Нохчийн
мотт
Тема:
«элп Ъ- къасторан хьаьрк»
1алашо: элп Ъ мукъаза аз
билгалдеш хиларх лаьйна болу хаамаш т1еч1аг1бар. Ъ- элпо лелош болу шолг1а
некъ- къасторан хьаьрк- берашна бовзийтар, цунах йозанехь пайдаэца 1амор.
Билгалбаьхна кхиамаш
Метапредметни
Регулитивни: берашна
хуур ду урокан 1алашо билгалъяккха, шайна хьалха хьехархочо х1оттийна
проблемни т1едилларх кхета , цунах пайдаэца. Берашна хуур ду шайн белхан план
х1отто, цунах пайдаэца.
Коммуникативни:
берашна хуур ду хьехархочун хаттаржан жоьпаш дала, вовшашца къамеле бовла.
Берашна хуур ду шайн накъосташца тобанехь болх бан , шайна хетарг вовшашца
тала , масал далорца т1еч1аг1дан.
Познавательни: берашна
хуур ду элп Ъ пайда а оьцуш , йозанан корматалла совъяккха. Орфографически
тидам алсамбер бу. Ойлаяр , тидаме хилар кхуьур ду.
Личностни: берашна
хуур ду ненан мотт хаар , иза 1амор шайна пайдехь , оьшуш г1уллакх хилар.
Ненан мотт 1аморе лаам хир бу дешархойн.
Урок
д1аяхьар.
1. Ц1ера
болх таллар № 225 , аг1о 74.
-Муьхачу маь1нехь лела
Х1АЪ дашехь элп Ъ? (Цо мукъаза аз билгалдо)
2.1алашоне
кхиор.
Тобанашк дешнаш
декъар.
Уьн т1е д1аяздо дешнаш.
Зураъ, 1айнаъ,пхиъ,
язъеш, шелъеш, хьагъеш.
-Х1ун ду цу дешнийн
юкъара? (Массо а дашехь элп Ъ ду)
-Шина тобане декъа дешнаш.
-Муьлха дешнаш далийна
аша хьалхарчу тобане? (Зураъ, 1айнаъ,пхиъ)
-Муьлхачу билгалонашца
далийна аша уьш цхьана тобане? (Церан чаккхенгахь ду элп Ъ, цу
дешнашкахь элпо Ъ мукъаза аз билгалдо)
-Муьлха дешнаш далийна аша
шолг1ачу тобане? (Язъеш, шелъеш, хьагъеш)
-Муьлхачу билгалонашца
далийна аша уьш цхьана тобане ? (Церан элп Ъ дашна юккъехь ду , цо цъьа
а аз билгал ца до)
-Д1аяздер вай шолг1ачу
тобанера дешнаш диктантан хьесапехь.
-Х1ун хаа дели шуна элп Ъ
дашна юккъехь? (Цо аз билгал ца до)
-Нийса боху. Оцу
дешнашкахь элп Ъ къасторан хьаьркан маь1нехь лела)
-Стенах лаьцна дуьйцур дув
ай тахана урокехь?
-Вай 1амор ду элп Ъ.
Цуьнан шолг1а некъ бевзар бу- къасторан хьаьркан маь1нехь лелаш хилар.
3. Керла
тема хьехар.
1.Бакъо
таллар аг1о 74.
-Д1аеша 74 аг1он т1ера
бакъо.
-Муьлхачу маь1нехь лела
нохчийн маттахь элп Ъ? (къасторан хьаьркан маь1нахь)
-Х1ун гойту къасторан
хьаьрко? (Къасторан хаьрко гойту мукъа аз , мукъазчух д1ауьйш ца хилар)
-Муьлхачу меттехь яздо и
дашехь? (Мукъаза элпашна т1ехьа , мукъачаьрна хьалхахь)
-Даладел масалаш.
2.
Берашка шайга болх байтар.
Шардар №
226 , аг1о 74.
-Д1адеше т1едиллар. Муха
кхочушдан деза шардар ? (Къасторан хьаьркана к1ел сиз хьокхуш схьаязде
дешнаш)
Шардар №
227, аг1о 75.
-Д1адеша шардар . Муха
кхочушдан деза иза?
-Д1адеша хьалхара дош.
Муьлхачу меттехь яздина элп Ъ? (Мукъаза элпана т1ехьа , мукъачунна хьалха)
-Цо х1ун гойту? (Цо
гойту мукъаза аз мукъачуьнца д1ауьйш ца хилар)
,Д1аязде шардар.
2. Сада1аран
миноташ.
3. Керла
тема кхин д1а а хьехар.
А) Предложенех болу хаамаш
шорбар.
Шардар № 229, аг1о 75.
-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочуш
дан деза шардар? (Йоьхна предложенеш нисъян еза)
-Кхин х1ун дан деза ? (Къасторан
хьаьркашна буха сиз хьакха деза)
-Д1адеша хьалхарчу мог1анера
дешнаш. Мила ю цу т1ехь юьйцуш ерг? Хьанах лаьцна хир ю предложении? (Асетах)
-Асета муха? Х1ун ? дира? (Асет
кечъелла школе яхара_
-Д1аязъе шайн дагара
предложении- (Хьехархочо берашка таллархьамара уьн т1е д1а а язйо иза ,цул
т1аьхьа. Бераша шаьш язйинарг уьнтера чуьнца толлу)
-Д1адеша шолг1ачу предложенера
дешнаш. Стенах лаьцна хир ю вайн предложении? (Могашаллех лаьцна)
-Х1ун дан деза могашаллина? (Могашалла
ларъян еза)
-Д1аязъе предложении.
-Д1адеша шолг1ачу мог1анера
дешнаш.
-Х1ун хила арахь? (Арахь ч1ог1а
шелъелла)
-Д1аязъе предложении.
Аь) Тобанашкахь болх бар.
1-ра тоба схьаязде элп Ъ
мукъаза аз хила лела дешнаш.
2-г1а тоба схьаязде элп Ъ-
къасторан хьаьркан маь1нехь лела дешнаш.
Хазъелла , шелъелла , шиъ,
1айнаъ, Асмаъ, Юшаъ, яцъелла , разъяьлла, юьстахъяьлла.
Б. Кхоллараллин болх.
Бераш аша язъян еза жима
сочинении элп Ъ лаьцна.
Элп Ъ шатайпана ду нохчийн
алфавиетехь. Цуьнан г1уллакхаш тайп- тайпана ду. Элпо Ъ билгалдо…..
(мукъаза аз) ,нагахь иза дашна т1ехьа нислахь . Масала……
Элп Ъ шолг1а некъ а лелабо . Из
алела …. (Къасторан хьаьркан маь1нехь) , нагахь сана иза мукъаза озана
т1ехьа, мукъачунна хьалхахь нислахь. Масала….
4. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
-Х1ун диси ца кхеташ?
-Х1ун ду шун дика нисделларг?
5.Жам1 дар.
-Маца до элпо Ъ мукъаза аз
билгал?
-Муьлхачу меттехь хилча билгалдо
элпо Ъ къасторан хьаьрк?
6.Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 228 , бакъа 74 аг1он
т1ера.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.