Инфоурок / Другое / Другие методич. материалы / Стихотворение " Раисас (дейишас) Мучураев Мурад дагалоцуш."

Стихотворение " Раисас (дейишас) Мучураев Мурад дагалоцуш."



Московские документы для аттестации!

124 курса профессиональной переподготовки от 4 795 руб.
274 курса повышения квалификации от 1 225 руб.

Для выбора курса воспользуйтесь поиском на сайте KURSY.ORG


Вы получите официальный Диплом или Удостоверение установленного образца в соответствии с требованиями государства (образовательная Лицензия № 038767 выдана ООО "Столичный учебный центр" Департаментом образования города МОСКВА).

ДИПЛОМ от Столичного учебного центра: KURSY.ORG


библиотека
материалов

Раисас (дейишас) Мучураев Мурад дагалоцуш.

Ладог1а шал шийла шовданаш, нислой д1ах1иттийша хьаннаш!

Орцаха довлийша лаьмнаш, собаре хилалаш адамаш!

Нур дашо можа малх кхеттачул т1аьхьа,

Малхал хьалха схьакхетта и маьлхан з1аьнарш

Хазъеллачу заманчохь…

Ц1аьххьана сан кийра ц1еран ткъес тухуш,

Сан дагчу йоьрзур йоцу йоккха чов еш,

Цхьа шийла кхаъ кхечи, сан иэс а морцуш,

Лерг зов хилла лаьтташ ю къорачу дешнийн чалх.

1уьйре ю. Со хьийзаш ю х1инццалц а санна

Кад-пхьег1а, нуй-горгам сихонца дерзош,

Дагахь ду сихха со балха яха езар.

Сан куча киснара телефон йийки.Схьаийци.

Т1ех1оьтти цаевза номер.

-Ало, ладуг1уш ю, хьо мила ву?

Со вар-им, Ислам ву… Зарета…, хьо йог1ий тхоьга?

-Х1унда? Лаа йог1ий со? Дийцахь Ислам !

Ислама аз дегош багара даьккхи:

«Мурада авари йи , больницехь ву»…

-Муха йина ? Хьа-м боху? Муха ву? Мичахьа?

Дийца! Иштта « честно дац» ма-дарра дийца.

Уьдуш ю со кертахула, телефон лерехь

Уьдуш ю, хоьттуш ю, дац дуьхьал жоп.

Цу Делан минотехь б1аьргашна хьалха х1оьтти,

Дуьненчу ваьлчахьана цуьнан хилла дахар;

Бераллехь йиш-вешица вон лелаш идар…

Ислам, хьо- Вицин ву, Ахьмад, хьо -Никулин

Мурад, хьо - ницкъ болу Моргунов ву.

Заира, хьо 1адъ1е ю, х1унда аьлча, хьо-йо1 ю,

Марха, хьо леташ товш яц, хьо йоккха ю,

Ткъа Залишка- просто хьо ерриг ю.

И къамел дора ас амал а дойий

Аьлларг аш ца дича, вониг ца ала.

Шо шаре дуьйлуш, шу даккхий хили

Х1оранна карий рицкъ долу некъ.

Ткъа Мурад Делан, т1аккха 1аьрбин лаамца

Хилира сийлахь, лоруш борец.

Девежарша ч1ог1а терго йора цунна,

Мурадан мерзаниг даар латтадора.

Цунна гонаха хьийзара. самукъа дуьйлуш

Пхьаьрсаш а, белшаш а, г1одаюкъ а юстуш.

Т1аккха, сихха вадавой терзант1е воккхуш.

Къамелаш дой, хьехамаш бой, эххар а олура:

-Ницкъ хьуна алсам оьшу, тхан « тайпан байракх»

-Тхан барма лоцунчех , хьо хьалхара ма ву!

Коьртаха ж1ов тоьхна самаяьлча санна,

Меттаеъна, д1асахьаьжча - со тезетахь ю.

Божарий а, зударий а цхьабосса боьлху,

Коьрто д1алоцуш дац мила, муьлха ву.

Б1аьрг кхийти, бер карахь ,куьг юьхь т1е лоьцуш,

Карара к1орни шена мара а къуьйлуш,

Мохь тоьхна Деле шен собар доьхуш,

Цкъа йоьлхуш, т1аккха йодуш х1усамнана ю.

Веза,хьо, Воккха тхо кхоьллина волу Дела,

Ахь х1унда ца кхоьллира со лергашна къора?

И 1аьржа ,ирча кхаъ суна ца хазийта.

Веза, хьо, Воккха тхо кхоьллина волу Дела,

Ахь х1унда ца кхоьллира со б1аьргашна б1аьрзе?

Бер санна воьлхуш нанас винарг ца гайта.

Маржа-я1, Мурад, ма к1езга ца везара хьо-

Волчарна, вевзачарна, цкъа мацца а гиначарна,

Тхуна санна везна-кх хьо Везачу Далла.

Доттаг1чун - тешаме доттаг1а вара хьо,

Накъостал эшначохь -дика накъост вара хьо,

Ахчанна,бохчанна да хилла вацара хьо,

Хьо волчу нахана ма хьоме вара хьо!

Дагаоьху мархадосту и шолг1а 1уьйре,

Веана хьо кхечира йоккха –мамин уьйт1а.

Велавелла-векхавелла, самукъадаьлла,

Хьайна сил а дукхаезначу машенара воьссира.

Цхьа тамехь кечвелла; 1аьржа коч,хеча, мачаш,

Коьртахь ю сийна пес, б1аьргаш дара лепаш.

Вара хьо, цу дийнахь къаьсттина хаза…

Дакъаза ма вала хьо, х1ай декъалахилларг,

Ца хаьара цу дийнахь айса т1аьххьара хьоьстийла,

Ца хаьара хьо сайна т1аьххьара гойла,

Аьллийла т1аьххьара:»Дала 1алашвойла!»

Йилбазан мохо некъан чан санна,

Вадийна ваьхьи хьо 1ожалло д1а.

Син метта топ кхетта аьрзу ва санна,

Вахвелла 1уьллуш ву, хьо ц1енкъа юккъехь.

Декъала хила хьо, х1ай «Баталан байракх»!

Везачу вайн Далла хьуна гечдойла!

Ас Деле воьхур ву , хьо г1енах сайна,

Волалахь, виц ца луш хьо везачарна!

Очень низкие цены на курсы переподготовки от Московского учебного центра для педагогов

Специально для учителей, воспитателей и других работников системы образования действуют 65% скидки при обучении на курсах профессиональной переподготовки.

После окончания обучения выдаётся диплом о профессиональной переподготовке установленного образца с присвоением квалификации (признаётся при прохождении аттестации по всей России).

Подайте заявку на интересующий Вас курс сейчас: KURSY.ORG


Общая информация

Номер материала: ДБ-088395

Похожие материалы