1-чу классехь, 700-шолг1ачу классехь, 800-3-чу классехь, 850-4- чу классехь. Хьехархочо шен лаамехь церан барам совбоккхуш х1ора классехь юкъадало тарло кхин а 50-70 дош.

И дешнаш жигара карадерзор д1ахьо церан лексически цхьа маь1наш хилар а довзуьйтуш, омонимаш, синонимаш, антонимаш йовзийтарца, дешхьалхенийн, суффиксийн г1оьнца цхьана орамах керла дешнаш кхолларца.

Дешархошна бовзуьйту дешан фонетически, морфологически х1оттам, цара 1амадо коьрта къамелан дакъош а, церан грамматически категореш а, предложенехь оцу къамелан дакъоша кхочушден синтаксически г1уллакх а. Лексически а, грамматически декъехь дешнаш карадерзор деа шарахь д1ахьо.

Грамматически а, орфографически а материал программи юкъа ялийна х1ора т1ейог1учу классехь т1етт1а шоръяран,1 Солтаханов Э. Х. Нохчийн школан юьхьанцарчу классашна программаш. Соьлжа-Г1ала «Глобус», 2010.

к1аргъяран, чолхеяккхаран хьесапехь.

Массо а кепара мотт 1аморан а, къамел кхиоран а г1уллакх кхочушдина самукъанечу, еша дог дог1учу тексташна а, упражненешна а т1ехь.

Программехь коьрта меттиг д1алоцу т1екаре хила 1аморан карадерзораш, шардарш кхиоран балхо. Барта къамел кхиор хила деза дешархойн коьртачу тидамехь уьш еша а, яздан а 1емачу хенахь а, грамматикех болу хаамаш царна бовзуьйтуш а, йозаелла тексташ х1иттош а, упражненеш кхочушъеш а.

Х1ора урокехь берийн дистхилар алссам хила деза: хаттарш деш, царна жоьпаш луш, шайх лаьцна дуьйцуш, вовшашца къамел деш, хьехархочуьнца юкъаметтиг лелош, ешначун чулацам юхасхьабуьйцуш.

Дешан маь1ни т1ехь а, аларна, нийсаяздарна а т1ехь бен болх биллина беш хилар мехала ду. Билгалйинчу темина, суьртах, бинчу тидамех, кинох лаьцна шайна еллачу кепаца а, шаьш а дийцаран, хаттаран, айдаран, т1едожоран предложенеш, тексташ, диалогаш х1итто 1амо деза бераш.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан 1алашонаш:

-т1екаре хила дезаран, йоза-дешар кхид1а а 1амо дезаран 1алашонца нохчийн мотт караберзор;

-къамелдаран хьуьнарш кхиор, нохчийн маттахь вовшашца т1екаре лело хаар;

-нохчийн меттан лексикех, фонетикех, грамматикех болу т1еххулара хаамаш караберзор;

-ладог1а, вистхила, шен маттахь еша, яздан хаар карадерзор;

  • Нохчийн Республикин пачхьалкхан нохчийн матте шовкъ кхоллар, шен къоман культурин дакъа иза хиларе терра.

Дешаран предметан чулацаман мехаллин аг1онаш:

Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчу дешархойн программа караерзийча хила деза жам1аш:

-дешархой синъоьздангаллин мехаллаш евзаш, къоман г1иллакх-оьздангаллин баххаш т1ехь кхиъна хилар; -доьзалан дахар девзаш хилар; -къоман культура а, бусулба дин а девзаш хилар;

  • Росси пачхьалкхан гражданин ша вуйла хууш хилар; -синъоьздангаллин мехаллаш кхиор дешархойн коьртачу

г1уллакхашна т1е дахар: урокийн, урокел арахьарчу а, юкъараллин пайдечу а.

