Инфоурок Другое СтатьиСочинение " Сан Даймохк"

Сочинение " сан Даймохк"

Скачать материал

                     

       Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1ора меттиг шех лаьцна дийца к1ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м  суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина.  Лекха лаьмнаш, г1овг1анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн  исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.

       Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна  Къоьзан-1оман цхьа шатайпа хазалла.

      Аьхка  цига даха аьтто хилира тхан, сайн  нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1аьргашна хьалха х1оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1ан дара. Суна моьттура: « Х1инца ас б1аьргаш схьадиллича, со сайн ц1ахь хир ву, сайн лехамашкахь». Гуш дерг г1ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1улгаш гуш, ц1ена. И хина 1уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара.  Лаьара массо меттиге б1аьрг тоха, хьайн деган к1айле йийца гено лаьттачу б1аьвне. Лекхачу орцана т1е хьалавелира со.

-Эх1 , хьан аьлла х1аваан чам бац,бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1аваъ.

 «Э-е-ее-е-й!»- аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1алецира со. Оцу аьхначу х1авао лахдира сан к1адвалар, д1аяьккхира сан даг чуьра есалла.                                                                            Сан 1алашо- б1ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш  йозанашца къарздинера, т1ехь цхьаццаммо , аса сонта стаг эр дара  цунах,  ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1е яз а йина. Б1аьвнийн пенаш б1ешерашкахь я мохе, я т1еман ирчалле гор ца  х1оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина,  шен дахарехь дуккха ирча  киртигаш 1иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1овг1анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1инца деса ду пенаш а, б1арзделла деса кораш а.

Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна.  Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун.  Ма ирс ду-кх кхузахь 1ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:

- Адам! Ларлуш охьавосса, - аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1аваха, йита  х1ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.

     Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: « Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду - зезагца,б1аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду - вай ду  сиха, б1аьрзе, 1аламах хаьдда.                                                   Г1ой вай Къоьзан-1оме, б1аьвнийн туьйранашка ладог1а.                                                                                                    Некъ дика хуьлийла вай.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Сочинени

 

«Сан  хьоме Даймохк»

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Язйина Грозни-г1аларчу МБОУ «СОШ № 47»

                                                              9 «В» классан дешархочо Каимов Адама

                                             

                                            

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Сочинение " Сан Даймохк""

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Помощник руководителя отдела библиотеки

Получите профессию

Няня

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 651 900 материалов в базе

Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 16.05.2016 139799
    • DOCX 18.8 кбайт
    • 346 скачиваний
    • Рейтинг: 4 из 5
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Ахматова Зулихан Аухадовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Ахматова Зулихан Аухадовна
    Ахматова Зулихан Аухадовна
    • На сайте: 7 лет и 11 месяцев
    • Подписчики: 0
    • Всего просмотров: 163847
    • Всего материалов: 5

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Интернет-маркетолог

Интернет-маркетолог

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс профессиональной переподготовки

Организация деятельности библиотекаря в профессиональном образовании

Библиотекарь

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3950 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 283 человека из 67 регионов
  • Этот курс уже прошли 846 человек

Курс профессиональной переподготовки

Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе

Педагог-библиотекарь

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3950 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 473 человека из 69 регионов
  • Этот курс уже прошли 2 319 человек

Курс профессиональной переподготовки

Руководство электронной службой архивов, библиотек и информационно-библиотечных центров

Начальник отдела (заведующий отделом) архива

600 ч.

9840 руб. 5900 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 25 человек

Мини-курс

Основы искусствознания

5 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Интегративные технологии в коррекции учебно-поведенческих нарушений

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Эффективная самопрезентация

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 52 человека из 31 региона
  • Этот курс уже прошли 32 человека