Тема : Изложени « Ши йо1»
1алашо : ешначу текстен чулацам т1аьхь- хьалхе галл ца
йолуьйтуш , чулацам ца толхуьйтуш йозанца билгалъяккха 1амор , шеен хьекъалах
пайда а оьцуш; текстан план х1оттор кхиор, оцу планах йозанехь пайдаэца 1амор;
дозуш долу къамел кхиор, адамалла совъяккхар.
Урок д1аяхьар.
1. 1алашо йовзийтар.
- Бераш , вай д1ахьур бу къамел кхиоран болх.
Вай язйийр ю « Ши йо1» ц1е йолу изложении.
2. « Ши йо1» ц1е йолу диийцар довзийтар.
- Хьехархочо д1адоьшу дийцар.
Изложени «Ши йо1»
Ши йо1.
Ши йо1 хьуьнах кхораш
баха яхара.Тускар дуьззина кхораш а баьхна, ц1ехьа йирзира и шиъ. Ц1а йог1уш
ц1ерпоштнекъал сехьаяла дезара церан. Д1ай-схьай хьаьжча, гуш ц1ерпошт яцара. Цундела
парг1ат сехьаяла юьйлира и шиъ.
Ц1еххьана гола тухучу
меттехь ц1ерпошт гучуелира. Ц1ерпошт чехка йог1ура. Кхераелира ши йо1. Йоккхах
ерг юха едира, ткъа жимахъерг некъана дехьаиккхира. Жимахъерг юхаядарна кхоьруш,
йоккхахйолчо мохь туьйхира: «Юха ма яьллахь ! Юха ма яьллахь!» Оцу хенахь
ц1ерпошт герга кхаьчнера. Ч1ог1а тата дора цо. Шега бохучух цакхеташ
«Юха»-боху дош а хезна, жимахъерг юха едира. Чехка ядарна иза рельсашна
юккъе охьаюьйжира.
Машинистан таро яцара
ц1ерпошт сацо. Цундела чекхъелира ц1ерпошт.
Йоккхах йолу йо1 йоьлхура.
Ц1ерпоштаца боьлхурша, кхерабелла , корех ара хьоьжура.
Ц1ерпошт сецча, берриге
а нах ц1ерпоштана к1елъяханчу йо1ана х1ун хилла хьовса охьабиссира.
Рельсашна юккъехь
1уьллура йо1. Ц1еххьана, корта хьала а айбина, хьалаиккхира иза. Рельсашна
юккъе охьайижинчу цунна х1умма а цахиллера.
Массарна а
хазахийтира.
Маса дакъа ду дийцаран? Муха билгал даьккхина
х1ора дакъа?
- Д1адеша хьалхара дакъа. Схьадийца.
-Д1адеша шолг1а дакъа. Схьадийца.
-Д1адеша кхоалг1а дакъа. Схадийца.
-Схьадийца дерриге дийцар шайн дешнашца.
2. План х1оттор.
-Стенах лаьцна дуьйцу хьалхарчу декъехь?
Х1ун ц1е туьллур яра цу декъана?(1. Ши йо1
хьуьнах кхораш баха яхар)
-Шолг1ачу декъехь?(2.Ц1еххьана ц1ерпоштан
гучуяларх)
-Кхоалг1ачу?(3 .Шина йо1ан кхераялар)
-пхоьалг1ачу?(4. Ц1ерпоштан чекхъялар)
-Ялхалг1ачу?(5. Массарна а хазахетар)
- Муха яздан деза х1ора дакъа?
3. Орфографически кечам.
Ц1ерпоштнекъан,д1ай- схьай,ц1еххьана,
Жъжимахъерг,йоккхахъерг.
-Муха яздо чолхе дешнаш?
- Мукъаза шиъ шалха элп т1аьхьа-хьалха
нисделча муха яздан деза? Муьлхачу дешнашкахь язъйо къасторан хьаьрк?
4. Изложени язъяр.
5. Жам1 дар.
Ц1ахь:бакъонаш карлаяха.
Ши
йо1.
Ши йо1 хьуьнах кхораш
баха яхара.Тускар дуьззина кхораш а баьхна, ц1ехьа йирзира и шиъ.Ц1а йог1уш
ц1ерпоштнекъал сехьаяла дезара церан. Д1ай-схьай хьаьжча, гуш ц1ерпошт яцара. Цундела
парг1ат сехьаяла юьйлира и шиъ.
Ц1еххьана гола
тухучу меттехь ц1ерпошт гучуелира. Ц1ерпошт чехка йог1ура. Кхераелира ши йо1.
Йоккхах ерг юха едира, ткъа жимахъерг некъана дехьаиккхира. Жимахъерг юхаядарна
кхоьруш, йоккхахйолчо мохь туьйхира: «Юха ма яьллахь ! Юха ма яьллахь!» Оцу
хенахь ц1ерпошт герга кхаьчнера. Ч1ог1а тата дора цо. Шега бохучух цакхеташ
«Юха»-боху дош а хезна, жимахъерг юха едира. Чехка ядарна иза рельсашна
юккъе охьаюьйжира.
Машинистан таро яцара
ц1ерпошт сацо. Цундела чекхъелира ц1ерпошт.
Йоккхах йолу йо1
йоьлхура. Ц1ерпоштаца боьлхурша, кхерабелла , корех ара хьоьжура.
Ц1ерпошт сецча, берриге
а нах ц1ерпоштана к1елъяханчу йо1ана х1ун хилла хьовса охьабиссира.
Рельсашна юккъехь
1уьллура йо1. Ц1еххьана, корта хьала а айбина, хьалаиккхира иза. Рельсашна
юккъе охьайижинчу цунна х1умма а цахиллера.
Массарна а хазахийтира.

Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.