Инфоурок География Рабочие программыРАБОЧАЯ ПРОГРАММА по учебному предмету Чеченский язык 10-11 классы

Презентация по истории. Тема: Битва за Москву (10-11 класс)

Файл будет скачан в форматах:

  • pdf
  • pptx
  • mp4
103
75
02.12.2024
Разработок в маркетплейсе: 31
Покупателей: 552

Настоящая методическая разработка опубликована пользователем Нойкова Елизавета Александровна. Инфоурок является информационным посредником

Данная презентация предназначена для углублённого изучения истории Великой Отечественной войны. Материал предназначен и подходит для учащихся 10-11 классов, для изучения на уроках и для подготовки к ЕГЭ. Весь материал создан в едином стиле оформления, с множеством иллюстраций и источников. В zip-файле вы найдете ролик "Речь Сталина" для дополнения к уроку

Краткое описание методической разработки

Данная презентация предназначена для углублённого изучения истории  Великой Отечественной войны. Материал предназначен и подходит для учащихся 10-11 классов, для изучения на уроках и для подготовки к ЕГЭ. Весь материал создан в едином стиле оформления, с множеством иллюстраций и источников. В zip-файле вы найдете ролик "Речь Сталина" для дополнения к уроку

РАБОЧАЯ ПРОГРАММА по учебному предмету Чеченский язык 10-11 классы

Скачать материал

 

Приложение № 1

к ООП СОО

ФГОС СОО

 

 

 

 

 

 

 

 

РАБОЧАЯ ПРОГРАММА

по учебному предмету

Чеченский язык

10-11 классы

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Довзийтаран кехат

  Российски Федерацин дешаран а, 1илманан а Министерстван омрица резахилла                                               31 декабрехь 2015ш. № 1578 «Федеральни пачхьалкхан дешаран стандарт коьрта юкъара дешар юкъадалор, хийцамаш бар т1еч1аг1дина , 1илманан министерство                                             17 май  2012 ш. № 413»

10-11-чу  классашна нохчийн маттана лерина долу х1ара документ кхоьллина юкъара дешаран а, коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программин буха т1ехь. Программо предметан чулацам схьа а боьллу, бовза а бовзуьйту, билгалбоккху. Белхан программо, нохчийн мотт 1аморан 1алашонца цхьаьна а дог1уш, дешархой кхиоран, кхеторан, 1аморан а юкъара некъаш довзуьйту.

Дешаран хьукматехь мотт хьехаран методех кхетаме пайдаэцар на хилча цаторуш ду.

Меттан цхьанатайпанарчу а, цхьанатайпанар доцчу а, терачу а, вовшех дозуш долчу а бакъдолчаьрца дустар далоран кепаш мотт хьехаран балха т1ехь пайде а, дика сурт х1оттош а, берашна к1орггера хаарш луш а, мехала а ю. Ч1oгIa мехала ду оьрсийн меттан бакъдолчаьрца ненан меттан бакъдерш дустаран кепах пайдаэцар.

Нохчийн меттан хьехарсахьташкахь тидаме эца деза дешархойн бартан къамел, цара тайп-тайпанчу ткоьчалех лаьцна хаамаш бар, иштта церан говзаллин башхаллаш ган а, йовза а еза.

Ненан мотт хьехарехь литератураца уьйр латтош дешархой 1амор, уьш кхетош-кхиор доккха маь1на долуш ду.

Меттан занятешкахь дешархойн жигаралла йозу цара кхочушбечу белхан хаарш кхиоран барамах. Методически лехам ларало ненан меттан хьехарсахьтан болх д1абахьарехь дешархойн ойлаяран а, кхетаран а хьуьнар кхиор. Муьлхха а коьчал 1аморехь xlopa дешархочун кхетаран а, кхиаран а таронаш оьшучу барамехь гучуяха еза.

Дешархойн 1аморан а, кхетаран а хьуьнар совдаккхарехь доккха маь1на  долуш ду тайп-тайпанчу гайтаман г1ирсех пайдаэцар (таблицех, суьртех, технически (говзаллин)  г1ирсех).  Дешархойн бартан, йозанан а кхиор ненан меттан  а,  литературин а – шина а предметан юкъара дакъа ду.

Нохчийн мотт дешархо къоман гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь кхиорехь,  цуьнгахь кхидолчу къаьмнашка лерам   хилийтаран коьрта чIагIо а ю.

Дешаран декхарш кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду.   

Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна.

