Разработка викторины по чеченской литературе на тему: Къовсам "Хаарийн б1ов"
Предпросмотр материала:
Нохчийн литература.
4 «Б» класс
Хьехархо: Моллаева Ф.А.
Къовсам: «Хаарийн б1ов»
Викторина
по чеченской литературе (14 вопросов и ответов)
1алашо: дешархойн литературе безам кхиорехь г1о хиларе
догдохуш, вай кечдина цаьрца д1абахьа тарлучу къовсамна хеттарш.
Къовсам д1абахьар:
- Маршалла ду шуьга лараме белхан накъости (тергамхой) иштта Нажин-Йуьртара Ахмедовн ц1арах ноьмар (лоьмар) №8 йолчу гимназин дешархой а.
Хьалхарчу чийрикехь нохчийн дешаран урокехь, 4 (йоьалг1ачу) классехь 1амийначу йаздархой, церан байташ, дийцарш, кицанаш хаарца болу къовсам.
Вайн къовсам д1аболор бу вай. Тахана вайн къовсамехь дакъа лоцуш йу ши тоба Аьтту аг1ор «Седарчий» ц1е йолу тоба, аьрру аг1о «Нур» ц1е йолу тоба а.
- Х1окха къовсадаларан бахьана х1у ду аьлча: нохчийн маттахь йолу произведенеш, байташ, дийцарш, йаздархой… хууш хилар иза моццал йуьхьк1амбу хаийтар вайн къоначу дешархошка.
Х1ора тобанна хьалха х1оттор ду цхьацца хаттар, оцу хаттарна жоп дала луш йерг цхьа минот хан йу. Йаздан дезаш долчу хаттарна ( иза 8 хаттар жимма хало ду, цунна 2 минот хан хир йу). Йиллина хан чукхйалале жоп кийча хилахь, тобанан тхьамдано горгали бекор бу.
Нийса жоьпаш даларе терра хуур ду муьлхачу тобанан муьлхачу барамехь баллаш йу.
Тобанан декъахоша луш долчу жоьпийн мах хадор бу вайн лерамечу тергамхоша.***
Вайн къовсаман-декъахойн дог-ойла
тойеш дош шуьга дукх лараме тергамхой.
1. Мила ву кху могIанийн автор?
«Бохьлекха Даймехкан лаьмнаш»
(«Мамакаев Мохьмад»)
2. Муьлхачу дийцар йукъара ду хIара дешнаш:
- Наташа, г1иллакхехь дац ахь дуьйцург! – бехк баьккхира Галина Спиридоновнас.
– Х1унда ца хууш бу Адамна шен мотт?!
(Мусаев Сулиман- «Орамаш»)
3.
Вийца кху могIанийн автор, йаккха уьш йукъахь долчу байтан цIе:
Уьш ч1аг1онна йина маццах-
Хазаллина ца йина.
Йаго г1ертарх мостаг1 ц1арца,
Ницкъ ца кхаьчна, висина
(Шайхиев
1алвади «Б1аьвнаш»)
4. «Ворх1 лам» дийцаран х1ор а ломан йаьккхина ц1е д1айазйе:
· Хьалхара лам бу хьуна – тешаме д…………...Доттаг1
· Шолг1а лам – адамаша вовшийн деш долу с…….Сий
· Кхоалг1а лам бу хьуна – адаман адамца болу л………….Ларам
· Боьалг1а лам – адамехь хила дезаш долу 1………….1илма
· Пхоьалг1аниг бу хьуна – сихцавеллачо баьккхина лам – с……..Собар
· Йалхалг1аниг – хьалхара пхи лам баьккхина ваьлча, хьан дагна хилла кх…………Кхаъ
·
Ворх1олг1а лам
бу хьуна – уггар а лекха лам г1……….. Г1иллакх
5. «Нашхара д1аоьхуш некъ беш гена,
Нохчийн наха йиллина йу Бена.
«Нохчмахке йу кху лаьттан ц1е», - бохуш,
Доладина цуьнан сий деш, лоруш.»
– Иштта могIанаш ду девзаш долчу вайн цхьана байта тIехь. Оцу дешнийн
автор мила ву а,цуьнан ц1е х1ун йу хьа эра дара?
(Ахмадов Муса «Нохчийн шира кхерчаш»)
6. Муьлхачу дийцарехь ду х1ара дешнаш, мила ву кхуьнан автор?
«…Ладог1ал д1огахь дог1учу шовдане. Дог1у и, самукъане хилла, ловзуш. Цо шовкъе
мукъам бо. Амма и мукъам цуьнан массо хенна цхьанаэшарехь ца хуьлу....»
(Макалов Шамсудди «Маьлхан хьехам»)
7. Х1ара вайн йаздархойн фамилийн хьалхара элпаш ду уьзуш дуьззина
д1айаздеш,цара йаздина байтин а йа дийцаран ц1ерашца д1айуза.