Дешаран планехь нохчийн матто д1алоцу меттиг

Программа х1оттийна юьхьанцара юкъарадешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан буха т1ехь, базисни дешаран планан 2-чу варианто нохчийн маттана луш йолчу таронашца нисъеш. Нохчийн мотт хьехаран башхалла билгалъяьккхина тематически планаш т1ехь. Мотт хьеха билгалдина сахьташ кху кепара ду: 1-чу классехь -66 сахьт, 2-чу классехь -102 сахьт, 3-чу классехь -102 сахьт, 4-чу классехь -102 сахьт ду.

Ала деза, х1ара программа герггарчу хьесапехь ю. Герггарчу юьхьанцарчу юкъарадешаран программин буха т1ехь х1отто езаш ю пачхьалкхан аккредитаци йолчу дешаран учрежденин дешаран г1уллакхан декъашхойн хьашташка а, оцу дешаран учрежденин башхалле хьаьжжина а йолу юьхьанцарчу дешаран юкъарадешаран программа.

Дешаран предмет 1аморан жам1аш

Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчу дешархочуьнгахь нохчийн меттан программа караерзоран декъехь хила деза хаарш:

-нохчийн мотт пачхьалкхан мотт а, иза уьйран а, гонахара дахар довзаран а г1ирс хиларх кхеташ хилар;

-школан а, юкъараллин а дахарехь нохчийн меттан хаарех пайда эца хьуьнар хилар;

  • нохчийн мотт къоман культурин а, синъоьздангаллин а мехаллийн цхьа т1ег1а лара дезарх кхеташ хилар;

  • тайп-тайпанчу хьелашкахь шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а юкъаметтигаш лело хаар карадерзор, мехалчу х1умнашка а, синъоьздангаллин мехаллашка а экаме хила везарх кхеташ хилар.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан метапредметни жам1аш:

  • хезаш долу къамел цхьатера т1елацар ( баккхийчара а, шен нийсархоша а олург, берийн радиопередачашкахь, аудиозаписашкахь, кхечу хаамийн технологийн кепашкахь хезарг);

  • дешнаш, дешдакъош, аьзнаш, аьзнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш ала а, х1итто а карадирзина хилар;

  • билгалйинчу темина диалог х1отто, даьржина а, доцца хаттаршна жоьпаш дала а, диалог д1айоло а, чекхъяккха дог дар карадирзина хилар;

  • кечам бина а, боцуш а, кхеташ, сиха къастош ешар, текст йоцца а, хоржуш а юха схьайийцар карадирзина хилар;

  • хьехархочун г1оьнца а, ша а орфографически а, пунктуационни а бакъонаш ларъеш талламан а, 1аморан а кепара белхаш кхочушбан хаар карадирзина хилар;

  • ша язбина белхаш талла а, нохчийн маттах шен долчу хааршна вукху предметашца дустарца анализ ян а хаар карадирзина хилар;

  • нохчийн меттан чулацаме хьаьжжина юьхьанцарчу дешаран материальни а, хаамийн а гонахехь болх бан хаар карадирзина хилар;

  • школехь а, школал арахьа а нийсархошка а, баккхийчаьрга а вистхила хаар карадирзина хилар.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан предметни жам1аш:

  • ладог1а хууш хилар: дуьйцучун чулацамах а кхеташ, къамел хазаран хьесапехь т1елацар;

  • нохчийн меттан фонетически система евзаш хила езар: мукъа а, мукъаза а элпаш а, аьзнаш а къасто, дешнаш дакъошка декъа а, аьзнаш ала а хууш хилар;

  • шен меттан доцу (т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела) аьзнаш а, аьзнийн цхьаьнакхетарш а довза а, нийса схьаала а хууш хилар;

  • дешнаш, церан грамматически форманаш а евзаш, уьш муха кхоллаелла а, царах предложенеш вовшахтаса а, къамелехь пайда эца а хууш хилар;

  • нийсаяздаран бакъонаш евзаш хилар: доккха элп, дешдакъошца дош сехьадаккхар, сацаран хьаьркаш;

