Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Другое / Конспекты / Урок чеченского языка "Чолхе цхьанакхеттачу предложенех юкъара кхетам"

Урок чеченского языка "Чолхе цхьанакхеттачу предложенех юкъара кхетам"

  • Другое

Поделитесь материалом с коллегами:

hello_html_m2a7690f7.gifЧолхе-цхьаьнакхеттачу

предложенех лаьцна юкъара кхетам.

Iалашо: Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенех лаьцна юкъара кхетам

балар. Чолхечу предложенин тайпанаш карладахар.

Урок дIаяхьар

I. ЦIахь бина болх таллар

II. Iаморан диктант

ШолгIачу дийнахь юххерчу кIотаршкара орца кхечира, бакъду тIаьхьа дара. И хьун сенъелла лаьттара, иза бIаьстенан шийлачу мохо лестайора. Садаьржина а чехка делира, амма малх-м схьакхетаза бара.

Диктант тIехь б/б.

А) хIора чолхечу предложенина чуйоьлхучу цхьалхечеран коьрта меженаш билгалъяха;

Б) хуттургаш билгалъяха.

III. Керла коьчал йовзийтар

I. Уьн тIехь кечам бина

I. Цхьаьнакхетаран хут-ца 2. Цхьаьнакхетаран хут-ца

шина цхьалхечу предл-х кхаа цхьалхечу предл-х

лаьттарш: лаьттарш:

Берзан кIеза Iуьргара ма долийла, Я гуш тIехь сакхт а дацара,

элан кIант аганара а ма гIоттийла. я цIий даьлла меттиг а яцара,

амма ког чIогIа лозура.

2. Гайтаран гIирс тIехь б/б.

А) барта коьрта меженаш билгалъяхар;

Б) хаттарш:

- Маса цхьалхечу предложенех лаьтташ ю хIора чолхе предложени?

- Муьлхачу синтаксически гIирсашца цхьаьнакхетта и хIора чолхе предложени?

- ХIун тайпа хуттургаш ю уьш?

- Иштта кхолладеллачу чолхечу предложенех муьлха предложени эр дара вай?







IV. Iамийнарг тIечIагIдар

I. Кхочушдо I73-гIа шардар.

ТIедиллар:

А) коьрта меженаш кIел сиз хьакхар;

Б) цхьаьнакхетаран хуттургаш къастор.

БIаьсте а дIаелира, деана де а тIехIоьттира.

МидаевгIеран цIеранаш тоххарехь бийшинера, амма хIара шиъ арахь меллаша къамелаш деш Iара.

Дикачу гIиллакхо лайх эла вина, ткъа вочу амало элах лай вина.

Дин хецна битинарг лома кхаьчна, амма лаьллина ваханарг Iинчу кхаьчна.

Тоьпо цхьаъ бен ца вийна, ткъа матто эзар вийна.

V. Урокан жамI дар.

VI. ЦIахь б/б. п. 44-гIа , шардар № I73-гIа (3,4,5 предл).



Автор
Дата добавления 15.02.2016
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров151
Номер материала ДВ-455694
Получить свидетельство о публикации
Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх