Инфоурок / Другое / Другие методич. материалы / Сочинени: "Айдамиров Абузара нохчийн литературехь йитина лар".

Сочинени: "Айдамиров Абузара нохчийн литературехь йитина лар".

Курсы профессиональной переподготовки
124 курса

Выдаем дипломы установленного образца

Заочное обучение - на сайте «Инфоурок»
(в дипломе форма обучения не указывается)

Начало обучения: 22 ноября
(набор групп каждую неделю)

Лицензия на образовательную деятельность
(№5201 выдана ООО «Инфоурок» 20.05.2016)


Скидка 50%

от 13 800  6 900 руб. / 300 часов

от 17 800  8 900 руб. / 600 часов

Выберите квалификацию, которая должна быть указана в Вашем дипломе:
... и ещё 87 других квалификаций, которые Вы можете получить

Получите наградные документы сразу с 38 конкурсов за один орг.взнос: Подробнее ->>

библиотека
материалов



Сочинени

«Нохчийн литературехь

Айдамиров Абузара йитина лар… »

C:\Users\Admin\Desktop\Айдамиров_Абузар.jpg





Соьлжа – Г1ала 2015 шо.



















Сочинени « Нохчийн литературехь Айдамиров Абузара йитина лар».

Лаьар – кха сай оьмар жимма яхлойла,

Хьомечу халкъана, махкана ваца.

Цаьршиннан ирс кхуллуш доггах къахьега

Т1аьххьара ц1ийн т1адам царна д1алойла.

Х1окху дуьненахь адамийн тобанан кхетамца, цхьана маттаца , дуьненан хьежамашца кхиъначу халкъан, я къоман шена юкъахь ц1е йоккхуш къаставой, оцу къоман дика – вон шен сица кхобуш, дагца къуьйлуш, эхь – бехкан, доьналлин,собаран а масал хуьлий лаьтташ стаг- къонах хуьлу.

Массо а къаьмнийн бу яздархой – хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан ох1ланаш, са ц1ена нах. Церан ницкъ кхочу шен къоман лазамах кхечу къаьмнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш даккхийдейта. Цара шаьш бинчу кхоллараллин балхаца, къахьегарца, хьанал хиларца бакъо йоккху бакъдерг ала, мел къаьхьа иза делахь а. Ишттачарех вара Нохчийн Халкъан яздархо Айдамиров Абузар.

Ц1еяьккхина поэт, прозаик, публицист дика вевзаш ву вайн махкахь. Нохчийн къома деза а, сийлахь а декхар шен белшаш т1е а эцна, ша валлалц схьавеънарг ву Абузар Айдамиров.

Абузар шортта хаарш долуш а, кхоллараллин пох1ма долуш а яздархо вара, цо исбаьхьаллин суьртехь д1аяздина д1адаханчу б1ешершкахь хилларш - лелларш. ,Цо дукха ойла йина вайн къомана т1ех1иттинчу халонийн, баланийн, уьш т1ех1иттаран бахьанийн, уьш кхин ца хилийтаран некъийн. Дийцина ца валлал боккха юьхьк1ам бина стаг ву иза вайна.

И вайна хиъна, оцу сийлахьчу нохчочо язйина «Еха буьйсанаш», «Маршонан ц1арах», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» романаш ешча. Уьш ешча нохчийн къоман историх лаьцна хаарш алсамдевр ду, 1емар бу к1орггера нохчийн мотт. (и боху ца ешначаьрга)

Т1аккха ала деза , нохчийн литературехь исторически романан бухбиллархо ву Айдамиров Абузар.

Вайна дагадог1у Дудаев коьртехь волчу хенахь, цунна дуьхьал болчара и д1а а ваьккхина д1ах1отто мила хир вара аьлла ойла йича, Абузар х1отто веза Нохчийн Республикан коьрте (куьйгалле) аьлла, т1еч1аг1дар лууш дукха бара. Амма Абузара шен халкъан шега болу безам цкъа а хуьйцур бацара цхьана а лакхарчу даржах.

Кхин цхьа аг1о а хьахо лаьа цуьнан син к1аргаллин: Дудаевс ша коьртехь волчу хенахь Абузарна совг1атна к1айн говр еллера, винчу денца декъалвеш. Амма Абузара совг1ат юхадахьийтинера, говранна бауо х1оъ бац шен, т1аккха хьайба меца лелийча къа хир ду шена аьлла. Дудаев – м кхетта а ца хиллера шена йинчу 1оттарх (ша дийцина шурийн татолаш, дашо краникаш юй дагахь ерш).