  • карадирзинчу хаарех дешаран а, вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь а пайда эца хууш хила везар: диалог д1аяхьа, хаттаршна жоьпаш дала, евзаш йолчу лексикин бараме хьаьжжина, шегара хаттарш х1итто, текст юхасхьайийца, суьрташка хьовсуш предложенеш, тайп-тайпанчу теманашна билгалйинчу тематически кепашца йоцца монологически тексташ х1итто хууш хилар (чолхе доцу суртх1оттор, дийцар, ойлаяр);

  • хезаш а, шен дагахь а, къастош а еша къаьстина предложенеш а, тексташ а цхьаьна, хууш хилар;

  • текст дакъошка екъа а, царна ц1ерш тахка а, план х1отто а, т1едахкарш т1едуза а, т1еяздан а, х1уманийн, суьртан куц-кеп довзийта а хууш хилар;

  • мотт къоман культурин цхьа дакъа а, уьйран г1ирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхеташ хилар.

Юкъарадешаран юьхьанцарчу дешаран нохчийн меттан предметан чулацам

Программехь «Нохчийн мотт» предметан чулацам билгалбина дешаран декъан т1ег1анашка хьаьжжина.

  1. чу классехь: абатал хьалхара мур, йоза-дешар 1амор, абатал т1аьхьара мур.

  2. 4-чуй классашкахь цхьаьнадог1уш (комплексно) къамел кхиор, грамматикин а, орфографин а пропедевтически курс.

Хьалхарчу классехь йоза-дешар 1аморан кхо мур бу: абатал хьалхара я кечамбаран муррий, деша а, яздан а 1амош болу абатан муррий, 1амийнарг т1еч1аг1деш болу абатал т1аьхьара муррий.

Абатал хьалхарчу муьрехь бераш 1амадо предложенеш дешнашкий, дешнаш дешдакъошкий, дешдакъош аьзнашкий декъа.

Абатан оццу муьрехь д1ахьо дешархой къамеле ладог1а 1амор лакхадоккхуш бен болх.

1-чу классехь йоза-дешар 1аморан чулацам билгалбеш программо тидаме эцна дешархойн кечам а тайп-тайпана хирг хилар. Цундела абатал хьалхара мур, цхьана аг1ор, иза школе дахкале берашна 1емина йолу лексико-грамматически материал карлаяккхаран мур бу, вукху аг1ор- йоза-дешар 1аморна кечамбаран а, къамел шардаран мур а бу.

Цуьнан 1алашо - школе дахкале барта къамелехь берашна карадирзина хаарш т1еч1аг1дар а, кхиор а ю; берийн бошмашкахь кечам банза долчу берашна ладог1а а, дийца а хааран юьхьанцара шардарш д1адахьар; вовшашца юкъаметтиг д1акхехьа а, йоза-дешар 1аморна а оьшшучу барамехь йолу дешнийн лексически хазна совъякккхар; шайх къамелехь алсам пайда оьцуш йолу дешнийн грамматически форманаш жигара яхар; шуьйра евзаш йолчу къамелан кепех пайда оьцуш предложенеш кхоллар а.

Дешнаш а, предложенера грамматически конструкцеш карайоьрзу берашна къамел дечу муьрехь (гайтаман г1ирсаш т1ехь а, урокехь а, урокал арахьа а ловзарш д1ахьош, стихаш дагахь 1амочу хенахь а, шена гинчух, хезначух лаьцна дуьйцуш

а, суьрташца болх беш а, упражненеш кхочушъеш а).

Абатал хьалхарчу муьрана юьхьанцарчу школашкахь 1-чу классехъ билгалдо 20-25 сахьт, дешархойн кечаме хьожжий. Йоза-дешар 1аморо шена чулоцу:

-дешан аьзнийн х1оттам а, цуьнан маь1на а, мукъа а, мукъаза а аьзнаш девзаш хилар, элп, аз къасто хаар, дешнаш, предложенеш йовзар;

-хаттаран, т1едожаран предложенех пайда эцарца диалог д1аяхьа хаар;

-схьааьллачун чулацамах кхеташ а, хаттарш даларца юхасхьадийца а, доцца сюжетни суьртийн чулацам т1ехь дийцар-жоьпаш дала хаар;

-юьхьанцара йоза-дешаран хаарш.