(масала.Г.-Гайсултанов 1умар,дийцар «1алам хаздан деза»
1)
Ш. (Шайхиев 1алвади. «Б1аьвнаш»)
2) Я. (Яралиев Юсуп «Ворх1 лам»)
3) С. (Саидов Билал «Б1аьсте»)
4) Ц. (Цуруев Шарип «Доттаг1ийн б1аьвнаш»)
5) Д. (Дикаев Мохьмад «Нохчийн х1усам»)
8. Нохчийнчоьнан коьрта библиотека стенгахь йу?
· Шолковскехь
· Соьлжа-Г1алахь
· 1аларахь
·
Нажин-Юьртахь
9. Шайгахь долу кицанан мог1анаш цхьаьна барамехь д1анисде.
- «Барт болу ши стаг йуьртал а тоьлла»
- «Вон ца гинчо, диканан хама ца бо»
- «ВорхI невцах жIаьла а ца къаьхкина, шина вешех борз а йедда»
- «Нахана тайна дош даьхна, ца тайна дош делла»
- «Суй байа атта ду, цIе яйа гIертачул»
- «Хьекъал долчух дагавала, хьекъал доцчунна гена вала»
- «Хьайн долчун дола ца дича, бахам ца IаьIа»
10. Бовза йаздархой:

_______________ ______________ _____________
(Гадаев Мохьмад-Салахь, Эдилов Хас-Мохьмад, Дикаев Мохьмад)
11. Дикаев Мохьмад байт «Нохчийн х1усам» и хьан йуьйцура йара.
Суьйре
шийла-шийла йеъча,
Дадас тухий дечиг доккху.
Цкъа ца веъна хьаша веъча,
Водий, нене ас кхаъ боккху.
Хьешо
шена гинарг дуьйцу –
Тховса тхоьга муха кхаьчна,
ЦIаро-м сийна суйнаш туьйсу,
Кхехка нохчийн мерза кхача.
«BoгIypг,
воьдург йуъчух кхетта,
Вахар ирс ду», – дайша аьлла,
Нохчийн хIусам шийла хетта,
Цхьа а хьаша тIех ца ваьлла.
12. «Доттаг1ий – б1аьвнаш» байтаца дог1уш долу кицанаш къастаде.
Охуш аьлларг оруш карина.
Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву.
Хьокхаман доттаг1 хьокхамца д1авоьду.
Нехан
динара хотталахь вуссу.
13. Дийцаран ц1е «Ца йиначу ненан х1усамехь» х1унда тиллина аьлла хета
хьуна?
14. Йаздархойн а, говзарийн а ц1ераш а цхьанахуттуш сиз хьакха.
Макалов Шамсудди «Доттаг1ий – б1аьвнаш»
Яралиев Юсуп «Маьлхан хьехам»
Цуруев Шарип «Баьпкан цуьргаш»
Бексултанов Муса «Ворх1 лам»
(Макалов Ш. «Маьлхан хьехам», Яралиев Ю. «ВорхӀ лам», Цуруев Ш. «ДоттагӀий-бӀаьвнаш», Бексултанов М. «Баьпкан цуьргаш».)
Разработка викторины по чеченской литературе на тему: Къовсам "Хаарийн б1ов"
Что Вы хотите изменить?
Например: обновить оформление, добавить задания, изменить класс, сократить текст или адаптировать материал.
Что Вы хотите изменить?
Например: обновить оформление, добавить задания, изменить класс, сократить текст или адаптировать материал.
Найдите подходящий для Вас курс
В каталоге 7 851 курс по разным направлениям
Другие материалы
Вам будут интересны эти курсы:
- Курс повышения квалификации «Организация научно-исследовательской работы студентов в соответствии с требованиями ФГОС»
- Курс повышения квалификации «Организация практики студентов в соответствии с требованиями ФГОС педагогических направлений подготовки»
- Курс повышения квалификации «Организация практики студентов в соответствии с требованиями ФГОС технических направлений подготовки»
- Курс повышения квалификации «Организация практики студентов в соответствии с требованиями ФГОС юридических направлений подготовки»
- Курс повышения квалификации «Финансы предприятия: актуальные аспекты в оценке стоимости бизнеса»
- Курс повышения квалификации «Финансы: управление структурой капитала»
- Курс повышения квалификации «Экономика: инструменты контроллинга»
- Курс профессиональной переподготовки «Деятельность по хранению музейных предметов и музейных коллекций в музеях всех видов»
- Курс профессиональной переподготовки «Клиническая психология: организация реабилитационной работы в социальной сфере»
- Курс профессиональной переподготовки «Организация логистической деятельности на транспорте»
- Курс профессиональной переподготовки «Осуществление и координация продаж»