Нохчаша шайн маршо, Даймохк, халкъан 1адаташ шайн ц1ийца лардина хилар говза, к1орггера хаза хуучу нохчийн маттаца гойту Абузара шен произведенешкахь.

Цуьнан кхолларалла – вайн цкъа а йовр йоцу хазна ю.

Лаккхарчу т1ег1ане кхаьчна Абузар Айдамиров. Сий – ларам, халкъан безам болуш ваьхна иза. Айдамиров Абузаран ц1арах ю Нохчийн Республикин коьрта библиотека. Соьлжа - Г1алин коьртачу урамех цхьаъ яздархочун ц1арах бу. Мескитара ишкол а ю.

Иштта лаккхара мах хадабо нохчийн культурехь Айдамиров Абузаран дахаран а, кхоллараллин а.

Шен Даймохк безаш, цуьнца ша ирсе хеташ, цуьнца ойла йолуш а , цуьнан доьхьа а, шен халкъана доьхьа а къа а хьоьгуш ваьхна иза.

Айдамиров Абузар шен халкъан историн лай хилла ца 1ара. Цуьнан син пхьалг1ахь яхчалора бакъ йолу поэзи. Лекхачу ламанах духдуьйлучу ц1енчу шовданан цинцаш санна Абузаран син хьостанах бухъуьйлу цуьнан поэзи.

Къонахалла, стогалла, нохчалла, адамалла олий дог 1абадо вай ваьшна дукхавезачу стеган васт билгалдоккхуш. Абузарана т1етоха кхин цхьа къеггина х1ума дара цуьнан сица – Дуьненан марзонан эла вара иза. Синх1оттам болатан бара цуьнан.





«Стогалла».

Ду нохчийн сийлахь дош

И дош - Стогалла.

Муьлхха а бала ловш,

И сих ца даьлла.

Лардина и дош вайн

Наноша, дайша

Дитина синош вайн,

И диц ца дайта.

И дош шен сих доьлларг

Даймехкан к1ант ву,

Деш халкъо диэ аьлларг,

Г1иттош син алу.

Ву иза стогалло

Воьттина къонах:

Вуьззина стаг ву и,

Дог лозуш къомах.

Иза висна вайца. Ша диначу дикачу г1уллакхашца, язъйинчу романашца, дийцаршца, байташца, оцу байташ т1ехь язъйинчу эшаршца. Айдамировх схьадаьлла беркат де – дийне мел долу совдолуш вайн махкахь дебар хилар шеко яц. Дуьненахь вайн къам мел деха йовр яц Сийлахьчу поэта йитина къонахчун лар…



Самые низкие цены на курсы переподготовки

Специально для учителей, воспитателей и других работников системы образования действуют 50% скидки при обучении на курсах профессиональной переподготовки.

После окончания обучения выдаётся диплом о профессиональной переподготовке установленного образца с присвоением квалификации (признаётся при прохождении аттестации по всей России).

Обучение проходит заочно прямо на сайте проекта "Инфоурок", но в дипломе форма обучения не указывается.

Начало обучения ближайшей группы: 22 ноября. Оплата возможна в беспроцентную рассрочку (10% в начале обучения и 90% в конце обучения)!

Подайте заявку на интересующий Вас курс сейчас: https://infourok.ru


Общая информация

Номер материала: ДВ-314914
Курсы профессиональной переподготовки
124 курса

Выдаем дипломы установленного образца

Заочное обучение - на сайте «Инфоурок»
(в дипломе форма обучения не указывается)

Начало обучения: 22 ноября
(набор групп каждую неделю)

Лицензия на образовательную деятельность
(№5201 выдана ООО «Инфоурок» 20.05.2016)


Скидка 50%

от 13 800  6 900 руб. / 300 часов

от 17 800  8 900 руб. / 600 часов

Выберите квалификацию, которая должна быть указана в Вашем дипломе:
... и ещё 87 других квалификаций, которые Вы можете получить

Похожие материалы

Получите наградные документы сразу с 38 конкурсов за один орг.взнос: Подробнее ->>