Урокан ц1е: Т1еэцна билгалдешнаш. Церан легар а,
суффиксийн нийсаязъяр а.
1алашо: Хаа деза, муьлхачех олу т1еэцна билгалдешнаш,
церан нийсаяздаран бакъонаш, цара мотт талхабо я хьалдолуш бо; муха язйо церан
чаккхенаш, суффиксаш хаар.Баккхийчу нахе лерам кхиор.
Урок
д1аяхьар.
I.Ойла т1еерзор.
2.Ц1ахь бина
болх таллар.
3. Дешнийн
диктант
Яккхийчу хьаннашна, Малхбузе Европехь, Юккъер- чу
Азехь, Кавказан курорташ, шуьйра хи, къаьхкинчу говро, коган айраш, дуткъачу
орамел, дог1анан хиш, 1аламан хьелашка, Къилбехьарчу махкел, к1еззигчу ханна,
нехан даьхнех, хьуьнан стоьмашца, чен к1орнеш, чен даарна, нелан к1омсарех,
кехатан батто, сирлачу батто.
- Билгалдешнийн терахь, тайпа, дожар, класс,
легар билгалдаккха.
-
Лаамазчу билгалдешнех
лааменаш кхолла. Царех масех легаде. Чаккхенаш сизашца билгалъяха.
- Муьлхачу легар чу дог1учу ц1ердешнийн
чаккхенех тера ю уьш?
-
Легаде ор, тата, кхерам, ваша, ненахо боху дешнаш.
Билгалъяха церан чаккхенаш, дийца легарш.
- Предложенехь бен къасталур доцуш дешнаш дуй
дешнийн диктантехь? Муьлхарш? Х1иттае цаьрца предложенеш. Бе царна
синтаксически къастам.
-
Шина-кхаа дешнийн
цхьаьнакхетаршна бе таллам.
4.Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина
тобанашкахь.
1 – ра тоба:
1. Кхочушде 76-г1а шардар.
2. Пхоьалг1ачу предложе нина бе
синтаксически къастам. Х1оттае схема.
3. 3.
Д1аязде т1еэцна 5 ц1ер дош. Муха хийцало уьш? Йийца
церан нийсаяз даран бакъонаш.
2 – г1а тоба:
1. Кхочушде 78-г1а шардар
2. Кхоалг1ачу предложенина бе синтаксически къастам. Х1оттае схема.
3.
Д1аязде т1еэцна 5 ц1ердош. Муха хийцало уьш? Йийца церан нийсаяз- даран
бакъонаш.
5. Керла коьчал йовзийтар
Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязйо кеп:
Ца
хийцало: Хийцало:
Т1еэцна лаамаза билгал- Т1еэцна лааме
билгалдеш-
дешнаш: аграрии хьесап, наш: альпийскичун,
аграрии хьесапах, аграр- альпийскичунна,
ни хьесаица. альпийскичо
- Шайн чаккхенгахь -ый(ий), -ая(яя), -ое(ее), -ие долчу т1еэцначу билгалдешнийн нохчийн маттахь чаккхенгахь
муьлха элп яздо? Даладе масалш (математически, абсурдни, авиационни,
библиотечни).
- Муьлха еуффиксаш хуьлу т1еэцначу лаамечу билгалдешнийн?
- Жам1 а дойтуш, дуьйцуьйту лаамазчу а, лаамечу
а т1еэцначу билгалдешнийн хийцадаларх лаьцна.
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар
1. Кхочушдо 60-г1а шардар.
2. Легадо электрически лампа, экономически да- хар,
информационниниг, спутниковиниг, абхазски мотт боху дешнийн цхьаьнакхетарш.
- Чаккхенаш, суффиксаш билгалъяха.
- Йийца церан нийсаяздаран бакъонаш.
7. Дозуш долу къамел кхиор
Лахахь яздина
билгалдешнаш т1адамийн метта язде:
- Уьйр муьлханиг ю космонавтийн лаьттаца?
~ ... ю.
- Муьлха г1ирсаш лелабо цара космосехь?
-
... лелабо.
- ... хаамаш муха бо цара космосера?
- ... антеннаша, спутникаша г1о до уыи хоуъйтуш.
Г1оьнна дешнаш: телевизионни, космически, информационна
демонстрационни.
8.Рефлекси.
Ц1ахь бан болх
1.1амае 10-г1а
§. Кхийолу §§ карлаяха (1-9-чу кхач- чалц).
1. Кхочушде 62-г1а шардар.
2. Талламан диктантана кечам бе. Нийсаяздаран
бакъонаш билгалъяха.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.