 

10-чу классехь нохчийн мотт к1иранах 2 сохьтехь хьеха лерина ю программа.

11-чу классехь нохчийн мотт к1иранах 1 сохьтехь хьеха лерина ю программа.

           

 Джамалханов З.Д., Чинхоева  Т.Н.  «Нохчийн мотт»  10-11-чуй классашна 1амат.  Грозный  2002  

шо.

    

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

1.Планируемые результаты (Предмет 1аморца доьзна долу жам1аш)

Базовый уровень

Нохчийн мотт – иза нохчийн къоман а, Нохчийн республикин пачхьалкхан а мотт а, къоман историн, культурин бух а бу. Мотт адамийн дахарехь уггаре мехала гIирс бу. Цуьнца доьзна ду къоман кхиар а.

Юккъерчу юкъарадешаран хьукматехь ша-тайпа меттиг дIалоцу нохчийн матто. Иза  вовшашца юкъаметтигаш дIакхехьарехь, гонахара дахар довзарехь, кхетош-кхиорехь мехала гIирс бу. Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гlo до берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гlo до гонахарчу дуьнене болу кхетам а, цунах лаьцна долу хаарш а шордан а, боккхачу кхиамца оьрсийн а, кхи долу меттанаш а, дешаран предметаш а 1аморехь ненан маттехь г1ортор каро а. Цу шина матго дешар 1аморехь, кхетамца кхиарехь бокхха аьтто бо.

Хьехархо декхарийлахь ву нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна йовзийта а, берашкахь ненан матте безам кхио а. Цуьнца цхьаьна хьехархочо кхочушдан деза патриотизман, халкъийн доттаг1аллин ойланехь дешархой кхетош-кхиор. Ишколехь ненан мотт хьехар меттан 1илманан буха т1ехь д1ахьош хила деза.

Дешаран хьукматехь мотт хьехаран методех кхетаме пайдаэцар на хилча цаторуш ду.

Меттан цхьанатайпанарчу а, цхьанатайпанар доцчу а, терачу а, вовшех дозуш долчу а бакъдолчаьрца дустар далоран кепаш мотт хьехаран балха т1ехь пайде а, дика сурт х1оттош а, берашна к1орггера хаарш луш а, мехала а ю. Ч1oгIa мехала ду оьрсийн меттан бакъдолчаьрца ненан меттан бакъдерш дустаран кепах пайдаэцар.

Ненан матте дешархойн безам кхиор лакхадаккхар ца хилча ца торуш ду. Цуьнца цхьана ненан мотт хьехар д1ах1отто деза, дагахь ца 1амош, маь1нех кхетарца к1орггера хаарш долуш дешархой  хирриг – нийсий, говзий.

Ненан мотт хьехаран декхар кхочушдарехь хьехархо декхарийлахь ву орфографи, пунктуаци, къамел кхиоран г1уллакхийн бух д1ах1отточу 1илманан хаттаршна т1е коьрта тидам хьовзо: аьзнийн а,элпийн а таллам бан, дешан х1оттам талла, къамелан дакъош кьесто, предложенехь дешнийн уьйр нисъян хаа, предложенин д1ах1оттам бовза, и. д1. кх. а.

Меттан 1илманан хаамаш 1амийна караберзор хила деза меттан бакъдерш, церан тайпанаш, церан башхаллаш къесторций, талларций, церан маь1наш к1орггера хаарций, предложенеш фонетически а, морфологически а, синтаксически а, орфографически а, пунктуационни а, лексически а талларций, орфограммаш, пунктограммаш бакъонца кьасто а, йовзийта а 1аморций.

Ненан меттан хьехархочун коьртачарах цхьа декхар ду йоза нийса яздан 1амор а, карадерзор а.

Нохчийн меттан хьехарсахьташкахь тидаме эца деза дешархойн бартан къамел, цара тайп-тайпанчу ткоьчалех лаьцна хаамаш бар, иштта церан говзаллин башхаллаш ган а, йовза а еза.

Ненан мотт хьехарехь литератураца уьйр латтош дешархой 1амор, уьш кхетош-кхиор доккха маь1на долуш ду.

Меттан занятешкахь дешархойн жигаралла йозу цара кхочушбечу белхан хаарш кхиоран барамах. Методически лехам ларало ненан меттан хьехарсахьтан болх д1абахьарехь дешархойн ойлаяран а, кхетаран а хьуьнар кхиор. Муьлхха а коьчал 1аморехь xlopa дешархочун кхетаран а, кхиаран а таронаш оьшучу барамехь гучуяха еза.

