Нохчийн меттан талламан болх
4
класс
№
п/п
|
Тема
|
Дата по
плану
|
Фактич.
дата
|
1
|
Талламан болх « Пограничникаш»
|
|
|
2
|
Талламан болх. «Стов»
|
|
|
3
|
Талламан болх. «1а»
|
|
|
4
|
Талламан болх «Зевне хьеший».
|
|
|
Талламан болх « Пограничникаш»
Вайн боккхачу Даймехкан доза лардеш пограничникаш
бу. Цхьа а мостаг1 сехьа вер вац. Сема лаьтта вайн пограничникаш,сирла ду церан
б1аьрса. Маьрша къахьоьгучу вайн адамийн парг1атой, ирссий лардо пограничникаша.
Царна т1едиллина махко и сийлахь г1уллакх.
Талламан болх. «Стов»
Стовно дег1 ч1ог1а меллаша доккху. Иза башха
лекха а цахуьлу. Амма х1ора шарахь а шена т1ерачу стоьмаша цуьнан дуткъа генаш саттадой
хуьлу. Заза массо а дечигачул хьалха даккхахь а, цуьнан ц1ий санна ц1ен стоьмаш
гурахь бен ца ношло. Хьуьнхахь хуьлуш болу массо а стом н1аьно талха бо. Амма стовна
н1аьна а ца бо, иза талха а ца телха.
Талламан болх. «1а»
1а 1аламехь уггаршийла хан ю. Муха хуурду
1а доьлча?
Халкъо олуш ду: «Малх ц1а кхаьчча 1а
дулу». Иза нийсаду. Де уггар дацделла хан хуьлу иза. Цул т1ахьа дог1уш долу
масех де кхин хийца цалуш хуьлу. Цунах чилла олу. Чилла юлу 1а доьлла ткъа де
даьлча. Иза шовзткъ дийнахь-бусий лаьтта.
Чиллахь г1айба сана т1е ло диллина,массо а
генаш лаьтта х1уттуш букардахна хуьлу диттийн, коьллийн. 1аьнан хьун, хьежаца
к1ордош, исбаьхьа хуьлу. Х1аваъ ц1ена, саде1а атта хуьлу.
Талламан болх «Зевне хьеший».
1уьйранна ара ваьлла, маьлхан з1енарш
схьакъадале, Органан йистехьахь ладоьг1ча, дехьа басарчу хьуьнхара схьахезаш олхазарийн
хаза эшарш хуьлу. Вайн хьаннашкахь эшарш хаза йолуш ду шоршалш, алкханчаш,
дуккха а кхи тайпа олхазарш. Малх схьакхетталц эшарш ца совца йо цара. Мел
дукха ладег1арх к1ордор доцуш, хаза мукъамаш хеза. Малх схьакхетча, жима са а
даь1на, иза чубузуш, эшарийн ловзар юха долор ду цара.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.