Йоза-дешар 1аморна кечамбеш аналитико-синтетически болх вовшахтуху: предложенеш дешнашка а, дешнаш дакъошка а, дакъош аьзнашка а доькъуш; аьзнех дешдакъош а, дешдакъойх дешнаш, дешнех предложенеш а кхуллуш.

Йоза-дешар карадерзочу хенахь барта къамел кхиоран болх а бу д1абахьа безаш, нохчийн маттахь яздан а, еша а хааран юьхьанцара бух а кхуллуш.

Йоза-дешар 1аморан муьрехь берашна йовзуьйту аз-элп ц1е йолу кеп, ткъа иза кхочушдо оза т1ера элпа т1е вигарца.

Абатан муьрехь бераша уьйр тосу къамелан аьзнашций, уьш элпашца гойтуш йолчу билгалонашций. Цара 1амадо элпеххий, дешдакъойххий дешнаш х1итто а, уьш д1адеша а. Цуьнца цхьаьна бераша 1амадо дешаран урокехь 1амийнчу рог1ехь, элпийн меженаш а, элпаш а яздан, вуьшта аьлча йоза карадерзадо. Аз а, элп къастош болу белхаш биллина вовшахтоха беза (хезаш язъен диктанташ).

Абатал т1аьхьара мур лексико-грамматически балхана лерина хуьлу. Цуьнан 1алашо дешархойн къамел кхиор ю. Боккха тидам т1ебохуьйту элпаш нийсаяздарна -каллиграфина. Меттан аьзнаш, дешнаш, синтаксически конструкцеш йовзарца цхьаьна, къамел даран тайпанаш а карадоьрзу царна (алар, ладог1ар, ешар, йоза).

Барта а, йозанан а къамел кхиоро х1окху муьрехь берийн кху тайпана карадерзораш хила дезар шена чулоцу:

-аьзнаш, аьзнийн цхьаьнакхетарш , дешдакъош ала а, буьйцучу нохчийн маттах кхеташ а хилар;

-йоза-дешар 1амочу хенахь диалог д1аяхьа хууш хилар; - кхеташ, шера, къастош еша хууш хилар; -каллиграфин лехамашна жоп луш, орфографин, пунктуацин бакъонаш ларъеш, йозанан 1аморан а, талламан а декъера белхаш нийса кхочушбан хууш хилар;

    1. чу классехь а гонахарчу дахарх лаьцна долу хаарш к1аргдаран, кхетош-кхиоран а, юкъара кхетам баларан а болх кхид1а а д1ахьо; 1-чу классехь санна йоккха меттиг д1алоцу барта къамел кхиоро. Билгалйоллу меттиг д1алаца еза цкъа хьалха орфографически, къамелан кечам бина д1ахьош болчу кхоллараллин белхаша. Билгалйинчу кепехь я юьхь йолорца диалог д1аяхьа карадерзор а кхид1а а д1ахьо, къастош ешар шардар а, нийсаяздар а кхид1а к1аргдо. Барта а, йозанан а къамел кхиор цхьана лексико- грамматически а, кхетош-кхиоран а, цхьана темина леринчу коьчал т1ехь д1ахьо.

    2. чу классехь кхул хьалхарчу классашкахь барта а, йозанан а къамел кхиоран декъехь карадерзийна хаарш шордеш, к1аргдеш болх кхид1а а д1ахьо. Берийн тидам къамелехь хандешнех, билгалдешнех, лач дожаршкахь ц1ердешнех пайдаэцарна т1е берзабо. 3-чу классехь меттан лингвистически, культурни кхетамашна т1еберзабо. 1амийнчу материала т1ехь юкъара маь1на до: ц1ердашах, билгалдашах, ц1ерметдашах, хандашах, дешт1аьхьенах юкъара кхетам ло. Оьрсийн маттахь род ю, хандешнаш яххьашца а хийцало. Вайн маттахь ц1ердешнийн кхо класс ю (божарийн, зударийн, кхийолу). Церан предлогаш ю, вайн - дешт1аьхьенаш. Х1ара а, меттан кхин а башхаллаш тидаме эца езар ю. Нийсаяздаран бакъонийн а, царах нийса пайда эцаран буха т1ехь кхоллало дешархочун йозанан, шех нийса олуш долу къамел. Цу декъехь алсам тидам т1ебохуьйту 1аморан сочиненешна а (ши х1ума юстарца йовзийтар, суртх1отторан кепехь дийцар), 1аморан декъера изложенешна а.

    3. чу классехь а, кхул хьалха йолчу классехь санна, коьрта 1алашо дешархойн барта а, йозанан къамел кхиор ю, гонахарчу дахарх болу хаамаш шорбеш, ши мотт (оьрсийн, нохчийн) анализ, синтез ян хаарца а, бустуш талларца а доьзна долу дешархойн лингвистически хаарш к1арг а деш. Кху кепара сочиненеш язъян хаар а карадерзон там болуш ду ( ойлаяран кеп шеца йолу дийцар, ши х1ума вовшашца юстуш язъен сочинени, суртх1отторан кеп шеца йолу сочинени-дийцар).

Комплексно къамел кхиоро шена чулоцу:

-школехь а, школал арахьарчу дахарехь а т1екареш д1акхехьа оьшучу барамехь ладог1а а, къамел дан а, еша а, яздан а карадирзина хилар;

-юьхьанцара школа чекхъяьккхича кхид1а а деша таро лучу кепара а, вовшашка парг1ат бистхила аьтто беш а болу дешнийн барам дешархочун хазнехь хилар;

-къамелан диалогически кеп практически карайирзина хилар (къамел дар, къамелаца къовсам д1абахьар); дешар т1ехь а, юкъарчу декъехь къамелехь оьздангалла ларъян хаар: салам- маршалла хаттар, 1одикаяр, баркалла алар, дехар дар;

-монологически къамелан т1еххулара форманаш карайирзина хилар: бинчу балхах лаьцна барта жам1 дар, цхьана билггалчу теманах лаьцна шена хетарг алар, планан а, хаттарийн буха т1ехь шен тексташ кхоллар;

-дешархойн къамел дан хааран хьуьнарш кхиор, шен маттахь вистхила а, вовшашца къамеле вала а хаар, кхид1а деша хьуьнар хилар;

-нохчийн мотт дуьнене болу хьежам совбаккхарехь а, кхечу культурашца з1е тасаран оьшуш болу г1ирс хилла д1ах1отта безаш хиларх кхетар.

Барта къамел кхиъна а, ешар карадирзина хиларал сов, дешархойн йозанан къамел, цуьнан хат1 карадерзоран хаарш а хила деза.

Юьхьанцарчу классашкахь йоза яздан 1аморан декхар дешархошкахь х1ара карадерзораш, шардарш кхиор ду:

- нохчийн дешнаш, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш, яккхий йоцу йозаелла тексташ т1ера нийса схьаязъян хаар;

-ладог1арца орфографически а, пунктуационни а бакъонаш ларъярца текст нийса д1аязъян хаар;

-шен дозаделла йозанан къамел кхиъна хилар (хаттаршна жоьпаш дала, 1аморан изложенеш а, сочиненеш язъян хаар).

Йозанан белхаш кхочушбеш тидаме эца деза иштта х1ора беран каллиграфически кхачамбацарш а: элпан д1асатаь1на хилар, цуьнан лекхалла а, шоралла а, сизал арадалар, элпан сурт талхийна хилар и д1. кх. а. Цу 1алашонца тетрадаш т1ехь элпийн хила ма-еззара йолу кепаш яла еза, церан вукху элпашца хоттадалар муха хила деза а гойтуш (1-чу классехь х1ора дешархочун тетрадаш т1ехь, 2-4 классашкахь- хаьржина).

Ц1енаяздаран урокашкахь кхочушбечу белхан барам 1-чу классехь 1 мог1анал лахара хила ца беза, 2-чу классехь- 3 мог1анал, 3-4 классашкахь- 3мог1анал.

Йоза яздан 1аморан г1уллакх чекхдолу дозуш долу къамел кхиоран хаарш, шардарш карадирзинчул т1аьхьа. Йозанан къамел кхиор 1-чу классехь дуьйна хаддаза д1адахьа деза тайп- тайпана кечамбаран упражненеш кхочушъярца. И упражненеш т1ехьажийна хила еза предложенеш нийса х1итто а, билггала, оьшшуш долу дешнаш далорца шен ойланаш йоцца, кхеташ а, царна юкъара бахьанин а, т1аьхьалонан уьйрийн кхетам луш, яло хаарна а.

Талламан диктантийн, 1аморан изложенийн, сочиненийн дешнийн барам 1-4 классашкахь школан тайпане хьаьжжина, хийцалуш хила беза, амма юккъерчу хьесапехь иштта хила тарло:

Белхан тайпа

1-ра класс

2-г1а класс

3-г1а класс

4-г1а класс

диктант

5-25

25-30

35-40

60-65

изложени

-

25-30

55-65

80-90

сочинени

-

20-30

40-50

70-80



1аморан а, талламан йозанан белхашна (хаттаршна жоьпаш, изложени, сочинени, диктант и д1. кх. а.) билгалдо к1ирнах 1 сахьт. И сахьт нохчийн маттана (грамматика, ешар) леринчу сахьташна юккъера схьаоьцуш ду. Изложенеш а, сочиненеш а 1аморан кепара хила еза. Бакъду, 4 классехь 1 талламан изложени язйойту. Изложенийн, сочиненийн тематика еххачу хенахь йовзийтинчу лексически темица йог1уш хила еза.

Нохчийн мотт 1аморехь кхиамаш хир бу, нагахь санна оьрсийн маттахь дешархоша карадерзийнчу хааршна т1етевжаш 1амош белахь. Масала, цхьатерачу грамматико- орфографически хиламех пайдаэцарца (аз, элп, мукъа, мукъаза аз боху кхетамаш; доккха элп; дош сехьадаккхар; предложених, дешдекъах, дашах болу кхетамаш и д1. кх. а.). Цара г1о дийр ду кхиамца материал караерзорехь а.

4 класс чекхйоккхуш дешархочунна нохчийн мотт тоъъал 1емина хила беза, кхид1а а деша аьтто бечу а, берийн вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьа таро лучу а барамехь.

Тематически планашкахь нохчийн мотт кхаа декъехь балийна бу: хьалхарчу декъехь теоретически хаамашца йозаелла теманаш а, ситуацеш а ю; шолг1ачу декъехь хьалхарчу пунктехь билгалйинчу темица йозаелла маттах лаьцна коьчал ю; кхоалг1ачу декъехь дешархочо кхочушден г1уллакхаш ду довзуьйтуш.

Систематически курс (практически караерзор) Кечамбаран мур (барта)

1. Коммуникативни г1уллакхаш кхиорца доьзна хаарш карадерзорна коьчал

Вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьаран теманаш, хьелаш. Алсам пайда оьцу тема-доьзал, 1ер-дахар, дешаран, дешархочун, хьехархочун юкъаметтигаш. Х1ора муьрана тема

билгалйо гонахарчу дахарна юкъара хиламаш билгалбахархьама. И бахьана долуш кхоллаяла тарло текст 1амочу маттехь. Бакъду, кхоллалучу хьелашка хьаьжжина теманаш кегийчу теманашка екъаяла а тарло, уьш а х1ора муьрехь шайн башхаллаш йолуш хир ю. Масала, юьхьанца алсам пайда оьцург ловзаран кепара тема елахь, мотт караберзарца доьзна и теманаш дешаран, х1ума довзаран декъаца а йоьзна хир ю т1аьхьа.

  1. Меттан материал, теманашца а, хьелашца йозаелларш, меттан т1ег1анашца билгалйина ю: лексика, фонетика, грамматика.

Лексически цхьааллаш караерзор шен-шен муьрехь д1ахьо, 1амош йолчу темига а, хьелашка а хьаьжжина.

Фонетика йовзийтар алсам шайх пайда оьцучу къамелан аьзнаш довзийтарца а, царах дешдакъош а, дешнаш а кхолларца гайтина. Нийсаяздаран пропедевтически курс ялийна йоза- дешар 1аморан декъехь. Цул т1аьхьа и курс систематически хуьлий д1ах1утту.

Грамматика йовзийтина типовой шайх олучу конструкцешца а (къамелан кепаш), царна беллачу кхетамашца а: дешархошна карайирзина хила еза грамматически кепаш.

  1. Текстийн коьчал.

Х1ума довзаран а, 1ер-дахаран а, ловзаран а кепара дешар 1аморан тексташ. Исбаьхьаллин тексташ (стихаш, туьйранаш, дийцарш) 1амийнчу темица а, хьелашца а йозаелла йолу.

  1. Культура кхиоран декъехула йолу коьчал:

-тайпа, тукхам;

-ц1е, ден ц1е;

-нохчийн а, т1еэцна а ц1ерш;

- тайп-тайпанчу къаьмнийн ловзарш.

Йоза-дешар 1амор

    1. Коммуникативни г1уллакхаш кхиорца доьзна хаарш карадерзорна коьчал

Вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьаран теманаш: доьзал, 1ер-дахар, 1илманан (берана самукъане а, пайден а хир йолчу кепара), ловзаран.

Теманаш: Школа. Доьзал. 1алам (ораматаш, дийнаташ). Стоьмаш, хасстоьмаш. Деза денош. Вина (йина) де (сан, сан гергарчеран, доттаг1ийн). Даймохк. Г1ала. Юрт. Вайн Республика, вайн мохк.

    1. Маттаца доьзна хаарш кхиоран коьчал.

Лексика: дош, цуьнан маь1на. 1амош йолчу теманашца дозаделла дешнаш карладахар а, жигарадахар а.

Фонетика а, орфоэпи а: аз хазарца къастор, мукъанаш, мукъазнаш, къоранаш, зевненаш нийса алар а, яздар а. Т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела элпаш билгалдар.

Грамматика: дожарийн маь1на; къамелан дакъош; предложенеш: цхьанах1оттаман, шинах1оттаман (кху кепара: ц1ердош +билгалдош+ хандош); диалогически цхьааллаш: хаам -хаттар - ж оп.

Текстаца йозаелла коьчал

1аморан тексташ 1ер-дахаран кепара. 1амош йолчу теманашца йог1у дешаран, х1ума довзаран тексташ. 1амош йолчу теманашца йог1у дийцаран кепара исбахьаллин тексташ (стихаш, туьйранаш, дийцарш).

4. Культура кхиоран декъехула йолу коьчал:

  • х1ума юуш лело деза г1иллакх;

  • чохь, арахь лело деза г1иллакх;

  • ц1ахь кхобу дийнаташ (тайп-тайпанчу къаьмнийн);

  • ц1ахь кхобучу хьайбанашна а, дийнаташна а техкина ц1ерш.

Барта а, йозанан а къамел кхиор. Абатал т1аьхьара мур

  1. Коммуникативни г1уллакхаш кхиорца доьзна хаарш карадерзорна коьчал

Вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьаран теманаш: ловзаран, 1ер-дахаран, дешаран.

Теманаш: Ц1а. Доьзал. Вовшийн довзар. Школа: урок, перемена, каникулаш. Адам а, могушалла а. Дийнан хан, шеран хан, беттийн ц1ерш. Туьканахь, школан буфетехь, нохчийн къоман даарш. Транспорт. Туька: эцар, мах д1абалар. Хьуна хазахетарг.

  1. Маттаца доьзна хаарш кхиорна лерина коьчал.

1амочу темица доьзна долу дешнаш карладахар а, жигарадахар а. Т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела аьзнаш: ф, ы, ё, щ.

Грамматика: х1окху дешнашца йолу (мегар ду, мегар дац) предложенеш, цхьанатайпанарчу меженашца йолу предложенеш. Диалогически цхьааллаш: хаам-хаттар-хаам, хаттар-жоп-хаттар.

Дилогически кепара х1ума довзийтарх лаьцна йолу 1аморан тексташ, 1амочу темица дог1учу туьйранашна а, берийн произведенешна т1ера а дакъош.

4. Культура кхиоран декъехула йолу коьчал:

-типологически гергара долу нохчийн, оьрсийн туьйранаш;

- вайн къоман сувенираш;

-Россин къаьмнийн деза денош;

-нохчийн къоман даарш;

-Россин халкъийн г1иллакхаш а, ламасташ а.

Комплексно къамел кхиор. Грамматикин а, орфографин а пропедевтически курс.

    1. Коммуникативни г1уллакхаш кхиорца доьзна хаарш карадерзорна коьчал

Вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьаран теманаш: 1ер- дахаран, дешаран, 1илманан-х1ума довзийтаран, социальни.

Теманаш: шеран хенаш (аьхке, гуьйре, 1а, б1аьсте). Нохчийн поэташ а яздархой, дукхаеза книга, халкъан туьйранаш. Космонавтика. Культурехь, 1илманехь, техникехь баьхна кхиамаш. Толаман де.

    1. Маттаца доьзна хаарш кхиоран коьчал.

1-3-чуй классашкахь фонетикехула, морфологехула, грамматикехула карадерзийна хаарш, шардарш жигарадахар. Синонимех, антонимех болу кхетам. Къамелан дакъош: ц1ердешнийн легарш; хандешан билгалза кеп, хенаш; билгалдешнийн дожар; яххьийн ц1ерметдешнаш, куцдешнаш, масаллин, рог1аллин терахьдешнаш. Предложенин цхьанатайпанара меженаш. Чолхе предложени (ткъа, амма, делахь а) хуттургашца.

Графика: элпийн ц1ерш, доккха элп адамийн, г1аланийн ц1ерашкахь. Орфографи. Пунктуаци. Къамел кхиор: диалогехь дакъалаца а, доцца монологически аларш а, чолхе йоцу йозанан тексташ а х1итто а, орфографически, пунктуационни а бакъонаш ларъеш яздан а хаар. Юьхьанцарчу школехь дешна волуш кхид1а а деша кийча волуш кхиийна хилар.

    1. Культура кхиоран декъехула йолу коьчал:

-нохчийн ц1ерш, фамилеш;

-нохчийн къоман ловзарш а, ловзоргаш а;

-нохчийн берийн эшарш;

-нохчийн халкъан деза денош, ламасташ, г1иллакхаш;

-нохчийн къоман даарш.





















33




Самые низкие цены на курсы переподготовки

Специально для учителей, воспитателей и других работников системы образования действуют 50% скидки при обучении на курсах профессиональной переподготовки.

После окончания обучения выдаётся диплом о профессиональной переподготовке установленного образца с присвоением квалификации (признаётся при прохождении аттестации по всей России).

Обучение проходит заочно прямо на сайте проекта "Инфоурок", но в дипломе форма обучения не указывается.

Начало обучения ближайшей группы: 27 сентября. Оплата возможна в беспроцентную рассрочку (10% в начале обучения и 90% в конце обучения)!

Подайте заявку на интересующий Вас курс сейчас: https://infourok.ru

Общая информация

Номер материала: ДA-023059

Похожие материалы

2017 год объявлен годом экологии и особо охраняемых природных территорий в Российской Федерации. Министерство образования и науки рекомендует в 2017/2018 учебном году включать в программы воспитания и социализации образовательные события, приуроченные к году экологии.

Учителям 1-11 классов и воспитателям дошкольных ОУ вместе с ребятами рекомендуем принять участие в международном конкурсе «Законы экологии», приуроченном к году экологии. Участники конкурса проверят свои знания правил поведения на природе, узнают интересные факты о животных и растениях, занесённых в Красную книгу России. Все ученики будут награждены красочными наградными материалами, а учителя получат бесплатные свидетельства о подготовке участников и призёров международного конкурса.

Конкурс "Законы экологии"