Дешархойн 1аморан а, кхетаран а хьуьнар совдаккхарехь доккха маь1на  долуш ду тайп-тайпанчу гайтаман г1ирсех пайдаэцар (таблицех, суьртех, технически (говзаллин)  г1ирсех).  Дешархойн бартан, йозанан а кхиор ненан меттан  а,  литературин а – шина а предметан юкъара дакъа ду.

Нохчийн мотт дешархо къоман гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь кхиорехь,  цуьнгахь кхидолчу къаьмнашка лерам   хилийтаран коьрта чIагIо а ю.

Дешаран декхарш кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду.   

Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна.

10-чу классехь нохчийн мотт к1иранах 1 сохьтехь хьеха лерина ю программа.

 

Юккъерчу юкъарадешаран хьукматехь нохчийн мотт Iаморан Iалашонаш:

 

– нохчийн мотт  Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт санна карберзор;

– хинцалерчу 1илманан керла кхиамаш а, ненан меттан хьехархойн балха техь зеделларг а тидаме эца дезар;

– вовшашца тIекаре  ян а, вовшех кхеташ хила а кийча а болуш, тайп-тайпанчу хьелашкахь литературни норманаш ларъеш, къамелан тайп-тайпанчу кепех пайда эца хаар карадерзор;

– нохчийн матто кхочушдечу гIуллакхах а, цуьнан дIахIоттамах а, литературни  норманех а долу  хаарш карадерзор;

– ненан меттан гоьнца дешархой гиллакх-оьздангалла йолуш кхетош-кхиор а, уьш ойлаян амор а, церан юкъара кхиар лакхадаккхар;

– ненан меттан литературни къамелан стилистически норманаш тидаме а оьцуш, ненан маттахь хьехар, коьртачу декъана, дозуш долчу къамелах шуьйра пайда оьцуш дIахIоттор;

– нохчийн матте терго а, шовкъ а, къоман синъоьздангаллин мехалле санна цуьнан тIалам бан безаран  кхетам а, кхечу къаьмнийн векалшца къинхетаме а, машаре а хила везар кхиор;

– Россин пачхьалкхан гражданин ша хиларан кхетам дешархочуьнга кхачор.

 

 

10-г1а класс чекхъяьккхинчарна хаа дезарг

 

Нохчийн  мотт  1амийначу  дешархочуьнгахь  хила  деза  хаарш:

 

– нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а,  пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар;

– нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу  меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар;

– вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайда эца кийча хилар;

– къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

– шен къоман а, РФ-цехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара  культура а йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар.

– барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

– тайп-тайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар  карадерзор;

– билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

– тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар.

 

11-г1а класс чекхъяьккхинчарна хаа дезарг

Нохчийн  мотт  1амийначу дешархочуьнгахь  хила  деза х аарш:

– нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а,  пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар;

– нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу  меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар;

– вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайда эца кийча хилар;

– къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

– шен къоман а, РФ-цехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара  культура а йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар.

– барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

– тайп-тайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар  карадерзор;

– билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

– тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар;

– шенна хаарш лаха а, карадерзо а хаар;

– тайп-тайпанчу хаамийн хьостанашца,  интернетан  гIирсашца а цхьаьна, болх бан а, справочни литературех а пайда эца хаар;

– билгалйинчу темина коьчал схьахаржа а, иза цхьана къепе ерзо а хаар; таллам бан а, цхьаъ вукхуьнца юста а, схьагайта а, жамIаш дан а, юкъара маьIна даккха а, шена хетарг тIечIагIдеш, делил дало а хаар;

– оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайда эца хаар;

– ша дечу къамелан терго яран хаарш  карадерзор;

– меттан башхаллех пайда эца хааар ( нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературин урокашкахь).

