Т1ера
схьаязъяр
4
класс
№
п/п
|
Тема
|
Дата по
плану
|
Фактич.
дата
|
1
|
Т1ера схьаязъяр «Ч1ерий дохуш»
|
06.10
|
|
2
|
Т1ера
схьаязъяр «Аьхкенан 1уьйре»
|
17.12
|
|
3
|
Т1ера
схьаязъяр «Олхазарш»
|
11.03
|
|
4
|
Т1ера
схьаязъар «Тханломахь»
|
20.04
|
|
Т1ера схьаязъяр «Ч1ерий дохуш»
Со сайн доттаг1чуьнца ч1ерий даха вахара.
Хи тийна лаьттачу айми чу тесира оха м1ерий. Сан м1ара т1е боккха ч1ара летча
сана хетаделира суна. Суна моттадаларехь, пхьаьрсал боккха хир бара иза. Ас догах
схьаозийра м1ара. Амма иза соьга схьа ца баккха белира .соьга цхьаьна м1ара
схьаозийра сан доттаг1чо а. Халла схьабаьккхира охашимма цхьаьна сан м1ара.
Д1ахьаьжча тиши, йоккха кало хиллера м1ерах тасаелла.
Т1ера схьаязъяр «Аьхкенан 1уьйре»
Аьхкенан 1уьйре екхна яра. Бовха малх хьаьжнера.
Сийначу стигалхула едда йоьдуш яря к1айн марха. Юххерчу аренгара хьала г1евттира
акха г1езаш. Уьш т1ома яхара 1ам болчухьа. 1ам сирла бара. Ч1ерий даха воьдучу Салманний,
Вахиний гира г1езаш. Шина к1анта билгал йинчу меттигана дика генахь 1ома т1е
охьа хевшира г1езаш.
Т1ера схьаязъяр «Олхазарш»
Цхьадолу олхазарш гурахь бовхачу махка
д1адоьлху. Церан д1адахар тайп-тайпана хуьлу. Ч1ег1ардигаш яккхий тобанаш йой доьлху.
Г1арг1улеша кхосаберг йо. Г1езаша мог1а бо.
1а д1адаьлча юха а схьакхочу уьш. Царна
шаьш хьалха хан яьккхина меттигаш евза. Циггахь совцу уьш шаьш юха кхаьчча.
Шайн хила бенаш юха тодо, керланаш до цара.
Бошмашна зуламе йолу садолу х1уманаш йоу олхазарша.
Цундела лору уьш бешахоша бошмийн доттаг1ий.
Т1ера схьаязъар «Тханломахь»
Тхо ломахь дехаш ду. Хаза меттигаш ю тхуна
гонаха. Цхьана аг1ор лекха лаьмнаш ду, вукху аг1ор д1ахьаьжча генна лаха чохь ярташ
го.
Тхан школа юьртана лахахьа. Оха ц1ена
1алаш йо тхешан школа. Ломахь 1аш дара аьлча доцуш, тхан юьртахь электричество
а, радиош а, телевизорш а ю. йоккха клуб а ю.
Дика тоелла, къонъелла тхан юрт.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.