Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Другое / Конспекты / Урок чеченского языка по теме "Хаандешнашца ЦА МА нийсаяздар".

Урок чеченского языка по теме "Хаандешнашца ЦА МА нийсаяздар".


  • Другое

Поделитесь материалом с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема: «Хандешнашца ЦА, МА нийсаяздар»

1алашо: хандешнех болу хаамаш шорбар. Хандешнашца ЦА, МА нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: бераша карлабохур бу хандешнех лаьцна болу хаамаш. Берашна евзар ю хандешнашца ЦА, МА нийсаязъяран бакъонаш, 1емар ду царех йозанехь пайдаэца.Берашна хуур ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 378, аг1о 171.

2.1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Олу , ца олу, ма ала, язйо, ца язйо, ма язъе, таса , ца т осу , ма таса, кхалла, ма кхалла, ца кхоллу, лийча , ма лийча , ца луьйчу.

-Д1адеша дешнаш .Кхаа тобане декъа уьш.

-Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане?( Олу , язйо, тосу, кхалла , лийча)

-Шолг1ачу? (Ца олу, ца язйо, цат осу, ца кхоллу , ца луьйчу)

-Кхоалг1ачу? (Ма ала, ма язъе, ма таса, ма кхалла, ма лийча)

-Муьлхачу билгалонашца декъна аша уьш кхаа тобане? (Карарчу хенан хандешнаш, ЦА цхьанадолу хандешнаш, Ма цхьанадолу хандешнаш)

-ЦА,МА цхьана долчу хандешнийн х1ун маь1на ду? Берийн жоьпаш.

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана?

3. Керла тема хьехар.

а) Хандешнашца ЦА ,МА яздаран тидам бар.

-Шолг1ачу , кхоалг1ачу тобанашкарчу дешнех предложенеш х1иттае.

Ислам ирча ма язъе. Боьхачу хи чохь ца луьйчу.

1аж боккха мА кхалла.

-Муьлхачу дешнашна хьалха ду ЦА,МА?

-Цара предложенина х1ун маь1на ло?

аь) Бакъо таллар.

-Х1ун маь1на ло ЦА, МА дашна?

-Муха яздо уьш хандешнашца къаьстина?

б) ЦА,МА хандешнашца яздаран тидам бар.

Шардар № 379, аг1онаш 171-172.

-Муьлхачу дешнашца яздина ЦА, МА? (Ма еша, ма ала..)

-Муха яздина уьш дешнашца? (Къаьстина)

-Х1ун маь1на ло цара хандешнашна? (Дацаран маь1на)

-Д1аязде шардар .

Шардар № 380 ,аг1о 172.

-Д1аеша предложенеш. Муьлхачу дешнийн ду дацаран маь1на?

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина ДЕЧИГЕ дош? (Дашехь доца шеконан мукъа аз хилча ,Г-ний, К-ний хьалха элп И яздо)

-Муьлханаш ду цу предложенешна юкъахь кицанаш?(Кхоалг1а а , йоьалг1а а )

-Муха кхета шу царех?

в) Берашка шайга болх байтар

Шардар № 381 , аг1о 172.

4.Сада1аран миноташ.

Бераш:

- Уьнт1епхьид, уьнт1епхьид,

Т1улган ц1а т1ехь лелон пхьид,

Мичахь лелаш хьо яра,

Ловза ма ца еара?

Уьнт1епхьид:

- Х1орда чохь со лелара,

Юорнеш хи чу сайн яьхна:

Нека дан уьш 1амийра,

Куьйгаш, когаш детташ,

Хи чохь даим сетташ:

Аркъал, бертал, пел доьрзуш,

Нека дора хих ца 1ебаш.

Уьнт1епхьид а хоржий, бераш класса чухула дуьилало цунна т1аьххье, цо дийриг а деш: нека до мотгуьйтуш, куьйгаш д1аса а лестош, аркъал сетташ, охьате1аш, aгlop доьрзуш.

5.Керла тема кхин д1а ахьехар.

а) Предложенеш меженашца къастор.

Шардар № 382 , аг1онаш 172-173.

-Муьлхачу дешнашца яздина МА? (Ма даха, мА хилийта)

-Муха яздина уьш цу дешнашца? (Къаьстина)

-Д1аеша шолг1а предложении.Талла и меженашца. Муьлха дош ца хуьлу предложенин меже? (МА)

-Д1аязде шардар.

аь)Карарчу хенан хандешнийн тидам бар.

Шардар № 385 , аг1о 174.

-Д1аеша текст. Караде хандешнаш. Муьлха хан билгалйо цара?

Шардар№ 384 , аг1о 173.

-Д1аеша стих. Стенах лаьцна ю иза? (Вайн халкъах ,Даймахках)

-Х1ун боху вайн латтанах? (!аьржачу дешица вайн латта хьандина)

-Х1ун ю 1аьржа деши? (Нефть)

-Х1ун хаьа шуна вайн махкахь доккхучу нефтах?

-Х1ун боху аренех? (Ялташа тойина)

-Стен бела вайна ницкъ , ирс? (Халкъийн вошалло)

Шардар№ 386 , аг1о 174.

-Д1аеша стих. Муьлха хандешнаш ду цу юкъахь?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?

6. Рефлекси.

-Муьлха кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Х1ун маь1на ло хандешнашна хьалхахь ЦА, МА хилча?

-ЦА, МА хандашца муха яздина?

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 383, аг1о 173.

Бакъо 172 аг1он т1ера.


Автор
Дата добавления 22.04.2016
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров119
Номер материала ДБ-047724
Получить свидетельство о публикации

Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх