Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Другое / Конспекты / Урок чеченского языка по теме "СПП"

Урок чеченского языка по теме "СПП"


  • Другое

Поделитесь материалом с коллегами:

Урокан тема: Чолхе-карара предложении.

ЧКП-нин т1етухучу предложенийн тайпанаш

1алашо:

1.Чолхе-карара предложенийн, т1етухучу предложенийн къастамаш а, башхаллаш а йовзар.

2.Кхоллараллин а, лехамийн а кепехь халонах чекхваларан некъаш карадерзор.

3. Даймахке а, матте а болу безам кхиор.

Урок д1аяхьар

1.Организационни минот

Де дика дойла шун, сан хьоме дешархой. Марша дог1ийла тхан лераме хьеший.

2.Дешархойн дог-ойла айаяр

Дуккха а деза денош ду вайн дахарехь. Уьш билгалдаьхна ду цхьаццачу корматаллица а, вайн исторехь хиллачу хиламашца а. Амма цхьа деза де ду вайн Нохчийчохь муьлххачу нохчочунна лераме хета дезаш. Муьлха де дуй хаьий шуна иза

Ткъа дукха хан юй и де вай даздеш?

Дуккха къаьмнаш ду вайн дуьнен т1ехь. Х1ора къомо шен мотт ненан мотт лору.

-Ненан мотт, нохчийн мотт- оцу дешнийн маь1на къаьстор дарий аш?

Муьлххачу къоман векало 1амийна бийца тарло нохчийн мотт. Нохчийн мотт вайн ненан мотт бу.

Ма аьхна, к1еда, мерза бека нохчийн мотт ша безаш а, буьйцуш а волчун озехь. Ма хьалдолуш бу иза.

- Муха юкъаметтиг хила еза вайн вешан маттаца?

-Кхерамечу хьолахь буй вай мотт?

-Ткъа х1ун дан деза вайн мотт оцу кхерамечу хьолах баккха?

-Хьажал х1окху слайдана т1ехь ялийна текст ю .

- Стенах лаьцна ю иза?

_ Шун хазахетий и текст. Стен йоккху и текст эрча, вайн лерсана, б1аьрсана стен йо новкъарло?

- Оцу текстан чулацам нисбан х1ун дан деза вай?

Хьажал шайга и болх балур барий.


Уггар деза подарок дала адамашна дела долу- это жизнь ду, ткъа цу дахарца вместе цо дела нам природу, религию, культуру, къинхьегаман корматалла. Ткъа оцу шадолчуьнца цхьаьна массо а народу шен-шен язык бела Дала. Одинаковый дег1ан меженаш йолчу адамаша тайп-тайпана звуки долу языки дела Сийлахьчо. Ненан мотт!мел много красивый дешнаш аьлла хьох лаьцна.! Дика ойлане а ваьлла,они д1адешча, понимаешь цхьана х1уманехь: ма боккха сила бу хьоьца нохчийн мотт.

Дешархоша текст д1айоьшу.

Х1инца вай нохчийн меттан 1илмане кхача хьожур ду. ЧКП-ехь а, т1етухучу предложенехь а болу хаамаш карлабохуш д1ахьур ю вайн вешан урок.

Билгалъяьккхина кхо тоба ю. Аса шун тобанашна техкина ц1ерш Ахьмад Сулеймановс аьллачу дешнашца йоьзна ю.

Бийца  мохккий, моттий бацахь,  адамех ца  олу къам». Уьш  Iаламат   нийса  аьлла  дешнаш ду. Шун тобанашна ас техкина ц1ерш х1орш ю: мотт, мохк, къам . Вайн урок хазйийр ю б1аьстенан зезагаша. Х1ора нийса бинчу балхана ас зезаг лур ду. Зезагийн курс гулладеллачу тобанан толам хир бу.

1амийнарг карладаккхар.

Кроссворд яр.

- Вайн болх кроссворд ярца д1аболор бу вай. Цо аьтто бийр бу цхьацца хаарш карладаха


1.Шиъ я цул совнаха грамматически лард йолчу предложенех олу,….

2.Дешнийн цхьанакхетарийн х1оттамехь я чолхечу предложенийн х1оттамехь цхьа дакъа в вукхунах дозуш хиларан билгало йолчу уьйран тайпанах олу… 3.Сказуемица уьйр йолуш, муьлххачу дожаран хаттарна жоп луш йолчу предложенин коьртачу меженах олу… 4.Х1уманан цхьа билгало гойтуш йолчу предложенин коьртазчу меженах олу….