 

Юккъера юкъарадешаран ишкол чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза предметни жамIаш:

базови кхетамаш караберзор: мотт а, къамел а, барта а, йозанан а къамел, диалог, монолог, къамел даран хьелаш, литературни меттан норманаш, текст, меттан система: фонетика, орфоэпи, лексика, фразеологи, дешан хIоттам, дошкхоллар, морфологи, синтаксис, орфографи, пунктуаци;

нохчийн меттан коьрта меженаш а, церан билгалонаш а евзаш хилар, дешан, дешнийн цхьаьнакхетарийн, предложенийн  тайп-тайпана таллам  бан хаар;

юкъаметтигаш а, хьелаш а тидаме а оьцуш, шен къамелехь нийса меттан дакъойх пайда эцар;

нохчийн меттан фонетически, лексически  системийн, грамматически дIахIоттаман коьрта башхаллаш евзаш хилар;

нохчийн литературни меттан норманаш а, къамелан оьздангалла а евзаш хилар а, барта а, йозанан а аларех  шен  къамелехь пайда эца хаар;

тайп-тайпанчу лингвистически а, ткъа иштта шинаметтан а словарех пайда эца хаар;

тайп-тайпанчу жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ юкъарчу чулацамах кхеташ  еша  хаар: исбаьхьаллин (стихаш, эшарш, дийцарш, романийн, повестийн дакъош), дешаран-Iилманан (1аматаш, хрестоматеш  тIера тексташ), Iилманан-гIараевлла (шуьйра девзаш долчу журналаш тIера статьяш), публицистически (хроника, информационни хаам, комментари), гIуллакхан (анкеташ, тоьшаллаш и дI. кх. а);

лергана хазарехь юккъерчу барамехь (хьехархочун, телевиденин, радион дикторан къамел) бовзуьйтучу хаамах кхетар;

юкъаметтигаш дIакхехьаран тайп-тайпана  хьелаш тидаме а оьцуш, массо кепара жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ кхоллар; къамел долоран юьхь шегахь а йолуш, Iер-дахаран, дешаран, социокультурни  теманашна  гIиллакхехь диалогаш дIаяхьа хаар;

хаамийн хьостанах  санна пайда эцарца текстаца болх бан а, текстан массо кепара анализ ян а,  текстан хаамийн коьрта  кепаш  плане, тезисе, конспекте а юхакечъян хаар;

текстан дакъош нохчийн маттера оьрсийн матте  гочдар.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

2.     Белхан  программин  чулацам

 

10 класс  70 сахьт

Мотт, цуьнан коьрта билгалонаш, маь1на.  Нохчийн мотт, цуьнан маь1на, исбаьхьалла                  (4 сахьт). 

Лексикологи (16 сахьт)

Нохчийн меттан дешнийн хазна. Омонимаш, синонимаш, антонимаш.Архаизмаш, историзмаш, неологизмаш.   Нохчийн меттан а, т1еэцна а дешнаш. Литературни меттан лексикан тайпанаш.  Литературни мотт а, диалекташ а.

Нохчийн меттан дошамаш 

 

Фонетиках хаамаш (8 сахьт)

Нохчийн алфавит. Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Мукъачу аьзнийн тайпанаш.

Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Доца шеконан мукъа аьзнаш (а, у, и).  Ч1ог1а а, к1еда а, деха, доца, балдийн, балдийн доцу мукъа аьзнаш. Дешдакъа 

 

Морфологи а,  орфографи а (8 сахьт)

Нохчийн орфографих лаьцна хаамаш.  Доккха элп яздаран бакъонаш.  Дош сехьадаккхаран бакъонаш.  Дешан латтам.  Схьадевлла, схьадовлаза дешнаш   

 

Къамелан дакъош (26 сахьт)

Ц1ердешнийн легарш, церан нийсаяздар.

Билгалдешнийн легарш, церан нийсаяздар.

Терахьдешнийн кхолладалар, легар, нийсаяздар.

Ц1ерметдешнийн легар, нийсаяздар.

Хандешнийн хенийн чаккхенаш нийсаяздар.

Куцдош, цуьнан тайпанаш, нийсаяздар.

Дешт1аьхье, цуьнан нийсаяздар.

Хуттургаш, церан тайпанаш, нийсаяъяр.

Дакъалгаш, церан тайпанаш, нийсаяздар.

Айдардешнаш, церан тайпанаш, нийсаяздар

Талламан болх (4 сахьт)

Кхоллараллин белхаш (4 сахьт)

 

 

11 класс (35 сахьт)

Синтаксис, пунктуаци (10сахьт)

Цхьалхе предложени

I.  Дийцаран, хаттаран, айдаран, т1едожоран предложенеш .
Предложенехь дешнийн синтаксически уьйр а, цуьнан тайпанаш а.

Подлежащиний, сказуеминий юккъехь тире.

Цхьалхечу предложенин кепаш къесто хаар: юьхьан а, билгала-юьхьан а, билгала-юьхьан а, юкъара-юьхьан а, юьхьаза а, юьззина а, юьззина йоцу а предложенеш 

Предложенин цхьанатайпанара меженаш, церан нийсазъяр. Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш .

Предложенин шакъаьстина меженаш. Причастин, деепричастин карчамаш, церан нийсаязбар. Шакъаьстина юххедиллар, цуьнан нийсаяздар.

Латтаман дурс, цуьнан нийсаяздар.  Юкьадало дешнаш, предложенеш, т1едерзар, айдардешнаш, церан нийсаяздар. Дешнаш-предложенеш  х1аъ, х1ан-х1а .

II.        Йозанехь цхьалхечу предложених нийса пайдаэца хаар.

Чолхе предложени (7сахьт)

Чолхе - цхьаьнакхетта предложени а, цуьнгахь хуттургаш а, сацаран хьаьркаш а.

Чолхе-карарчу предложенех кхетам балар.  Чолхе-карарчу предложенехь карара хуттургаш а, хуттурган дешнаш а.

Т1етуху предложенийн грамматически билгалонаш.

Т1етуху предложени, цуьнан карчамаш. Т1етуху предложени а, т1етухучу предложенин карчам, кепаш, схемаш.

Шина я масех т1етуху предложенешца чолхе-карара предложенеш.

Цхьанакарара т1етуху предложенеш. Хьалха-т1аьхьаллин кепара  т1етуху предложенеш.

Ийна  чолхе предложенеш а, къамелан мур а .

Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш (3 сахьт)

Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь ц1оьмалг, ц1оьмалгаца т1адам,  шит1адам, тире.

Ма-дарра а, лач а къамел (5сахьт)

Ма-дарра а, лач а къамел довзийтар. Ма-даррачу кьамелехь сацаран хьаьркаш х1иттор. Ма-дарра къамел лач къамеле дерзоран некъаш а, бакьонаш а. Цитаташкахь сацаран хьаьркаш х1иттор.

Нохчийн меттан суртх1отторан г1ирсаш а, исбаьхьаллин башхаллаш а.

Пунктуаци(3сахьт)

Йозанехь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш: т1адам, хаттаран хьаьрк, айдаран хьаьрк, дукхат1адамаш, ц1оьмалг,  ц1оьмалгаца т1адам, шит1адам, тире, къовларш, маь1алгаш  .

Талламан болх (4 сахьт)

Кхоллараллин белхаш (3 сахьт)

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

3.     Дешаран-темин хьесап

10 класс

 

Хьеха билгалдинарг

   Сахьт

1

Нохчийн мотт                                                                                          

2

2

Лексикологи                                                                                             

16

3

Фонетиках хаамаш                                                                                 

8

4

Морфологи а,  орфографи а                                                                   

8

5

Къамелан дакъош                                                                                   

26

6

Талламан белхаш                                                                                     

4

7

Кхоллараллин белхаш                                                                            

4

8

Дерриге                                                                                                   

70

11 класс

 

 

Хьеха билгалдинарг

   Сахьт

1

Синтаксис, пунктуаци, цхьалхе предложени                                         

10

2

Чолхе предложени                                                                              

7

3

Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш                                                     

3

4

Ма-дарра а, лач а къамел                                                                          

5

5

Пунктуаци                                                                                                  

3

6

Талламан белхаш                                                                                 

4

7

Кхоллараллин белхаш                                                                               

3

8

Дерриге                                                                                                       

35

 

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "РАБОЧАЯ ПРОГРАММА по учебному предмету Чеченский язык 10-11 классы" Смотреть ещё 5 104 курса

Методические разработки к Вашему уроку:

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 909 635 материалов в базе

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 03.10.2020 1190
    • DOCX 36.5 кбайт
    • 27 скачиваний
    • Рейтинг: 1 из 5
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Шикиева Седа Абдулхамидовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Шикиева Седа Абдулхамидовна
    Шикиева Седа Абдулхамидовна
    • На сайте: 9 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 3
    • Всего просмотров: 170479
    • Всего материалов: 143

Оформите подписку «Инфоурок премиум»

Вы сможете бесплатно проходить любые из 5104 курса в нашем каталоге.

Перейти в каталог курсов

Мини-курс

Воспитание в образовательном процессе

2 ч.

699 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Комплексные технологии и управление качеством в металлургии

2 ч.

699 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Неорганическая химия

8 ч.

699 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 46 человек из 21 региона
  • Этот курс уже прошли 38 человек
Смотреть ещё 5 104 курса
Подарки