5.Хан, меттиг,1алашо, даран сурт, бехк я бахьан гойтучу предложенин коьртазчу меженах олу……

6. Дешнийн цхьанакхетараш, чолхечу предложенийн дакъош вовшахтосучу синтаксически г1ирсах олу…


-Х1окху предложенешна юккъехь цхьаъ чолхе-карара предложении ю, муьлхарниг ю иза?

- Муьлхачу билгалонашца евзи шуна иза?

- Нийса къастйина ахь ЧКП-нин билгалонаш.

-Муьлхачу предложенехь олу ЧКП.

- Ткъа муха къастайо вай коьрта а, т1етуху а предложени.

Слайд (тидаме эца деза)

Т1етухучу предложении маса тайпа девза вайна.

Слайд (т1етуху предложенеш )

Т1етухучу предложенин муьлха синтаксически г1ирс хуьлу.

Слайд

1-г1а т1едиллар. Х1ора тобано ойла йина, ЧКП т1етухучу предложенийн тайпанах лаьцна дуьйцур ду.

( Тобанашна кхачаман, къастаман, кхеторан тайпанаш д1адалар)








Кхачаман т1етуху предложени

Х1ун?


[ хандош ], (бохуш,аьлла, муха, мел). Аса дийцира дарц долчу заманчохь 1елица сан доттаг1алла муха тасаделира.

Къастаман т1етуху предложени

Муха? Х1ун?


[ц1ердош ], (бохуш,аьлла).

И базар кхин лелор яц ша аьлла суна дош дела Маймас.

Латтаман т1етуху предложении

Маца? Мича хенахь? Муха?( как?), Мича кепара? Х1унда? Х1ун бахьана долуш? Стенна? Х1ун 1алашо йолуш?




[ хан ],( мел, нагахь, нагахь санна, х1унда аьлча, санна,).


Дукха хан мел ели Даймахкана сагатдалар церан дегнашкахь дайлуш дацара.











Кхин д1а вай бечу балхехь вайна ч1ог1а мехала хир ю х1ара


Слайд ( Алгоритм)

Предложенин коьрта меженаш лахар

Чолхечу предложенешкахь долу дакъошна юккъехь муьлха маь1на ду хьажар Коьртачу предложенера т1етухучуьнга хаттар хоттадар

Хаттарца т1етуху предложенин тайпа билгалъяккха


1.Предложенин коьрта меженаш лахар

2.Чолхечу предложенешкахь долу дакъошна юккъехь муьлха маь1на ду хьажар.

3. Коьртачу предложенера т1етухучуьнга хаттар хоттадар.

4.Хаттарца т1етуху предложенин тайпа билгалдаккха.

2-г1а т1едиллар.Т1едиллар: х1инца х1ора тобано шен къастийначу предложенешца болх бо, алгоритмах пайда оьцуш.

3-г1а т1едиллар.

Аса шуна кечдина кицанаш ду. Аша шайн болчу хаамашца уьш ЧКП-ка ерзаян еза.

1.Бодане буьйсанна седарчий сирла хуьлу.(Буьйса бодане мел хили, седарчий сирла къега.ЧКП, т1етуху предложении хенан ю)

2.Ж1аьлийн гуй ц1еста ду олу захалоно. ( Ж1аьлийн гуй ц1еста ду бохуш, дуьйцу захало.)

3.Стаг вовза лаахь, цуьнан доттаг1ашка хьажа. ( Нагахь стаг вовза лаахь, цуьнан уьйрашка хьажа)

4.Тахана харцдерг ахь дийцахь, кхана цхьа а тешар вац хьох.нагахь санна тахана харцдерг ахь дийцахь, кхана цхьа а тешар вац хьох. 4.Баккхийчу б1аьргашна а шен ледарло ца го. ( Мел бакхий б1аьргаш хилча, шен ледарло ца го.)

5.Уггар хаза х1ума ян аьлча, къийго шен к1орни еана. (Къийго шен к1орни еана, уггар хаза х1ума ю бохуш.)

6.Хала дара алий, х1уманна б1о ма къажабе. ( Х1уманна б1о ма къажабе, суна хала дара бохуш).

Жам1дар. Х1инца вайн болх чекхбалале алийша тахана урокехь муьлха хаарш ч1аг1ди. (Слайд) 1.ЧКП структурни башхаллаш

2.Т1етуху предложении къстаян хаар.

3.Хуттург я хуттургийн дош къастадан хаар.

4. Сацаран хьаьркаш х1иттор.

Бинчу балхана мах хадор.

Х1инца вайн зезагийн курсе хьовсур ду. Муьлхачу тобанан зезагаш алсам ду..

Шайн тобанна дешархоша шаьш мах хадор.

Рефлексия яр.























Автор
Дата добавления 16.05.2016
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров308
Номер материала ДБ-084278
Получить свидетельство о публикации

Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх